20. Сурат ТIАХIА

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 135 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ТIахIа 1 . طه
2 Аят
Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьо дакъазаваккха (хьоьга баланаш хьегийта) 2 , مَا أَنزَلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لِتَشْقَى
3 Аят
хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна. إِلَّا تَذْكِرَةً لِّمَن يَخْشَى
4 Аят
Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара Къуръан/. تَنزِيلًا مِّمَّنْ خَلَقَ الْأَرْضَ وَالسَّمَاوَاتِ الْعُلَى
5 Аят
Ша сов Къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь д1анисвелла (ч1аг1велла) И 3 . الرَّحْمَنُ عَلَى الْعَرْشِ اسْتَوَى
6 Аят
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шиннан 4 юккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَمَا تَحْتَ الثَّرَى
7 Аят
Ахь дош чIогIа āлахь 5 а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а. وَإِن تَجْهَرْ بِالْقَوْلِ فَإِنَّهُ يَعْلَمُ السِّرَّ وَأَخْفَى
8 Аят
/Цхьа Аллах1/ Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIерш. اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ لَهُ الْأَسْمَاء الْحُسْنَى
9 Аят
Хьоьга деаний Мусан хабар? وَهَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ مُوسَى
10 Аят
Цкъа цунна гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу совца /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа āлу яхьаш‚ я суна карор бу цIарна гергахь нийса некъ". إِذْ رَأَى نَارًا فَقَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَّعَلِّي آتِيكُم مِّنْهَا بِقَبَسٍ أَوْ أَجِدُ عَلَى النَّارِ هُدًى
11 Аят
Иза цунна 6 тIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса! فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِي يَا مُوسَى
12 Аят
Баккъалла а, Со ву хьан Эла 7 ‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь (аренгахь) 8 . إِنِّي أَنَا رَبُّكَ فَاخْلَعْ نَعْلَيْكَ إِنَّكَ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى
13 Аят
Ас хьо хаьржина – ладогIа ваьхьица дуьйцучуьнга. وَأَنَا اخْتَرْتُكَ فَاسْتَمِعْ لِمَا يُوحَى
14 Аят
Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин Дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз а хIоттаде Со хьехаван. إِنَّنِي أَنَا اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدْنِي وَأَقِمِ الصَّلَاةَ لِذِكْرِي
15 Аят
Баккъалла а, сахьт 9 т1екхочур ду‚ Со воллу и хьулдеш‚ хIор синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта. إِنَّ السَّاعَةَ ءاَتِيَةٌ أَكَادُ أُخْفِيهَا لِتُجْزَى كُلُّ نَفْسٍ بِمَا تَسْعَى
16 Аят
Хьо цунах (къематдийнах тешарх) юха ма воккхийла, ша цунах ца тешаш, шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчо – (ваккхахь) тIаккха хIаллакхир ву хьо.

فَلاَ يَصُدَّنَّكَ عَنْهَا مَنْ لاَ يُؤْمِنُ بِهَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ فَتَرْدَى
17 Аят
И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ х1ай Муса?" وَمَا تِلْكَ بِيَمِينِكَ يَا مُوسَى
18 Аят
Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ ас цуьнца сайн жана гIаш эгадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу". قَالَ هِيَ عَصَايَ أَتَوَكَّأُ عَلَيْهَا وَأَهُشُّ بِهَا عَلَى غَنَمِي وَلِيَ فِيهَا مَآرِبُ أُخْرَى
19 Аят
Цо (Дала) элира: "Охьакхосса и‚ х1ай Муса!" قَالَ أَلْقِهَا يَا مُوسَى
20 Аят
Цо и охьакхоьссира – цунах чехка текхаш йолу текхарг хилира. فَأَلْقَاهَا فَإِذَا هِيَ حَيَّةٌ تَسْعَى
21 Аят
Цо элира: "Схьаэца и‚ кхера а ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха. قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا الْأُولَى
22 Аят
Хьайн куьг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла, схьадер ду иза, цхьа а хало йоцуш – кхин цхьа делил ду хьуна وَاضْمُمْ يَدَكَ إِلَى جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاء مِنْ غَيْرِ سُوءٍ آيَةً أُخْرَى
23 Аят
Оха (и делил дали хьуна) хьуна гайтархьама Тхешан даккхийчу делилех (кхин цхьаъ). لِنُرِيَكَ مِنْ آيَاتِنَا الْكُبْرَى
24 Аят
Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла /Делан дозанех/". اذْهَبْ إِلَى فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَى
25 Аят
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ схьабеллахь суна сан кийра /суна т1едохку декхарш кхочушдан атта хилийта/‚ قَالَ رَبِّ اشْرَحْ لِي صَدْرِي
26 Аят
Ахь дайдехь суна сан гIуллакх. وَيَسِّرْ لِي أَمْرِي
27 Аят
Ахь бастахьа сан матта т1ера шад 10 - وَاحْلُلْ عُقْدَةً مِّن لِّسَانِي
28 Аят
(т1аккха) уьш сан къамелах кхетар бара. يَفْقَهُوا قَوْلِي
29 Аят
Вехьа суна гIоьнча сан ц1ийнан охIлах- وَاجْعَل لِّي وَزِيرًا مِّنْ أَهْلِي
30 Аят
ХIарунах- сан вешех. هَارُونَ أَخِي
31 Аят
Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа. اشْدُدْ بِهِ أَزْرِي
32 Аят
Суна декъашхо вехьа цунах сан гIуллакхехь. وَأَشْرِكْهُ فِي أَمْرِي
33 Аят
Оха Хьо хеставархьама дуккха а. كَيْ نُسَبِّحَكَ كَثِيرًا
34 Аят
Оха Хьо хьехавархьама дуккха а. وَنَذْكُرَكَ كَثِيرًا
35 Аят
Баккъалла а, Хьо хилла-кх (ву-кх) тхо гуш верг". إِنَّكَ كُنتَ بِنَا بَصِيرًا
