15. Сурат АЛЬ-ХЬИДЖР

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 99 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Алиф-лам-ра 1 . Уьш /Делан/ жайнин 2 а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду. الَرَ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ وَقُرْآنٍ مُّبِينٍ
2 Аят
Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла 3 . رُّبَمَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَوْ كَانُواْ مُسْلِمِينَ
3 Аят
Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна. ذَرْهُمْ يَأْكُلُواْ وَيَتَمَتَّعُواْ وَيُلْهِهِمُ الأَمَلُ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
4 Аят
Цхьа а юрт хIаллакйина ма яц Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен. أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ إِلاَّ وَلَهَا كِتَابٌ مَّعْلُومٌ
5 Аят
Цхьа а уммат 4 шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац. مَّا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ
6 Аят
Цара элира: "ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг 5 ! Хьо жинех 6 ма ву! وَقَالُواْ يَا أَيُّهَا الَّذِي نُزِّلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ إِنَّكَ لَمَجْنُونٌ
7 Аят
Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?" لَّوْ مَا تَأْتِينَا بِالْمَلائِكَةِ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
8 Аят
Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац. مَا نُنَزِّلُ الْمَلائِكَةَ إِلاَّ بِالحَقِّ وَمَا كَانُواْ إِذًا مُّنظَرِينَ
9 Аят
Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу 7 . إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا الذِّكْرَ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
10 Аят
Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ فِي شِيَعِ الأَوَّلِينَ
11 Аят
Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен. وَمَا يَأْتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلاَّ كَانُواْ بِهِ يَسْتَهْزِؤُونَ
12 Аят
Иштта дуьллу Оха иза 8 къинош деш болчеран дегнашка. كَذَلِكَ نَسْلُكُهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ
13 Аят
Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а. لاَ يُؤْمِنُونَ بِهِ وَقَدْ خَلَتْ سُنَّةُ الأَوَّلِينَ
14 Аят
Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш, وَلَوْ فَتَحْنَا عَلَيْهِم بَابًا مِّنَ السَّمَاء فَظَلُّواْ فِيهِ يَعْرُجُونَ
15 Аят
Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду". لَقَالُواْ إِنَّمَا سُكِّرَتْ أَبْصَارُنَا بَلْ نَحْنُ قَوْمٌ مَّسْحُورُونَ
16 Аят
Стиглахь гIаланаш 9 йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна. وَلَقَدْ جَعَلْنَا فِي السَّمَاء بُرُوجًا وَزَيَّنَّاهَا لِلنَّاظِرِينَ
17 Аят
Массо а тIулгашца эккхош 10 долчу шайтIанах и 11 1алаш а йина Оха. وَحَفِظْنَاهَا مِن كُلِّ شَيْطَانٍ رَّجِيمٍ
18 Аят
Ша къайлах ладугIуш доцучух – цунна а тIаьхьаболу билгал болу седа 12 . إِلاَّ مَنِ اسْتَرَقَ السَّمْعَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ مُّبِينٌ
19 Аят
Латта а даржина Оха‚ цунна т1ехь чIогIа лаьмнаш а доьг1на, цунна т1ехь далийтина Оха хIор барам бинчу хIуманах 13 . وَالأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ شَيْءٍ مَّوْزُونٍ
20 Аят
Оха цунна т1ехь 14 бахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../ وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ وَمَن لَّسْتُمْ لَهُ بِرَازِقِينَ
21 Аят
Цхьа а хIума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен 15 . وَإِن مِّن شَيْءٍ إِلاَّ عِندَنَا خَزَائِنُهُ وَمَا نُنَزِّلُهُ إِلاَّ بِقَدَرٍ مَّعْلُومٍ
22 Аят
Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дIадиллина/ латтош. وَأَرْسَلْنَا الرِّيَاحَ لَوَاقِحَ فَأَنزَلْنَا مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَسْقَيْنَاكُمُوهُ وَمَا أَنتُمْ لَهُ بِخَازِنِينَ
23 Аят
Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш 16 . وَإنَّا لَنَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَنَحْنُ الْوَارِثُونَ
24 Аят
Шух хьалха д1абевлларш 17 а бевзина Тхуна, тIаьхьабуьсуберш а бевзина. وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَقْدِمِينَ مِنكُمْ وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَأْخِرِينَ
