2. Сурат АЛЬ-БАКЪАРА

Етт
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 286 аят)
Ша сов къинхетаме‚ къинхетаме волчу Делан цIарца


1 Аят
Алиф-лᾱм-мῡм[1]. الم
2 Аят
ХIара жайна, цу чохь шеко яц, нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна. ذَلِكَ الْكِتَابُ لاَ رَيْبَ فِيهِ هُدًى لِّلْمُتَّقِينَ
3 Аят
Уьш бу хьуламех долчух[2] тешаш берш, ламаз хIоттош[3] берш, Оха шайна деллачу рицкъанна тIера /дикачу аг1ор/ харжаш а еш[4] берш. الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِالْغَيْبِ وَيُقِيمُونَ الصَّلاةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
4 Аят
Ишттанаш а бу уьш, тешаш, хьоьга доссийначух (Къуръанах) а, хьоьга доссийначул хьалха диссийначех[5] а, эхартах а уьш ч1ог1а тешаш бу. والَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ وَبِالآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
5 Аят
Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучуьнгара нийсачу новкъахь‚ уьш бу баккхийбийраш. أُوْلَئِكَ عَلَى هُدًى مِّن رَّبِّهِمْ وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
6 Аят
Баккъалла а, ца тешаш берш – царна бен дац ахь шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ уьш тешар бац. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
7 Аят
Церан дегнаш а‚ лергаш а, мухIар а тоьхна, дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ царна хир ду деза доккха Iазап. خَتَمَ اللّهُ عَلَى قُلُوبِهمْ وَعَلَى سَمْعِهِمْ وَعَلَى أَبْصَارِهِمْ غِشَاوَةٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ عظِيمٌ
8 Аят
Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: "Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а"- уьш ма бац тешаш. وَمِنَ النَّاسِ مَن يَقُولُ آمَنَّا بِاللّهِ وَبِالْيَوْمِ الآخِرِ وَمَا هُم بِمُؤْمِنِينَ
9 Аят
Iехо гIерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна.

يُخَادِعُونَ اللّهَ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَمَا يَخْدَعُونَ إِلاَّ أَنفُسَهُم وَمَا يَشْعُرُونَ
10 Аят
Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин т1е а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш.

فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ فَزَادَهُمُ اللّهُ مَرَضاً وَلَهُم عَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ
11 Аят
Цаьрга аьлча: " Ма леладе лаьтта т1ехь боьханиг", цара олу: "Тхо-м диканиг лелош дерш ма ду!"

وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لاَ تُفْسِدُواْ فِي الأَرْضِ قَالُواْ إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ
12 Аят
Уьш бац‚ ткъа‚ боьханиг лелош берш? Делахь а‚ хаа ца ло-кх царна. أَلا إِنَّهُمْ هُمُ الْمُفْسِدُونَ وَلَكِن لاَّ يَشْعُرُونَ
13 Аят
Цаьрга аьлча: "Тешийша‚ нах ма тешшар", цара олу: "Тхо тешар ду ткъа‚ Iовдалш санна?" Баккъалла а, уьш бац ткъа‚ Iовдалш? Амма, ца хаьа-кх царна.

وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُواْ كَمَا آمَنَ النَّاسُ قَالُواْ أَنُؤْمِنُ كَمَا آمَنَ السُّفَهَاء أَلا إِنَّهُمْ هُمُ السُّفَهَاء وَلَكِن لاَّ يَعْلَمُونَ
14 Аят
Ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Тхо ийман диллина ду." Шайн шайтIанашца цьанабисча‚ цара олу: "Баккъалла а, тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш (ийман диллинарш) хьийзош дарий".

وَإِذَا لَقُواْ الَّذِينَ آمَنُواْ قَالُواْ آمَنَّا وَإِذَا خَلَوْاْ إِلَى شَيَاطِينِهِمْ قَالُواْ إِنَّا مَعَكْمْ إِنَّمَا نَحْنُ مُسْتَهْزِؤُونَ
15 Аят
Дала сийсаза бийр бу уьш, ч1аг1бийр бу шайн тиларчохь д1а-схьа хьийзаш.

اللّهُ يَسْتَهْزِىءُ بِهِمْ وَيَمُدُّهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
16 Аят
Уьш бу нийсачу некъах тилар эцнарш‚ ма сắ ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь.

أُوْلَئِكَ الَّذِينَ اشْتَرُوُاْ الضَّلاَلَةَ بِالْهُدَى فَمَا رَبِحَت تِّجَارَتُهُمْ وَمَا كَانُواْ مُهْتَدِينَ
17 Аят
Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна х1умма ца гуш[6].

مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ الَّذِي اسْتَوْقَدَ نَاراً فَلَمَّا أَضَاءتْ مَا حَوْلَهُ ذَهَبَ اللّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِي ظُلُمَاتٍ لاَّ يُبْصِرُونَ
18 Аят
Къора а‚ мотт а ца хууш а‚ бIаьрзе[7] а хилла, уьш юха ца боьрзу-кх/нийсачу новкъа/.

صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لاَ يَرْجِعُونَ
19 Аят
Я стигларчу догIанан марханах тера‚ шена чохь бода болуш‚ къовкъар долуш‚ ткъес тохар долуш – цара лергаш чу пIелгаш дуьхку‚ ткъес кхетна баларх ларлуш. И Дела ма ву гоне лоцур болуш и ца тешаш берш.

أَوْ كَصَيِّبٍ مِّنَ السَّمَاء فِيهِ ظُلُمَاتٌ وَرَعْدٌ وَبَرْقٌ يَجْعَلُونَ أَصْابِعَهُمْ فِي آذَانِهِم مِّنَ الصَّوَاعِقِ حَذَرَ الْمَوْتِ واللّهُ مُحِيطٌ بِالْكافِرِينَ
20 Аят
Ткъес герга ду церан бIаьрса дIаэца‚ шайна цо серло ма еллинехь‚ дIабоьлху уьш цуьнца‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу[8]. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву.

يَكَادُ الْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَارَهُمْ كُلَّمَا أَضَاء لَهُم مَّشَوْاْ فِيهِ وَإِذَا أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُواْ وَلَوْ شَاء اللّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ إِنَّ اللَّه عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
21 Аят
ХIай нах! Шаьш а, шайл хьалхарнаш а кхоьллинчу шаьш Кхиош-Кхобучунна[9] Iибадат де‚ шу хила тарло-кх /Делах/ кхоьруш.

يَا أَيُّهَا النَّاسُ اعْبُدُواْ رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
22 Аят
И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах тхов бина‚ стиглара хи а даийтина‚ цуьнца стоьмаш а кхиина шуна рицкъана. Т1аккха ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь.

الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الأَرْضَ فِرَاشاً وَالسَّمَاء بِنَاء وَأَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقاً لَّكُمْ فَلاَ تَجْعَلُواْ لِلّهِ أَندَاداً وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
23 Аят
Нагахь шу шеконехь делахь, Оха[10] Тхан лега /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух, т1аккха схьадаладе цунах тера цхьа сурат‚ схьакхайкха шайн тешаш (г1оьнчий)‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь.

وَإِن كُنتُمْ فِي رَيْبٍ مِّمَّا نَزَّلْنَا عَلَى عَبْدِنَا فَأْتُواْ بِسُورَةٍ مِّن مِّثْلِهِ وَادْعُواْ شُهَدَاءكُم مِّن دُونِ اللّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
24 Аят
Нагахь шуьга и ца далахь – ткъа и шуьга цкъа а далур дац - кхерийша цIарах‚ шен ягориг адамаш а‚ тIулгаш[11] а долчу. Иза кечйина цатешачарна.

فَإِن لَّمْ تَفْعَلُواْ وَلَن تَفْعَلُواْ فَاتَّقُواْ النَّارَ الَّتِي وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ
25 Аят
Ахь /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха ийман диллинчарга а, дика Iамалш йиначаьрга а шайна /ялсаманин/ бошмаш хирг хиларца‚ бухахула оьхуш хиш а долуш. Х1оразза шайна цу чуьра стоьмех рицкъ мел дели‚ цара эр ду: "ХIарра дара хьалха а вайна луш хилларг" – царна хьалха а деллера цунах тераниг /делахь а х1ара кхин дара чамаца а, хьожаца а, куц тера хиллехь а/. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу.

وَبَشِّرِ الَّذِين آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ كُلَّمَا رُزِقُواْ مِنْهَا مِن ثَمَرَةٍ رِّزْقاً قَالُواْ هَذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِن قَبْلُ وَأُتُواْ بِهِ مُتَشَابِهاً وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُّطَهَّرَةٌ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
26 Аят
Баккъалла а, Дела ийза ца ло масал даладан: чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а (тоьлуш долчех я цул оьшуш долчех а). Ийман диллинчарна хаьа и шайн Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: "ХIун лиъна-те Далла цу масалца?" Цо тилабо цуьнца дуккха а берш‚ Цо нисбо цуьнца дуккха а берш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх[12] берш бен,

إِنَّ اللَّهَ لاَ يَسْتَحْيِي أَن يَضْرِبَ مَثَلاً مَّا بَعُوضَةً فَمَا فَوْقَهَا فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُواْ فَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُواْ فَيَقُولُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَذَا مَثَلاً يُضِلُّ بِهِ كَثِيراً وَيَهْدِي بِهِ كَثِيراً وَمَا يُضِلُّ بِهِ إِلاَّ الْفَاسِقِينَ
27 Аят
Шаьш йохош болу Делаца хилла ваIда[13] барт хиллачул тIаьхьа‚ хедош болу Дала хотта[14] аьлла омра динарг‚ леладеш болу лаьтта тIехь боьханиг‚ – уьш ма бу эшнарш[15].

الَّذِينَ يَنقُضُونَ عَهْدَ اللَّهِ مِن بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَن يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الأَرْضِ أُولَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
28 Аят
Шу муха ца теша Делах? Шу делла ма дара. ТIаккха Цо шу ден ма дира[16]. Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду[17]‚ тIаккха Цунна тIе дIадерзор ду шу.

كَيْفَ تَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَكُنتُمْ أَمْوَاتاً فَأَحْيَاكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
29 Аят
Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира И стигланна[18] – Цо дIанисйира и ворхI стигалца‚ – И массо а хIуманах дерг Шена хууш верг ма ву.

هُوَ الَّذِي خَلَقَ لَكُم مَّا فِي الأَرْضِ جَمِيعاً ثُمَّ اسْتَوَى إِلَى السَّمَاء فَسَوَّاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
30 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо аьллера маликашка[19]: "Со воллу лаьтта тIехь т1аьхье хилийта[20]". Цара элира: "Ахь кхуллу ткъа цу тIехь боьханиг ден дерг а‚ цIий Iено дерг а? Оха бийр бара Хьуна хастам а‚ оха вазвийр а ма вара Хьо". Цо элира: "Со хууш ма ву шуна цахуург а".

وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلاَئِكَةِ إِنِّي جَاعِلٌ فِي الأَرْضِ خَلِيفَةً قَالُواْ أَتَجْعَلُ فِيهَا مَن يُفْسِدُ فِيهَا وَيَسْفِكُ الدِّمَاء وَنَحْنُ نُسَبِّحُ بِحَمْدِكَ وَنُقَدِّسُ لَكَ قَالَ إِنِّي أَعْلَمُ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
31 Аят
Цо Iамийра Āдамна массо а хIуманийн цIерш[21]‚ тIаккха уьш[22] маликашна а гайтина‚ элира: "Йийца Суна церан цIерш‚ шаьш делахь бакълуьйш".

وَعَلَّمَ آدَمَ الأَسْمَاء كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمْ عَلَى الْمَلاَئِكَةِ فَقَالَ أَنبِئُونِي بِأَسْمَاء هَؤُلاء إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
32 Аят
Цара элира: "Массо а вочух цIена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна 1амийна долу 1илма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а".

قَالُواْ سُبْحَانَكَ لاَ عِلْمَ لَنَا إِلاَّ مَا عَلَّمْتَنَا إِنَّكَ أَنتَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
33 Аят
/Дала/ элира: "ХIай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIерш". ТIаккха цо цаьрга церан цIерш йийцича‚ элира /Дала/: "Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?"

قَالَ يَا آدَمُ أَنبِئْهُم بِأَسْمَآئِهِمْ فَلَمَّا أَنبَأَهُمْ بِأَسْمَآئِهِمْ قَالَ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَأَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا كُنتُمْ تَكْتُمُونَ
34 Аят
Оха аьллера маликашка: "Сужуд[23] де Āдамна". ТIаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах.

وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلاَئِكَةِ اسْجُدُواْ لآدَمَ فَسَجَدُواْ إِلاَّ إِبْلِيسَ أَبَى وَاسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ
35 Аят
/Д1аала хьайн къоме, х1ай Мухьаммад/: Оха элира: "ХIай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана[24] – /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах".

وَقُلْنَا يَا آدَمُ اسْكُنْ أَنتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ وَكُلاَ مِنْهَا رَغَداً حَيْثُ شِئْتُمَا وَلاَ تَقْرَبَا هَذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الْظَّالِمِينَ
36 Аят
Галабаьхира шайт1ано и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТIаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: "Охьадисса /лаьтта т1е/‚ вовшийн мостагIий[25] а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а".

فَأَزَلَّهُمَا الشَّيْطَانُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ وَقُلْنَا اهْبِطُواْ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ وَلَكُمْ فِي الأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَى حِينٍ
37 Аят
Āдама Iамийра ша Кхиош-Кхобучуьнан дешнаш[26]‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /т1етт1а/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а.

فَتَلَقَّى آدَمُ مِن رَّبِّهِ كَلِمَاتٍ فَتَابَ عَلَيْهِ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
38 Аят
Оха (Дала) элира: "Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна т1аьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан г1уллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх д1атилна дисина г1уллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш).

قُلْنَا اهْبِطُواْ مِنْهَا جَمِيعاً فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُم مِّنِّي هُدًى فَمَن تَبِعَ هُدَايَ فَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
39 Аят
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу".

وَالَّذِينَ كَفَرواْ وَكَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا أُولَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
40 Аят
ХIай‚ Исраилан[27] кIентий‚ Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен 1ибадат дийр дац, аьлла/ хилла ваIда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваIда‚ Сох цхьаннах кхералаш.

يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُواْ نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَوْفُواْ بِعَهْدِي أُوفِ بِعَهْدِكُمْ وَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ
41 Аят
Шу тешалаш Ас охьадоссийначух (Къуръанах)‚ шуьгахь долчуьнца (Тавратаца) нийса догIуш а долчу‚ – шу ма хила цунах хьалхара цатешарш. Сан аятех кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш.

وَآمِنُواْ بِمَا أَنزَلْتُ مُصَدِّقاً لِّمَا مَعَكُمْ وَلاَ تَكُونُواْ أَوَّلَ كَافِرٍ بِهِ وَلاَ تَشْتَرُواْ بِآيَاتِي ثَمَناً قَلِيلاً وَإِيَّايَ فَاتَّقُونِ
42 Аят
Ма иэде аш бакъдерг харц долчуьнца‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Таврата чохь долу Мухьаммадан сибат).

وَلاَ تَلْبِسُواْ الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُواْ الْحَقَّ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
43 Аят
Ламаз хIоттаде[28]‚ ло закат‚ сужудане гIо сужуд дечаьрца.

وَأَقِيمُواْ الصَّلاَةَ وَآتُواْ الزَّكَاةَ وَارْكَعُواْ مَعَ الرَّاكِعِينَ
44 Аят
Аш хьоьху нахана диканиг[29]? Ткъа дицдеш ма ду шайн дог1маш! Шу ма ду жайна (Таврат) доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?

أَتَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبِرِّ وَتَنسَوْنَ أَنفُسَكُمْ وَأَنتُمْ تَتْلُونَ الْكِتَابَ أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
45 Аят
Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, иза деза (хала) ма ду/Делах/ч1ог1а кхоьруш берш боцучарна. (Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга бен).

َاسْتَعِينُواْ بِالصَّبْرِ وَالصَّلاَةِ وَإِنَّهَا لَكَبِيرَةٌ إِلاَّ عَلَى الْخَاشِعِينَ
46 Аят
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-Кхобуш волчунна дуьхьалкхетарг хиларх а‚ шаьш Цунна тIе дIадоьрзург хиларх а тешаш.

الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُم مُّلاَقُو رَبِّهِمْ وَأَنَّهُمْ إِلَيْهِ رَاجِعُونَ
47 Аят
ХIай Исраилан кIентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниIмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Iаламал (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца).

يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُواْ نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
48 Аят
Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гIо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Iазапах/ гIо хир доцчу.

وَاتَّقُواْ يَوْماً لاَّ تَجْزِي نَفْسٌ عَن نَّفْسٍ شَيْئاً وَلاَ يُقْبَلُ مِنْهَا شَفَاعَةٌ وَلاَ يُؤْخَذُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلاَ هُمْ يُنصَرُونَ
49 Аят
Дагадайта /хIай Исраилан кIентий/! Оха кIелхьардехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-Кхобучуьнгара зер ма ду[30].

وَإِذْ نَجَّيْنَاكُم مِّنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوَءَ الْعَذَابِ يُذَبِّحُونَ أَبْنَاءكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءكُمْ وَفِي ذَلِكُم بَلاء مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌ
50 Аят
Оха шуна хIорд бийкъира – шу к1елхьарадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш доллушехь.

وَإِذْ فَرَقْنَا بِكُمُ الْبَحْرَ فَأَنجَيْنَاكُمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ وَأَنتُمْ تَنظُرُونَ
51 Аят
Оха Мусаца шовзткъа де-буьйса[31] хан билгалъяьккхира (цуьнга Таврат дала)‚ тIаккха цул т1аьхьа шу эсанна 1ибадат дан дуьйладелира, иштта шух зуламхой хилира.

وَإِذْ وَاعَدْنَا مُوسَى أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِن بَعْدِهِ وَأَنتُمْ ظَالِمُونَ
52 Аят
ТIаккха цул тIаьхьа а Оха гечдира шуна‚ шу баркалле хир дацара техьа, аьлла.

ثُمَّ عَفَوْنَا عَنكُمِ مِّن بَعْدِ ذَلِكَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
53 Аят
Дагадаийта! Оха делира Мусага жайна, бакъдерг харцдолчух а, хьанал дерг хьарам долчух а къастош долу‚ шу нислур дацара техьа, аьлла.

وَإِذْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَالْفُرْقَانَ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
54 Аят
Мусас аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ аш шайна зулам дина‚ шаьш эсанна 1ибадат дарца. Тōбанаш де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш-шайн дайа. И дика ду шуна шу Кхоьллинчунна (Далла) гергахь[32]. ТIаккха Цо шун тōбанаш къобалдира. Баккъалла а, И ма ву /т1етт1а/ тōбанаш къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а. َإِذْ قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنَّكُمْ ظَلَمْتُمْ أَنفُسَكُمْ بِاتِّخَاذِكُمُ الْعِجْلَ فَتُوبُواْ إِلَى بَارِئِكُمْ فَاقْتُلُواْ أَنفُسَكُمْ ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ عِندَ بَارِئِكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
55 Аят
Аш ма элира: "ХIай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь". ТIаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира)‚ шу хьоьжуш лаьтташехь. وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَى لَن نُّؤْمِنَ لَكَ حَتَّى نَرَى اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْكُمُ الصَّاعِقَةُ وَأَنتُمْ تَنظُرُونَ
56 Аят
ТIаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тIаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла. ثُمَّ بَعَثْنَاكُم مِّن بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
57 Аят
Оха шуна тIехула марха хIоттийра /шу маьлхан йовхонах лардеш/‚ даийтира шуна манна а‚ салва а[33]. Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIенадерг (хьаналдерг). Тхуна зулам-м ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш-м. وَظَلَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْغَمَامَ وَأَنزَلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَى كُلُواْ مِن طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَكِن كَانُواْ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
58 Аят
Дагадаийта! Оха элира: "ЧугIо цу шахьара[34]‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта. Кевнехула чоьхьадовла, сужуд а деш. Аш āла: "Гечде тхуна!"[35] – Оха гечдийр ду шун гIалаташна‚ тIаккха алсамбохур бу диканиг деш берш. وَإِذْ قُلْنَا ادْخُلُواْ هَذِهِ الْقَرْيَةَ فَكُلُواْ مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ رَغَداً وَادْخُلُواْ الْبَابَ سُجَّداً وَقُولُواْ حِطَّةٌ نَّغْفِرْ لَكُمْ خَطَايَاكُمْ وَسَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ
59 Аят
Зуламхоша хийцира шайга аьлла долу дош аьлла доцчуьнца[36]‚ тIаккха зуламхошна Оха стиглара рижс[37] доссийра‚ уьш песакъ[38] хиларна. فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُواْ قَوْلاً غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَنزَلْنَا عَلَى الَّذِينَ ظَلَمُواْ رِجْزاً مِّنَ السَّمَاء بِمَا كَانُواْ يَفْسُقُونَ
60 Аят
Дагадаийта! Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи / уьш, хьагбелла, “Тих1”олучу боьрахь болуш/. ТIаккха Оха элира: "ДIатоха хьайн Iаса тIулгах". ТIаккха цунах делира шийтта хьоста. Берриге а нахана евзира шайн-шайн хи молу меттиг. Даа а даа‚ мала а мала Делан рицкъанах – ма де лаьтта тIехь вониг, боьханиг даржош. وَإِذِ اسْتَسْقَى مُوسَى لِقَوْمِهِ فَقُلْنَا اضْرِب بِّعَصَاكَ الْحَجَرَ فَانفَجَرَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْناً قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَّشْرَبَهُمْ كُلُواْ وَاشْرَبُواْ مِن رِّزْقِ اللَّهِ وَلاَ تَعْثَوْاْ فِي الأَرْضِ مُفْسِدِينَ
61 Аят
Аш аьллера: "ХIай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана тайпана[39] даарх. Хьайн Кхиош-Кхобучуьнга деха‚ Цо йолийтуьйла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ ехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьэх‚ хохех цхьацца хIума. Цо элира: "Ткъа аш хуьйцу диканиг /цул/ лахарчух[40]? Охьадисса Мисра[41]‚ шуна хир ду аш дехнарг". Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду. وَإِذْ قُلْتُمْ يَا مُوسَى لَن نَّصْبِرَ عَلَىَ طَعَامٍ وَاحِدٍ فَادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُخْرِجْ لَنَا مِمَّا تُنبِتُ الأَرْضُ مِن بَقْلِهَا وَقِثَّآئِهَا وَفُومِهَا وَعَدَسِهَا وَبَصَلِهَا قَالَ أَتَسْتَبْدِلُونَ الَّذِي هُوَ أَدْنَى بِالَّذِي هُوَ خَيْرٌ اهْبِطُواْ مِصْراً فَإِنَّ لَكُم مَّا سَأَلْتُمْ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الذِّلَّةُ وَالْمَسْكَنَةُ وَبَآؤُوْاْ بِغَضَبٍ مِّنَ اللَّهِ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُواْ يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ النَّبِيِّينَ بِغَيْرِ الْحَقِّ ذَلِكَ بِمَا عَصَواْ وَّكَانُواْ يَعْتَدُونَ
62 Аят
Баккъалла а, /Мухьаммадна тIаьхьах1иттина/ ийман диллинарш а‚ /Мусана тIаьахьах1иттина хилла /жуьгтий а, /Iийсана таьахьах1иттина хилла/ насараш а‚ сабиаш а[42] – /царах/ Делах а, т1аьххьарчу дийнах а тешаш берш а, дика 1амал йинарш а – царна шайн ял хир ю шайн Кхиош-Кхобучун гергахь, кхерам а хир ма бац царна /эхартан та1зарх/, уьш сингаттаме а хир ма бац /мела цахиларх кхоьруш/. ِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَالَّذِينَ هَادُواْ وَالنَّصَارَى وَالصَّابِئِينَ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَعَمِلَ صَالِحاً فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
63 Аят
Дагадайта! Оха шуьга чIагIо яйтира, шуна тIехула лам х1оттийна. Ч1ог1а схьалаца Оха шайна делларг[43]‚ цу чохь дерг а дагадайта шу хир дацара-те /дуьненахь х1аллакхиларх а, эхартахь 1азап хиларх а/ кхоьруш. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُواْ مَا آتَيْنَاكُم بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُواْ مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
64 Аят
ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу юхадевлира /Тавратаца Iамал ярах/. Делан дозалла а‚ Цуьнан къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех (шу хIаллакхир дара). ثُمَّ تَوَلَّيْتُم مِّن بَعْدِ ذَلِكَ فَلَوْلاَ فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَكُنتُم مِّنَ الْخَاسِرِينَ
65 Аят
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: "Хила шух сийсаздина маймалаш!". وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ الَّذِينَ اعْتَدَواْ مِنكُمْ فِي السَّبْتِ فَقُلْنَا لَهُمْ كُونُواْ قِرَدَةً خَاسِئِينَ
66 Аят
Оха иза[44] хилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална а‚ /Делах/ кхоьру- чарна кхетамна а. فَجَعَلْنَاهَا نَكَالاً لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهَا وَمَا خَلْفَهَا وَمَوْعِظَةً لِّلْمُتَّقِينَ
67 Аят
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: "Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла". Цара элира: "Ахь хьийзор дара тхо?" Цо (Мусас) элира: "Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх". وَإِذْ قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ إِنَّ اللّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تَذْبَحُواْ بَقَرَةً قَالُواْ أَتَتَّخِذُنَا هُزُواً قَالَ أَعُوذُ بِاللّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ
68 Аят
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ āлий". Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде". قَالُواْ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لّنَا مَا هِيَ قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لاَّ فَارِضٌ وَلاَ بِكْرٌ عَوَانٌ بَيْنَ ذَلِكَ فَافْعَلُواْ مَا تُؤْمَرونَ
69 Аят
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ āлий". Цо элира: "Цо боху: "И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш". قَالُواْ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا لَوْنُهَا قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنّهَا بَقَرَةٌ صَفْرَاء فَاقِعٌ لَّوْنُهَا تَسُرُّ النَّاظِرِينَ
70 Аят
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду". قَالُواْ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا هِيَ إِنَّ البَقَرَ تَشَابَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّآ إِن شَاء اللَّهُ لَمُهْتَدُونَ
71 Аят
Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Iамийна а боцуш, айпех цIена а болуш. ЧIама боцуш[45] а бу иза". Цара элира: "ХIинца деана ахь бакъдерг". ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан. قَالَ إِنَّهُ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌ لاَّ ذَلُولٌ تُثِيرُ الأَرْضَ وَلاَ تَسْقِي الْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌ لاَّ شِيَةَ فِيهَا قَالُواْ الآنَ جِئْتَ بِالْحَقِّ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُواْ يَفْعَلُونَ
72 Аят
Дагадаийта /х1ай Исраилан к1ентий/: "Аш са (адам) ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу"[46]. Дела ма ву гучудоккхург аш дIахьулдеш дерг. وَإِذْ قَتَلْتُمْ نَفْساً فَادَّارَأْتُمْ فِيهَا وَاللّهُ مُخْرِجٌ مَّا كُنتُمْ تَكْتُمُونَ
73 Аят
ТIаккха Оха элира: "Цу докъах тоха /аьттан/ цхьа меже". Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ. فَقُلْنَا اضْرِبُوهُ بِبَعْضِهَا كَذَلِكَ يُحْيِي اللّهُ الْمَوْتَى وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
74 Аят
ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ тIулг санна я цул а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а, тIулгаш юккъера схьадуьйлу шовданаш. Царех (т1улгех) ду, шаьш лелха а лелхаш, шайх хи долурш а. Баккъалла а, царех ду Делах кхерарца оьгуш дерш. Дела ма вац тергал ца деш аш дийриг. ثُمَّ قَسَتْ قُلُوبُكُم مِّن بَعْدِ ذَلِكَ فَهِيَ كَالْحِجَارَةِ أَوْ أَشَدُّ قَسْوَةً وَإِنَّ مِنَ الْحِجَارَةِ لَمَا يَتَفَجَّرُ مِنْهُ الأَنْهَارُ وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَشَّقَّقُ فَيَخْرُجُ مِنْهُ الْمَاء وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَهْبِطُ مِنْ خَشْيَةِ اللّهِ وَمَا اللّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
75 Аят
Шу дог дохуш ду /хIай бусалбанаш/ уьш (жуьгтий) шайх тешаш хиларе? Хилла царах цхьаберш Делан дош хезаш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхеттачул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шайна хуъушехь. أَفَتَطْمَعُونَ أَن يُؤْمِنُواْ لَكُمْ وَقَدْ كَانَ فَرِيقٌ مِّنْهُمْ يَسْمَعُونَ كَلاَمَ اللّهِ ثُمَّ يُحَرِّفُونَهُ مِن بَعْدِ مَا عَقَلُوهُ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
76 Аят
Шаьш ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Ийман диллина ду тхо"‚– ткъа шаьш вовшашца бисча, олу: "Аш цаьрга дуьйцур ду ткъа шайна Дала хаийтинарг[47] цаьрга /бусулбанашка/ шайца шайн Далла гергахь долчуьнца къийсийта. Шу хIунда ца хуьлу хьекъале?" وَإِذَا لَقُواْ الَّذِينَ آمَنُواْ قَالُواْ آمَنَّا وَإِذَا خَلاَ بَعْضُهُمْ إِلَىَ بَعْضٍ قَالُواْ أَتُحَدِّثُونَهُم بِمَا فَتَحَ اللّهُ عَلَيْكُمْ لِيُحَآجُّوكُم بِهِ عِندَ رَبِّكُمْ أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
88 Аят
Цара (Исраилан кIенташа) элира: "Тхан дегнаш мужалт ду (дIакъевлина ду)”[58]. ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кIеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг. وَقَالُواْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ بَل لَّعَنَهُمُ اللَّه بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلاً مَّا يُؤْمِنُونَ
89.Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш[59]…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неIалт хуьлда цатешачарна. وَلَمَّا جَاءهُمْ كِتَابٌ مِّنْ عِندِ اللّهِ مُصَدِّقٌ لِّمَا مَعَهُمْ وَكَانُواْ مِن قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُواْ فَلَمَّا جَاءهُم مَّا عَرَفُواْ كَفَرُواْ بِهِ فَلَعْنَةُ اللَّه عَلَى الْكَافِرِينَ
90.Ма вон[60] доьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьог1аца харц а деш. ОьгIазаллина[61] тIе а оьгIазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Iазап. بِئْسَمَا اشْتَرَوْاْ بِهِ أَنفُسَهُمْ أَن يَكْفُرُواْ بِمَا أنَزَلَ اللّهُ بَغْياً أَن يُنَزِّلُ اللّهُ مِن فَضْلِهِ عَلَى مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ فَبَآؤُواْ بِغَضَبٍ عَلَى غَضَبٍ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُّهِينٌ
91.Цаьрга[62] аьлча: "Теша Дала доссийначух (Къуръанах)"‚– цара олу: "Тхо теша тхайга доссийначух"[63]. Уьш ма тешац цул т1аьхьа доьссинчух[64]. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца[65] нийса а догIуш. Ахь āла /жуьгташка/: "Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?" وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُواْ بِمَا أَنزَلَ اللّهُ قَالُواْ نُؤْمِنُ بِمَآ أُنزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرونَ بِمَا وَرَاءهُ وَهُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقاً لِّمَا مَعَهُمْ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنبِيَاء اللّهِ مِن قَبْلُ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
92.Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тIаккха а, цул тIаьхьа[66], аш тIелецира эса[67], шаьш зуламхой а хуьлуш. وَلَقَدْ جَاءكُم مُّوسَى بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِن بَعْدِهِ وَأَنتُمْ ظَالِمُونَ
93.Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира лам. "Ч1ог1а дIаэца Оха шайна делларг‚ ла а догIа". Цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо". Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: "Ма вон хIума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь." وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُواْ مَا آتَيْنَاكُم بِقُوَّةٍ وَاسْمَعُواْ قَالُواْ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُواْ فِي قُلُوبِهِمُ الْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُمْ بِهِ إِيمَانُكُمْ إِن كُنتُمْ مُّؤْمِنِينَ
94.Ахь āла: "ТIаьххьара х1усам[68] Далла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь". قُلْ إِن كَانَتْ لَكُمُ الدَّارُ الآَخِرَةُ عِندَ اللّهِ خَالِصَةً مِّن دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُاْ الْمَوْتَ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
95.Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца[69]. Дела ма ву бевзаш и зуламхой. وَلَن يَتَمَنَّوْهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمينَ
96. Хьуна карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хIоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Iазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг. وَلَتَجِدَنَّهُمْ أَحْرَصَ النَّاسِ عَلَى حَيَاةٍ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُواْ يَوَدُّ أَحَدُهُمْ لَوْ يُعَمَّرُ أَلْفَ سَنَةٍ وَمَا هُوَ بِمُزَحْزِحِهِ مِنَ الْعَذَابِ أَن يُعَمَّرَ وَاللّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
97. Ахь āла: "Мила хилла Джибрилана[70] мостагI? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца[71] нийса а догIуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу". قُلْ مَن كَانَ عَدُوًّا لِّجِبْرِيلَ فَإِنَّهُ نَزَّلَهُ عَلَى قَلْبِكَ بِإِذْنِ اللّهِ مُصَدِّقاً لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَهُدًى وَبُشْرَى لِلْمُؤْمِنِينَ
98. Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкална[72] а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачеран. مَن كَانَ عَدُوًّا لِّلّهِ وَمَلآئِكَتِهِ وَرُسُلِهِ وَجِبْرِيلَ وَمِيكَالَ فَإِنَّ اللّهَ عَدُوٌّ لِّلْكَافِرِينَ
99. Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр ма дац песакъ наха а бен. وَلَقَدْ أَنزَلْنَآ إِلَيْكَ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ وَمَا يَكْفُرُ بِهَا إِلاَّ الْفَاسِقُونَ
100. Шаьш ваIда мел йи а‚ царах (жуьгтех) цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царах дукхахберш тешаш ма бац /Тавратах/. أَوَكُلَّمَا عَاهَدُواْ عَهْداً نَّبَذَهُ فَرِيقٌ مِّنْهُم بَلْ أَكْثَرُهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
101.Шайга Делера элча веъча‚ шайгахь дерг[73] бакъдеш хилла волу‚ жайна деллачарех[74] цхьана тобано дIатесира Делан жайна[75] шайн баккъашна тIēхьа‚ шайна ца хууш санна. وَلَمَّا جَاءهُمْ رَسُولٌ مِّنْ عِندِ اللّهِ مُصَدِّقٌ لِّمَا مَعَهُمْ نَبَذَ فَرِيقٌ مِّنَ الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ كِتَابَ اللّهِ وَرَاء ظُهُورِهِمْ كَأَنَّهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
102.Уьш тIаьхьа ма хIиттира Сулейманан паччахьаллехь шайтIанаша шайна дуьйцаш долчу бозбуунчаллина. Сулеймана керста ца дира‚ амма шайтIанаша керстадира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь[76] шина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: "Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь[77]". ТIаккха цара цу шингара (ХIарутера а‚ Марутера а) Iама ма дора мар а‚ зуда а вовшахдаккхар. Цара ма ца до цуьнца (бозбуунчаллица) зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна (жуьгташна) хиира и[78] эцначарна эхартахь цхьа а дакъа цахилар. Ма вон хIума ду-кх и, цара шайн синойх эцнарг‚ царна хууш хиллехьара. وَاتَّبَعُواْ مَا تَتْلُواْ الشَّيَاطِينُ عَلَى مُلْكِ سُلَيْمَانَ وَمَا كَفَرَ سُلَيْمَانُ وَلَكِنَّ الشَّيْاطِينَ كَفَرُواْ يُعَلِّمُونَ النَّاسَ السِّحْرَ وَمَا أُنزِلَ عَلَى الْمَلَكَيْنِ بِبَابِلَ هَارُوتَ وَمَارُوتَ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنْ أَحَدٍ حَتَّى يَقُولاَ إِنَّمَا نَحْنُ فِتْنَةٌ فَلاَ تَكْفُرْ فَيَتَعَلَّمُونَ مِنْهُمَا مَا يُفَرِّقُونَ بِهِ بَيْنَ الْمَرْءِ وَزَوْجِهِ وَمَا هُم بِضَآرِّينَ بِهِ مِنْ أَحَدٍ إِلاَّ بِإِذْنِ اللّهِ وَيَتَعَلَّمُونَ مَا يَضُرُّهُمْ وَلاَ يَنفَعُهُمْ وَلَقَدْ عَلِمُواْ لَمَنِ اشْتَرَاهُ مَا لَهُ فِي الآخِرَةِ مِنْ خَلاَقٍ وَلَبِئْسَ مَا شَرَوْاْ بِهِ أَنفُسَهُمْ لَوْ كَانُواْ يَعْلَمُونَ
103.Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера мēла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара. وَلَوْ أَنَّهُمْ آمَنُواْ واتَّقَوْا لَمَثُوبَةٌ مِّنْ عِندِ اللَّه خَيْرٌ لَّوْ كَانُواْ يَعْلَمُونَ
104.ХIай ийман диллинарш! Аш ма āла /пайхамаре/: "Тхан г1айг1а бе[79]". Аш āла: "Тхоьга хьажа"‚ ла а догIа. Цатешачарна лазош долу Iазап /хир/ ду. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَقُولُواْ رَاعِنَا وَقُولُواْ انظُرْنَا وَاسْمَعُوا ْوَلِلكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ
105. Жайнин ох1лах[80] а‚ мушрикех а болчу цатешначарна ма ца деза шуна шаьш Кхиош-Кхобучуьнгара /цхьа а/ диканиг досса. Дала къаставо /пайхамар хила а, кхин диканиг дала а/ Шен къинхетамца Шена луург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву. مَّا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَلاَ الْمُشْرِكِينَ أَن يُنَزَّلَ عَلَيْكُم مِّنْ خَيْرٍ مِّن رَّبِّكُمْ وَاللّهُ يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِ مَن يَشَاء وَاللّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
106.Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар? مَا نَنسَخْ مِنْ آيَةٍ أَوْ نُنسِهَا نَأْتِ بِخَيْرٍ مِّنْهَا أَوْ مِثْلِهَا أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللّهَ عَلَىَ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
107. Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ اللّهِ مِن وَلِيٍّ وَلاَ نَصِيرٍ
108. Я шуна лаьа шайн элчане (Мухьаммаде) деха‚ хьалха Мусага /жуьгташа шайна Дела гайта, аьлла/ дехна ма-хиллара? Ийман цатешарца хуьйцуш верг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах. أَمْ تُرِيدُونَ أَن تَسْأَلُواْ رَسُولَكُمْ كَمَا سُئِلَ مُوسَى مِن قَبْلُ وَمَن يَتَبَدَّلِ الْكُفْرَ بِالإِيمَانِ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاء السَّبِيلِ
109. Бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа а лиира жайнин охIланах дукхаболчарна, шайгара хьагI бахьанехь, ийман диллинчул тIаьхьа шу ийманах юхадаха. Къинт1ера довла /царна/‚ бита маьрша уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву. وَدَّ كَثِيرٌ مِّنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يَرُدُّونَكُم مِّن بَعْدِ إِيمَانِكُمْ كُفَّاراً حَسَدًا مِّنْ عِندِ أَنفُسِهِم مِّن بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْحَقُّ فَاعْفُواْ وَاصْفَحُواْ حَتَّى يَأْتِيَ اللّهُ بِأَمْرِهِ إِنَّ اللّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
110.Ламаз хIоттаделаш‚ закат лōлаш‚ аш шайн догIмашна хьалха мел даьккхина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ма ву. وَأَقِيمُواْ الصَّلاَةَ وَآتُواْ الزَّكَاةَ وَمَا تُقَدِّمُواْ لأَنفُسِكُم مِّنْ خَيْرٍ تَجِدُوهُ عِندَ اللّهِ إِنَّ اللّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
111.Цара элира: "Ваханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгтех я насарех[81] верг бен". Иза церан дагахь дерг ду. Ахь āла: "Даладе шайн делил‚ шаьш бакълуьйш хиллехь". وَقَالُواْ لَن يَدْخُلَ الْجَنَّةَ إِلاَّ مَن كَانَ هُوداً أَوْ نَصَارَى تِلْكَ أَمَانِيُّهُمْ قُلْ هَاتُواْ بُرْهَانَكُمْ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
112.ХIаъ! /ГIур ву ялсамане/ шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика Iамал йинарг – цунна шен ял хир ма ю шен Кхиош-Кхобучунна гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац[82]. بَلَى مَنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَلَهُ أَجْرُهُ عِندَ رَبِّهِ وَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
113.Жуьгташа элира: "Насараш цхьанна а хIуманна тIехь бац[83]". Насараша элира: "Жуьгтий цхьанна а хIуманна тIехь бац[84]". Ткъа уьш ма бу жайна[85] доьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара[86]‚ церан дашах терра. И Дела ма ву хьукам дийр долуш царна юккъехь къематдийнахь цара хилпало ечу хIуманехь. وَقَالَتِ الْيَهُودُ لَيْسَتِ النَّصَارَى عَلَىَ شَيْءٍ وَقَالَتِ النَّصَارَى لَيْسَتِ الْيَهُودُ عَلَى شَيْءٍ وَهُمْ يَتْلُونَ الْكِتَابَ كَذَلِكَ قَالَ الَّذِينَ لاَ يَعْلَمُونَ مِثْلَ قَوْلِهِمْ فَاللّهُ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُواْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
114.Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо сихлуш волчул? Уьш (и нах, маьждигаш дохош болу) - царна баха мегар ма дацара цу /маьждигашна/ чу‚ /Делах/ кхоьруш бен. Царна ю дуьненахь сийсазалла‚ ткъа эхартахь-м царна ма ду деза доккха Iазап. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن مَّنَعَ مَسَاجِدَ اللّهِ أَن يُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ وَسَعَى فِي خَرَابِهَا أُوْلَئِكَ مَا كَانَ لَهُمْ أَن يَدْخُلُوهَا إِلاَّ خَآئِفِينَ لهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ وَلَهُمْ فِي الآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
115.Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. Шу миччахьа дирзича а – цигахь ю Делан юьхь. И Дела ма ву дерриге а чулоцуш верг а‚ дика хууш верг а. وَلِلّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ فَأَيْنَمَا تُوَلُّواْ فَثَمَّ وَجْهُ اللّهِ إِنَّ اللّهَ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
116.Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна[87]". Вонах цIена ву Иза. Ткъа Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву. وَقَالُواْ اتَّخَذَ اللّهُ وَلَدًا سُبْحَانَهُ بَل لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ كُلٌّ لَّهُ قَانِتُونَ
117.Ша стигланаш а, латта а юьхьанца кхоьллинарг ву И. Цхьана гIуллакха тIехь Ша цхьа сацам бича‚ Цо олу цуьнга /Шена хила луучу х1умане/: "Хила!" – и хуьлу. بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَإِذَا قَضَى أَمْراً فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُن فَيَكُونُ
118.Шайгахь 1илма доцчара элира: "Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делил деана хиллехьара". Иштта олура царал хьалха баханчара а‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ ч1ог1а тешаш болчу нахана. وَقَالَ الَّذِينَ لاَ يَعْلَمُونَ لَوْلاَ يُكَلِّمُنَا اللّهُ أَوْ تَأْتِينَا آيَةٌ كَذَلِكَ قَالَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِم مِّثْلَ قَوْلِهِمْ تَشَابَهَتْ قُلُوبُهُمْ قَدْ بَيَّنَّا الآيَاتِ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
119.Баккъалла а, Оха хьо[88] ваийтина бакъдолчуьнца /кхаъ баккха/ хаамча[89] хилла а‚ /Iазапан/ кхерамча[90] хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатин охIланна тIера. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا وَلاَ تُسْأَلُ عَنْ أَصْحَابِ الْجَحِيمِ
120.Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо церан динна т1аьхьах1оьттича бен. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ"‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма (бакъдолу дин – ислам) деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац цхьа а вали[91] а‚ цхьа а гIоьнча а. وَلَن تَرْضَى عَنكَ الْيَهُودُ وَلاَ النَّصَارَى حَتَّى تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمْ قُلْ إِنَّ هُدَى اللّهِ هُوَ الْهُدَى وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءهُم بَعْدَ الَّذِي جَاءكَ مِنَ الْعِلْمِ مَا لَكَ مِنَ اللّهِ مِن وَلِيٍّ وَلاَ نَصِيرٍ
121.Оха шайга жайна деллачарех и /Къуръан/ деша ма-деззара доьшуш берш бу[92]‚– уьш ма бу цунах/хьакъ-бакъ/ тешаш. Цунах ца тешаш берш – уьш ма бу эшамехь. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَتْلُونَهُ حَقَّ تِلاَوَتِهِ أُوْلَئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ وَمن يَكْفُرْ بِهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
122.ХIай Исраилан кIентий! Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шуна делла хилла долу‚ Ас даз ма дира шу Iаламал[93]. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُواْ نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
123. Кхералаш дийнах, цхьана сино кхечунна пайда бийр боцчу‚ шегара /Делан 1азапах к1елхьарвала/ мах къобалбийр боцчу‚ гIодаккхаро (шапаIато) шена пайда бийр боцчу а. Царна (цатешачарна) г1о дийр дац. وَاتَّقُواْ يَوْماً لاَّ تَجْزِي نَفْسٌ عَن نَّفْسٍ شَيْئاً وَلاَ يُقْبَلُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلاَ تَنفَعُهَا شَفَاعَةٌ وَلاَ هُمْ يُنصَرُونَ
124./Ахь хьахаде цаьрга‚ хIай Мухьаммад/: ИбрахIим ма зийра шен Кхиош-Кхобучо дешнашца[94]‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: "Ас хьох нахана имам веш ву". Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа сан тIаьхьенах?". Элира /Дала/: "Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх". وَإِذِ ابْتَلَى إِبْرَاهِيمَ رَبُّهُ بِكَلِمَاتٍ فَأَتَمَّهُنَّ قَالَ إِنِّي جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًا قَالَ وَمِن ذُرِّيَّتِي قَالَ لاَ يَنَالُ عَهْدِي الظَّالِمِينَ
125.Хьахаде! Оха и цIа[95] дира нахана т1ебоьрзу[96] а‚ маьрша а меттиг хилийта: "Е ИбрахIиман меттиг ламаз ден меттиг". Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: "Аш шиммо цIанде Сан цIа (КаIба) го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат (и1тикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а". وَإِذْ جَعَلْنَا الْبَيْتَ مَثَابَةً لِّلنَّاسِ وَأَمْناً وَاتَّخِذُواْ مِن مَّقَامِ إِبْرَاهِيمَ مُصَلًّى وَعَهِدْنَا إِلَى إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ أَن طَهِّرَا بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْعَاكِفِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ
126.ИбрхIима аьллера: "ХIай сан Кхиош-Кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хIара[97] /меттиг/ маьрша мохк[98]‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах[99] а тешначарна". Цо элира: "Ткъа /Делан ц1ен дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ни1матех цхьа к1еззиг‚ тIаккха дIахьавсор ма бу уьш цIеран[100] Iазапе". Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг! وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هََذَا بَلَدًا آمِنًا وَارْزُقْ أَهْلَهُ مِنَ الثَّمَرَاتِ مَنْ آمَنَ مِنْهُم بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ قَالَ وَمَن كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُ قَلِيلاً ثُمَّ أَضْطَرُّهُ إِلَى عَذَابِ النَّارِ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
127.ИбрахIима а‚ ИсмаIила а хьалаойбу цу цIийнан бух[101] / Деле доьхуш/: "ХIай‚ тхан Кхиош-Кхобург! Къобалде Ахь /хIара г1уллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а[102]. وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَاهِيمُ الْقَوَاعِدَ مِنَ الْبَيْتِ وَإِسْمَاعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّا إِنَّكَ أَنتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
128.ХIай тхан Кхиош-Кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтIахь[103]‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. رَبَّنَا وَاجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِن ذُرِّيَّتِنَا أُمَّةً مُّسْلِمَةً لَّكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَآ إِنَّكَ أَنتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
129.ХIай тхан Кхиош-Кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ[104]‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш[105]. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг[106] а". رَبَّنَا وَابْعَثْ فِيهِمْ رَسُولاً مِّنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ إِنَّكَ أَنتَ العَزِيزُ الحَكِيمُ
130.Ткъа мила ву ИбрахIиман миллатах /букъ тоьхна/ д1авоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Iовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех. وَمَن يَرْغَبُ عَن مِّلَّةِ إِبْرَاهِيمَ إِلاَّ مَن سَفِهَ نَفْسَهُ وَلَقَدِ اصْطَفَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا وَإِنَّهُ فِي الآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
131.Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-Кхобучо: "МуьтIахь[107] хила!" Цо элира: "МуьтIахь ву со Iаламийн Дена (Далла)". إِذْ قَالَ لَهُ رَبُّهُ أَسْلِمْ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
132.Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Я1къуба а дира: "ХIай сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтIахь долуш а бен[108]". وَوَصَّى بِهَا إِبْرَاهِيمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَا بَنِيَّ إِنَّ اللّهَ اصْطَفَى لَكُمُ الدِّينَ فَلاَ تَمُوتُنَّ إَلاَّ وَأَنتُم مُّسْلِمُونَ
133.Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла еъча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аш сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо". أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاء إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِن بَعْدِي قَالُواْ نَعْبُدُ إِلَهَكَ وَإِلَهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَقَ إِلَهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
134.И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух. تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُم مَّا كَسَبْتُمْ وَلاَ تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
135.Цара (жайнин ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахь āла: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех[109]". وَقَالُواْ كُونُواْ هُودًا أَوْ نَصَارَى تَهْتَدُواْ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
136.Аш āла: "Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-Кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду". قُولُواْ آمَنَّا بِاللّهِ وَمَآ أُنزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنزِلَ إِلَى إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ وَالأسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَى وَعِيسَى وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِن رَّبِّهِمْ لاَ نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِّنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
137.Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьала. Дала / церан зенах а, бохамах а 1алашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а. فَإِنْ آمَنُواْ بِمِثْلِ مَا آمَنتُم بِهِ فَقَدِ اهْتَدَواْ وَّإِن تَوَلَّوْاْ فَإِنَّمَا هُمْ فِي شِقَاقٍ فَسَيَكْفِيكَهُمُ اللّهُ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
138. /Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца[110]. Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Iибадат до оха.” صِبْغَةَ اللّهِ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللّهِ صِبْغَةً وَنَحْنُ لَهُ عَابِدونَ
139.Ахь āла: "Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-Кхобург а‚ шун Кхиош-Кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду". قُلْ أَتُحَآجُّونَنَا فِي اللّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ وَلَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُخْلِصُونَ
140.Я аш боху: ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан (Я1къубан) тIаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: "Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешалла[111] хьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг". أَمْ تَقُولُونَ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ وَالأسْبَاطَ كَانُواْ هُودًا أَوْ نَصَارَى قُلْ أَأَنتُمْ أَعْلَمُ أَمِ اللّهُ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَتَمَ شَهَادَةً عِندَهُ مِنَ اللّهِ وَمَا اللّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
141.И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух. تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُم مَّا كَسَبْتُمْ وَلاَ تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
142.Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: "Стен дIаберзийна техьа уьш шаьш тIебоьрзуш хиллачу къилбанна тIера[112]?" Ахь āла: "Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа". سَيَقُولُ السُّفَهَاء مِنَ النَّاسِ مَا وَلاَّهُمْ عَن قِبْلَتِهِمُ الَّتِي كَانُواْ عَلَيْهَا قُل لِّلّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ يَهْدِي مَن يَشَاء إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
143.Иштта Оха дира шух юкъара уммат‚ шу хилийта нахана тIехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тIехь теш[113]. Оха ма ца дира хьо шена тIевоьрзуш хилла къилба /Байтул-Мукъаддис/ къасто бен элчанна тIаьхьавозург ша /керстаналлина т1е/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хIума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш[114]. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а. وَكَذَلِكَ جَعَلْنَاكُمْ أُمَّةً وَسَطًا لِّتَكُونُواْ شُهَدَاء عَلَى النَّاسِ وَيَكُونَ الرَّسُولُ عَلَيْكُمْ شَهِيدًا وَمَا جَعَلْنَا الْقِبْلَةَ الَّتِي كُنتَ عَلَيْهَا إِلاَّ لِنَعْلَمَ مَن يَتَّبِعُ الرَّسُولَ مِمَّن يَنقَلِبُ عَلَى عَقِبَيْهِ وَإِن كَانَتْ لَكَبِيرَةً إِلاَّ عَلَى الَّذِينَ هَدَى اللّهُ وَمَا كَانَ اللّهُ لِيُضِيعَ إِيمَانَكُمْ إِنَّ اللّهَ بِالنَّاسِ لَرَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
144.Гира Тхуна /хIай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тIевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьан юьхь Дезчу Маьждиган[115] агIор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цу агIор. Жайнин охIланна хууш ма ду и шайн Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш. قَدْ نَرَى تَقَلُّبَ وَجْهِكَ فِي السَّمَاء فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبْلَةً تَرْضَاهَا فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَحَيْثُ مَا كُنتُمْ فَوَلُّواْ وُجُوِهَكُمْ شَطْرَهُ وَإِنَّ الَّذِينَ أُوْتُواْ الْكِتَابَ لَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ وَمَا اللّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ
145.Жайнин охIланна муьлхха делил ахь далийча а‚ уьш тIебоьрзур бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма деъначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зуламхойх. وَلَئِنْ أَتَيْتَ الَّذِينَ أُوْتُواْ الْكِتَابَ بِكُلِّ آيَةٍ مَّا تَبِعُواْ قِبْلَتَكَ وَمَا أَنتَ بِتَابِعٍ قِبْلَتَهُمْ وَمَا بَعْضُهُم بِتَابِعٍ قِبْلَةَ بَعْضٍ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءهُم مِّن بَعْدِ مَا جَاءكَ مِنَ الْعِلْمِ إِنَّكَ إِذَاً لَّمِنَ الظَّالِمِينَ
146.Оха шайга жайна деллачарна[116] и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءهُمْ وَإِنَّ فَرِيقاً مِّنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
147.Бакъдерг ду / иза/ хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Хиланне а хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарах. الْحَقُّ مِن رَّبِّكَ فَلاَ تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
148.ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIевоьрзуш[117]. Аша сихое дикачу г1уллакхашкахь хьалхе яккхарехь. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала шу дерриге а цхьаьна гулдийр ду /къематдийнахь/. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву. وَلِكُلٍّ وِجْهَةٌ هُوَ مُوَلِّيهَا فَاسْتَبِقُواْ الْخَيْرَاتِ أَيْنَ مَا تَكُونُواْ يَأْتِ بِكُمُ اللّهُ جَمِيعًا إِنَّ اللّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
149.Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Баккъалла а, и бакъдерг ма ду хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Ма вац и Дела аша дийриг тидамехь доцуш. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَإِنَّهُ لَلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ وَمَا اللّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
150.Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цу агIор‚ нахана шуна тIехь бехк билла бахьана ца хилийта‚ царах зуламхой боцучарна, – шу царах ма кхералаш, Сох кхералаш, - Соьга шуна тIехь Сайн ниIмат чекхдаккхийта - шу нийсачу новкъа т1ехь хила тарлора-кх. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَحَيْثُ مَا كُنتُمْ فَوَلُّواْ وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ لِئَلاَّ يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَيْكُمْ حُجَّةٌ إِلاَّ الَّذِينَ ظَلَمُواْ مِنْهُمْ فَلاَ تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِي وَلأُتِمَّ نِعْمَتِي عَلَيْكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
151.Оха шуна элча ваийтарх терра‚ шух шайх волу, ша дуьйцуш волу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ шуна жайна а‚ хьекъалалла а Iамадеш‚ шуна цо Iамадеш, шуна ца хууш хилларг. كَمَا أَرْسَلْنَا فِيكُمْ رَسُولاً مِّنكُمْ يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِنَا وَيُزَكِّيكُمْ وَيُعَلِّمُكُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُعَلِّمُكُم مَّا لَمْ تَكُونُواْ تَعْلَمُونَ
152.Аш Со дагаваийта / Суна муьт1ахь хиларца/ – Аса шу а дагадоуьйтур ду /шуна гечдарца/‚ Суна шукур де‚ Суна инкарло еш[118] ма хила. فَاذْكُرُونِي أَذْكُرْكُمْ وَاشْكُرُواْ لِي وَلاَ تَكْفُرُونِ
153.ХIай ийман диллинарш! Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчаьрца. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اسْتَعِينُواْ بِالصَّبْرِ وَالصَّلاَةِ إِنَّ اللّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ
154.Аш ма āла Делан новкъахь[119] бойучарах "белла". – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало. وَلاَ تَقُولُواْ لِمَنْ يُقْتَلُ فِي سَبيلِ اللّهِ أَمْوَاتٌ بَلْ أَحْيَاء وَلَكِن لاَّ تَشْعُرُونَ
155.Оха дитанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхни а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахь кхаъ баккха собаре болчарна‚ – وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ بِشَيْءٍ مِّنَ الْخَوفِ وَالْجُوعِ وَنَقْصٍ مِّنَ الأَمَوَالِ وَالأنفُسِ وَالثَّمَرَاتِ وَبَشِّرِ الصَّابِرِينَ
156.Иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бāла беьча‚ олуш: "Вай Делан ду‚ Цуьнга дIадоьрзур долуш а ду"[120]. الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُم مُّصِيبَةٌ قَالُواْ إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعونَ
157.Царна шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нийсачу новкъа т1ехь берш. أُولَئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَاتٌ مِّن رَّبِّهِمْ وَرَحْمَةٌ وَأُولَئِكَ هُمُ الْمُهْتَدُونَ
158. Баккъалла а, Сафа а‚ Марват[121] а Делан динан билгалонех ду. Хьаьж доьхкучунна а‚ Iумрат[122] дечунна а къа дац царна го баьккхича[123]. Лаа а лууш, /Шена/ диканиг диначунна – и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву. إِنَّ الصَّفَا وَالْمَرْوَةَ مِن شَعَآئِرِ اللّهِ فَمَنْ حَجَّ الْبَيْتَ أَوِ اعْتَمَرَ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْهِ أَن يَطَّوَّفَ بِهِمَا وَمَن تَطَوَّعَ خَيْرًا فَإِنَّ اللّهَ شَاكِرٌ عَلِيمٌ
159.Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а, Оха шаьш нахана Жайнин чохь[124] билгалъяьхначул тIаьхьа, хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неIалт эр дерш а‚ неIалт олучара а шайна неIалт эр дерш а. إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنزَلْنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالْهُدَى مِن بَعْدِ مَا بَيَّنَّاهُ لِلنَّاسِ فِي الْكِتَابِ أُولَئِكَ يَلعَنُهُمُ اللّهُ وَيَلْعَنُهُمُ اللَّاعِنُونَ
160.Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тōба дарца/ юхабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тōба Ас къобалдийр ду – Со тōба /дукха/ къобалдийриг а ву /Сайн лешна/, /Сайгахь/ шортта къинхетам берг а ву. إِلاَّ الَّذِينَ تَابُواْ وَأَصْلَحُواْ وَبَيَّنُواْ فَأُوْلَئِكَ أَتُوبُ عَلَيْهِمْ وَأَنَا التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
161.Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ / оцу/ керста хьолехь белларш – царна хир ду Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ أُولَئِكَ عَلَيْهِمْ لَعْنَةُ اللّهِ وَالْمَلآئِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
162.Шаьш цу чохь (цIергахь) гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIаьхьатоттур а ма бац уьш. خَالِدِينَ فِيهَا لاَ يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلاَ هُمْ يُنظَرُونَ
163.Шун Дела – Ша цхьаъ волу Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву Иза. وَإِلَهُكُمْ إِلَهٌ وَاحِدٌ لاَّ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ الرَّحْمَنُ الرَّحِيمُ
164.Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь а‚ буьйса-де хийцадаларехь а‚ хIорда чохь нахана пайданна дIасалелаш долчу кеманехь а‚ Дала стиглара охьадоуьйтучу, деллачул тIаьхьа шеца латта дендеш а, цу /лаьтта/ тIехь массо а дийнат даржадеш а долчу хинехь /дог1анехь/ а‚ мох хьекхарехь а‚ шаьш /Далла/ муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а – билгалонаш ма ю шаьш ойла ян хуучу нахана[125]. إِنَّ فِي خَلْقِ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَاخْتِلاَفِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَالْفُلْكِ الَّتِي تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِمَا يَنفَعُ النَّاسَ وَمَا أَنزَلَ اللّهُ مِنَ السَّمَاء مِن مَّاء فَأَحْيَا بِهِ الأرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَبَثَّ فِيهَا مِن كُلِّ دَآبَّةٍ وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ وَالسَّحَابِ الْمُسَخِّرِ بَيْنَ السَّمَاء وَالأَرْضِ لآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
165.Нāхах бу Аллах1-Дела витина кхиберш /делий/ лоьцуш берш, уьш Цуьнца нисбеш, шайна уьш безаш, /муъманахана/ Дела везарх терра. Ткъа /Делах/ тешаш берш Дела чIогIа дукхавезаш ма бу. Гуш белхьара и зулам деш берш – царна гур ма дара Iазап – царна хуур ма дара ницкъ берриге а Делан буйла а‚ и Дела Iазап дарехь ч1ог1а вуйла а. وَمِنَ النَّاسِ مَن يَتَّخِذُ مِن دُونِ اللّهِ أَندَاداً يُحِبُّونَهُمْ كَحُبِّ اللّهِ وَالَّذِينَ آمَنُواْ أَشَدُّ حُبًّا لِّلّهِ وَلَوْ يَرَى الَّذِينَ ظَلَمُواْ إِذْ يَرَوْنَ الْعَذَابَ أَنَّ الْقُوَّةَ لِلّهِ جَمِيعاً وَأَنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعَذَابِ
166.Шайна нах тIаьхьахIуьттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттина хиллачарех[126]‚ царна гур ду Iазап‚ хедар ю церан юкъаметтигаш. إِذْ تَبَرَّأَ الَّذِينَ اتُّبِعُواْ مِنَ الَّذِينَ اتَّبَعُواْ وَرَأَوُاْ الْعَذَابَ وَتَقَطَّعَتْ بِهِمُ الأَسْبَابُ
167.Шаьш кхечарна[127] тIаьхьахIуьттуш хиллачара эр ду: "Тхан юха дуьнена доьрзийла делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царах‚ уьш тхох цIанбаларх терра". Иштта гойтур ю Дала церан Iамалш царна бāла хилла. Уьш арабевра ма бац цIергара. وَقَالَ الَّذِينَ اتَّبَعُواْ لَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةً فَنَتَبَرَّأَ مِنْهُمْ كَمَا تَبَرَّؤُواْ مِنَّا كَذَلِكَ يُرِيهِمُ اللّهُ أَعْمَالَهُمْ حَسَرَاتٍ عَلَيْهِمْ وَمَا هُم بِخَارِجِينَ مِنَ النَّارِ
168.ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьанал дерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш шайтIанан лар т1е – и шуна билггала мостагI ма ду. يَا أَيُّهَا النَّاسُ كُلُواْ مِمَّا فِي الأَرْضِ حَلاَلاً طَيِّباً وَلاَ تَتَّبِعُواْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
169.Баккъалла а, цо шуна хьоьху вониг а‚ ирчаниг[128] дар а‚ аш Делах лаьцна шайна цахуург алар а. إِنَّمَا يَأْمُرُكُمْ بِالسُّوءِ وَالْفَحْشَاء وَأَن تَقُولُواْ عَلَى اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
170.Цаьрга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна (Къуръанна)", цара олу: "ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду тхайна тхешан дай шена тIехь карийначунна[129]». – И шайн дай цхьанна хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а хилла бацахь а? /Т1аккха а х1уьтту уьш царна т1аьхьа??/ وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّبِعُوا مَا أَنزَلَ اللّهُ قَالُواْ بَلْ نَتَّبِعُ مَا أَلْفَيْنَا عَلَيْهِ آبَاءنَا أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لاَ يَعْقِلُونَ شَيْئاً وَلاَ يَهْتَدُونَ
171. Керстаналла дечеран масал ду шега мохь биттича а, ц1ог1а хьекхча а бен ца хезачуьнга кхайкхаран масалах тера[130]: къора, мотт ца хууш, б1аьрзе хилла, уьш кхетар бац. وَمَثَلُ الَّذِينَ كَفَرُواْ كَمَثَلِ الَّذِي يَنْعِقُ بِمَا لاَ يَسْمَعُ إِلاَّ دُعَاء وَنِدَاء صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لاَ يَعْقِلُونَ
172.ХIай ийман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIена дерг‚ цу Далла шукур а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ كُلُواْ مِن طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَاشْكُرُواْ لِلّهِ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
173.Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна /и хьарам йинарг/ ца йиъча ца валахь[131]‚ /бехкамна/ дуьхьал а воцуш‚ дозанал т1ех а ца волуш[132]‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚ и Дела ма ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а. إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنزِيرِ وَمَا أُهِلَّ بِهِ لِغَيْرِ اللّهِ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلاَ عَادٍ فَلا إِثْمَ عَلَيْهِ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
174.Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьадерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кIеззиг мах оьцуш берш[133] – уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш. Вистхир ма вац и Дела цаьрга /реза хиларца/ къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш. Царна хир ма ду лазош долу Iазап. إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنزَلَ اللّهُ مِنَ الْكِتَابِ وَيَشْتَرُونَ بِهِ ثَمَنًا قَلِيلاً أُولَئِكَ مَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ إِلاَّ النَّارَ وَلاَ يُكَلِّمُهُمُ اللّهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلاَ يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
175.Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина тилар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап эцнарш. Ма собаре бу уьш жоьжахатин цIе ла(в)рехь[134]!? أُولَئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُاْ الضَّلاَلَةَ بِالْهُدَى وَالْعَذَابَ بِالْمَغْفِرَةِ فَمَآ أَصْبَرَهُمْ عَلَى النَّارِ
176.Иза ду Дала и жайна (Таврат) доссош хиларна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, цу жайница цхьаьна ца богIурш (и дохош, харц туьдуш берш) буьззина /барт/ эгIарехь ма бу. ذَلِكَ بِأَنَّ اللّهَ نَزَّلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُواْ فِي الْكِتَابِ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ
177.Мела хир бац аш шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а ерзаярехь. Ткъа мела хир бу и /нах/ Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ маликех а‚ жайнах а‚ пайхамарех а тешаш белахь‚ шена а дезачу даьхних /сагIина/ делча гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргIатваккхарна а‚ ламаз а цо хIоттийча‚ закат а делча‚ шаьш делла дош кхочуш а дича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре а хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш. لَّيْسَ الْبِرَّ أَن تُوَلُّواْ وُجُوهَكُمْ قِبَلَ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَلَكِنَّ الْبِرَّ مَنْ آمَنَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَالْمَلآئِكَةِ وَالْكِتَابِ وَالنَّبِيِّينَ وَآتَى الْمَالَ عَلَى حُبِّهِ ذَوِي الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَالسَّآئِلِينَ وَفِي الرِّقَابِ وَأَقَامَ الصَّلاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَالْمُوفُونَ بِعَهْدِهِمْ إِذَا عَاهَدُواْ وَالصَّابِرِينَ فِي الْبَأْسَاء والضَّرَّاء وَحِينَ الْبَأْسِ أُولَئِكَ الَّذِينَ صَدَقُوا وَأُولَئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ
178.ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина байъинчареран чIир екхар: маьршаниг /вуьйр ву/ – /цо/ маьршаниг /вēр/ бахьанехь‚ лай /вуьйр ву/ – /цо/ лай /вēр/ бахьанеь‚ зуда /йуьйр ю/ – /цо/ зуда /ēр/ бахьанехь[135]. /Бусалба/ вашас цхьанна гечдича – диканца цунна тIаьхьахIотта веза. Нийса кхочушдан деза дият[136]. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тIаьхьа[137] дозанах ваьллачунна (ч1ир екха г1иртиначунна) хир ма ду лазош долу Iазап. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِصَاصُ فِي الْقَتْلَى الْحُرُّ بِالْحُرِّ وَالْعَبْدُ بِالْعَبْدِ وَالأُنثَى بِالأُنثَى فَمَنْ عُفِيَ لَهُ مِنْ أَخِيهِ شَيْءٌ فَاتِّبَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ وَأَدَاء إِلَيْهِ بِإِحْسَانٍ ذَلِكَ تَخْفِيفٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَرَحْمَةٌ فَمَنِ اعْتَدَى بَعْدَ ذَلِكَ فَلَهُ عَذَابٌ أَلِيمٌ
179.Шуна чIир екхарехь дахар ду‚ хIай хьекъал дерш, шу хилийтархьама кхоьруш /бехк боцуш стаг верах/. وَلَكُمْ فِي الْقِصَاصِ حَيَاةٌ يَاْ أُولِيْ الأَلْبَابِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
180.Шуна тIедиллина цхьанна тIе валар деъча‚ нагахь цуьнан бухадуьсуш хIума делахь, цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар[138] – баккъалла а т1ехь ду и /весет дар Делах/ кхоьручарна. كُتِبَ عَلَيْكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ إِن تَرَكَ خَيْرًا الْوَصِيَّةُ لِلْوَالِدَيْنِ وَالأقْرَبِينَ بِالْمَعْرُوفِ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ
181.Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь – къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву Ша хезаш верг а‚ хууш верг а. فَمَن بَدَّلَهُ بَعْدَمَا سَمِعَهُ فَإِنَّمَا إِثْمُهُ عَلَى الَّذِينَ يُبَدِّلُونَهُ إِنَّ اللّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
182.Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца ярах я къа дарах кхерахь‚ цо маслахьат дахь царна[139] юккъехь‚ цунна[140] къа хир дац. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. فَمَنْ خَافَ مِن مُّوصٍ جَنَفًا أَوْ إِثْمًا فَأَصْلَحَ بَيْنَهُمْ فَلاَ إِثْمَ عَلَيْهِ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
183.ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар‚ шул хьалхарчарна тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ كُتِبَ عَلَيْكُمُ الصِّيَامُ كَمَا كُتِبَ عَلَى الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
184./И марха кхобур ду/цхьа к1еззиг деношкахь[141]; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь[142] /марха кхобур ду цо/ дисинчу денойн метта. Марха цакхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо совдаьккхича (шен даггара сагIа совлуш) – и цунна дика ду. Аш марха кхаьбча – шуна дика ду‚ шу хууш хиллехь. أَيَّامًا مَّعْدُودَاتٍ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضًا أَوْ عَلَى سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ وَعَلَى الَّذِينَ يُطِيقُونَهُ فِدْيَةٌ طَعَامُ مِسْكِينٍ فَمَن تَطَوَّعَ خَيْرًا فَهُوَ خَيْرٌ لَّهُ وَأَن تَصُومُواْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
185./И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахIу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш. شَهْرُ رَمَضَانَ الَّذِيَ أُنزِلَ فِيهِ الْقُرْآنُ هُدًى لِّلنَّاسِ وَبَيِّنَاتٍ مِّنَ الْهُدَى وَالْفُرْقَانِ فَمَن شَهِدَ مِنكُمُ الشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ وَمَن كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَى سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ يُرِيدُ اللّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلاَ يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُواْ الْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُواْ اللّهَ عَلَى مَا هَدَاكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
186.Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьт1ахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь. وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ فَلْيَسْتَجِيبُواْ لِي وَلْيُؤْمِنُواْ بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ
187.Магош ду шуна мархийн баттахь буса шайн зударшна гергадахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду[143]. Далла хиира шу хилла хилар шаьш шайн Iехадеш[144]. Шун тōба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца /буса/ гергаг1о шайна царна‚ лаха Дала шайна яздинарг[145]. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тайх къастадаллалц. ТIаккха кхочушде марха кхабар буьйса т1еяллалц. Герга ма г1о царна (зударшна) шаьш маьждигаш чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна (дозанашна – уьш дохо). Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама ларлуш /Делан дозанех/. أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ الصِّيَامِ الرَّفَثُ إِلَى نِسَآئِكُمْ هُنَّ لِبَاسٌ لَّكُمْ وَأَنتُمْ لِبَاسٌ لَّهُنَّ عَلِمَ اللّهُ أَنَّكُمْ كُنتُمْ تَخْتانُونَ أَنفُسَكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ وَعَفَا عَنكُمْ فَالآنَ بَاشِرُوهُنَّ وَابْتَغُواْ مَا كَتَبَ اللّهُ لَكُمْ وَكُلُواْ وَاشْرَبُواْ حَتَّى يَتَبَيَّنَ لَكُمُ الْخَيْطُ الأَبْيَضُ مِنَ الْخَيْطِ الأَسْوَدِ مِنَ الْفَجْرِ ثُمَّ أَتِمُّواْ الصِّيَامَ إِلَى الَّليْلِ وَلاَ تُبَاشِرُوهُنَّ وَأَنتُمْ عَاكِفُونَ فِي الْمَسَاجِدِ تِلْكَ حُدُودُ اللّهِ فَلاَ تَقْرَبُوهَا كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللّهُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
188.Аш ма даа вовшийн даьхни харцонца[146] хьаькамашца берта а дахана[147], къа дарца нехан даьхни даархьама‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/. وَلاَ تَأْكُلُواْ أَمْوَالَكُم بَيْنَكُم بِالْبَاطِلِ وَتُدْلُواْ بِهَا إِلَى الْحُكَّامِ لِتَأْكُلُواْ فَرِيقًا مِّنْ أَمْوَالِ النَّاسِ بِالإِثْمِ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
189.Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту цара беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахь āла: "Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаьждехкарна а ду". Мēла хир бац шу х1усамаш чу тIехьахула дахарх. Мēла бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Х1усамаш чу г1о неIаршкахула[148]! Делах кхера – шу даккхийдер ду. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الأهِلَّةِ قُلْ هِيَ مَوَاقِيتُ لِلنَّاسِ وَالْحَجِّ وَلَيْسَ الْبِرُّ بِأَنْ تَأْتُوْاْ الْبُيُوتَ مِن ظُهُورِهَا وَلَكِنَّ الْبِرَّ مَنِ اتَّقَى وَأْتُواْ الْبُيُوتَ مِنْ أَبْوَابِهَا وَاتَّقُواْ اللّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
190.ТIом бе Делан новкъахь шайца тIом беш болчаьрца‚ амма дозанал сов ма довла[149]. Далла ца беза дозанал сов буьйлурш. وَقَاتِلُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَكُمْ وَلاَ تَعْتَدُواْ إِنَّ اللّهَ لاَ يُحِبِّ الْمُعْتَدِينَ
191.Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра[150]. Питана[151] чIогIа ду стаг вēрал а. ТIом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца т1ом ца бахь. Цара шайца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам. وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُم مِّنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ وَالْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ الْقَتْلِ وَلاَ تُقَاتِلُوهُمْ عِندَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ حَتَّى يُقَاتِلُوكُمْ فِيهِ فَإِن قَاتَلُوكُمْ فَاقْتُلُوهُمْ كَذَلِكَ جَزَاء الْكَافِرِينَ
192.Уьш совцахь[152] – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву. فَإِنِ انتَهَوْاْ فَإِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
193.ТIом бе цаьрца питана[153] саццалц‚ дин / деш долу 1ибадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/т1ом бечуьра/ – тIелатар[154] ма де зулам дечарна бен. وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّى لاَ تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ لِلّهِ فَإِنِ انتَهَواْ فَلاَ عُدْوَانَ إِلاَّ عَلَى الظَّالِمِينَ
194.Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – ч1ир эца дезаш ду[155]. Шайна цхьаъ тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла. الشَّهْرُ الْحَرَامُ بِالشَّهْرِ الْحَرَامِ وَالْحُرُمَاتُ قِصَاصٌ فَمَنِ اعْتَدَى عَلَيْكُمْ فَاعْتَدُواْ عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا اعْتَدَى عَلَيْكُمْ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
195.Харжаш е Делан новкъахь[156]. Шайн куьйгашца шаьш хIаллак ма де[157]. Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш. وَأَنفِقُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَلاَ تُلْقُواْ بِأَيْدِيكُمْ إِلَى التَّهْلُكَةِ وَأَحْسِنُوَاْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
196.Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрат[158] а Делан дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана х1умано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана[159] де сагIина. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц[160]. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь[161] – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIина. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла. وَأَتِمُّواْ الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلّهِ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ وَلاَ تَحْلِقُواْ رُؤُوسَكُمْ حَتَّى يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضاً أَوْ بِهِ أَذًى مِّن رَّأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِّن صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ فَإِذَا أَمِنتُمْ فَمَن تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ذَلِكَ لِمَن لَّمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
197.Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш[162] ду. Цу хенахь[163] хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш. الْحَجُّ أَشْهُرٌ مَّعْلُومَاتٌ فَمَن فَرَضَ فِيهِنَّ الْحَجَّ فَلاَ رَفَثَ وَلاَ فُسُوقَ وَلاَ جِدَالَ فِي الْحَجِّ وَمَا تَفْعَلُواْ مِنْ خَيْرٍ يَعْلَمْهُ اللّهُ وَتَزَوَّدُواْ فَإِنَّ خَيْرَ الزَّادِ التَّقْوَى وَاتَّقُونِ يَا أُوْلِي الأَلْبَابِ
198.Шуна къа дац‚ аш шайн Делера диканаш[164] лехча. Шаьш Iарафатера[165] охьадаьхкича, Дела хьахаве[166] сийдолчу машIарехь[167]. Хьахаве И /дика/‚ Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдаре терра‚ шу хиллехь а цул хьалха тиллабелллачарех. لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَبْتَغُواْ فَضْلاً مِّن رَّبِّكُمْ فَإِذَا أَفَضْتُم مِّنْ عَرَفَاتٍ فَاذْكُرُواْ اللّهَ عِندَ الْمَشْعَرِ الْحَرَامِ وَاذْكُرُوهُ كَمَا هَدَاكُمْ وَإِن كُنتُم مِّن قَبْلِهِ لَمِنَ الضَّآلِّينَ
199.ТIаккха лела нах лелачухула[168]‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. ثُمَّ أَفِيضُواْ مِنْ حَيْثُ أَفَاضَ النَّاسُ وَاسْتَغْفِرُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
200.Шаьш хьаьждехкар кхочушдина девлча‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарах терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: "ХIай тхан Кхиош-Кхобург‚ ло тхуна дуьненахь" /диканаш/ – ма дац царна эхартахь дāкъа. فَإِذَا قَضَيْتُم مَّنَاسِكَكُمْ فَاذْكُرُواْ اللّهَ كَذِكْرِكُمْ آبَاءكُمْ أَوْ أَشَدَّ ذِكْرًا فَمِنَ النَّاسِ مَن يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا وَمَا لَهُ فِي الآخِرَةِ مِنْ خَلاَقٍ
201.Царах бу олурш а: "ХIай тхан Кхиош-Кхобург! Ахь тхуна лōлахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларделахь цIеран Iазапах". وِمِنْهُم مَّن يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ
202.Царна ма ду дāкъа шайна карадинчух. И Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг. أُولَئِكَ لَهُمْ نَصِيبٌ مِّمَّا كَسَبُواْ وَاللّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ
203.Дела хьехаве масийтта дийнахь[169]. Шина дийнахь /баьрзанашна т1е тIулгаш кхиссина дIаваха/ сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIаьхьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла. وَاذْكُرُواْ اللّهَ فِي أَيَّامٍ مَّعْدُودَاتٍ فَمَن تَعَجَّلَ فِي يَوْمَيْنِ فَلاَ إِثْمَ عَلَيْهِ وَمَن تَأَخَّرَ فَلا إِثْمَ عَلَيْهِ لِمَنِ اتَّقَى وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
204.Адмашна юккъехь ишттаниг а ву, ша дуьненан дахарехь шен къамелаца хьо цецвоккхуш верг‚ даг чохь долчунна Дела теш хIоттош – и ма ву луьра мостагI[170]. وَمِنَ النَّاسِ مَن يُعْجِبُكَ قَوْلُهُ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيُشْهِدُ اللّهَ عَلَى مَا فِي قَلْبِهِ وَهُوَ أَلَدُّ الْخِصَامِ
205./Хьох/ дIа ма къаьсттинехь, сихло иза (мунепикъ) лаьтта тIехь пасад[171] хIуманаш дан‚ хIаллакдо цо охана а‚ даьхни а[172]‚– Далла ца деза пасад хIума. وَإِذَا تَوَلَّى سَعَى فِي الأَرْضِ لِيُفْسِدَ فِيِهَا وَيُهْلِكَ الْحَرْثَ وَالنَّسْلَ وَاللّهُ لاَ يُحِبُّ الفَسَادَ
206.Шега аьлча: "Кхера Делах!" –куралло схьалоцу иза къа латорца. Цунна кхачо йийр ю жоьжахатино‚ –ма вон ю-кх /и санначарна/ нисйина меттиг. وَإِذَا قِيلَ لَهُ اتَّقِ اللّهَ أَخَذَتْهُ الْعِزَّةُ بِالإِثْمِ فَحَسْبُهُ جَهَنَّمُ وَلَبِئْسَ الْمِهَادُ
207.Нахах ишттаниг а ма ву, Дела реза хилар лоьхуш шен са духкуш верг. Дела ма ву къахеташ /Шен/ лех[173]. وَمِنَ النَّاسِ مَن يَشْرِي نَفْسَهُ ابْتِغَاء مَرْضَاتِ اللّهِ وَاللّهُ رَؤُوفٌ بِالْعِبَادِ
208.ХIай ийман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш[174]. Шу ма хIитта шайтIанан ларашна тIаьхьа – и шуна билггала мостагI ма ду. يَاأَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ ادْخُلُواْ فِي السِّلْمِ كَآفَّةً وَلاَ تَتَّبِعُواْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
209.Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу галдовлахь[175] – шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам барехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/. فَإِن زَلَلْتُمْ مِّن بَعْدِ مَا جَاءتْكُمُ الْبَيِّنَاتُ فَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
210.Уьш /ислам дин тIе ца лоцурш/ хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехула[176]‚ иштта маликаш а /шайга дахкаре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш. هَلْ يَنظُرُونَ إِلاَّ أَن يَأْتِيَهُمُ اللّهُ فِي ظُلَلٍ مِّنَ الْغَمَامِ وَالْمَلآئِكَةُ وَقُضِيَ الأَمْرُ وَإِلَى اللّهِ تُرْجَعُ الامُورُ
211.Ахь хатта Исраилан кIенташка, мел дахкийтина Оха цаьрга билгала долу делилаш. Делан ниIмат хуьйцучунна[177]‚ шега и деъначул тIаьхьа – и Дела ма ву таIзар дарехь чIогIа верг. سَلْ بَنِي إِسْرَائِيلَ كَمْ آتَيْنَاهُم مِّنْ آيَةٍ بَيِّنَةٍ وَمَن يُبَدِّلْ نِعْمَةَ اللّهِ مِن بَعْدِ مَا جَاءتْهُ فَإِنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
212.Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехь[178] хир бу къематдийнахь. Дала рицкъ ма ло Шена луучунна, хьесап а доцуш. زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُواْ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَيَسْخَرُونَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُواْ وَالَّذِينَ اتَّقَواْ فَوْقَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَاللّهُ يَرْزُقُ مَن يَشَاء بِغَيْرِ حِسَابٍ
213.Нах хилла цхьана умматехь[179]‚ тIаккха /уьш тиларчу бахча/ Дала бахкийтира, шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукам дайта церан хилпало[180] хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачеран бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира ийман диллинарш (жайнин ох1ла) берш шеца хилпалонехь хиллачу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа. كَانَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً فَبَعَثَ اللّهُ النَّبِيِّينَ مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ وَأَنزَلَ مَعَهُمُ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِيَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ فِيمَا اخْتَلَفُواْ فِيهِ وَمَا اخْتَلَفَ فِيهِ إِلاَّ الَّذِينَ أُوتُوهُ مِن بَعْدِ مَا جَاءتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ فَهَدَى اللّهُ الَّذِينَ آمَنُواْ لِمَا اخْتَلَفُواْ فِيهِ مِنَ الْحَقِّ بِإِذْنِهِ وَاللّهُ يَهْدِي مَن يَشَاء إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
214.Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду[181] /хIай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тIедеънарг шайна т1е а ца дог1уш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьана ийман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" – Х1аъ! Баккъалла а, Делера гIо герга ма ду![182] أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُواْ الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ الَّذِينَ خَلَوْاْ مِن قَبْلِكُم مَّسَّتْهُمُ الْبَأْسَاء وَالضَّرَّاء وَزُلْزِلُواْ حَتَّى يَقُولَ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ مَتَى نَصْرُ اللّهِ أَلا إِنَّ نَصْرَ اللّهِ قَرِيبٌ
215.Цара хьоьга хоьтту: "ХIун лур ю сагIина?" Ахь āла: "Аш сагIина доккхуш долу дика х1ума - /даккха/ дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъахочунна а[183]. Аш деш долу дика Дела хууш ву[184]". يَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنفِقُونَ قُلْ مَا أَنفَقْتُم مِّنْ خَيْرٍ فَلِلْوَالِدَيْنِ وَالأَقْرَبِينَ وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ وَمَا تَفْعَلُواْ مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللّهَ بِهِ عَلِيمٌ
216.Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац. كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌ لَّكُمْ وَعَسَى أَن تَكْرَهُواْ شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ وَعَسَى أَن تُحِبُّواْ شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَّكُمْ وَاللّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ
217.Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна[185]‚ цу чохь тIом барх. Ахь āла: "Цу чохь тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах цатешар а‚ Деза Маьждигах[186] /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь". Питана[187] доккха ду тIом барал а. Уьш (керстанаш) совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а. Уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الشَّهْرِ الْحَرَامِ قِتَالٍ فِيهِ قُلْ قِتَالٌ فِيهِ كَبِيرٌ وَصَدٌّ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَكُفْرٌ بِهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَإِخْرَاجُ أَهْلِهِ مِنْهُ أَكْبَرُ عِندَ اللّهِ وَالْفِتْنَةُ أَكْبَرُ مِنَ الْقَتْلِ وَلاَ يَزَالُونَ يُقَاتِلُونَكُمْ حَتَّىَ يَرُدُّوكُمْ عَن دِينِكُمْ إِنِ اسْتَطَاعُواْ وَمَن يَرْتَدِدْ مِنكُمْ عَن دِينِهِ فَيَمُتْ وَهُوَ كَافِرٌ فَأُوْلَئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ وَأُوْلَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
218.Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ хIижар[188] динарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш[189] а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَالَّذِينَ هَاجَرُواْ وَجَاهَدُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ أُوْلَئِكَ يَرْجُونَ رَحْمَتَ اللّهِ وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
219.Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх[190] а лаьцна‚ ахь āла: "Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал[191]". Юха а хоьтту цара хьоьга: "ХIун доккхур ду шаьш сагIина?" Ахь āла: "Совдаьлларг[192]". Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ قُلْ فِيهِمَا إِثْمٌ كَبِيرٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَآ أَكْبَرُ مِن نَّفْعِهِمَا وَيَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنفِقُونَ قُلِ الْعَفْوَ كَذَلِكَ يُبيِّنُ اللّهُ لَكُمُ الآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
220.Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахь āла: "Маслахьат дар[193] дика ду царна". Аш уьш вовшахтоьхча[194] – уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а[195]. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна[196]. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьекъале верг а. فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْيَتَامَى قُلْ إِصْلاَحٌ لَّهُمْ خَيْرٌ وَإِنْ تُخَالِطُوهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ وَاللّهُ يَعْلَمُ الْمُفْسِدَ مِنَ الْمُصْلِحِ وَلَوْ شَاء اللّهُ لأعْنَتَكُمْ إِنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
221.Аш ма балабе Делаца накъост луьйцу зударий[197] цара ийман диллалц. Тешаш йолу лай тоьлуш ю Делаца накъост лоцучу зудчул‚ цо (Делаца накъост лоцуш йолчо) шуьга тамаша байтахь а[198]. Делаца накъост лоьцучу божаршка а ма бахийта /бусалба/ зударий цара ийман диллалц. Тешаш волу лай тоьлуш ву Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш. وَلاَ تَنكِحُواْ الْمُشْرِكَاتِ حَتَّى يُؤْمِنَّ وَلأَمَةٌ مُّؤْمِنَةٌ خَيْرٌ مِّن مُّشْرِكَةٍ وَلَوْ أَعْجَبَتْكُمْ وَلاَ تُنكِحُواْ الْمُشِرِكِينَ حَتَّى يُؤْمِنُواْ وَلَعَبْدٌ مُّؤْمِنٌ خَيْرٌ مِّن مُّشْرِكٍ وَلَوْ أَعْجَبَكُمْ أُوْلَئِكَ يَدْعُونَ إِلَى النَّارِ وَاللّهُ يَدْعُوَ إِلَى الْجَنَّةِ وَالْمَغْفِرَةِ بِإِذْنِهِ وَيُبَيِّنُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
222.Хьоьга хоьтту цара зударийн цIано йохарх[199]‚ ахь āла: "Иза бāла хьегар ду". ЦIано йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо, уьш цIанбаллалц[200]. Уьш цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайна ма хьеххара[201]. Баккъалла а, цу Далла ма беза тōба динарш‚ Цунна ма беза цIена берш. وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْمَحِيضِ قُلْ هُوَ أَذًى فَاعْتَزِلُواْ النِّسَاء فِي الْمَحِيضِ وَلاَ تَقْرَبُوهُنَّ حَتَّىَ يَطْهُرْنَ فَإِذَا تَطَهَّرْنَ فَأْتُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ أَمَرَكُمُ اللّهُ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ التَّوَّابِينَ وَيُحِبُّ الْمُتَطَهِّرِينَ
223.Шун зударий – шун /оханан/ аре[202] санна бу /шуна/. Шайн /оханан/ аренга г1о шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна[203]. Делах кхера‚ шуна хаа шу Цунна дуьхьалкхетарг хилар. Ахь кхаъ баккха ийман диллинчарна. نِسَآؤُكُمْ حَرْثٌ لَّكُمْ فَأْتُواْ حَرْثَكُمْ أَنَّى شِئْتُمْ وَقَدِّمُواْ لأَنفُسِكُمْ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُواْ أَنَّكُم مُّلاَقُوهُ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
224.И Дела шайн дуйнийн Iалашо ма хилийта диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслахьат ца дан а[204]. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву. وَلاَ تَجْعَلُواْ اللّهَ عُرْضَةً لِّأَيْمَانِكُمْ أَن تَبَرُّواْ وَتَتَّقُواْ وَتُصْلِحُواْ بَيْنَ النَّاسِ وَاللّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
225.Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш[205] и хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ собаре а ма ву /Шен лешна къинош ма диннехь 1азап ца деш, царна тōба дан (дохко довла) хан луш/. لاَّ يُؤَاخِذُكُمُ اللّهُ بِاللَّغْوِ فِيَ أَيْمَانِكُمْ وَلَكِن يُؤَاخِذُكُم بِمَا كَسَبَتْ قُلُوبُكُمْ وَاللّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ
226.Шайн зударшна герга гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь ларвалар[206]. ТIаккха уьш дохкобовлахь[207] – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. لِّلَّذِينَ يُؤْلُونَ مِن نِّسَآئِهِمْ تَرَبُّصُ أَرْبَعَةِ أَشْهُرٍ فَإِنْ فَآؤُوا فَإِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
227.Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву[208]. وَإِنْ عَزَمُواْ الطَّلاَقَ فَإِنَّ اللّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
228.Битина болу зударий хьовсур бу[209] кхузза «къиръ»[210] чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинарг[211] хьулдан‚ шаьш Делах а, тIаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан маройн бакъо ю уьш юхаберзо цу чохь[212], уьш лууш белахь маслахьат дан‚ церан (зударийн) бакъонех терра декхарш а ду диканца юкъаметтиг лелаярца.[213]. Марой даржехь царал лакхара бу[214]. И Дела ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву. وَالْمُطَلَّقَاتُ يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ ثَلاَثَةَ قُرُوَءٍ وَلاَ يَحِلُّ لَهُنَّ أَن يَكْتُمْنَ مَا خَلَقَ اللّهُ فِي أَرْحَامِهِنَّ إِن كُنَّ يُؤْمِنَّ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَبُعُولَتُهُنَّ أَحَقُّ بِرَدِّهِنَّ فِي ذَلِكَ إِنْ أَرَادُواْ إِصْلاَحًا وَلَهُنَّ مِثْلُ الَّذِي عَلَيْهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ وَلِلرِّجَالِ عَلَيْهِنَّ دَرَجَةٌ وَاللّهُ عَزِيزٌ حَكُيمٌ
229.Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аш дIаделлачух хIумма юхаэца[215]. Мегар ду уьш[216] кхоьруш хилахь Делан дозанаш ца лардарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца лардарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча[217]. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш дōха ма делаш. Делан дозанаш дōхош берш – уьш зулам деш берш бу. الطَّلاَقُ مَرَّتَانِ فَإِمْسَاكٌ بِمَعْرُوفٍ أَوْ تَسْرِيحٌ بِإِحْسَانٍ وَلاَ يَحِلُّ لَكُمْ أَن تَأْخُذُواْ مِمَّا آتَيْتُمُوهُنَّ شَيْئًا إِلاَّ أَن يَخَافَا أَلاَّ يُقِيمَا حُدُودَ اللّهِ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلاَّ يُقِيمَا حُدُودَ اللّهِ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْهِمَا فِيمَا افْتَدَتْ بِهِ تِلْكَ حُدُودُ اللّهِ فَلاَ تَعْتَدُوهَا وَمَن يَتَعَدَّ حُدُودَ اللّهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
230.Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТIаккха цо (и шолг1а яханчо) и йитича‚ цу шинна[218] а къа дац шаьш цхьанакхетча‚ шайна Делан дозанаш ларлур ду аьлла хетахь. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана. فَإِن طَلَّقَهَا فَلاَ تَحِلُّ لَهُ مِن بَعْدُ حَتَّىَ تَنكِحَ زَوْجًا غَيْرَهُ فَإِن طَلَّقَهَا فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَن يَتَرَاجَعَا إِن ظَنَّا أَن يُقِيمَا حُدُودَ اللّهِ وَتِلْكَ حُدُودُ اللّهِ يُبَيِّنُهَا لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
231.Аш зударий /цкъа я шозза/ битина болуш‚ церан хан[219] тIекхаьчча – совцабе уьш дикачу аг1онца‚ я дIабахийта уьш дикачу аг1онца. Аш ма совцабе уьш зуламца – тIаккха аш дозанаш талхор ду. И дēчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лера. Аш дагадаийта шайна хилла долу Делан ниIмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша шуьга доссийна долу Жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚ шуна хаалаш и Дела массо а хIума хууш вуйла. وَإِذَا طَلَّقْتُمُ النَّسَاء فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ سَرِّحُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَلاَ تُمْسِكُوهُنَّ ضِرَارًا لَّتَعْتَدُواْ وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ وَلاَ تَتَّخِذُوَاْ آيَاتِ اللّهِ هُزُوًا وَاذْكُرُواْ نِعْمَتَ اللّهِ عَلَيْكُمْ وَمَا أَنزَلَ عَلَيْكُمْ مِّنَ الْكِتَابِ وَالْحِكْمَةِ يَعِظُكُم بِهِ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
232.Аш зударий битина‚ церан хан гергакхаьчча‚ аш[220] новкъарло ма елаш царна шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь дикачу аг1онца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац. وَإِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاء فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلاَ تَعْضُلُوهُنَّ أَن يَنكِحْنَ أَزْوَاجَهُنَّ إِذَا تَرَاضَوْاْ بَيْنَهُم بِالْمَعْرُوفِ ذَلِكَ يُوعَظُ بِهِ مَن كَانَ مِنكُمْ يُؤْمِنُ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ ذَلِكُمْ أَزْكَى لَكُمْ وَأَطْهَرُ وَاللّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ
233.Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчунна[221] тIехь ду – зударшна[222] даа хIума а, тIедуха хIума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тIедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь[223]. /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна а[224] лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна[225]. Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла. وَالْوَالِدَاتُ يُرْضِعْنَ أَوْلاَدَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ لِمَنْ أَرَادَ أَن يُتِمَّ الرَّضَاعَةَ وَعلَى الْمَوْلُودِ لَهُ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ لاَ تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلاَّ وُسْعَهَا لاَ تُضَآرَّ وَالِدَةٌ بِوَلَدِهَا وَلاَ مَوْلُودٌ لَّهُ بِوَلَدِهِ وَعَلَى الْوَارِثِ مِثْلُ ذَلِكَ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالاً عَن تَرَاضٍ مِّنْهُمَا وَتَشَاوُرٍ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْهِمَا وَإِنْ أَرَدتُّمْ أَن تَسْتَرْضِعُواْ أَوْلاَدَكُمْ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُم مَّآ آتَيْتُم بِالْمَعْرُوفِ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
234.Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу[226] беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна[227] къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца[228]. И Дела аш дийриг дика хууш ву. وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
235.Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогIур буйла. Мухха делахь а‚ ваIда[229] ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен[230]. И ялор чIагI ма де яздинарг[231] шен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, та1зар дар т1аьхьатоттуш) а вуйла. وَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُم بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاء أَوْ وَلَكِن لاَّ تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلاَّ أَن تَقُولُواْ قَوْلاً مَّعْرُوفًا وَلاَ تَعْزِمُواْ عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىَ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ أَكْنَنتُمْ فِي أَنفُسِكُمْ عَلِمَ اللّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ
236.Къа дац шуна аш зударий битича /цаьрца мах[232] хьахийначул тIаьхьа/ шаьш царна гергадахана[233] а доцуш, я урдон мах хадийна дIабелла а боцуш. /Ишттачу хьолехь и зударий битинчо/ луо царна шайна пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина, хьал доцчо – шен тароне хьаьжжина, гIиллакхца[234] пайденна хIума. Иза хьакъ ду хIор шен Iамал дика хилийта луучу стагана тIехь. لاَّ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن طَلَّقْتُمُ النِّسَاء مَا لَمْ تَمَسُّوهُنُّ أَوْ تَفْرِضُواْ لَهُنَّ فَرِيضَةً وَمَتِّعُوهُنَّ عَلَى الْمُوسِعِ قَدَرُهُ وَعَلَى الْمُقْتِرِ قَدْرُهُ مَتَاعًا بِالْمَعْرُوفِ حَقًّا عَلَى الْمُحْسِنِينَ
237.Аш уьш (зударий) битахь‚ шайн цаьрца гергарадахар а хилла доцу‚ ткъа шайна урдон мах хадийна болу – шаьш хадийначул ах урдон мах лур бу аш царна. Лур бац‚ нагахь цара (зударша), я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара /ца боьхуш/ битахь. Аш мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха цадаккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларна. Аш диц ма де вовший юккъехь долу дозалла[235]. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ву. وَإِن طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِن قَبْلِ أَن تَمَسُّوهُنَّ وَقَدْ فَرَضْتُمْ لَهُنَّ فَرِيضَةً فَنِصْفُ مَا فَرَضْتُمْ إَلاَّ أَن يَعْفُونَ أَوْ يَعْفُوَ الَّذِي بِيَدِهِ عُقْدَةُ النِّكَاحِ وَأَن تَعْفُواْ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَى وَلاَ تَنسَوُاْ الْفَضْلَ بَيْنَكُمْ إِنَّ اللّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