36 Аят
Цо (Дала) элира: "Хьуна делла ахь доьхург‚ х1ай Муса. قَالَ قَدْ أُوتِيتَ سُؤْلَكَ يَا مُوسَى
37 Аят
Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚ وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَى
38 Аят
Оха ваьхьица хаийтира хьан нене хаийта дезарг: إِذْ أَوْحَيْنَا إِلَى أُمِّكَ مَا يُوحَى
39 Аят
"тIорказа чу вилла и‚ тIаккха (Нил 11 ) хи чу кхосса. Хино юьстах кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву и". Ас хьуна совг1ат дира Сайгара безамца‚ хьо кхиавайта Сан бIаьргашна хьалхахь. أَنِ اقْذِفِيهِ فِي التَّابُوتِ فَاقْذِفِيهِ فِي الْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ الْيَمُّ بِالسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّ لِّي وَعَدُوٌّ لَّهُ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةً مِّنِّي وَلِتُصْنَعَ عَلَى عَيْنِي
40 Аят
Хьан йиша ма йоьду (хи йистехула, хьо чохь волу т1орказ тергал а деш) ‚ тIаккха цо олу: "Ас тIехьажадей шу и 12 кхобур волчунна?" Оха хьо юхаверзийра хьан нене, цуьнан бIаьрг бузо а‚ и гIайгIане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вийра – Оха хьо кIелхьарваьккхира сингаттамах. Оха зийра хьо ч1ог1ачу кепара. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо схьавеара шехеннахь /элчаналла хьуна т1едилла Дала билгалйинчу хенахь/‚ х1ай Муса. إِذْ تَمْشِي أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَى مَن يَكْفُلُهُ فَرَجَعْنَاكَ إِلَى أُمِّكَ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَقَتَلْتَ نَفْسًا فَنَجَّيْنَاكَ مِنَ الْغَمِّ وَفَتَنَّاكَ فُتُونًا فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِي أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَى قَدَرٍ يَا مُوسَى
41 Аят
Ас Сайна /элчалла д1адахьа/ хаьржина хьо. وَاصْطَنَعْتُكَ لِنَفْسِي
42 Аят
Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо а ледарло ма елаш Со хьехаварехь, اذْهَبْ أَنتَ وَأَخُوكَ بِآيَاتِي وَلَا تَنِيَا فِي ذِكْرِي
43 Аят
дIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанел/. اذْهَبَا إِلَى فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَى
44 Аят
Аш шиммо āла цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза. فَقُولَا لَهُ قَوْلًا لَّيِّنًا لَّعَلَّهُ يَتَذَكَّرُ أَوْ يَخْشَى
45 Аят
Цу шиммо (Мусас а‚ ХIаруна а) элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхо кхоьру цо тхаьшна вас ярна‚ я и тIехвāларна". قَالَا رَبَّنَا إِنَّنَا نَخَافُ أَن يَفْرُطَ عَلَيْنَا أَوْ أَن يَطْغَى
46 Аят
Цо (Дала) элира: "Шуьшиъ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву. قَالَ لَا تَخَافَا إِنَّنِي مَعَكُمَا أَسْمَعُ وَأَرَى
47 Аят
ДIагIо цунна тIе‚ аш āла: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-Кхобучуьнгара делилаца. /Делан 1азапах/ маршо ю нийсачу новкъа т1аьхьахIоьттинчунна. فَأْتِيَاهُ فَقُولَا إِنَّا رَسُولَا رَبِّكَ فَأَرْسِلْ مَعَنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَا تُعَذِّبْهُمْ قَدْ جِئْنَاكَ بِآيَةٍ مِّن رَّبِّكَ وَالسَّلَامُ عَلَى مَنِ اتَّبَعَ الْهُدَى
48 Аят
Тхуна ваьхьица хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ /цIена Делан дин/ харцдинчунна а‚ /оцунах/ юхаваьллачунна а". إِنَّا قَدْ أُوحِيَ إِلَيْنَا أَنَّ الْعَذَابَ عَلَى مَن كَذَّبَ وَتَوَلَّى
49 Аят
Цо (ФирIавна) элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-Кхобург‚ хIай Муса?" قَالَ فَمَن رَّبُّكُمَا يَا مُوسَى
50 Аят
Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-Кхобург ву‚ Ша массо а хIуманна сибат делларг а 13 ‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а". قَالَ رَبُّنَا الَّذِي أَعْطَى كُلَّ شَيْءٍ خَلْقَهُ ثُمَّ هَدَى
51 Аят
Цо (ФирIавна) элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха (хир) ду 14 ?" قَالَ فَمَا بَالُ الْقُرُونِ الْأُولَى
52 Аят
Элира /Мусас/: "Царах долу Iилма сан Кхиош-Кхобучунна гергахь Жайни (Лавхьул Махьфуз) чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-Кхобург‚ виц а ца ло. قَالَ عِلْمُهَا عِندَ رَبِّي فِي كِتَابٍ لَّا يَضِلُّ رَبِّي وَلَا يَنسَى
53 Аят
И ву Ша хилийтинарг шуна латта ага 15 хилла‚ Цо шуна цу т1ехь некъаш дехкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха схьадаьхна (кхиина) цуьнца (хица) шина кепара 16 тайп-тайпана ораматаш. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَسَلَكَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا وَأَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَخْرَجْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِّن نَّبَاتٍ شَتَّى
54 Аят
Даа шайна (лаьттах схьадолу рицкъ)‚ шайн даьхни а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна. كُلُوا وَارْعَوْا أَنْعَامَكُمْ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّأُوْلِي النُّهَى
55 Аят
Цунах 17 Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу юхадерзор ду‚ цу чуьра Оха шу арадохур ду (дендина) кхин цкъа (Къематдийнахь). مِنْهَا خَلَقْنَاكُمْ وَفِيهَا نُعِيدُكُمْ وَمِنْهَا نُخْرِجُكُمْ تَارَةً أُخْرَى
56 Аят