25 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза хьукаме 18 верг а /Шен гIуллакх дарехь/‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/. وَإِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَحْشُرُهُمْ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ
26 Аят
Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الإِنسَانَ مِن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ
27 Аят
Жинаш 19 кхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха т1ех йовхачу цIарах. وَالْجَآنَّ خَلَقْنَاهُ مِن قَبْلُ مِن نَّارِ السَّمُومِ
28 Аят
Хаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: "Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу. وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلاَئِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِّن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ
29 Аят
Ас и нисдича‚ Сайн сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде". فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِن رُّوحِي فَقَعُواْ لَهُ سَاجِدِينَ
30 Аят
Маликаша массара а сужуд дира. فَسَجَدَ الْمَلآئِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
31 Аят
Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила. إِلاَّ إِبْلِيسَ أَبَى أَن يَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ
32 Аят
Цо (Дала) элира: "Х1ай Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?" قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلاَّ تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ
33 Аят
Цо (Иблисо) элира: "Со ца хилла сужуд дан адамна 20 ‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу». قَالَ لَمْ أَكُن لِّأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ
34 Аят
Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезарг 21 ду. قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
35 Аят
Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де 22 кхаччалц". وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَى يَوْمِ الدِّينِ
36 Аят
Цо (Иблисо) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататта 23 со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц". قَالَ رَبِّ فَأَنظِرْنِي إِلَى يَوْمِ يُبْعَثُونَ
37 Аят
Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду. قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنظَرِينَ
38 Аят
Хууш йолчу хенан де 24 тIекхаччалц". إِلَى يَومِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ
39 Аят
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман т1аьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а قَالَ رَبِّ بِمَآ أَغْوَيْتَنِي لأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الأَرْضِ وَلأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
40 Аят
Царах Хьан къастийна леш боцурш". إِلاَّ عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ
41 Аят
Цо (Дала) элира: "ХIара бу Суна тIебог1у нийса некъ 25 . قَالَ هَذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ
42 Аят
Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен. إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلاَّ مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ
43 Аят
Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг. وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ
44 Аят
Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царах 26 къастийна дāкъа ду / чу баха/. لَهَا سَبْعَةُ أَبْوَابٍ لِّكُلِّ بَابٍ مِّنْهُمْ جُزْءٌ مَّقْسُومٌ
45 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу". إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
46 Аят
"ЧугIо цу (ялсамане) чу саламца 27 ‚ кхерам боцуш!" ادْخُلُوهَا بِسَلاَمٍ آمِنِينَ
47 Аят
Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/. وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِم مِّنْ غِلٍّ إِخْوَانًا عَلَى سُرُرٍ مُّتَقَابِلِينَ
48 Аят
Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра ара а бохур бац. لاَ يَمَسُّهُمْ فِيهَا نَصَبٌ وَمَا هُم مِّنْهَا بِمُخْرَجِينَ
49 Аят
