110. Сурат АН-НАСР

ГIо
(Мадинатехь я Минехь‚ тIаьххьара пайхамара хьехам беш‚ тIаьххьара доьссина‚ дерриге а 3 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Делера гIо а деъча‚ /Макка йоккхуш/ толам а беъча[1] إِذَا جَاء نَصْرُ اللَّهِ وَالْفَتْحُ
2 Аят
Хьуна гира нах, Делан дин чу буьйлуш тобанашца. وَرَأَيْتَ النَّاسَ يَدْخُلُونَ فِي دِينِ اللَّهِ أَفْوَاجًا
3 Аят
Тасбихь де хьан Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ Цуьнга гечдар деха. Баккъалла а, Иза хилла т1етт1а тōба къобалдийриг. فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَاسْتَغْفِرْهُ إِنَّهُ كَانَ تَوَّابًا
[1]Макка яьккхина хIижран 8-чу шарахь‚ Рамазан баттахь. ХIара сурат доьссинчул тIаьхьа пайхамара дукха олуш хилла: سبحان ألله و بحمده استغفر ألله و أتوب أليه "СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи‚ астагIфируллахIа ва атубу илейхIи". Цуьнан Iожалла гергаеъна хилла. Иза дIакхелхина хIижран 11-чу шеран рабиIуль-авваль беттан 12-чу дийнахь (оршотде хилла иза) – насарийн терахьца 633 шо. Макка яьккхинчул т1аьхьа нах тоба-тобанашца бусалба дине бог1уш хилла. Оцунна Далла хастам бе, боху Дала.