14. Сурат ИБРАХIИМ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 52 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Алиф-лам-ра. 1 Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах боданашкара серлонга арабахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун пурбанца, Ша веза волчун‚ Ша хастаме волчун новкъа‚ الَر كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ النَّاسَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَى صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ
2 Аят
Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Бāла бу-кх цатешачарна чIогIачу 2 Iазапах. اللّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَوَيْلٌ لِّلْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ شَدِيدٍ
3 Аят
Ишттанаш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал т1ех дукха дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тилар чохь ма бу. الَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الآخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا أُوْلَئِكَ فِي ضَلاَلٍ بَعِيدٍ
4 Аят
Оха ца ваийтина цхьа а элча шен къоман маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву. وَمَا أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلاَّ بِلِسَانِ قَوْمِهِ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ فَيُضِلُّ اللّهُ مَن يَشَاء وَيَهْدِي مَن يَشَاء وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
5 Аят
Оха Муса вахийтира Тхешан аяташца: "Арадаккха хьайн къам боданашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайна дукха хилла/ денош"‚– аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор т1ех собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَى بِآيَاتِنَا أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَذَكِّرْهُمْ بِأَيَّامِ اللّهِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَاتٍ لِّكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ
6 Аят
Хьахаде: Мусас аьллера шен къоме: "Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьардехира шу ФирIавнан доьзалх‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош хилла болчу‚ шун кIентий бойъуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сийлахь-доккха зер ду шуна". وَإِذْ قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ اذْكُرُواْ نِعْمَةَ اللّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنجَاكُم مِّنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَاءكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءكُمْ وَفِي ذَلِكُم بَلاء مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌ
7 Аят
Дагадаита: шун Кхиош-Кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аш /Сан ни1маташна/ керстадича, Сан Iазап чIогIа ду!" وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِن شَكَرْتُمْ لأَزِيدَنَّكُمْ وَلَئِن كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِي لَشَدِيدٌ
8 Аят
Мусас элира: " Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву". وَقَالَ مُوسَى إِن تَكْفُرُواْ أَنتُمْ وَمَن فِي الأَرْضِ جَمِيعًا فَإِنَّ اللّهَ لَغَنِيٌّ حَمِيدٌ
9 Аят
Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран – Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царал тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – куьйгаш шайн бага а духкий 3 , цара олура: "Оха керстадина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аш тхо шена тIекхойкхучух". أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَالَّذِينَ مِن بَعْدِهِمْ لاَ يَعْلَمُهُمْ إِلاَّ اللّهُ جَاءتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَرَدُّواْ أَيْدِيَهُمْ فِي أَفْوَاهِهِمْ وَقَالُواْ إِنَّا كَفَرْنَا بِمَا أُرْسِلْتُم بِهِ وَإِنَّا لَفِي شَكٍّ مِّمَّا تَدْعُونَنَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ
10 Аят
Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь /И цхьаъ хиларехь а, дерриг 1ибадат Цунна дарехь а/ шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллина волчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIаьхьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билггала делил 4 ". قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِي اللّهِ شَكٌّ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى قَالُواْ إِنْ أَنتُمْ إِلاَّ بَشَرٌ مِّثْلُنَا تُرِيدُونَ أَن تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَآؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
11 Аят
Церан элчанаша цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а, Дала Шен лẽх Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил далойла ца хилла тхуна Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах. قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِن نَّحْنُ إِلاَّ بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ وَلَكِنَّ اللّهَ يَمُنُّ عَلَى مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ وَمَا كَانَ لَنَا أَن نَّأْتِيَكُم بِسُلْطَانٍ إِلاَّ بِإِذْنِ اللّهِ وَعلَى اللّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