Оха цуьнга (ФирIавне) гайтира Тхешан дерриге а делилаш – цо харцдира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/. وَلَقَدْ أَرَيْنَاهُ آيَاتِنَا كُلَّهَا فَكَذَّبَ وَأَبَى
57 Аят
Цо элира: "Хьо веана тхо тхан лаьттара (Мисран махкара) арадаха хьайн бозбуунчаллица‚ хIай Муса? قَالَ أَجِئْتَنَا لِتُخْرِجَنَا مِنْ أَرْضِنَا بِسِحْرِكَ يَا مُوسَى
58 Аят
Оха а гойтур ма ду хьуна цунах терра бозбуунчалла. (Вовшахкхета) хан йилла тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а, ахьа а хуьйцур йоцу‚ – нийса меттиг (массарна а тIебахка атта йолу меттиг харжа вайна къовса)". فَلَنَأْتِيَنَّكَ بِسِحْرٍ مِّثْلِهِ فَاجْعَلْ بَيْنَنَا وَبَيْنَكَ مَوْعِدًا لَّا نُخْلِفُهُ نَحْنُ وَلَا أَنتَ مَكَانًا سُوًى
59 Аят
Цо (Мусас) элира: "Хан ю шуна – хаздаран де 18 а‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалабаьлча, цига/ нах схьа а гулбеш". قَالَ مَوْعِدُكُمْ يَوْمُ الزِّينَةِ وَأَن يُحْشَرَ النَّاسُ ضُحًى
60 Аят
ФирIавн д1авирзира (бакъдол- чунна т1ера), шен мекарлонаш 19 гул- йира‚ тIаккха (билгалйинчу хенахь) веара. فَتَوَلَّى فِرْعَوْنُ فَجَمَعَ كَيْدَهُ ثُمَّ أَتَى
61 Аят
Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна (бале лоцур ду шу)! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакхилла (Далла т1ехь) харцдерг кхоьллинарг". قَالَ لَهُم مُّوسَى وَيْلَكُمْ لَا تَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا فَيُسْحِتَكُمْ بِعَذَابٍ وَقَدْ خَابَ مَنِ افْتَرَى
62 Аят
Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ шаьш дуьйцуш дерг (къуьйсуш дерг) къайладаьккхира. فَتَنَازَعُوا أَمْرَهُم بَيْنَهُمْ وَأَسَرُّوا النَّجْوَى
63 Аят
Цара элира: "ХIара шиъ бозбуунча ма ву. Цу шинна лууш ду шаьшшиннан бозбуунчаллица шу шайн лаьттара (махкара) арадаха‚ шун масалин некъ 20 шаьш д1абахьа (аш лелош долу даккхийн бозбуанчаллаш шаьш д1адахьа). قَالُوا إِنْ هَذَانِ لَسَاحِرَانِ يُرِيدَانِ أَن يُخْرِجَاكُم مِّنْ أَرْضِكُم بِسِحْرِهِمَا وَيَذْهَبَا بِطَرِيقَتِكُمُ الْمُثْلَى
64 Аят
Вовшахтоха шайн мекарлонаш‚ тIаккха цхьана могIара д1ах1итта 21 . Воккхавер ву тахана тоьлларг". فَأَجْمِعُوا كَيْدَكُمْ ثُمَّ ائْتُوا صَفًّا وَقَدْ أَفْلَحَ الْيَوْمَ مَنِ اسْتَعْلَى
65 Аят
Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахь кхуссу (хьайн 1аса)‚ я тхо хуьлу хьалха кхуьйсурш?" قَالُوا يَا مُوسَى إِمَّا أَن تُلْقِيَ وَإِمَّا أَن نَّكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَى
66 Аят
Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхисса аш!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна тарлора церан бозбуунчаллица меттахъюьйлуш. قَالَ بَلْ أَلْقُوا فَإِذَا حِبَالُهُمْ وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِن سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَى
67 Аят
Мусана шегахь кхерам хаабелира. فَأَوْجَسَ فِي نَفْسِهِ خِيفَةً مُّوسَى
68 Аят
Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг (хьо царал тоьлур ву). قُلْنَا لَا تَخَفْ إِنَّكَ أَنتَ الْأَعْلَى
69 Аят
Кхосса хьайн аьтту куьйгахь ерг (1аса)‚ цо кхоллур ю цара йинарш. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьа а и веъча а". وَأَلْقِ مَا فِي يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوا إِنَّمَا صَنَعُوا كَيْدُ سَاحِرٍ وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُ حَيْثُ أَتَى
70 Аят
Бозбуунчаш суждане ийгира. Цара элира: "Оха ийман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-Кхобучунга". فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سُجَّدًا قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ هَارُونَ وَمُوسَى
71 Аят
Цо (ФирIавна) элира: "Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг 22 ву иза (Муса) ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг. Ас дахаза дуьтур ма дац шун куьйгаш а‚ шун когаш а дуьхь-дуьхьал (аьтту куьг, аьрру ког)‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан диттийн г1аддаш тIехь‚ шуна хааза дуьсур ма дац‚ муьлханиг ву тхох (сох а, Мусан Делах а) Iазапца нуьцкъала верг а‚ и дахден верг а". قَالَ آمَنتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ فَلَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ فِي جُذُوعِ النَّخْلِ وَلَتَعْلَمُنَّ أَيُّنَا أَشَدُّ عَذَابًا وَأَبْقَى
72 Аят
Цара элира: "Тхуна цкьа а хьо г1оле хетар ма вац цо (Мусас) тхуна ялийначу билгалонел а‚ тхо Кхоьллинчул а (тхан Делал а). Кхочушде айхьа сацамбинарг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа х1окху дуьненан дахар (-ан г1уллакх). قَالُوا لَن نُّؤْثِرَكَ عَلَى مَا جَاءنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالَّذِي فَطَرَنَا فَاقْضِ مَا أَنتَ قَاضٍ إِنَّمَا تَقْضِي هَذِهِ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
73 Аят
Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-Кхобучуьнга, Цуьнга тхешан къиношна гечдайтархьама а‚ ахь тхоьга нуьцкъала леладайтинчу бозбуунчаллина а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарал а/ бухавуьсуверг а ву". إِنَّا آمَنَّا بِرَبِّنَا لِيَغْفِرَ لَنَا خَطَايَانَا وَمَا أَكْرَهْتَنَا عَلَيْهِ مِنَ السِّحْرِ وَاللَّهُ خَيْرٌ وَأَبْقَى
74 Аят
