21. Сурат АЛЬ-АНБИЯЪ

Пайхамарш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 112 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Гергадеана нахана шайца хьесап дар 1 , амма уьш, терго а ца еш (бен ца хеташ)‚ /эхартан Iамал ярх/ дIабирзина ма бу. اقْتَرَبَ لِلنَّاسِ حِسَابُهُمْ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ مُّعْرِضُونَ
2 Аят
Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам цара цуьнга ловзучу хьолехь (цабашарца) ладугIуш бен. (Шайга баьхкинчу керлачу хьехамашка цара ладуг1у, баша а ца бешаш), مَا يَأْتِيهِم مِّن ذِكْرٍ مَّن رَّبِّهِم مُّحْدَثٍ إِلَّا اسْتَمَعُوهُ وَهُمْ يَلْعَبُونَ
3 Аят
Шайн дегнаша /хьехаман маь1на/ тидаме а ца оьцуш, къайлах хабарш дуьйцура зуламаш деш болчара: "Шу санна адам дац хIара 2 а? Бозбуунчалла къобалдо аш‚ шайна гуш а долуш /и бозбуунчалла дуйла/? 3 " لَاهِيَةً قُلُوبُهُمْ وَأَسَرُّواْ النَّجْوَى الَّذِينَ ظَلَمُواْ هَلْ هَذَا إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ أَفَتَأْتُونَ السِّحْرَ وَأَنتُمْ تُبْصِرُونَ
4 Аят
Цо (пайхамара) элира: "Сан Кхиош-Кхобучунна хаьа стиглахь а‚ лаьттахь а /деш долу/ къамел. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву". قَالَ رَبِّي يَعْلَمُ الْقَوْلَ فِي السَّمَاء وَالأَرْضِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
5 Аят
ХIаъ‚ цара элира: "(Уьш) вовшах иэделла (цхьа а маь1на доцу) гIенаш ду 4 . ХIаъ‚ цо 5 ша кхоьллина уьш. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайна цхьана делилца вог1ийла и‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра" 6 . بَلْ قَالُواْ أَضْغَاثُ أَحْلاَمٍ بَلِ افْتَرَاهُ بَلْ هُوَ شَاعِرٌ فَلْيَأْتِنَا بِآيَةٍ كَمَا أُرْسِلَ الأَوَّلُونَ
6 Аят
Ийман ца диллира царал хьалха а Оха хIаллакйинчу цхьана а юьрто. ХIокхара дуьллур дара ийман? مَا آمَنَتْ قَبْلَهُم مِّن قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا أَفَهُمْ يُؤْمِنُونَ
7 Аят
Оха ца бахкийтира хьол хьалха а божарий 7 (элчанаш) бен‚ Оха цаьрга ваьхьиш а луш. Хаттал хьехаме 8 болчу нахе‚ шаьш ца хууш делахь. وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ إِلاَّ رِجَالاً نُّوحِي إِلَيْهِمْ فَاسْأَلُواْ أَهْلَ الذِّكْرِ إِن كُنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ
8 Аят
Оха ца кхоьллира царах (элчанех) кхача ца боу догIмаш‚ уьш даима а буьсур бацара (дуьненахь). وَمَا جَعَلْنَاهُمْ جَسَدًا لَّا يَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَمَا كَانُوا خَالِدِينَ
9 Аят
ТIаккха Оха бакъхилийтира (кхочушйира) цаьрца (элчанашца хилла) ваIда. Оха к1елхьарабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира /Делан дозанел/ т1ехбевлларш (элчанаш харцбинарш). ثُمَّ صَدَقْنَاهُمُ الْوَعْدَ فَأَنجَيْنَاهُمْ وَمَن نَّشَاء وَأَهْلَكْنَا الْمُسْرِفِينَ
10 Аят
Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iаьрбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь а долуш/‚ шу хьекъале ца хуьлу (шу кхетаме ца дог1у)? لَقَدْ أَنزَلْنَا إِلَيْكُمْ كِتَابًا فِيهِ ذِكْرُكُمْ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
11 Аят
Мел йохийна Оха зуламе хилла йолу ярташ! Кхиийра Оха царал тIаьхьа кхин къаьмнаш. وَكَمْ قَصَمْنَا مِن قَرْيَةٍ كَانَتْ ظَالِمَةً وَأَنشَأْنَا بَعْدَهَا قَوْمًا آخَرِينَ
12 Аят
Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цигара (ярташкара) сиха бовду. فَلَمَّا أَحَسُّوا بَأْسَنَا إِذَا هُم مِّنْهَا يَرْكُضُونَ
13 Аят
"Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка - шуьга дехарш дан тарло" 9 . لَا تَرْكُضُوا وَارْجِعُوا إِلَى مَا أُتْرِفْتُمْ فِيهِ وَمَسَاكِنِكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْأَلُونَ
14 Аят
Цара элира 10 : "Ма бала бу-кх тхоьгахь! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!" قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
15 Аят
И церан тийжамаш (кхайкхамаш) ца севцира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хилийтталц‚ шаьш дIабайна а (меттахъхьер а, бистхилар а доцуш) бисна. فَمَا زَالَت تِّلْكَ دَعْوَاهُمْ حَتَّى جَعَلْنَاهُمْ حَصِيدًا خَامِدِينَ
16 Аят
Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а бегашийна. 11 وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاء وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ
17 Аят
Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зударшца а, доьзалшца а/‚ Оха схьаоьцур бара и Тхаьшкара (Тхаьшна гергахь болчу х1уьрла1анан 12 мехкаршкара а, маликашкара а, шуьгара ца оьцуш)‚ нагахь санна Оха и дийриг хилча. لَوْ أَرَدْنَا أَن نَّتَّخِذَ لَهْوًا لَّاتَّخَذْنَاهُ مِن لَّدُنَّا إِن كُنَّا فَاعِلِينَ
18 Аят
