11. Сурат ХIУД

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 123 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукам /нийса/ деш долу‚ т1аккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /х1ара/ - Ша хьукам /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера). الَر كِتَابٌ أُحْكِمَتْ آيَاتُهُ ثُمَّ فُصِّلَتْ مِن لَّدُنْ حَكِيمٍ خَبِيرٍ
2 Аят
Аш Iибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. "Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а[1] ву‚ аьлла. أَلاَّ تَعْبُدُواْ إِلاَّ اللّهَ إِنَّنِي لَكُم مِّنْهُ نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ
3 Аят
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна (билгалъяккхина) хан тIекхаччалц‚ х1ор хьакъ долчунна шена дог1у хьакъ а д1алур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Iазапах[2]. وَأَنِ اسْتَغْفِرُواْ رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُواْ إِلَيْهِ يُمَتِّعْكُم مَّتَاعًا حَسَنًا إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى وَيُؤْتِ كُلَّ ذِي فَضْلٍ فَضْلَهُ وَإِن تَوَلَّوْاْ فَإِنِّيَ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ كَبِيرٍ
4 Аят
Деле ду шун дIадерзар. И массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву"[3]. إِلَى اللّهِ مَرْجِعُكُمْ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
5 Аят
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш къуьйлуш Цунах хьулдархьама[4]. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг. أَلا إِنَّهُمْ يَثْنُونَ صُدُورَهُمْ لِيَسْتَخْفُواْ مِنْهُ أَلا حِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ ( الجزء الثاني عشر )
6 Аят
Цхьа а дийнат[5] дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а[6], – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайни чохь ду. وَمَا مِن دَآبَّةٍ فِي الأَرْضِ إِلاَّ عَلَى اللّهِ رِزْقُهَا وَيَعْلَمُ مُسْتَقَرَّهَا وَمُسْتَوْدَعَهَا كُلٌّ فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ
7 Аят
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Iарш хина тIехь яра[7]‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: "Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа"‚ керстанаша эр ма ду: "Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!" وَهُوَ الَّذِي خَلَق السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَكَانَ عَرْشُهُ عَلَى الْمَاءِ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلاً وَلَئِن قُلْتَ إِنَّكُم مَّبْعُوثُونَ مِن بَعْدِ الْمَوْتِ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ إِنْ هَذَا إِلاَّ سِحْرٌ مُّبِينٌ
8 Аят
Оха царах Iазап тIаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна[8]‚ цара эр ма ду: "Стен сацийна и (Iазап)?" Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дIатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дIа ма хьаьрчира. وَلَئِنْ أَخَّرْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِلَى أُمَّةٍ مَّعْدُودَةٍ لَّيَقُولُنَّ مَا يَحْبِسُهُ أَلاَ يَوْمَ يَأْتِيهِمْ لَيْسَ مَصْرُوفًا عَنْهُمْ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُواْ بِهِ يَسْتَهْزِؤُونَ
9 Аят
Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниIматана/ керста а ма хуьлу. وَلَئِنْ أَذَقْنَا الإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً ثُمَّ نَزَعْنَاهَا مِنْهُ إِنَّهُ لَيَئُوسٌ كَفُورٌ
10 Аят
Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тIаьхьа‚ цо эр ма ду: "Къинош дIадахна суна т1ера". Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу. وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ نَعْمَاءَ بَعْدَ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ ذَهَبَ السَّيِّئَاتُ عَنِّي إِنَّهُ لَفَرِحٌ فَخُورٌ
11 Аят
Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш. Ткъа х1окхарна гечдар а‚ йоккха ял а ю. إِلاَّ الَّذِينَ صَبَرُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ أُوْلَئِكَ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ
12 Аят
Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца ваьхьиш дуьтуш‚ цаьрца хьайн дог къуьйлуш[9] цара олуш хиларна: "Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цаьрца". Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хIуманна тIехь векал ву. فَلَعَلَّكَ تَارِكٌ بَعْضَ مَا يُوحَى إِلَيْكَ وَضَآئِقٌ بِهِ صَدْرُكَ أَن يَقُولُواْ لَوْلاَ أُنزِلَ عَلَيْهِ كَنزٌ أَوْ جَاء مَعَهُ مَلَكٌ إِنَّمَا أَنتَ نَذِيرٌ وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
13 Аят
Я цара āларна: "И цо кхоьллина"[10]. Ахь āла: "Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ قُلْ فَأْتُواْ بِعَشْرِ سُوَرٍ مِّثْلِهِ مُفْتَرَيَاتٍ وَادْعُواْ مَنِ اسْتَطَعْتُم مِّن دُونِ اللّهِ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
14 Аят
Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу хуьлий бусалбанаш[11] ?" فَإِن لَّمْ يَسْتَجِيبُواْ لَكُمْ فَاعْلَمُواْ أَنَّمَا أُنزِلِ بِعِلْمِ اللّهِ وَأَن لاَّ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ فَهَلْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ
15 Аят
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикчу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха[12]‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац. مَن كَانَ يُرِيدُ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَالَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لاَ يُبْخَسُونَ
16 Аят
Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе бен хир йоцурш. ХIаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикчух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь). أُوْلَئِكَ الَّذِينَ لَيْسَ لَهُمْ فِي الآخِرَةِ إِلاَّ النَّارُ وَحَبِطَ مَا صَنَعُواْ فِيهَا وَبَاطِلٌ مَّا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
17 Аят