Баккъалла а, шен Кхиош-Кхобучунна тIе зуламаш дина вогIуш верг – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац. إِنَّهُ مَن يَأْتِ رَبَّهُ مُجْرِمًا فَإِنَّ لَهُ جَهَنَّمَ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيى
75 Аят
Цунна (Далла) тIе ийманехь а болуш, дика Iамалш а йина баьхки- нарш – уьш бу шайна вуно лаккхара даржаш (т1ег1анаш) кечдина дерш – وَمَنْ يَأْتِهِ مُؤْمِنًا قَدْ عَمِلَ الصَّالِحَاتِ فَأُوْلَئِكَ لَهُمُ الدَّرَجَاتُ الْعُلَى
76 Аят
Iадн (ц1е йолу ялсаманин) бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш, цу чохь уьш гуттаренна буьсур болуш. И бу бекхам шаьш (ширках а, къинойх а) цIанбеллачарна. جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَذَلِكَ جَزَاء مَن تَزَكَّى
77 Аят
Оха ваьхьица хаийтира Мусага: "Новкъа вала /Мисрара/ Сан леш эций буса 23 ‚ билла царна х1орда чухула бекъа некъ. Ма кхералахь /Фир1авнан эскар хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /шаьш хина бухадахарх а /. وَلَقَدْ أَوْحَيْنَا إِلَى مُوسَى أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي فَاضْرِبْ لَهُمْ طَرِيقًا فِي الْبَحْرِ يَبَسًا لَّا تَخَافُ دَرَكًا وَلَا تَخْشَى
78 Аят
Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш д1ахьулбийра хIорда чохь ша хьулбечо (йоккхачу тулг1ено Фир1авн а, цуьнан эскар а х1орда бухабахийтира). فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ بِجُنُودِهِ فَغَشِيَهُم مِّنَ الْيَمِّ مَا غَشِيَهُمْ
79 Аят
Тилар чу бахийтира ФирIавна шен нах‚ нийсачу новкъа ца бигира. وَأَضَلَّ فِرْعَوْنُ قَوْمَهُ وَمَا هَدَى
80 Аят
ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьардехира шу шайн мостагIах (Фир1авнах)‚ ваIда йира шуьца 24 ломан аьтту агIоргахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а 25 . يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ قَدْ أَنجَيْنَاكُم مِّنْ عَدُوِّكُمْ وَوَاعَدْنَاكُمْ جَانِبَ الطُّورِ الْأَيْمَنَ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَى
81 Аят
Даа Оха шайна деллачу рицкъах цIенадерг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь (кхоаме хилалаш) – тIаккха /т1ехдолахь/ Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух. Шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакхир ву. كُلُوا مِن طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَلَا تَطْغَوْا فِيهِ فَيَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبِي وَمَن يَحْلِلْ عَلَيْهِ غَضَبِي فَقَدْ هَوَى
82 Аят
Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тōба динчунна‚ ийман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна- тIаккха нийсачу новкъа ваьллачунна. وَإِنِّي لَغَفَّارٌ لِّمَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا ثُمَّ اهْتَدَى
83 Аят
"Хьо стен сихви хьайн къомах‚ хIай Муса?" 26 . وَمَا أَعْجَلَكَ عَن قَوْمِكَ يَا مُوسَى
84 Аят
Цо элира: "Уьш бу сан лорах /суна т1аьхьа богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIекхача‚ сан Кхиош-Кхобург‚ Хьо реза хилийтархьама". قَالَ هُمْ أُولَاء عَلَى أَثَرِي وَعَجِلْتُ إِلَيْكَ رَبِّ لِتَرْضَى
85 Аят
Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тIаьхьа (ахь иза хьайл т1аьхьадитча)‚ иза тиладина Самирийс 27 ". قَالَ فَإِنَّا قَدْ فَتَنَّا قَوْمَكَ مِن بَعْدِكَ وَأَضَلَّهُمُ السَّامِرِيُّ
86 Аят
Муса шен къомана тIе юхавирзира, оьгIаз а вахана‚ г1ел а велла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-Кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-Кхобучун оьг1азло хьарча – аш йохий сан ваIда?!" فَرَجَعَ مُوسَى إِلَى قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا قَالَ يَا قَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ الْعَهْدُ أَمْ أَرَدتُّمْ أَن يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌ مِّن رَّبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُم مَّوْعِدِي
87 Аят
Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхайн лаамца‚ амма тхоьга схьабаийтира /цу Фир1авнан/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /ц1ерга/ кхиссира 28 . Иштта кхоьссира Самийрийс". قَالُوا مَا أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَكِنَّا حُمِّلْنَا أَوْزَارًا مِّن زِينَةِ الْقَوْمِ فَقَذَفْنَاهَا فَكَذَلِكَ أَلْقَى السَّامِرِيُّ
88 Аят
Цо царна 29 эсан куьцехь дина сурт х1оттийра, 1аьхаш а долуш. ТIаккха цара (тилабеллачара вукхаьрга) элира: "ХIара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Амма цо (Мусас) вицвина /и шен Дела /". فَأَخْرَجَ لَهُمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ فَقَالُوا هَذَا إِلَهُكُمْ وَإِلَهُ مُوسَى فَنَسِيَ
89 Аят
Царна ца го-те цо (эсо) шайна дуьхьал къамел цадар а‚ цуьнгахь (шена 1ибадат ца дича) шайна зене дерг а‚ (шена 1ибадат дича) пайде дерг а цахилар а? أَفَلَا يَرَوْنَ أَلَّا يَرْجِعُ إِلَيْهِمْ قَوْلًا وَلَا يَمْلِكُ لَهُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا
90 Аят
