12. Сурат ЮСУФ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 111 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Алиф-лам-ра[1]. ХIорш къегинчу жайнин аяташ ду. الر تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ
2 Аят
Баккъалла а, Оха доссийна и Къуръан[2] 1аьрбийн /маттахь/‚ шу хьекъале хила там бара. إِنَّا أَنزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَّعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
3 Аят
Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга ваьхьица хIара Къуръан даийтарца, цул хьалха хьо цахуучарах хиллехь а. نَحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ أَحْسَنَ الْقَصَصِ بِمَا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ هَذَا الْقُرْآنَ وَإِن كُنتَ مِن قَبْلِهِ لَمِنَ الْغَافِلِينَ
4 Аят
Хьахаде: Юсуфа ма элира шен дега /ЯIкъубе/: "Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужуд деш"[3]. إِذْ قَالَ يُوسُفُ لِأَبِيهِ يَا أَبتِ إِنِّي رَأَيْتُ أَحَدَ عَشَرَ كَوْكَبًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ رَأَيْتُهُمْ لِي سَاجِدِينَ
5 Аят
Цо (ЯIкъуба) элира: "ХIай сан жима к1ант[4], и хьайна гинарг ма дийцалахь хьайн вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтIа адамна билггал мостагI ма ду. قَالَ يَا بُنَيَّ لاَ تَقْصُصْ رُؤْيَاكَ عَلَى إِخْوَتِكَ فَيَكِيدُواْ لَكَ كَيْدًا إِنَّ الشَّيْطَانَ لِلإِنسَانِ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
6 Аят
Иштта хьан Кхиош-Кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочушдийр долуш ду Цо‚ ЯIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву". وَكَذَلِكَ يَجْتَبِيكَ رَبُّكَ وَيُعَلِّمُكَ مِن تَأْوِيلِ الأَحَادِيثِ وَيُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَعَلَى آلِ يَعْقُوبَ كَمَا أَتَمَّهَا عَلَى أَبَوَيْكَ مِن قَبْلُ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَقَ إِنَّ رَبَّكَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
7 Аят
Юсуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна. لَّقَدْ كَانَ فِي يُوسُفَ وَإِخْوَتِهِ آيَاتٌ لِّلسَّائِلِينَ
8 Аят
Цара[5] ма элира: "Юсуф а‚ цуьнан ваша а[6] дукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тилар чохь ву-кх. إِذْ قَالُواْ لَيُوسُفُ وَأَخُوهُ أَحَبُّ إِلَى أَبِينَا مِنَّا وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّ أَبَانَا لَفِي ضَلاَلٍ مُّبِينٍ
9 Аят
Вē Юсуф я /кхечу/ махка дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю‚ цул тIаьхьа дика къам хир шу (тōба дийр ду аш-тIаккха гечдийр ду шуна Дала"). اقْتُلُواْ يُوسُفَ أَوِ اطْرَحُوهُ أَرْضًا يَخْلُ لَكُمْ وَجْهُ أَبِيكُمْ وَتَكُونُواْ مِن بَعْدِهِ قَوْمًا صَالِحِينَ
10 Аят
Царах олучо[7] элира: "Ма вē Юсуф‚ гIу чу кхосса и – дIабоьлхуш болчарах цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь" /и гIуллакх де/. قَالَ قَآئِلٌ مَّنْهُمْ لاَ تَقْتُلُواْ يُوسُفَ وَأَلْقُوهُ فِي غَيَابَةِ الْجُبِّ يَلْتَقِطْهُ بَعْضُ السَّيَّارَةِ إِن كُنتُمْ فَاعِلِينَ
11 Аят
Цара[8] элира: "ХIай тхан да! Ахь хIунда ца вуьту Юсуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма дуй! قَالُواْ يَا أَبَانَا مَا لَكَ لاَ تَأْمَنَّا عَلَى يُوسُفَ وَإِنَّا لَهُ لَنَاصِحُونَ
12 Аят
Ваийтахь и тхоьца кхана – самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Iалашвийр ма ву". أَرْسِلْهُ مَعَنَا غَدًا يَرْتَعْ وَيَلْعَبْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
13 Аят
Цо (ЯIкъуба) элира: "Сан сагатлур ма ду аш и д1авигча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аш цуьнан терго а ца еш". قَالَ إِنِّي لَيَحْزُنُنِي أَن تَذْهَبُواْ بِهِ وَأَخَافُ أَن يَأْكُلَهُ الذِّئْبُ وَأَنتُمْ عَنْهُ غَافِلُونَ
14 Аят
Цара элира: "И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма юй‚ тIаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара". قَالُواْ لَئِنْ أَكَلَهُ الذِّئْبُ وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّا إِذًا لَّخَاسِرُونَ
15 Аят
ТIаккха цара и д1авигча‚ церан барт хилира и гIу чу кхосса. Оха хаийтира цуьнга (Юсуфе) ваьхьица: ахь дуьйцур ма ду цаьрга и цара динарг, царна и дагахь а доцуш. فَلَمَّا ذَهَبُواْ بِهِ وَأَجْمَعُواْ أَن يَجْعَلُوهُ فِي غَيَابَةِ الْجُبِّ وَأَوْحَيْنَآ إِلَيْهِ لَتُنَبِّئَنَّهُم بِأَمْرِهِمْ هَذَا وَهُمْ لاَ يَشْعُرُونَ
16 Аят
Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш. وَجَاؤُواْ أَبَاهُمْ عِشَاء يَبْكُونَ
17 Аят
Элира: "Х1ай тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Iад кхоссарехь/ къийса а луш, Юсуф тхешан хIуманашна уллохь витира оха‚ тIаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а". قَالُواْ يَا أَبَانَا إِنَّا ذَهَبْنَا نَسْتَبِقُ وَتَرَكْنَا يُوسُفَ عِندَ مَتَاعِنَا فَأَكَلَهُ الذِّئْبُ وَمَا أَنتَ بِمُؤْمِنٍ لِّنَا وَلَوْ كُنَّا صَادِقِينَ
18 Аят
Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тIехь харц цIий долуш. Цо (ЯIкъуба) элира: "Шайн синоша цхьа вониг хаздина шуна. Собар ду-кх хаза дерг. Дела ву-кх Шега гIо дēха хьакъ верг /кху/ аш хIотточу сурта тIехь". وَجَآؤُوا عَلَى قَمِيصِهِ بِدَمٍ كَذِبٍ قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنفُسُكُمْ أَمْرًا فَصَبْرٌ جَمِيلٌ وَاللّهُ الْمُسْتَعَانُ عَلَى مَا تَصِفُونَ