Д1ахаийта Сан лешка: "Баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву. نَبِّىءْ عِبَادِي أَنِّي أَنَا الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
50 Аят
Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду". وَ أَنَّ عَذَابِي هُوَ الْعَذَابُ الأَلِيمَ
51 Аят
Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/: وَنَبِّئْهُمْ عَن ضَيْفِ إِ بْراَهِيمَ
52 Аят
И волчу баьхкира уьш 28 ‚ элира: "Маршалла" 29 . Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду". إِذْ دَخَلُواْ عَلَيْهِ فَقَالُواْ سَلامًا قَالَ إِنَّا مِنكُمْ وَجِلُونَ
53 Аят
Цара элира: "Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца 30 ". قَالُواْ لاَ تَوْجَلْ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلامٍ عَلِيمٍ
54 Аят
Цо элира: "Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?" قَالَ أَبَشَّرْتُمُونِي عَلَى أَن مَّسَّنِيَ الْكِبَرُ فَبِمَ تُبَشِّرُونَ
55 Аят
Цара элира: "Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь". قَالُواْ بَشَّرْنَاكَ بِالْحَقِّ فَلاَ تَكُن مِّنَ الْقَانِطِينَ
56 Аят
Цо элира: "Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларш бен? " قَالَ وَمَن يَقْنَطُ مِن رَّحْمَةِ رَبِّهِ إِلاَّ الضَّآلُّونَ
57 Аят
Элира /ИбрахIима маликашка/: "ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш 31 ? (Х1ун г1уллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?" قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ
58 Аят
Цара элира: "Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна 1азап дан/, قَالُواْ إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَى قَوْمٍ مُّجْرِمِينَ
59 Аят
ЛутIан доьзал боцург – уьш берриге а Оха к1елхьарбохур болуш бу, إِلاَّ آلَ لُوطٍ إِنَّا لَمُنَجُّوهُمْ أَجْمَعِينَ
60 Аят
Цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах 32 (х1аллакбен болчарах хир) ю". إِلاَّ امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَا إِنَّهَا لَمِنَ الْغَابِرِينَ
61 Аят
И бахкийтинарш ЛутIан нахана (Лут1 пайхамарна) тIе баьхкича, فَلَمَّا جَاء آلَ لُوطٍ الْمُرْسَلُونَ
62 Аят
Цо (ЛутIас) элира: "Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх". قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ مُّنكَرُونَ
63 Аят
Цара элира: "Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш 33 шайн шеко хиллачуьнца. قَالُواْ بَلْ جِئْنَاكَ بِمَا كَانُواْ فِيهِ يَمْتَرُونَ
64 Аят
Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду. وَأَتَيْنَاكَ بَالْحَقِّ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
65 Аят
ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу 1азап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу 34 дIагIуо". فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِّنَ اللَّيْلِ وَاتَّبِعْ أَدْبَارَهُمْ وَلاَ يَلْتَفِتْ مِنكُمْ أَحَدٌ وَامْضُواْ حَيْثُ تُؤْمَرُونَ
66 Аят
И гIуллакх (Тхешан кхиэл) цунна (Лут1ина) д1ахаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а х1аллакбийр болуш бу 1уьйранна). وَقَضَيْنَا إِلَيْهِ ذَلِكَ الأَمْرَ أَنَّ دَابِرَ هَؤُلاء مَقْطُوعٌ مُّصْبِحِينَ
67 Аят
ГIалара нах баьхкира баккхийбеш. وَجَاء أَهْلُ الْمَدِينَةِ يَسْتَبْشِرُونَ
68 Аят
Цо (ЛутIас) элира: "ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш. قَالَ إِنَّ هَؤُلاء ضَيْفِي فَلاَ تَفْضَحُونِ
69 Аят
Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш". وَاتَّقُوا اللّهَ وَلاَ تُخْزُونِ
70 Аят
Цара элира:"Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т1е ма лаца, аьлла ?" 35 . قَالُوا أَوَلَمْ نَنْهَكَ عَنِ الْعَالَمِينَ
71 Аят
Цо элира: "Х1орш сан йо1арий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий/". قَالَ هَؤُلاء بَنَاتِي إِن كُنتُمْ فَاعِلِينَ
72 Аят
Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дIай-схьай уьйдуш ма бу 36 . لَعَمْرُكَ إِنَّهُمْ لَفِي سَكْرَتِهِمْ يَعْمَهُونَ
73 Аят
Малх кхеташ, цIогIано схьалецира уьш (ч1ог1ачу г1овг1ано х1аллакбира уьш). فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُشْرِقِينَ
74 Аят
Цуьнан лакхенах лахе йира 37 Оха‚ царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш /дог1а санна/ делхийтира Оха. فَجَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِّن سِجِّيلٍ
