16. Сурат АН-НАХЬЛ

Накхармозий
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 128 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хIоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх. أَتَى أَمْرُ اللّهِ فَلاَ تَسْتَعْجِلُوهُ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
2 Аят
Маликаш диссадо Цо сица[1] Шегара омраца Шен лех Шена луучуьнга "Аш дIахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш"‚ олий. يُنَزِّلُ الْمَلآئِكَةَ بِالْرُّوحِ مِنْ أَمْرِهِ عَلَى مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ أَنْ أَنذِرُواْ أَنَّهُ لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنَاْ فَاتَّقُونِ
3 Аят
Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ بِالْحَقِّ تَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
4 Аят
Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггал мостагI ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу). خَلَقَ الإِنسَانَ مِن نُّطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُّبِينٌ
5 Аят
Даьхни а – Цо кхоьллина уьш. Цаьргахь шуна йовхо а ю, пайданаш а бу‚ царах аш доу. وَالأَنْعَامَ خَلَقَهَا لَكُمْ فِيهَا دِفْءٌ وَمَنَافِعُ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
6 Аят
Шуна цаьргахь хазалла ю, аш[2] /уьш/ чулохкучу хенахь а‚ аш[3] дажа арадохуш а. وَلَكُمْ فِيهَا جَمَالٌ حِينَ تُرِيحُونَ وَحِينَ تَسْرَحُونَ
7 Аят
Шун маххьаш дIакхоьхьу цара (даьхнино) шу чIогIа хала бен д1акхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву. وَتَحْمِلُ أَثْقَالَكُمْ إِلَى بَلَدٍ لَّمْ تَكُونُواْ بَالِغِيهِ إِلاَّ بِشِقِّ الأَنفُسِ إِنَّ رَبَّكُمْ لَرَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
8 Аят
Говраш а‚ бIаьрзанаш а‚ варраш а шу шайна тIехь лелийта а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а. وَالْخَيْلَ وَالْبِغَالَ وَالْحَمِيرَ لِتَرْكَبُوهَا وَزِينَةً وَيَخْلُقُ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
9 Аят
Далла тIехь ду /адам / нийсачу новкъа хьажор‚ цунах (некъах) бу /бакъдолчух/ дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа нисдина хир дара Цо. وَعَلَى اللّهِ قَصْدُ السَّبِيلِ وَمِنْهَا جَآئِرٌ وَلَوْ شَاء لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ
10 Аят
И ву Ша стиглара хи (дог1а) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буц[4] а ю (дог1анца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта). هُوَ الَّذِي أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء لَّكُم مِّنْهُ شَرَابٌ وَمِنْهُ شَجَرٌ فِيهِ تُسِيمُونَ
11 Аят
Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана. يُنبِتُ لَكُم بِهِ الزَّرْعَ وَالزَّيْتُونَ وَالنَّخِيلَ وَالأَعْنَابَ وَمِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
12 Аят
Шуна муьтIахь дина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а /шуна буса некъ гойтуш/ муьтIахь дина Цуьнан омранца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъале болчу нахана[5]. وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالْنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ وَالْنُّجُومُ مُسَخَّرَاتٌ بِأَمْرِهِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
13 Аят
Цо шуна лаьттахь тайп-тайпанан бесашкахь кхиийна хIуманаш (дийнаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх дагадойтуш болчу нахана. وَمَا ذَرَأَ لَكُمْ فِي الأَرْضِ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ
14 Аят
И ву /шуна/ муьтIахь бинарг хIорд, шуьга цу чуьра керла жижиг (ч1ерий…) даийта‚ шуьга цу чуьра аш шаьш тIеухкуш долу жовхIарш дахийта. Хьуна го кеманаш д1асалелаш цу чухула, Цуьнан комаьршаллех /хIуманаш/ шуьга лахийта (х1ордан ни1маташ а, йохка-эцар лелорна а)‚ шу баркалла олуш хилийта а. وَهُوَ الَّذِي سَخَّرَ الْبَحْرَ لِتَأْكُلُواْ مِنْهُ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُواْ مِنْهُ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا وَتَرَى الْفُلْكَ مَوَاخِرَ فِيهِ وَلِتَبْتَغُواْ مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
15 Аят
Лаьтта т1ехь лаьмнаш доьг1на Цо, иза шуьца цхьаьна ца лестийтархьама[6]‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нислур дацара те нийсачу новкъа (шайна Iалашонашна тIе). وَأَلْقَى فِي الأَرْضِ رَوَاسِيَ أَن تَمِيدَ بِكُمْ وَأَنْهَارًا وَسُبُلاً لَّعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
16 Аят
(Кхин долу) Iаламаташ а /кхоьллина Цо шуна некъаш билгалдаха/‚ ткъа седанца (седарчашца) царна карабо нийса некъ /буса шаьш д1абаха безачу меттиге/. وَعَلامَاتٍ وَبِالنَّجْمِ هُمْ يَهْتَدُونَ
17 Аят
Ша кхуллург цакхуллучух тера ву те? Аш ойла ца йо те?[7] أَفَمَن يَخْلُقُ كَمَن لاَّ يَخْلُقُ أَفَلا تَذَكَّرُونَ
18 Аят
Аш Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуьга цуьнан. Баккъалла а, Дела т1ех гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. وَإِن تَعُدُّواْ نِعْمَةَ اللّهِ لاَ تُحْصُوهَا إِنَّ اللّهَ لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
19 Аят
Далла хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. وَاللّهُ يَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ
20 Аят
Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу[8]. وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ لاَ يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ
21 Аят
Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна 1ибадат деш хилларш). أَمْواتٌ غَيْرُ أَحْيَاء وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ
22 Аят
Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена 1ибадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т1е ца лоцуш). إِلَهُكُمْ إِلَهٌ وَاحِدٌ فَالَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِالآخِرَةِ قُلُوبُهُم مُّنكِرَةٌ وَهُم مُّسْتَكْبِرُونَ
23 Аят
Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабевлларш. لاَ جَرَمَ أَنَّ اللّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ إِنَّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُسْتَكْبِرِينَ
24 Аят
Цаьрга (мушрикашка) аьлча: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара олу: "Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш ". وَإِذَا قِيلَ لَهُم مَّاذَا أَنزَلَ رَبُّكُمْ قَالُواْ أَسَاطِيرُ الأَوَّلِينَ