ХIаруна а ма аьллера цаьрга хьалха (Муса вухаверзале): "ХIай сан къам‚ шу цуьнца 30 питане лаьцна 31 . Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург Ар- Рахьман 32 ву. Суна тIаьхьахIитта‚ сан омрана муьтIахь хила". وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَارُونُ مِن قَبْلُ يَا قَوْمِ إِنَّمَا فُتِنتُم بِهِ وَإِنَّ رَبَّكُمُ الرَّحْمَنُ فَاتَّبِعُونِي وَأَطِيعُوا أَمْرِي
91 Аят
Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечура, тхаьшна тIе Муса вухаверззалц". قَالُوا لَن نَّبْرَحَ عَلَيْهِ عَاكِفِينَ حَتَّى يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَى
92 Аят
Цо (Мусас, ша юхавирзича) элира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стен новкъарло йи, уьш тилабелла гича, قَالَ يَا هَارُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوا
93 Аят
суна тIаьхьахIотта? Сан омрана Iеса хили хьо?" أَلَّا تَتَّبِعَنِ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِي
94 Аят
Цо (ХIаруна) элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а 33 . Со кхийрира ахь āларна: "Исраилан кIентий бекъа а бекъна ахь, сан дош а тергал а ца ди ахь". قَالَ يَا ابْنَ أُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِي وَلَا بِرَأْسِي إِنِّي خَشِيتُ أَن تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِي
95 Аят
Цо 34 элира: "Ткъа ахь х1ун эр ду, хIай, Самирий (Хьан дайтина и хьоьга)?". قَالَ فَمَا خَطْبُكَ يَا سَامِرِيُّ
96 Аят
Цо элира: "Суна гира царна 35 ца гинарг: ас схьаийцира элчанан 36 лора т1ера цхьа кана /чан/‚ и кхоьссира ас /эсан суьрта т1е/‚ иштта хаздира суна /и/ сан сино". قَالَ بَصُرْتُ بِمَا لَمْ يَبْصُرُوا بِهِ فَقَبَضْتُ قَبْضَةً مِّنْ أَثَرِ الرَّسُولِ فَنَبَذْتُهَا وَكَذَلِكَ سَوَّلَتْ لِي نَفْسِي
97 Аят
Цо (Мусас Самирийчуьнга) элира: "ДIагIо! Ахь /дуьненан/ дахарехь баха дезар ду: «Хьакхавала мегар дац! 37 ". Хьуна тоьхна хан ю 38 ‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш лаьтташ волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву, чим а бина, хIорда чохь". قَالَ فَاذْهَبْ فَإِنَّ لَكَ فِي الْحَيَاةِ أَن تَقُولَ لَا مِسَاسَ وَإِنَّ لَكَ مَوْعِدًا لَّنْ تُخْلَفَهُ وَانظُرْ إِلَى إِلَهِكَ الَّذِي ظَلْتَ عَلَيْهِ عَاكِفًا لَّنُحَرِّقَنَّهُ ثُمَّ لَنَنسِفَنَّهُ فِي الْيَمِّ نَسْفًا
98 Аят
Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела а воцуш‚ массо а хIума чулаьцна Цо Iилманца". إِنَّمَا إِلَهُكُمُ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ وَسِعَ كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا
99 Аят
Иштта Оха дуьйцу хьоьга хьалха хиллачу хаамех лаьцна‚ Оха делира хьоьга Тхайгара /х1ара Къуръан кхета луучунна/ хьехам а хилла. كَذَلِكَ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنبَاء مَا قَدْ سَبَقَ وَقَدْ آتَيْنَاكَ مِن لَّدُنَّا ذِكْرًا
100 Аят
Цунах дIабирзинарш‚ муьлш белахь а‚ – баккъалла а, цара хьур ма бу къематдийнахь /къинойн/ мохь. مَنْ أَعْرَضَ عَنْهُ فَإِنَّهُ يَحْمِلُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وِزْرًا
101 Аят
Гуттаренна а буьсур бу уьш цу /жоьжахати/ чохь – вон хир бу царна къематдийнахь и мохь. خَالِدِينَ فِيهِ وَسَاء لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ حِمْلًا
102 Аят
Оцу дийнахь (Исрафил малико) зурма локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш, сенбелла 39 /шайн беснаш а, бIаьргаш а/. يَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّورِ وَنَحْشُرُ الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ زُرْقًا
103 Аят
Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /дуьненан дахарехь/ итт /де/ бен" 40 . يَتَخَافَتُونَ بَيْنَهُمْ إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا عَشْرًا
104 Аят
Тхо дика хууш ду цара дуьйцур дерг. Царах (дахаран) некъа т1ехь леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина" 41 . نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ إِذْ يَقُولُ أَمْثَلُهُمْ طَرِيقَةً إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا يَوْمًا
105 Аят
Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахь āла: "Дохийна (аьтта), даржор ду уьш сан Кхиош-Кхобучо 42 ". وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْجِبَالِ فَقُلْ يَنسِفُهَا رَبِّي نَسْفًا
106 Аят
Дуьтур ду Цо уьш шера аре а хилла. فَيَذَرُهَا قَاعًا صَفْصَفًا
107 Аят
Хьуна гур яц цигахь таь1на а, айаелла а меттиг. لَا تَرَى فِيهَا عِوَجًا وَلَا أَمْتًا
108 Аят
Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуьттур бу кхайкхамбечунна 43 ‚ шех юьстахбовлийла доцуш‚ д1атийна хир ду аьзнаш Сов Къинхетаме волчунна (Далла) муьт1ахь а хилла‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен 44 . يَوْمَئِذٍ يَتَّبِعُونَ الدَّاعِيَ لَا عِوَجَ لَهُ وَخَشَعَت الْأَصْوَاتُ لِلرَّحْمَنِ فَلَا تَسْمَعُ إِلَّا هَمْسًا
109 Аят
Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIато 45 Ша Сов Къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашна 46 Иза (Дела) реза хиллачунна бен. يَوْمَئِذٍ لَّا تَنفَعُ الشَّفَاعَةُ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَنُ وَرَضِيَ لَهُ قَوْلًا
110 Аят
Цунна (Далла) хаьа церан хиндерг а‚ церан хилларг а‚ уьш тIаьхьакхуьур бац Цунна (Далла) Iилманца. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِهِ عِلْمًا
