106. Сурат КЪУРАЙШ

(Маккахь /иза тоьлларг ду/ я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 4 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
/Пийлан дай хIаллакбира Дала/ Къурайшийн барт хилийтархьама‚ لِإِيلَافِ قُرَيْشٍ
2 Аят
Церан барт хилийтархьама /йохка-эцарна/ новкъабовла Iай а /Йеменан махка/‚ аьхка а /Шаман махка/. إِيلَافِهِمْ رِحْلَةَ الشِّتَاء وَالصَّيْفِ
3 Аят
Цара Iибадат дойла хIокху /Маккахь долчу хьаьж/ цIийнан Дена (АллахIана)‚ فَلْيَعْبُدُوا رَبَّ هَذَا الْبَيْتِ
4 Аят
Уьш мацбеллачул тIаьхьа царна даа хIума деллачу‚ царна /пийлан дайшкара/ кхерам хиллачул тIаьхьа уьш маьршабаьхначу. الَّذِي أَطْعَمَهُم مِّن جُوعٍ وَآمَنَهُم مِّنْ خَوْفٍ