75 Аят
Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна. إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَاتٍ لِّلْمُتَوَسِّمِينَ
76 Аят
Баккъалла а, и 38 ма ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь. وَإِنَّهَا لَبِسَبِيلٍ مُّقيمٍ
77 Аят
Баккъалла а, цу чохь (Лут1ин къам х1аллакдарехь) делил ма ду муъма нахана. إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّلْمُؤمِنِينَ
78 Аят
Айкатан 39 бахархой ма хилира зуламхой. وَإِن كَانَ أَصْحَابُ الأَيْكَةِ لَظَالِمِينَ
79 Аят
Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъ 40 билгалчу меттигехь ма ю. فَانتَقَمْنَا مِنْهُمْ وَإِنَّهُمَا لَبِإِمَامٍ مُّبِينٍ
80 Аят
Хьижран 41 бахархоша а харц ма бира элчанаш. وَلَقَدْ كَذَّبَ أَصْحَابُ الحِجْرِ الْمُرْسَلِينَ
81 Аят
Оха Тхешан аяташ далийра царна‚ ткъа уьш царах дIабоьрзуш хуьлура. وَآتَيْنَاهُمْ آيَاتِنَا فَكَانُواْ عَنْهَا مُعْرِضِينَ
82 Аят
Уьш хилла, лаьмнащ огуш, цIенош деш, шаьш кхерамазаллехь а болуш /царна чохь баха/. وَكَانُواْ يَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا آمِنِينَ
83 Аят
Ц1ог1ано схьалецира уьш, Iуьйренга бовлуш. فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُصْبِحِينَ
84 Аят
Шайна карадеш хиллачо уьш к1елхьара ца бехира /Делан 1азапах/. فَمَا أَغْنَى عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَكْسِبُونَ
85 Аят
Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь мел дерг а бакъдолчуьнца бен. Сахьт 42 /шеко йоццуш/ догIур долуш ду. Хьо хазачу кепара къинт1еравалалахь /царна/ 43 . وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلاَّ بِالْحَقِّ وَإِنَّ السَّاعَةَ لآتِيَةٌ فَاصْفَحِ الصَّفْحَ الْجَمِيلَ
86 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ву 44 хууш волу /дерриге а/ кхоллархо. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْخَلاَّقُ الْعَلِيمُ
87 Аят
Оха делира хьоьга кест-кеста далочарах ворхI 45 /аят/ а‚ сийлахь-деза долу Къуръан а. وَلَقَدْ آتَيْنَاكَ سَبْعًا مِّنَ الْمَثَانِي وَالْقُرْآنَ الْعَظِيمَ
88 Аят
Хьайн бIаьргаш ма хьежабе Оха царах (керста нахах) тайп-тайпана болчарна деллачу ни1маташка‚ царна тIехь са а ма гатта де‚ хьайн /къинхетаман/ тIам т1етовжабе муъма нахана 46 . لاَ تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَى مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِّنْهُمْ وَلاَ تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِلْمُؤْمِنِينَ
89 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со билггал волу кхерамча 47 ву". وَقُلْ إِنِّي أَنَا النَّذِيرُ الْمُبِينُ
90 Аят
Оха /хоьга/ доссийна /Къуръан, хIай Мухьаммад, жайнаш диссорах/ терра /дин/ доькъучаьрга 48 . كَمَا أَنزَلْنَا عَلَى المُقْتَسِمِينَ
91 Аят
Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу 49 . الَّذِينَ جَعَلُوا الْقُرْآنَ عِضِينَ
92 Аят
Хьан кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а فَوَرَبِّكَ لَنَسْأَلَنَّهُمْ أَجْمَعِيْنَ
93 Аят
Цара шаьш деш хиллачух. عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
94 Аят
ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза. 50 فَاصْدَعْ بِمَا تُؤْمَرُ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ
95 Аят
Баккъалла а, Оха к1елхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах 51 إِنَّا كَفَيْنَاكَ الْمُسْتَهْزِئِينَ
96 Аят
Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам1/. الَّذِينَ يَجْعَلُونَ مَعَ اللّهِ إِلهًا آخَرَ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
97 Аят
Тхо хууш ду хьан дог 1аьвдаш хилар цара /мушрикаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух. وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّكَ يَضِيقُ صَدْرُكَ بِمَا يَقُولُونَ
98 Аят
Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила. فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَكُن مِّنَ السَّاجِدِينَ
99 Аят
Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц 52 . وَاعْبُدْ رَبَّكَ حَتَّى يَأْتِيَكَ الْيَقِينُ
1 Далла Шена дика хаьа цунах Шена луург.