25 Аят
Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? /Хили!/ لِيَحْمِلُواْ أَوْزَارَهُمْ كَامِلَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَمِنْ أَوْزَارِ الَّذِينَ يُضِلُّونَهُم بِغَيْرِ عِلْمٍ أَلاَ سَاء مَا يَزِرُونَ
26 Аят
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьккхира Дала церан гIишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тIебуьйжира царна тIехула. Цо Iазап даийтира царна шайна ца хаалучухула. قَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَأَتَى اللّهُ بُنْيَانَهُم مِّنَ الْقَوَاعِدِ فَخَرَّ عَلَيْهِمُ السَّقْفُ مِن فَوْقِهِمْ وَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لاَ يَشْعُرُونَ
27 Аят
ТIаккха къематдийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр а ду (цаьрга): "Мичахь бу Сан "накъостий" (аш Соьца нисбеш хилла болу харц деланаш)‚ шаьш бахьанехь аш /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?" Шайна Iилма деллачара эр: "Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚ ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يُخْزِيهِمْ وَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَآئِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تُشَاقُّونَ فِيهِمْ قَالَ الَّذِينَ أُوتُواْ الْعِلْمَ إِنَّ الْخِزْيَ الْيَوْمَ وَالْسُّوءَ عَلَى الْكَافِرِينَ
28 Аят
Маликаша болуьйтуш (шайн синош схьаоьцуш) болу шаьш шайна зулам дечу хьолехь". ТIаккха /шайн синош схьаоьцучу хенахь/ муьтIахь хилира уьш: "Тхо дацара вониг деш". ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аш деш хилларг. الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلائِكَةُ ظَالِمِي أَنفُسِهِمْ فَأَلْقَوُاْ السَّلَمَ مَا كُنَّا نَعْمَلُ مِن سُوءٍ بَلَى إِنَّ اللّهَ عَلِيمٌ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
29 Аят
"Жоьжахати чу гIуо неIаршкахула‚ даима а цу чохь дуьсуш. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла". فَادْخُلُواْ أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا فَلَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ
30 Аят
/Делах/ кхийринчаьрга элира: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара элира: "Диканиг". Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан х1усам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран х1усам[9]! وَقِيلَ لِلَّذِينَ اتَّقَوْاْ مَاذَا أَنزَلَ رَبُّكُمْ قَالُواْ خَيْرًا لِّلَّذِينَ أَحْسَنُواْ فِي هَذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ وَلَدَارُ الآخِرَةِ خَيْرٌ وَلَنِعْمَ دَارُ الْمُتَّقِينَ
31 Аят
Шайна[10] бухахула хиш оьхуш йолу Iаднан[11] бошмаш – царна чу гIур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَآؤُونَ كَذَلِكَ يَجْزِي اللّهُ الْمُتَّقِينَ
32 Аят
Шаьш маликаша (синош оьцуш), (къинойх) цIена а болуш, болуьйтуш болчу (Делах кхоьруш хиллачу муъма нахе), олу: "Маршалла ду шуьга! ЧугIуо ялсаманина, шаьш /дика/ Iамал еш хиларна". الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلآئِكَةُ طَيِّبِينَ يَقُولُونَ سَلامٌ عَلَيْكُمُ ادْخُلُواْ الْجَنَّةَ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
33 Аят
Уьш (керстанаш) хьовсуш бу те шайга (синош иэца) маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-Кхобучун (шайна 1азап дан) омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а шаьш шайна зулам деш хилира уьш. هَلْ يَنظُرُونَ إِلاَّ أَن تَأْتِيَهُمُ الْمَلائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ أَمْرُ رَبِّكَ كَذَلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللّهُ وَلكِن كَانُواْ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
34 Аят
Шаьш дина вонаш (бекхам хилла) шайх дахара царах‚ шаьш ца дēшаш хилларг шайх дахара царах. فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُواْ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُواْ بِهِ يَسْتَهْزِؤُونَ
35 Аят
/Делаца/ накъост лаьцначара элира: "Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха". Иштта /хьукам/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тIехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дIакхачор бен? وَقَالَ الَّذِينَ أَشْرَكُواْ لَوْ شَاء اللّهُ مَا عَبَدْنَا مِن دُونِهِ مِن شَيْءٍ نَّحْنُ وَلا آبَاؤُنَا وَلاَ حَرَّمْنَا مِن دُونِهِ مِن شَيْءٍ كَذَلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَهَلْ عَلَى الرُّسُلِ إِلاَّ الْبَلاغُ الْمُبِينُ
36 Аят
ХIор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ тIагIутах[12] генадовла аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тIехь (нийсачу некъах) д1атилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цIена дин/ харцдиначеран чаккхе! وَلَقَدْ بَعَثْنَا فِي كُلِّ أُمَّةٍ رَّسُولاً أَنِ اعْبُدُواْ اللّهَ وَاجْتَنِبُواْ الطَّاغُوتَ فَمِنْهُم مَّنْ هَدَى اللّهُ وَمِنْهُم مَّنْ حَقَّتْ عَلَيْهِ الضَّلالَةُ فَسِيرُواْ فِي الأَرْضِ فَانظُرُواْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
37 Аят
Уьш нисбала хьуна мел ч1ог1а лиъчи а, Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан 1азапах к1елхьарабаха) гIоьнчий ма бац. إِن تَحْرِصْ عَلَى هُدَاهُمْ فَإِنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي مَن يُضِلُّ وَمَا لَهُم مِّن نَّاصِرِينَ
38 Аят
Делах чIогIа дуйнаш ма биъна цара "Денвийр вац Дала велларг"‚ бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваIда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх; وَأَقْسَمُواْ بِاللّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لاَ يَبْعَثُ اللّهُ مَن يَمُوتُ بَلَى وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا وَلكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَعْلَمُونَ
39 Аят
Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла[13]. لِيُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي يَخْتَلِفُونَ فِيهِ وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ كَفَرُواْ أَنَّهُمْ كَانُواْ كَاذِبِينَ
40 Аят
Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хIумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга "Хила!" алар. Т1аккха и хуьлу. إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَن نَّقُولَ لَهُ كُن فَيَكُونُ
41 Аят
