103. Сурат АЛЬ-IАСР

Зама
(Маккахь /иза тоьлларг ду/ я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 3 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Заманах 1 дуй боу Ас: وَالْعَصْرِ
2 Аят
Баккъалла а, адам эшамехь 2 ма ду‚ إِنَّ الْإِنسَانَ لَفِي خُسْرٍ
3 Аят
Ийман диллинарш боцурш а‚ дика 1амал йинарш боцурш а, вовшашка бакъдолчуьнца (ийманца‚ динца) весет динарш а‚ вовшашка собарца весет динарш а боцурш 3 . إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَتَوَاصَوْا بِالْحَقِّ وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ
1 Заманах (1арбашха: العصر) дуй боу Дала, цуьнан маь1на дукха доккха дуйла хаийта. Замано д1алуьсту массо а х1ума, д1аерзайо массо а чов а. Иштта малхбузу хенах а олу 1аср ( العصر), цуьнца дуй боу Дала, 1уьйренах санна.
2 Эшамехь – шена зен деш, дика 1амал цаярца.
3 Кхузахь Дала хоуьйту адаман декъала хилар 4 х1уманах доьзна хилар: 1) ийман ; 2) дика 1амал яр; 3) бакъдолчуьнца весет дар; 4) собарца весет дар. Адам декъала хир дац цуьнгахь шегахь ийман а, дика 1амал а ца хилахь, кхечарна бакъдерг а, собаре хилар а и хьоьхуш вацахь.