19 Аят
Цхьа лелаш йолу[9] тоба еара‚ цара вахийтира[10] шайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен ведар охьадахийтира- элира: "Кхаъ бу! ХIара кIант ву!" Цара (Юсуфан вежарша) хьулдира и (Юсуфан гIуллакх – и шайн ведда лай ву аьлла), цунах йохка-эцаран хIума а йина. Дела хууш верг ма ву цара лелош дерг. وَجَاءتْ سَيَّارَةٌ فَأَرْسَلُواْ وَارِدَهُمْ فَأَدْلَى دَلْوَهُ قَالَ يَا بُشْرَى هَذَا غُلاَمٌ وَأَسَرُّوهُ بِضَاعَةً وَاللّهُ عَلِيمٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
20 Аят
Цара (вежарша) воьхкира и кIеззигчу мехах – цхьа массийта дирхIамах[11]. Цунах уьш хилира кIеззиг хIуманах тоам бечарах. وَشَرَوْهُ بِثَمَنٍ بَخْسٍ دَرَاهِمَ مَعْدُودَةٍ وَكَانُواْ فِيهِ مِنَ الزَّاهِدِينَ
21 Аят
Мисрарчу и эцначо шен зудчуьнга элира: "Хазделахь цуьнан Iар‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай ваьшна кIант вийр ву цунах". Иштта Оха чIагIвира Юсуф лаьтта т1ехь‚ цунна хилларш тида Iамадархьама а. Дела Шен гIуллакха тIехь толам боккхуш ву‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх. وَقَالَ الَّذِي اشْتَرَاهُ مِن مِّصْرَ لاِمْرَأَتِهِ أَكْرِمِي مَثْوَاهُ عَسَى أَن يَنفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَكَذَلِكَ مَكَّنِّا لِيُوسُفَ فِي الأَرْضِ وَلِنُعَلِّمَهُ مِن تَأْوِيلِ الأَحَادِيثِ وَاللّهُ غَالِبٌ عَلَى أَمْرِهِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَعْلَمُونَ
22 Аят
Иза г1еметтах1оьттича[12], Оха цунна хьекъалалла а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дикачарна. وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَكَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
23 Аят
Иза (Юсуф) шен х1усамехь волу зуда и Iехо гIоьртира‚ цо неIарш дIа а къевлина‚ элира: "Схьавола!" Цо (Юсуфа) элира: "Дала ларвойла! Баккъалла а, иза (хьан майра) сан эла ву‚ цо сан Iар хаздина[13]‚ баккхийбийр бац зуламхой". وَرَاوَدَتْهُ الَّتِي هُوَ فِي بَيْتِهَا عَن نَّفْسِهِ وَغَلَّقَتِ الأَبْوَابَ وَقَالَتْ هَيْتَ لَكَ قَالَ مَعَاذَ اللّهِ إِنَّهُ رَبِّي أَحْسَنَ مَثْوَايَ إِنَّهُ لاَ يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
24 Аят
Цуьнан[14] оцуьнга (Юсуфе) безам бахнера, ткъа цуьнан а оцуьнга (зудчуьнга ) безам бахнера, шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил[15] ца гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а дIадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цIенчу лех ву. وَلَقَدْ هَمَّتْ بِهِ وَهَمَّ بِهَا لَوْلا أَن رَّأَى بُرْهَانَ رَبِّهِ كَذَلِكَ لِنَصْرِفَ عَنْهُ السُّوءَ وَالْفَحْشَاء إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُخْلَصِينَ
25 Аят
И ший а[16] хьалхадāла къуьйсуш, неIаре сихделира‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Юсуфан) коч ятIийра тIехьахула‚ неIарехь и шиъ т1е1оттабелира цуьнан (Зудчун) элана[17]. Цо (Зулейхас) элира: "ХIун бекхам бу хьан доьзална вониг луучунна: я и набахти чу ца воьллича‚ я лазош долу Iазап бен (ца дича)?" وَاسُتَبَقَا الْبَابَ وَقَدَّتْ قَمِيصَهُ مِن دُبُرٍ وَأَلْفَيَا سَيِّدَهَا لَدَى الْبَابِ قَالَتْ مَا جَزَاء مَنْ أَرَادَ بِأَهْلِكَ سُوَءًا إِلاَّ أَن يُسْجَنَ أَوْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
26 Аят
Цо (Юсуфа) элира: "И гIоьртира со Iехо". Цуьнан (Зулейхин) гергарчарах цхьана тешо[18] тешалла дира: "Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттIа елахь – и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарах ву. قَالَ هِيَ رَاوَدَتْنِي عَن نَّفْسِي وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِّنْ أَهْلِهَا إِن كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِن قُبُلٍ فَصَدَقَتْ وَهُوَ مِنَ الكَاذِبِينَ
27 Аят
Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь – и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарах ву". وَإِنْ كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِن دُبُرٍ فَكَذَبَتْ وَهُوَ مِن الصَّادِقِينَ
28 Аят
Шена цуьнан коч тIехьахула яьттIа гича‚ цо (майрачо) элира: "Шун (зударийн) мекарлонах ду-кх хIара‚ баккъалла а, шун мекарло еза-йоккха ю-кх. فَلَمَّا رَأَى قَمِيصَهُ قُدَّ مِن دُبُرٍ قَالَ إِنَّهُ مِن كَيْدِكُنَّ إِنَّ كَيْدَكُنَّ عَظِيمٌ
29 Аят
Юсуф‚ хьо дIаверза хIокхунах[19]. Ткъа ахь /х1ай Зулейха/ хьайн къинна /дуьхьал/ гечдар деха‚ баккъалла а, хьо галъяьллачарах хили". يُوسُفُ أَعْرِضْ عَنْ هَذَا وَاسْتَغْفِرِي لِذَنبِكِ إِنَّكِ كُنتِ مِنَ الْخَاطِئِينَ
30 Аят
ГIалахь зударша элира: "Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Iехо гIиртира‚ цуьнга болу безам ч1ог1а дагчу бахна цуьнан. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тилар чохь хилар". وَقَالَ نِسْوَةٌ فِي الْمَدِينَةِ امْرَأَةُ الْعَزِيزِ تُرَاوِدُ فَتَاهَا عَن نَّفْسِهِ قَدْ شَغَفَهَا حُبًّا إِنَّا لَنَرَاهَا فِي ضَلاَلٍ مُّبِينٍ
31 Аят
Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тIе /цхьаъ/ вахийтира. Царна д1атевжийлаш[20] а кечйира‚ царах хIоранга урс а делира[21]‚ тIаккха элира /Юсуфе/: "Гучувала царна!" Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: "Дала лардойла! ХIара адам а дац! ХIара сийлахь малик ду!" فَلَمَّا سَمِعَتْ بِمَكْرِهِنَّ أَرْسَلَتْ إِلَيْهِنَّ وَأَعْتَدَتْ لَهُنَّ مُتَّكَأً وَآتَتْ كُلَّ وَاحِدَةٍ مِّنْهُنَّ سِكِّينًا وَقَالَتِ اخْرُجْ عَلَيْهِنَّ فَلَمَّا رَأَيْنَهُ أَكْبَرْنَهُ وَقَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ وَقُلْنَ حَاشَ لِلّهِ مَا هَذَا بَشَرًا إِنْ هَذَا إِلاَّ مَلَكٌ كَرِيمٌ
32 Аят
Цо (Зулейхас) элира: "И ву-кх шуна аш суна ша бахьанехь бехкаш дехкинарг! Со и Iехо ма гIоьртира – и чIагIвелира. Ас шега омра деш дерг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву и‚ и хир ву сийсаза болчарах". قَالَتْ فَذَلِكُنَّ الَّذِي لُمْتُنَّنِي فِيهِ وَلَقَدْ رَاوَدتُّهُ عَن نَّفْسِهِ فَاسَتَعْصَمَ وَلَئِن لَّمْ يَفْعَلْ مَا آمُرُهُ لَيُسْجَنَنَّ وَلَيَكُونًا مِّنَ الصَّاغِرِينَ
33 Аят
Цо (Юсуфа, Деле доьхуш) элира: "Со Кхиош-Кхобуш волу Дела‚ набахти дукхахо еза суна цара со шена (къинна) тIекхойкхучул‚ церан мекарло Ахь сох дIа ца яккхахь‚ со царна тIевоьрзур ву – тIаккха со жехIал нахах хир ма ву". قَالَ رَبِّ السِّجْنُ أَحَبُّ إِلَيَّ مِمَّا يَدْعُونَنِي إِلَيْهِ وَإِلاَّ تَصْرِفْ عَنِّي كَيْدَهُنَّ أَصْبُ إِلَيْهِنَّ وَأَكُن مِّنَ الْجَاهِلِينَ
34 Аят
Шен Кхиош-Кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дIаяьккхира церан (зударийн) мекарло. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. فَاسْتَجَابَ لَهُ رَبُّهُ فَصَرَفَ عَنْهُ كَيْدَهُنَّ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
35 Аят
Шайна делилаш гинчул тIаьхьа[22], церан ойла хилира и цхьана ханна набахти чу волла. ثُمَّ بَدَا لَهُم مِّن بَعْدِ مَا رَأَوُاْ الآيَاتِ لَيَسْجُنُنَّهُ حَتَّى حِينٍ
36 Аят
Цуьнца цхьаьна набахти чоьхьавелира ши къонах. Цу шиннах цхьаммо элира: "Суна суо го[23] айса чагIар доккхуш". Вукхо элира: "Суна суо го сайн коьрта тIехь айса кхаллар кхоьхьуш‚ и олхазарша даа а дууш. Дийца тхуна и тидарх[24]. Баккъалла а, тхуна хьо го дикачарах". وَدَخَلَ مَعَهُ السِّجْنَ فَتَيَانَ قَالَ أَحَدُهُمَآ إِنِّي أَرَانِي أَعْصِرُ خَمْرًا وَقَالَ الآخَرُ إِنِّي أَرَانِي أَحْمِلُ فَوْقَ رَأْسِي خُبْزًا تَأْكُلُ الطَّيْرُ مِنْهُ نَبِّئْنَا بِتَأْوِيلِهِ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
37 Аят
Цо элира: "Шушинна тIе шуна баош болу кхача кхочур ма бац ас шуна цуьнан тидарх дуьйцуш бен и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-Кхобучо суна Iамийначух. Ас дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин. قَالَ لاَ يَأْتِيكُمَا طَعَامٌ تُرْزَقَانِهِ إِلاَّ نَبَّأْتُكُمَا بِتَأْوِيلِهِ قَبْلَ أَن يَأْتِيكُمَا ذَلِكُمَا مِمَّا عَلَّمَنِي رَبِّي إِنِّي تَرَكْتُ مِلَّةَ قَوْمٍ لاَّ يُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَهُم بِالآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ
38 Аят
Со тIаьхьаваьзна сан дайн ИбрахIиман‚ Исхьакъан‚ ЯIкъубан динна. Тхан ца хилла цхьана а хIуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана а. Делахь а, дукхахболчу наха баркалла ца олу. وَاتَّبَعْتُ مِلَّةَ آبَآئِي إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ مَا كَانَ لَنَا أَن نُّشْرِكَ بِاللّهِ مِن شَيْءٍ ذَلِكَ مِن فَضْلِ اللّهِ عَلَيْنَا وَعَلَى النَّاسِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَشْكُرُونَ
39 Аят
ХIай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана деланаш бу дика я Ша цхьаъ волу‚ нуьцкъала волу АллахI-Дела ву? يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَأَرْبَابٌ مُّتَفَرِّقُونَ خَيْرٌ أَمِ اللّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
40 Аят
И воцчунна аш шайна Iибадат дийриг еккъа цIерш ма ю‚ аш шаьш а, шун дайша а техкина йолу‚ цаьрца цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукам Делан бен ма дац. Цо омра дина, Шена бен Iибадат ма де‚ аьлла. И ду мехала дин‚ делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх. مَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِهِ إِلاَّ أَسْمَاء سَمَّيْتُمُوهَا أَنتُمْ وَآبَآؤُكُم مَّا أَنزَلَ اللّهُ بِهَا مِن سُلْطَانٍ إِنِ الْحُكْمُ إِلاَّ لِلّهِ أَمَرَ أَلاَّ تَعْبُدُواْ إِلاَّ إِيَّاهُ ذَلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَعْلَمُونَ
41 Аят
ХIай сан набахтин ши накъост! Шушиннах цхьамма шен элана чагIар малор ду‚ ткъа важа ирхъуллур ву‚ цуьнан коьрта т1ера /меженаш/ олхазарша йуур ю. Кхочушхили гIуллакх‚ аш шех лаьцна хоьттуш долу". يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَمَّا أَحَدُكُمَا فَيَسْقِي رَبَّهُ خَمْرًا وَأَمَّا الآخَرُ فَيُصْلَبُ فَتَأْكُلُ الطَّيْرُ مِن رَّأْسِهِ قُضِيَ الأَمْرُ الَّذِي فِيهِ تَسْتَفْتِيَانِ
42 Аят
Цо элира шена царах кIелхьарвер ву хетачуьнга: "Хьайн элана гергахь со хьахавелахь". ШайтIано дицдалийтира цунна шен эле и хьахавар. ТIаккха и висира набахти чохь цхьа масийтта шарахь[25]. وَقَالَ لِلَّذِي ظَنَّ أَنَّهُ نَاجٍ مِّنْهُمَا اذْكُرْنِي عِندَ رَبِّكَ فَأَنسَاهُ الشَّيْطَانُ ذِكْرَ رَبِّهِ فَلَبِثَ فِي السِّجْنِ بِضْعَ سِنِينَ
43 Аят
/Мисран/ паччахьо элира: "Суна го ворхI берстина етт ворхI озачара бууш‚ ворхI баьццара кан‚ кхиберш - бакъабелла. ХIай элий! Тидал суна сан гIан, шаьш гIенаш туьдуш хиллехь". وَقَالَ الْمَلِكُ إِنِّي أَرَى سَبْعَ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعَ سُنبُلاَتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ يَا أَيُّهَا الْمَلأُ أَفْتُونِي فِي رُؤْيَايَ إِن كُنتُمْ لِلرُّؤْيَا تَعْبُرُونَ