Шайна зулам динчул тIаьхьа Делан дуьхьа (кхечу махкашка) дIакхелхинарш[14] – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ царна (и) хууш хиллехь. وَالَّذِينَ هَاجَرُواْ فِي اللّهِ مِن بَعْدِ مَا ظُلِمُواْ لَنُبَوِّئَنَّهُمْ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَلَأَجْرُ الآخِرَةِ أَكْبَرُ لَوْ كَانُواْ يَعْلَمُونَ
42 Аят
Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжинарш а. الَّذِينَ صَبَرُواْ وَعَلَى رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
43 Аят
Хьол хьалха а ца бахийтина[15] Оха божарий бен, Оха шайга ваьхьий а луш. Аш хаттал хьехам (хаам) шегахь болчу охIлане[16], шаьш хиллехь ца хууш. وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ إِلاَّ رِجَالاً نُّوحِي إِلَيْهِمْ فَاسْأَلُواْ أَهْلَ الذِّكْرِ إِن كُنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ
44 Аят
Билгалонашца а‚ жайнашца[17] а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта а цаьрга доссош хилларг (Делан хьукамаш)‚ уьш ойла еш хилийта а. بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ وَأَنزَلْنَا إِلَيْكَ الذِّكْرَ لِتُبَيِّنَ لِلنَّاسِ مَا نُزِّلَ إِلَيْهِمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ
45 Аят
Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьтте д1а ца худабайтарх‚ я шайга Iазап догIур цахилрх шайна хаа ца лучухула? أَفَأَمِنَ الَّذِينَ مَكَرُواْ السَّيِّئَاتِ أَن يَخْسِفَ اللّهُ بِهِمُ الأَرْضَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لاَ يَشْعُرُونَ
46 Аят
Я Цо шаьш схьацалацарх шайн дIай-схьай идаршкахь? Цара кIелдуьтур ма дац /Делан гIуллакх/. أَوْ يَأْخُذَهُمْ فِي تَقَلُّبِهِمْ فَمَا هُم بِمُعْجِزِينَ
47 Аят
Я Цо шаьш схьалоцург хиларх, шаьш кхерамехь а болуш? Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву. أَوْ يَأْخُذَهُمْ عَلَى تَخَوُّفٍ فَإِنَّ رَبَّكُمْ لَرؤُوفٌ رَّحِيمٌ
48 Аят
Уьш ца хьовсу-те Дала кхоьлличу хIуманашка, шайн IиндагI Далла сужуд дарций аьтту агIорхьа а‚ аьрру агIорхьа а теIаш йолчу, шаьш /Делан ницкъана/ муьтIахь йолчу[18]? أَوَ لَمْ يَرَوْاْ إِلَى مَا خَلَقَ اللّهُ مِن شَيْءٍ يَتَفَيَّأُ ظِلاَلُهُ عَنِ الْيَمِينِ وَالْشَّمَآئِلِ سُجَّدًا لِلّهِ وَهُمْ دَاخِرُونَ
49 Аят
Далла сужуд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ дийнатех /долчара а/‚ маликаша а, шаьш куралла а ца еш. وَلِلّهِ يَسْجُدُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ مِن دَآبَّةٍ وَالْمَلآئِكَةُ وَهُمْ لاَ يَسْتَكْبِرُونَ
50 Аят
Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-Кхобучух‚ деш ду шайга де бохург. يَخَافُونَ رَبَّهُم مِّن فَوْقِهِمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ ( سجدة مستحبة )
51 Аят
/Дийца цаьрга, х1ай Мухьаммад/ Дала элира: "Аш ма леца ши дела. Иза цхьа Дела ву. Сох (цхьаннах) кхералаш! وَقَالَ اللّهُ لاَ تَتَّخِذُواْ إِلهَيْنِ اثْنَيْنِ إِنَّمَا هُوَ إِلهٌ وَاحِدٌ فَإيَّايَ فَارْهَبُونِ
52 Аят
Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу? وَلَهُ مَا فِي الْسَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَلَهُ الدِّينُ وَاصِبًا أَفَغَيْرَ اللّهِ تَتَّقُونَ
53 Аят
Шуьца мел долу ниIмат Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана бохамо схьалаьцча – Цуьнга доьху аш мохь бетташ. وَمَا بِكُم مِّن نِّعْمَةٍ فَمِنَ اللّهِ ثُمَّ إِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فَإِلَيْهِ تَجْأَرُونَ
54 Аят
ТIаккха Цо и бала шух дIабаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу ثُمَّ إِذَا كَشَفَ الضُّرَّ عَنكُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِّنكُم بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ
55 Аят
Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна /шаьш динчух хиндерг/. لِيَكْفُرُواْ بِمَا آتَيْنَاهُمْ فَتَمَتَّعُواْ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
56 Аят
Оха шайна деллачу рицкъанах шайна /х1ун ю/ ца хуучарна[19] дāкъа до цара. ТаллахIи‚ шуьга хаттаза дуьтур ма дац аш /Далла дуьхьал/ харц кхуллуш хиллачух. وَيَجْعَلُونَ لِمَا لاَ يَعْلَمُونَ نَصِيبًا مِّمَّا رَزَقْنَاهُمْ تَاللّهِ لَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنتُمْ تَفْتَرُونَ
57 Аят
Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза - ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту. وَيَجْعَلُونَ لِلّهِ الْبَنَاتِ سُبْحَانَهُ وَلَهُم مَّا يَشْتَهُونَ
58 Аят
Царах цхьанна йоI хилла аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, кийрахь халла сецайо шен оьг1азло. وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُمْ بِالأُنثَى ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ
59 Аят
И леч1къа нахах шега кхаъ баьккхина болу цатам бахьанехь. "Сийсазаллица т1елоцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулйо-те?" Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам! يَتَوَارَى مِنَ الْقَوْمِ مِن سُوءِ مَا بُشِّرَ بِهِ أَيُمْسِكُهُ عَلَى هُونٍ أَمْ يَدُسُّهُ فِي التُّرَابِ أَلاَ سَاء مَا يَحْكُمُونَ
60 Аят
Эхартах цатешачарна вон масал ду‚ ткъа Делехь ма ду вуно лакхара масал. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. لِلَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِالآخِرَةِ مَثَلُ السَّوْءِ وَلِلّهِ الْمَثَلُ الأَعْلَىَ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
61 Аят
Дала нах шайн зулам бахьанехь /бāлане/ лоцуш хиллехьара‚ цунна (лаьтта) тIехь цхьа а дийнат (Делах тешаш воцу керста) дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а, тIаьхьатотту Цо уьш билгал яьккхина хан тIекхаччалц. Шайн /билгал яьккхина/ хан т1еъча – цхьа сахьт тIаьхьа а ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу. وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللّهُ النَّاسَ بِظُلْمِهِم مَّا تَرَكَ عَلَيْهَا مِن دَآبَّةٍ وَلَكِن يُؤَخِّرُهُمْ إلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى فَإِذَا جَاء أَجَلُهُمْ لاَ يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً وَلاَ يَسْتَقْدِمُونَ
62 Аят
Далла шайна цадезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш, царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чохь/ бицбийр бу[20]. وَيَجْعَلُونَ لِلّهِ مَا يَكْرَهُونَ وَتَصِفُ أَلْسِنَتُهُمُ الْكَذِبَ أَنَّ لَهُمُ الْحُسْنَى لاَ جَرَمَ أَنَّ لَهُمُ الْنَّارَ وَأَنَّهُم مُّفْرَطُونَ
63 Аят
