108. Сурат АЛЬ-КАВСАР

Дуккха а диканаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 3 аят. Къуръан чохь уггар доца сурат)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Баккъалла а, Оха делира хьуна /хIай Мухьаммад/ дуккха а диканаш[1]. إِنَّا أَعْطَيْنَاكَ الْكَوْثَرَ
2 Аят
Ахь ламаз де хьуо Кхиош-Кхобуш волчунна‚ /гIурбанна/ бежанна[2] урс а хьакха. فَصَلِّ لِرَبِّكَ وَانْحَرْ
3 Аят
Баккъалла а, хьуна халахетийтинарг иза ву хьуна цIога[3] доцург. إِنَّ شَانِئَكَ هُوَ الْأَبْتَرُ
[1]Дуккха а диканаш – иштта гочдеш ю кхузахь суратан ц1е Аль-кавсар (1арбашха: الكوثر ). Дала боху пайхамаре: Оха делла хьуна гуттар лаьтташ долу дуккха диканаш дуьненахь а, эхартахь а: пайхамаралла, Къуръан, шапа1ат... Оцу диканех ду Дала элчанна ялсамани чохь лур долу хьаст Аль-кавсар. Бухарийн а, Муслиман а сахьихь чохь ду: и ялсамани чохь Делан элчанна лур долу хьаст ду, шен хи мазал мерза а долуш, бос лайл к1айн а болуш, мискан чомал хаза чам а болуш. Цкъа цу чуьра хи мелларг кхин цкъа а хьаглур вац. Цу чуьра хи малор ду Мухьаммадан умматан дикачарна, цхьацца дийцаршкахь ма- дарра, элчано шен куьйга.
[2]Къуръан чохь деъна انحر инхьар (1ат1фан хьарф و т1етоьхна, ванхьар аьлла). Дукха хьолахь эмкална урс хьакхарх олу иза. Эмкал хьахийна иза 1арбийн уггар деза даьхни долу дела. Вуьшта, г1урбанна мега эмкал а (ялхалг1ачу шаре яьлла), етт а (кхоалг1ачу шаре баьлла), уьстаг1 а (шолг1ачу шаре баьлла), газа а (кхоалг1ачу шаре яьлла). Цхьа эмкал а, цхьа етт а ворх1 стагана т1ера мега, уьстаг1 я газа цхьанна т1ера бен ца мега. Кхин церан шарт1аш билгалдаьхна Шари1ато.
[3]Делан салам хиларг, элчанан божабераш дуьненахь буьсуш ца хилла. Цуьнан кIант Къасим дIакхелхича (цхьа кхечу дийцарехь – Ибрах1им)‚ Аль-Iас бин Ваил цIе йолчу мушрико, воккхавеш, аьлла хилла‚ элчанан цIога хаьдда - тIаьхье йоцуш виси иза. Цуьнан г1уллакх и веллачул т1аьхьа чекхдер ду. Дала, элчанан дог оьцуш, боху: цIога доцуш вуьсур ву и ша‚ Оха хадор бу цунах Тхан къинхетам. Дуьненахь а вицлур ву, ткъа эхартахь цуьнан д1аверзар жоьжахате хир ду. Ткъа пайхамаран ц1е а, цо деънарг а гуттаренна а дуьсур ду, Делан ц1е яьккхича, цуьнан ц1е а йоккхуш.