111 Аят
Яххьаш муьт1ахь хир ю Ша Дийна Волчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ Д1ахIоьттийна Волчунна (Далла), дог диллина вуьсур ву зулам динарг (Делаца накъост лаьцнарг). وَعَنَتِ الْوُجُوهُ لِلْحَيِّ الْقَيُّومِ وَقَدْ خَابَ مَنْ حَمَلَ ظُلْمًا
112 Аят
Ша диканаш динарг‚ ша муъма а волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а. وَمَن يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا يَخَافُ ظُلْمًا وَلَا هَضْمًا
113 Аят
Иштта охьадоссийра Оха и Iаьрбийн Дешар 47 а дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха, уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллакхилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла. وَكَذَلِكَ أَنزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا وَصَرَّفْنَا فِيهِ مِنَ الْوَعِيدِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ أَوْ يُحْدِثُ لَهُمْ ذِكْرًا
114 Аят
Лекха ву Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло Къуръанца хьайга Цуьнан ваьхьий чекхдаллалц‚ āла: "Со Кхиош-Кхобушверг‚ совваккха со Iилманехь". فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ وَلَا تَعْجَلْ بِالْقُرْآنِ مِن قَبْلِ أَن يُقْضَى إِلَيْكَ وَحْيُهُ وَقُل رَّبِّ زِدْنِي عِلْمًا
115 Аят
Оха ваIда йинера хьалха Āдамца а – цо йицйира и. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла (собар ца тоьира Делан омра кхочушдан). وَلَقَدْ عَهِدْنَا إِلَى آدَمَ مِن قَبْلُ فَنَسِيَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُ عَزْمًا
116 Аят
Хьахаде! Оха аьллера маликашка: "Сужуд де 48 Āдамна". Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дуьхьалделира /сужуд дан/. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَى
117 Аят
Оха элира: "ХIай Āдам‚ баккъалла а, хIара /Иблис/ мостагI ду хьан а‚ хьан зудчун а. Цо ялсамани чуьра ара ма доккхийла шуьшиъ – тIаккха (цо даккхахь) дакъазавер ву хьо. فَقُلْنَا يَا آدَمُ إِنَّ هَذَا عَدُوٌّ لَّكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ الْجَنَّةِ فَتَشْقَى
118 Аят
Баккъалла а, хьо цу /ялсамани/ чохь меца а вуьсур вац‚ верзина (беркъа) а вуьсур вац. إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَى
119 Аят
Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац". وَأَنَّكَ لَا تَظْمَأُ فِيهَا وَلَا تَضْحَى
120 Аят
ШайтIа тIедирзира цунна /Адамна и тилаван/‚ цо элира: "ХIай Āдам‚ ас тIенисвей хьо гуттаренан а‚ цкъа а чекхдер доцчу паччахьаллин а дитта тIе?" فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ الشَّيْطَانُ قَالَ يَا آدَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَى شَجَرَةِ الْخُلْدِ وَمُلْكٍ لَّا يَبْلَى
121 Аят
Цу шиммо 49 цу (дитта) т1ера /стом/ кхаьллира – тIаккха цу шинна шаьшшиннан иэхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин (диттан) гIаш летадан. Āдама Iесалла йира шен Кхиош-Кхобучунна – и тилавелира. فَأَكَلَا مِنْهَا فَبَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِن وَرَقِ الْجَنَّةِ وَعَصَى آدَمُ رَبَّهُ فَغَوَى
122 Аят
ТIаккха шен Кхиош-Кхобучо хаьржира иза (Адам, пайхамар вира цунах)‚ тōба къоболдира цуьнан‚ нийсачу новкъа а ваьккхира и. ثُمَّ اجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَتَابَ عَلَيْهِ وَهَدَى
123 Аят
Цо (Дала) элира: "Охьадисса шу шиъ цу /ялсамани/ чуьра /Иблисаца/ цхьаьна, шун зуьрретах цхьаберш (Адаман а, Хьаван а т1аьхье а), вукхарна (Иблис а, цуьнан б1о а) мостаг1ий а хиллачу хьолехь 50 . Шуьга кхаьчча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьаваьзнарг – и тилалур вац (дуьненахь)‚ и дакъазавер вац (эхартахь). قَالَ اهْبِطَا مِنْهَا جَمِيعًا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُم مِّنِّي هُدًى فَمَنِ اتَّبَعَ هُدَايَ فَلَا يَضِلُّ وَلَا يَشْقَى
124 Аят
Со хьехорах юхаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан (кошан готталла хир ю цунна) . Оха г1аттор (денвийр) ву и къематдийнахь, бIаьрзе а волуш. وَمَنْ أَعْرَضَ عَن ذِكْرِي فَإِنَّ لَهُ مَعِيشَةً ضَنكًا وَنَحْشُرُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَعْمَى
125 Аят
Цо эр ду: "Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хIунда г1атти со, бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вара-кх (дуьненахь)?" قَالَ رَبِّ لِمَ حَشَرْتَنِي أَعْمَى وَقَدْ كُنتُ بَصِيرًا
126 Аят
Цо (Дала) эр ду: "Иштта (хьо б1аьрзе г1аттор санна) даьхкира хьоьга Тхан аяташ – ахь уьш дицдира (царах д1а а вирзина). Иштта (ахь уьш дуьненахь дицдаре терра) тахана хьо а вицвийр ву (жоьжахате а вахийтина)". قَالَ كَذَلِكَ أَتَتْكَ آيَاتُنَا فَنَسِيتَهَا وَكَذَلِكَ الْيَوْمَ تُنسَى
127 Аят
Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-Кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап вуно чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду. وَكَذَلِكَ نَجْزِي مَنْ أَسْرَفَ وَلَمْ يُؤْمِن بِآيَاتِ رَبِّهِ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَشَدُّ وَأَبْقَى
128 Аят