ТаллахIи‚ хьол хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхешан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна. Тахана а церан доладийриг (накъост) и ду‚ царна (кечдина) лазаме долу Iазап ду. تَاللّهِ لَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَى أُمَمٍ مِّن قَبْلِكَ فَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَهُوَ وَلِيُّهُمُ الْيَوْمَ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
64 Аят
Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахь царна билгалдаккха а бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш долчу къомана. وَمَا أَنزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ إِلاَّ لِتُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي اخْتَلَفُواْ فِيهِ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
65 Аят
Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь /Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а/ делил ма ду ладугIучу нахана. وَاللّهُ أَنزَلَ مِنَ الْسَّمَاء مَاء فَأَحْيَا بِهِ الأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّقَوْمٍ يَسْمَعُونَ
66 Аят
Баккъалла а, шуна хьайбанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух боьхаллина а‚ цIийна а юккъера шура‚ цIена а‚ чам болуш а йолуш молчарна. وَإِنَّ لَكُمْ فِي الأَنْعَامِ لَعِبْرَةً نُّسْقِيكُم مِّمَّا فِي بُطُونِهِ مِن بَيْنِ فَرْثٍ وَدَمٍ لَّبَنًا خَالِصًا سَآئِغًا لِلشَّارِبِينَ
67 Аят
Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аш доккху вахош долу малар[21] а‚ хаза рицкъ а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду хьекъале болчу нахана. وَمِن ثَمَرَاتِ النَّخِيلِ وَالأَعْنَابِ تَتَّخِذُونَ مِنْهُ سَكَرًا وَرِزْقًا حَسَنًا إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
68 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо накхармозан даг чу тесира: хьайна г1ишлош е лаьмнашкахь а‚ дитташ т1ехь а‚ цара (наха) дечу ц1енош чохь а (тхевнашна т1ехь) аьлла. وَأَوْحَى رَبُّكَ إِلَى النَّحْلِ أَنِ اتَّخِذِي مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا وَمِنَ الشَّجَرِ وَمِمَّا يَعْرِشُونَ
69 Аят
ТIаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьт1ахь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана. ثُمَّ كُلِي مِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ فَاسْلُكِي سُبُلَ رَبِّكِ ذُلُلاً يَخْرُجُ مِن بُطُونِهَا شَرَابٌ مُّخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ فِيهِ شِفَاء لِلنَّاسِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
70 Аят
Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле[22] верзош верг а, цунна /къона волуш/ хууш хиллачул тIаьхьа /кхин/ хIумма а ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву. وَاللّهُ خَلَقَكُمْ ثُمَّ يَتَوَفَّاكُمْ وَمِنكُم مَّن يُرَدُّ إِلَى أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْ لاَ يَعْلَمَ بَعْدَ عِلْمٍ شَيْئًا إِنَّ اللّهَ عَلِيمٌ قَدِيرٌ
71 Аят
Дала шух цхьаберш вуккхарал базбина /шайна/ рицкь даларехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъ лур долуш шайн аьтту куьйгаша доладиначарна (лешна‚ ялхошна), шаьш цу чохь (рицкъанехь), уьш шайца нис а беш. Делан ниIмат а харц до ткъа цара?[23] وَاللّهُ فَضَّلَ بَعْضَكُمْ عَلَى بَعْضٍ فِي الْرِّزْقِ فَمَا الَّذِينَ فُضِّلُواْ بِرَآدِّي رِزْقِهِمْ عَلَى مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَهُمْ فِيهِ سَوَاء أَفَبِنِعْمَةِ اللّهِ يَجْحَدُونَ
72 Аят
Дала шуна шух шайх а зударий бина‚ Цо шуна шун зударшкахула кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина. Цо шуна дикчух рицкъ делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до? وَاللّهُ جَعَلَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَجَعَلَ لَكُم مِّنْ أَزْوَاجِكُم بَنِينَ وَحَفَدَةً وَرَزَقَكُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَتِ اللّهِ هُمْ يَكْفُرُونَ
73 Аят
Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъех хIумма а йоцучарна‚/яла лиъча а/ ницкъ ца кхочучарна. وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللّهِ مَا لاَ يَمْلِكُ لَهُمْ رِزْقًا مِّنَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ شَيْئًا وَلاَ يَسْتَطِيعُونَ
74 Аят
Делаца цхьа а ма нисве[24]. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду. فَلاَ تَضْرِبُواْ لِلّهِ الأَمْثَالَ إِنَّ اللّهَ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ
75 Аят
Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хIуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу. ضَرَبَ اللّهُ مَثَلاً عَبْدًا مَّمْلُوكًا لاَّ يَقْدِرُ عَلَى شَيْءٍ وَمَن رَّزَقْنَاهُ مِنَّا رِزْقًا حَسَنًا فَهُوَ يُنفِقُ مِنْهُ سِرًّا وَجَهْرًا هَلْ يَسْتَوُونَ الْحَمْدُ لِلّهِ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
76 Аят
Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена т1ех1оьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш[25]? وَضَرَبَ اللّهُ مَثَلاً رَّجُلَيْنِ أَحَدُهُمَا أَبْكَمُ لاَ يَقْدِرُ عَلَىَ شَيْءٍ وَهُوَ كَلٌّ عَلَى مَوْلاهُ أَيْنَمَا يُوَجِّههُّ لاَ يَأْتِ بِخَيْرٍ هَلْ يَسْتَوِي هُوَ وَمَن يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَهُوَ عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
77 Аят
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан[26] гIуллакх (къематде х1оттар) бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву. وَلِلّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا أَمْرُ السَّاعَةِ إِلاَّ كَلَمْحِ الْبَصَرِ أَوْ هُوَ أَقْرَبُ إِنَّ اللّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
78 Аят
Дала схьадаьхна шу шайн нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шу. Цо шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира (делира)‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш. وَاللّهُ أَخْرَجَكُم مِّن بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ لاَ تَعْلَمُونَ شَيْئًا وَجَعَلَ لَكُمُ الْسَّمْعَ وَالأَبْصَارَ وَالأَفْئِدَةَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
79 Аят
Царна ца го-те олхазарш[27]‚ стиглан хIаваэхь /т1емадовла Дала/ аьтто бина долу? Уьш ца сецадо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана. أَلَمْ يَرَوْاْ إِلَى الطَّيْرِ مُسَخَّرَاتٍ فِي جَوِّ السَّمَاء مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلاَّ اللّهُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
