1. Сурат АЛЬ-ФАТИХЬА

Схьадоьллург [1]
(Маккахь доьссина, дерриге а 7 аят)
1 Аят
Ша сов къинхетаме 2 а‚ къинхетаме 3 а волчу Делан 4 цIарца. بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
2 Аят
Хастам 5 бу Далла– Iаламийн 6 Дена 7 , الْحَمْدُ للّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
3 Аят
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу, الرَّحْمنِ الرَّحِيمِ
4 Аят
Шен долахь 8 бекхаман де 9 долчу. مَلِكِ يَوْمِ الدِّينِ
5 Аят
Деккъа Хьуна Iибадат до оха‚ деккъа Хьоьга гIо а доьху 10 . إِيَّاكَ نَعْبُدُ وإِيَّاكَ نَسْتَعِينُ
6 Аят
Нисде Ахь тхо нийсачу новкъа 11 , اهدِنَا الصِّرَاطَ المُستَقِيمَ
7 Аят
Ахь шайна ниIмат деллачеран 12 новкъа, Хьо шайна оьгIаз 13 ца ваханчеран а‚ тила 14 ца беллачеран а новкъа. صِرَاطَ الَّذِينَ أَنعَمتَ عَلَيهِمْ غَيرِ المَغضُوبِ عَلَيهِمْ وَلاَ الضَّالِّينَ
1 Схьадоьллург аьлла цунах Къуръан цуьнца долалуш, аьлча а, деллалуш долу дела. Иза Маккахь доьссина, 7 аятех ду. "БисмиллахIир-рахьманир-рахьим" цуьнан аятех лерича (Шафи1ийн мазх1аб), 7-гIа аят ду "Ахь шайна ниIмат деллачеран новкъа…" чекхдаллалц."БисмиллахIир-рахьманир-рахьим" цуьнан аятех ца лерича (Абу-Хьанифатан а, кхечеран а мазх1аб), 7-гIа аят хуьлу: "Хьо шайна оьгIаз ца ваханчеран…" чекхдаллалц.Суратан юьххьехь قولوا "Аш āла" боху дош ду къадар дина (яздина доцуш, дагахь долуш). Дала Шен лешна доIа хьесапехь доссина ду иза.Ша сов къинхетаме а, къинхетаме а волчу Делан цIарца – "БисмиллахIир-рахьманир-рахьим".Дела хьехорца, Делан цIе яккхарца д1адоло ас хIара дешар, массо а хIуманал хIалха Иза хьахаво ас, Цуьнгара гIо а лоьхуш. Веккъа Иза ву-кх Шена Iибадат дан хьакъ верг, Цуьнан къинхетамо чулаьцна массо а хIума.Цуьнца д1адолалуш ду Къуръанан хIор сурат - 9-гIа сурат Аль-товба доцург – бусалбанаш нисбархьама массо а шайн гIуллакхаш а, дешнаш а къинхетаме волчу Делан цIарца д1адолорна т1е, Цуьнгара гIо а лоьхуш.
2 Сов къинхетаме верг – الرحمان(Аль-Рахьман) – Дела ву, Шегахь дукха боккха къинхетам болу, Шен къинхетамо массо а хIума чулоцуш долу. Делахь а, и гуттарена долу сибат дац. Iарбийн маттахь فعلان "фаIлᾱн" вазнехь (моделаца) кхуллучу дешнийн гуттаренан сибат ца хуьлу.
3 Къинхетаме верг – الرحيم (Аль-Рахьим) – гуттар къинхетаме волу Дела. فعيل "ФаIῡл" вазнехь (моделаца) гуттаренан сибаташ долу дешнаш кхуллало.Цундела тафсиран Iеламнаха иштта маьIна дина цу дешнийн:الرحمان (Аль-Рахьман) – Сов къинхетаме верг – дуьненахь рицкъ даларца а, шайн гIуллакхашка хьажарца а массарех а шортта къинхетам болуш, бусалба а, керста а ца къестош. الرحيم (Аль-Рахьим) – Къинхетаме верг – эхартахь Шен гуттаренан къинхетам Шех кхоьруш хиллачу муъма нахах хир болуш.