12 Аят
Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхешан некъашна тIе‚ оха собар дийр ма ду аш тхуна ечу халонашкахь‚ Далла тIетевжийла шаьш т1етевжаш берш! " وَمَا لَنَا أَلاَّ نَتَوَكَّلَ عَلَى اللّهِ وَقَدْ هَدَانَا سُبُلَنَا وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَى مَا آذَيْتُمُونَا وَعَلَى اللّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ
13 Аят
Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ма ду шу тхешан лаьттара (махкара) я шу т1едоьрзур ма ду тхан динна ". Цаьрга /пайхамаршка/ церан Кхиош-Кхобучо ваьхьица хаийтира: "ХIаллакбийр ма бу Оха зуламхой‚ وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُواْ لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُم مِّنْ أَرْضِنَآ أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا فَأَوْحَى إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ الظَّالِمِينَ
14 Аят
Оха дāха ховшор ма ду шу /пайхамарш а, царна т1аьхьабаьзнарш а/ лаьттахь царал тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша д1ахIоттарх кхоьруш волчунна а‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна а". وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ الأَرْضَ مِن بَعْدِهِمْ ذَلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِي وَخَافَ وَعِيدِ
15 Аят
Цара 5 толам бийхира – ийшира массо а юхахьараваьлла Iазапхо. وَاسْتَفْتَحُواْ وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ
16 Аят
Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ наткъаран хи малор ду цунна. مِّن وَرَآئِهِ جَهَنَّمُ وَيُسْقَى مِن مَّاء صَدِيدٍ
17 Аят
Цо къурдаш бийр бу цунах‚ амма и халла бен кийра дахийталур дац цуьнга – массо а аг1ора цунна тIе валар догIу‚ и вала ца ле‚ цунна тIехьахула луьра Iазап ду. يَتَجَرَّعُهُ وَلاَ يَكَادُ يُسِيغُهُ وَيَأْتِيهِ الْمَوْتُ مِن كُلِّ مَكَانٍ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍ وَمِن وَرَآئِهِ عَذَابٌ غَلِيظٌ
18 Аят
Шайн Кхиош-Кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш ч1ог1а мох баьллачу дийнахь цу махо баржийначу чимах тера ю 6 . Шайна карадеанчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар! مَّثَلُ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِمْ أَعْمَالُهُمْ كَرَمَادٍ اشْتَدَّتْ بِهِ الرِّيحُ فِي يَوْمٍ عَاصِفٍ لاَّ يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُواْ عَلَى شَيْءٍ ذَلِكَ هُوَ الضَّلاَلُ الْبَعِيدُ
19 Аят
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дIа а дохур ду, керла халкъ далор ду. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللّهَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ بِالْحقِّ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ
20 Аят
Далла деза а (хала хIума а) дац и. وَمَا ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ
21 Аят
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга д1аяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр ду: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац". وَبَرَزُواْ لِلّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاء لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُواْ إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللّهِ مِن شَيْءٍ قَالُواْ لَوْ هَدَانَا اللّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ سَوَاء عَلَيْنَآ أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍ
22 Аят
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/, гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар". Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап хир ма ду. وَقَالَ الشَّيْطَانُ لَمَّا قُضِيَ الأَمْرُ إِنَّ اللّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ الْحَقِّ وَوَعَدتُّكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ وَمَا كَانَ لِيَ عَلَيْكُم مِّن سُلْطَانٍ إِلاَّ أَن دَعَوْتُكُمْ فَاسْتَجَبْتُمْ لِي فَلاَ تَلُومُونِي وَلُومُواْ أَنفُسَكُم مَّا أَنَاْ بِمُصْرِخِكُمْ وَمَا أَنتُمْ بِمُصْرِخِيَّ إِنِّي كَفَرْتُ بِمَآ أَشْرَكْتُمُونِ مِن قَبْلُ إِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
23 Аят
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду. وَأُدْخِلَ الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلاَمٌ
24 Аят
Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду. أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ اللّهُ مَثَلاً كَلِمَةً طَيِّبَةً كَشَجَرةٍ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌ وَفَرْعُهَا فِي السَّمَاء
25 Аят
Шен даар 7 ло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те! تُؤْتِي أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍ بِإِذْنِ رَبِّهَا وَيَضْرِبُ اللّهُ الأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