80 Аят
Дала шуна хилийтина шун г1ишлойх /парг1ат чохь 1ен/ хIусамаш‚ Цо хилийтина шуна хьайбанийн ц1оканех х1усамаш‚ шаьш шуна еза а йоцуш шу дIа-схьадоьлхучу дийнахь а‚ шу / сада1а/ севцинчу дийнахь а; церан (уьстаг1ийн) тIаргIанах а‚ /эмкалийн/ т1арг1анах а‚ /гезарийн/ чох (т1арг1анах) а шуна йийбар (салпал) а ю‚ цхьана ханна пайдаэца хIуманаш а ю. وَاللّهُ جَعَلَ لَكُم مِّن بُيُوتِكُمْ سَكَنًا وَجَعَلَ لَكُم مِّن جُلُودِ الأَنْعَامِ بُيُوتًا تَسْتَخِفُّونَهَا يَوْمَ ظَعْنِكُمْ وَيَوْمَ إِقَامَتِكُمْ وَمِنْ أَصْوَافِهَا وَأَوْبَارِهَا وَأَشْعَارِهَا أَثَاثًا وَمَتَاعًا إِلَى حِينٍ
81 Аят
Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагI‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла[28]‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах‚ хилийтина духар (т1еман духар) а шу лардеш вовшийн ницкъах (дераллах). Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама муьт1ахь хилла[29]. وَاللّهُ جَعَلَ لَكُم مِّمَّا خَلَقَ ظِلاَلاً وَجَعَلَ لَكُم مِّنَ الْجِبَالِ أَكْنَانًا وَجَعَلَ لَكُمْ سَرَابِيلَ تَقِيكُمُ الْحَرَّ وَسَرَابِيلَ تَقِيكُم بَأْسَكُمْ كَذَلِكَ يُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْلِمُونَ
82 Аят
Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь билгал дIакхачор ду /Тхан элчалалла/. فَإِن تَوَلَّوْاْ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلاَغُ الْمُبِينُ
83 Аят
Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха а инкарло йо цара цунна‚ царах дукхахберш керстанаш[30] бу[31]. يَعْرِفُونَ نِعْمَتَ اللّهِ ثُمَّ يُنكِرُونَهَا وَأَكْثَرُهُمُ الْكَافِرُونَ
84 Аят
Оцу дийнахь (къематдийнахь) Оха вохуьйтур ву хIор умматах теш‚ тIаккха керстанашна (дохкобовла) пурба[32] лур дац‚ цаьрга бехказлонаш[33] а ялайойтур яц. وَيَوْمَ نَبْعَثُ مِن كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا ثُمَّ لاَ يُؤْذَنُ لِلَّذِينَ كَفَرُواْ وَلاَ هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
85 Аят
Зуламхошна (Делах цатешначарна) Iазап гича‚ царна и дайдийр а дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш (цунах). وَإِذَا رَأى الَّذِينَ ظَلَمُواْ الْعَذَابَ فَلاَ يُخَفَّفُ عَنْهُمْ وَلاَ هُمْ يُنظَرُونَ
86 Аят
/Делаца/ накъост лаьцначара шайн "накъостий" гича‚ эр ду: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга, Хьо а витина, кхойкхуш хилла болу". Цара[34] цаьрга дош кхуссур ду: "Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх"‚ аьлла. وَإِذَا رَأى الَّذِينَ أَشْرَكُواْ شُرَكَاءهُمْ قَالُواْ رَبَّنَا هَؤُلاء شُرَكَآؤُنَا الَّذِينَ كُنَّا نَدْعُوْ مِن دُونِكَ فَألْقَوْا إِلَيْهِمُ الْقَوْلَ إِنَّكُمْ لَكَاذِبُونَ
87 Аят
Деле кховдор ю цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIакъаьстар[35] ду царах цара (харц) кхуллуш хилларг. وَأَلْقَوْاْ إِلَى اللّهِ يَوْمَئِذٍ السَّلَمَ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَفْتَرُونَ
88 Аят
Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ д1атилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапа тIе а Iазап уьш боьханиг деш хиларна. الَّذِينَ كَفَرُواْ وَصَدُّواْ عَن سَبِيلِ اللّهِ زِدْنَاهُمْ عَذَابًا فَوْقَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُواْ يُفْسِدُونَ
89 Аят
Оцу дийнахь хIор умматна т1е Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (х1ай Мухьаммад) валор ву Оха хIокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу. وَيَوْمَ نَبْعَثُ فِي كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا عَلَيْهِم مِّنْ أَنفُسِهِمْ وَجِئْنَا بِكَ شَهِيدًا عَلَى هَؤُلاء وَنَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ تِبْيَانًا لِّكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً وَبُشْرَى لِلْمُسْلِمِينَ
90 Аят
Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагIа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо; хьехам тIелоцур бацара-те аш[36]. إِنَّ اللّهَ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَالإِحْسَانِ وَإِيتَاء ذِي الْقُرْبَى وَيَنْهَى عَنِ الْفَحْشَاء وَالْمُنكَرِ وَالْبَغْيِ يَعِظُكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
91 Аят
Делаца йина чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аш Дела ма вина шайна тIехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг. وَأَوْفُواْ بِعَهْدِ اللّهِ إِذَا عَاهَدتُّمْ وَلاَ تَنقُضُواْ الأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلاً إِنَّ اللّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
92 Аят
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух[37] тера, ша и хала бинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ва1да кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг. وَلاَ تَكُونُواْ كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِن بَعْدِ قُوَّةٍ أَنكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلاً بَيْنَكُمْ أَن تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَى مِنْ أُمَّةٍ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللّهُ بِهِ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
93 Аят
Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух. وَلَوْ شَاء اللّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلكِن يُضِلُّ مَن يَشَاء وَيَهْدِي مَن يَشَاء وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
94 Аят
Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чIагIбелла лаьтташ хиллачул тIаьхьа‚ /аш и х1уманаш дахь/ вониг Iовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Iазап а хир ду. وَلاَ تَتَّخِذُواْ أَيْمَانَكُمْ دَخَلاً بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُواْ الْسُّوءَ بِمَا صَدَدتُّمْ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
95 Аят
Ма эца Делан ваIданах кIеззиг мах[38]! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь. وَلاَ تَشْتَرُواْ بِعَهْدِ اللّهِ ثَمَنًا قَلِيلاً إِنَّمَا عِندَ اللّهِ هُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
96 Аят
Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дIаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца. مَا عِندَكُمْ يَنفَدُ وَمَا عِندَ اللّهِ بَاقٍ وَلَنَجْزِيَنَّ الَّذِينَ صَبَرُواْ أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