44 Аят
Цара[26] элира: "Вовшах ийна[27] гIенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гIенаш тида хууш дац". قَالُواْ أَضْغَاثُ أَحْلاَمٍ وَمَا نَحْنُ بِتَأْوِيلِ الأَحْلاَمِ بِعَالِمِينَ
45 Аят
Цу шиннах кIелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: "Ас дуьйцур ду шуна иза тидарх‚ со вахийта /г1енаш туьдург вало/". وَقَالَ الَّذِي نَجَا مِنْهُمَا وَادَّكَرَ بَعْدَ أُمَّةٍ أَنَاْ أُنَبِّئُكُم بِتَأْوِيلِهِ فَأَرْسِلُونِ
46 Аят
"Юсуф! ХIай бакълуьйш верг! Сацам бе тхуна /гIан тидарца/ ворхI берстинчу аттах‚ ворхI озачо шаьш бууш болчу‚ ворхI баьццарчу кенах а‚ кхиболчу бакъабеллачарах а. Со юхаверза магара нахана тIе‚ царна хаа а магара". يُوسُفُ أَيُّهَا الصِّدِّيقُ أَفْتِنَا فِي سَبْعِ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعِ سُنبُلاَتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ لَّعَلِّي أَرْجِعُ إِلَى النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَعْلَمُونَ
47 Аят
Цо (Юсуфа, г1ан туьдуш) элира: "ВорхI шарахь тIеттIа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь[28], шаьш дуур долу /цхьа/ кIеззиг доцург. قَالَ تَزْرَعُونَ سَبْعَ سِنِينَ دَأَبًا فَمَا حَصَدتُّمْ فَذَرُوهُ فِي سُنبُلِهِ إِلاَّ قَلِيلاً مِّمَّا تَأْكُلُونَ
48 Аят
ТIаккха цул тIаьхьа ворхI хала[29] (шо) догIур ду: цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Iалашдер долчух /цхьа/ кIеззиг доцург. ثُمَّ يَأْتِي مِن بَعْدِ ذَلِكَ سَبْعٌ شِدَادٌ يَأْكُلْنَ مَا قَدَّمْتُمْ لَهُنَّ إِلاَّ قَلِيلاً مِّمَّا تُحْصِنُونَ
49 Аят
ТIаккха цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана алссам догIа дог1ур долуш‚ шена чохь цара (наха) доккхур долуш /чаг1ар а, мутт а, даьтта а/"[30]. ثُمَّ يَأْتِي مِن بَعْدِ ذَلِكَ عَامٌ فِيهِ يُغَاثُ النَّاسُ وَفِيهِ يَعْصِرُونَ
50 Аят
Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза (Юсуф)". Шена тIевахийтинарг веъча‚ цо (Юсуфа) элира: "Хьада, юхаверза хьайн элана тIе‚ хатта цуьнга: "ХIун бāла бу шайн куьйгаш хедийнчу зударийн (х1ун хилира щайн куьйгаш хедийначу зударех)? Баккъалла а, сан Кхиош – Кхобург церан мекарлонаш хууш ма ву". وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ فَلَمَّا جَاءهُ الرَّسُولُ قَالَ ارْجِعْ إِلَى رَبِّكَ فَاسْأَلْهُ مَا بَالُ النِّسْوَةِ اللاَّتِي قَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ إِنَّ رَبِّي بِكَيْدِهِنَّ عَلِيمٌ
51 Аят
Цо (эло) элира /зударшка/: "ХIун гIуллакх дара шун‚ шу и Юсуф Iехо гIертар?" Цара элира: "Дала лардойла! Тхуна ца хии цунах цхьа а вониг". Элан[31] зудчо элира: "ХIинца гучадаьлла бакъдерг. Со гIоьртира и Iехо‚ и бакълуьйчарах ву. قَالَ مَا خَطْبُكُنَّ إِذْ رَاوَدتُّنَّ يُوسُفَ عَن نَّفْسِهِ قُلْنَ حَاشَ لِلّهِ مَا عَلِمْنَا عَلَيْهِ مِن سُوءٍ قَالَتِ امْرَأَةُ الْعَزِيزِ الآنَ حَصْحَصَ الْحَقُّ أَنَاْ رَاوَدتُّهُ عَن نَّفْسِهِ وَإِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
52 Аят
Иза /олу ас/ – цунна[32] хаархьама ас шена къайлаха тешнабехк бина цахилар, Дела а вуйла нис ца еш тешнабехк беш болчеран мекарло. ذَلِكَ لِيَعْلَمَ أَنِّي لَمْ أَخُنْهُ بِالْغَيْبِ وَأَنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي كَيْدَ الْخَائِنِينَ
53 Аят
Ас цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-Кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву[33]". وَمَا أُبَرِّىءُ نَفْسِي إِنَّ النَّفْسَ لأَمَّارَةٌ بِالسُّوءِ إِلاَّ مَا رَحِمَ رَبِّيَ إِنَّ رَبِّي غَفُورٌ رَّحِيمٌ
54 Аят
Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза. Ас сайна /гIоьнча/ вуьтур ву иза". Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: "Хьо тахана тхуна гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме верг а ву". وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ أَسْتَخْلِصْهُ لِنَفْسِي فَلَمَّا كَلَّمَهُ قَالَ إِنَّكَ الْيَوْمَ لَدَيْنَا مِكِينٌ أَمِينٌ
55 Аят
Цо (Юсуфа) элира: "Со махкан хазнашна тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а ву". قَالَ اجْعَلْنِي عَلَى خَزَآئِنِ الأَرْضِ إِنِّي حَفِيظٌ عَلِيمٌ
56 Аят
Иштта чIагIвира Оха Юсуф махкахь‚ шена луучохь ваха охьа а хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачеран ял ца эшайо Оха. وَكَذَلِكَ مَكَّنِّا لِيُوسُفَ فِي الأَرْضِ يَتَبَوَّأُ مِنْهَا حَيْثُ يَشَاء نُصِيبُ بِرَحْمَتِنَا مَن نَّشَاء وَلاَ نُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
57 Аят
Ткъа баккъалла а, эхартан ял дика ю ийман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна. وَلَأَجْرُ الآخِرَةِ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ آمَنُواْ وَكَانُواْ يَتَّقُونَ
58 Аят
Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чоьхьа бевлира уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира. وَجَاء إِخْوَةُ يُوسُفَ فَدَخَلُواْ عَلَيْهِ فَعَرَفَهُمْ وَهُمْ لَهُ مُنكِرُونَ
59 Аят
Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: "Шайн ден агIорхьара /кхечу нанас вина/ волу шайн ваша валаве суна тIе. Шуна ца го: ас нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарах диканиг ву. وَلَمَّا جَهَّزَهُم بِجَهَازِهِمْ قَالَ ائْتُونِي بِأَخٍ لَّكُم مِّنْ أَبِيكُمْ أَلاَ تَرَوْنَ أَنِّي أُوفِي الْكَيْلَ وَأَنَاْ خَيْرُ الْمُنزِلِينَ
60 Аят
Аш суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь[34]‚ суна герга ма дуьйлалаш". فَإِن لَّمْ تَأْتُونِي بِهِ فَلاَ كَيْلَ لَكُمْ عِندِي وَلاَ تَقْرَبُونِ
61 Аят
Цара (Юсуфан вежарша) элира: "Оха шен дегара Iехийна валор ву иза. Баккъалла а, Оха /кхочуш/дийр ду". قَالُواْ سَنُرَاوِدُ عَنْهُ أَبَاهُ وَإِنَّا لَفَاعِلُونَ
62 Аят
Шен ялхошка цо (Юсуфа) элира: "Церан хIуманаш шайн кираний чу дIаехка: шайн доьзална тIебирзича, царна уьш йовза мегара‚ уьш юха схьа бан мегара". وَقَالَ لِفِتْيَانِهِ اجْعَلُواْ بِضَاعَتَهُمْ فِي رِحَالِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَعْرِفُونَهَا إِذَا انقَلَبُواْ إِلَى أَهْلِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
63 Аят
Шайн дена тIе юхабирзича, цара элира: "ХIай дада! /КIан/ барам духатоьхна тхох‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам[35] бийр бу оха‚ тхо цунна лардархой хир ду". فَلَمَّا رَجِعُوا إِلَى أَبِيهِمْ قَالُواْ يَا أَبَانَا مُنِعَ مِنَّا الْكَيْلُ فَأَرْسِلْ مَعَنَا أَخَانَا نَكْتَلْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
64 Аят
Цо (ЯIкъуба) элира: "И шух тешна вуьтур варий ас‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг". قَالَ هَلْ آمَنُكُمْ عَلَيْهِ إِلاَّ كَمَا أَمِنتُكُمْ عَلَى أَخِيهِ مِن قَبْلُ فَاللّهُ خَيْرٌ حَافِظًا وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
65 Аят
Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: "ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална[36]. И барам атта бу-кх". وَلَمَّا فَتَحُواْ مَتَاعَهُمْ وَجَدُواْ بِضَاعَتَهُمْ رُدَّتْ إِلَيْهِمْ قَالُواْ يَا أَبَانَا مَا نَبْغِي هَذِهِ بِضَاعَتُنَا رُدَّتْ إِلَيْنَا وَنَمِيرُ أَهْلَنَا وَنَحْفَظُ أَخَانَا وَنَزْدَادُ كَيْلَ بَعِيرٍ ذَلِكَ كَيْلٌ يَسِيرٌ
66 Аят
Цо (ЯIкъуба) элира: "Ас ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аш суна Делаца чIагIо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь". Цара шена дуй биъча‚ цо элира: "Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)". قَالَ لَنْ أُرْسِلَهُ مَعَكُمْ حَتَّى تُؤْتُونِ مَوْثِقًا مِّنَ اللّهِ لَتَأْتُنَّنِي بِهِ إِلاَّ أَن يُحَاطَ بِكُمْ فَلَمَّا آتَوْهُ مَوْثِقَهُمْ قَالَ اللّهُ عَلَى مَا نَقُولُ وَكِيلٌ
67 Аят
/ЯIкъуба/ элира: "ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Тайп-тайпана неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьардаха ца ло суна Делера. Хьукам Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш". وَقَالَ يَا بَنِيَّ لاَ تَدْخُلُواْ مِن بَابٍ وَاحِدٍ وَادْخُلُواْ مِنْ أَبْوَابٍ مُّتَفَرِّقَةٍ وَمَا أُغْنِي عَنكُم مِّنَ اللّهِ مِن شَيْءٍ إِنِ الْحُكْمُ إِلاَّ لِلّهِ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَعَلَيْهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ
68 Аят
Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра динчухула, и ца хиллера царах Делера хIумма кIелхьарадаккха‚ деккъа ЯIкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна. Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх. وَلَمَّا دَخَلُواْ مِنْ حَيْثُ أَمَرَهُمْ أَبُوهُم مَّا كَانَ يُغْنِي عَنْهُم مِّنَ اللّهِ مِن شَيْءٍ إِلاَّ حَاجَةً فِي نَفْسِ يَعْقُوبَ قَضَاهَا وَإِنَّهُ لَذُو عِلْمٍ لِّمَا عَلَّمْنَاهُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَعْلَمُونَ
69 Аят
Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша[37] шена тIеийцира‚ элира: "Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахь са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца". دَخَلُواْ عَلَى يُوسُفَ آوَى إِلَيْهِ أَخَاهُ قَالَ إِنِّي أَنَاْ أَخُوكَ فَلاَ تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
70 Аят
Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад[38] биллира цо. ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: "ХIай ковра (къепал)! Шу къуй ду!" فَلَمَّا جَهَّزَهُم بِجَهَازِهِمْ جَعَلَ السِّقَايَةَ فِي رَحْلِ أَخِيهِ ثُمَّ أَذَّنَ مُؤَذِّنٌ أَيَّتُهَا الْعِيرُ إِنَّكُمْ لَسَارِقُونَ
71 Аят
Цара (вежарша) элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: "ХIун яйна шун?" قَالُواْ وَأَقْبَلُواْ عَلَيْهِم مَّاذَا تَفْقِدُونَ
72 Аят
Цара[39] элира: "Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Ас дош ло цунна тIера". قَالُواْ نَفْقِدُ صُوَاعَ الْمَلِكِ وَلِمَن جَاء بِهِ حِمْلُ بَعِيرٍ وَأَنَاْ بِهِ زَعِيمٌ
73 Аят
Цара (вежарша) элира: "ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо". قَالُواْ تَاللّهِ لَقَدْ عَلِمْتُم مَّا جِئْنَا لِنُفْسِدَ فِي الأَرْضِ وَمَا كُنَّا سَارِقِينَ
74 Аят
Цара[40] элира: "ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?" قَالُواْ فَمَا جَزَآؤُهُ إِن كُنتُمْ كَاذِبِينَ
75 Аят
Элира /вежарша/: "Цуьнан бекхам – шен мохьа чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхошна". قَالُواْ جَزَآؤُهُ مَن وُجِدَ فِي رَحْلِهِ فَهُوَ جَزَاؤُهُ كَذَلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
76 Аят
