19. Сурат МАРЬЯМ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 98 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Каф-хIа-йа-Iайн-сод[1]. كهيعص
2 Аят
Шен лех Закариях хьан Кхиош-Кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/. ذِكْرُ رَحْمَةِ رَبِّكَ عَبْدَهُ زَكَرِيَّا
3 Аят
Хьахаде! Иза кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга къайлаха. إِذْ نَادَى رَبَّهُ نِدَاء خَفِيًّا
4 Аят
Элира: "Сан Кхиош-Кхобург (сан веза Дела)! Баккъалла, сан даьIахкийн г1ора дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта къоьжалло д1алаьцна‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /веза/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доIина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хIинца а). قَالَ رَبِّ إِنِّي وَهَنَ الْعَظْمُ مِنِّي وَاشْتَعَلَ الرَّأْسُ شَيْبًا وَلَمْ أَكُن بِدُعَائِكَ رَبِّ شَقِيًّا
5 Аят
Со кхоьру сол тIаьхьа буьсучу сайн гергарнаш бахьанехь[2] /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо. وَإِنِّي خِفْتُ الْمَوَالِيَ مِن وَرَائِي وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا فَهَبْ لِي مِن لَّدُنكَ وَلِيًّا
6 Аят
Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш". يَرِثُنِي وَيَرِثُ مِنْ آلِ يَعْقُوبَ وَاجْعَلْهُ رَبِّ رَضِيًّا
7 Аят
"ХIай Закария! Оха хазахетарца кхаъ боккху хьоьга кIант варца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг". يَا زَكَرِيَّا إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ اسْمُهُ يَحْيَى لَمْ نَجْعَل لَّهُ مِن قَبْلُ سَمِيًّا
8 Аят
Цо элира: "Со Кхиош-Кхобург‚ муха хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тиш велла а ма ву". قَالَ رَبِّ أَنَّى يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا وَقَدْ بَلَغْتُ مِنَ الْكِبَرِ عِتِيًّا
9 Аят
Элира /Делан малико/: "Иштта аьлла хьан Кхиош-Кхобучо: "И Суна /дукха/ атта ду‚ хьалха хьо а ма кхоьллина Ас‚ хьо хила а ца хиллашехь". قَالَ كَذَلِكَ قَالَ رَبُّكَ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ وَقَدْ خَلَقْتُكَ مِن قَبْلُ وَلَمْ تَكُ شَيْئًا
10 Аят
Цо (Закарияс) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!" Элира: "Хьуна билгало ю-кх ахь нахе кхаа буьйсанна къамел цадар, хьо /и дан/ могуш а волуш". قَالَ رَبِّ اجْعَل لِّي آيَةً قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَ لَيَالٍ سَوِيًّا
11 Аят
ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба[3] чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: "Тасбихь делаш /Далла/ Iуьйранна а‚ суьйранна а". فَخَرَجَ عَلَى قَوْمِهِ مِنَ الْمِحْرَابِ فَأَوْحَى إِلَيْهِمْ أَن سَبِّحُوا بُكْرَةً وَعَشِيًّا
12 Аят
/Дала элира/: "ХIай Яхья! Д1алаца жайна (Товрат) нуьцкъала (цуьнан чулацамах а кхеташ, цо бохург а деш)!" Оха белира цунна дика кхетам и жима[4] кIант воллушехь. يَا يَحْيَى خُذِ الْكِتَابَ بِقُوَّةٍ وَآتَيْنَاهُ الْحُكْمَ صَبِيًّا
13 Аят
Тхайгара (Оха делира цунна нахах) къахетар а‚ цIеналла а[5]. И хилира /Делах/ кхоьруш а, وَحَنَانًا مِّن لَّدُنَّا وَزَكَاةً وَكَانَ تَقِيًّا
14 Аят
Дена-нанна дика а; и вацара /нахана/ ницкъ беш верг а‚ Iеса верг а. وَبَرًّا بِوَالِدَيْهِ وَلَمْ يَكُن جَبَّارًا عَصِيًّا
15 Аят