97 Аят
Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазчу дāхарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазчуьнца. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِّن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَى وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَنُحْيِيَنَّهُ حَيَاةً طَيِّبَةً وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
98 Аят
Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тIулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтIанах[39]. فَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ فَاسْتَعِذْ بِاللّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ
99 Аят
Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тIетовжуш болчарна тIехь. إِنَّهُ لَيْسَ لَهُ سُلْطَانٌ عَلَى الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَلَى رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
100 Аят
Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тIехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а. إِنَّمَا سُلْطَانُهُ عَلَى الَّذِينَ يَتَوَلَّوْنَهُ وَالَّذِينَ هُم بِهِ مُشْرِكُونَ
101 Аят
Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: "Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву"[40]. ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац. وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَّكَانَ آيَةٍ وَاللّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُواْ إِنَّمَا أَنتَ مُفْتَرٍ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
102 Аят
Ахь āла: "И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу сино[41] хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана". قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِن رَّبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُواْ وَهُدًى وَبُشْرَى لِلْمُسْلِمِينَ
103 Аят
Тхуна хууш ду‚ цара олу: "Иза[42] Iамавеш ву адамо". Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам[43] мотт ма бу‚ ткъа хIара билггал Iаьрбийн мотт ма бу. وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّهُمْ يَقُولُونَ إِنَّمَا يُعَلِّمُهُ بَشَرٌ لِّسَانُ الَّذِي يُلْحِدُونَ إِلَيْهِ أَعْجَمِيٌّ وَهَذَا لِسَانٌ عَرَبِيٌّ مُّبِينٌ
104 Аят
Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – Дала нисбийр бац уьш (нийсачу новкъа)‚ царна лазош долу Iазап хир ду. إِنَّ الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللّهِ لاَ يَهْدِيهِمُ اللّهُ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
105 Аят
Баккъалла а, /Делан сибаташ т1ехь/ харцдерг кхуллу Делан аятех ца тешаш болчара - ткъа уьш ма бу харцлуьйш берш. إِنَّمَا يَفْتَرِي الْكَذِبَ الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللّهِ وَأُوْلئِكَ هُمُ الْكَاذِبُونَ
106 Аят
Ша ийман диллинчул тIаьхьа Далла керстаналла динарг‚ шен дог ийманца чIагIделла а долуш, шена ницкъ бинарг воцуш[44]‚ керстаналлина шен дог д1аделлинарг[45] – царна Делера оьгIазло а ю‚ царна деза-доккха Iазап а ду. مَن كَفَرَ بِاللّهِ مِن بَعْدِ إيمَانِهِ إِلاَّ مَنْ أُكْرِهَ وَقَلْبُهُ مُطْمَئِنٌّ بِالإِيمَانِ وَلَكِن مَّن شَرَحَ بِالْكُفْرِ صَدْرًا فَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ مِّنَ اللّهِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
107 Аят
Иза (1азап) - царна эхартал дуьненан дахар сов дезарна а ду‚ Дала керста къам (нийсачу новкъа) нисбеш цахиларна а ду. ذَلِكَ بِأَنَّهُمُ اسْتَحَبُّواْ الْحَيَاةَ الْدُّنْيَا عَلَى الآخِرَةِ وَأَنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
108 Аят
Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсинна а мухIар тоьхнарш - уьш бу шаьш гIопал берш! أُولَئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللّهُ عَلَى قُلُوبِهِمْ وَسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ وَأُولَئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ
109 Аят
Шеко яц эхартахь уьш эшнарш хиларан. لاَ جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الآخِرَةِ هُمُ الْخَاسِرونَ
110 Аят
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, шаьш питане лаьцначул тIаьхьа къахьегна болчу‚ собар дина болчу[46], – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ هَاجَرُواْ مِن بَعْدِ مَا فُتِنُواْ ثُمَّ جَاهَدُواْ وَصَبَرُواْ إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
111 Аят
Оцу /къемат/дийнахь х1ор са догIур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош)[47]‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)! يَوْمَ تَأْتِي كُلُّ نَفْسٍ تُجَادِلُ عَن نَّفْسِهَا وَتُوَفَّى كُلُّ نَفْسٍ مَّا عَمِلَتْ وَهُمْ لاَ يُظْلَمُونَ
112 Аят
Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а[48]‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо[49] (Маккин ох1лано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар[50] цара деш хилларг бахьанехь. وَضَرَبَ اللّهُ مَثَلاً قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُّطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِّن كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللّهِ فَأَذَاقَهَا اللّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُواْ يَصْنَعُونَ
113 Аят
Цаьрга веара элча[51], царах а волуш – цара иза харцвира. ТIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна т1ехь а болуш). وَلَقَدْ جَاءهُمْ رَسُولٌ مِّنْهُمْ فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ وَهُمْ ظَالِمُونَ
114 Аят
Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь. فَكُلُواْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللّهُ حَلالاً طَيِّبًا وَاشْكُرُواْ نِعْمَتَ اللّهِ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
115 Аят
Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг /мацалла ца вала/ ‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал т1ех ца волуш[52](вуззалц а ца юуш)‚ – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарам йина х1ума йиъначунна). إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالْدَّمَ وَلَحْمَ الْخَنزِيرِ وَمَآ أُهِلَّ لِغَيْرِ اللّهِ بِهِ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلاَ عَادٍ فَإِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