ХIаъ‚ Оха бакъдерг туху харцдолчунна – цо и дайа‚ и (харцдерг) хIаллакьхуьлу. Бāла 13 хир бу шуна шаьш /Тхуна / кхуллуш долчу /харц/ сибатех. 14 بَلْ نَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَى الْبَاطِلِ فَيَدْمَغُهُ فَإِذَا هُوَ زَاهِقٌ وَلَكُمُ الْوَيْلُ مِمَّا تَصِفُونَ
19 Аят
Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура а ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад а ца ло. وَلَهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَنْ عِندَهُ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَلَا يَسْتَحْسِرُونَ
20 Аят
Цара тасбихь до буса а‚ дийнахь а‚ шьаьш г1ел ца луш. يُسَبِّحُونَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لَا يَفْتُرُونَ
21 Аят
Ткъа цара бина-те деланаш лаьттах, цара (цу деланаша белларш) ден а беш? أَمِ اتَّخَذُوا آلِهَةً مِّنَ الْأَرْضِ هُمْ يُنشِرُونَ
22 Аят
Цу шиннахьа а 15 АллахI воцург /кхин/ деланаш хиллехьара – уьш ший а хIаллакьхилла хир яра. ЦIена ву и Дела‚ Iаьршан Да‚ цара /Шена т1е/ кхуллучу харц сибатех. لَوْ كَانَ فِيهِمَا آلِهَةٌ إِلَّا اللَّهُ لَفَسَدَتَا فَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ
23 Аят
Цуьнга (Деле) хоттур дац Цо дешдолчух‚ цаьрга (Дала мел кхоьллинчу х1умане) хоттур ду /цара дуьненахь динчух лаьцна/. لَا يُسْأَلُ عَمَّا يَفْعَلُ وَهُمْ يُسْأَلُونَ
24 Аят
Ткъа цара лецна И воцург /кхин/ деланаш? Ахь āла: "Дāладе шайн тешаллаш! ХIара (Къуръан) хьехам бу соьца болчарна‚ сол хьалха хиллачарна а (Таврат а, Инжил а, кхин жайнаш а – царна чохь массанхьа а Дела цхьаъхилар чIагъдеш ду). ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла". أَمِ اتَّخَذُوا مِن دُونِهِ آلِهَةً قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ هَذَا ذِكْرُ مَن مَّعِيَ وَذِكْرُ مَن قَبْلِي بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ الْحَقَّ فَهُم مُّعْرِضُونَ
25 Аят
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча‚ Оха шега ваьхьица хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла. وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ مِن رَّسُولٍ إِلَّا نُوحِي إِلَيْهِ أَنَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدُونِ
26 Аят
Цара элира: "Лаьцна Къинхетам болчо 16 доьзалхо". Вонах цIена ву Иза! Уьш-м 17 сийлахь болу леш бай! وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَنُ وَلَدًا سُبْحَانَهُ بَلْ عِبَادٌ مُّكْرَمُونَ
27 Аят
Уьш (пайхамараш) Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца 1амал еш бу. لَا يَسْبِقُونَهُ بِالْقَوْلِ وَهُم بِأَمْرِهِ يَعْمَلُونَ
28 Аят
Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIехьахь дерг а, цара шапаIат 18 дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхоьруш, эгош бу. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يَشْفَعُونَ إِلَّا لِمَنِ ارْتَضَى وَهُم مِّنْ خَشْيَتِهِ مُشْفِقُونَ
29 Аят
Милла велахь а‚ царах олуш: "Со ву дела‚ Иза а воцуш"‚– цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна. وَمَن يَقُلْ مِنْهُمْ إِنِّي إِلَهٌ مِّن دُونِهِ فَذَلِكَ نَجْزِيهِ جَهَنَّمَ كَذَلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
30 Аят
Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хIума. Уьш ца теша-те? أَوَلَمْ يَرَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ كَانَتَا رَتْقًا فَفَتَقْنَاهُمَا وَجَعَلْنَا مِنَ الْمَاء كُلَّ شَيْءٍ حَيٍّ أَفَلَا يُؤْمِنُونَ
31 Аят
Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх. وَجَعَلْنَا فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَن تَمِيدَ بِهِمْ وَجَعَلْنَا فِيهَا فِجَاجًا سُبُلًا لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
32 Аят
Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех д1абоьрзуш бу /ойла ца еш/. وَجَعَلْنَا السَّمَاء سَقْفًا مَّحْفُوظًا وَهُمْ عَنْ آيَاتِهَا مُعْرِضُونَ
33 Аят
Иза ву Ша буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а кхоьллинарг. Массо а (уьш) шен меттехь нека деш ю 19 . وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ
34 Аят
Оха ца хилийтина адамна хьол хьалха а абаде 20 . Ткъа хьо велча, уьш гуттаренна а буьсур болуш бу-те? وَمَا جَعَلْنَا لِبَشَرٍ مِّن قَبْلِكَ الْخُلْدَ أَفَإِن مِّتَّ فَهُمُ الْخَالِدُونَ
35 Аят
Массо а сино Iовшур ду далар 21 . Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питанна 22 . Тхуна тIе юхадерзор долуш а ду шу. كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ وَنَبْلُوكُم بِالشَّرِّ وَالْخَيْرِ فِتْنَةً وَإِلَيْنَا تُرْجَعُونَ
36 Аят
Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвеш бен тIе ца лоцу цара: "ХIара ву шун деланаш хьехош верг?" Ткъа уьш Къинхетамениг 23 хьехорна керстанаш бу. وَإِذَا رَآكَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَذَا الَّذِي يَذْكُرُ آلِهَتَكُمْ وَهُم بِذِكْرِ الرَّحْمَنِ هُمْ كَافِرُونَ