238.Ларде ламазаш а‚ юккъера[236] ламаз а‚ дIахIитта Далла муьтIахь хилла[237]. حَافِظُواْ عَلَى الصَّلَوَاتِ والصَّلاَةِ الْوُسْطَى وَقُومُواْ لِلّهِ قَانِتِينَ
239.Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш /когашт1ахь/ гIаш доьлхушшехь я /цхьана х1уманна т1е/хевшина доьлхушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш[238]‚ Цо шайна Iамадеш ма-хиллара шуна ца хууш хилларг. فَإنْ خِفْتُمْ فَرِجَالاً أَوْ رُكْبَانًا فَإِذَا أَمِنتُمْ فَاذْكُرُواْ اللّهَ كَمَا عَلَّمَكُم مَّا لَمْ تَكُونُواْ تَعْلَمُونَ
240.Шух дIакхелхинчара шайл буха зударий а битина, шайн зударшна весет дина царна оьшуш долу х1ума дуьтийла цхьа шо дуззалц[239]. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна диканца. И Дела веза верг а‚ хьекъале верг а ву. وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا وَصِيَّةً لِّأَزْوَاجِهِم مَّتَاعًا إِلَى الْحَوْلِ غَيْرَ إِخْرَاجٍ فَإِنْ خَرَجْنَ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِي مَا فَعَلْنَ فِيَ أَنفُسِهِنَّ مِن مَّعْرُوفٍ وَاللّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
241.Битинчу зударшна совг1ат[240] лур ду хазачу г1иллакхехь‚ Делах кхоьручарна и далар хьакъ долуш. وَلِلْمُطَلَّقَاتِ مَتَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ
242.Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ шу хьекъале хилийтархьама. كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
243.Хьуна ца хаъа /хIай Мухьаммад/ баларх кхерабелла шайн цIеношкара бевдда арабевлачу эзарнашна[241] хилларг? Дала цаьрга элира: "Ле шу!" /Уьш белира/, тIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а, и Дела къинхетам болуш ма ву нахах, амма дукхахболчу наха баркалла ца олу. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ خَرَجُواْ مِن دِيَارِهِمْ وَهُمْ أُلُوفٌ حَذَرَ الْمَوْتِ فَقَالَ لَهُمُ اللّهُ مُوتُواْ ثُمَّ أَحْيَاهُمْ إِنَّ اللّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَشْكُرُونَ
244.Къийсам латтабе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш верг а‚ хууш верг а вуйла. وَقَاتِلُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
245.Далла хаза декхар делларг[242] милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъ дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду. مَّن ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ أَضْعَافًا كَثِيرَةً وَاللّهُ يَقْبِضُ وَيَبْسُطُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
246.Хьоьга ца кхаьчна Исраилан кIентех /цхьана/ элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре аьлларг? "Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу"-ма элира цара. Цо элира: "Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?" Цара элира: "Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхешан цIеношкара а, тхешан доьзалех а арадаьхна хилча?" Царна тIом бар тIедиллича‚ юхабевлира уьш‚ царах цхьа кIеззиг берш боцурш. И Дела бевзаш ма ву зулам деш берш. أَلَمْ تَرَ إِلَى الْمَلإِ مِن بَنِي إِسْرَائِيلَ مِن بَعْدِ مُوسَى إِذْ قَالُواْ لِنَبِيٍّ لَّهُمُ ابْعَثْ لَنَا مَلِكًا نُّقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللّهِ قَالَ هَلْ عَسَيْتُمْ إِن كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ أَلاَّ تُقَاتِلُواْ قَالُواْ وَمَا لَنَا أَلاَّ نُقَاتِلَ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَقَدْ أُخْرِجْنَا مِن دِيَارِنَا وَأَبْنَآئِنَا فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ تَوَلَّوْاْ إِلاَّ قَلِيلاً مِّنْهُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
247.Церан пайхамара цаьрга элира: "Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь хилла". Цара элира: "Цо х1унда дан деза тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхни а ца делла цунна". Цо элира: "Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и совваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду Шена луучунна. И Дела /Шен къинхетамца массо а/ чулоцуш ву‚ Ша хууш а ву /и къинхетам хьанах бан беза/". وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ اللّهَ قَدْ بَعَثَ لَكُمْ طَالُوتَ مَلِكًا قَالُوَاْ أَنَّى يَكُونُ لَهُ الْمُلْكُ عَلَيْنَا وَنَحْنُ أَحَقُّ بِالْمُلْكِ مِنْهُ وَلَمْ يُؤْتَ سَعَةً مِّنَ الْمَالِ قَالَ إِنَّ اللّهَ اصْطَفَاهُ عَلَيْكُمْ وَزَادَهُ بَسْطَةً فِي الْعِلْمِ وَالْجِسْمِ وَاللّهُ يُؤْتِي مُلْكَهُ مَن يَشَاء وَاللّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
248.Церан пайхамара цаьрга элира: "Цуьнгахь паччахьалла хиларан билгало ю шуна тIорказ дарца‚ шена чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сакинат[243] долуш‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш[244]- маликаша дахьар ду иза". Баккъалла а, цу чохь делил ма ду шуна‚ шу муъманах хиллехь. وَقَالَ لَهُمْ نِبِيُّهُمْ إِنَّ آيَةَ مُلْكِهِ أَن يَأْتِيَكُمُ التَّابُوتُ فِيهِ سَكِينَةٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَبَقِيَّةٌ مِّمَّا تَرَكَ آلُ مُوسَى وَآلُ هَارُونَ تَحْمِلُهُ الْمَلآئِكَةُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لآيَةً لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
249.ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: "Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац). Цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана доцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)". Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза (ТIалут) а, цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: "Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутана[245] а‚ цуьнан эскарна а тIехь". Шаьш Далла дуьхьалкхетарг хиларх тешнаболчара элира: "Мосазза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца". فَلَمَّا فَصَلَ طَالُوتُ بِالْجُنُودِ قَالَ إِنَّ اللّهَ مُبْتَلِيكُم بِنَهَرٍ فَمَن شَرِبَ مِنْهُ فَلَيْسَ مِنِّي وَمَن لَّمْ يَطْعَمْهُ فَإِنَّهُ مِنِّي إِلاَّ مَنِ اغْتَرَفَ غُرْفَةً بِيَدِهِ فَشَرِبُواْ مِنْهُ إِلاَّ قَلِيلاً مِّنْهُمْ فَلَمَّا جَاوَزَهُ هُوَ وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ قَالُواْ لاَ طَاقَةَ لَنَا الْيَوْمَ بِجَالُوتَ وَجُنودِهِ قَالَ الَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُم مُّلاَقُو اللّهِ كَم مِّن فِئَةٍ قَلِيلَةٍ غَلَبَتْ فِئَةً كَثِيرَةً بِإِذْنِ اللّهِ وَاللّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ
250.Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш[246] гучубевлча‚ цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобуш верг! Ахь собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь толам баккха". وَلَمَّا بَرَزُواْ لِجَالُوتَ وَجُنُودِهِ قَالُواْ رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
251.Делан лаамца цара уьш[247] эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъалалла а делира‚ Iамийра цунна Шена луург. Дала нах цхьаберш вовшашца ларбеш бацахьара‚ латта галдерадара (керстанаш толарца, бусалбанаш байарца, маьждигаш дохорца), делахь а, и Дела ву комаьршаллин да дерриге а Iаламашна т1ехь. فَهَزَمُوهُم بِإِذْنِ اللّهِ وَقَتَلَ دَاوُدُ جَالُوتَ وَآتَاهُ اللّهُ الْمُلْكَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَهُ مِمَّا يَشَاء وَلَوْلاَ دَفْعُ اللّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَّفَسَدَتِ الأَرْضُ وَلَكِنَّ اللّهَ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْعَالَمِينَ
252.Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъонца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ бахкийтинчарех. تِلْكَ آيَاتُ اللّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
253.Уьш бу элчанаш. Оха царах цхьаберш вукхарал базбина. Царах ву Дала шеца къамел динарг а‚ Цо айбина царах цхьаберш даржашкахь. Оха елира Марьяман кIанте Iийсага а билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица[248]. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара царал (элчанел) тIаьхьа хиллачара[249] шайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа. Делахь а, цхьа барт ца хилла церан – царах бу тешарш а‚ царах бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург. تِلْكَ الرُّسُلُ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَى بَعْضٍ مِّنْهُم مَّن كَلَّمَ اللّهُ وَرَفَعَ بَعْضَهُمْ دَرَجَاتٍ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ وَلَوْ شَاء اللّهُ مَا اقْتَتَلَ الَّذِينَ مِن بَعْدِهِم مِّن بَعْدِ مَا جَاءتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ وَلَكِنِ اخْتَلَفُواْ فَمِنْهُم مَّنْ آمَنَ وَمِنْهُم مَّن كَفَرَ وَلَوْ شَاء اللّهُ مَا اقْتَتَلُواْ وَلَكِنَّ اللّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ
254. ХIай иман диллинарш! Харжаш е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах‚ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а‚ шапаIат а хир доцу де[250] тIекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зуламхой. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ أَنفِقُواْ مِمَّا رَزَقْنَاكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ يَوْمٌ لاَّ بَيْعٌ فِيهِ وَلاَ خُلَّةٌ وَلاَ شَفَاعَةٌ وَالْكَافِرُونَ هُمُ الظَّالِمُونَ
255.АллахI (Шен ц1е йолу цхьа Дела) ву – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озор а наб яр а доцуш. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цунна гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царал хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIекхуьур ма бац уьш, Цунна луучул бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсий[251] стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву. اللّهُ لاَ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ لاَ تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلاَ نَوْمٌ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ مَن ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلاَّ بِإِذْنِهِ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلاَ يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِّنْ عِلْمِهِ إِلاَّ بِمَا شَاء وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَلاَ يَؤُودُهُ حِفْظُهُمَا وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ
256.Ницкъ бийр бац динехь[252]; нийса некъ къастабелла харц некъах. ТIагIутах[253] ца тешаш‚ Делах тешнарг – и лаьтташ ву ша хедар йоцчу чIогIачу уьйраца[254]. И Дела ша хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. لاَ إِكْرَاهَ فِي الدِّينِ قَد تَّبَيَّنَ الرُّشْدُ مِنَ الْغَيِّ فَمَنْ يَكْفُرْ بِالطَّاغُوتِ وَيُؤْمِن بِاللّهِ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَىَ لاَ انفِصَامَ لَهَا وَاللّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
257.Дела ву тешаш болчеран вали[255]. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу. اللّهُ وَلِيُّ الَّذِينَ آمَنُواْ يُخْرِجُهُم مِّنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّوُرِ وَالَّذِينَ كَفَرُواْ أَوْلِيَآؤُهُمُ الطَّاغُوتُ يُخْرِجُونَهُم مِّنَ النُّورِ إِلَى الظُّلُمَاتِ أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
258.Хьуна хаий ИбрахIимца и Кхиош-Кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахIима аьллера: "Сан Кхиош-Кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг". Цо (Намруз паччахьа) элира: "Ас ден а до‚ дала а долуьйту". ИбрахIима элира: "Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула". ТIаккха вуьйхира цатешарг[256]. Дала нис ца до зуламе долу къам. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِي حَآجَّ إِبْرَاهِيمَ فِي رِبِّهِ أَنْ آتَاهُ اللّهُ الْمُلْكَ إِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّيَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا أُحْيِي وَأُمِيتُ قَالَ إِبْرَاهِيمُ فَإِنَّ اللّهَ يَأْتِي بِالشَّمْسِ مِنَ الْمَشْرِقِ فَأْتِ بِهَا مِنَ الْمَغْرِبِ فَبُهِتَ الَّذِي كَفَرَ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
259.Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т1е а хирцина, йохийна хиллачу[257]? Цо элира: "Муха денйийр ю хIара Дала еллачул тIаьхьа!?" Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: "Мел лаьттира хьо?" Цо элира: "Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь". Цо (Дала) элира: "ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш[258]‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тIаккха царна тIе дилха дуьллу". И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: "Суна хаьа Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла". أَوْ كَالَّذِي مَرَّ عَلَى قَرْيَةٍ وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَى عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىَ يُحْيِي هََذِهِ اللّهُ بَعْدَ مَوْتِهَا فَأَمَاتَهُ اللّهُ مِئَةَ عَامٍ ثُمَّ بَعَثَهُ قَالَ كَمْ لَبِثْتَ قَالَ لَبِثْتُ يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ قَالَ بَل لَّبِثْتَ مِئَةَ عَامٍ فَانظُرْ إِلَى طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمْ يَتَسَنَّهْ وَانظُرْ إِلَى حِمَارِكَ وَلِنَجْعَلَكَ آيَةً لِّلنَّاسِ وَانظُرْ إِلَى العِظَامِ كَيْفَ نُنشِزُهَا ثُمَّ نَكْسُوهَا لَحْمًا فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ قَالَ أَعْلَمُ أَنَّ اللّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
260.ИбрахIима аьллера[259]: "Сан Кхиош-Кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахь муха денбо белларш". Цо (Дала) элира: "Хьо ца теша ткъа?" Элира /ИбрахIима/: "Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама". /Дала/ элира: "ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царах. ТIаккха хIор ламанна тIе цхьацца дакъа дилла царах‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза верг а‚ хьекъале верг а вуйла". وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ أَرِنِي كَيْفَ تُحْيِي الْمَوْتَى قَالَ أَوَلَمْ تُؤْمِن قَالَ بَلَى وَلَكِن لِّيَطْمَئِنَّ قَلْبِي قَالَ فَخُذْ أَرْبَعَةً مِّنَ الطَّيْرِ فَصُرْهُنَّ إِلَيْكَ ثُمَّ اجْعَلْ عَلَى كُلِّ جَبَلٍ مِّنْهُنَّ جُزْءًا ثُمَّ ادْعُهُنَّ يَأْتِينَكَ سَعْيًا وَاعْلَمْ أَنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
261.Шен долахьдерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх тера: цо схьабалийтина ворхI кан‚ хIор кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш верг а‚ хууш верг а ма ву. مَّثَلُ الَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ كَمَثَلِ حَبَّةٍ أَنبَتَتْ سَبْعَ سَنَابِلَ فِي كُلِّ سُنبُلَةٍ مِّئَةُ حَبَّةٍ وَاللّهُ يُضَاعِفُ لِمَن يَشَاء وَاللّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
262.Шайн долахьдерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца дохуш‚ царна шайн мēла ма бу шайн Кхиош-Кхобучун гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац. الَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ ثُمَّ لاَ يُتْبِعُونَ مَا أَنفَقُواُ مَنًّا وَلاَ أَذًى لَّهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
263.Хаза дош а‚ гечдар а тоьлуш ду шена тIаьхьа бехк боккхуш долчу сагIанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собаре[260] а ма ву. قَوْلٌ مَّعْرُوفٌ وَمَغْفِرَةٌ خَيْرٌ مِّن صَدَقَةٍ يَتْبَعُهَآ أَذًى وَاللّهُ غَنِيٌّ حَلِيمٌ
264.ХIай ийман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршций‚ бехкашций‚ ша Делах а‚ т1аьххьарчу /къемат/дийнах а тешаш а воцуш, шен долахьдерг нахана гайтархьама /саг1ина/ доккхучух тера. Цуьнан масал ду шена тIехь латта долчу шерачу тIулгах тера: шена тIе чIогIа догIа дилхича - и бисира шерра /шена тIера латта дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац царна шаьш гулдинчух /цхьа а/ хIуманах /пайдаэца/[261]. Дала нис ца до ца тешаш долу къам. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تُبْطِلُواْ صَدَقَاتِكُم بِالْمَنِّ وَالأذَى كَالَّذِي يُنفِقُ مَالَهُ رِئَاء النَّاسِ وَلاَ يُؤْمِنُ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ صَفْوَانٍ عَلَيْهِ تُرَابٌ فَأَصَابَهُ وَابِلٌ فَتَرَكَهُ صَلْدًا لاَّ يَقْدِرُونَ عَلَى شَيْءٍ مِّمَّا كَسَبُواْ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
265.Дела реза хиларе догдохуш, /иймана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн дōлахьдерг /сагIина/ доккхучеран масал тера ду басахь йолчу бешах: шена тIе чIогIа догIа дилхича‚ стоьмаш дуккха алсамбуьйлуш. ЧIогIа догIа ца дагIахь а, догIа серсаш, /цунах а тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву. وَمَثَلُ الَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمُ ابْتِغَاء مَرْضَاتِ اللّهِ وَتَثْبِيتًا مِّنْ أَنفُسِهِمْ كَمَثَلِ جَنَّةٍ بِرَبْوَةٍ أَصَابَهَا وَابِلٌ فَآتَتْ أُكُلَهَا ضِعْفَيْنِ فَإِن لَّمْ يُصِبْهَا وَابِلٌ فَطَلٌّ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
266.Шуна цхьанна а луур дарий шен хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула хиш а лелаш‚ массо а стом шена чохь а болуш‚ тIаккха шен кегий доьзал а болуш и воккха хилча‚ чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш[262]. أَيَوَدُّ أَحَدُكُمْ أَن تَكُونَ لَهُ جَنَّةٌ مِّن نَّخِيلٍ وَأَعْنَابٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ لَهُ فِيهَا مِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ وَأَصَابَهُ الْكِبَرُ وَلَهُ ذُرِّيَّةٌ ضُعَفَاء فَأَصَابَهَا إِعْصَارٌ فِيهِ نَارٌ فَاحْتَرَقَتْ كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللّهُ لَكُمُ الآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
267.ХIай ийман диллинарш! СагIина ло[263]‚ шайна карадеаначу цIенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аш сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьаббийна бен. Шуна хаалаш‚ и Дела вуйла хьал долуш а /Шена шун саг1анаш ца оьшуш /‚ хастаме а /дика 1амал йинчунна хаза ял луш/ . يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ أَنفِقُواْ مِن طَيِّبَاتِ مَا كَسَبْتُمْ وَمِمَّا أَخْرَجْنَا لَكُم مِّنَ الأَرْضِ وَلاَ تَيَمَّمُواْ الْخَبِيثَ مِنْهُ تُنفِقُونَ وَلَسْتُم بِآخِذِيهِ إِلاَّ أَن تُغْمِضُواْ فِيهِ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ غَنِيٌّ حَمِيدٌ
268.ШайтIано кхерамаш туьйсу шуна къоьлаллица[264]‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а. И Дела /Шегахь/ шорто йолуш а ву‚ хууш а ву. الشَّيْطَانُ يَعِدُكُمُ الْفَقْرَ وَيَأْمُرُكُم بِالْفَحْشَاء وَاللّهُ يَعِدُكُم مَّغْفِرَةً مِّنْهُ وَفَضْلاً وَاللّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
269.Шена луучунна хьекъалалла луш ву И‚ (Цо) шена хьекъалалла делларг – шена дуккха а диканаш делларг ву-кх. Оцунах ойла-м ца йо хекъалдолчара а бен. يُؤتِي الْحِكْمَةَ مَن يَشَاء وَمَن يُؤْتَ الْحِكْمَةَ فَقَدْ أُوتِيَ خَيْرًا كَثِيرًا وَمَا يَذَّكَّرُ إِلاَّ أُوْلُواْ الأَلْبَابِ
270.Аш хIума сагIина елча, я муьлха нузар[265] дича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий. وَمَا أَنفَقْتُم مِّن نَّفَقَةٍ أَوْ نَذَرْتُم مِّن نَّذْرٍ فَإِنَّ اللّهَ يَعْلَمُهُ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنصَارٍ
271.Аш сагIанаш /нахана/ гуш дāхахь – дика ду иза. Аш уьш къайлаха дāхахь‚ пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлуш дерг[266]‚ цо[267] дойур ду шуна шун вонаш[268]. И Дела аш дийриг дика хууш ма ву. إِن تُبْدُواْ الصَّدَقَاتِ فَنِعِمَّا هِيَ وَإِن تُخْفُوهَا وَتُؤْتُوهَا الْفُقَرَاء فَهُوَ خَيْرٌ لُّكُمْ وَيُكَفِّرُ عَنكُم مِّن سَيِّئَاتِكُمْ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
272.Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар[269]‚ амма Дала нисво Шена луург. Аш саг1ина мел даьккхинарг[270] – шуна шайна ду. Аш ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш[271] а бен. Аш мел даьккхинчу саг1ина бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна. لَّيْسَ عَلَيْكَ هُدَاهُمْ وَلَكِنَّ اللّهَ يَهْدِي مَن يَشَاء وَمَا تُنفِقُواْ مِنْ خَيْرٍ فَلأنفُسِكُمْ وَمَا تُنفِقُونَ إِلاَّ ابْتِغَاء وَجْهِ اللّهِ وَمَا تُنفِقُواْ مِنْ خَيْرٍ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنتُمْ لاَ تُظْلَمُونَ
273.Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь /шайн ч1аг1онаша/ совцийна болчу[272]‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста[273]. Цахуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш болу дела. Хьуна бевзар бу уьш шайн Iаламаташца[274]‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха а диканиг аш /сагIина/ даьккхича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву шуна. لِلْفُقَرَاء الَّذِينَ أُحصِرُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ لاَ يَسْتَطِيعُونَ ضَرْبًا فِي الأَرْضِ يَحْسَبُهُمُ الْجَاهِلُ أَغْنِيَاء مِنَ التَّعَفُّفِ تَعْرِفُهُم بِسِيمَاهُمْ لاَ يَسْأَلُونَ النَّاسَ إِلْحَافًا وَمَا تُنفِقُواْ مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللّهَ بِهِ عَلِيمٌ
274.Шаьш шайн дōлахьдерг /сагIина/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлаха а‚ гуш а – царна шайн мēла хир бу шайн Кхиош-Кхобучун гергахь‚ царна кхерам а хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац. الَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُم بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ سِرًّا وَعَلاَنِيَةً فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
275.Шаьш риба[275] дууш берш гIовтур ма бац ша шайтIано 1аьвдинарг гIоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: "Йохка-эцар рибах тера ду". Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-Кхобучуьнгара хьехам а беъна, сецнарг[276] – цунна хьалха д1адахнарг[277] ду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цунна[278] тIевирзинарг – уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. الَّذِينَ يَأْكُلُونَ الرِّبَا لاَ يَقُومُونَ إِلاَّ كَمَا يَقُومُ الَّذِي يَتَخَبَّطُهُ الشَّيْطَانُ مِنَ الْمَسِّ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُواْ إِنَّمَا الْبَيْعُ مِثْلُ الرِّبَا وَأَحَلَّ اللّهُ الْبَيْعَ وَحَرَّمَ الرِّبَا فَمَن جَاءهُ مَوْعِظَةٌ مِّن رَّبِّهِ فَانتَهَىَ فَلَهُ مَا سَلَفَ وَأَمْرُهُ إِلَى اللّهِ وَمَنْ عَادَ فَأُوْلَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
276.ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо а т1ех цатешарг а‚ къинош дийриг а. يَمْحَقُ اللّهُ الْرِّبَا وَيُرْبِي الصَّدَقَاتِ وَاللّهُ لاَ يُحِبُّ كُلَّ كَفَّارٍ أَثِيمٍ
277.Баккъалла а, ийман диллинарш, /т1аккха/ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ закат луш берш – царна мēла бу шайн Кхиош-Кхобучун гергахь‚ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ وَأَقَامُواْ الصَّلاَةَ وَآتَوُاْ الزَّكَاةَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
278.ХIай ийман диллинарш! Кхера Делах‚ дита шаьш /юхалург деллачунна/ т1е доккху риба‚ шаьш /Делах/ тешаш хиллехь. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اتَّقُواْ اللّهَ وَذَرُواْ مَا بَقِيَ مِنَ الرِّبَا إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
279.И аш ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аш тōба дахь[279] – шуна шайн дōлахьдолчун коьртехь хилларг[280] ду: аш зулам дийр дац /риба доьхуш/ – шуна а зулам дийр дац /аш делларг эшош/. فَإِن لَّمْ تَفْعَلُواْ فَأْذَنُواْ بِحَرْبٍ مِّنَ اللّهِ وَرَسُولِهِ وَإِن تُبْتُمْ فَلَكُمْ رُؤُوسُ أَمْوَالِكُمْ لاَ تَظْلِمُونَ وَلاَ تُظْلَمُونَ
280.Цуьнгахь хало хилахь[281] – атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аш и /дерриг я цунах цхьадерг/ сагIина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь. وَإِن كَانَ ذُو عُسْرَةٍ فَنَظِرَةٌ إِلَى مَيْسَرَةٍ وَأَن تَصَدَّقُواْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
281.Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо а сина ша карадиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац. وَاتَّقُواْ يَوْمًا تُرْجَعُونَ فِيهِ إِلَى اللّهِ ثُمَّ تُوَفَّى كُلُّ نَفْسٍ مَّا كَسَبَتْ وَهُمْ لاَ يُظْلَمُونَ
282.ХIай ийман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна – дIаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьал ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла. Делах – шен Кхиош-Кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма а ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша дIадийца ца луш‚ – цуьнан верасо дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тешалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царах (зударех) цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йойла /тешалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь[282]. Аш мало ма йойла и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тешаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аш вовший юккъехь дIахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а[283]. Аш и дахь – и шуьца песакъалла[284] хилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо а хIума Ша хууш ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِذَا تَدَايَنتُم بِدَيْنٍ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى فَاكْتُبُوهُ وَلْيَكْتُب بَّيْنَكُمْ كَاتِبٌ بِالْعَدْلِ وَلاَ يَأْبَ كَاتِبٌ أَنْ يَكْتُبَ كَمَا عَلَّمَهُ اللّهُ فَلْيَكْتُبْ وَلْيُمْلِلِ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ وَلْيَتَّقِ اللّهَ رَبَّهُ وَلاَ يَبْخَسْ مِنْهُ شَيْئًا فَإن كَانَ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ سَفِيهًا أَوْ ضَعِيفًا أَوْ لاَ يَسْتَطِيعُ أَن يُمِلَّ هُوَ فَلْيُمْلِلْ وَلِيُّهُ بِالْعَدْلِ وَاسْتَشْهِدُواْ شَهِيدَيْنِ من رِّجَالِكُمْ فَإِن لَّمْ يَكُونَا رَجُلَيْنِ فَرَجُلٌ وَامْرَأَتَانِ مِمَّن تَرْضَوْنَ مِنَ الشُّهَدَاء أَن تَضِلَّ إْحْدَاهُمَا فَتُذَكِّرَ إِحْدَاهُمَا الأُخْرَى وَلاَ يَأْبَ الشُّهَدَاء إِذَا مَا دُعُواْ وَلاَ تَسْأَمُوْاْ أَن تَكْتُبُوْهُ صَغِيرًا أَو كَبِيرًا إِلَى أَجَلِهِ ذَلِكُمْ أَقْسَطُ عِندَ اللّهِ وَأَقْومُ لِلشَّهَادَةِ وَأَدْنَى أَلاَّ تَرْتَابُواْ إِلاَّ أَن تَكُونَ تِجَارَةً حَاضِرَةً تُدِيرُونَهَا بَيْنَكُمْ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَلاَّ تَكْتُبُوهَا وَأَشْهِدُوْاْ إِذَا تَبَايَعْتُمْ وَلاَ يُضَآرَّ كَاتِبٌ وَلاَ شَهِيدٌ وَإِن تَفْعَلُواْ فَإِنَّهُ فُسُوقٌ بِكُمْ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَيُعَلِّمُكُمُ اللّهُ وَاللّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
283.Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хIума ло закъалтана[285]. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча[286] – шена тешамна елла хIума юхаерзайойла цо‚ шен Делах – шен Кхиош-Кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аш ма хьулделаш тешалла‚ и хьулдийнарг – шен даго къинош дийнарг ву. И Дела аш дийриг хууш ма ву.