И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тIаккха и /кад/ схьабаьккхира цо шен вешин киранна чуьра. Иштта хIилла 1амийра Оха Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла (бухасацойла) дацара цуьнан /иштта а бен/ паччахьан динехь[41], Далла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма долчунна тIехь а Iилма дерг ву Иза /Дела/. فَبَدَأَ بِأَوْعِيَتِهِمْ قَبْلَ وِعَاء أَخِيهِ ثُمَّ اسْتَخْرَجَهَا مِن وِعَاء أَخِيهِ كَذَلِكَ كِدْنَا لِيُوسُفَ مَا كَانَ لِيَأْخُذَ أَخَاهُ فِي دِينِ الْمَلِكِ إِلاَّ أَن يَشَاء اللّهُ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مِّن نَّشَاء وَفَوْقَ كُلِّ ذِي عِلْمٍ عَلِيمٌ
77 Аят
Цара элира: "Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра". И шегахь хьулдира[42] Юсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /ша-шега/: "Шу ду-кх /тхол/ вуно вочу хьолехь. Дела дика хууш ву-кх аш х1оттош долу сурт". قَالُواْ إِن يَسْرِقْ فَقَدْ سَرَقَ أَخٌ لَّهُ مِن قَبْلُ فَأَسَرَّهَا يُوسُفُ فِي نَفْسِهِ وَلَمْ يُبْدِهَا لَهُمْ قَالَ أَنتُمْ شَرٌّ مَّكَانًا وَاللّهُ أَعْلَمْ بِمَا تَصِفُونَ
78 Аят
Цара элира: "ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхох цхьаъ бухасацавехьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарах гуш ма ву". قَالُواْ يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ إِنَّ لَهُ أَبًا شَيْخًا كَبِيرًا فَخُذْ أَحَدَنَا مَكَانَهُ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
79 Аят
Цо элира: "Дала лардойла Оха тхешан хIума шегахь карийнарг бен сацацаварх! ТIаккха тхо зуламхой хир ма дарий". قَالَ مَعَاذَ اللّهِ أَن نَّأْخُذَ إِلاَّ مَن وَجَدْنَا مَتَاعَنَا عِندَهُ إِنَّآ إِذًا لَّظَالِمُونَ
80 Аят
Шаьш цунах[43] дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царах воккхачо[44] элира: "Шуна хаьий шайн дас шайга Делаца ч1аг1о яйтина хилар‚ аш хьалха Юсуфан хьокъехь ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара (махкара) дIаг1ур вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукам дахь бен. Иза хьукам дечарах диканиг ву. فَلَمَّا اسْتَيْأَسُواْ مِنْهُ خَلَصُواْ نَجِيًّا قَالَ كَبِيرُهُمْ أَلَمْ تَعْلَمُواْ أَنَّ أَبَاكُمْ قَدْ أَخَذَ عَلَيْكُم مَّوْثِقًا مِّنَ اللّهِ وَمِن قَبْلُ مَا فَرَّطتُمْ فِي يُوسُفَ فَلَنْ أَبْرَحَ الأَرْضَ حَتَّىَ يَأْذَنَ لِي أَبِي أَوْ يَحْكُمَ اللّهُ لِي وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
81 Аят
Шу юхадерза шайн дена тIе‚ аш āла: "Дада! Хьан кIанта къола дина‚ Оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачух бен‚ тхо ца хилла къайлах дерг 1алашдеш а (тхуна ца хаьа къайлах дерг). ارْجِعُواْ إِلَى أَبِيكُمْ فَقُولُواْ يَا أَبَانَا إِنَّ ابْنَكَ سَرَقَ وَمَا شَهِدْنَا إِلاَّ بِمَا عَلِمْنَا وَمَا كُنَّا لِلْغَيْبِ حَافِظِينَ
82 Аят
Хатта хьайна тхо хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду-кх". وَاسْأَلِ الْقَرْيَةَ الَّتِي كُنَّا فِيهَا وَالْعِيْرَ الَّتِي أَقْبَلْنَا فِيهَا وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
83 Аят
Цо (ЯIкъуба) элира: "ХIаъ! Шун синоша цхьа гIуллакх хаздира шуна. Собар ду-кх /суна/ т1ех дика. Дала уьш берриге а схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а ву‚ хьукам /нийса / деш верг а ву-кх". قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنفُسُكُمْ أَمْرًا فَصَبْرٌ جَمِيلٌ عَسَى اللّهُ أَن يَأْتِيَنِي بِهِمْ جَمِيعًا إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
84 Аят
Царах дIавирзира иза‚ элира: "Ма лазам бу-кх соьгахь Йусуф бахьанехь". Сингаттамна кIайбелира цуьнан б1аьргаш. И сатухуш вара. وَتَوَلَّى عَنْهُمْ وَقَالَ يَا أَسَفَى عَلَى يُوسُفَ وَابْيَضَّتْ عَيْنَاهُ مِنَ الْحُزْنِ فَهُوَ كَظِيمٌ
85 Аят
Цара (ЯIкъубан гонахь болчара) элира: "ВаллахIи‚ Юсуф вуьйцучура хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц я хIаллакхиллалц". قَالُواْ تَالله تَفْتَأُ تَذْكُرُ يُوسُفَ حَتَّى تَكُونَ حَرَضًا أَوْ تَكُونَ مِنَ الْهَالِكِينَ
86 Аят
Цо (Я1къуба) элира: "Ас Деле балхабо сайн бāла а‚ сайн гIайгIа а‚ суна хаьа Делера шуна цахуург а. قَالَ إِنَّمَا أَشْكُو بَثِّي وَحُزْنِي إِلَى اللّهِ وَأَعْلَمُ مِنَ اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
87 Аят
ХIай сан кIентий! ГIо‚ т1екхиалаш Юсуфах а, цуьнан вешех а /хиллачунна /. Делан къинхетамах дог ма диллалаш. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен". يَا بَنِيَّ اذْهَبُواْ فَتَحَسَّسُواْ مِن يُوسُفَ وَأَخِيهِ وَلاَ تَيْأَسُواْ مِن رَّوْحِ اللّهِ إِنَّهُ لاَ يَيْأَسُ مِن رَّوْحِ اللّهِ إِلاَّ الْقَوْمُ الْكَافِرُونَ
88 Аят
Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: "ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/ охIла а г1айг1ано[45] лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIезг-мезг /йохка/ хIуманаш йохьуш – кхачам боллуш барам лохьа тхуна‚ сагIа а лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа лучарна". فَلَمَّا دَخَلُواْ عَلَيْهِ قَالُواْ يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ مَسَّنَا وَأَهْلَنَا الضُّرُّ وَجِئْنَا بِبِضَاعَةٍ مُّزْجَاةٍ فَأَوْفِ لَنَا الْكَيْلَ وَتَصَدَّقْ عَلَيْنَآ إِنَّ اللّهَ يَجْزِي الْمُتَصَدِّقِينَ
89 Аят