Салам-маршалла ду цунна и дуьнен чу ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а. وَسَلَامٌ عَلَيْهِ يَوْمَ وُلِدَ وَيَوْمَ يَمُوتُ وَيَوْمَ يُبْعَثُ حَيًّا
16 Аят
Ахь хьахае жайни (Къуръан) чохь Марьям. Шен нах болчура и д1аяхара малхбалехьарчу меттиге. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مَرْيَمَ إِذِ انتَبَذَتْ مِنْ أَهْلِهَا مَكَانًا شَرْقِيًّا
17 Аят
ТIаккха цо лецира шений, царний дуьхьал кирхьа[6]. Оха дахийтира цунна тIе Тхешан Са[7]‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах. فَاتَّخَذَتْ مِن دُونِهِمْ حِجَابًا فَأَرْسَلْنَا إِلَيْهَا رُوحَنَا فَتَمَثَّلَ لَهَا بَشَرًا سَوِيًّا
18 Аят
Цо (Марьяма) элира: "Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш велахь[8]". قَالَتْ إِنِّي أَعُوذُ بِالرَّحْمَن مِنكَ إِن كُنتَ تَقِيًّا
19 Аят
Цо (Джабраил малико) элира: "Со хьан Кхиош-Кхобучун элча ду‚ хьуна цIена кIант вала деана". قَالَ إِنَّمَا أَنَا رَسُولُ رَبِّكِ لِأَهَبَ لَكِ غُلَامًا زَكِيًّا
20 Аят
Цо (Марьяма) элира: "Муха хир ву суна кIант! Сох стаг а ца хьакха - велла‚ со нахаца лелаш а ца хилла". قَالَتْ أَنَّى يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ وَلَمْ أَكُ بَغِيًّا
21 Аят
Цо элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-Кхобучо: "И суна атта ду". И (Iийса пайхамар дуьнен чу вāлийтар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. И гIуллакх кхочушхилладаьлла ду". قَالَ كَذَلِكِ قَالَ رَبُّكِ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ وَلِنَجْعَلَهُ آيَةً لِلنَّاسِ وَرَحْمَةً مِّنَّا وَكَانَ أَمْرًا مَّقْضِيًّا
22 Аят
И цунах[9] берах хилира‚ тIаккха и цуьнца д1аяхара генарчу меттиге. فَحَمَلَتْهُ فَانتَبَذَتْ بِهِ مَكَانًا قَصِيًّا
23 Аят
Бер даран лазаро и ялийра хурман диттан гIад долчу. Цо элира: "Елла елахьара со хIокхул хьалха (х1ара хьал х1оттале), – йицъелла яьлла хир яра со (нахана)!" فَأَجَاءهَا الْمَخَاضُ إِلَى جِذْعِ النَّخْلَةِ قَالَتْ يَا لَيْتَنِي مِتُّ قَبْلَ هَذَا وَكُنتُ نَسْيًا مَّنسِيًّا
24 Аят
Цо (1ийсас я Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цунна кIелара: "ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-Кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина. فَنَادَاهَا مِن تَحْتِهَا أَلَّا تَحْزَنِي قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّا
25 Аят
Ластаде хьайна т1е хурманан диттан гIад‚ хьуна т1еоьгур ю мадъелла хилла хурманаш. وَهُزِّي إِلَيْكِ بِجِذْعِ النَّخْلَةِ تُسَاقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًا جَنِيًّا
26 Аят
Яа а яа‚ мала а мала‚ йоккха а е! Хьайна адамех милла а гахь‚ āла: "Ас Къинхетаме волчуьнга нузар[10] дина (цхьанга а) йист хир яц аьлла‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме ". فَكُلِي وَاشْرَبِي وَقَرِّي عَيْنًا فَإِمَّا تَرَيِنَّ مِنَ الْبَشَرِ أَحَدًا فَقُولِي إِنِّي نَذَرْتُ لِلرَّحْمَنِ صَوْمًا فَلَنْ أُكَلِّمَ الْيَوْمَ إِنسِيًّا
27 Аят
ТIаккха и еара цуьнца (бераца) шен нах болчу‚ /шен карахь/ иза а дахьаш. Цара элира: "ХIай Марьям‚ ма тамашийна хIума ду ахь динарг!" فَأَتَتْ بِهِ قَوْمَهَا تَحْمِلُهُ قَالُوا يَا مَرْيَمُ لَقَدْ جِئْتِ شَيْئًا فَرِيًّا
28 Аят
"ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана а ма ца хилла нахаца лелаш". يَا أُخْتَ هَارُونَ مَا كَانَ أَبُوكِ امْرَأَ سَوْءٍ وَمَا كَانَتْ أُمُّكِ بَغِيًّا
29 Аят
Цо (Марьяма) цуьнгахьа (шен кIантехьа) ишар йира (цуьнга хатта аьлла). Цара (цуьнан гергарчу наха) элира: "Тхо муха дист хир ду аган чохь долчу бере?" فَأَشَارَتْ إِلَيْهِ قَالُوا كَيْفَ نُكَلِّمُ مَن كَانَ فِي الْمَهْدِ صَبِيًّا
30 Аят
Цо (жимчу беро - Iийсас) элира: "Со Делан лай ву. Цо соьга жайна (Инжил) делла‚ Цо сох пайхамар а вина. قَالَ إِنِّي عَبْدُ اللَّهِ آتَانِيَ الْكِتَابَ وَجَعَلَنِي نَبِيًّا
31 Аят
Цо со беркате вина, миччахь со велахь а. Соьга весет дина Цо ламаз а‚ закат а (кхочушде, аьлла), со дийна мел ву, وَجَعَلَنِي مُبَارَكًا أَيْنَ مَا كُنتُ وَأَوْصَانِي بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ مَا دُمْتُ حَيًّا
32 Аят
Сайн нанна дика хилар а (весет дина Цо). Ца хилийтина Цо со /нахана/ куралла еш верг а‚ декъазниг а. وَبَرًّا بِوَالِدَتِي وَلَمْ يَجْعَلْنِي جَبَّارًا شَقِيًّا
33 Аят
Салам-маршалла ду суна дуьнен чу ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а!" وَالسَّلَامُ عَلَيَّ يَوْمَ وُلِدتُّ وَيَوْمَ أَمُوتُ وَيَوْمَ أُبْعَثُ حَيًّا
34 Аят
Иза ву и - Iийса‚ Марьяман кIант, бакъдолчун дашца (олу Ас цунах дерг)‚ цара (жуьгташа а, насараша а) шена чохь шеко[11] еш долчу. ذَلِكَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ قَوْلَ الْحَقِّ الَّذِي فِيهِ يَمْتَرُونَ
35 Аят
Далла томехь дац (Шена) цхьа а доьзалхо лāца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: "Хила!" – иза хуьлу. مَا كَانَ لِلَّهِ أَن يَتَّخِذَ مِن وَلَدٍ سُبْحَانَهُ إِذَا قَضَى أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُن فَيَكُونُ
36 Аят
" Баккъалла а, АллахI – Дела сан Кхиош-Кхобург а ву‚ шун Кхиош-Кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу и нийса некъ"[12]. وَإِنَّ اللَّهَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ هَذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ
37 Аят
Царна юккъерачу тобанашна юкъахь хилпалонаш[13] хилира: боккха бāла бу ца тешаш хиллачарна деза-доккхачу /къемат/ дийнахь гур долчух. فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِن بَيْنِهِمْ فَوَيْلٌ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا مِن مَّشْهَدِ يَوْمٍ عَظِيمٍ
38 Аят
Ма билггала хезар ду царна, ма къеггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Амма зуламхой тахана билгалчу тилар чохь ма бу. أَسْمِعْ بِهِمْ وَأَبْصِرْ يَوْمَ يَأْتُونَنَا لَكِنِ الظَّالِمُونَ الْيَوْمَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
39 Аят
Д1ахьеде цаьрга баланан /къемат/ дийнах лаций гIуллакх кхочушхилла даьлла хир долчу, ткъа уьш (кху дуьненахь) г1айг1а-бала а а боцуш‚ ца тешаш а болуш. وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ الْحَسْرَةِ إِذْ قُضِيَ الْأَمْرُ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ وَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
40 Аят
Баккъалла а, Оха верасаллина оьцу латта а‚ цунна тIехь мел берш а (адмаш а‚ жинаш а…). Тхуна тIе юхаберзор болуш бу уьш. إِنَّا نَحْنُ نَرِثُ الْأَرْضَ وَمَنْ عَلَيْهَا وَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ
41 Аят