37 Аят
Адам кхоьллина сихонах (х1уманна т1ехь сихлуш). Гойтур ду Ас шуна Сайн делилаш‚ аш Со сих ма ве! خُلِقَ الْإِنسَانُ مِنْ عَجَلٍ سَأُرِيكُمْ آيَاتِي فَلَا تَسْتَعْجِلُونِ
38 Аят
Цара олу: "Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш делахь?" وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
39 Аят
Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна а, шайн баккъашна а тIера цIе дIатетталур йоцу а‚ шайна гIо хир доцу а хан! /Ма сих дийр дацара цара тIаккха и Делан Iазап/! لَوْ يَعْلَمُ الَّذِينَ كَفَرُوا حِينَ لَا يَكُفُّونَ عَن وُجُوهِهِمُ النَّارَ وَلَا عَن ظُهُورِهِمْ وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
40 Аят
ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ церан ницкъ кхочур бац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац. بَلْ تَأْتِيهِم بَغْتَةً فَتَبْهَتُهُمْ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ رَدَّهَا وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ
41 Аят
Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг. وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِّن قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
42 Аят
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делан Iазапах/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-Кхобург хьехорах д1абоьрзуш ма бу. قُلْ مَن يَكْلَؤُكُم بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ مِنَ الرَّحْمَنِ بَلْ هُمْ عَن ذِكْرِ رَبِّهِم مُّعْرِضُونَ
43 Аят
Я церан /кхин/ деланаш бу-те, шаьш уьш 1алашбийр болуш Тхох /Тхан Iазапах/? Церан (делийн) ницкъ кхочур бац шайна гIо дан а‚ уьш (цатешаш берш) Тхох /Тхан Iазапах/ ларбийр а ма бац цара. أَمْ لَهُمْ آلِهَةٌ تَمْنَعُهُم مِّن دُونِنَا لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَ أَنفُسِهِمْ وَلَا هُم مِّنَّا يُصْحَبُونَ
44 Аят
ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна (Маккарчу керстанашна) а‚ церан дайшна а церан дахаран хан ях а еш. Царна ца го-те, Оха латта эша- деш шен йисташкахула 24 ? Уьш бу ткъа тоьлларш? بَلْ مَتَّعْنَا هَؤُلَاء وَآبَاءهُمْ حَتَّى طَالَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ أَفَلَا يَرَوْنَ أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا أَفَهُمُ الْغَالِبُونَ
45 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, ас шу лардо ваьхьица (Дала даг чу тосучу хаамца). Ца хеза-кх къорачарна кхайкхам, (цуьнца) шаьш (кхерамах) лардеш доллушехь". قُلْ إِنَّمَا أُنذِرُكُم بِالْوَحْيِ وَلَا يَسْمَعُ الصُّمُّ الدُّعَاء إِذَا مَا يُنذَرُونَ
46 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучун Iазапан хIо шайх хьакхаделча, цара алаза дуьтур ма дац: "Ма /боккха/ бāла бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!" وَلَئِن مَّسَّتْهُمْ نَفْحَةٌ مِّنْ عَذَابِ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
47 Аят
Оха хIоттор ду къематденна 25 нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац синна /цхьана а/ хIуманца (ахь ца дина вониг хьуна кхуллур дац). КIоллан (горчицин) буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха (мел жима диканиг динехь а, иза а тидаме оьцур ду). Кхачаме ду хьесап дийраш Тхо хилар. وَنَضَعُ الْمَوَازِينَ الْقِسْطَ لِيَوْمِ الْقِيَامَةِ فَلَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَإِن كَانَ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِّنْ خَرْدَلٍ أَتَيْنَا بِهَا وَكَفَى بِنَا حَاسِبِينَ
48 Аят
Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а 26 ‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى وَهَارُونَ الْفُرْقَانَ وَضِيَاء وَذِكْرًا لِّلْمُتَّقِينَ
49 Аят
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-Кхобучух‚ И /дуьненахь шайна/ гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах 27 бегабеш /кхоьруш/. الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِالْغَيْبِ وَهُم مِّنَ السَّاعَةِ مُشْفِقُونَ
50 Аят
ХIара /Къуръан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аш цунна инкарло йо? وَهَذَا ذِكْرٌ مُّبَارَكٌ أَنزَلْنَاهُ أَفَأَنتُمْ لَهُ مُنكِرُونَ
51 Аят
Оха кхин хьалха ИбрахIиме а белира цуьнан нийсачу новкъе болу кхетам‚ Тхо и вевзаш дара. وَلَقَدْ آتَيْنَا إِبْرَاهِيمَ رُشْدَهُ مِن قَبْلُ وَكُنَّا بِه عَالِمِينَ
52 Аят
Хьахаде! Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: "ХIорш хIун дина суьрташ 1 ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?" إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا هَذِهِ التَّمَاثِيلُ الَّتِي أَنتُمْ لَهَا عَاكِفُونَ
53 Аят
Цара элира: "Тхуна карийна тхешан дай царна Iибадат деш". قَالُوا وَجَدْنَا آبَاءنَا لَهَا عَابِدِينَ