Ткъа шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг[13]‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш[14]‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах[15] шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна. Делахь а, дукхахболу нах ца теша. أَفَمَن كَانَ عَلَى بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّهِ وَيَتْلُوهُ شَاهِدٌ مِّنْهُ وَمِن قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَى إَمَامًا وَرَحْمَةً أُوْلَئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ وَمَن يَكْفُرْ بِهِ مِنَ الأَحْزَابِ فَالنَّارُ مَوْعِدُهُ فَلاَ تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِّنْهُ إِنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّكَ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يُؤْمِنُونَ
18 Аят
Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIиттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: "ХIорш бу и шайн Дела харцвинарш. Делан неIалт дац ткъа зуламхошна?! وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللّهِ كَذِبًا أُوْلَئِكَ يُعْرَضُونَ عَلَى رَبِّهِمْ وَيَقُولُ الأَشْهَادُ هَؤُلاءِ الَّذِينَ كَذَبُواْ عَلَى رَبِّهِمْ أَلاَ لَعْنَةُ اللّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ
19 Аят
Шаьш Делан некъах /нах/ дIатилош болчу‚ шаьш и бохо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш[16] ма бу ". الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُم بِالآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ
20 Аят
Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийца/, Дела воцург г1оьнчий (доладийраш) ца хилира царна. ТIеттIа Iазап ду царна. ЛадогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш. أُولَئِكَ لَمْ يَكُونُواْ مُعْجِزِينَ فِي الأَرْضِ وَمَا كَانَ لَهُم مِّن دُونِ اللّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ يُضَاعَفُ لَهُمُ الْعَذَابُ مَا كَانُواْ يَسْتَطِيعُونَ السَّمْعَ وَمَا كَانُواْ يُبْصِرُونَ
21 Аят
Уьш бу шаьш шайна зен динарш‚ царах дIатилира цара кхуллуш хилларг. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ خَسِرُواْ أَنفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَفْتَرُونَ
22 Аят
Шеко йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш ч1ог1а эшаме хир берш. لاَ جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الآخِرَةِ هُمُ الأَخْسَرُونَ
23 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна муьт1ахь хилларш а,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар хир бу. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ وَأَخْبَتُواْ إِلَى رَبِّهِمْ أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الجَنَّةِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
24 Аят
Шина тобанан[17] масал тера ду бIаьрзечун а, къорачун а‚ - гуш волчун а, хезаш волчун а масалах. Нислой уьш шиъ /тоба/ масалица? Шу ца кхета? /Дера ца нисло!/ مَثَلُ الْفَرِيقَيْنِ كَالأَعْمَى وَالأَصَمِّ وَالْبَصِيرِ وَالسَّمِيعِ هَلْ يَسْتَوِيَانِ مَثَلاً أَفَلاَ تَذَكَّرُونَ
25 Аят
Оха Нухь вахийтира шен къомана тIе: "Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَى قَوْمِهِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُّبِينٌ
26 Аят
/Цхьанна /Далла бен аш Iибадат цадайтархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах"‚ аьлла. أَن لاَّ تَعْبُدُواْ إِلاَّ اللّهَ إِنِّيَ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ أَلِيمٍ
27 Аят
Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: "Тхуна-м ца го[18] хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го, шаьш ойла а ца еш, хьуна тIаьхьахIиттинарш, тхох уггар сийсаза берш бен‚ тхуна ца го шун тхаьшна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте а, тхуна хета шу харцлуьйш дерш". فَقَالَ الْمَلأُ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن قِوْمِهِ مَا نَرَاكَ إِلاَّ بَشَرًا مِّثْلَنَا وَمَا نَرَاكَ اتَّبَعَكَ إِلاَّ الَّذِينَ هُمْ أَرَاذِلُنَا بَادِيَ الرَّأْيِ وَمَا نَرَى لَكُمْ عَلَيْنَا مِن فَضْلٍ بَلْ نَظُنُّكُمْ كَاذِبِينَ
28 Аят
Цо (Нухьас) элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна, со хилча сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза,[19] шуна ца луушехь? (Тхан ницкъ кхочур бац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта). قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِن كُنتُ عَلَى بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّيَ وَآتَانِي رَحْمَةً مِّنْ عِندِهِ فَعُمِّيَتْ عَلَيْكُمْ أَنُلْزِمُكُمُوهَا وَأَنتُمْ لَهَا كَارِهُونَ
29 Аят
ХIай сан къам! Ас шуьга цунна тIехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац къахкор[20] болуш ийман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-Кхобучунна‚ делахь а, суна шу хета ца кхеташ къам. وَيَا قَوْمِ لا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مَالاً إِنْ أَجْرِيَ إِلاَّ عَلَى اللّهِ وَمَآ أَنَاْ بِطَارِدِ الَّذِينَ آمَنُواْ إِنَّهُم مُّلاَقُو رَبِّهِمْ وَلَكِنِّيَ أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
30 Аят
ХIай сан къам! Хьан ларвийр вара со Делах, ас уьш къахкийча? Аш ойла ца йо? وَيَا قَوْمِ مَن يَنصُرُنِي مِنَ اللّهِ إِن طَرَدتُّهُمْ أَفَلاَ تَذَكَّرُونَ
31 Аят
Ас шуьга ца боху: "Соьгахь Делан хазнаш ю"‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна; ас ца боху: "Со малик ду"‚ ас ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешачарах: "Дала диканиг лур дац царна". Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх". وَلاَ أَقُولُ لَكُمْ عِندِي خَزَآئِنُ اللّهِ وَلاَ أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلاَ أَقُولُ إِنِّي مَلَكٌ وَلاَ أَقُولُ لِلَّذِينَ تَزْدَرِي أَعْيُنُكُمْ لَن يُؤْتِيَهُمُ اللّهُ خَيْرًا اللّهُ أَعْلَمُ بِمَا فِي أَنفُسِهِمْ إِنِّي إِذًا لَّمِنَ الظَّالِمِينَ
32 Аят
Цара элира: "ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь". قَالُواْ يَا نُوحُ قَدْ جَادَلْتَنَا فَأَكْثَرْتَ جِدَالَنَا فَأْتَنِا بِمَا تَعِدُنَا إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
33 Аят
Цо элира: "И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шун ницкъ кхочур бац /и Iазап духатоха/. قَالَ إِنَّمَا يَأْتِيكُم بِهِ اللّهُ إِن شَاء وَمَا أَنتُم بِمُعْجِزِينَ
34 Аят
Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шу Кхиош-Кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду". وَلاَ يَنفَعُكُمْ نُصْحِي إِنْ أَرَدتُّ أَنْ أَنصَحَ لَكُمْ إِن كَانَ اللّهُ يُرِيدُ أَن يُغْوِيَكُمْ هُوَ رَبُّكُمْ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
35 Аят
