112. Сурат АЛЬ-ИХЛАС

Догц1ена хилар
(Маккахь я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 4 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: "Иза, АллахI[2], цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх ц1ена а волуш/, قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ
2 Аят
АллахI ву‚ гуттар Ша /цхьаннах воьзна а воцуш/ волуш верг ву /массарна а Ша оьшуш, Шена хIумма а ца оьшуш волу/. اللَّهُ الصَّمَدُ
3 Аят
Бер ца хилла Цуьнан‚ Иза Ша а ца ваьлла /дуьненчу/ дех-ненах. لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ
4 Аят
Ца хилла Цуьнца нислуш цхьа а". (Вац Цуьнга тера цхьа а). وَلَمْ يَكُن لَّهُ كُفُوًا أَحَدٌ
[1]Х1ара ч1ог1а деза сурат лерина. Ахьмада а, Ан-Нисаиййо схьадаьккхинчу хьадисехь ду: Къулх1у дешнарг Къуръанан кхоалг1а дакъа дешнарг санна ву. 1еламнаха аьлла, Къуръан Дела цхьаъварх (тавхьид), хьукамех а, дийцарех а лаьтташ ду. Х1окху сурато Дела цхьаъ вар чулаьцна. Т1аккха иза Къуръанан кхоалг1а дакъа хуьлу. Маккин керстанаша (цхьаболчара, ца бешаш), иштта жуьгташа а пайхамаре ﷺ хоьттуш хилла: "Муха ву и хьан Дела? Цуьнан сибат дийцахь тхуна, юуш-молуш вуй иза...?"- бохуш. Царна жоп луш, доссийна и сурат. Муслима а, Ат-Тармазечо а схьадаьккхинчу хьадисехь ду: пайхамара ﷺ шен цхьа накъост вахийтира цхьана тобанна коьртехь экспедице. Цо царна ламаз т1ехь гуттар х1ара сурат доьшуш хилла. Юхабирзича, цара и хьахийна пайхамаре. "И х1унда дора ахь?" – аьлла, шега хаьттича, вукхо элира: "Цу чохь Сов къинхетаме волчу Делан сибат ду, цундела и дукхадеза суна,” – аьлла. Пайхамара элира: "Цуьнга д1ахаийта: и дезаро иза ялсамане вуьгур ву". Иштта Ат-Тармазечун хьадисехь ду х1ора дийнахь и сурат б1озза дешначунна Дала гечдийр ду къинош, нехан декхар доцург, аьлла. Иза а, цул т1аьхьа дог1у ши сурат а пайхамара дарбанна доьшуш хилла аьлла а ду.
[2]Кхузахь Iарбийн «АллахI» ша ма-дду далийна‚ тIе Iаткъам байтархьама. Кхечанхьа дукха хьолахь и дош «Дела» аьлла, гочдеш яздина.