54 Аят
Цо (Ибрах1има) элира: "Шу а‚ шун дай а хилла-кх ган а гучу тилар чохь". قَالَ لَقَدْ كُنتُمْ أَنتُمْ وَآبَاؤُكُمْ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
55 Аят
Цара элира: "Хьо тхуна веана-те бакъдолчуьнца‚ я хьо /тхо/ ловзочарах ву-те?!" قَالُوا أَجِئْتَنَا بِالْحَقِّ أَمْ أَنتَ مِنَ اللَّاعِبِينَ
56 Аят
Цо элира: "ХIаъ‚ шун Кхиош-Кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-Кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарах ву-кх. قَالَ بَل رَّبُّكُمْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الَّذِي فَطَرَهُنَّ وَأَنَا عَلَى ذَلِكُم مِّنَ الشَّاهِدِينَ
57 Аят
/Ибрах1има ша-шега элира/: Делах дуй буу ас, шун цIушна (жа1аршна) мекарло 2 янза юьтур ма яц ас, шу /царах/ баккъаш берзийна, генадевллачул тIаьхьа ". وَتَاللَّهِ لَأَكِيدَنَّ أَصْنَامَكُم بَعْدَ أَن تُوَلُّوا مُدْبِرِينَ
58 Аят
ТIаккха цо царах кескаш йира 28 ‚ церан коьртаниг йоцчех – уьш цунна тIе берза мегара. فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَّهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ
59 Аят
Цара /шаьш юхабаькича, уьш аьтта гича/ элира: "Хьан дина хIара вайн делех? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!" قَالُوا مَن فَعَلَ هَذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ
60 Аят
Элира /царах Ибрах1има аьлларг хезначара/: "Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вай деланаш) хьехош‚ цунах ИбрахIим олура". قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ
61 Аят
Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: "Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара". قَالُوا فَأْتُوا بِهِ عَلَى أَعْيُنِ النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَشْهَدُونَ
62 Аят
Цара элира: "Ахь дина хIара тхан делашна т1ехь‚ хIай ИбрахIим?" قَالُوا أَأَنتَ فَعَلْتَ هَذَا بِآلِهَتِنَا يَا إِبْرَاهِيمُ
63 Аят
Цо элира: "ХIан-хIа. И дина хIокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!" قَالَ بَلْ فَعَلَهُ كَبِيرُهُمْ هَذَا فَاسْأَلُوهُمْ إِن كَانُوا يَنطِقُونَ
64 Аят
Уьш шаьш шайна тIебирзира 29 ‚ цара элира: "Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!" فَرَجَعُوا إِلَى أَنفُسِهِمْ فَقَالُوا إِنَّكُمْ أَنتُمُ الظَّالِمُونَ
65 Аят
Т1аккха церан кортош охьабахийтира 30 /эхьхетаро/, /олуш/: "Хьуна ма хаьий х1орш бист ца хуьлий". ثُمَّ نُكِسُوا عَلَى رُؤُوسِهِمْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا هَؤُلَاء يَنطِقُونَ
66 Аят
Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа аш Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумма а пайда а ца бечунна‚ зен а ца дечунна? قَالَ أَفَتَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنفَعُكُمْ شَيْئًا وَلَا يَضُرُّكُمْ
67 Аят
Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аш Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?" أُفٍّ لَّكُمْ وَلِمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
68 Аят
Цара элира: "Вāгаве и (ИбрахIим)‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!" قَالُوا حَرِّقُوهُ وَانصُرُوا آلِهَتَكُمْ إِن كُنتُمْ فَاعِلِينَ
69 Аят
Оха элира: "ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо 31 а". قُلْنَا يَا نَارُ كُونِي بَرْدًا وَسَلَامًا عَلَى إِبْرَاهِيمَ
70 Аят
Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло 32 – Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарах. وَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَخْسَرِينَ
71 Аят
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ ЛутI а‚ Оха ша Iаламашна беркате динчу латта 33 т1е /Шама д1ахьажийра/. وَنَجَّيْنَاهُ وَلُوطًا إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا لِلْعَالَمِينَ
72 Аят
Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ نَافِلَةً وَكُلًّا جَعَلْنَا صَالِحِينَ
73 Аят
Оха царах хилийтира тхьамданаш, Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш. Оха цаьрга хаийтира 34 диканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а. Уьш хилира Тхуна Iибадат деш. وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِمْ فِعْلَ الْخَيْرَاتِ وَإِقَامَ الصَّلَاةِ وَإِيتَاء الزَّكَاةِ وَكَانُوا لَنَا عَابِدِينَ
74 Аят
ЛутIана а делира Оха хьукам а‚ Iилма а. Оха и кIелхьарваьккхира ша боьханаш деш хилла йолчу юьртара. Баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш. وَلُوطًا آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَت تَّعْمَلُ الْخَبَائِثَ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَاسِقِينَ
75 Аят
Оха иза (ЛутI пайхамар) воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарах ву. وَأَدْخَلْنَاهُ فِي رَحْمَتِنَا إِنَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
