13. Сурат АР-РАIД

Стигал къовкъар
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 43 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Алиф-лам-мим-ра[1]. ХIорш жайнин аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша. المر تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ وَالَّذِيَ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ الْحَقُّ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يُؤْمِنُونَ
2 Аят
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш г1ортораш а йоцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла Иза Iарша тIехь[2]. Малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо /Шен лен г1уллакхашна/ – дерриге дIасалела /шен/ тоьхначу хене. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху Цо. Шу шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарх /доггах/ теша мегар-кха. اللّهُ الَّذِي رَفَعَ السَّمَاوَاتِ بِغَيْرِ عَمَدٍ تَرَوْنَهَا ثُمَّ اسْتَوَى عَلَى الْعَرْشِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي لأَجَلٍ مُّسَمًّى يُدَبِّرُ الأَمْرَ يُفَصِّلُ الآيَاتِ لَعَلَّكُم بِلِقَاء رَبِّكُمْ تُوقِنُونَ
3 Аят
Иза ву латта даржийнарг‚ цу тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо а стоьмех цунна (лаьтта) тIехь Цо хилийтина шишша тайпа[3]. Буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана. وَهُوَ الَّذِي مَدَّ الأَرْضَ وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْهَارًا وَمِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ جَعَلَ فِيهَا زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
4 Аят
Лаьттахь ул-уллохь дакъош[4] ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду царна дуьллуш дерг. Царах цхьаерш вукхарал язъйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана. وَفِي الأَرْضِ قِطَعٌ مُّتَجَاوِرَاتٌ وَجَنَّاتٌ مِّنْ أَعْنَابٍ وَزَرْعٌ وَنَخِيلٌ صِنْوَانٌ وَغَيْرُ صِنْوَانٍ يُسْقَى بِمَاء وَاحِدٍ وَنُفَضِّلُ بَعْضَهَا عَلَى بَعْضٍ فِي الأُكُلِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
5 Аят
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ г1оьмаш (буржалш) хир ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. وَإِن تَعْجَبْ فَعَجَبٌ قَوْلُهُمْ أَئِذَا كُنَّا تُرَابًا أَئِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ أُوْلَئِكَ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِمْ وَأُوْلَئِكَ الأَغْلاَلُ فِي أَعْنَاقِهِمْ وَأُوْلَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدونَ
6 Аят
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца[5] дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш[6]. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь нахана гечдар долуш ву, церан зуламашка а ца хьоьжуш. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-Кхобург чIогIаниг а ву бекхамца[7]. وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ وَقَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِمُ الْمَثُلاَتُ وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ لِّلنَّاسِ عَلَى ظُلْمِهِمْ وَإِنَّ رَبَّكَ لَشَدِيدُ الْعِقَابِ
7 Аят
Цатешачара олу: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил доссийнехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIор къоман хьехамхо[8] ву. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَوْلآ أُنزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِّن رَّبِّهِ إِنَّمَا أَنتَ مُنذِرٌ وَلِكُلِّ قَوْمٍ هَادٍ
8 Аят
Далла хаьа хIор стечу дийнато /кийрахь/ лелорг[9]‚ беран цIийнан гатдалар а‚ шордалар а. Массо а хIума Цунна гергахь /шен/ барамца ду. اللّهُ يَعْلَمُ مَا تَحْمِلُ كُلُّ أُنثَى وَمَا تَغِيضُ الأَرْحَامُ وَمَا تَزْدَادُ وَكُلُّ شَيْءٍ عِندَهُ بِمِقْدَارٍ
9 Аят
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза. عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْكَبِيرُ الْمُتَعَالِ