116 Аят
Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: "ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду"‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац. وَلاَ تَقُولُواْ لِمَا تَصِفُ أَلْسِنَتُكُمُ الْكَذِبَ هَذَا حَلاَلٌ وَهَذَا حَرَامٌ لِّتَفْتَرُواْ عَلَى اللّهِ الْكَذِبَ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللّهِ الْكَذِبَ لاَ يُفْلِحُونَ
117 Аят
КIеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Iазап ду царна /кечдина/. مَتَاعٌ قَلِيلٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
118 Аят
Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш. وَعَلَى الَّذِينَ هَادُواْ حَرَّمْنَا مَا قَصَصْنَا عَلَيْكَ مِن قَبْلُ وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَكِن كَانُواْ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
119 Аят
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву. ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ عَمِلُواْ السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابُواْ مِن بَعْدِ ذَلِكَ وَأَصْلَحُواْ إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
120 Аят
Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам[53]‚ цIена дин дерг[54]‚ и ца хилла ширк[55] дечарах. إِنَّ إِبْرَاهِيمَ كَانَ أُمَّةً قَانِتًا لِلّهِ حَنِيفًا وَلَمْ يَكُ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
121 Аят
Цуьнан ниIматашна шукур дийриг а /хилла иза/. Цо (Дала) хаьржира иза‚ нис а вира нийсачу новкъа. شَاكِرًا لِّأَنْعُمِهِ اجْتَبَاهُ وَهَدَاهُ إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
122 Аят
Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза эхартахь а дикачарах а ву. وَآتَيْنَاهُ فِي الْدُّنْيَا حَسَنَةً وَإِنَّهُ فِي الآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
123 Аят
ТIаккха Оха хьоьга ваьхьий доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатна тIаьхьахIотта аьлла. И (Ибрах1им) ца хилла ширк дечарах. ثُمَّ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ أَنِ اتَّبِعْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
124 Аят
Шоьтан де[56] /даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хьукам дийр долуш ву къематдийнахь царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачунна. إِنَّمَا جُعِلَ السَّبْتُ عَلَى الَّذِينَ اخْتَلَفُواْ فِيهِ وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُواْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
125 Аят
Ахь кхайкха хьан Кхиош-Кхобучун новкъа хьекъалций‚ хазчу хьехамций‚ цаьрца (хьайна дуьхьалболчаьрца) къийса хазчу кепара. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург вуно дика вевзаш ву Шен некъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а. ادْعُ إِلِى سَبِيلِ رَبِّكَ بِالْحِكْمَةِ وَالْمَوْعِظَةِ الْحَسَنَةِ وَجَادِلْهُم بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
126 Аят
Нагахь санна аш таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар динчух терра[57]‚ аш собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх. وَإِنْ عَاقَبْتُمْ فَعَاقِبُواْ بِمِثْلِ مَا عُوقِبْتُم بِهِ وَلَئِن صَبَرْتُمْ لَهُوَ خَيْرٌ لِّلصَّابِرينَ
127 Аят
Ахь собар дēлахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах. وَاصْبِرْ وَمَا صَبْرُكَ إِلاَّ بِاللّهِ وَلاَ تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلاَ تَكُ فِي ضَيْقٍ مِّمَّا يَمْكُرُونَ
128 Аят
Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш 1алаш а беш, терго а 1еш/. إِنَّ اللّهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقَواْ وَّالَّذِينَ هُم مُّحْسِنُونَ ( الجزء الخامس عشر )
[1]Делера ваьхьиш. Кхузахь, "са" аьлла, цуьнца нехан дегнаш дендо дела (Iарбашха: روح "Рухь").
[2]Уьш суьйранна.
[3]Уьш Iуьйранна.
[4]Буц – иштта гочдина кхузахь 1аьрбийн дош شجر «шаджар». Цуьнан коьрта маь1на «дитт» ду. Цуьнан кхин маь1на ду – массо а лаьттах схьайолу баьццара х1ума – орамат.
[5]Де-буьйса, малх, бутт, седарчий – и массо а х1ума адаман г1уллакхна, цунна пайденна кхоьллина Дала.
[6]Дала лаьмнаш кхоллале латта хилла дайн, горгали санна, к1еззиг бахьана даьлча а, меттахъхьеш. Т1аккха Дала лаьмнаш кхоьллира. Церан йозалла лаьттан юккъе нисъелира – оцу йозалло и ч1аг1дира, хьостамаша санна.
[7]ТIаккха ийман дуьллур дара аш.
[8]Мушрикаша шайна 1ибадат деш йолчу ц1уша х1умма а ца кхуллу, уьш шаьш а наха шайн куьйгашца кхуллуш ю. Муха нисъян тарло и х1уманаш Делаца?
[9]Делах кхоьруьчеран ц1а – Къуръана чохь яздина: Т1аьххьара ц1а دارالآخرة (Дар аль-ахира) – эхарт. Цунна б1остнехьа дерг Гергара ц1а دارالدنيا (Дар ад-дунья), Царах схьадевла нохчийн дешнаш: дуьне, эхарт.
[10]Бошмашний.
[11]Ялсамани.
[12]Т1аг1ут – 1арбашха: ألطاغوت Аллах1-Дела воцу керстанаша шена 1ибадат деш йолу муьлхха а х1ума: шайт1а делахь а, бозбуунча велахь а, ц1у (жа1ар) елахь а. Муьлхха а тилар чу кхойкхург.
[13]Ду Делан хьукам.
[14]Делан дуьхьа хIижра динарш. Шайн махкахь дин бахьанехь шайна зуламаш дича, шайна дин лело маршо йолчу махка д1акхелхинарш. Къурт1убийс аьлла: «Уьш бу Сух1айб, Билал, Хаббаб, 1аммар. Маккин мушрикаша шайна дин бахьанехь 1азап дича, оцунах шаьш парг1ат ма бевллинехь, Мадинате д1акхелхира уьш». Аятан маь1на кхин а к1орга ду: цхьана махкахь Далла кхоччуш 1ибадат дан аьтто бацахь, я и 1ибадат хьарам меттехь деш делахь, Делан дуьхьа кхечу маьршачу махка д1акхелхича, Дала цунна цигахь яккхий таронаш хуьлуьйтур ю, ткъа эхартан ял мелхо а йоккха хир ю.
[15]Элчанаш а бина.
[16]Жайнан охIла – шайгахь Делан жайнаш дерш (жуьгтий а‚ насараш а). Аятан маь1на юкъара хила тарло – 1еламнахе хатта шайна цахуург.
[17]Къуръана чохь ألزبر (Аз-зубур) аьлла деана: Дала стиглара доссийна жайнаш.
[18]Керстанашна ца го лаьмнаш, дитташ, т1улгаш – массо а Дала кхоьллина яккхий а, кегий а х1уманаш Далла сужуд деш, Цунна муьт1ахь хилар? Уьш х1унда курабовлу?
[19]Къеггина билгалонашца я делилашца Делан сибаташ шайн дуй ца хуучу жа1аршна (ц1ушна) я кхечу х1уманашна ялтин а, бежнийн а (г1урбанан) дāкъош деш хилла керстанаша.
[20]Уьш жоьжахатехь бицбелла буьсур бу; я уггар хьалха гIур бу; я Делан дозанех бевр бу уьш.
