114. Сурат АН-НАС

Нах
(Маккахь (иза тоьлларг ду) я Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 6 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Ахь āла: "Со ларло нах Кхиош-Кхобучуьнца[1] قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ
2 Аят
Нехан Паччахьаца[2] مَلِكِ النَّاسِ
3 Аят
Нехан Делаца[3] إِلَهِ النَّاسِ
4 Аят
Васвасалла (даг чу догIу вон мел дерг) кхуьссучу‚ Делан цIе яьккхича, додучу /шайтIанан/ вонах‚ مِن شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ
5 Аят
Ша васвасалла кхуьссуш долчу нехан дегнашка‚ الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ
6 Аят
Жинех а ду /и шайтIа/‚ нахах а ду". مِنَ الْجِنَّةِ وَ النَّاسِ
[1]Кхиош-Кхобург – رب . Хьалха деана оцунах лаьцнарг. Массо а нах кхоьллинарг, уьш кхиош, царна рицкъа луш, кхобург, церан г1уллакхашка, хьашташка хьожург. И дерриг а чулоцу Делан رب Рабб бохучу сибато.
[2]Паччахь – ملك Малик. Массо а нах Шен долахь болу, церан хьакъ-бакъ волу паччахь. Цу Делан сибато гойту гуттаренна долу, хьакъ-бакъ долу паччахьалла Делан дуйла. Цхьайолчу къирааташкахь (дешаран кепаш) и деъна مالك мᾱлик – Шен карахь массо а х1ума долахь верг.
[3]Дела – اله Илāх1. Массо а наха Шена 1ибадат дан хьакъ волу Дела –Аллах1.