Хьахаве жайнахь (Къуръан) чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِبْرَاهِيمَ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَّبِيًّا
42 Аят
Хьахаде! Цо аьллера шен дега: "Дада‚ ахь Iибадат хIунда до шайна /х1умма а/ хезаш доцчарна‚ шайна /х1умма а/ гуш доцчарна‚ шаьш хьо цхьана а хIуманах кIелхьарвоккхур воцчарна (ц1ушна)? إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ لِمَ تَعْبُدُ مَا لَا يَسْمَعُ وَلَا يُبْصِرُ وَلَا يُغْنِي عَنكَ شَيْئًا
43 Аят
Дада‚ соьга деана Iилманах хьоьга цадеънарг‚ суна тIаьхьахIотта – ас нийсачу новкъа вуьгур ву хьо. يَا أَبَتِ إِنِّي قَدْ جَاءنِي مِنَ الْعِلْمِ مَا لَمْ يَأْتِكَ فَاتَّبِعْنِي أَهْدِكَ صِرَاطًا سَوِيًّا
44 Аят
Дада‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна (Далла) Iеса хилла. يَا أَبَتِ لَا تَعْبُدِ الشَّيْطَانَ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلرَّحْمَنِ عَصِيًّا
45 Аят
Дада‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазап хьох хьакхадаларна – тIаккха хьо шайтIанан гергарниг хир ма ву". يَا أَبَتِ إِنِّي أَخَافُ أَن يَمَسَّكَ عَذَابٌ مِّنَ الرَّحْمَن فَتَكُونَ لِلشَّيْطَانِ وَلِيًّا
46 Аят
Цо (ИбрахIиман дас) элира: "Ткъа хьо д1акъехка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь (тхан деланаш емал бечура)‚ ас, тIулгаш тоьхна, вийр ма ву хьо. Д1авала суна гучура цхьана еххачу ханна!" قَالَ أَرَاغِبٌ أَنتَ عَنْ آلِهَتِي يَا إِبْراهِيمُ لَئِن لَّمْ تَنتَهِ لَأَرْجُمَنَّكَ وَاهْجُرْنِي مَلِيًّا
47 Аят
Цо (ИбрахIима) элира: "Салам-маршалла ду хьуна. Ас гечдар доьхур ду хьуна сайн Кхиош-Кхобучуьнга. Баккъалла а, Иза хилла соьца дукха дика. قَالَ سَلَامٌ عَلَيْكَ سَأَسْتَغْفِرُ لَكَ رَبِّي إِنَّهُ كَانَ بِي حَفِيًّا
48 Аят
Шух а‚ аш‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а дIакъаьста со. Сайн Кхиош-Кхобучуьнга доьху ас‚ со ца хила тарло сайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат дарца декъазниг". وَأَعْتَزِلُكُمْ وَمَا تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ وَأَدْعُو رَبِّي عَسَى أَلَّا أَكُونَ بِدُعَاء رَبِّي شَقِيًّا
49 Аят
Иза царах а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна совг1атна велира (к1ант) Исхьакъ а‚ (к1ентан к1ант) ЯIкъуб а – (царах) хIораннах вира Оха пайхамар. فَلَمَّا اعْتَزَلَهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ وَهَبْنَا لَهُ إِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ وَكُلًّا جَعَلْنَا نَبِيًّا
50 Аят
Оха делира царна Тхешан къинхетамах /даьхни а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна лаккхара бакъдолу хьехабар[14]. وَوَهَبْنَا لَهُم مِّن رَّحْمَتِنَا وَجَعَلْنَا لَهُمْ لِسَانَ صِدْقٍ عَلِيًّا
51 Аят
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастийнарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مُوسَى إِنَّهُ كَانَ مُخْلَصًا وَكَانَ رَسُولًا نَّبِيًّا
52 Аят
Оха цуьнга кхайкхира ламанан[15] аьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана. وَنَادَيْنَاهُ مِن جَانِبِ الطُّورِ الْأَيْمَنِ وَقَرَّبْنَاهُ نَجِيًّا
53 Аят
Оха Тхешан къинхетамах /совг1атна/ велира цунна шен ваша ХIарун, пайхамар а хилла. وَوَهَبْنَا لَهُ مِن رَّحْمَتِنَا أَخَاهُ هَارُونَ نَبِيًّا
54 Аят