[21]Вахош волу малар хьарам дале доссийна и аят.
[22]Дукха къанлой.
[23]Делаца хIунда нисйо цара кхин хIуманаш?
[24]Дела нис ма ве цхьанна х1уманца. Цуьнца нислуш, Цуьнга тера цхьа а дег1 а, цхьа а х1ума яц.
[25]Оцу шина масалца Дала нехан тидам т1ебохуьйту х1окху х1уманна: тайп-тайпанарчу хьелашкахь волу и стаг а ца лору цхьатерра хьекъал долчу наха, ткъа муха нисвийр ву массо а х1уманца кхачаме волу, вуьззина волу Дела са а доцчу, цхьанна х1уманна т1ехь шайн ницкъ боцчу х1уманашца, мухалле а ?!
[26]Къематдийнан.
[27]Кхузахь Дала масал далийна олхазаршца нахана Шен ницкъ гайтархьама. Дукхахдолу олхазарш 1а даккха д1аоьху генарчу махкашка. Иштта, «Полярная крачка» олу олхазар 1а даккха д1аоьху 20000 – 30000 км гена. «Бурокрылая ржанка» шех олу олхазар 1а даккха д1аоьху 14000 – 15000 км гена, оцунах х1орда т1ехула, са а ца до1уш - 3300 км. Делан нуьцкъаллин доккха 1аламат дац ткъа иза?!
[28]Ницкъах а‚ кхечу хIуманех а лачкъа меттиг.
[29]Iаьрбийн маттахьتسلمون –шу бусалбанаш хилла.
[30]Керстанаш – кхузахь а‚ кхечунхьа а: "цатешарш" бохучу маьIнехь далош ду Iаьрбийн дашна كافرون "кафируна" меттана‚ ткъа "христианех" олуш ду "насараш". Цуьнан кхин маьIана: "Делан ниIматана баркалла цаалар" ду.
[31]Далла баркалла ца олуш.
[32]Царна пурба лур дац шаьш ийман цадилларан бахьанаш дало.
[33]Цаьргара лохур дац х1инца цара Дела резавар шайн дешнашца я 1амалца. Бехк боккху зама дIаяьлла‚ цу дийнахь цаьргара бекхам оьцур бу.
[34]Церан "накъосташа", аьлча а, наха шаьш дуьненахь болуш Делаца нисбина хиллачара.
[35]Цхьана а хIумано гIо дийр дац царна оцу къематдийнахь.
[36]Дукхахболчу 1еламнаха рузба-ламазан шолг1ачу хут1бехь х1ара аят дешар дика лерина.
[37]Кхузахь Дала шаьш биъна хилла, т1аккха ч1аг1бина хилла дуйнаш бохош хилла болу нах тарбеш бу халла уьйриг бина, т1аккха и бохош йолчу зудчух. Оцу заманчохь Маккахь хилла цхьа хьекъале йоцу зуда, иштта оьргаш деш, т1аккха уьш достуш. Наха олуш хилла: "Ма 1овдал стаг ю иза"!
[38]Ма эца Делан ваIданах кIезиг мах – Дуьненан бахам бахьанехь ма е Далла а, Цуьнан элчанна а 1есала, ма йохае царца хилла ва1да.
[39]Къуръан деша волалуш, алалахь: اعوذ بالله من الشيطان الرجيم А1узу биллах1и минаш шайт1анир раджим» – Делаца ларло со, т1улгаш кхоьссуш, эккхинчу (Делан къинхетамах генадаьккхинчу) шайт1анах.
[40]Цара олу пайхамаре: "Хьайгара кхуллуш ду ахь и аяташ."
[41]Джабраил малик.
[42]Пайхамаре и аяташ доссош верг Дела вац‚ олу керстанаша.
[43]Iажам – Iаьрбой а боцуш, кхечу къомах болу нах. Цара олуш хилла насаройн мозг1ара Iамош ду пайхамарна Къуръан‚ ткъа цуьнан мотт Iаьрбийн ца хилла, амма Къуръан ц1енчу 1аьрбийн маттахь ма ду.
[44]Х1ара аят доьссина Ясиран к1ант 1аммар бахьнехь. Керстанаша, схьа а лаьцна, 1азап деш хилла цунна. Цунна хьалхахь вийра цуьнан да, йийра цуьнан нана Сумаййа. Шена ч1ог1а ницкъ хилча, керстанашна лууш долу керста хуьлу дош элира цо багахула, дог реза а доцуш. Наха элира: "1аммарах керста хили". Т1аккха Делан элчано ﷺ элира: "1аммара ийман дузина коьртан чоьшкара когашка кхаччалц, ийман ийна цуьнан дилханах а, ц1ийх а". Т1аккха 1аммар Делан элча волчу веара воьлхуш. Делан элчано ﷺ хаьттира цуьнга: " Муха карийра хьуна хьайн дог?" Цо элира: "Ийманах 1аьбна". Цо ﷺ элира: "Уьш юха а хьуна т1еберзахь, юха а āла".
[45]Керста хила реза верг.
[46]Уьш бу Маккара дуьххьара бусалбанаш, керстанаша луьра 1азап хьоьгуьйтуш хилла цаьрга. Дин 1алашдархьама уьш Мадинате д1аехелхина.
[47]Цхьа а кхечу х1уманца бала боцуш.
[48]Ийман диллина.
[49]Оцу юьрто‚ кхузахь: юьйцург Макка ю. Кхерам боцуш‚ хаза бехаш хилла Маккан бахархой. ТIаккха пайхамар харцвар бахьанехь 7 шарахь йокъа(на) хилла‚ нах (тIеман) кхераман чохь а бисина.
[50]Духар – кузахь: 1азап. Дала цунах "духар" аьлла, духар санна и царна т1ехьарчийна хиларна.
[51]Мухьаммад пайхамар Маккан ох1лане, цунна уьш бевзаш, царна иза а вевзаш хилла.
[52]Цо и хьарам йинарг йиъча.
[53]Наха шегара масал эца хьакъ долуш верг.
[54]Хьаниф- 1арбашха: حنيف Дела цхьаъ веш, вочу сибатех ц1анвеш, 1ибадат деш верг.
[55]Ширк дар – Делаца накъост лацар‚ Делаца милла а, я муьлхха а хIума нисдар.
[56]Шоьтан де – жуьгтийн дезде хилла‚ царна цу дийнахь болх бан ца мегаш‚ насараша кIиранде даздеш‚ вукхара (7 дийнан адвентисташ) шоьтан де даздеш хилла.
[57]Кхин алсам доцуш‚ цу барамехь.