76 Аят
Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха. Оха цунна жоп делира: кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу бāланах. وَنُوحًا إِذْ نَادَى مِن قَبْلُ فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
77 Аят
Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге а /хина/ бухабахийтира. وَنَصَرْنَاهُ مِنَ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ
78 Аят
Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукам дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукаман тешаш. وَدَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ إِذْ يَحْكُمَانِ فِي الْحَرْثِ إِذْ نَفَشَتْ فِيهِ غَنَمُ الْقَوْمِ وَكُنَّا لِحُكْمِهِمْ شَاهِدِينَ
79 Аят
Оха цунах (хьукамах 35 ) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ х1оранна а Оха делира хьукам а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьт1ахь/‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш. فَفَهَّمْنَاهَا سُلَيْمَانَ وَكُلًّا آتَيْنَا حُكْمًا وَعِلْمًا وَسَخَّرْنَا مَعَ دَاوُودَ الْجِبَالَ يُسَبِّحْنَ وَالطَّيْرَ وَكُنَّا فَاعِلِينَ
80 Аят
Оха цунна Iамийра шуна бедарш 36 яр‚ цара шу Iалашдархьама шун /мостаг1ийн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу? وَعَلَّمْنَاهُ صَنْعَةَ لَبُوسٍ لَّكُمْ لِتُحْصِنَكُم مِّن بَأْسِكُمْ فَهَلْ أَنتُمْ شَاكِرُونَ
81 Аят
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дIасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу 37 лаьттахула. Тхо хилла массо а хIума хууш дерш. وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ عَاصِفَةً تَجْرِي بِأَمْرِهِ إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا وَكُنَّا بِكُلِّ شَيْءٍ عَالِمِينَ
82 Аят
ШайтIанех 38 а хилла цунна 39 /хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш 40 . وَمِنَ الشَّيَاطِينِ مَن يَغُوصُونَ لَهُ وَيَعْمَلُونَ عَمَلًا دُونَ ذَلِكَ وَكُنَّا لَهُمْ حَافِظِينَ
83 Аят
Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Со бāлано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарах а уггар къинхетаме верг ву-кх". وَأَيُّوبَ إِذْ نَادَى رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الضُّرُّ وَأَنتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
84 Аят
Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бāла‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьаьна кхин ишттал‚ Тхан гергара къинхетам а хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла. فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَكَشَفْنَا مَا بِهِ مِن ضُرٍّ وَآتَيْنَاهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُم مَّعَهُمْ رَحْمَةً مِّنْ عِندِنَا وَذِكْرَى لِلْعَابِدِينَ
85 Аят
/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл 41 а‚ массо а собаре хиллачарах бу. وَإِسْمَاعِيلَ وَإِدْرِيسَ وَذَا الْكِفْلِ كُلٌّ مِّنَ الصَّابِرِينَ
86 Аят
Тхан къинхетам чу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарах бу. وَأَدْخَلْنَاهُمْ فِي رَحْمَتِنَا إِنَّهُم مِّنَ الصَّالِحِينَ
87 Аят
Зун-Нун 42 а‚ дIавахара иза оьгIазвахана 43 ‚ цунна хаалора Оха ша гатвийр воцийла та1зар дарца 44 . ТIаккха цо кхайкхира боданехь 45 : "Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам дечарах". وَذَا النُّونِ إِذ ذَّهَبَ مُغَاضِبًا فَظَنَّ أَن لَّن نَّقْدِرَ عَلَيْهِ فَنَادَى فِي الظُّلُمَاتِ أَن لَّا إِلَهَ إِلَّا أَنتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنتُ مِنَ الظَّالِمِينَ
88 Аят
Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьарваьккхира сингаттамах. Иштта кIелхьарбоху Оха муъма нах. فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْغَمِّ وَكَذَلِكَ نُنجِي الْمُؤْمِنِينَ
89 Аят
Закарийа /хьахаве/, цо кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Со Кхиош-Кхобург‚ ма витахь со цхьа‚ Хьо ирс лучарах уггар диканиг ма вара!" وَزَكَرِيَّا إِذْ نَادَى رَبَّهُ رَبِّ لَا تَذَرْنِي فَرْدًا وَأَنتَ خَيْرُ الْوَارِثِينَ
90 Аят
Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда 46 . Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура, дог дохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхох кхоьруш. فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَوَهَبْنَا لَهُ يَحْيَى وَأَصْلَحْنَا لَهُ زَوْجَهُ إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ
91 Аят
И шен йо1стагалла Iалашдинарг 47 а /хьехайе/‚ Оха цунна Тхан сих са чудиллира 48 . Цунах а‚ цуьнан кIантах 49 а /массо а/ Iаламна делил хилийтира Оха. وَالَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهَا مِن رُّوحِنَا وَجَعَلْنَاهَا وَابْنَهَا آيَةً لِّلْعَالَمِينَ
92 Аят