Я цара олу: "И цо ша кхоьллина"[21]. Ахьа āла: "Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тIехь ду-кх сайн къинош‚ со цIена ву-кх аш дечу къинойх". أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَعَلَيَّ إِجْرَامِي وَأَنَاْ بَرِيءٌ مِّمَّا تُجْرَمُونَ
36 Аят
Нухье ваьхьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а ийман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хIинцале ийман диллинчара а бен‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш хилларг бахьанехь. وَأُوحِيَ إِلَى نُوحٍ أَنَّهُ لَن يُؤْمِنَ مِن قَوْمِكَ إِلاَّ مَن قَدْ آمَنَ فَلاَ تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ
37 Аят
Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан ваьхьица а‚ къамел ма делахь Соьга зулам диначарах лаций[22]‚ баккъалла, уьш хи буха бохуьйтур болуш бу. وَاصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا وَلاَ تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُواْ إِنَّهُم مُّغْرَقُونَ
38 Аят
Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий, шаьш уллохула чекх моссазза бовлу, цунах боьлура. Цо элира: "Шу тхох доьлу‚ т1аьхьа тхо шух доьлур ду, шу деларе терра. وَيَصْنَعُ الْفُلْكَ وَكُلَّمَا مَرَّ عَلَيْهِ مَلأٌ مِّن قَوْمِهِ سَخِرُواْ مِنْهُ قَالَ إِن تَسْخَرُواْ مِنَّا فَإِنَّا نَسْخَرُ مِنكُمْ كَمَا تَسْخَرُونَ
39 Аят
ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо ша сийсазвеш долу‚ /гуттар/ лаьтта долу Iазап шех хьаьрча дерг мила ву". فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَن يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌ مُّقِيمٌ
40 Аят
Тхан омра деъча, пеш кхехка йолаелча[23]‚ Оха элира: "Цунна[24] т1е- хаае хIор /дийнатах/ шишша‚ хьан доьзалх а шена тIехь дош хьалхадаьлларг[25] воцург‚ /массо а/ ийман диллинарг а. Ийман ца диллира цуьнца кIеззигчара бен. حَتَّى إِذَا جَاء أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ قُلْنَا احْمِلْ فِيهَا مِن كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلاَّ مَن سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ وَمَنْ آمَنَ وَمَا آمَنَ مَعَهُ إِلاَّ قَلِيلٌ
41 Аят
Цо (Нухьас) элира: "ТIеховша цунна[26]‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву". وَقَالَ ارْكَبُواْ فِيهَا بِسْمِ اللّهِ مَجْرَاهَا وَمُرْسَاهَا إِنَّ رَبِّي لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
42 Аят
И (кема) лелара цаьрца тулгIенашкахь, шаьш лаьмнаш санна йолчу. Нухьас кхайкхира шен кIанте[27]‚ и вара юьстах лаьтташ: "ХIай сан кIанталг[28]! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца". وَهِيَ تَجْرِي بِهِمْ فِي مَوْجٍ كَالْجِبَالِ وَنَادَى نُوحٌ ابْنَهُ وَكَانَ فِي مَعْزِلٍ يَا بُنَيَّ ارْكَب مَّعَنَا وَلاَ تَكُن مَّعَ الْكَافِرِينَ
43 Аят
Цо элира: "Ас к1елхьарвалар лохур ду ламана т1ехь– цо ларвийр ву со хих". Цо (Нухьас) элира: "Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан омрах, Цо шех къинхетам бинарг бен". Цу шинна юккъе тулгIе хьаьвзира – иза хина бухабаханчарах хилира. قَالَ سَآوِي إِلَى جَبَلٍ يَعْصِمُنِي مِنَ الْمَاء قَالَ لاَ عَاصِمَ الْيَوْمَ مِنْ أَمْرِ اللّهِ إِلاَّ مَن رَّحِمَ وَحَالَ بَيْنَهُمَا الْمَوْجُ فَكَانَ مِنَ الْمُغْرَقِينَ
44 Аят
Элира: "ХIай латта! Д1ахудал хьайн хи‚ ва хIай стигал! ДIасацаде /догIа/. Хи дIаделира‚ /Делан/ омра кхочушхилира. И[29] сецира Джудияхь[30]. Элира: "Декъаза хуьлда зуламе къам". وَقِيلَ يَا أَرْضُ ابْلَعِي مَاءكِ وَيَا سَمَاء أَقْلِعِي وَغِيضَ الْمَاء وَقُضِيَ الأَمْرُ وَاسْتَوَتْ عَلَى الْجُودِيِّ وَقِيلَ بُعْداً لِّلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
45 Аят
Нухьа кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга‚ элира /цо/: "Сан Кхиош-Кхобург! И сан кIант сан доьзалх ма ву‚ Хьан ваIда бакъ ма ю‚ Хьо хьукам дечарах уггар хьукам /нийса/ деш верг а ма ву!"[31] وَنَادَى نُوحٌ رَّبَّهُ فَقَالَ رَبِّ إِنَّ ابُنِي مِنْ أَهْلِي وَإِنَّ وَعْدَكَ الْحَقُّ وَأَنتَ أَحْكَمُ الْحَاكِمِينَ
46 Аят
Элира /Дала/: "ХIай Нухь! И хьан доьзалх вац. Иза ву /шен/ 1амал дика йоцург[32]. Соьга ма деха шегахь хьан Iилма доцург[33]. Ас хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарах". قَالَ يَا نُوحُ إِنَّهُ لَيْسَ مِنْ أَهْلِكَ إِنَّهُ عَمَلٌ غَيْرُ صَالِحٍ فَلاَ تَسْأَلْنِ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ إِنِّي أَعِظُكَ أَن تَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ
47 Аят
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург! Со Хьоьца ларло сайна Iилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахь суна геч ца дахь‚ сох къинхетам ца бахь – со хир ву-кх эшначарах". قَالَ رَبِّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ أَنْ أَسْأَلَكَ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ وَإِلاَّ تَغْفِرْ لِي وَتَرْحَمْنِي أَكُن مِّنَ الْخَاسِرِينَ
48 Аят
Аьллера: "ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара кхерамазаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьайца цхьаьна /кемана т1ехь/ хиллачу умматашна а[34]. Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш[35] хир ду/‚ тIаккха Тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоцур бу уьш". قِيلَ يَا نُوحُ اهْبِطْ بِسَلاَمٍ مِّنَّا وَبَركَاتٍ عَلَيْكَ وَعَلَى أُمَمٍ مِّمَّن مَّعَكَ وَأُمَمٌ سَنُمَتِّعُهُمْ ثُمَّ يَمَسُّهُم مِّنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ
49 Аят
Уьш къайленан дийцарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу ваьхьишца. Уьш хууш вацара хьо а /хIай Мухьаммад/‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Собар де ахь. Баккъалла а, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю. تِلْكَ مِنْ أَنبَاء الْغَيْبِ نُوحِيهَا إِلَيْكَ مَا كُنتَ تَعْلَمُهَا أَنتَ وَلاَ قَوْمُكَ مِن قَبْلِ هَذَا فَاصْبِرْ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ
50 Аят
Iадашка[36] а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллах1ана‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен[37]. وَإِلَى عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ إِنْ أَنتُمْ إِلاَّ مُفْتَرُونَ
51 Аят
ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна т1ехь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу? يَا قَوْمِ لا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِنْ أَجْرِيَ إِلاَّ عَلَى الَّذِي فَطَرَنِي أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
52 Аят
ХIай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тōба де - Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу. Шу дIа ма дерзалаш къинош деш а долуш." وَيَا قَوْمِ اسْتَغْفِرُواْ رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُواْ إِلَيْهِ يُرْسِلِ السَّمَاء عَلَيْكُم مِّدْرَارًا وَيَزِدْكُمْ قُوَّةً إِلَى قُوَّتِكُمْ وَلاَ تَتَوَلَّوْاْ مُجْرِمِينَ
53 Аят
Цара элира: "ХIай ХIуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхешан деланаш д1атосур болуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш. قَالُواْ يَا هُودُ مَا جِئْتَنَا بِبَيِّنَةٍ وَمَا نَحْنُ بِتَارِكِي آلِهَتِنَا عَن قَوْلِكَ وَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
54 Аят
Оха олу: "Тхан цхьаболчу деланаша зулам дина хьуна". Цо элира: "Баккъалла а, ас Дела хIоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий إِن نَّقُولُ إِلاَّ اعْتَرَاكَ بَعْضُ آلِهَتِنَا بِسُوَءٍ قَالَ إِنِّي أُشْهِدُ اللّهِ وَاشْهَدُواْ أَنِّي بَرِيءٌ مِّمَّا تُشْرِكُونَ
55 Аят
И ша /Дела/ воцчух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со. مِن دُونِهِ فَكِيدُونِي جَمِيعًا ثُمَّ لاَ تُنظِرُونِ
56 Аят
Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен к1уж лоцур болуш[38] бен. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву). إِنِّي تَوَكَّلْتُ عَلَى اللّهِ رَبِّي وَرَبِّكُم مَّا مِن دَآبَّةٍ إِلاَّ هُوَ آخِذٌ بِنَاصِيَتِهَا إِنَّ رَبِّي عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
57 Аят
Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дIакхачийна со шуьга дахьаш ваийтинарг. Сан Кхиош-Кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург – массо а хIуманан лардархо ву!" فَإِن تَوَلَّوْاْ فَقَدْ أَبْلَغْتُكُم مَّا أُرْسِلْتُ بِهِ إِلَيْكُمْ وَيَسْتَخْلِفُ رَبِّي قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلاَ تَضُرُّونَهُ شَيْئًا إِنَّ رَبِّي عَلَىَ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ
58 Аят
Тхешан омра деъча‚ Оха кIелхьарбехира ХIуд а‚ цуьнца болу ийман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца. Оха уьш кIелхьарбехира луьрачу Iазапах. وَلَمَّا جَاء أَمْرُنَا نَجَّيْنَا هُودًا وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِّنَّا وَنَجَّيْنَاهُم مِّنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ
59 Аят
Вуьйш Iадаш бу – шайн Кхиош-Кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Iеса хилира‚ хIор ца къарлучу, къизачу 1азапхочун (1азапечу паччахьан) омрана тIаьхьахIиттира уьш. وَتِلْكَ عَادٌ جَحَدُواْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ وَعَصَوْاْ رُسُلَهُ وَاتَّبَعُواْ أَمْرَ كُلِّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ
60 Аят
/Делан а, маликийн а, массо а нехан а /неIалт хьаьрчира царах хIокху дуьненахь а‚ къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Iадаша керстаналла ма дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и Iадаш‚ ХIудин къам! وَأُتْبِعُواْ فِي هَذِهِ الدُّنْيَا لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ أَلا إِنَّ عَادًا كَفَرُواْ رَبَّهُمْ أَلاَ بُعْدًا لِّعَادٍ قَوْمِ هُودٍ
61 Аят
Самудашна а церан ваша Салихь /т1евахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша /цхьана/ Далла-Аллах1ана‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу т1ехь дāхийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тōба де. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гергахь а ву‚ жоп луш а ву". وَإِلَى ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ هُوَ أَنشَأَكُم مِّنَ الأَرْضِ وَاسْتَعْمَرَكُمْ فِيهَا فَاسْتَغْفِرُوهُ ثُمَّ تُوبُواْ إِلَيْهِ إِنَّ رَبِّي قَرِيبٌ مُّجِيبٌ
62 Аят
Цара элира: "ХIай Салихь! Хьо ма варий тхуна юккъехь хIокхул хьалха хьох /тхайна т1ехь эла хиларе оха/ догдохуш верг. Ахь тхуна ца магадо Оха Iибадат дар тхан дайша Iибадат дечунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахь тхо шега кхойкхучух". قَالُواْ يَا صَالِحُ قَدْ كُنتَ فِينَا مَرْجُوًّا قَبْلَ هَذَا أَتَنْهَانَا أَن نَّعْبُدَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا وَإِنَّنَا لَفِي شَكٍّ مِّمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ
63 Аят
Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Далла дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аш суна сов ца боккху эшам[39] а бен. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِن كُنتُ عَلَى بَيِّنَةً مِّن رَّبِّي وَآتَانِي مِنْهُ رَحْمَةً فَمَن يَنصُرُنِي مِنَ اللّهِ إِنْ عَصَيْتُهُ فَمَا تَزِيدُونَنِي غَيْرَ تَخْسِيرٍ
64 Аят
ХIай сан къам! хIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тIаккха гергарчу Iазапо схьалоцур ду шу". وَيَا قَوْمِ هَذِهِ نَاقَةُ اللّهِ لَكُمْ آيَةً فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللّهِ وَلاَ تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ قَرِيبٌ
65 Аят
Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: "Зовкх хьега шайн х1усамашкахь кхаа дийнахь[40]. И харц йоцу ваIда ю!" فَعَقَرُوهَا فَقَالَ تَمَتَّعُواْ فِي دَارِكُمْ ثَلاَثَةَ أَيَّامٍ ذَلِكَ وَعْدٌ غَيْرُ مَكْذُوبٍ
66 Аят
Тхешан омра деъча, Оха кIелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца ийман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца, цу дийнан сийсазаллах /1алаш а бира/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву. فَلَمَّا جَاء أَمْرُنَا نَجَّيْنَا صَالِحًا وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِّنَّا وَمِنْ خِزْيِ يَوْمِئِذٍ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ
67 Аят
Зулам динарш /нуьцкъалчу/ маьхьаро схьалецира – шайн х1усамашкахь /белла/ бертал эгна Iуьйранга бевлира уьш, وَأَخَذَ الَّذِينَ ظَلَمُواْ الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُواْ فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ
68 Аят
Шаьш царна чохь ца 1ийнарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и самудаш! كَأَن لَّمْ يَغْنَوْاْ فِيهَا أَلاَ إِنَّ ثَمُودَ كَفرُواْ رَبَّهُمْ أَلاَ بُعْدًا لِّثَمُودَ