10 Аят
/Цу Далла/ цхьабосса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буса хьуллуш верг а[10]‚ дийнахь дIасалелаш верг а[11]. سَوَاء مِّنكُم مَّنْ أَسَرَّ الْقَوْلَ وَمَن جَهَرَ بِهِ وَمَنْ هُوَ مُسْتَخْفٍ بِاللَّيْلِ وَسَارِبٌ بِالنَّهَارِ
11 Аят
Цунна (адамна) хьалхахула а‚ тIехьахула а цуьнца цхьаьна д1асалелаш дерш[12] ду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омраца. Баккъалла а, Дала нахах долчух хIумма а ца хуьйцу, цара шаьш шайх дерг хийццалц[13]. Далла нахана вониг лиъча, цунна духатохар дац‚ И воцург урхалча[14] ма вац царна. لَهُ مُعَقِّبَاتٌ مِّن بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ يَحْفَظُونَهُ مِنْ أَمْرِ اللّهِ إِنَّ اللّهَ لاَ يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّى يُغَيِّرُواْ مَا بِأَنْفُسِهِمْ وَإِذَا أَرَادَ اللّهُ بِقَوْمٍ سُوءًا فَلاَ مَرَدَّ لَهُ وَمَا لَهُم مِّن دُونِهِ مِن وَالٍ
12 Аят
И ву шуна кхерамций‚ догдахарций ткъес гойтуш верг‚ Цо кхиайо еза мархаш[15]. هُوَ الَّذِي يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنْشِىءُ السَّحَابَ الثِّقَالَ
13 Аят
Цунна хастам барца тасбихь до стигал къовкъаро. Маликаша а /до Далла тасбихь/ Цунах кхерарца. Стелахаьштигаш оьхуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делан хьокъехь къуьйсуш а болуш[16]. Иза – ницкъаца чIогIаниг ву. وَيُسَبِّحُ الرَّعْدُ بِحَمْدِهِ وَالْمَلاَئِكَةُ مِنْ خِيفَتِهِ وَيُرْسِلُ الصَّوَاعِقَ فَيُصِيبُ بِهَا مَن يَشَاء وَهُمْ يُجَادِلُونَ فِي اللّهِ وَهُوَ شَدِيدُ الْمِحَالِ
14 Аят
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар[17]. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьанна а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хи тIе генара куьйгаш кховдинчух и шен бага кхачийта – ткъа иза ца кхочу цуьнга. Цатешачеран /шайн делашка/ кхайкхар ма дац тилар чохь бен[18]. لَهُ دَعْوَةُ الْحَقِّ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِ لاَ يَسْتَجِيبُونَ لَهُم بِشَيْءٍ إِلاَّ كَبَاسِطِ كَفَّيْهِ إِلَى الْمَاء لِيَبْلُغَ فَاهُ وَمَا هُوَ بِبَالِغِهِ وَمَا دُعَاء الْكَافِرِينَ إِلاَّ فِي ضَلاَلٍ
15 Аят
Далла сужуд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, лууш а, ца лууш а. Церан IиндагIаш а /ду Цунна сужуд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а. وَلِلّهِ يَسْجُدُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ طَوْعًا وَكَرْهًا وَظِلالُهُم بِالْغُدُوِّ وَالآصَالِ ( سجدة مستحبة )
16 Аят
Āла /хIай Мухьаммад/: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла[19]?" Āла: "Дела ву". Āла: "Ткъа, Иза а вуьтий, /Iибадат дан кхин/ накъостий лоьцу аш‚ шайн догIмашна а пайда а‚ я зен шайгахь доцу?" Āла: "Цхьатерра вуй ткъа бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я цхьатерра дуй ткъа боданаш а‚ нур а?" Я цара Далла накъостий хилийтина‚ шаьш /халкъ/ кхоьллина, Цо кхолларх терра - царна и халкъах тарделла? Ахь āла: "Массо а хIуманан кхоллархо[20] ву Дела. И ша цхьаъ верг а‚ ницкъ алссам берг а ву". قُلْ مَن رَّبُّ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ قُلِ اللّهُ قُلْ أَفَاتَّخَذْتُم مِّن دُونِهِ أَوْلِيَاء لاَ يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ نَفْعًا وَلاَ ضَرًّا قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الأَعْمَى وَالْبَصِيرُ أَمْ هَلْ تَسْتَوِي الظُّلُمَاتُ وَالنُّورُ أَمْ جَعَلُواْ لِلّهِ شُرَكَاء خَلَقُواْ كَخَلْقِهِ فَتَشَابَهَ الْخَلْقُ عَلَيْهِمْ قُلِ اللّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
17 Аят