Баккъалла а, хIара шун уммат 50 цхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-Кхобург а ву‚ Суна Iибадат дейша. إِنَّ هَذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاعْبُدُونِ
93 Аят
Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъира 51 шайн гIуллакх вовшашна юккъехь. Массо а Тхуна тIе юхабоьрзу. وَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُم بَيْنَهُمْ كُلٌّ إِلَيْنَا رَاجِعُونَ
94 Аят
Диканаш деш верг‚ ша муъма волуш – хир яц цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, Тхо цунна яздеш ду 52 . فَمَن يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا كُفْرَانَ لِسَعْيِهِ وَإِنَّا لَهُ كَاتِبُونَ
95 Аят
Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) юхаберза 53 وَحَرَامٌ عَلَى قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا أَنَّهُمْ لَا يَرْجِعُونَ
96 Аят
Яъжуж а‚ Маъжуж 54 а гучубовллалц. Уьш массо а аг1орхьара, лакхарчу меттигашкара охьахецалур бу. حَتَّى إِذَا فُتِحَتْ يَأْجُوجُ وَمَأْجُوجُ وَهُم مِّن كُلِّ حَدَبٍ يَنسِلُونَ
97 Аят
Гергаеана бакъйолу ваIда‚ ца тешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: "Ма бāла бу-кх вайна‚ вай дара-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш"/эр ду цара/. وَاقْتَرَبَ الْوَعْدُ الْحَقُّ فَإِذَا هِيَ شَاخِصَةٌ أَبْصَارُ الَّذِينَ كَفَرُوا يَا وَيْلَنَا قَدْ كُنَّا فِي غَفْلَةٍ مِّنْ هَذَا بَلْ كُنَّا ظَالِمِينَ
98 Аят
Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду. إِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ حَصَبُ جَهَنَّمَ أَنتُمْ لَهَا وَارِدُونَ
99 Аят
Уьш деланаш хиллехьара, – цу чу гIур бацара. Массо а цу чохь гуттар лаьттар ву. لَوْ كَانَ هَؤُلَاء آلِهَةً مَّا وَرَدُوهَا وَكُلٌّ فِيهَا خَالِدُونَ
100 Аят
Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац. لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَهُمْ فِيهَا لَا يَسْمَعُونَ
101 Аят
Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу. إِنَّ الَّذِينَ سَبَقَتْ لَهُم مِّنَّا الْحُسْنَى أُوْلَئِكَ عَنْهَا مُبْعَدُونَ
102 Аят
Царна хезар дац цуьнан (жоьжахатин) шах-ших а‚ уьш шайн синошна дезначохь гуттар лаьттар бу 55 . لَا يَسْمَعُونَ حَسِيسَهَا وَهُمْ فِي مَا اشْتَهَتْ أَنفُسُهُمْ خَالِدُونَ
103 Аят
Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: "ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг". لَا يَحْزُنُهُمُ الْفَزَعُ الْأَكْبَرُ وَتَتَلَقَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ هَذَا يَوْمُكُمُ الَّذِي كُنتُمْ تُوعَدُونَ
104 Аят
Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккху Тхуна тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш. يَوْمَ نَطْوِي السَّمَاء كَطَيِّ السِّجِلِّ لِلْكُتُبِ كَمَا بَدَأْنَا أَوَّلَ خَلْقٍ نُّعِيدُهُ وَعْدًا عَلَيْنَا إِنَّا كُنَّا فَاعِلِينَ
105 Аят
Оха яздинера Забура 56 чохь хьехамал 57 тIаьхьа: "Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша" 58 . وَلَقَدْ كَتَبْنَا فِي الزَّبُورِ مِن بَعْدِ الذِّكْرِ أَنَّ الْأَرْضَ يَرِثُهَا عِبَادِيَ الصَّالِحُونَ
106 Аят
Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана. إِنَّ فِي هَذَا لَبَلَاغًا لِّقَوْمٍ عَابِدِينَ
107 Аят
Оха ца вахийтина хьо /хIай Мухьаммад/ массо а Iаламна къинхетам хилла а бен. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا رَحْمَةً لِّلْعَالَمِينَ
108 Аят
Ахь āла: "Суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла. Шу муьтIахь 59 хуьлий?" قُلْ إِنَّمَا يُوحَى إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَهُكُمْ إِلَهٌ وَاحِدٌ فَهَلْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ
109 Аят
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас дIакхайкхийна шуьга цхьатерра‚ суна ца хаьа, герга ду‚ я гена ду шуна ваIда 60 йинарг. فَإِن تَوَلَّوْا فَقُلْ آذَنتُكُمْ عَلَى سَوَاء وَإِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ أَم بَعِيدٌ مَّا تُوعَدُونَ
110 Аят
Баккъалла а, Цунна (Далла) хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а. إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ مِنَ الْقَوْلِ وَيَعْلَمُ مَا تَكْتُمُونَ
111 Аят
Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьататтар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ цхьа хан яллалц бахам а". وَإِنْ أَدْرِي لَعَلَّهُ فِتْنَةٌ لَّكُمْ وَمَتَاعٌ إِلَى حِينٍ
112 Аят
Элира /Мухьаммад пайхамаро/: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь де-кх бакъонца хьукам /суна а, х1ара дин харцдечарна а юккъехь/. Тхан Кхиош-Кхобург ву сов къинхетаме верг 61 а‚ аш сибат дечунна тIехь 62 Шегара гIо эца дезаш верг а ". قَالَ رَبِّ احْكُم بِالْحَقِّ وَرَبُّنَا الرَّحْمَنُ الْمُسْتَعَانُ عَلَى مَا تَصِفُونَ
1 Хьесап дар – стаго дина дика а‚ вон а къастадар къематдийнахь.
