109. Сурат АЛЬ-КАФИРУН

Керстанаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 6 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад цу керстанашка/ 1 : «Х1ай керстанаш! قُلْ يَا أَيُّهَا الْكَافِرُونَ
2 Аят
Ас Iибадат ца до аш Iибадат дечунна. لَا أَعْبُدُ مَا تَعْبُدُونَ
3 Аят
Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна. وَلَا أَنتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ
4 Аят
Со а вац (цкъа а) Iибадат дийр долуш аш Iибадат диначунна. وَلَا أَنَا عَابِدٌ مَّا عَبَدتُّمْ
5 Аят
Шу а дац Iибадат дийр долуш ас Iибадат дечунна. وَلَا أَنتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ
6 Аят
Шуна шайн дин ду‚ суна сан дин ду" 2 . لَكُمْ دِينُكُمْ وَلِيَ دِينِ
1 Маккин керстанаша аьлла хилла пайхамаре, цхьана шарахь ахь тхан делашна - ц1ушна Iибадат де‚ тIаккха цхьана шарахь оха хьан Далла – Аллах1ана а Iибадат дийр ду аьлла. Дала ца магийна иза.Тафсиран 1еламнаха бигалдаьккхина: шолг1ачу а, кхоалг1ачу а аяташа гойту мушрикийн а, пайхамаран а ﷺ шена 1ибадат дийриг цхьаъ цахилар: мушрикийн деланаш ц1уш (ж1араш) ю, ткъа Мухьаммад-элчанан ﷺ Дела ар-Рахьман, ша т1ех къинхетаме волу Аллах1-Дела ву. Доьалг1ачу а, пхоьалг1ачу а аяташа гойту мушрикаша а, пайхамаро а деш долу 1ибадат а кхоччуш цхьаъ цахилар. Ала бохучух тера хета: вай шена 1ибадат дийриг а цхьаъ вац, вай деш долу 1ибадат а цхьаъ дац. Суратан боккха чулацам бу: кхоччуш ширках ц1анвалар хьоьху цо. Цундела пайхамаро ﷺ омра дора шен асхьабашка, д1адуьйшуш, и сурат деша олий. Цхьацца хьадисашкахь цуьнан дозалла дуьйцуш, и нисдина Къръанан доьалг1ачу декъаца.
2 «Шуна шайн дин ду, суна сан дин ду». Аятан маь1на хила тарло: со юкъа ца г1ерта шуна, шу а юкъа ма г1ерта суна. Шу парг1ат ду шайн дин лело, со а парг1ат вита сайн дин лело.