Цо (Юсуфа) элира: "Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехIал[46] долуш?" قَالَ هَلْ عَلِمْتُم مَّا فَعَلْتُم بِيُوسُفَ وَأَخِيهِ إِذْ أَنتُمْ جَاهِلُونَ
90 Аят
Цара элира: "Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?!". Цо элира: "Со Юсуф а ву, хIара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял". قَالُواْ أَإِنَّكَ لَأَنتَ يُوسُفُ قَالَ أَنَاْ يُوسُفُ وَهَذَا أَخِي قَدْ مَنَّ اللّهُ عَلَيْنَا إِنَّهُ مَن يَتَّقِ وَيِصْبِرْ فَإِنَّ اللّهَ لاَ يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
91 Аят
Цара элира: "ВаллахIи‚ Дала тхол вазвина хьо‚ тхо хилла-кх гIалатдевлларш!" قَالُواْ تَاللّهِ لَقَدْ آثَرَكَ اللّهُ عَلَيْنَا وَإِن كُنَّا لَخَاطِئِينَ
92 Аят
Цо элира: "Бехк ца боккху шуьга тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву. قَالَ لاَ تَثْرَيبَ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ يَغْفِرُ اللّهُ لَكُمْ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
93 Аят
Дуьло‚ д1аг1о хIара сан коч а эций, сан ден юьхь т1е таса и – бIаьрса юхадогIур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тIе дуьйла". اذْهَبُواْ بِقَمِيصِي هَذَا فَأَلْقُوهُ عَلَى وَجْهِ أَبِي يَأْتِ بَصِيرًا وَأْتُونِي بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ
94 Аят
Ковра (къепал) араяьлча[47]‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: "Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аш со Iовдал ма ларахьара". وَلَمَّا فَصَلَتِ الْعِيرُ قَالَ أَبُوهُمْ إِنِّي لَأَجِدُ رِيحَ يُوسُفَ لَوْلاَ أَن تُفَنِّدُونِ
95 Аят
Цара[48] элира: "ВаллахIи‚ хьайн хьалхалерчу тилар чохь ву-кх хьо!" قَالُواْ تَاللّهِ إِنَّكَ لَفِي ضَلاَلِكَ الْقَدِيمِ
96 Аят
Кхаъ боккхург веъча, цо и (Юсуфан коч) тесира цуьнан (ЯIкъубан) юьхь т1е – цуьнан бIаьрса юхадеара‚ цо элира: "Ас ца аьллера шуьга: суна Делера шуна цахуург а хаьа". فَلَمَّا أَن جَاء الْبَشِيرُ أَلْقَاهُ عَلَى وَجْهِهِ فَارْتَدَّ بَصِيرًا قَالَ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ مِنَ اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
97 Аят
Цара элира: "Тхан да! Тхан къиношна (Деле) гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалатдевлла". قَالُواْ يَا أَبَانَا اسْتَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا إِنَّا كُنَّا خَاطِئِينَ
98 Аят
Цо элира: "ТIаьхьа доьхур ду ас сан Кхиош-Кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза – гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву". قَالَ سَوْفَ أَسْتَغْفِرُ لَكُمْ رَبِّيَ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
99 Аят
Уьш[49] Юсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана марадоьллира цо‚ элира: "Чоьхьа довла Мисра‚ Дала мукъалахь‚ маьрша (цхьа а кхерам а боцуш)!" فَلَمَّا دَخَلُواْ عَلَى يُوسُفَ آوَى إِلَيْهِ أَبَوَيْهِ وَقَالَ ادْخُلُواْ مِصْرَ إِن شَاء اللّهُ آمِنِينَ
100 Аят
Шен да-нана паччахьан г1анта т1е /шена улло/ хьалабехира цо‚ уьш цунна /сий деш/ сужуде бахара. Цо элира: "Дада‚ хIара ду-кх суна хьалха гинчун (г1енан) тидар‚ сан Кхиош-Кхобучо бакъдина иза‚ соьца дика хили Иза– со араваьккхи набахти чуьра‚ шу схьадалийна гIум-арара шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург тIех тIекаре ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукам /нийса / деш верг а ву. وَرَفَعَ أَبَوَيْهِ عَلَى الْعَرْشِ وَخَرُّواْ لَهُ سُجَّدًا وَقَالَ يَا أَبَتِ هَذَا تَأْوِيلُ رُؤْيَايَ مِن قَبْلُ قَدْ جَعَلَهَا رَبِّي حَقًّا وَقَدْ أَحْسَنَ بَي إِذْ أَخْرَجَنِي مِنَ السِّجْنِ وَجَاء بِكُم مِّنَ الْبَدْوِ مِن بَعْدِ أَن نَّزغَ الشَّيْطَانُ بَيْنِي وَبَيْنَ إِخْوَتِي إِنَّ رَبِّي لَطِيفٌ لِّمَا يَشَاء إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
101 Аят
Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ Ахь паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш (г1енаш) тида а Iамийна Ахь со. Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а. Ахь со валийталахь бусалба а волуш‚ Ахь со тохалахь дикачарах!" رَبِّ قَدْ آتَيْتَنِي مِنَ الْمُلْكِ وَعَلَّمْتَنِي مِن تَأْوِيلِ الأَحَادِيثِ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ أَنتَ وَلِيِّي فِي الدُّنُيَا وَالآخِرَةِ تَوَفَّنِي مُسْلِمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ
102 Аят
И хьуламехь долчу хабарех ду‚ Оха хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоуьйтуш ваьхьица. Хьо вацара цаьрца цара шайн гIуллакхна т1ехь барт беш, шаьш /Юсуф шен дех д1акъасто / мекарло еш болуш. ذَلِكَ مِنْ أَنبَاء الْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ وَمَا كُنتَ لَدَيْهِمْ إِذْ أَجْمَعُواْ أَمْرَهُمْ وَهُمْ يَمْكُرُونَ
103 Аят
Дукхахболу нах, хьуна мел лиъча а, тешар бац /Делах/. وَمَا أَكْثَرُ النَّاسِ وَلَوْ حَرَصْتَ بِمُؤْمِنِينَ
104 Аят
Ахь цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу–кх Iаламашна! وَمَا تَسْأَلُهُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِنْ هُوَ إِلاَّ ذِكْرٌ لِّلْعَالَمِينَ
105 Аят
Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царах дIабоьрзуш /ойла ца еш/. وَكَأَيِّن مِّن آيَةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ يَمُرُّونَ عَلَيْهَا وَهُمْ عَنْهَا مُعْرِضُونَ
106 Аят