2 Мухьаммад- пайхамар.
3 Мухьаммада деанарг бозбуунчалла лоруш хилла керстанаша.
4 ХIара Мухьаммада дуьйцу аяташ.
5 Мухьаммада шегара дуьйцуш ду и‚ олуш хилла цатешачара.
6 Шайца делилаш долуш хилла болу хьалхалера пайхамарш, Салихьан эмкалх а, Мусан 1асанах а тера.
7 Адамаш.
8 Хьалха хилларш хууш болу 1еламнах; Таврат а, Инжил а хууш болу 1еламнах.
9 И эр ду цаьрга маликаша.
10 И эр ду ийман цадиллинчара къематдийнахь, шайна кечйина жоьжахати гича. Дала яханчу хенахь дуьйцу и хир долу х1уманаш Шена уьш хирг хилар дика хуудела.
11 Стигланаш а, латта а, царна юккъехь мел дерг эрна ца кхоьллина Дала. Цу чохь доккха маь1на а, хьикмат а ду, Дела цхьаъ хилар а, Цуьнан ницкъ а гучубоккхуш.
12 Х1уьрла1ан мехкарий - ялсаманехь хир болу 1аьржа б1аьргаш болу хаза мехкарий.
13 Шуна бала бу – шуна жоьжахати хир ю.
14 Делан зуда ю‚ кIант ву‚ бохуш.
15 Стигланашкахь а‚ лаьттахь а.
16 Къинхетам берг –ألرحمان Ар- Рахьман – Делан цIе.
17 Пайхамараш‚ маликаш, шаьш керстанаша Делан кIентий, мехкарий бу бохуш болу. Жуьгташа олуш хилла: «Маликаш - Делан мехкарий бу». Царна инкарло еш, Дала боху, уьш Делан сийлахь леш бу, Дала цара Шена 1ибадат дарца къастина болу.
18 ШапаIат – къематдийнахь шена везачун‚ я гергарчун гIолацар, Деле цунна къинхетам бехар.
19 Нека деш – кхузахь а‚ кхечу сураташкахь а: уьш шайн-шайн некъашкахула дIасалелаш.
20 Цкъа а цавалар.
21 Чам боккхур бу даларх, лийр ду.
22 Ибн-1аббаса и аят иштта даьстина: Оха зуьйр ду шу халонца - парг1атонца а, могашаллица - цамгаршца а, хьолаца - мискаллица а, хьаналдолчуьнца - хьарамдолчуьнца а, Далла г1уллакх дарца - Далла 1есалла ярца а, нийсачу новкъаца - тиларца а. И дерриге а хьелаш гойтур шуьга шух Далла шукур деш верг а, Далла инкарло еш верг а гучуваккхархьама. Ибн-Зайда иштта даьстина: Оха зуьйр ду шу шуна дезаш долчуьнца Тхайна а, нахана а гучудоккхуш, гархьама, аш шукур муха до, шуна цадезачуьнца – шу собаре мел ду хьажархьама.
23 Къинхетамениг – кхузахь: Аллах1-Дела.
24 Дала пайхамарна гIо до, и бахьанехь бусалбанаш алсамбуьйлу, уьш алсамбовларца керстанийн латта жимло.
25 Къематдийнахь.
26 Къастам – Делера Мусага доьссина долу жайна – Таврат‚ шена чохь‚ хьанал-хьарам‚ диканиг-вониг къастош долу.
27 Къематдийнах (кхузахь а, кхечу меттигашкахь, аяташкахь а) сахьт – къематде.
28 Цо уьш кегйира, этира, йохийра..
29 Уьш шайх ойла ян болабелира, шаьш мотт ца хуучунна дечу Iибадатах а. Цара шайга элира: «Баккъала а, шу ду-кх зуламхой».
30 Эхь хетта, кортош охьатIаIийра цара‚ я шайн хьалхалерчу керсталлина тIе юхабирзира уьш. "Уьш дIаберзийра Делан тIера шайн керстаналлина тIе" (Тафсир Ал-Джалалайн). Сабунис и аят иштта даьстина: Уьш д1ахьаьвзира сийсаза хиллачуьра кураллина т1е.