Цо доссийна стиглара хи[21] – Iовраш ихира хершанашкахула шайн барамехь‚ Iовраша д1аяьхьира аййелла чопа. Цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш еш ягаечух а чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал.[22] Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш. أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَسَالَتْ أَوْدِيَةٌ بِقَدَرِهَا فَاحْتَمَلَ السَّيْلُ زَبَدًا رَّابِيًا وَمِمَّا يُوقِدُونَ عَلَيْهِ فِي النَّارِ ابْتِغَاء حِلْيَةٍ أَوْ مَتَاعٍ زَبَدٌ مِّثْلُهُ كَذَلِكَ يَضْرِبُ اللّهُ الْحَقَّ وَالْبَاطِلَ فَأَمَّا الزَّبَدُ فَيَذْهَبُ جُفَاء وَأَمَّا مَا يَنفَعُ النَّاسَ فَيَمْكُثُ فِي الأَرْضِ كَذَلِكَ يَضْرِبُ اللّهُ الأَمْثَالَ
18 Аят
Шен Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна хазаниг ду - (ялсамани). Цунна жоп цаделлачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (Делан Iазапах кIелхьардовла) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и! لِلَّذِينَ اسْتَجَابُواْ لِرَبِّهِمُ الْحُسْنَى وَالَّذِينَ لَمْ يَسْتَجِيبُواْ لَهُ لَوْ أَنَّ لَهُم مَّا فِي الأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لاَفْتَدَوْاْ بِهِ أُوْلَئِكَ لَهُمْ سُوءُ الْحِسَابِ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَبِئْسَ الْمِهَادُ
19 Аят
Ткъа хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚ أَفَمَن يَعْلَمُ أَنَّمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَبِّكَ الْحَقُّ كَمَنْ هُوَ أَعْمَى إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُوْلُواْ الأَلْبَابِ
20 Аят
Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚ الَّذِينَ يُوفُونَ بِعَهْدِ اللّهِ وَلاَ يِنقُضُونَ الْمِيثَاقَ
21 Аят
Шаьш вовшахтосуш[23] болчара Дала вовшахтаса аьлла омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а. وَالَّذِينَ يَصِلُونَ مَا أَمَرَ اللّهُ بِهِ أَن يُوصَلَ وَيَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ وَيَخَافُونَ سُوءَ الحِسَابِ
22 Аят
Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-Кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттийначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъах а къайлаха а‚ гучахь а харж[24] йиначара‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран[25] тIаьхье - وَالَّذِينَ صَبَرُواْ ابْتِغَاء وَجْهِ رَبِّهِمْ وَأَقَامُواْ الصَّلاَةَ وَأَنفَقُواْ مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلاَنِيَةً وَيَدْرَؤُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ أُوْلَئِكَ لَهُمْ عُقْبَى الدَّارِ
23 Аят
Iаднан[26] бошмаш. Царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула /олуш/: جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا وَمَنْ صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ وَالمَلاَئِكَةُ يَدْخُلُونَ عَلَيْهِم مِّن كُلِّ بَابٍ
24 Аят
"Маршо ю шуна аш собар дарна[27]". Ма дика ю дахаран тIаьхье! سَلاَمٌ عَلَيْكُم بِمَا صَبَرْتُمْ فَنِعْمَ عُقْبَى الدَّارِ
25 Аят
Шаьш Делаца хилла ва1да, и ч1аг1ъйинчул т1аьхьа, йохош болчарна‚ Дала вовшахтаса аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон цIа[28] ду. وَالَّذِينَ يَنقُضُونَ عَهْدَ اللّهِ مِن بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَآ أَمَرَ اللّهُ بِهِ أَن يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الأَرْضِ أُوْلَئِكَ لَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ
26 Аят
Дала рицкъ кховдадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо[29]. Баккхийбе уьш дуьненан дахарх. Дуьненан дахар ма дац, эхартаца дуьстича, цхьа хIуьмалг[30] бен. اللّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاء وَيَقَدِرُ وَفَرِحُواْ بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا فِي الآخِرَةِ إِلاَّ مَتَاعٌ
27 Аят
Цатешначара олу: "Цуьнга (Мухьаммаде) доссийна хиллехьара шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил[31]". Ахь āла: "Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَوْلاَ أُنزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِّن رَّبِّهِ قُلْ إِنَّ اللّهَ يُضِلُّ مَن يَشَاء وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَنْ أَنَابَ
28 Аят
Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехаварца синтем[32] хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехаварца ца хуьлу дегнашна синтем? الَّذِينَ آمَنُواْ وَتَطْمَئِنُّ قُلُوبُهُم بِذِكْرِ اللّهِ أَلاَ بِذِكْرِ اللّهِ تَطْمَئِنُّ الْقُلُوبُ
29 Аят
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йинчарна – зовкх хьегар а ду‚ хаза чугIойла а ю". الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ طُوبَى لَهُمْ وَحُسْنُ مَآبٍ
30 Аят
Иштта вахийтира Оха хьо умматна юккъе[33] – цул хьалха а дIадахара умматаш – ахь царна дешархьама Оха хьайга ваьхьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керстаналла деш а болуш. Ахь āла: "Иза сан Кхиош-Кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со[34]‚ Цуьнга ду сан тōба дар". كَذَلِكَ أَرْسَلْنَاكَ فِي أُمَّةٍ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهَا أُمَمٌ لِّتَتْلُوَ عَلَيْهِمُ الَّذِيَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَهُمْ يَكْفُرُونَ بِالرَّحْمَنِ قُلْ هُوَ رَبِّي لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ مَتَابِ
31 Аят
Къуръанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта хедийнехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха а ийман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге а. Ткъа ийман диллинчарна (х1инца а) ца хаьа‚ Далла лаахьара, нах берриге а Цо нисбина хирг хилар? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царна т1е ца буссуш ца соцу бāла‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда яллалц[35]. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда. وَلَوْ أَنَّ قُرْآنًا سُيِّرَتْ بِهِ الْجِبَالُ أَوْ قُطِّعَتْ بِهِ الأَرْضُ أَوْ كُلِّمَ بِهِ الْمَوْتَى بَل لِّلّهِ الأَمْرُ جَمِيعًا أَفَلَمْ يَيْأَسِ الَّذِينَ آمَنُواْ أَن لَّوْ يَشَاء اللّهُ لَهَدَى النَّاسَ جَمِيعًا وَلاَ يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُواْ تُصِيبُهُم بِمَا صَنَعُواْ قَارِعَةٌ أَوْ تَحُلُّ قَرِيبًا مِّن دَارِهِمْ حَتَّى يَأْتِيَ وَعْدُ اللّهِ إِنَّ اللّهَ لاَ يُخْلِفُ الْمِيعَادَ
32 Аят
Хьол хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Ас хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Ас /Iазапца/ схьалецира уьш. Муха хилира Сан таIзар[36]?! وَلَقَدِ اسْتُهْزِىءَ بِرُسُلٍ مِّن قَبْلِكَ فَأَمْلَيْتُ لِلَّذِينَ كَفَرُواْ ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
33 Аят
Ткъа И Ша хIор синна цо шена карадинчуьнца ТIехIоьттинарг /тера ву кхечарах/[37]? Далла накъостий хилийтина цара. Ахь āла: "ЦIерш яха церан! Я аш Цуьнга дуьйцур ду Цунна лаьттахь цахуург я т1ехула (деса) долу дош ду /и аш дуьйцург/?" ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ /нийсачу/ некъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисвалур волуш/. أَفَمَنْ هُوَ قَآئِمٌ عَلَى كُلِّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ وَجَعَلُواْ لِلّهِ شُرَكَاء قُلْ سَمُّوهُمْ أَمْ تُنَبِّئُونَهُ بِمَا لاَ يَعْلَمُ فِي الأَرْضِ أَم بِظَاهِرٍ مِّنَ الْقَوْلِ بَلْ زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُواْ مَكْرُهُمْ وَصُدُّواْ عَنِ السَّبِيلِ وَمَن يُضْلِلِ اللّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
34 Аят
Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап кхин а хала ду. Ма вац царна шаьш Делах (Цуьнан Iазапах) лардан цхьа а. لَّهُمْ عَذَابٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَلَعَذَابُ الآخِرَةِ أَشَقُّ وَمَا لَهُم مِّنَ اللّهِ مِن وَاقٍ
35 Аят
/Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу /шен гIаланийн/ бухахула хиш оьхуш йолчу бешан[38] сурт ду: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю! مَّثَلُ الْجَنَّةِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ أُكُلُهَا دَآئِمٌ وِظِلُّهَا تِلْكَ عُقْبَى الَّذِينَ اتَّقَواْ وَّعُقْبَى الْكَافِرِينَ النَّارُ