4 Дела – иштта гочдина Iарбийн дош ألله "АллахI".АллахI – Делан цIарех уггар йоккханиг, уггар чулацаме ерг ю. Цу цIаро гулдеш ду Делан дерриге а сибаташ. И цIе кхечу цхьанна хIуманан хила йиш яц, Ша массо а хIума кхоьллина, кхобуш волу Шена бен кхечунна Iибадат дан хьакъ доцчу цхьа Делан бен. "Аллах1" Къуръан доссале а хьалха дуьйна 1арбийн маттахь хилла йолу ц1е ю. Цунна тешалла до и ц1е 1арбийн маттахь долчу Библи жайни чохь хиларо. Цуьнца нийсса дог1уш долу дош нохчийн маттахь "Дела" ду, цундела авторо и дош шуьйра леладо шен гочдарехь.
5 Хастам – الحمد Аль-хьамд – вазвеш Дела хастор, Дела дукхавезар. "Хастам" бохучун маьIна "шукур" бохучул шуьйра ду. "Шукур" деккъа Дала деллачу ниIматашна дуьхьал баркалла алар ду.
6 Iалам (Iаламаш) عالم – жинсан (тайпанан) цIе. Масала: адамийн Iалам, жинийн Iалам, акхаройн Iалам и. дI. кх.
7 Iарбашха: رب "Рабб" – Кхиош-Кхобург, я Кхиош-Кхобуш верг, я кхиош-кхобу Дела – иштта гочдина и Iарбийн дош. Иза схьадаьлла Iарбийн رب، تربية "рабба", "тарбия" бохучу дешнех. "Кхетор, кхиор, кхабар, кхечуьнан гIуллакх тергал дар" маьIнехь ду и дош. "Кхоллар" боху дош а дог1у цу чу. "Кхуллуш, кхиош-кхобург" аьлча - мелхо а нийса хир дара. "Рабб" бохучун маьIна, и цхьа кхечу дашна т1етоьхча, хила тарло: "Шен долахь массо а хIума дерг", "ХIумане хьожуш верг", "Шена кхечара Iибадат деш верг", "Шена кхиберш муьтIахь болу эла", "ХIуманан да" и. дI. кх.
8 Къуръанан къирааташкахь (дешаран кепаш) деъна مالكМᾱлик - Шен долахь (массо а) х1ума дерг аьлла а, ملكМалик – паччахь аьлла а. Цхьана маь1нехь ду иза. Массо а паччахь шен долахь х1ума дерг ву, ткъа массо а шен долахь х1ума дерг паччахь вац. Делехь и дерриг ду.
9 Бекхаман де – Къематде, Дала хIоранна ша дуьненахь динчуьнца, шен Iамалашка хьаьжжина, бекхам бийр болу, барт хоттур болу (къемат) де.
10 Хьо, хIай АллахI - Дела, къаставо оха Iибадат дарца, Хьуна бен тарлур доцу гIо дехарца. Деккъа Хьуна до оха Iибадат, Хьан меле дог а дохуш, Хьан Iазапах а кхоьруш.
11 Нийса некъ – Делан бакъ болу некъ, бакъ долу дин – Ислам. Цу тIе нисделахь тхо.
12 Ахь шайна ниIмат делларш – пайхамарш, дика Iамалш йинарш, Делера схьа мел деънарг, цхьа а шеко йоцуш, бакъдинарш, Делан новкъахь къахьегнарш, Делан дуьхьа шайн синош а, даьхни а дIаделларш. Церан новкъа нисделахь тхо.
13 Хьо шайна оьгIазвахнарш – Хьуна дуьхьалбевлла хилла болу, Хьан дозанех бевлла, Хьо шайна оьгIазвахана Хьан мостагIий, Хьоьца хилла йолу ваIда йохийна болчу жуьгтех тера.
14 Тилабелларш – Хьан нийсачу некъах юьстахбевлларш, Хьуна тIехь харцдерг кхоьллинарш, Iийса Делан кIант ву бохучу насарех тера. Ламаза т1ехь х1ара сурат (аль-Фатихьа) дешна ваьлча, массо а фукъах1ааша (Шар1ан 1еламнах) дика лерина Ᾱмийн алар. Цуьнан маь1на: "Тхан до1ина жоп лолахь, х1ай веза Дела!" Уьш берриг бартабахна иза суратан аят дац аьлла, цундела и Къуръана чохь яз ца до.