31 Маршо – кхузахь: бохам ца беш.
32 Ибрах1им ц1аргахь ваго лиира царна - Дала йохийра церан мекарло.
33 Дала мостаг1ех парг1атбаьхна, пайхамарш бахкийтарций, хиш, хьуьнаш хилийтарций беркате бинчу махка – Шама- д1ахьажийра Ибрах1им а, цуьнан вешин к1ант Лут1 а. Цул хьалха уьш 1иракъехь хилла.
34 Вехьица.
35 Кхиэл яйта баьхкина хилла цхьа нах Давуд а‚ Сулейман а волчу. Ялта хьаьшна хилла цхьаннан уьстагIаша. Давуда хьукам дина и уьстагIий дайа ялтин дена пайденна. Ткъа Сулеймана аьлла‚ ялтин дас пайдаоьцур бу церан шурех‚ тIаьхьенах а‚ тIаккха дIадерзор ду уьш шен дега. УьстагIийн дас тодийр ду шен уьстагIаша дохийна латта. ТIаккха ялта хьокхург хилча, дIалур ду шен дега. Цу хьукамна реза хилла Давуд а.
36 ТIемалочун аьчка коч.
37 Шам (Шема) - ширчу заманан пачхьалкх. Цу чу йог1уш хилла х1инцлера Сири, Ливан, Иордани, Палестина, Израиль.
38 Оха муьтIахь дира Сулейманна цхьацца шайтIанаш а‚ цара цунна гIуллакх деш.
39 Сулейманна – оьшуш долу гIуллакхаш дан.
40 Оха 1алашдора и шайт1анаш Сулейманан г1уллакхах д1атиларх а, цунна муьт1ахь цахиларх а.
41 Зуль-Кифл – Ильяс пайхамар‚ цхьаболчара аларехь, Таврата чохь вуьйцуш волу Эзекил.
42 Зун-Нун – Юнус пайхамар‚ чIеро лаьцна хилларг (хуьйдина). Библи чохь: Иона.
43 Шен къомана цо ийман цадилларна‚ и дIавахара.
44 Цхьадолчу тафсирашкахь аят иштта гочдина. Цунна (Юнус пайхамарна) моьттура Тхан ницкъ кхочур бац шена т1ехь. И нийса ца хета. И мотталур дац муьлххачу Делах кхоьручу стагана а, пайхамарех лаьцна-м дуьйцийла а дац.
45 Юнус шен къомо ийман ца диллича, царна 1азап дог1ур дуйла а хиъна, царах д1аведира. Х1оьрдан йистехь цхьана кемана т1еваьлира. Ткъа цуьнан къомо, дохкодаьлла‚ тоба дира. Дала царна гечдира – Юнус кеманна тIехиира. И дазделира‚ тIаккха кхаж тесира цхьаъ хи чу кхосса. И кхаж Юнусана белира‚ и хIорда чуиккхира – тIаккха чIеро хуьйдира. Цуьнан кийрахь волуш цо Деле кхайкхира. Дала, до1ина жоп луш, и аракхоссийтира ч1аре.
46 Бер хилийта.
47 Марьям‚ Iийсан нана.
48 Оха омра дира Джабраил малике – цо Марьяман кочан схьаеллаеллачу меттигехула са чуозийра – цунах и берах йисира. Иштта да воцуш дуьнена ваьккхира Дала 1ийса пайхамар, Делера салам хуьлда цунна.
49 Iийса пайхамар.
50 Бусалбанаш.
51 Нах бекъабелира‚ дукха динаш хилира‚ тешарш а‚ цатешарш а бу.
52 Цо йина дика Iамалш.
53 Оха х1аллакйина юрт юха ден ца ло.
54 Яъжуж‚ Маъжуж – шайна дуьхьал Зуль-Къарнайнас гIап йина дIакъевлина долу экха ши халкъ. Къематде догIуш уьш арабевр бу. Дукхахилар бахьанехь массо а меттиг юзур ю цара. Уьш сихлур бу лаьтта т1ехь боьханиг дан.
55 Шайна езаш йолчу ялсаманахь хир бу.
56 Забур – Давуд пайхамаре доссийна хилла долу Делан жайна. Цхьа кхечахь الزبورАз-забур дерриг Дала доссийна жайнаш ду аьлла.
57 Хьехам – кхузахь: Лавхь махьфуз; я Мусага доссийначул тIаьхьа.
58 Цунах нийса пайдаоьцур болчара, цу т1ехь Делан омранаш кхочушдийрболчара. Дукхахдолчу тафсирашкахь иза ялсаманин латта ду аьлла ду, ша ирсана кхочур долу дика 1амалш йинчу бусалба нахана.
59 МуьтIахь берш – Iарбашха:مسلمون "муслимун" – бусалбанаш.
60 Шуьга хир ду аьлларг: "Къематде герга ду‚ я гена ду ца хаьа суна".
61 Аль-Рахьман- الرحمان Далан еза ц1е – сов къинхетаме верг маь1нехь.
62 Аш харц кхуллучунна тIехь.
1 Дина сурт – дуккха деланаш бу бохучу 1есачу наха шайна 1ибадат дан т1улгех дина хилла долу суьрташ; изваяния.
2 Мекарло – х1илла, тешнабехк; бохам.