111. Сурат АЛЬ-МАСАД

Хурманан диттан хьаса
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 5 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


а
1 Аят
ХIаллакхили Āлун ден[1] ший а куьг, и ша а хIаллакхили. تَبَّتْ يَدَا أَبِي لَهَبٍ وَتَبَّ
2 Аят
КIелхьар ца ваьккхи иза цуьнан хьоло а‚ цунна карадинчо а[2]. مَا أَغْنَى عَنْهُ مَالُهُ وَمَا كَسَبَ
3 Аят
Вогур ву иза āлу йолчу цIергахь‚ سَيَصْلَى نَارًا ذَاتَ لَهَبٍ
4 Аят
Цуьнан зуда[3] а /йогур ю цIергахь/  дечиг кхоьхьург[4]. وَامْرَأَتُهُ حَمَّالَةَ الْحَطَبِ
5 Аят
Цуьнан лага тIехь /хир/ бу хурманан диттан хьесан муш[5]. فِي جِيدِهَا حَبْلٌ مِّن مَّسَدٍ
[1]Алун да  Iарбашха: أبو لهبАбу-ЛахIаб  пайхамаран ден ваша а‚ цуьнан уггар луьра мостагI а. Элчано ﷺ , шен гергара нах а гулбина, цаьрга ша шуьга ваийтина кхерамча ву аьлча‚ Абу-ЛахIаба аьлла хилла: «ХIаллакхила хьо‚ цуьнан дуьхьа гулдина хилла ахь тхо?» Ша кIелхьарвер ву Iазапах шен хьолаца, аьлла цо. ТIаккха доссийна Дала хIара сурат
[2]Цунна карадинчуьнца лууш дерг, кхузахь цуьнан к1ентий бу аьлла. Цара а к1елхьарвоккхур вац иза Делан 1азапах.
[3]Абу-ЛахIабан зуда Умм Джамиль хилла элча вогIучу новкъа кIохцалш кхуьссуш, иза лазавайта.
[4]Дечиг кхоьхьург – Ибн-1аббаса боху Дечиг кхоьхьург аьлла Абу-Лах1абан зудчух, цо нахана юккъе мотт кхехьарна, эладита даржорна, элчанца мостаг1алла лелорна. Ц1ерга дечиг диллар нахана юккъехь мотт беттарца мостаг1алла даржоран маь1нехь ду. «Хьаммалат а ль-хьат1аб» фатхьица (а хьаьркаца) доьшу и сийсазъечу хьолехь. Цхьаболчу тафсиран 1еламнаха «Хьаммалат у л-хьат1аб» даммица (у хьаьркаца) доьшу وَامْرَأَتُهُ («цуьнан зуда а») бохучун на1т (сибат) лоруш.
[5]Хурманан диттан хьесан муш – иза ч1ог1а 1азап хир ду бохург ду. Дийцарехь, Умм-Джамилан логах дезачу жовх1арийн туьтеш хилла. Пайхамар х1аллакван харж йийр ю ша цаьрца аьлла, дуй биъна хилла цо. Цундела боху Дала, Ша царах хурман диттан хьесан муш хуьлуьйтур бу, цуьнга ч1ог1а 1азап хьегийтархьама.