وَإِن كُنتُمْ عَلَى سَفَرٍ وَلَمْ تَجِدُواْ كَاتِبًا فَرِهَانٌ مَّقْبُوضَةٌ فَإِنْ أَمِنَ بَعْضُكُم بَعْضًا فَلْيُؤَدِّ الَّذِي اؤْتُمِنَ أَمَانَتَهُ وَلْيَتَّقِ اللّهَ رَبَّهُ وَلاَ تَكْتُمُواْ الشَّهَادَةَ وَمَن يَكْتُمْهَا فَإِنَّهُ آثِمٌ قَلْبُهُ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
284.Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аш гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

لِّلَّهِ ما فِي السَّمَاواتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَإِن تُبْدُواْ مَا فِي أَنفُسِكُمْ أَوْ تُخْفُوهُ يُحَاسِبْكُم بِهِ اللّهُ فَيَغْفِرُ لِمَن يَشَاء وَيُعَذِّبُ مَن يَشَاء وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
285.Элча тийшира шен Кхиош-Кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъманах а тийшира. Массо а тийшира Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а. /Олу муъманаха/: “Цуьнан элчаний юккъера цхьа а къаста ца во оха”. ТIаккха цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ муьтIахь хилла тхо. Ахь гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьоьга ду-кх дIадерзар".

