102. Сурат АТ-ТАКАСУР

Алсамдийлар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 8 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Шу духатоьхна /Далла гIуллакх дарх/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо أَلْهَاكُمُ التَّكَاثُرُ
2 Аят
Шу кешнашка дерззалц (дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна). حَتَّى زُرْتُمُ الْمَقَابِرَ
3 Аят
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна! كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
4 Аят
ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна! ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
5 Аят
ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма, كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ الْيَقِينِ
6 Аят
Шуна гур ма яра жоьжахати. لَتَرَوُنَّ الْجَحِيمَ
7 Аят
ТIаьхьа /эхартахь/ шуна гур а ма ю иза /шайн/ бIаьрга. ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ الْيَقِينِ
8 Аят
ТIаккха шуьга хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех 1 . ثُمَّ لَتُسْأَلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ النَّعِيمِ
1 Муслима Абу-Х1урайратах дийцира: «Цхьана дийнахь я буса Делан элча ﷺ аравелира. И дуьхьалкхийтира Абу-Бакрана а, 1умарна а. Цо цаьрга хаьттира : «Шу шиъ стен араваьккхина шайн ц1еношкара иштта хан йоцчу хенахь?» «Мацалло, х1ай Делан элча»,- жоп делира цу шимма. Делан элчано элира: «Валлах1и, шу арадаьхначо со а ара ма-ваьккхи!» Т1аккха уьш цхьаьна цхьа ансарех стаг волчу баьхкира. И ц1ахь вацара, цуьнан зудчунна х1орш гича, цо элира: «Марша дог1ийла, хьоме хьеший!» Дукха хан ца йолуш, шен ц1ийнан ох1ланна хи тадан ваханчуьра ц1а кхечира х1усамда. Пайхамар а, цуьнан накъостий а гича, цо элира: « Алхьамдулиллах1! Таханчул беза хьеший ца хилла сан». И д1авахара - сихха шена чохь мадялаза ерш а, екъа а, т1еда а хурманаш йолу тускар дахьаш, юхавирзира, олуш: «Яа!». Цо схьаийцира урс. Делан элчано ﷺ элира: «Варелахь! Шура лург ма белахь!» Цо уьстаг1 бийра хьешашна. Цара цунах к1еззиг жижиг диира, хурманех х1ума кхаьллира, т1е хи мелира. Шаьш буьзча, хьогалла а д1аяьлча, пайхамаро элира Абу- Бакре а, 1умаре а: «Сан са Шен карахь долчу Делах дуй ма боу ас, оцу ни1матах шуьга хоттур долуш ма ду къематдийнахь. Шу арадехира шайн ц1еношкара мацалло, х1ара ни1мат шайх хьакхадаллалц юха ца дирзира».