107. Сурат АЛЬ-МАIУН

ЦIера салпал
(Маккахь я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 7 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и дин харцдеш верг? أَرَأَيْتَ الَّذِي يُكَذِّبُ بِالدِّينِ
2 Аят
Иза ву бобер (беда) шен хьокъах (бакъонах) духатухуш верг. فَذَلِكَ الَّذِي يَدُعُّ الْيَتِيمَ
3 Аят
Мискачунна даа хIума дала /нахана/ дага ца доуьйту цо 1 . (Ша муххале а ца ло). وَلَا يَحُضُّ عَلَى طَعَامِ الْمِسْكِينِ
4 Аят
Боккха бāла бу ламаз дечарна‚ فَوَيْلٌ لِّلْمُصَلِّينَ
5 Аят
Шаьш дечу ламазах терго еш боцчу 2 الَّذِينَ هُمْ عَن صَلَاتِهِمْ سَاهُونَ
6 Аят
Шаьш /нахана/ гайтархьама /ламазаш деш/ болчу‚ الَّذِينَ هُمْ يُرَاؤُونَ
7 Аят
Шаьш /нахе ханна пайдаэца/ цIера салпал 3 яла магош боцчу. وَيَمْنَعُونَ الْمَاعُونَ
1 ХIара сурат доьссина Аль-Iас бин Ваил я Аль-Валид бин МугIират ц1ерш йолчу мушрикашкахь‚ уьш хилла иштта Далла дуьхьалбевлла.
2 Делан элчано аьлла, уьш бу ламаз шен хенал т1аьхьатоьттуш берш. Кхузахь Далла луурш мунепикъаш бу, шайн дегнашкахь ийман доцу.
3 Оцу аято вайна гойту кертара цхьацца пайда оьцу х1ума: бел, диг, яй, иштта кхиерш нахе юхалург лело ялар Далла дукхадеза х1ума дуйла, лулахочун хьокъах и дуйла.