آمَنَ الرَّسُولُ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْهِ مِن رَّبِّهِ وَالْمُؤْمِنُونَ كُلٌّ آمَنَ بِاللّهِ وَمَلآئِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ لاَ نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِّن رُّسُلِهِ وَقَالُواْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا غُفْرَانَكَ رَبَّنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ

286. Сина тIе ца дуьллу Дала цунна ницкъ кхочург бен. Цунна – ша карадийнарг ду[287]‚ цунна дуьхал а – ша карадийнарг ду[288]. "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма йиллалахь хало‚ Ахь тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ цакхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас[289]‚ гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь". (Иштта деха боху Дала муъманахе).

لاَ يُكَلِّفُ اللّهُ نَفْسًا إِلاَّ وُسْعَهَا لَهَا مَا كَسَبَتْ وَعَلَيْهَا مَا اكْتَسَبَتْ رَبَّنَا لاَ تُؤَاخِذْنَا إِن نَّسِينَا أَوْ أَخْطَأْنَا رَبَّنَا وَلاَ تَحْمِلْ عَلَيْنَا إِصْرًا كَمَا حَمَلْتَهُ عَلَى الَّذِينَ مِن قَبْلِنَا رَبَّنَا وَلاَ تُحَمِّلْنَا مَا لاَ طَاقَةَ لَنَا بِهِ وَاعْفُ عَنَّا وَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَآ أَنتَ مَوْلاَنَا فَانصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
[1] Алиф – лᾱм – мῡм – 1аьрбийн элпаш. Оцу элпашца д1адолош ду Дала сурат нахана хаийта къамел элпех лаьтташ хилар, элпаш Делан къайленех, Цуьнан му1жизатех хилар. Иштта Къуръанан аяташ лаьтташ ду элпех. Цхьадолу сураташ Дала цхьацца элпашца д1адолош ду Къуръанан тамаше а, инзаре а чулацам гайтархьама. Цхьаболу 1еламнах уьш билгалдаха г1иртина. Иштта, Абу – 1алията аьлла: أليف “Алиф" - ألله“Аллах1“ бохучун дог1а ду, لام “Лᾱм”- لطيف“Лат1ῡф” бохучу Делан ц1еран дог1а ду, ميم“Мῡм”- مجيد“Маджῡд“ бохучун маь1нехь ду. Кхидолу цхьацца сураташ кхечу элпашца долалуш ду, церан а цхьацца маь1наш дина. Делахь а, тоьлашдерг ду “Цу элпашца Шена луург Далла Шена дика хаьа”, аьлла сацар.
[2] Хьуламехь дерг – иштта гочдеш ду 1аьрбийн дош غيب г1айб. Г1айб – Дала дуьйцуш долу адамна б1аьрга ца го х1уманаш ду: къематде, кошан 1азап, ялсамани, жоьжахати…
[3] Ламаз х1оттор – Деле дог а дерзийна, массо а рукна а, суннаташ а кхочуш а деш, дуьззина ламаз дар. Вуьшта хиллехьара, Ламаз деш аьлла дуьтур дара Дала.
[4] /дикачу аг1ор/ харжаш еш – Дала шайна деллачу рицкъана т1ера дикачу аг1ор харжаш еш, саг1а луш. Аято юкъадало закат а, саг1а а, Дела реза волчу аг1ор еш йолу кхин харжаш а (шен зудчунна, шен берашна, дин даржорна, юкъарчу г1уллакхна, мохк 1алашбарна, зулам духатохарна…). Ибн-Касира аьлла: "Дала дукха хьолехь ламаз а, /дикачу аг1ор/ харжаш яр а цхьана хьахош ду, х1унда аьлча ламаз Делан коьрта хьакъ долу дела, ткъа оьшучу метте харжаш яр нехан хьакъ долу дела. И ший а хьакъ вовшах хоттаделла ду. И шиъ бусалба стагна т1ехь долу коьрта важибаш ду. Хьадисехь ду кхо х1ума вовшах къаста йиш йоцуш доссийна ду Дала, аьлла: царах цхьаъ ца дахь, цуьнца хоттаделларг а къобалдеш дац.Уьш ду: ламаз а, закат а; Далла муьт1ахь хилар а, элчанна муьт1ахь хилар а; Далла шукур дар а, дена-нанна шукур дар а. Ламаз деш вац, нагахь санна, шегахь долу даьхни закат лучу бараме кхаьчча, закат луш вацахь. Далла муьт1ахь вац, нагахь санна элчанна муьт1ахь вацахь. Далла шукур деш вац, нагахь санна дена-нанна шукур деш вацахь.
[5] Хьоьга доссийначу (Къуръанал) хьалха диссийна Делан жайнаш: Таврат, Забур, Инжил…
[6] Ибн-Касира яздо шен مختصر Мухтасар жайни чохь: «Дала мунепикъаш, цара Делан нийса некъ д1а а тесна, тиларчу бахар тардеш ду 1аьржачу аренгахь ц1е латийначух: ц1еран серлонах пайда оьцу цо вохваларца а, д1авахарца а. Т1аккха и ц1е д1а а яйна, боданехь вуьсу и, х1умма ца гуш. Цунах терра, цара ийман диллинчул т1аьхьа керстаналла харжарна, Дала нур д1адаьхьна церан дегнашкара».
[7] Б1аьрзе – б1аьрсадоцург. Кхузахь Дала буьйцурш мунепикъаш бу: къорачарах тера бу уьш, диканиг царна ца хеза дела, мотт цахуучарах тера бу уьш, пайдениг цара ца дуьйцу дела, б1аьрсадоцучарах тера бу уьш, нийса некъ царна ца го дела.
[8] Кзузахь Дала гучудоккху мунепикъан хьал: шена бусалба хиларехь дуьненан пайда белахь, динан г1уллакхаш кхочушдан хьожу и, 1аьржачу аренгахь ц1арца пайда оьцучух терра. Амма и дин бахьанехь шена цхьа жимма а дуьненахь зен хилахь, динан г1уллакхаш кхочушдарах соцу иза, ц1е д1аяйча, аренгахь верг сацарх терра. Муьлххачу хьолехь а, мунепикъаш, шаьш ийман хийцаран бахьанехь, Дала шайн нур д1адаьхьнарш бу.
[9] Кхиош-Кхобуш верг‚ я Кхиош-Кхобург – кхузахь а‚ кхин дIа : Дела. Иштта гочдина Iаьрбийн дош رب "Раббун". Кхин оцунах лаьцнарг лакхахь далийна.
[10] Оха – кхузахь Дала дукхаллин терахь далийна цхьаллин терахьан Ас, Со меттана. Къуръанан кхечу меттигашкахь дуккха а нислур ду انا Инна – баккъалла а, Оха; نحن Нахьну – Тхо Баккъалла а, Ас; Со бохучун маь1нехь. Исламан 1акъидатехь, цхьа а шеко йоццуш, ч1аг1делла ду Дела цхьаъ хилар, Ша х1уманаш кхолларехь, царна урхалла дарехь Иза цхьаьнца а дагаволуш цахилар, цхьангара а накъосталла Шена оьшуш цахилар. Ткъа кхузахь Цо дукхаллин терахь далор, Шен цхьаннан г1уллакх дуьйцуш – иза 1аьрбийн меттан башхалла ю. 1аьрбийн маттахь дукхаллин терахьан хьалхара юьхь (тхо, вай, ваьш) лелаш ю цхьаллин терахьан хьалхарчу юьхьан (со) меттана даздаран даржехь, хазчу г1иллакхехь, аьлча а, и юьхь йолчуьнан возалла гойтуш. (Хьажа Гойбасханов 1абдулхьеламан الكامل في التصريف Аль-камилу филь-тасрифи ц1е йолчу грамматикан жайни чу, аг1о 21, 1995- 1416 шо). Цуьнга терра, вай а, цхьанга хаьттича, масала, х1ара ц1а хьенан ду, аьлла, цо г1иллакх лоций, сан ду ца олуш вайн ду олу. Иштта кхечу меттанашкахь цхьанга вистхуьлуш, цуьнан сий деш, Шу олу, Хьо ца олуш.
[11] Т1улгаш – кхузахь: Делах цатешачара шайна (т1улгашна) 1ибадат деш, шаьш язъеш хилла йолу х1уманаш, жа1арш (ц1уш). Оьрсашха: идолаш.
[12] Песакъ – 1аьрбашха: فاسق фасикъ - цхьана х1уманах д1авирзинарг.Далла муьт1ахь хиларх д1авирзинарг, Дала бохург ца деш верг. Песакъ хуьлу 1еса верг а, керста верг а. Керста, иштта мунепикъ уггар луьра песакъ ву.
[13] ДIадаханчу жайнашкахь Делах а‚ пайхамарех а теша‚ аьлла‚ бина хилла барт.
[14] Пайхамарца йолу уьйраш‚ гергарчаьрца йолу юкъаметтигаш, бусалбанашца лело деза доттаг1алла.
[15] Эшнарш- шайна зен динарш.
[16] Ненан кийрара ара а даьхна.
[17] Къематдийнахь.
[18] Делан ойла т1ейирзира стигална.
[19]И хьахаде нахана‚ хIай Мухьаммад.
[20]Къуръан чохь яздина: халифат – 1аьрбашха: خليفة - Делан омраца лаьтта тIехь Цуьнан хьукамаш кхочушдийриг – Адам а, цуьнан зуьррет а, цхьана т1аьхьено важа хийцаеш.
[21]Цу аято гойту вайна Дала Адам а, цуьнан зуьррет а къастийна хилар 1илманца.
[22]Ша Адамна цIерш Iамийна хIуманаш.
[23]Сужуд – лераме, маршаллин сужуд. 1ибадатан сужуд дац и – иза цхьана Далла бен дан ца мега.
[24]Дитт – Ибн 1аббаса аьлла и кемс хилла. Библия жайни чохь 1аж хилла аьлла ду, цхьа кхечахь – к1а. Хуург Ша Дела ву.
[25]Мостаг1ий – шайт1а адамашна мостаг1 ду, шу а цунна мостаг1ий хила.
[26]Тоба дан Iамийра Дала Адамна. “Аль-А1раф” суратан 23-чу аятехь далийна Дала Адамна 1амийна дешнаш: “Тхан Кхиош-Кхобург,тхешан дог1машна зулам ма дина оха, Ахь тхуна геч ца дахь, Ахь тхоьх къинхетам ца бахь,тхо хир ма ду дакъазадевлачарах”.
[27]ЯIкъубан кIентий – жуьгтий. Исраил – ЯIкъуб пайхамаран цхьа кхин цIе‚ цуьнан тIаьхьенах лору жуьгтий.
[28]Шен хеннахь‚ шен бакъонашца ламаз де.
[29]Аш омра до нахана диканиг? – Аш хьоьху нахана диканиг де олий?
[30]Шу зуьйш ма ду Дала, аш Цунна шукур дой, ц1ена 1ибадат дой хьожуш.
[31]ФирIавн а, цуьнан бIо а хIаллакбина 40 буьйса яьлча, Мусага Таврат делира.
[32]Т1аккха цара Делан омра кхочушдира вовшийн байарца (70 эзар стаг вира цара вовшийн). Таккха царна Дала массарна а гечдира (беллачарна а, байинчарна а).
[33]Мусан дехарца Дала стиглара доссийна мерзачу даарийн шун.
[34]Иерусалим я Ариша – Палестинехь йолу шахьарш.
[35]Тхан сакхташ тергал ма де.
[36]Сужуд деш, Дела вазвеш ца бевлира уьш шахьар чу, голаш т1ехь тиэкхаш бевлира, Дела сийсаз а веш. Шайга ала аьлла дош “Хьитт1ат” (Семитийн маттахь “ Гечде тхуна “) хийцира цара, ца бешаш, “Хьабба фи ша1ира “ (“Кенан чохь мекхан буьртиг”), олуш. Дала ун доссийра царна. Цхьана сахьтехь царах 70 эзар стаг велира. (Тафсир аль-Джалалайн).
[37]Iазап
[38]Песакъ – 1аьрбашха:فاسق фасикъ. Хьалха деъна цуьнан маь1на.
[39]Цхьатерра.
[40]Мусас элира шен халкъе, цунна бехк а боккхуш: «Аш хуьйцу ткъа шайна Дала стиглара доссийна долу даар (манна а, салва а) хохах а, саьрмасекхах а…».
[41]"Охьадисса Мисра" – кхузахь Дала омра деш ду Мусага есачу аренгахь хиллачу Исраилан к1енташка (жуьгташка) шу г1о г1аланех цхьана г1али чу аьлла, цигахь хир ду шуна аш дехнарг. Миср (1аьрбийн маттахь: مصر кхузахь "Г1ала" бохучун маь1нехь деана. "Миср" бохучун кхин маь1на "Египет" ду. Дела ала луучух тера ву Исраилан к1енташка: Мисрахь хилла токхо карор ю шуна муьлххачу г1алахь я махкахь, аш Далла 1ибадат а деш, хьанал къахьегча.
[42]Сабиаш- жуьгтийн я насарийн (христианийн) гắр (тайпа).
[43]Тавратаца Iамал е.
[44]ТаIзар дар.
[45]Цхьа бос болуш.
[46]Шаьш-шаьш дийна дац‚ бохуш. Оцунах лаьцна доцца хабар. Ибн Аби Хьатима 1убайдат аль-Салманих дийцира: Исраилан к1ентий юккъехь хилла шен доьзалхо воцуш цхьа хьал долу стаг.Цуьнгара ирс эцархьама и вийна цуьнан вешин к1анта, т1аккха буса дакъа цхьаннан кет1е диллина.1уьйранга ваьлча, и дов дан волавелла шен ден ваша вина, бохуш. Нах, герзаш даьхна, вовшашна чуг1ерта буьйлабелира. Царна юккъера цхьана хьекъал долчу стага элира: "Аш х1унда дойу вовший? Шуна юккъехь Делан элча (Муса) ма ву, ша Делаца къамел а деш?" Т1аккха уьш баьхкира Муса волчу. Мусас, Делаца шен къамел хиллачул т1аьхьа, элира, аттана урс хьакха, аьлла. Цара шайга аьлларг ма аьллинехь дина хиллехьара, муьлххачу аттана урс хьаькхча а, кхачо хир йолуш яра. Дала аьлларг цара сиха цадар бахьанехь Дала царна хало йира. И етт царна цхьана мискачу стагехь карийра, цо цаьрга инзар дукха мах бийхира. И мах белла цара и ийцира, т1аккха бийра. Цу аттах хьаькхира вийначун дакъа. Делан пурбанца велларг денвелира, ша винчу шен вешин к1антан ц1е а яьккхира, т1аккха юха а велира иза. И деваша виначунна цуьнан ирсах х1умма а ца елира. Хабарехь вен кхиэл а йина, ч1ирна и вийра, аьлла ду. Цул т1аьхьа долийна ирс бухадуьтург вийча, и винчу верасна ирс цакхачор. Оцу хабарх доьзна тиллина суратна "Етт" аьлла ц1е.
[47]Таврат чохь вайн пайхамар воуьйтург хилар‚ цуьнан васт.
[48]Жуьгтийн 1еламнаха шайна 1амийна хилла дерг: шаьш Делан к1ентий, Цуьнан дукхадезарш ду боху харц х1уманаш.
[49]Бала-кхузахь: жоьжахатин ц1еран буьйра.
[50]Кхузахь Дала буьйцурш Мусага доссийна хилла долу жайна Таврат, доцу х1ума т1едетташ, хийцош хилла болу жуьгтийн 1еламнах бу.
[51]"Жоьжахати чохь лаьттар дац тхо‚ цхьа масийтта дийнахь бен",- олуш хилла жуьгташа.
[52]Исраилан к1ентий – Я1къуб пайхамаран т1аьхье, жуьгтий.
[53]Цу Делаца хиллачу ваIдах.
[54]Кхузахь Дала дуьйцург вайн пайхамаран заманчохь Мадинатехь а, цуьнан гонахь а бехаш хиллачу жуьгтийн хьал ду. Жуьгтийн цхьа тайпа – бану-къайункъа1- 1аьрбийн хазраж бохучу тайпанца бартахь хилла, ткъа жуьгтийн надзир а, бану-къурайза боху тайпанаш 1аьрбийн авас бохучу тайпанца бартахь хилла. Хазраж а, авас а, кхин берриге а 1аьрбий санна, мушрикаш хилла, Дела а ца вевзаш, ялсамани а, жоьжахати а х1ун ю ца хууш, хьанал-хьарам а ца къестош, ткъа жуьгтий Делан жайнан (Тавратан) ох1ланах хилла, Делан хьукамаш а девзаш. Хазраж а, авас а гуттар а вовшашца къуьйсуш, т1емаш беш хилла. Жуьгташа шайн барт болчу 1аьрбийн тайпанаца цхьаьна т1емаш беш хилла вукхарна дуьхьал, цигахь шайн вежарий-жуьгтий а бойуш, уьш шайн ц1еношкара ара а бохуш, арабахарна т1ехь 1аьрбийн мушрикашна г1о а деш. И Дала царна Таврата чохь хьарам дина дара. Т1ом чекхбаьлча, йийсарехь хилла шайн вежарий-жуьгтий мехах схьаоьцура цара. И цаьрга Таврата чохь Дала де аьлларг дара. Иштта Дала бехк боккху царна дуьненан бахам бахьанехь цара Делан жайна –Таврат- лавзорна.
[55]Йийсарш шайна карахь хиллачарна мах луш.
[56]Кхузахь: йийсаршца йолу юкъаметтиг Таврато ма бохху лелош хилла жуьгташа, ткъа, вуьшта – цунна дуьхьал мел догIург деш хилла.
[57]Джабраил маликаца.
[58]Ахь дуьйцург чу ца догIу.
[59]Мухьаммад пайхамар вогIург хиларца.
[60]Жуьгташа шайх воцчу Мухьаммаде доссийна аьлла Делан аяташ харцдарца, бакъдерг а доьхкина, ийцира харцдерг.
[61]Цкъа делахь‚ Таврат дохорна (цу чуьра Мухьаммадан васт дуьйцу меттигаш дIаяхарца), шолгIа делахь‚ Мухьаммаде даийтина Къуръан харцдарца.
[62]Жуьгташка а‚ и. дI. кх.
[63]Тавратах‚ Инжилах.
[64]Мухьаммаде доссийначух.
[65]Тавратаца а‚ Инжилаца а.
[66]Муса Синаъ (Синай) лам болчу Делаца хабар дийца вахча.
[67]Цунна Iибадат дан.
[68]Эхарт‚ бакъ долу дуьне.
[69]Къиношца.
[70]Джибрил я Джабраил – маликан цIе. Делан омраца элчанашка ваьхьий доссош хилла цо. Библия жайни чохь Гавриил аьлла еъна и ц1е.
[71]Тавратца а‚ Инжилаца а.
[72]Джибрил а, Микал а – Джабраил а, Микаил а (дезчу маликийн ц1ерш).
[73]Таврат чохь ша хьехийна волу Мухьаммад пайхамар (цуьнан васт хилла цунна чохь‚ ткъа Мухьаммад Таврат а, хьалха Делера мел доьссина жайна а бакъдеш веъна).
[74]Жайна доссийнарш (кхечухьа – жайнан дай) – жуьгтий а, насараш (христианаш) а.
[75]Таврат – жуьгташа и дIа а тесна‚ бозбуунчаллин жайнаш тIелецира.
[76]Бабил –х1инца Iиракъ йолчохь хьалха заманахь хилла пачхьалкх (Вавилон).
[77]Оха дуьйцург бакъдеш‚ хьо Делах ца тешаш ма хилалахь.
[78]Бозбуунчалла‚ пайхамарна тIаьхьабозучу метта.
[79]Тхан г1айг1а бе- 1аьрбийн маттахь: راعنا ”Ра1ина.” И дош кхечу вон маь1на долчу даше хуьйцуш хилла жуьгташа, пайхамарх ца бешаш. Цундела боху Дала бусалбанашка, и дош ца олуш, цуьнан маь1нехь долу أنظرنا “ Унзурна”-“Хьажа тхан г1уллакхашка”, ала.
[80]Жайнин дай я охIла – жуьгтийн динан а‚ насарийн (христианийн) динан а нах – цаьрга Делера жайнаш – Таврат а‚ Инжил а – доссийна хилла.
[81]Христианаш.
[82]Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац – иштта аят хьалха а деъна, кхул т1аьхьа а цхьацца сураташкахь дог1ур ду. Дукхах болчу тафсиран 1еламнаха цуьнан маь1на иштта дина: кхерам а хир бац царна шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан г1уллакхех, сингаттаме а хир бац уьш шайх д1атилинчу дуьненан г1уллакхех (шаьш йинчу 1амалашна ял йоцуш бисарна).
[83]Жуьгташа элира: " Насараш цхьанна х1уманна т1ехь бац – насараш нийсачу новкъахь бац".
[84]Насараша элира: " Жуьгтий цхьанна х1уманна т1ехь бац – жуьгтий нийсачу новкъахь бац".
[85]Жуьгташа доьшу Таврат‚ шена чохь Iийса бакъвеш долу‚ насараша доьшу Инжил‚ шена чохь Муса бакъвеш долу.
[86]Iаьрбийн мушрикаша элира: «Мухьаммад бакъдолчун цхьанна хIуманна тIехь вац». Кхузахь Далла луурш д1асалела 1аьрбий (кочевникаш) бу, шайгахь йоза-дешар хилла доцу, жуьгташкахь санна.
[87]Керстанаша олуш хилла Делан доьзалхо ву, 1ийса Делан к1ант ву, аларх терра.
[88]ХIай Мухьаммад.
[89]Тешачарна кхаъ бохьуш‚ ялсамани ю шуна‚ аьлла.
[90]Цатешачарна хоуьйтуш‚ царна Iазап хирг хилар‚ царна жоьжахати кечйина хилар.
[91]Коьрта хьехамча‚ доладийриг.
[92]Жайнин ох1лах бусалба дин т1елаьцна хилла йолу тоба.
[93]Дала массарел базбина хилла жуьгтий‚ цаьрга шайх пайхамарш бахкийтарца‚ дуккха ниIматаш даларца. ТIаккха цара и харцдича, Делан оьгIазло йоьлла царах.
[94]Кхузахь: Делера омраш‚ хьехарш‚ тIедихкарш.
[95]Кхузахь: Маккахь долу Далла 1ибадат дан лерина цIа – КаIба. Тоьлаш долчу жайнашкахь ч1аг1делла ду и Ка1ба Дала маликашка дайтина хилар Адам кхоллале, ткъа Ибрах1има и доьхна хиллачул т1аьхьа юхаметтах1оттина. Лаьттахь Далла 1ибадат дан уггар хьалхалера ц1а и ду, цул т1аьхьа 40 шо даьлча дина Байтул-Мукъаддисехь (Иерусалимехь) дерг.
[96]Кхузахь: Далла гIуллакх дан нах гуллуш болу меттиг.
[97]Кхузахь: массо а КаIбин гонахара меттиг.
[98]Шена чохь цхьанна а кхерам боцуш.
[99]Къематде‚ Дала массаьргара а бекхам оьцур болу де.
[100]ЦIе – кхузахь а‚ кхул тIаьхьа а: жоьжахати.
[101]Хьахаде‚ я Мухьаммад‚ хьайн уммате ИбрахIима а‚ ИсмаIила а КаIбин бух болор, и юхаметтах1оттош.
[102]Олуш: къобалде тхоьгара и цIа дар.
[103]Муьт1ахь верг- 1аьрбийн маттахь: مسلم муслим-бусалба. أسلم– муьт1ахь хилар бохучух схьадаьлла и дош.
[104]Делера билгалонаш (дешнаш).
[105]Кхузахь: вон мел долчу хIуманех ларвар.
[106]И доIа а доьшуш‚ долийра ИбрахIима а‚ ИсмаIила а ХьаьжцIа дар. Дала церан и до1а къобалдира, Шен т1аьххьара элча Мухьаммад Маккин ох1лах а хоржуш.
[107]Муьт1ахь хилар- 1аьрбийн маттахь: أسلم “Аслама .“ Оцу дашах ду أسلام “ислам “- “муьт1ахь хилар, “ مسلم “муслим “ - /Далла/ муьт1ахьверг. Цо гойту вайна Делан ц1ена дин ИСЛАМ хилар, аьлча а, Далла муьт1ахь хилар.
[108]Бусалба - Далла муьт1ахьверг.
[109]Мушрикаш – Делаца накъостий луьйцуш берш‚ дуккха делий бу бохуш берш‚ язычникаш.
[110]Басар - 1аьрбийн маттахь: صبغة – иза ду «дин». Дала кху аятехь аьлла динах «басар», куча тIехь басар санна, стагана тIехь дин гучудолу дела.
[111]Тешалла – кхузахь: Мухьаммад элчанан Таврата а, Инжила а чохь хьахийна йолу билгалонаш.
[112]Мадинате д1акхелхинчул т1аьхьа цхьана 16-17 баттахь Пайхамарна къилба хилла лаьттина بيت ألمقدس Байт аль-Макъдис (Иерусалим). Пайхамарна КаIба дезаш хилла. Иза хууш волчу Дала, магийна юха а Маккахь долчу КаIбих къилба дан. Бусалбанаш юха а КаIбе бирзича, аьлла и жуьгташа я Iаьрбийн мушрикаша.
[113]Къематдийнахь Мухьаммадан уммато тешалла дийр ду Далла хьалхахь дIадаханчу умматашна тIера‚ цаьрга Дала пайхамарш бахкийтина‚ нийса некъ гайтина хилла‚ аьлла.
[114]КIеззиг хуьлуьйтуш (шун Iамал йойуьйтур яц). Наха хаьттина хиллера элчане, Байт аль- Макъдисе боьрзуш ламазаш динчеран хьокъехь. Церан мела эшор бац, боху Дала.
[115]Деза Маьждиг ألمسجد الحرامМаккахь долу бусалба динан коьрта маьждиг. Иза ду бусалба динехь уггар деза маьждиг. Хьадисашкахь ду цу чохь дина ламаз кхечухьа динчул б1е эзарзза деза ду аьлла (иштта Мадинатехь долчу пайхамаран маьждигехь – итт эзаразза, Байт аль-Макъдисехь (Иерусалимехь) долчу Генарчу Маьждигехь динарг – цхьа эзарза я пхи б1озза). Оцу маьждигашка зиярате вахар суннат ду.
[116]Жайна делларш – أهل ألكتاب (жайнин охIла) – Тавратана а‚ Инжилана а тIаьхьахIиттинарш – жуьгтий а‚ насараш а.
[117]Кхузахь: хIор динан шен къилба ду‚ и тергал а деш цара.