26 Аят
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан. وَمَثلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ اجْتُثَّتْ مِن فَوْقِ الأَرْضِ مَا لَهَا مِن قَرَارٍ
27 Аят
Дала чIагIбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург. يُثَبِّتُ اللّهُ الَّذِينَ آمَنُواْ بِالْقَوْلِ الثَّابِتِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الآخِرَةِ وَيُضِلُّ اللّهُ الظَّالِمِينَ وَيَفْعَلُ اللّهُ مَا يَشَاء
28 Аят
Хьо ца хьаьжна /х1ай Мухьаммад/ шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинчаьрга? Цара охьахаи шайн халкъ хIаллакхиларан ц1а чу 8 , أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ بَدَّلُواْ نِعْمَةَ اللّهِ كُفْرًا وَأَحَلُّواْ قَوْمَهُمْ دَارَ الْبَوَارِ
29 Аят
Жоьжахати чу, шена чохь уьш богур болу? Ма вон ю-кх 9 уьш кхочу болу меттиг! جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا وَبِئْسَ الْقَرَارُ
30 Аят
Далла накъостий хилийтира цара Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар /жоьжахатин/ цIерга ду". وَجَعَلُواْ لِلّهِ أَندَادًا لِّيُضِلُّواْ عَن سَبِيلِهِ قُلْ تَمَتَّعُواْ فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى النَّارِ
31 Аят
Ахь āла Сан ийман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучохь а /дикчу аг1ор/ харжаш йойла /Делан новкъахь/ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/де дале хьалха. قُل لِّعِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُواْ يُقِيمُواْ الصَّلاَةَ وَيُنفِقُواْ مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلانِيَةً مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ يَوْمٌ لاَّ بَيْعٌ فِيهِ وَلاَ خِلاَلٌ
32 Аят
Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо даийтина стиглара хи‚ цуьнца кхиира Цо цхьадолу стоьмаш шуна рицкъ хилийта. Шуна муьтIахь дина 10 Цо кеманаш лелийта хIорда чохь Шен омраца‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш. اللّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَأَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَّكُمْ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْفُلْكَ لِتَجْرِيَ فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ وَسَخَّرَ لَكُمُ الأَنْهَارَ
33 Аят
Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ и ший а, хаддаза (шайн некъашкахула лелаш) болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а. وَسَخَّر لَكُمُ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ دَآئِبَينَ وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ
34 Аят
Аш Шега дехначух дерриге а делла Цо шуна. Делан ниIматаш аш дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам т1ех зуламе а‚ баркалла ца олуш а ма ду. وَآتَاكُم مِّن كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ وَإِن تَعُدُّواْ نِعْمَتَ اللّهِ لاَ تُحْصُوهَا إِنَّ الإِنسَانَ لَظَلُومٌ كَفَّارٌ
35 Аят
Хьахаде: ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хилийталахь хIара мохк маьрша‚ Ахь генаваккхалахь со а, сан к1ентий а оха жа1аршна 11 1ибадат дарх. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَذَا الْبَلَدَ آمِنًا وَاجْنُبْنِي وَبَنِيَّ أَن نَّعْبُدَ الأَصْنَامَ
36 Аят
Со Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, цара тила ма бина нахах дукхаберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – сох ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх. رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًا مِّنَ النَّاسِ فَمَن تَبِعَنِي فَإِنَّهُ مِنِّي وَمَنْ عَصَانِي فَإِنَّكَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
37 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург! Ас дāха хаий сан зуьрретах 12 цхьаберш ялта доцчу аренгахь Хьан сийлахь долчу цIийна уллохь цара цигахь, тхан Кхиош-Кхобург, ламаз хIотторхьама. (Цхьаболчу) нехан дегнаш царна т1етевжаш хилийталахь‚ стоьмех рицкъ лолахь царна – цара баркалла āла тарлора. رَّبَّنَا إِنِّي أَسْكَنتُ مِن ذُرِّيَّتِي بِوَادٍ غَيْرِ ذِي زَرْعٍ عِندَ بَيْتِكَ الْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُواْ الصَّلاَةَ فَاجْعَلْ أَفْئِدَةً مِّنَ النَّاسِ تَهْوِي إِلَيْهِمْ وَارْزُقْهُم مِّنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ
38 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а. رَبَّنَا إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِي وَمَا نُعْلِنُ وَمَا يَخْفَى عَلَى اللّهِ مِن شَيْءٍ فَي الأَرْضِ وَلاَ فِي السَّمَاء
39 Аят
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу 13 ! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доIа хезаш верг ву-кх. الْحَمْدُ لِلّهِ الَّذِي وَهَبَ لِي عَلَى الْكِبَرِ إِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَقَ إِنَّ رَبِّي لَسَمِيعُ الدُّعَاء
40 Аят