36 Аят
Оха шайга жайна делларш бакхийбеш бу хьоьга доссийначух. (Хьуна дуьхьалйевллачу мушрикех а, жуьгтех а лаьтташ хиллачу) тобанех ю цуьнан (Къуръанан) цхьадолчунна инкарло еш ерг а. Ахь āла: "Суна омра дина ас Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост ца лаца а. Ас Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а". وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَفْرَحُونَ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمِنَ الأَحْزَابِ مَن يُنكِرُ بَعْضَهُ قُلْ إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللّهَ وَلا أُشْرِكَ بِهِ إِلَيْهِ أَدْعُو وَإِلَيْهِ مَآبِ
37 Аят
Иштта доссийра Оха и (Къуръан) Iаьрбийн /маттахь/ хьукам хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делехьара вали[39] а вац хьуна‚ лардархо а вац. وَكَذَلِكَ أَنزَلْنَاهُ حُكْمًا عَرَبِيًّا وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءهُم بَعْدَ مَا جَاءكَ مِنَ الْعِلْمِ مَا لَكَ مِنَ اللّهِ مِن وَلِيٍّ وَلاَ وَاقٍ
38 Аят
Хьол хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зуьррет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара цхьанна элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а шен жайна ду[40]. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلاً مِّن قَبْلِكَ وَجَعَلْنَا لَهُمْ أَزْوَاجًا وَذُرِّيَّةً وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَن يَأْتِيَ بِآيَةٍ إِلاَّ بِإِذْنِ اللّهِ لِكُلِّ أَجَلٍ كِتَابٌ
39 Аят
Дала Шена луург дойъу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнгахь жайнин нана[41] ю. يَمْحُو اللّهُ مَا يَشَاء وَيُثْبِتُ وَعِندَهُ أُمُّ الْكِتَابِ
40 Аят
Я Оха гайтаза дуьтур ду хьоьга Оха царна ваIда йинчух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву /уьш ца гойтуш/ – хьуна тIехь /хьайга Дала делларг нахе/ дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду. وَإِن مَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلاَغُ وَعَلَيْنَا الْحِسَابُ
41 Аят
Царна[42] ца го-те Оха Латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукам‚ Цуьнан хьукамна новкъарло ен ерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг. أَوَلَمْ يَرَوْاْ أَنَّا نَأْتِي الأَرْضَ نَنقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا وَاللّهُ يَحْكُمُ لاَ مُعَقِّبَ لِحُكْمِهِ وَهُوَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
42 Аят
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хIор синна карадеш дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ х1усам. وَقَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَلِلّهِ الْمَكْرُ جَمِيعًا يَعْلَمُ مَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ وَسَيَعْلَمُ الْكُفَّارُ لِمَنْ عُقْبَى الدَّارِ
43 Аят
Цатешачара олу: "Хьо ваийтинарг вац (хьо элча вац)"‚ ахь āла: "Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Iилма[43] дерг а"[44]. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَسْتَ مُرْسَلاً قُلْ كَفَى بِاللّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَمَنْ عِندَهُ عِلْمُ الْكِتَابِ
[1]Далла дика хаьа оцуьнца Шена луург.
[2]Хьажа "ТIахIа" суратан 5 аят. «Ша 1арша т1ехь д1анисвелла» бохучун маь1на «Ша дерриге а г1уллакхаш кхочушдина ваьлла» бохучух тера ду, 1аьрбийн меттан башхаллаш тидаме эцча.
[3]Ши тайпа - Къуръпн чохь деъна زوج завж аьлла. Цуьнан коьрта маь1на "шиъ (оьрсашха – пара)" бохург ду, дукха хьолехь "майра а, зуда а" бохучух олу и. Кхузахь Далла луург, цхьаболчу тафсиран 1еламнехан гергахь, "борша а, сте а" бохург ду, Дала мел кхоьллина х1ума борша а, сте а хиларе терра. Кхин цуьнан маь1на "1аьржа – к1айн, мерза – муьста" ду, аьлча антонимаш я положительни-отрицательни… И дерриг чулоцу аято.
[4]Дакъош – шайна т1ехь тайп-тайпана дитташ кхуьуш, стомийн а, стомаш доцу а.