2 Жайна – Джалалайн тафсир чохь иза Къуръан ду, аьлла ду, т1ахьа дог1у "Къуръан" аьлла дош цунна т1е 1аткъам дина ду. Т1абаречунна а, цхьа кхечарна а хетарехь, кхузахь луург Къуръанал хьалха доссийна жайнаш – Таврат а, Инжил а – ду.
3 Къематдийнахь шайна хир долу 1азап гича, къинош дина хилла болу бусалбанаш, шайн хан текхна, ара а баьхча, ч1ог1а луур ду керстанашна шаьш дуьненахь болуш бусалбанаш хилла белхьара аьлла.
4 Цхьа а уммат – цхьа а халкъ, цхьа а адам.
5 Делан элча Мухьаммад.
6 Жинех ма ву – хьо жинаша талхина ву, хьо хьераваьлла ву. Иштта къуьйсуш хилла Маккан керстанаша Мухьаммад пайхамарца ﷺ.
7 Оцу аято гойту доцург т1етохарх а, т1ера х1ума д1адаккхарх а, массо а х1уманах Дала Шен жайна Къуръан гуттаренна а 1алашдина хилар.
8 Дин харцдар, тилар, пайхамарех цабашар.
9 Г1аланаш (цхьаъ-г1ала): кхузахь иштта гочдина 1аьрбийн дош بروج «Бурудж». Уьш ю седарчий лела меттигаш – зодиакан билгалонаш.
10 Т1улгашца эккхош долу шайт1а – 1арбашха: شيطان رجيم шайт1анур раджим. Шена не1алт аьлла долу, Делан къинхетамах генадаьккхина долу шайт1а.
11 Лаьттана гергахь йолу стигал.
12 Бужуш болу седа – шейир, метеорит.
13 Лаьтта т1ехь схьайолу х1уманаш: ялта‚ буц‚ дитт, и. дI. кх.
14 Лаьттахь.
15 Дала боху Шегахь ду шортта ни1маташ, Ша уьш Шен халкъана диссадо барамехь, Шена луучу кепара.
16 Верасаш – кхузахь: ирс оьцурш, массо а хIума хIаллакхилла, бухабуьсу берш
17 Шух хьалха д1абевлларш – шул хьалха д1акхелхинарш.
18 Хьукаме верг – иштта гочдина дитина Делан сибат حكيم хьаким. Цуьнан маь1на вуно а чулацаме ду. Оцу орамах ду хьикмат – хьекъалалла.
19 Жинаш – кхузахь Далла луург шен коьртехь иблис хилла долу шайт1анаш ду. Иблисах доладелла жинаш – и церан да ларалуш ву, адамийн да Адам хиларе терра (Тафсир ас- Сабуни, 2-г1а жилд.108-г1а аг1о).
20 Соьгахь товш дац цунна сужуд дан – и лахара ву, со лакхара ду.
21 Т1улгаш детташ эккхо дезарг – лакхахь кхечу суратехь далийна цуьнан маь1на: Делан къинхетамах генадаьккхинарг.
22 Бекхаман де – къематде, Дала Шен дерриге халкъера бекхам оьцур болу.
23 Даларх. «Дала ма далийта со къематде кхаччалц», - дийхира иблисо Деле.
24 Къематде.