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хIоттош верг‚ сан зуьрретах а /хилийталахь дика Iамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доIа къобалделахь. رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلاَةِ وَمِن ذُرِّيَّتِي رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاء
41 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна 14 а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь". رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ
42 Аят
Хьуна ма мотталахь Дела гIопал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /1азап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне. وَلاَ تَحْسَبَنَّ اللّهَ غَافِلاً عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الأَبْصَارُ
43 Аят
Сиха гIур бу уьш 15 шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш дассаделла хир ду 16 /Делан 1азапах ч1ог1а кхерабелла/. مُهْطِعِينَ مُقْنِعِي رُءُوسِهِمْ لاَ يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ وَأَفْئِدَتُهُمْ هَوَاء
44 Аят
Ахь кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ шаьш зулам диначара эриг хилар: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо йоццачу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дайна дIадовлар дац, бохуш 17 ? وَأَنذِرِ النَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ الْعَذَابُ فَيَقُولُ الَّذِينَ ظَلَمُواْ رَبَّنَا أَخِّرْنَا إِلَى أَجَلٍ قَرِيبٍ نُّجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ الرُّسُلَ أَوَلَمْ تَكُونُواْ أَقْسَمْتُم مِّن قَبْلُ مَا لَكُم مِّن زَوَالٍ
45 Аят
Шу охьахевшира шаьш шайна зуламаш диначеран гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха. وَسَكَنتُمْ فِي مَسَاكِنِ الَّذِينَ ظَلَمُواْ أَنفُسَهُمْ وَتَبَيَّنَ لَكُمْ كَيْفَ فَعَلْنَا بِهِمْ وَضَرَبْنَا لَكُمُ الأَمْثَالَ
46 Аят
Шайн мекарло йира цара. Далла гергахь ю церан /мекарло йохо/ мекарло‚ и церан мекарло хиллехь а шеца лаьмнаш дохош 18 . وَقَدْ مَكَرُواْ مَكْرَهُمْ وَعِندَ اللّهِ مَكْرُهُمْ وَإِن كَانَ مَكْرُهُمْ لِتَزُولَ مِنْهُ الْجِبَالُ
47 Аят
Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шегахь берг а ву. فَلاَ تَحْسَبَنَّ اللّهَ مُخْلِفَ وَعْدِهِ رُسُلَهُ إِنَّ اللّهَ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
48 Аят
Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ т1ех нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу. يَوْمَ تُبَدَّلُ الأَرْضُ غَيْرَ الأَرْضِ وَالسَّمَاوَاتُ وَبَرَزُواْ للّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ
49 Аят
Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш зIенашца (з1айнашца) д1абихкина. وَتَرَى الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ مُّقَرَّنِينَ فِي الأَصْفَادِ
50 Аят
Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIахьулйийр ю. سَرَابِيلُهُم مِّن قَطِرَانٍ وَتَغْشَى وُجُوهَهُمْ النَّارُ
51 Аят
Дала бекхам бархьама хIор синна ша карадийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарехь сиха верг ма ву. لِيَجْزِي اللّهُ كُلَّ نَفْسٍ مَّا كَسَبَتْ إِنَّ اللّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
52 Аят
ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдолчаьрга ойлаяйтархьама а. هَذَا بَلاَغٌ لِّلنَّاسِ وَلِيُنذَرُواْ بِهِ وَلِيَعْلَمُواْ أَنَّمَا هُوَ إِلَهٌ وَاحِدٌ وَلِيَذَّكَّرَ أُوْلُواْ الأَلْبَابِ ( الجزء الرابع عشر )
1 Далла Шена дика хаьа цуьнца Шена луург.
2 Ч1ог1ачу 1азапах – лазочу 1азапах.
3 ЧIогIа оьгIазбоьлхий.
4 Делил –кхузахь: элчанаш хиларан къеггина билгало.
5 Элчанаша шайн Деле.
6 Керстанаша а, Делаца накъост лаьцначара а дуьненахь йина хиллачу 1амалх, мел дика и хиллехь а, эхартахь пайда бац. Мох болчу дийнахь махо чим баржорах терра, пайда боцуш д1аяржор ю иза. Цунах пайда эцалур бац царна.
7 Стоьмаш.
8 Нийса дин т1е ца лоцуш хIаллакхилларш. Уьш хилла Маккан ох1ла: Дала доккха ни1мат делла хилла царна – уггар еза меттиг Ка1ба цигахь хилла, токхе бахам а белла хилла царна. Далла хастам ца бира цара, цул совнаха шайна юккъера ваийтина элчанна (Мухьаммадана ) инкарло йира, т1аккха Дала царна т1е баланаш кхиссира – йокъана а, мацалла а.
9 Чохь саца.
10 Муьт1ахь дина – шуна г1уллакх дойту Дала цаьрга.
11 Жа1ар - ц1у. Дела цхьаъ ца веш болчара шена 1ибадат деш йолу х1ума (оьрсашха: идол ).
12 И до1а дина Ибрах1има ша, шен зуда Х1ажар а, к1ант Исма1ил а, х1инца Ка1ба долчу меттигехь баха а буьтуш, д1авоьдуш.
13 Дуьнен чу валийтинчу. ИсмаIил дуьнен чу ваьлла ИбрахIиман 86 шо долуш, Исхьакъ – 100 шо долуш.
14 Шен дена-нанна Деле гечдар дийхира Ибрах1има, шен да Делан мостаг1 вуйла шена билгалдалале. Ибрах1иман нана муъма хилла хилар генахь дац. Дала Ибрах1име, хьан дена гечдар ма деха Шега, аьлла,ткъа нана ца хьахийна (Тафсир ас- Сабуни, 2-г1а жилд,100-101 аг1о.)
15 Махьшаре.
16 Деса хир ду.
17 ХIаллакхир дац‚ бекхам хир бац‚ бохуш.
18 Пайхамар вен гIоьртира керстанаш. И йоккха мекарло хилла церан агIорхьара. Дала йохийра и церан‚ Цо ларвира Шен пайхамар.