[5]И хилийта‚ боху.
[6]Хьалха а, кхечарна масал хилийта, вочу нахана таIзарш дина Дала.
[7]Юха а ца бовлуш, къинош диначарна таIзар дарехь.
[8]ХIор халкъе нийса некъ гайта, цIенчу дине кхайкха Дала вохуьйтуш хилла волу пайхамар.
[9]Зудчо кийрахь лело бер.
[10]Буьйсанан боданехь.
[11]Далла гуш ду аш муьлхачу хьолехь лелош дерг.
[12]Д1асхьалелаш дерш – кхузахь: Дала адамна тIехIоттийна долу маликаш‚ шаьш и массо а хIуманах ларвеш долу‚ цо дийриг а‚ дуьйцург а дIаяздеш долу.
[13]Дала адамийн хьал (ниIмат дIадоккхуш – бала боуьйтуш, бала дIабоккхуш – ниIмат доуьйтуш) ца хуьйцу, цара шаьш шайн Iамалашца, бахьанашца ца хийцахь.
[14]Нехан гIуллакхаш кхочушдеш верг.
[15]ДогIа даийта.
[16]Маккин керстанаш къуьйсуш бу Дела цхьаъ хиларехь, Цуьнан белларш денбан ницкъ кхачарехь.
[17]Деле дIадоьрзу Дела цхьаъваран кхайкхар.
[18]Мушрикаша шайн делашна деш долу 1ибадат цхьанна а х1уманна пайденна дац царна.
[19]Дела.
[20]Кхуллург.
[21]ДогIа.
[22]Дала кхузахь далинчу масалан маь1на ду: бакъдерг, и нахана пайдабеш бухадуьсуш долу хи санна, бухадуьсу. Ткъа харцдерг - и эрна д1аг1о, чопа санна. Я кхин: наха ц1ергахь лалаеш, маь1данаш бухаюьсу,ткъа 1аь – д1аг1о. Иштта бакъдерг (Делан ц1ена дин) гуттар дуьсур ду, ткъа харцдерг (цатешар) – д1адер ду.
[23]Ийманан з1енаш а, гергарлонаш а, кхин дика мел дерг а.
[24]СагIа луш Делан новкъахь.
[25]Цигахь яздина ду:عقبي الدار "ЦIийнан тIаьхье" – ялсамани.
[26]Ялсаманин цIе.
[27]Иштта декъалбийр бу ялсаманин дай маликаша. "Маршо ю шуна" – "Саламун Iалайкум".
[28]Жоьжахати. Цигахь яздина ду: سوء الدار «вон ц1а».
[29]Шена луучунна кIеззиг ло.
[30]Х1уьмалг – пайда боцу цхьа жима х1ума.
[31]Делил – кхузахь: Iадатах доцу тамаше хIума, муIжизат.
[32]СинпаргIато.
[33]Умматна юккъе – умматна т1е. Уммат – 1аьрбашха: امة халкъ, къам. Кхечу къаьмнашка пайхамарш бахийтарх терра, Мухьаммад а вахийтира Дала т1аьххьарчу умматна юккъе т1аьххьара элча а хилла.
[34]Цунна таваккал дина ас.
[35]Делан ва1да – кхузахь: Дала Мухьаммад пайхамарна хьуна Шегара г1о хир ду, цуьнца ахь Макка схьайоккхур ю, бусалба дин тулур ду, аьлла болу кхаъ.
[36]Ирча хилира иза.
[37]Кхузахь Дала боху: х1ор стага еш йолу 1амал гуш волу и тергал еш волу Дела тера ву цара деланаш бу бохуш лелочу ж1арех я кхечу х1уманех?
[38]Ялсаманин.
[39]Вали – 1арбашха:ولي – доттаг1, доладийриг, г1одоккхург.
[40]Х1ор хенан, х1ор х1уманан шен барам а бу, тоьхна доза а ду.
[41]Стиглахь долу массо а Делан жайнаш шена чуьра схьаэцна долу – لوح محفوظ Лавхь махьфуз.
[42]Маккин охIланна.
[43]Жуьгтех а‚ насарех а ийман диллинарш. Цаьргахь Делера жайнаш хилла (Таврат а‚ Инжил а)‚ шайна чохь Мухьаммадан сибат долуш.
[44]Теш хиларца кхачо йина.