Уьш (Маккан мушрикаш) нийсачу новкъа т1е ца баьхна -те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан х1усамашкахула д1асалелаш ма бу уьш (царна гуш ма яра уьш х1алакхиларан лараш)! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна. أَفَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّأُوْلِي النُّهَى
129 Аят
Дош 51 хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара, и 52 хиндерг дара, цIе тоьхна хан а /ца хиллехьара 53 /. وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَكَانَ لِزَامًا وَأَجَلٌ مُسَمًّى
130 Аят
(Цундела) собаре хила хьо цара дуьйцучунна тIехь‚ хьайн Кхиош-Кхобучунна тасбихь (ламаз) де малх схьакхетале а 54 ‚ и дIабузале а 55 . Буьйсанна а 56 тасбихь (ламаз) де‚ дийнан дозанашкахь а 57 ‚ – хьо реза хила там бу. فَاصْبِرْ عَلَى مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ غُرُوبِهَا وَمِنْ آنَاء اللَّيْلِ فَسَبِّحْ وَأَطْرَافَ النَّهَارِ لَعَلَّكَ تَرْضَى
131 Аят
Хьан бIаьргаш хьежане а ма хьийжаде 58 Оха царах (мушрикех) шайна (дуьненан) дакъа деллачаьрга– дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цуьнца Оха зерхьама. Хьан Кхиош-Кхобучун рицкъ дика а‚ вуно ханна деха а ду. وَلَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَى مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِّنْهُمْ زَهْرَةَ الْحَيَاةِ الدُّنيَا لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ وَرِزْقُ رَبِّكَ خَيْرٌ وَأَبْقَى
132 Аят
Омра де хьайн доьзале (ох1лане) ламаз де‚ алий‚ хьо а цу тIехь (ламаз дарехь) собаре а хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъ. Оха лур ду хьуна рицкъ. ТIаьхье 59 – /Делах/ кхерар (долчарна) ю! وَأْمُرْ أَهْلَكَ بِالصَّلَاةِ وَاصْطَبِرْ عَلَيْهَا لَا نَسْأَلُكَ رِزْقًا نَّحْنُ نَرْزُقُكَ وَالْعَاقِبَةُ لِلتَّقْوَى
133 Аят
Цара (цатешачара) элира: "Цо (пайхамара) деънехьара вайга шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана ткъа билгало хьалхалерчу жайнашкахь? وَقَالُوا لَوْلَا يَأْتِينَا بِآيَةٍ مِّن رَّبِّهِ أَوَلَمْ تَأْتِهِم بَيِّنَةُ مَا فِي الصُّحُفِ الْأُولَى
134 Аят
Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул (пайхамар ваийтале) хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ Ахь ваийтинехьара тхоьга элча, – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхаьш сийсаза хилале‚ тхаьш юьхьIаьржа хIиттале?" وَلَوْ أَنَّا أَهْلَكْنَاهُم بِعَذَابٍ مِّن قَبْلِهِ لَقَالُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ مِن قَبْلِ أَن نَّذِلَّ وَنَخْزَى
135 Аят
Ахь āла (х1ай пайхамар, оцу цатешачаьрга): "Массо а хьоьжуш ву (хьенан хир бу толам)‚ хьоьжуш 1е шу а‚ тIаккха, тIаьхьа, хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш". قُلْ كُلٌّ مُّتَرَبِّصٌ فَتَرَبَّصُوا فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ أَصْحَابُ الصِّرَاطِ السَّوِيِّ وَمَنِ اهْتَدَى
1 Т1а-х1а طه – 1аьрбийн элпаш. Кхин цхьадолу сураташ санна, цаьрца д1адолош ду Дала х1ара сурат нахана гайтархьама Къуръан элпех лаьтташ а, инзаре чулацаме а хилар. Ибн-1аббасна хетарехь, цуьнан маь1на х1ай стаг бохург ду. Иштта Т1ах1а Мухьаммад пайхамаран ﷺ сийлахь ц1арех цхьаъ ю Иштта, пайхамаран дог оьцуш, доссийна Дала х1ара сурат, керстанаша пайхамарна халонаш гойтуш, дог эшош хиллачул т1аьхьа.
2 Дала Къуръанан аят доссича, пайхамара а, цуьнан накъосташа а дукха дехха ламазаш деш хилла, шайна хало еш. Къурайшан мушрикаша аьлла хилла: «Мухьаммаде Къуръан дуссуш ма дац цунна хало ян бен». Царна жоп луш, боху Дала, хьуна хало ян ца доссадо и Къуръан.
3 ХIара санначу аятех олу "кхетам боцу аяташ" (المتشابهات Алмуташабих1ат). Царах ду Делан куьг, юьхь, баьрг хьехош дерш а. Цара Дела Ша кхоьллинчу х1уманех (адамех) тера хоьтуьйту, ткъа Дела цхьанна х1уманах тера вац. И аяташ Дала доссийна халкъ зерхьама шайн ийманехь, иштта долу аяташ кего ца мега. Уьш дастарехь вайн бусалба Iеламнах шина новкъахь бу: хьалхабаханарш (салафиташ), тIаьхьабеанарш (халафиташ). Хьалхабаханчеран некъ бу: Дела цIанвар халкъах тарваларх, и муха ду цалехар, и куц дIа ца даккхар, цуьнан маьIна Далла Шена а бен цахаар, иза даста я тида цамагар. ТIаьхьабаьхкинчеран некъ бу: Дела цIанвар иштта долчу аятийн тIехула долу Дела халкъах тарвеш долчу маьIнех, ткъа иза даста я тида магар Делаца тāм болчу маьIница. Цунна т1едоьг1ча, «1арша т1ехь д1анисвелла И» бохучун маь1на хила тарло: «Массо а х1уманан паччахьаллин доладар кхочуш хилла Цуьнан». Дика хуург Дела Ша ву. Кхин оцунах лаьцнарг хьалха деана (Аль-А1раф, Ра1д сураташкахь).
4 Лаьттана а‚ стигланийн а.
5 Ахь ч1ог1а алахь а, меллаша алахь а – цхьа терра ду Далла. И массо а х1ума хезаш ву.
6 ЦIарна.
7 Дела.
8 Синай ломан гергахь.
9 Къематде.
10 Муса хилла мотт таслуш.
11 Мисрахь долу доккха хи.
12 Муса вакха ца туьгуш хилла и хи йистера схьаэцна болчу ФирIавнан доьзалан зударех. ТIаккха Мусан йишас олу: "Ша хьажор дара шу и вакхор волчунна тIе". Цо уьш шен а‚ Мусан а нанна тIе хьажабо. Цунна мах луш цуьнга вакхавойту цара иза.
13 Ша массо а х1ума кхуллуш верг.


14 Х1ун хилла царна цара жа1аршна 1ибадат дарна?


15 Агана чохь санна, цу лаьттах шу кхуьуш, цуьнца шу ч1аг1луш.