[118]Суна инкарло еш ма хила – Сан ни1маташ терго ца еш ма дита Со харцварца а, Суна 1есалла ярца а. Дийцина: Мусас, салам хуьлда цунна, хаьттина везчу Деле: «Ас муха дийр ду Хьуна шукур?», аьлла. Везчу Дала аьлла цуьнга: «Со дагаваийта, Со виц ма ве. Ахь Со дагаварца хьахийча – Суна шукур динарг ву хьо, ахь Со вицвича – Суна керсталла динарг ву хьо».
[119]Делан новкъахь – кхузахь: г1азотехь.
[120]1аьрбийн маттахь: أنا لله و أنا أليه راجعون ( Инна лиллах1и ва инна илайх1и ражи1уна) и алар дика лерина стаг велча а, я кхин бохам хилча а.
[121]ХьаьжцIенна уллохь йолу лекха ши меттиг (жима ши лам). Царна юккъехула ворх1азза д1ай-схьай вахар – хьаьждехкаран а, 1умратан а гIуллакхех (парзаш) ду.
[122]Iумрат – жима хьаьждехкар: нигат дина ихьрам дихкинчул т1аьхьа хьаьжцIенна ворх1 го баккхар а‚ Сафа а, Марват а лаьмнашна юккъехула ворх1азза д1ай-схьай вахар а‚ корта башар а‚ ихьрамах паргIатвалар (и духар дIадаккхар а). Хьалха Iаьрбий хилла Сафахь а‚ Марватехь а жа1аршна гIуллакх деш. Бусалба дин тIеэцча‚ уьш халоне хIиттина: царна юккъехула бовдуш долу Iадат кхочушдича муха хир ду а ца хууш. И магош доссийна Дала и аят.
[123]Царна юккъехула ворхIазза дIай-схьай вахча.
[124]Таврат‚ Инжил я Къуръан.
[125]И Дела цхьаъ хиларна а‚ массо а х1уманна тIехь ницкъ кхочуш хиларна тIенисвеш.
[126]Наха шаьш ч1ог1а базбеш хиллачара, наха шайна 1ибадат деш хиллачара къематдийнахь Далла хьалхахь инкарло йийр ю цара шайна 1ибадат дарна, аьлча а, д1атосур бу уьш.
[127]Дела а витина.
[128]Кхузахь: зударий а‚ божарий а талхар‚ вовшашца эвхьаза хилар.
[129]Тхан ширачу динна.
[130]Кху аятехь Дала боху, билгала долу Къуръан т1е цалацарехь керстанашна и хьоьхуш верг тера ву жа1унах: цо ц1ог1а хьоькху уьстаг1ашна – ткъа царна аз хеза, маь1нех ца кхета я деккъа шайга кхайкхинчунна а бен т1е ца кхуьу.
[131]Даа хьанал хIума а доцуш.
[132]Мацалла д1аяккхан бен, кхин т1ех ца юуш.
[133]Ибн-1аббаса аьлла и аят доьссина жуьгтийн тхьамданашкахь: уьш хилла Таврата чохь долу Мухьаммад пайхамарах ﷺ лаьцна дерг нахах хьулдеш, иштта дуьненан бахам бахьанехь ялсамани юхкуш.
[134]Ибн-Касира оцу аятан ши тайпа маь1на далийна: 1) жоьжахатехь шайна нуьц1къала 1азап деш, уьш гинарш церан собарах цецбуьйлуш: 2) шайна жоьжахатехь ч1ог1а 1азап хир дуй хуушехь, к1ад ца луш, собаре болуш и хьарам х1ума деш.
[135]Зулам динчунна а бен ч1ир ма екхалаш: маьрша волчо маьрша верг вехь – и ве, лено лай вехь - и ве, зудчо зуда йехь – и йе, цхьанийсса. Делан дозанех ма довлалаш стаг цавиначуьнца ч1ир йоькхуш. Аш стаг вина воцург вехь, и ч1ир екхар дац и зулам дар ду, Делан дозанех валар ду, аьлча а - даккхичарех къа ду. Суннато билгалдаьккхина, боьршачу стага зуда ехь, и ве магар. Аятан маь1на дац ч1ир екхар парз ду бохург – гечдан а мегаш ду, дият эца а мегаш ду. Иштта маслахьат дар деза долуш меттигаш а хуьлу. Аято парз хилла т1едиллинарг нийсо яр ду, аьлча а, куьг бехкениг бен ца вер. Жех1ал заманахь 1аьрбийн цхьацца тайпаний юккъехь шуьйра даьржина хилла лайно лай вехь, и лай ца вуьйш, цуьнан метта церан маьрша стаг вуьйш, зудчо боьрша стаг вехь, и зуда ца юьйш цуьнан метта церан боьрша стаг вуьйш. Цхьаболчу 1еламнахана хетарехь, х1окху аятан хьукам д1адаьккхина "Аль-Маида" суратан ч1ир екхар хьехочу 45-чу аято.
[136]Дият – вийначу стеган дуьхьал цуьнан охIлане луш болу мах (бIе эмкал я цуьнан барам). Иштта и дият ю йинчу чевнашкахь а башх – башха барамашкахь.
[137]Гечдинчул т1аьхьа чIир екха гIерташ,
[138]ХIокху аятан хьукам дIадаьккхина "Аль-Нисаъ" суратехь деъначу ирс декъаран аято.
[139]Весет диначунна а‚ ирс кхочучунна а.
[140]Весет дечун а‚ бухабуьсучеран а. И нийсо еш весет хийцинчунна къа хир дац.
[141]Дала марха кхабар тIе ца диллина кIеззиг деношкахь бен, шеран дисинчу деношца дуьстича.
[142]Ша дохийнчу барамехь.
[143]Дуьххьара бусалба дин т1едеъча, Дала хьарам дина хиллера, мархийн бутт чекхбаллалц зударшана гергавахар, тIаккха иза хьанал деш доссийна хIара аят.
[144]Мархин баттахь шайн зударшна гергадоьлхуш. И гергадахар хиллера Iумаран а‚ кхечеран а. Цара пайхамаре дийцира шайгара даьлларг‚ цунна гечдар а дийхира. Дала гечдира.
[145]Доьзал.
[146]Харцонца – хьарам новкъа, Дала ца магийнарг. Ткъа Дала хьарам йина массо а боьха х1ума а, хьан долахь йоцу нехан х1ума а, цара, шаьш реза а долуш, хьуна елла я йоьхкина яцахь.
[147]Хьаькамашна хIума кховдош цунах.
[148]Ансараш (Мадинатан бахархой) хилла хьаьж доьхкучу хенахь шайн цIенойн неIарш дIа а къовлий,‚ тIехьахула, пенашна Iуьргаш а дохий‚ хIусамаш чу боьлхуш.
[149]Кхузахь: шаьш хьалха ма болабе тIом. ТIамехь къиза ма хила (бераш а, зударий а, баккхийнаш а ма байа..., дитташ а ма хедаде...)
[150]Маккара арабаьхна хилла бусалбанаш.
[151]Питана – кхузахь: Делаца накъост лацар, бусулбанаш динах юхабāха г1ертар.
[152]Цара тIом сацабахь – сацабе аша а.
[153]Питана – кхузахь: Делаца накъост лацар (ширк).
[154]Шаьш тIом болийначарна бен тIе ма лата.
[155]Уьш лераме баттахь (мухьаррам‚ раджаб, зулкъаIда‚ зулхьиджа) латахь – шу а лата. Делан динан хьурмат дохийна уьш шайна тIелатахь, аша чIир эца цаьргара.
[156]Ма кхоаде шайн даьхни Делан новкъахь (сагIина дала‚ гIазотана‚ и. дI. кх.).
[157]ГIазот дитина шайн белхашна тIебирзина хилла бусалбанаш. Дала боху: "ГIазот дитар дуьненахь а‚ эхартахь а шаьш хIаллакдар ду". ТIаккха мостагIчун ницкъ алсамбер бу – цо хIаллакдийр ду шу.
[158]Iумрат – жима хьаьжалла, муьлххачу хенахь дехка мега.
[159]Механ уьстагIал а лахара доцу бежна.
[160]Хьаьжин хьарме (хьаьжаллин я Iумратан Iамалш ен меттигаш) я духатоьхна меттиге.
[161]Корта баша таро ца хуьлуьйтуш.
[162]Шавваль‚ зулькъаIда‚ зульхьиджан итт де.
[163]Цу беттанашкахь.
[164]Хьаьждоьхкучохь йохка-эцар а йина‚ рицкъ лехча (и дан мегар ду шуна цигахь).
[165]Маккана гонахьара лам.
[166]До1анаш де.
[167]Сий долу машIар – Муздалифатан чакхенгахь болу Къузахь олу лам. Хьадисехь ду‚ вайн пайхамар‚ Делан салам хуьлда цунна‚ цигахь лаьттара до1анаш деш, сахила доллалц‚ аьлла ду.
[168]Кхузахь: Iарафате дуьйла нахаца цхьаьна. Хабар къурейшийн охIле ду. Уьш Муздалифатехь совцуш хилла‚ кхечу хьаьжойх къаьсташ.
[169]Ташрикъан денош – 11-гIа, 12-гIа, 13-гIа Зульхьиджа. Хьаьжоша Минехь тIулгийн барзашна тIе тIулгаш кхуьссу денош (кхаа барза тIе ворхI-ворхI тIулг кхуссуш "АллахIу акбар" олуш. Уьш шина дийнахь кхуссуш Iийна дIавахча а мега (амма Минан дозанчуьра аравала веза малх д1абузале, ца валахь – кхоалг1а буьйса а яккха еза), кхоалгIачу денна бухависча а мега.
[170]ХIара аят доьссина мунепикъийн хьокъехь, багахула хаза къамел деш, амма даг чохь шаьш луьра мостагIий болчу /динна/.
[171]Боьха х1уманаш.
[172]Кхузахь: лаьтта тIехь схьайолуш ерг (ялта) а‚ бежнаш а. И аяташ доьссина Аль-Ахнас бин Шарикъ бохучу мунепикъехь. Иза хилла пайхамаре ﷺ ша бусалба ву‚ бохуш‚ хаза хабарш дуьйцуш‚ буса бусалба нехан охана хIаллакдеш‚ даьхни дойуш.
[173]Бусалба стаг СухIайб керстанаша шена зулам деш‚ царна шен бахам битина, Мадинате дIакхелхина.
[174]Кхоччуш бусалбанаш хила. Бусалба дино т1едихкинарш дерриг кхочушде, цхьадерш д1атесна ца дуьтуш. Масала, ламаз деш, закат ца луш – иштта ма хила. سلم (силмун) бохучун кхин маь1на «машар» бохург ду: шу машар чу г1о кхоччуш. Хьалхара маь1на нуьцкъала (деза) ду.
[175]Шу галдовлахь бусалба дин тIе ца лоцуш‚ бекхам чIогIа оьцур бу шуьгара.
[176]Дин дIатасарна Делан Iазапо схьалоцур бу уьш‚ мархаша санна гуо а бина.
[177]Кхузахь: тIетухуш я эшадеш Делан дин, я Делан ни1маташна инкарло еш, уьш шена даларна Далла шукур ца деш.
[178]Делах кхоьрурш лекхачу хазачу ялсаманахь хир бу, ткъа цатешнарш – бухахь, жоьжахатахь.
[179]Цхьа дин долуш.
[180]Хилпало- цхьабарт цахилар
[181]Дуьненахь цхьа а бала ца хьоьгуьйтуш.
[182]ХIокху аято гойту бусалбанаш балане луьйцур хилар дуьненахь, иштта цо гойту Делера гIо, и бала чIагIбелча хирг хилар.
[183]Некъан накъост: некъахо, шен харж кхачаелла новкъахь виснарг.
[184]Цуьнца шуна бекхам бийр болуш ву.
[185]Беза бутт я хьарам бутт – ХIижран шеран 1-ра бутт – Мухьаррам.
[186]Деза Маьждиг я Хьарам (Лераме) Маьждиг – Маккара коьрта маьждиг.
[187]Цуьнан маьIна: 1 – бусалбанаш хьийзош динах юхабāхар, 2 – Делаца накъост лацар.
[188]ХIижар – 1ийса пайхамар дуьненчу ваьллачул т1аьхьа 622-чу шарахь Мухьаммад а‚ цуьнца цхьана ийман диллина нах а, Маккахь шайна керстанаша ницкъ а бина, Мединате дIабахар. Цигарчу бахархоша хаза т1елецира уьш. Цигахь кхоллабелира бусалба пачхьалкхан бух. Цигара д1адоладелла бусалба терахь – х1ижра.
[189]Делан новкъахь къийсам латтинарш – иштта гочдеш ду кхузахь وجاهدوا في سبيل الله боху Делан аятан дакъа. «Аль джих1ад фи сабилиллах1» ( الجهاد في سبيل الله ) Джих1ад бохучун маь1на дукха к1орга ду. Иза ду муьлххачу кепара Делан дош айдарехь, Делан ц1ена дин х1отторехь къахьегар. Иза Дала бусалбанашна т1едихкинчу декхарех уггар коьртачарех цхьаъ ду. Джих1ад кхочушдар хуьлу дагца, маттаца, куьйгашца – адаман массо а меженашца. Кхолладеллачу хьелашка хьаьжжина, джих1ад хила тарло тайп-тайпана машаран кепашца, нагахь санна керстанаша т1елеташ, бусалбанаш шайн х1усамашкара арабохуш, дин лело ца битахь - т1аман кепашца а. Кхин д1а и дош, аятан чулацаме хьаьжжина, «Делан новкъахь къахьегар», «Делан новкъахь къийсам латтор», «Делан новкъахь т1ом бар», «Делан новкъахь г1азот дар» аьлла гочдеш ду. Пайхамара, Делера салам хуьлда цунна, уггар доккха джих1ад адамо ша шен дег1аца деш дерг ду аьлла.
[190]Майсир – хьалхалерчу Iаьрбийн марзлуш долу ловзарш‚ юкъа хIума юьллий. ХIинца: муьлхха а юкъа хIума юьллу ловзар, мухха къа ца хьоьгуш карадина х1ума (кехатех а, нардех а, лотох а… ловзуш).
[191]И аят доссийна кхечу аятаца чагIар хьарам дале. Я Далла луург чаг1ар духкуш дуьненахь хуьлу пайда бу.
[192]Кхузахь: шайн хьашташ кхочушдинчул тIаьхьа бухадиснарг (ло сагIина).
[193]Церан даьхни кхиорехь а ‚ шаьш юкъагIертарехь а.
[194]Церан даьхни а‚ шаьш еш йолу харжаш а.
[195]Боберийн даьхнина юккъехь.
[196]И ца могуьйтуш.
[197]Цу юкъа ца богIу насарийн а‚ жуьгтийн а зударий.
[198]Шен хазаллица а‚ даьхни хиларца а.
[199]ЦIано йохар – менструаци; зударийн беран цIа чуьра цIий гучудалар. И хуьлу юкъарчу барамехь х1ора баттахь 3-4 дийнахь.
[200]Ц1ано йоьхначу зудчуьнца гергара (маран а, зудчун а вижар-г1аттар цхьана долу) юкъаметтиг ма хилийта и ц1ан йелла личанза. Кхин юкъаметтигаш (цхьана х1ума яар и. д1. кх.) лело мегаш ду шен зудчуьнца цуьнан ц1ано йоьхнехь а. Дала бехк боккху жуьгташна цара оцу хенахь зударшца муьлхха юкъаметтиг шайна хьарам еш хиларна.
[201]Марана а, зудчунна а вовшашца зовкх хьега мегар ду муьлххачу кепара, бер арадолучу меттиге хилчхьана.
[202]Ялта дōлу меттиг. Цуьнга тера, зудчо а тIаьхье лур ю.
[203]Кхузахь: Бисмилла даккха بسم ألله ألرحمان ألرحيم, алий зудчуьнца гергара юкъаметтиг хилале хьалха.
[204]Дуйнаш ма баа Делаца, диканиг дийр дац, алий‚ нахана юккъехь маслахьат дийр дац‚ алий. Биъна хиллехь а‚ бохабе‚ кафарат даккха и диканиг де.
[205]Багахула алалуш долу дуй бааран дешнаш.
[206]Собар дар‚ царна юххе ца гIуш.
[207]Шайн дуйнаш тIера.
[208]Мегар ду иза. Хокху шин аятан (216-217) маьIна ду стаго дуй баахь зудчунна юххе гIур вац ша, аьлла, цунна зен дархьама, и зуда 4 баттахь хьоьжуш Iийр ю, нагахь цуьнан майра юххе вагIахь, шен дуйна дуьхьал майрачо каппарат лур ду- и дика а ду. Нагахь иза юххе ца вагIахь, цуьнан зудчун бакъо ю къастар схьадеха (майрачуьнга, ц1е тасий, ша йита, ала). Майрачо и йита а ца йитахь я юкъаметтиг то а ца яхь, зудчун бакъо ю къедане арзе ян. Цо нийсонца къастор ю церан юкъаметтиг. Цхьанадахар церан нислуш дацахь, къедин бакъо и цунах д1акъасто.
[209]Кхечуьнга маре ца гIуш.
[210]Зударийн ц1ано йохар. ШафиIис а, Малика а قرء (قروء) «къиръ» зуда цунах цIанъялар ду аьлла, Абу –Хьанифата а, Ахьмада а «къиръ» бехъялар ду аьлла.
[211]Шаьш берах хилар.
[212]Шайн зударий‚ и кхо бутт а чекхбалале.
[213]Марана тIехь ду зударийн бакъонаш тергал яр а‚ цаьрга шайн декхарш кхочушдайтар а.
[214]Божарий даржехь зударел хьалхара бу церан доладарехь, напг1а (рицкъ) латторехь.
[215]Урдо‚ там йитинчу зудчуьнгара юха схьадаккха мегар дац.
[216]Мар а‚ зуда а.
[217]Къастар (зуда йитар) хуьлу кхузза йитинчул тIаьхьа‚ делахь а‚ зуда лууш елахь къаста‚ цо маре доьхур ду ша дIаяхийтар‚ шена делла урдо (там) юха а дерзош.
[218]Зуда а‚ хьалхалера мар а.
[219]Кхузза цIанбала гергакхочуш, гергарчу хьесапехь кхо бутт балале.
[220]Кхузахь: хабар зударийн дайшка ду‚ хьалха хиллачу марошка д1абахийта уьш, царна вовшахкхета лаахь.
[221]Бер а долуш зуда йитина стаг‚ беран да.
[222]Шаьш битина болу.
[223]Йитина йолчу зудчунна зен ма де‚ мах ца луш бер дакхадойтуш‚ беран дена зен ма де‚ цунна бала ца тарло мах болуьйтуш.
[224]Мар а‚ къаьстина йолу зуда а.
[225]Иза дича.
[226]Маре а ца йоьдуш, ц1ахь саца.
[227]Зударийн валеш (верасаш) - зударшна тIехьовсуш болу гергара божарий. Зудчун хьалхара вали-цуьнан да ву, и веллехь я шен декхар кхочуш ца далучу хьолехь велахь-деда, цул т1аьхьа х1окху кепара: вежарех цхьаъ, вежарийн к1ентех цхьаъ, ден вежарех цхьаъ, ден вежарийн к1ентех цхьаъ. Уьш цхьана даржехь дуккха белахь-царах динца а, г1иллакхца а тоьлларг х1уттур ву валин декхарш кхочушдан. Цхьа а вали вацахь, я юххера вали генахь велахь (85 км а сов) валин декхарш зуда маре яларехь кхочушдан тарло и зуда йолчу юьртан къедана.
[228]Царна маре баха бакъо яларехь.
[229]Биъ бутт а‚ итт де а далале кхоччуш захало ма де.
[230]ШарIо ала магинарг бен. Ткъа шарIо мар велла зудчуьнга ала магинарг ду: хьайна и зуда яло лаар дIахаийтар тардинчу маьIница, ма-дарра дIа ца олуш.
[231]Биъ бутт‚ итт де далале и зуда ма ялае (мар а велла йисинарг).
[232]Урдо.
[233]Гергадахана – кхузахь: вижар-г1аттар цхьана долу гергара юкъаметтиг хилла.
[234]ШарIаца.
[235]Аш диц ма де, х1ай бусалбанаш, мар а, зуда а вовшашца хаза-мерза 1а безаш хилар. Ца тарлуш а хилла уьш къаста дезахь а, вовшвашца лело хаза г1иллакх а, дика юкъаметтиг а, захаллонца кхоллаелла гергарлонаш а ма тедалаш.
[236]Малхбузен ламаз. И къастийна Дала и тергалдан халчу хенахь долу дела.
[237]Хабарш ма дийца ламаз тIехь, хийра ойланаш а ма е.
[238]Кхоччуш ламаз делаш.
[239]Арабовла мега хан – цхьа шо. Цу аятан хьукам дIадаьккхина хьалха д1адаханчо: биъ бутт а‚ итт де а‚ аьлла.
[240]Важиб ду марошна шайн таронашка хьаьжжина къастийна д1абахийтинчу зударшна царна къастаран хало айеш совг1атана х1ума далар. И хьакъ хилла т1едоьжна ду Делах кхоьручу бусалбанашна.
[241]Уьш бара Бану Исраилех болу нах, 70 эзар стаг. Церан паччахьо гIазотана арадовла аьлча, бевдда хиллера уьш, баларх кхерабелла. ТIаккха Дала бархI дийнахь балийтира уьш, тIаккха юха денбира, церан пайхамара Хьизкъилас доIа дича. Кху аято гойту кхераро Дала яздинчух кIелхьарвоккхур воцийла.
[242]Далла декхар далар – Делан новкъахь харж яр (гIазотана‚ сагIина и. дI. кх.). Декхар аьлла цунах Дала къематдийнахь алссам мела баларца юхадерзор долу дела.
[243]Сакинат – деган паргIато, синтем.
[244]Мусан мачаш‚ Iаса‚ ХIарунан чалма...
[245]Джалут – Исраилан кIенташца тIом беш хиллачу керстанийн паччахь.
[246]ТIалут‚ цуьнан эскар.
[247]Цатешаш берш.
[248]Джабраил маликаца.
[249]Элчанашна т1аьхьах1иттина шаьш бохучу наха.
[250]Къематде.
[251]Курсий – كرسي : «Шуьйра хилла Цуьнан курсий» - Ибн-1аббаса цуьнан маь1на «Шуьйра (шортта) хилла Цуьнан 1илма», аьлла дина. – Делан 1илмано массо а х1ума чулоцу. И ч1аг1деш, Ибн-Джарира аьлла: «Курсий бохучун бух 1илма бохург ду, цундела баккхийчу 1еламнахах 1аьрбаша Караси олу, шайна т1етовжа мега дела. Хьасан аль-Басричо Курсий 1арш ю, аьлла. Ибн-Касиро и 1арш яц, 1арш цул йоккха ю, аьлла. Юхьанца Курсий бохучун маь1на 1аьрбийн маттахь Г1ант бохург ду, масала, паччахь т1ехуу г1ант, оьрсашха: трон. Т1аккха цу дешан маь1на Делан паччахьалла хила тарло. Бакъдерг Далла Шена дика хаьа.
[252]Бусалба дин ницкъ беш т1еоьцуьйтур дац цхьанга а.
[253]ШайтIа‚ муьлхха адам Далла тIе ца доьрзуьйту хIума.
[254]Ч1ог1а уьйр – 1аьрбашха: العروة الوثقي Аль-1урват аль-вускъа – Делан ц1енчу динца – Исламаца - ч1аг1валар ч1ог1ачу кепара.
[255]ДоттагI‚ доладийриг.
[256]Номруз паччахь.
[257]Бухтанасара йохийна хилла йолу Байт аль- Макъдис (Иерусалим) ц1е йолу г1ала.
[258]Ца телхина уьш дукха латтарх.
[259]Ахь дагадаийта и нахана‚ я Мухьаммад.
[260]Собаре – Къуръан чохь: حليم Хьалим Делан сибат. Шен леша мел дукха къинош дарх царна та1зар ца деш собаре хилар.
[261]Оцу Дала далийначу масало гойту еккъа Делан дуьхьа йина йоцчу 1амало къематдийнахь пайда бийр боцийла.
[262]Цу Делан масало гойту: Делан дуьхьа яцахь, мел йоккха 1амал а пайдане цахилар эхартахь.
[263]СагIина ло – кхузахь иштта гочдеш ду انفقوا Анфикъу боху дош, Оцу дешан маь1на массо а аг1ор еш йолу харжаш елахь а, кхузахь коьрта тидам т1ебохуьйтуш бу саг1ина. Ткъа Саг1а бохучун маь1на а шуьйра ду. Цо чулоцу закат а (парз саг1а), иштта кхин дикачу аг1ор Делан дуьхьа еш йолу харжаш а, муьлхха а Делан дуьхьа беш болу дика болх.
[264]Шайт1ано хьоьху шуна, аш саг1а делча, шу миска дуьйлур ду, бохуш.
[265]Нузар – Далла шукур деш, Цунна Iибадат дан дош далар.
[266]Кхузахь дуьйцург суннат сагIа ду. Ткъа парз сагIа (закат) гуш даккхар деза ду.
[267]Аш доккхучу сагIанаша.
[268]Кегий къинош.
[269]Керстанашна бусалба дин эцийтархьама луш долу сагIа дихкича, доссийна и аят.
[270]Аш шайн риц1къанах даьккхина сагIа.
[271]Делан дуьхьа .
[272]ГIазоте арабевлла болу. Дукхаболчу 1еламнахана хетарехь, уьш бу Маккара Мадинате д1акхелхина бусалбанаш – мух1ажирш. Уьш шайн дерриг хьолах бевлладела, царна саг1а далар т1едиллина хилла Дала Мадинатехь бехаш хиллачу хьал долчу бусалбанашна.
[273]Ца кхуьу уьш дуьненан бахам лаха.
[274]Церан яххьаша дуьйцу церан хьолах.
[275]Риба – кхаъ‚ ял‚ процент яккхар- ялар.
[276]Риба лучух – оьцучух.
[277]Хьалха риба хьарам дале эцна пайда.
[278]Риба даа.
[279]Шу и риба доккхучух юхадерзахь.
[280]Риба доцург.
[281]Декхар дIадала.
[282]Тешалла дан кхайкхича.
[283]Доцург язде‚ ала бохуш.
[284]Кхузахь: Далла муьтIахь хиларх генавалар‚ къинош дар.
[285]ХьашлагIа йиллар – закъалтана кара хIума ялар.
[286]Кхузахь: декхар ца яздеш‚ хьашлагIа а юьллуш.
[287]Цо йина дика Iамалш ю цунна.
[288]Цо ца йина дика Iамалш ю цунна дуьхьал.
[289]Верас – нохчийн литературни маттахь и дош лелаш ду «доладийриг», «г1уллакхе хьожуш верг» бохучун маь1нехь, аьлча а, орсийн «опекун» маь1нехь, ша схьадаьлла 1аьрбийн وارث «варис»- ирс оьцург бохучух делахь а. Вай гочдинчу аяташкахь оцу литературни маь1нехь лелаш ду, цул совнаха, Къуръанан дешнаш: ولي، مولى