113. Сурат АЛЬ-ФАЛАКЪ

Сатасар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 5 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Ахь āла: "Со ларло сатасаран Деца[1] قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ
2 Аят
Цо кхоьллинчу массо а вонах‚ مِن شَرِّ مَا خَلَقَ
3 Аят
Боданан вонах‚ цо /буьйсанна Iалам/ дIахьулдича /гучуйолучу вочу хIуманах а ларло со/‚ وَمِن شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ
4 Аят
Шеддаш беш, цу чу хIуп олучу зударийн2 вонах а /ларло со/‚ وَمِن شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ
5 Аят
ХьагI лелочун вонах а /ларло со/‚ цо хьагI йича. وَمِن شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ
[1],2 ХIара а‚ буха догIу сурат а доссоран бахьана ду: пайхамарна жуьгтийн Лабидо бозбуунча лелийна хилла‚ 11 шад бина‚ царна чу хIуп олуш. Пайхамар цомгуш хуьлуш хилла. ТIаккха Дала цуьнга и ший а сурат доссийна массо а вочу хIуманна дуьхьал. Цхьацца аят цо ма-дийшши, цхьаьцца шад басталуш хилла. Т1аьххьарниг баьстича, и товелла, хьалаг1аьттина.