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара (ша йина) ваIда бакъйеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِسْمَاعِيلَ إِنَّهُ كَانَ صَادِقَ الْوَعْدِ وَكَانَ رَسُولًا نَّبِيًّا
55 Аят
Иза хуьлура шен доьзална омра деш ламазций (ламаз де, олуш)‚ закатций (закат ло, олуш)‚ и вара шен Кхиош-Кхобучунна гергахь шена /Иза/ реза верг (Дела цунна реза вара). وَكَانَ يَأْمُرُ أَهْلَهُ بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ وَكَانَ عِندَ رَبِّهِ مَرْضِيًّا
56 Аят
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) Идрис[16]. Баккъалла а, иза вара т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِدْرِيسَ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَّبِيًّا
57 Аят
Оха хьалаваьккхира иза лакхарчу меттиге[17]. وَرَفَعْنَاهُ مَكَانًا عَلِيًّا
58 Аят
Уьш бу Āдаман зуьрретах болу Оха Нухьаца (кемана т1ехь) лелийначарах а‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьрретах а‚ Оха шаьш нисбинчарах а‚ хаьржинчарах а болчу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча, гуорабоьлхура уьш, сужуд а деш, белха а боьлхуш. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِم مِّنَ النَّبِيِّينَ مِن ذُرِّيَّةِ آدَمَ وَمِمَّنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ وَمِن ذُرِّيَّةِ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْرَائِيلَ وَمِمَّنْ هَدَيْنَا وَاجْتَبَيْنَا إِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُ الرَّحْمَن خَرُّوا سُجَّدًا وَبُكِيًّا ( سجدة مستحبة )
59 Аят
Царал тIаьхьа цхьа тIаьхье еара ша ламаз дуьтуш‚ /дег1ан/ шовкъашна тIаьхьахIуьттуш. Т1аьхьа т1екхуьур бу уьш эшамна /и бахьанехь дуьненахь а, эхартахь а бекхам хир бу царна/, فَخَلَفَ مِن بَعْدِهِمْ خَلْفٌ أَضَاعُوا الصَّلَاةَ وَاتَّبَعُوا الشَّهَوَاتِ فَسَوْفَ يَلْقَوْنَ غَيًّا
60 Аят
(царах) тōба динарш а‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а боцчарна. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна цхьа а зулам хир дац, إِلَّا مَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُوْلَئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ شَيْئًا
61 Аят
Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна /цара и шайна/ гуш а йоцуш /цунна 1амал ярна/ лур ю аьлла йолу. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш (Дала йина ва1да кхочушхир ю). جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدَ الرَّحْمَنُ عِبَادَهُ بِالْغَيْبِ إِنَّهُ كَانَ وَعْدُهُ مَأْتِيًّا
62 Аят
Царна цу чохь деса къамел хезар дац‚ "Салам - маршалла" бен‚ цу чохь царна шайн рицкъ хир ду Iуьйранна а‚ суьйранна а. لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا إِلَّا سَلَامًا وَلَهُمْ رِزْقُهُمْ فِيهَا بُكْرَةً وَعَشِيًّا
63 Аят
И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачарна. تِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي نُورِثُ مِنْ عِبَادِنَا مَن كَانَ تَقِيًّا
64 Аят
"Тхо охьа ца дуссу[18] хьан Кхиош-Кхобучун омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалхахь дерг а‚ вайн тIехьахь дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-Кхобург вицлуш[19]". وَمَا نَتَنَزَّلُ إِلَّا بِأَمْرِ رَبِّكَ لَهُ مَا بَيْنَ أَيْدِينَا وَمَا خَلْفَنَا وَمَا بَيْنَ ذَلِكَ وَمَا كَانَ رَبُّكَ نَسِيًّا
