105. Сурат АЛЬ-ФИЛ

Пийл
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 5 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьан Кхиош-Кхобучо пийлан дайх 1 ? أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِأَصْحَابِ الْفِيلِ
2 Аят
Церан мекарло тиларчохь ца хилийтира Цо? أَلَمْ يَجْعَلْ كَيْدَهُمْ فِي تَضْلِيلٍ
3 Аят
Царна тIеяхийтира Цо олхазарийн жIуга, وَأَرْسَلَ عَلَيْهِمْ طَيْرًا أَبَابِيلَ
4 Аят
Цара кхуьссуш царна т1е багийначу поппаран тIулгаш 2 . تَرْمِيهِم بِحِجَارَةٍ مِّن سِجِّيلٍ
5 Аят
Цо хилийтира уьш /бежнийн/ Iийшина докъар санна. فَجَعَلَهُمْ كَعَصْفٍ مَّأْكُولٍ
1 Махьмуд а‚ цуьнан накъостий а‚ (Йеменан паччахь АбрахIат а‚ цуьнан эскар). СанIа олучу Йеменан гIалахь цара йина хилла килс‚ Макка хьаьжцIа боьлху нах цунна тIе берзийтархьама. Гонахьарчу 1арбашна и ца дийзира. Царах цхьаммо цуьнан пенех боьхалла хьаькхира, и сийсазъеш. Абрах1ат ч1ог1а оьг1азвахара, цо дуй биира, ша Маккахь долу хьаьжц1а-Ка1ба дохор ма ду аьлла. Нуьцкъала эскар а гулдина, уьш богIуш хилла пийлашна тIехь Маккара хьаьжцIа дохо. Дала хIаллакбина уьш, сурата тIехь Ша ма-дуьйцу. Дала царна дуьхьалдаьккхира Шен ледара эскар – олхазарийн ж1уга, х1ор олхазарехь кхо т1улг болуш.
2 Бекъачу поппарх хилла т1улгаш. Иза хилла Мухьаммад-пайхамар ﷺ винчу шарахь (пийлан шо) – насарийн терахьца – 570 шо.