104. Сурат АЛЬ-ХIУМАЗА

(Маккахь /иза тоьлларг ду/ я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 9 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме волчу Делан цIарца
1 Аят
Боккха бāла бу массо а /нахана/ луьйш 1 волчунна а‚ /нах/сийсазабеш 2 волчунна а‚ وَيْلٌ لِّكُلِّ هُمَزَةٍ لُّمَزَةٍ
2 Аят
Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу 3 ‚ /массо а хIуманна дуьхьал/ иза кечдеш хиллачу. الَّذِي جَمَعَ مَالًا وَعَدَّدَهُ
3 Аят
Иза моьттуш ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/?! يَحْسَبُ أَنَّ مَالَهُ أَخْلَدَهُ
4 Аят
ХIан-хIа! Иза кхуссур ма ву кийсакаш еш йолчу хIуманна чу 4 . كَلَّا لَيُنبَذَنَّ فِي الْحُطَمَةِ
5 Аят
Хьуна стен хаийтина‚ иза хIун кийсакаш еш йолу хIума ю? وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْحُطَمَةُ
6 Аят
Делан цIе ю иза, латийна йолу‚ نَارُ اللَّهِ الْمُوقَدَةُ
7 Аят
Ша дегний тIе ер йолу. الَّتِي تَطَّلِعُ عَلَى الْأَفْئِدَةِ
8 Аят
Баккъалла а, иза царна тIехь нартол 5 йолуш хир ю‚ إِنَّهَا عَلَيْهِم مُّؤْصَدَةٌ
9 Аят
Дахдинчу бIогIамаш тIехь 6 . فِي عَمَدٍ مُّمَدَّدَةٍ
1 Нахана луьйш верг – 1арбашха: همزة Х1умаза (цхьаъ –همّاز Х1аммаз ) – нахана т1ехьашха дукха луьйш верг, г1ибаташ дохуш берш, царна 1иттарш еш берш.
2 Нах сийсазабеш верг – 1арбашха: لمزة Лумаза (цхьаъ – لمّاز ) Ламмаз – нах аьшнашбеш верг, нехан кхачамбацарш лоьхуш верг (б1аьрг те1ош, цкъоцкъамаш хьедеш). Са1дан тафсир чохь همزة Х1умаза бу аьлла ду нехан айпаш гучудохуш берш, царна 1иттарш еш берш ишарца а, деш долчу х1уманца а. Ткъа لمزة Лумаза – изза деккъа дашца, баганашца. Аль-Джалалайн тафсир чохь х1умаза, лумаза нахах дукха луьйш берш бу, аьлла ду, царна хьалхахь а, т1ехьашха а.
3 И доссийна пайхамарх луьйш хиллачу Аль-Ахнас бин Шарикъ, Умаят бин Халф‚ Валид бин МугIират, кхечарах лаьцна.Цуьнан хьукам юкъара ду, массарех а доьзна.
4 Жоьжахати‚ чу кхоьссинчу хIуманах кийсакаш еш йолу.
5 Нартол – тховкIело.Цуьнан маь1на ду и жоьжахати царна т1ехь д1акъевлина хир ю, царна х1умма а чу ца йог1уш, бохург.
6 Жоьжахати чохь берш з1енашца бихкина хир бу, буржалш а тоьхна, дахдинчу б1ог1амаш т1ехь.