65 Аят
Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дарна тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо[20]? رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا فَاعْبُدْهُ وَاصْطَبِرْ لِعِبَادَتِهِ هَلْ تَعْلَمُ لَهُ سَمِيًّا
66 Аят
Адамо[21] олу: "Со велча, тIаьхьа денвина аравоккхур ву?" وَيَقُولُ الْإِنسَانُ أَئِذَا مَا مِتُّ لَسَوْفَ أُخْرَجُ حَيًّا
67 Аят
Ойла ца йо-те адамо Оха ша кхоьллина хиларх хьалха – и хIумма ма яцара? أَوَلَا يَذْكُرُ الْإِنسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِن قَبْلُ وَلَمْ يَكُ شَيْئًا
68 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучух дуй боу /Ас/‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатина гонаха балор ма бу, горх1оьттина. فَوَرَبِّكَ لَنَحْشُرَنَّهُمْ وَالشَّيَاطِينَ ثُمَّ لَنُحْضِرَنَّهُمْ حَوْلَ جَهَنَّمَ جِثِيًّا
69 Аят
ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIор тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг[22]. ثُمَّ لَنَنزِعَنَّ مِن كُلِّ شِيعَةٍ أَيُّهُمْ أَشَدُّ عَلَى الرَّحْمَنِ عِتِيًّا
70 Аят
ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бāга там берш. ثُمَّ لَنَحْنُ أَعْلَمُ بِالَّذِينَ هُمْ أَوْلَى بِهَا صِلِيًّا
71 Аят
Шух ма вац цу чу гIуш верг[23] бен. Хьан Кхиош-Кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг. وَإِن مِّنكُمْ إِلَّا وَارِدُهَا كَانَ عَلَى رَبِّكَ حَتْمًا مَّقْضِيًّا
72 Аят
ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана. ثُمَّ نُنَجِّي الَّذِينَ اتَّقَوا وَّنَذَرُ الظَّالِمِينَ فِيهَا جِثِيًّا
73 Аят
Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира ийман диллинчаьрга: "/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?" وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَيُّ الْفَرِيقَيْنِ خَيْرٌ مَّقَامًا وَأَحْسَنُ نَدِيًّا
74 Аят
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ оцарал вуно хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а! وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هُمْ أَحْسَنُ أَثَاثًا وَرِئْيًا
75 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Милла хиллехь а тилар чохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/ и шена ваIда йинарг: /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт[24] шен б1аьргий хьалха х1отталц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца. قُلْ مَن كَانَ فِي الضَّلَالَةِ فَلْيَمْدُدْ لَهُ الرَّحْمَنُ مَدًّا حَتَّى إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ إِمَّا الْعَذَابَ وَإِمَّا السَّاعَةَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ شَرٌّ مَّكَانًا وَأَضْعَفُ جُندًا
76 Аят
Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсуш йолу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца[25] а. وَيَزِيدُ اللَّهُ الَّذِينَ اهْتَدَوْا هُدًى وَالْبَاقِيَاتُ الصَّالِحَاتُ خَيْرٌ عِندَ رَبِّكَ ثَوَابًا وَخَيْرٌ مَّرَدًّا
77 Аят
Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цо[26] элира: "Суна лур ма бу бахам а‚ доьзал а". أَفَرَأَيْتَ الَّذِي كَفَرَ بِآيَاتِنَا وَقَالَ لَأُوتَيَنَّ مَالًا وَوَلَدًا
78 Аят
Къайлахдолчунна т1екхиъна-те иза, я Къинхетамболчуьнгара[27] ваIда эцна-те цо?" أَاطَّلَعَ الْغَيْبَ أَمِ اتَّخَذَ عِندَ الرَّحْمَنِ عَهْدًا