69 Аят
Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахIиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: "Салам![41]". Цо элира: "Салам!"‚ сихо йира цо кхаьрзинчу эсанца /хьешашна/ тIе ван. وَلَقَدْ جَاءتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَى قَالُواْ سَلاَمًا قَالَ سَلاَمٌ فَمَا لَبِثَ أَن جَاء بِعِجْلٍ حَنِيذٍ
70 Аят
Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ иза царах шеконе[42] велира‚ кхера а велира. Цара элира: "Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе" /уьш хIаллакбан/. فَلَمَّا رَأَى أَيْدِيَهُمْ لاَ تَصِلُ إِلَيْهِ نَكِرَهُمْ وَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً قَالُواْ لاَ تَخَفْ إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَى قَوْمِ لُوطٍ
71 Аят
Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца[43]‚ Исхьакъана тIаьххье  ЯIкъубаца. وَامْرَأَتُهُ قَآئِمَةٌ فَضَحِكَتْ فَبَشَّرْنَاهَا بِإِسْحَقَ وَمِن وَرَاء إِسْحَقَ يَعْقُوبَ
72 Аят
Цо (Сāрата) элира: "Дакъаза ма яла со! Бер до ткъа ас‚ со-х къена зуда ма ю‚ хIара сан мар (майра) а къена стаг ма ву? Ма тамаше хIума ду хIара!?" قَالَتْ يَا وَيْلَتَى أَأَلِدُ وَأَنَاْ عَجُوزٌ وَهَذَا بَعْلِي شَيْخًا إِنَّ هَذَا لَشَيْءٌ عَجِيبٌ
73 Аят
Цара (маликаша) элира: "Хьо цецйолу Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву". قَالُواْ أَتَعْجَبِينَ مِنْ أَمْرِ اللّهِ رَحْمَتُ اللّهِ وَبَرَكَاتُهُ عَلَيْكُمْ أَهْلَ الْبَيْتِ إِنَّهُ حَمِيدٌ مَّجِيدٌ
74 Аят
ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь (царна Iазап тIаьхьататтахьара бохуш, ийман дилла магара цара). فَلَمَّا ذَهَبَ عَنْ إِبْرَاهِيمَ الرَّوْعُ وَجَاءتْهُ الْبُشْرَى يُجَادِلُنَا فِي قَوْمِ لُوطٍ
75 Аят
Баккъалла а, ИбрахIим эсала а‚ /нахана хуьлучу вонашна /лазаме верг а[44]‚ /тоба дарца Деле/ дIавирзинарг[45] а ма ву". إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لَحَلِيمٌ أَوَّاهٌ مُّنِيبٌ
76 Аят
ИбрахIим! Дита и[46]‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна догIуш ду. يَا إِبْرَاهِيمُ أَعْرِضْ عَنْ هَذَا إِنَّهُ قَدْ جَاء أَمْرُ رَبِّكَ وَإِنَّهُمْ آتِيهِمْ عَذَابٌ غَيْرُ مَرْدُودٍ
77 Аят
Тхан элчанаш (маликаш) ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: "ХIара хала де ду!" وَلَمَّا جَاءتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالَ هَذَا يَوْمٌ عَصِيبٌ
78 Аят
Цунна тIедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тIебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а бара уьш къинош деш. Цо (ЛутIас) элира: "ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашна гергахь! Шух цхьа а кхетаме стаг вац?!" وَجَاءهُ قَوْمُهُ يُهْرَعُونَ إِلَيْهِ وَمِن قَبْلُ كَانُواْ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ قَالَ يَا قَوْمِ هَؤُلاء بَنَاتِي هُنَّ أَطْهَرُ لَكُمْ فَاتَّقُواْ اللّهَ وَلاَ تُخْزُونِ فِي ضَيْفِي أَلَيْسَ مِنكُمْ رَجُلٌ رَّشِيدٌ
79 Аят
Цара элира: "Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршца тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хIун деза". قَالُواْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا لَنَا فِي بَنَاتِكَ مِنْ حَقٍّ وَإِنَّكَ لَتَعْلَمُ مَا نُرِيدُ
80 Аят
Цо элира: "Шуьца /къовса/ ницкъ белар-кха сан‚ онда гIортор елар-кха тIетовжа". قَالَ لَوْ أَنَّ لِي بِكُمْ قُوَّةً أَوْ آوِي إِلَى رُكْنٍ شَدِيدٍ
81 Аят
Цара (маликаша) элира: "ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна /зен дан/ тIекхочур бац уьш. Хьайн доьзалца буьйса дакъошка йирзича, новкъа вāла. Т1ехьа ма хьожийла шух цхьа а (и ирча 1азап цагархьама), хьан зуда йоцург. Баккъалла а, цуьнга а кхочур ду цаьрга кхаьчнарг. Царна тоьхна хан – Iуьйре ю. Гергахь яц ткъа Iуьйре?" قَالُواْ يَا لُوطُ إِنَّا رُسُلُ رَبِّكَ لَن يَصِلُواْ إِلَيْكَ فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِّنَ اللَّيْلِ وَلاَ يَلْتَفِتْ مِنكُمْ أَحَدٌ إِلاَّ امْرَأَتَكَ إِنَّهُ مُصِيبُهَا مَا أَصَابَهُمْ إِنَّ مَوْعِدَهُمُ الصُّبْحُ أَلَيْسَ الصُّبْحُ بِقَرِيبٍ
82 Аят
Тхан омра кхаьчча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхенах лахе йира[47]‚ Оха царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш т1еделхийра, فَلَمَّا جَاء أَمْرُنَا جَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهَا حِجَارَةً مِّن سِجِّيلٍ مَّنضُودٍ
83 Аят
Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь. /Массо а/ зуламхошна гена дац и[48] (иштта таIзар хила). (Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хIай Мухьаммад). مُّسَوَّمَةً عِندَ رَبِّكَ وَمَا هِيَ مِنَ الظَّالِمِينَ بِبَعِيدٍ
84 Аят
Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! цхьана Далла – Аллах1ана Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма де. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шу /эрчаллица/ юкъаозор долчу дийнан[49] Iазапах. وَإِلَى مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ وَلاَ تَنقُصُواْ الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ إِنِّيَ أَرَاكُم بِخَيْرٍ وَإِنِّيَ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ مُّحِيطٍ
85 Аят
ХIай сан къам! Кхочушде юстар а‚ озар а нийсонца‚ лаха ма е нахана шайн хIуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула, боьханиг даржош. وَيَا قَوْمِ أَوْفُواْ الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ وَلاَ تَبْخَسُواْ النَّاسَ أَشْيَاءهُمْ وَلاَ تَعْثَوْاْ فِي الأَرْضِ مُفْسِدِينَ
86 Аят
Делана гергахь бухадуьсурш[50] дика ду шуна, шу муъма/нах/ делахь‚ со ма вац шуна лардархо". بَقِيَّةُ اللّهِ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ وَمَا أَنَاْ عَلَيْكُم بِحَفِيظٍ
87 Аят
Цара элира: "ХIай ШуIайб! Хьан дино (ламазо) омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат дийриг тхоьга дитийта я тхешан бахамех тхайна луург дан? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма ву"[51]. قَالُواْ يَا شُعَيْبُ أَصَلاَتُكَ تَأْمُرُكَ أَن نَّتْرُكَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا أَوْ أَن نَّفْعَلَ فِي أَمْوَالِنَا مَا نَشَاء إِنَّكَ لَأَنتَ الْحَلِيمُ الرَّشِيدُ
88 Аят
Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара т1ехдика рицкъ делла суна. Суна ца лаьа шух къаста айса шуна магош доцчунна т1ехь[52]. Со деккъа тодан лууш /шун хьал/ ву сайн ницкъ ма - кхоччу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIе а воьрзу со /тоба дарца/. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِن كُنتُ عَلَىَ بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّي وَرَزَقَنِي مِنْهُ رِزْقًا حَسَنًا وَمَا أُرِيدُ أَنْ أُخَالِفَكُمْ إِلَى مَا أَنْهَاكُمْ عَنْهُ إِنْ أُرِيدُ إِلاَّ الإِصْلاَحَ مَا اسْتَطَعْتُ وَمَا تَوْفِيقِي إِلاَّ بِاللّهِ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ
89 Аят
ХIай сан къам! Соьца эгIаро тIе ма доуьйтийла шуна Нухьан къомана а‚ я ХIудин къомана а, я Салихьан къомана а т1едеънарг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь а ма дац. وَيَا قَوْمِ لاَ يَجْرِمَنَّكُمْ شِقَاقِي أَن يُصِيبَكُم مِّثْلُ مَا أَصَابَ قَوْمَ نُوحٍ أَوْ قَوْمَ هُودٍ أَوْ قَوْمَ صَالِحٍ وَمَا قَوْمُ لُوطٍ مِّنكُم بِبَعِيدٍ
90 Аят
Шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тōба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург къинхетаме верг а‚ Шена /Шен халкъ/ дезаш верг а ма ву". وَاسْتَغْفِرُواْ رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُواْ إِلَيْهِ إِنَّ رَبِّي رَحِيمٌ وَدُودٌ
91 Аят
Цара[53] элира: "ХIай ШуIайб! Ахь дуьйцучух дукхадолчух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо тхайлахь ледара хеташ ма ду. И хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир ма дара хьуна‚ хьо тхуна /кхин эццара/ хьомсара а ма вац[54]". قَالُواْ يَا شُعَيْبُ مَا نَفْقَهُ كَثِيرًا مِّمَّا تَقُولُ وَإِنَّا لَنَرَاكَ فِينَا ضَعِيفًا وَلَوْلاَ رَهْطُكَ لَرَجَمْنَاكَ وَمَا أَنتَ عَلَيْنَا بِعَزِيزٍ
92 Аят
Цо элира: "ХIай сан къам! Ткъа сан гергарнаш безо бу шуна Делал? Аш Иза-м шайн букъа тIехьахь ма вити?! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург аш дийриг /Шен 1илманца/ юкъалоцуш ма ву. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَهْطِي أَعَزُّ عَلَيْكُم مِّنَ اللّهِ وَاتَّخَذْتُمُوهُ وَرَاءكُمْ ظِهْرِيًّا إِنَّ رَبِّي بِمَا تَعْمَلُونَ مُحِيطٌ
93 Аят
ХIай сан къам! Шайга далург де аш‚ аса а дийр ду /сайга далург/. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлхачунна т1едог1ур ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйш верг! Хьежа! Со а шуьца цхьана хьоьжуш верг ву". وَيَا قَوْمِ اعْمَلُواْ عَلَى مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ سَوْفَ تَعْلَمُونَ مَن يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَمَنْ هُوَ كَاذِبٌ وَارْتَقِبُواْ إِنِّي مَعَكُمْ رَقِيبٌ
94 Аят
Тхан омра деъча‚ Оха кIелхьарваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца ийман диллинарш а Тхайгарчу къинхетамца. Зулам динарш маьхьаро схьалецира‚ шайн цIеношкахь белла бертал эгна Iуьйренга бевлира уьш. وَلَمَّا جَاء أَمْرُنَا نَجَّيْنَا شُعَيْبًا وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مَّنَّا وَأَخَذَتِ الَّذِينَ ظَلَمُواْ الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُواْ فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ
95 Аят
Цигахь ца баьхча санна /бисира уьш/. Хьовсал! Белла бовла и мадъянаш‚ Самудаш белла бовларе терра. كَأَن لَّمْ يَغْنَوْاْ فِيهَا أَلاَ بُعْدًا لِّمَدْيَنَ كَمَا بَعِدَتْ ثَمُودُ
96 Аят
Муса вахийтира Оха Тхешан аяташца а‚ билгалчу делилаца а وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَى بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
97 Аят
ФирIавна а‚ цуьнан элашна а т1е – ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIиттина бара уьш. ФирIавнан омра нийса ма дацара! إِلَى فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاتَّبَعُواْ أَمْرَ فِرْعَوْنَ وَمَا أَمْرُ فِرْعَوْنَ بِرَشِيدٍ
98 Аят
Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург! يَقْدُمُ قَوْمَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَأَوْرَدَهُمُ النَّارَ وَبِئْسَ الْوِرْدُ الْمَوْرُودُ
99 Аят
Кхузахь (дуьненахь) а неIалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а /хьаьрчар ду/. Ма вон "совгIат" ду-кх и ша кхочучунна! وَأُتْبِعُواْ فِي هَذِهِ لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ بِئْسَ الرِّفْدُ الْمَرْفُودُ
100 Аят
Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царах[55] лаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю. ذَلِكَ مِنْ أَنبَاء الْقُرَى نَقُصُّهُ عَلَيْكَ مِنْهَا قَآئِمٌ وَحَصِيدٌ
101 Аят
Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а, шаьш шайна зулам дина цара. Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу деланаша хIумманах а кIелхьар ца бехира уьш хьан Кхиош-Кхобучун омра деъначул тIаьхьа. Цара сов ца бехира уьш хIаллакхиларца бен. وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَكِن ظَلَمُواْ أَنفُسَهُمْ فَمَا أَغْنَتْ عَنْهُمْ آلِهَتُهُمُ الَّتِي يَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ مِن شَيْءٍ لِّمَّا جَاء أَمْرُ رَبِّكَ وَمَا زَادُوهُمْ غَيْرَ تَتْبِيبٍ
102 Аят
Иштта ду хьан Кхиош-Кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар[56] – чIогIа лазош ду-кх. وَكَذَلِكَ أَخْذُ رَبِّكَ إِذَا أَخَذَ الْقُرَى وَهِيَ ظَالِمَةٌ إِنَّ أَخْذَهُ أَلِيمٌ شَدِيدٌ
103 Аят
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гун долу. إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّمَنْ خَافَ عَذَابَ الآخِرَةِ ذَلِكَ يَوْمٌ مَّجْمُوعٌ لَّهُ النَّاسُ وَذَلِكَ يَوْمٌ مَّشْهُودٌ
104 Аят
Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу (къастийначу) ханна бен. وَمَا نُؤَخِّرُهُ إِلاَّ لِأَجَلٍ مَّعْدُودٍ
105 Аят
И де деъча, сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царах декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву. يَوْمَ يَأْتِ لاَ تَكَلَّمُ نَفْسٌ إِلاَّ بِإِذْنِهِ فَمِنْهُمْ شَقِيٌّ وَسَعِيدٌ
106 Аят
Дакъазабевлларш – уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь узарш а, мохь хьекхар а ду. فَأَمَّا الَّذِينَ شَقُواْ فَفِي النَّارِ لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَشَهِيقٌ
107 Аят
Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /даима/ деш ма ву Шена луург. خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالأَرْضُ إِلاَّ مَا شَاء رَبُّكَ إِنَّ رَبَّكَ فَعَّالٌ لِّمَا يُرِيدُ
108 Аят
Амма ирсе хилларш – бешахь[57] хир бу‚ цу чохь гуттаренна буьсур болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла‚ ша хедар доцу совгIат а хилла. وَأَمَّا الَّذِينَ سُعِدُواْ فَفِي الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالأَرْضُ إِلاَّ مَا شَاء رَبُّكَ عَطَاء غَيْرَ مَجْذُوذٍ
109 Аят
Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла а, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/ дāкъа, ца эшадеш. فَلاَ تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِّمَّا يَعْبُدُ هَؤُلاء مَا يَعْبُدُونَ إِلاَّ كَمَا يَعْبُدُ آبَاؤُهُم مِّن قَبْلُ وَإِنَّا لَمُوَفُّوهُمْ نَصِيبَهُمْ غَيْرَ مَنقُوصٍ
110 Аят
Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь а хилпалонаш хилира церан. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах ч1ог1ачу шеконехь ма бу. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ وَلَوْلاَ كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِّنْهُ مُرِيبٍ
111 Аят
Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-Кхобучо бекхам бийр ма бу шен Iамалашка хьаьжжина. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву. وَإِنَّ كُلاًّ لَّمَّا لَيُوَفِّيَنَّهُمْ رَبُّكَ أَعْمَالَهُمْ إِنَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
112 Аят
Нисло[58]‚ хьайга омра ма- дди‚ хьо а, хьоьца цхьана ша тōба динарг а‚ /Делан дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву. فَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ وَمَن تَابَ مَعَكَ وَلاَ تَطْغَوْاْ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
113 Аят
Зулам диначарна тIе ма тийжа – /жоьжахатин/ цIаро схьалоцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац. وَلاَ تَرْكَنُواْ إِلَى الَّذِينَ ظَلَمُواْ فَتَمَسَّكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ اللّهِ مِنْ أَوْلِيَاء ثُمَّ لاَ تُنصَرُونَ
114 Аят
Ламаз хIоттаде дийнан шина юьхьехь /1уьйранна а, суьйранна а/‚ буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикчу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза – дагадаийтар ду дагадоуьйтучарна. وَأَقِمِ الصَّلاَةَ طَرَفَيِ النَّهَارِ وَزُلَفًا مِّنَ اللَّيْلِ إِنَّ الْحَسَنَاتِ يُذْهِبْنَ السَّيِّئَاتِ ذَلِكَ ذِكْرَى لِلذَّاكِرِينَ
115 Аят
Собар де[59]‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш ечеран ял. وَاصْبِرْ فَإِنَّ اللّهَ لاَ يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
116 Аят
Хиллехьара-кха шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучун[60] дай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу буьйхачух. Оха шаьш царах кIелхьарбаьхначарах цхьа кIеззиг берш бен бацара-кха уьш. Зулам динарш тIаьхьабезира шайна делла хиллачу /хазчу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш. فَلَوْلاَ كَانَ مِنَ الْقُرُونِ مِن قَبْلِكُمْ أُوْلُواْ بَقِيَّةٍ يَنْهَوْنَ عَنِ الْفَسَادِ فِي الأَرْضِ إِلاَّ قَلِيلاً مِّمَّنْ أَنجَيْنَا مِنْهُمْ وَاتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُواْ مَا أُتْرِفُواْ فِيهِ وَكَانُواْ مُجْرِمِينَ
117 Аят
Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика Iамалш еш а болуш. وَمَا كَانَ رَبُّكَ لِيُهْلِكَ الْقُرَى بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا مُصْلِحُونَ
118 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана /бусалба/ умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш (дукха болу нах) дIа ца туьлу /бусалба динна/ хилпало ечарах وَلَوْ شَاء رَبُّكَ لَجَعَلَ النَّاسَ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلاَ يَزَالُونَ مُخْتَلِفِينَ
119 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо шайх къинхетам бинарш бен. Оцуьнан (къинхетаман)[61] дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-Кхобучун дош: " Юзур ма ю Ас жоьжахати /шайт1анна т1аьхьах1иттинчу/ жинех а‚ нахах- массарех а"‚ аьлла долу. إِلاَّ مَن رَّحِمَ رَبُّكَ وَلِذَلِكَ خَلَقَهُمْ وَتَمَّتْ كَلِمَةُ رَبِّكَ لأَمْلأنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
120 Аят
Дерриг а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу чохь деана хьоьга бакъдерг а‚ хьехам а‚ муъма нахана дагадаийтар а. وَكُلاًّ نَّقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنبَاء الرُّسُلِ مَا نُثَبِّتُ بِهِ فُؤَادَكَ وَجَاءكَ فِي هَذِهِ الْحَقُّ وَمَوْعِظَةٌ وَذِكْرَى لِلْمُؤْمِنِينَ
121 Аят
Ахь āла цатешачаьрга: " Аш е шайн 1амал шайна ма хеттара, Оха а йийр ю /тхешан 1амал тхайна ма хеттара/. وَقُل لِّلَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ اعْمَلُواْ عَلَى مَكَانَتِكُمْ إِنَّا عَامِلُونَ
122 Аят
Хьовса‚ тхо а хьовсур ду! وَانتَظِرُوا إِنَّا مُنتَظِرُونَ
123 Аят
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо а гIуллакх‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-Кхобург тергал ца деш вац аш дийриг. وَلِلّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَإِلَيْهِ يُرْجَعُ الأَمْرُ كُلُّهُ فَاعْبُدْهُ وَتَوَكَّلْ عَلَيْهِ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
[1]Кхерамча а نذير (назир) , хаамча а بشير(башир) – Дала массо а элча ваийтина Шех цатешначунна жоьжахатица кхерам тосуш, Шех тешначунна ялсаманица хаза кхаъ боккхуш.
[2]Со кхоьру къематдийнахь шуна 1азап хиларх.
[3]И дешнаш пайхамаре ала боху Дала.
[4]Шайн дегнашкахь долу Делаца керстаналла.
[5]Лаьттахула лела хIума: адам делахь а‚ бежана делахь а.
[6]Далла хаьа и дийнат мичахь лаьттар ду а‚ мичахь лийр ду а.
[7]Оцу аято гойту вайна 1арш а, хи а стигланел а, латтал а хьалха Дала кхоьллина хилар.
[8]Кхузахь أمة (Уммат) боху дош «хан, зама» маь1нехь деана. Цу дешан дуккха маь1наш ду. Царах ду: жама1ат (тоба), миллат, массо а диканиг шегахь долу стаг, хан-зама, пайхамаршна т1аьхьабаьзнарш…
[9]Дог къийдаш – сагатлуш.
[10]И Къуръан пайхамара шегара дуьйцу, олу керстанаша..
[11]Шу хуьлий бусалбанаш? - шу Далла муьтIахь хуьлий? Бусалба бохург 1аьрбийн مسلم Муслим - /Далла/ муьт1ахь верг бохург ду. Кхин цунах лаьцнарг хьалха деана.