16 Шина кепара – борша а, сте а ю лаьттах схьа мел йолу орамат. 1аьрбийн дешан زوج (дукхаллин терахь – ازواج) кхин маь1на тайпа ду. Таккха цуьнан маь1на хуьлу: ораматийн дуккха тайпанаш.
17 Лаьттах – поппарх кхоьллина дуьххьарлера стаг – Адам.
18 ФирIавнан нехан дезде.
19 Мекарлонаш – кхузахь: Мусаца къовса шен бозбуунчаш гулбийра цо.
20 Кхузахь: Шун дайн деза хилла долу дин дохо г1ерташ ма бу уьш.
21 Цхьа мог1а бе- кхузахь: цхьабартболуш сацам бе шайн г1уллакха т1ехь, ч1аг1ло.
22 Муса (бозбуунчаш дукхахберш Исраилан кIентий хилла).
23 Исраилан кIентий эций аравала буьйсанна Мисарера‚ ФирIавнах кIелхьарбаха уьш.
24 Мусага къамел дан а‚ цуьнга Таврат доссон а. "Шуьца" аьлла кхузахь Дала и Мусаца деш долу къамел а, цуьнга луш долу Таврат а царах доьзна долу дела.
25 Манна а‚ салва а – Дала стиглара‚ Мусас Исраилан кIенташна дехна‚ даийтина даарх дуьзна шун ( ألمنيманна – мерзачух‚ моз санна‚ألسلوى салва – "Сумана" (лекъ) цIе йолчу олхазарех).
26 Хаьттира Дала Мусага Синай ломана тIекхаьчча: « Хьайн нах тIаьхьа хIунда бити ахь?».
27 Самирий – Мисрахь хилла жуьгти. Цо цаьргахь хиллачу деших эса дира царна.
28 Шайн цIера еана хазаллаш цIерга кхиссийтира цаьрга Самирийс. Уьш цо, лала а йина‚ царах эсан сурт дира. Дала уьш зерхьама‚ цу чу са кхоьллира. Исраилан к1енташа шаьш Мисрара арадовлале цигарчу бахархошкара цхьана ханна пайда эца зударша хазаллина лелош йолу дашо х1уманаш эцна хилла. Муса Делаца къамел деш хьевелча, Самирийс элира цаьрга: «И Муса бухавитина и шуьгахь йолу хазнаш бахьанехь - уьш д1акхисса еза аш». Цара уьш гулйина Самирийга д1аелира, ткъа цо уьш, ц1ергахь лала а йина, эсан сурт дира, шена чухула мох д1асалела 1уьргаш а дуьтуш. Мохо шок еттара – нахана цу чохь са ду моьттура. Иштта шайт1ано хаздарца уьш буьйлабелира цунна 1ибадат дан. Цхьа кхечахь, вай хьалха ма аьллара, Дала уьш зерхьама, чу са кхоьллира, аьлла а ду.
29 ЦIергара.
30 Эсанца.
31 Питане лаьцна – тилар чу дигна, шух тешаш берш а, тешаш боцурш а къасторхьама.
32 Къинхетаме верг - Дела.
33 Мусас, оьг1аз а вахана, шен аьтту куьйга Х1арунан коьртан месаш а, аьрру куьйга цуьнан маж а озийна хилла. .
34 Мусас, Самийригахьа а вирзина.
35 Муса Исраилан к1енташца х1ордал дехьа волуш, Фир1авн а, цуьнан эскар а хина буха боьлхуш, Самирийна гира Джабраил малик говра т1ехь. Цо шен шина куьйга говран бергийн к1елара латта схьаийцира, цо и ша эсан сурт динчу дашочу х1уманашна т1е кхоьссира.
36 Джабраил маликан лорах цхьана буйнахь схьаэцна чан.
37 Мусас элира Самирийчуьнга: «Хьуна дуьненахь та1зар хир ду хьо цхьа висар – хьо цхьаннах цахьакхавалар, хьох цхьа а цахьакхавалар, цханнан а хьоца уьйр цахилар». Дала цунна дуьненан бала совбаккхархьама дара иза.
38 Эхартахь таIзар дан.
39 Дукха кхерабевла.
40 Олуш цхьаболчара.
41 Дуьненахь яьккхина зама иштта к1еззиг хетар ю царна.
42 Къематдийнахь.
43 Исрапил малико сур локхуш нах кхойкхур бу махьшаре Далла хьалха.
44 Дукха кхерабевла бистхала луш хир бац нах.
45 ШапаIат – цхьаммо цхьанна а гIодаккхар (къематдийнахь шена везачунна гIодаккхар г1ортар). Дала шена пурба деллачуьнга а бен шапа1ат далур дац.
46 Тоба деш олучу.Шен тоба къобалдинчунна долуьйтур ду Дала шапа1ат.
47 Къуръан. 1аьрбийн маттахь قرءان Къуръан « дешар» бохург ду.
48 Гора гIо.
49 Адама а‚ Хьавас а.
50 Дала боху Адаме а, Хьавага а: « Охьадисса шу шиъ ялсамани чуьра лаьтта т1е, шун зуьрретах цхьаберш, шайна карадеънарг а, шайн бахам а бахьанехь а, шайн лехамаш а, дезарш а тайп-тайпана хилар бахьанехь а мостаг1ий хир бу вукхарна.
51 Делах цатешарш а‚ вон леларш а къематде кхаччалц Iазап ца деш буьтур бу‚ аьлла долу Делан дош.
52 Вон лелачарна деш долу Iазап (дуьненахь).
53 Ц1е тоьхна хан а /ца хиллехьара/ - и аят шен маь1ница "Дош" бохучун т1аьхьа дог1уш ду, делахь а, Дала Шен хьикматаца т1аьхьа далийна. Аятан маь1на: Делера дош хьалха ца даьллехьара, билгал- яьккхина хан ца хиллехьара, керстанашна, церан зуламаш бахьанехь, дуьненахь 1азап хир дара.
54 Iуьйр- ламаз.
55 Малхбуз- ламаз.
56 МаьркIаж-ламаз а‚ пхьуьйр-ламаз а.
57 Делкъ- ламаз.
58 Царах хьоьгуш.
59 Хиндерг.