79 Аят
ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца. كَلَّا سَنَكْتُبُ مَا يَقُولُ وَنَمُدُّ لَهُ مِنَ الْعَذَابِ مَدًّا
80 Аят
Оха схьаоьцур ду ирсана цо бохург (цуьнан бахам а, цуьнан доьзал а и х1аллаквинчул т1аьхьа)‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхни а‚ доьзал а боцуш/. وَنَرِثُهُ مَا يَقُولُ وَيَأْتِينَا فَرْدًا
81 Аят
Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ деланаш‚ шайна царах сий хилархьама. وَاتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لِّيَكُونُوا لَهُمْ عِزًّا
82 Аят
ХIан-хIа! Церан Iибадатна керстаналла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царах /къематдийнахь/. كَلَّا سَيَكْفُرُونَ بِعِبَادَتِهِمْ وَيَكُونُونَ عَلَيْهِمْ ضِدًّا
83 Аят
Хьуна ца хиъна‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)? أَلَمْ تَرَ أَنَّا أَرْسَلْنَا الشَّيَاطِينَ عَلَى الْكَافِرِينَ تَؤُزُّهُمْ أَزًّا
84 Аят
Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца[28]. فَلَا تَعْجَلْ عَلَيْهِمْ إِنَّمَا نَعُدُّ لَهُمْ عَدًّا
85 Аят
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина[1]. يَوْمَ نَحْشُرُ الْمُتَّقِينَ إِلَى الرَّحْمَنِ وَفْدًا
86 Аят
Оха д1алохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш[2]. وَنَسُوقُ الْمُجْرِمِينَ إِلَى جَهَنَّمَ وِرْدًا
87 Аят
ШапаIатан[3] да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен. لَا يَمْلِكُونَ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنِ اتَّخَذَ عِندَ الرَّحْمَنِ عَهْدًا
88 Аят
Цара элира: "Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/" وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَنُ وَلَدًا
89 Аят
Ирча хIума деана аш[29]. لَقَدْ جِئْتُمْ شَيْئًا إِدًّا
90 Аят
Стигланаш этIарна герга ду цунах[30]‚ латта дадарна‚ лаьмнаш доьхна дегарна /герга ду/ تَكَادُ السَّمَاوَاتُ يَتَفَطَّرْنَ مِنْهُ وَتَنشَقُّ الْأَرْضُ وَتَخِرُّ الْجِبَالُ هَدًّا
91 Аят
Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхар бахьанехь. أَن دَعَوْا لِلرَّحْمَنِ وَلَدًا
92 Аят
Оьшуш дац Къинхетам болчунна доьзалхо лāца. وَمَا يَنبَغِي لِلرَّحْمَنِ أَن يَتَّخِذَ وَلَدًا
93 Аят
Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен. إِن كُلُّ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ إِلَّا آتِي الرَّحْمَنِ عَبْدًا
94 Аят
Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца. لَقَدْ أَحْصَاهُمْ وَعَدَّهُمْ عَدًّا
95 Аят
Уьш массо а Цунна тIе богIур бу къематдийнахь шаьш-шаьш. وَكُلُّهُمْ آتِيهِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَرْدًا
96 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَيَجْعَلُ لَهُمُ الرَّحْمَنُ وُدًّا
97 Аят
Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьан[31] маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لِتُبَشِّرَ بِهِ الْمُتَّقِينَ وَتُنذِرَ بِهِ قَوْمًا لُّدًّا
98 Аят
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а? وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هَلْ تُحِسُّ مِنْهُم مِّنْ أَحَدٍ أَوْ تَسْمَعُ لَهُمْ رِكْزًا
[1]Далла Шена дика хаьа оцеран маь1на.
[2]Гергарнаш – кхузахь буьйцурш Закариян ден вешин доьзал а, тайпанан гергарнаш а бу. Закариян шен доьзал ца хилла.