[12]Шортта дуьненан рицкъ луш. Цу аято вайна гойту дуьненахь мел дика г1уллакхаш деш стаг хилча а, эхартахь цунна пайда бац, и Делах тешаш вацахь. Цо деш долчу диканна метта Ша дуьненахь дикчунца кхоччуш бекхам бийр бу цунна, боху Дала.
[13]Къуръан шега доссийна волу Мухьаммад пайхамар а‚ бусалбанаш а.
[14]Джабраил малик – Делера теш ду Къуръан бакъхиларехь. "Теш" бохучуьнца луург пайхамаран мотт бу, аьлла а ду, ша Къуръан ду, аьлла а ду.
[15]Делера хиларах.
[16]Къематде х1уттур хиларх, т1аккха шаьш дендина, барт хоттур хиларх ца теша керстанаш.
[17]Тешаш берш а‚ ца тешаш берш а.
[18]Ца го – кхузахь: ца хета, ца моьтту. 1аьрбийн хандош رأى ган оцу маь1нашкахь а дукха дог1у.
[19]ЦIена дин – ислам.
[20]Керстанийн баьччанаша олуш хилла Нухье, хьайна тIаьхьах1иттина болу и заьIап нах дIакъахкабе.
[21]И цо шегара дуьйцуш ду‚ Делера доцуш. Дукхахболчу тафсиран Iеламнаха и хабар Мухьаммаде ду, боху, къурайшех лаьцна. Ткъа Ибн-IатIиййата а, Абу-Хьаййана а Нухьан хабарх ду, боху.
[22]Царах къинхетам бе, алий ма дехалахь соьга.
[23]Нухьан къомана тIе Iазап доссаран – хи даларан – Iаламат хилла пеша тIера хи кхехка доладалар. Ибн-1аббаса а, цхьакхечара а التنور Ат-таннур (пеш) боху дош лаьттан т1ехула йолу аг1о, аьлча а лаьттан юьхь ю, аьлла. Цара и аят Лаьтта бухара хьосташа шайн хиш нуьцкъала аракхиссича, аьлла даьстина. И нийсō хила герга ду.
[24]Боьрша а‚ сте а‚ уьш дебийта.
[25]Шена т1ехь дош хьалхадаьлларг – Дала х1аллакхила хьукам дина берш. Цуьнца луург Нухьан к1ант Кан1ан а ву, цуьнан зуда Ва1ила а ю, шаьш керстанаш хилла болу. Уьш ма ховшабе кеманна т1е, боху Дала, х1аллакхила бита.
[26]Кеманна.
[27]КанIане.
[28]К1анталг-жима к1ант. Къуръана чохь деана بني يا (йа бунаййа) – жималлин-хьастаран даржехь. Цуьнца нийса дог1ург х1ай сан к1анталг (я к1антиг, к1аьтиг) хетало.
[29]Нухьан кема.
[30]Джудия – Мовсал гIалин (Iиракъ) уллохь лам. Кхечу Iеламнаха дийцарехь, и лам جوديДжуди (═ Гуди, ═ Куди) Турцин а, Сирин а, Iиракъан а хIинцалера дозанашца бу, Арарат лаьмний юккъехь, курдой бехачу меттигехь. «Курд» боху дош а, иза а цхьана орамах ду. Шумерийн йозанашкахь хьехош ду Кути я Гуту олу халкъ Тигр хина гонахь дехаш хилла долу Iийса пайхамар дуьнена валале 2 эзар шо хьалха. Цуьнца билгалдолу Библия жайна чохь хьехош йолу Нухьан кема сецца меттиг (Арарат лам) а, Къуръан чохь ерг а цхьаъ хилар.
[31]"Везан Дела! Ахь соьга аьлла ма дарий‚ сан нах кIелхьарбохур бу‚ аьлла‚ къелхьарваккхахь и сан кIант".
[32]И кIант керста ву‚ и к1елхьаравоккхийла дац.
[33]Хьайна цахуург.
[34]Къуръана чохь امم Умматаш аьлла ду. Къурт1убийс аьлла цу чу массо а муъма стаг вог1у къематде далц.
[35]Дала боху Нухье: хьоьца кеманна т1ехь хиллачарах т1аьхьа схьадер ду керста умматаш а, къинош деш берш а. Царна дуьненахь ни1маташ хир ду, ткъа эхартахь 1азап хир ду.
[36]1адаш – хьалха хилла, ц1ушна (жа1аршна) 1ибадат деш хилла долу къам. Йеменан г1амарийн лаьмнашкахь дехаш хилла и. Дала шайна т1е вахийтина хилла элча Х1уд цара къобал ца вича, шайн къиношкахь уьш бахбелча, Дала 7 буьйсана, 8 дийнахь хаддаза хьекхна болчу луьрачу махца х1аллалакбина уьш.
[37]Шаьш ц1ушна (жа1аршна) Iибадат дарца.
[38]Доладеш.
[39]Эшам – зен; дāр.
[40]ТIаккха хIаллакдийр ду шу.
[41]Машар‚ маршалла хаттар.
[42]Инкарло йира – хьешийн куьйгаш кхачанна т1е ца кхаьчича, цаьргахь цхьа к1еззиг цатешам кхоллабелира Ибрах1иман кийрахь.
[43]Исхьакъ а, Я1къуб а к1ентий баларца.
[44]Делах кхоьруш.
[45]Деле, массо а харц дин дитина.
[46]Дита и – маликаша элира Ибрах1име: «Дита и дов, ма деха Лут1ин къам 1азапах к1елхьарбаха але».
[47]Лакхенах лахе йира – т1ек1елъяьккхира.
[48]И ЛутIин къоман ярташ хIаллакйинчохь хIорд баьлла, аьлла ду, – хIинца Иорданехь болу Белла хIорд – Мёртвое море.
[49]Юкъаозор долу де – къематде, шен эрчалло массо а юкъаозор волу.
[50]Хьанал долу бухадуьсу рицкъ.
[51]И элира цара, цунах ца бешаш.
[52]Ца магийначунна. Ас сайна цамогошдерг бен ца могуьйту шуна а.
[53]Цуьнан наха.
[54]Хьо тхуна веза верг а ма вац – хьо тхан юккъехь оха шена та1зар ца дал лераме стаг ма вац.
[55]Оцу яртех‚ хIинца а йолуш ерш а ю‚ хIаллакхилла‚ шех хIумма ца йисинарш а ю.
[56]Схьалацар – Делан та1зар.
[57]Ялсамани чохь.
[58]Дикчу Iамална тIе.
[59]Хьайна бечу бохамашкахь‚ я ламазана тIехь‚ хIай Мухьаммад.
[60]Дин‚ доьналла‚ дика Iамалш.
[61]Сабунис иштта маь1на дина оцу аятан: декъала верг а, декъаза верг а къасторхьама кхоьллина Дала халкъ, цхьаберш ялсамани бахийта, цхьаберш-жоьжахати.