25 И аят достуш, Аль-Ахфаша аьлла: Дала боху, Шена т1ехь ду и Шен ц1ена леш нийсачу новкъа бахар. Кхечу 1еламнаха и аят иштта даьстина: "Дала элира: Суна т1е доьрзур ду шу дерриге, т1аккха ас бекхам бийр бу шуна нийсса - диканиг динчунна дикачуьнца, вониг динчунна – вочуьнца".
26 Царах – Иблисна т1аьхьах1оьттинчарах. Уьш дукхахиларна тобанашца шайн-шайн не1арехула жоьжахати чу г1ур бу.
27 Маьрша. Цаьрга эр ду маликаша: «Ялсамани чу г1о цхьа а бохам боцуш, даларх а, ни1мат д1атиларх а ца кхоьруш».
28 Хьеший – маликаш.
29 Салам делира.
30 Маликаша кхаъ баьккхира Ибрах1име, цунна к1ант (Исхьакъ) вийриг хиларца.
31 Элчанаш.
32 И Делах цатешар бахьанехь х1аллакхир йолуш ю.
33 Хьан нах. Цара шеко еш хилла долу 1азап дахьаш деана тхо, аьлла маликаша.
34 Ибн - 1аббаса аьлла: « Шама г1о аьлла омра динера цаьрга ».
35 Оха ма аьллера хьоьга хьеший тIе ма лаца, цхьаьнга а вист ма хила.
36 Ч1огIа тилабаларца бехна бу уьш – Лут1ан нах. Кхузахь Дала Мухьаммад пайхамаран дахарх дуй боу – иза Цо Шен массо а халкъал вазвар а, лерар а ду иза.
37 И юрт т1ек1ел яьккхира Оха.
38 Дала х1аллакйина ярташ. Лут1 къоман хIаллакйина ярташ хаалуш ю билгалчу меттигехь – къурайший Шама оьхучу новкъахь.
39 ШуIайб пайхамаран къоман меттигаш‚ дуккха дитташ долуш‚ Мадинатан гергахь.
40 ЛутIан хилла йолу ярташ а‚ ШуIайбан хилларш а билггалчу новкъахь ю‚ нахана ган а гуш. Цара ойла еш яцара Дала шайна динчух.
41 Хьижр – ألحجر Салихь пайхамаран къам (самудаш) дехаш хилла болу Мадинатна а‚ Шамина а юккъера боьра. Цуьнан ц1арах ду сурат а.
42 Къематде.
43 Дала боху Мухьаммад- пайхамаре: Къематде, шеко йоццуш, дог1ур долуш ду, т1аккха бекхам бийр бу массарна: диканиг диначарна - дикачуьнца, вониг диначарна - вочуьнца. Дукха тергал ма де 1овдал наха лелориг, собаре хила цаьрца.
44 ТIех сов.
45 ХIор ламазна тIехь доьшуш долчу ворхI аятех лаьтташ долу ألفاتحة ( Ал-фатихьа) сурат (алхьам).
46 КIеда-мерза хила цаьрца.
47 Аш Дала бохург ца дахь‚ шуна Iазап хир дуйла хоуьйтург.
48 Шайн дин декъначаьрга – насараш а‚ жуьгтий а‚ кхиберш а, шайн динах тобанаш йина болу.
49 Цхьадолчех тешаш‚ вукхарах ца тешаш, и харцдеш хилла болу Маккин керстанаш. Цхьаболчу керстанаша Къуръан (сихьр) бозбуанчалла ду, олуш хилла, цхьа кхечара – ши1р (назманаш) ю, олуш хилла. Иштта бекъалуш хилла уьш Къуръан Делан жайна хилар бакъ ца деш.
50 Оцу аятехь Дала боху пайхамаре ﷺ мушрикех ца кхоьруш, гучудоккхуш, д1акхайкхаде дин. Оцул хьалха кхаа шарахь къайлаха даржош дара дин.
51 Хьуна бохам ца байтира Оха керстанашка.
52 Бакъдерг кхаччалц – хьо валлалц. Кхузахь Дала валарх бакъдерг аьлла, и дог1ург хилар, бакъ хилла, сацаделла долу дела.