Царах дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш а бен. وَمَا يُؤْمِنُ أَكْثَرُهُمْ بِاللّهِ إِلاَّ وَهُم مُّشْرِكُونَ
107 Аят
Уьш тешна бу-те шайна тIе Делан Iазапан шаршу т1екхуллург[50] цахиларх‚ я цIеххьана шайна тIе сахьт[51] х1оттарх‚ шайна хаа а ца луш? أَفَأَمِنُواْ أَن تَأْتِيَهُمْ غَاشِيَةٌ مِّنْ عَذَابِ اللّهِ أَوْ تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً وَهُمْ لاَ يَشْعُرُونَ
108 Аят
Ахь āла: "ХIара бу сан некъ‚ ас Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIена ву и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарах". قُلْ هَذِهِ سَبِيلِي أَدْعُو إِلَى اللّهِ عَلَى بَصِيرَةٍ أَنَاْ وَمَنِ اتَّبَعَنِي وَسُبْحَانَ اللّهِ وَمَا أَنَاْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
109 Аят
Хьол хьалха а ярташкарчу нахах божарий бен ца бахийтира Оха[52]‚ шайга ваьхьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачеран тIаьхье? Эхартан цIа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна. Шу хьекъале ца хуьлу? وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ إِلاَّ رِجَالاً نُّوحِي إِلَيْهِم مِّنْ أَهْلِ الْقُرَى أَفَلَمْ يَسِيرُواْ فِي الأَرْضِ فَيَنظُرُواْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَلَدَارُ الآخِرَةِ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ اتَّقَواْ أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
110 Аят
Элчанаша дог диллинчул т1аьхьа‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттинчул т1аьхьа‚ Тхан гIо догIура цаьрга‚ кIелхьарбовлура Тхуна /к1елхьарабаха/ луурш. Тхан ницкъ бухатухур ма бац къинош динчу нахах. حَتَّى إِذَا اسْتَيْأَسَ الرُّسُلُ وَظَنُّواْ أَنَّهُمْ قَدْ كُذِبُواْ جَاءهُمْ نَصْرُنَا فَنُجِّيَ مَن نَّشَاء وَلاَ يُرَدُّ بَأْسُنَا عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ
111 Аят
Царах лаьцна дийцар чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадар[53] а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а тешаш болчу нахана. لَقَدْ كَانَ فِي قَصَصِهِمْ عِبْرَةٌ لِّأُوْلِي الأَلْبَابِ مَا كَانَ حَدِيثًا يُفْتَرَى وَلَكِن تَصْدِيقَ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ كُلَّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
[1]Далла Шена дика хаьа оцуьнца Шена луург.
[2]1арбашха: قرءان Къуръан. И "дешар" бохург ду.
[3]Шена гина гIан дуьйцуш ву Юсуф шен дега Я1къубе.
[4]Жима к1ант – Къуръан чохь и деъна жималлин-хьастаран даржехь, цуьнца нийса дог1уш аьккхийн диалектехь «к1аьтиг; к1антиг» ду.
[5]Юсуфан вежарша вовшашка.
[6]Юсуфан нанас вина хилла волу ваша Бен-Ямин.
[7]Я1къубан к1ентех воккхачо – Ях1узас.
[8]Юсуфан вежарша шайн дега Я1къубе.
[9]Йохка-эцархойн тоба, ковра (караван).
[10]Хи дан.
[11]ДирхIам – дато ахчанан цIе (3‚12 г дети). Юсуфан вежарша воьхкира и кIеззигчу мехах.
[12]Г1еметтах1оьттича – кхиъна ваьлча. И Юсуф воккха а хилла андаваьлча. Сабунина хетарехь, и хуьлу 30 шо дуьзначул т1аьхьа.
[13]Соьца дика ву и – тешнабехк бар тамехь дац суна.
[14]Мисрара Iазизан зудчунна Зулейханна.
[15]Шен ден ЯIкъубан сурт хьалхахIоьттира‚ боху‚ Юсуфана‚ цо цуьнан некха т1е туьйхира‚ тIаккха Юсуфан Зулейхига йолу шовкъ пIелгашкахула араелира (Ибн- Iаббас).
[16]Юсуф а‚ Зулейха а.
[17]Зулейхан майра – Iазиз.
[18]Ибн-1аббаса аьлла и дара агана чохь хилла долу бер, Дала кхузахь дистхилийтира иза. И хилла Зулейхин ненан вешин к1ант. И цуьнан гергарчарах хилар Юсуф ц1ена хилар мелхо а ч1аг1деш ду.
[19]1азиза элира Юсуфе: "Ахь хьулделахь х1ара г1уллакх, нахала ма даккхалахь".
[20]Тевжина садоIу меттиг‚ вайн синкъерамах терра хIума.
[21]Хохаш цIанбан.
[22]Зулейхас Юсуфа ша бохург дарах дог диллича, шен майрачуьнга аьлла, цо нахана юкъа шех лаьцна эладита даржош ду. Т1аккха церан и цхьана ханна чуволла сацам хилла.
[23]ГIенах. Шена гина гIан дуьйцуш ву и Юсуфе.
[24]Тида тхуна гIан.
[25]3 шарера 9 шаре кхаччалц.
[26]Паччахьан гIенаш туьдучу говза наха.
[27]МаьIна доцу.
[28]Шайна Iалашделаш‚ дIачIагIделаш.
[29]ВорхI хала шо догIур ду‚ догIа доцуш.
[30]Наха кемсаш Iовдур ю – чIагIар доккхуш‚ даьтта доккхуш и. дI. кх.
[31]Эла – кхузахь а‚ хьалха а: Мисран паччахьан гIоьнча. Къуръана чохь яздина عزيز "Iазиз" ду.
[32]Майрачунна.
[33]И дешнаш Зулейхин ду, аьлла. Цхьаболчу тафсиран 1еламнаха Юсуфан лору.
[34]Шуна барам бац сан гергахь - ас к1а духкур дац шуна.
[35]Йохка-эцар йийр ю оха‚ кIа оьцур ду оха.
[36]И ваша тхуна тIеийча.
[37]Нанас дена вина волу Бен-Ямин.
[38]Кад – паччахьан деших бина хилла кад‚ шеца кIа дустуш.
[39]Паччахьана гонаха болчара.
[40]Мисран паччахьан наха.
[41]Мисран паччахьан 1едалехь.
[42]Къайладаьккхира.
[43]Юсуфа шайн ваша Бен-Ямин юха ца луш бухасацийча.
[44]Цуьнан ц1е хилла Рувбийл, цо аьлла шен вежаржка: «Аш шайн деца ва1да ма йина и шайн ваша могуш-маьрша юхаверзор ву, аьлла».
[45]Мацалла еана тхуна.
[46]Ца кхетарш.
[47]Мисран Iариш олучу меттера Исраилан кIентий – жуьгтий бехачу махка яхана.
[48]ЯIкъубан цIахь бисинчара.
[49]Юсуфан да а‚ нана а‚ вежарий а.
[50]Т1екхуллуш дерг- къематдийнахь халкъашна т1екхуллур долу 1азап.
[51]Къематде.
[52]Элчанаш бина.
[53]Билгалдаккхар.