100. Сурат АЛЬ-IАДИЙАТ

ТIехьаьдда йогIурш
(Маккахь /иза тоьлларг ду/ я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 11 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
/Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Ас‚ وَالْعَادِيَاتِ ضَبْحًا
2 Аят
/Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссучу /говрех/ дуй боу Ас, فَالْمُورِيَاتِ قَدْحًا
3 Аят
Iуьйранна тIелетачу /говрех/ дуй боу Ас[1], فَالْمُغِيرَاتِ صُبْحًا
4 Аят
Цара аййира цигахь чан, فَأَثَرْنَ بِهِ نَقْعًا
5 Аят
Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобанна: فَوَسَطْنَ بِهِ جَمْعًا
6 Аят
Баккъалла а, адам ша Кхиош-Кхобуш волчун /ниIматашна/ керста[2] ма ду. إِنَّ الْإِنسَانَ لِرَبِّهِ لَكَنُودٌ
7 Аят
Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду. وَإِنَّهُ عَلَى ذَلِكَ لَشَهِيدٌ
8 Аят
Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду. وَإِنَّهُ لِحُبِّ الْخَيْرِ لَشَدِيدٌ
9 Аят
Цунна ца хаьа: кешнаш чохь мел дерг аракхоьссича‚ أَفَلَا يَعْلَمُ إِذَا بُعْثِرَ مَا فِي الْقُبُورِ
10 Аят
Дегнаш чохь мел дерг гучудаьккхича, وَحُصِّلَ مَا فِي الصُّدُورِ
11 Аят
Баккъалла а, уьш Кхиош-Кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла? إِنَّ رَبَّهُم بِهِمْ يَوْمَئِذٍ لَّخَبِيرٌ
[1]Кхузахь Дала кхаа тайпана говрашца дуй боуш бу. Уьш Делан новкъахь джих1ад дечеран говраш ю. Уьш, язъеш, лерар ду Дала царца дуй баар.
[2]Керста – кхузахь: адамо сиха дицдо Делан ни1маташ‚ ткъа шена хилла цатам гуттар а дагахь буьту.