[3]Михьраб – маьждиг чуьра Далла Iибадат ден чоь.
[4] 3 шо долу.
[5]Ц1еналла – иштта гочдина زكاة боху дош. Ибн-1аббаса и даьстина "Саг1а" аьлла, я "Дин тодар". Яхья Далла ц1ена 1ибадат дарца шен дена-нанна саг1а санна хилла.
[6]Иза хьулъелира нахах.
[7]Джабраил малик.
[8]Делах кхоьрург – 1арбашха: تقي такъий. Цхьаболчу тафсиран 1еламнаха Такъий цигарчу цхьана боьхачу стеган ц1е яра аьлла. И хиларх кхоьруш яра Марьям Джабраил малик шена т1едеъча.
[9] Iийса кийра летира цуьнан.
[10]Нузар – Дала магийна дика г1уллакх (1ибадат) Делан дуьхьа дийр ду ша аьлла, Делаца ч1аг1о яр. Къамел цадар а церан динехь 1ибадат лоруш хилла.
[11]Цхьаболчара и Дела ву олуш, цхьа кхечара – Делан к1ант…
[12]Iийсас аьлла и.
[13]Цхьаьнацадарш, цхьаболчара Iийса дела ву бохуш, вукхара Делан кIант ву, кхечара – кханнах кхоалгIаниг ву, бохуш.
[14]Массара а Ибрах1им а, цуьнан т1аьхье а дикачу кепара хьехабар массо а заманашкахь..
[15]Синай лам. И бу х1инца Мисрахь и ц1е йолчу ахг1айрена т1ехь.
[16]Тафсиран 1еламнаха дийцарехь, и хилла Нухьан денда, Адамал т1аьхьа хьалхара элча, цуьнга доссийна Дала 30 кехат (хьарчор). Дуьххьара цо долийна къоламца йоза яздар (самитийн маттахь Идрис ц1е схьаялла درس дараса бохучу орамах: деша, 1амо маь1нехь ду иза). Дуьххьара цо дуьйхина тегна духар, цул хьалха наха лелош хилла бежнийн ц1окарчех йина бедар.
[17]Дала хьалаваьккхина Идрис сий дарца, даздина и хьехавар. Цхьаболчу тафсиран 1еламнаха цуьнца луург и доьалг1ачу стигал ваккхар ду боху, х1инца а и цигахь волуш.
[18]И Джабраил малико вайн пайхамаре аьлла‚ цо шега хьо кест-кеста хIунда ца догIу шайга, аьлла хаьттича.
[19]Шен леша йинчу 1амалх х1умма йиц ца йо Цо.
[20]АллахI шех ала там болу кхиверг. Вац цхьа а И Ша воцург.
[21]Адам –кхузахь: керста адам.
[22]Уггар нуьцкъалла Далла дуьхьал хилларш хьалха бохуьйтур бу жоьжахати чу.
[23]Массо а вогIур ву жоьжахатина тIе: муъма стаг – Сур тIай тIехула дехьа валархьама, керста стаг – чохь сацар хьама.
[24]Къематде.
[25]Чакхенца, ялсамане д1аверзорг хиларца.
[26]Аль-Iаси бин Ваил цIе йолу мушрик.
[27]Къинхетам берг- الرحمان Ар-Рахьман – Дела. Дала ва1да йина цуьнца Ша иштта кхиам лур бу цунна аьлла? –Ца йина!
[28]Царна Iазап дан тоьхна хан ю, и гергахь ю.
[29]Делан доьзалхо ву аларца.
[30]Аш дуьйцучух.
[31]ХIай Мухьаммад- пайхамар – Iаьрбийн маттахь.
[1]ГIаш боцуш, сий а деш.
[2]Бежанаш хи мала дуьгуш санна, д1алаьхкина, сийсаза хилла.
[3]Шапа1ат – 1арбашха: شفاعة Къематдийнахь Дала муъманахах Шена гергахь уггар беза болчарна кхечарна г1одаккха лур йолу бакъо.