22. Сурат АЛЬ-ХЬАДЖ

Хьаьждехкар
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 78 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-Кхобучух. Баккъалла а, сахьт дēгар 1 доккха-деза хIума ду. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ إِنَّ زَلْزَلَةَ السَّاعَةِ شَيْءٌ عَظِيمٌ
2 Аят
Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо а /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо 2 шен мохь 3 /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а, Делан Iазап чIогIа ду. يَوْمَ تَرَوْنَهَا تَذْهَلُ كُلُّ مُرْضِعَةٍ عَمَّا أَرْضَعَتْ وَتَضَعُ كُلُّ ذَاتِ حَمْلٍ حَمْلَهَا وَتَرَى النَّاسَ سُكَارَى وَمَا هُم بِسُكَارَى وَلَكِنَّ عَذَابَ اللَّهِ شَدِيدٌ
3 Аят
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг х1ор аьрхадаьллачу шайтIанна 4 . وَمِنَ النَّاسِ مَن يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَيَتَّبِعُ كُلَّ شَيْطَانٍ مَّرِيدٍ
4 Аят
Цунна (шайтIанна) язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла. كُتِبَ عَلَيْهِ أَنَّهُ مَن تَوَلَّاهُ فَأَنَّهُ يُضِلُّهُ وَيَهْدِيهِ إِلَى عَذَابِ السَّعِيرِ
5 Аят
ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах 5 ‚ тIаккха тIадамах 6 ‚ тIаккха цIийнан улхах 7 ‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийна 8 чохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина 9 . Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а х1уманаш / хууш хиллачул тIаьхьа хIумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла 10 . Оха шена тIе хи доссийча, и деттало 11 ‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِن كُنتُمْ فِي رَيْبٍ مِّنَ الْبَعْثِ فَإِنَّا خَلَقْنَاكُم مِّن تُرَابٍ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ مِن مُّضْغَةٍ مُّخَلَّقَةٍ وَغَيْرِ مُخَلَّقَةٍ لِّنُبَيِّنَ لَكُمْ وَنُقِرُّ فِي الْأَرْحَامِ مَا نَشَاء إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى ثُمَّ نُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ وَمِنكُم مَّن يُتَوَفَّى وَمِنكُم مَّن يُرَدُّ إِلَى أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْلَا يَعْلَمَ مِن بَعْدِ عِلْمٍ شَيْئًا وَتَرَى الْأَرْضَ هَامِدَةً فَإِذَا أَنزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاء اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ وَأَنبَتَتْ مِن كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ
6 Аят
Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хIуманна тIехь ницкъберг. ذَلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّهُ يُحْيِي الْمَوْتَى وَأَنَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
7 Аят
/Иза ду/ – сахьт 12 догIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна, денбина, гIовтор болуш кешний чохь берш. وَأَنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ لَّا رَيْبَ فِيهَا وَأَنَّ اللَّهَ يَبْعَثُ مَن فِي الْقُبُورِ
8 Аят
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ а боцуш‚ нуьре долу жайна а доцуш. وَمِنَ النَّاسِ مَن يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَلَا هُدًى وَلَا كِتَابٍ مُّنِيرٍ
9 Аят
/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга къематдийнахь цIеран Iазап. ثَانِيَ عِطْفِهِ لِيُضِلَّ عَن سَبِيلِ اللَّهِ لَهُ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ وَنُذِيقُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَذَابَ الْحَرِيقِ
10 Аят
/Цуьнга эр ду/: "И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна". ذَلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ يَدَاكَ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِّلْعَبِيدِ
11 Аят
Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехь 13 волчух тера: шех кхиъча диканиг, цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бāла) кхиъча, шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайина цо. Иза билггала эшам бу-кх! وَمِنَ النَّاسِ مَن يَعْبُدُ اللَّهَ عَلَى حَرْفٍ فَإِنْ أَصَابَهُ خَيْرٌ اطْمَأَنَّ بِهِ وَإِنْ أَصَابَتْهُ فِتْنَةٌ انقَلَبَ عَلَى وَجْهِهِ خَسِرَ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةَ ذَلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ
12 Аят
Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар! يَدْعُو مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُ وَمَا لَا يَنفَعُهُ ذَلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ
13 Аят
Цо кхойкху шена /хуьлучу/ пайданал шена зен герга долчуьнга– ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/! يَدْعُو لَمَن ضَرُّهُ أَقْرَبُ مِن نَّفْعِهِ لَبِئْسَ الْمَوْلَى وَلَبِئْسَ الْعَشِيرُ
14 Аят
Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луург. إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ
15 Аят
/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIо дийр дац моьттуш хилларг – цо муш дIатосийла тхов тIе ирхкхазвала, тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург 14 . مَن كَانَ يَظُنُّ أَن لَّن يَنصُرَهُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ فَلْيَمْدُدْ بِسَبَبٍ إِلَى السَّمَاء ثُمَّ لِيَقْطَعْ فَلْيَنظُرْ هَلْ يُذْهِبَنَّ كَيْدُهُ مَا يَغِيظُ
16 Аят
Иштта доссийра Оха и /Къуръан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна а нисвеш Шена луург /нийсачу новкъа/. وَكَذَلِكَ أَنزَلْنَاهُ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ وَأَنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَن يُرِيدُ
17 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ жуьгтийн динехь берш а‚ сабиинаш а 15 ‚ насараш а 16 ‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь теш ву. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالصَّابِئِينَ وَالنَّصَارَى وَالْمَجُوسَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُوا إِنَّ اللَّهَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ إِنَّ اللَّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
18 Аят
Хьуна ца го Далла сужуд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхаболчара а? Дукхаболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يَسْجُدُ لَهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَمَن فِي الْأَرْضِ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ وَالنُّجُومُ وَالْجِبَالُ وَالشَّجَرُ وَالدَّوَابُّ وَكَثِيرٌ مِّنَ النَّاسِ وَكَثِيرٌ حَقَّ عَلَيْهِ الْعَذَابُ وَمَن يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّكْرِمٍ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يَشَاء ( سجدة مستحبة )
19 Аят
ХIокху шина мостагIчо 17 шайн Кхиош-Кхобучуьнгахь къийсира 18 . Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цIарах 19 ‚ церан кортошна тIе дуттур ду ц1ийдина хи. هَذَانِ خَصْمَانِ اخْتَصَمُوا فِي رَبِّهِمْ فَالَّذِينَ كَفَرُوا قُطِّعَتْ لَهُمْ ثِيَابٌ مِّن نَّارٍ يُصَبُّ مِن فَوْقِ رُؤُوسِهِمُ الْحَمِيمُ
20 Аят
Дāгор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а. يُصْهَرُ بِهِ مَا فِي بُطُونِهِمْ وَالْجُلُودُ
21 Аят
Царна аьчкан чхьонкарш ю. وَلَهُم مَّقَامِعُ مِنْ حَدِيدٍ
22 Аят
Царна цу чуьра бāлахьēгарх арабовла мел лии‚ цу чу юхаберзор бу уьш /эр ду/: "Iовша шайна цIеран Iазап!" كُلَّمَا أَرَادُوا أَن يَخْرُجُوا مِنْهَا مِنْ غَمٍّ أُعِيدُوا فِيهَا وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ
23 Аят
Баккъалла а, Дала чубухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а /ялсаманин/ бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари. إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِن ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
24 Аят
Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /Къуръанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа 20 . وَهُدُوا إِلَى الطَّيِّبِ مِنَ الْقَوْلِ وَهُدُوا إِلَى صِرَاطِ الْحَمِيدِ
25 Аят
Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш а Делан некъах а‚ Дезачу маьждигах а 21 ‚ Оха ша нахана цхьанисса /сийлахь/ хилийтина долчу шена чохь волчунна а‚ арара /зиярате/ веъначунна‚ цу чохь зуламца бакъдолчух д1ахьавзар /Делах цатешар/ дезаш верг а – Оха Iовшуьйтур ду цаьрга лазош долу Iазапах. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ الَّذِي جَعَلْنَاهُ لِلنَّاسِ سَوَاء الْعَاكِفُ فِيهِ وَالْبَادِ وَمَن يُرِدْ فِيهِ بِإِلْحَادٍ بِظُلْمٍ نُذِقْهُ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
26 Аят
Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьж/цIийнан меттиг, олуш: "Ма лаца Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIа 22 го боккхучарна а /т1аваф деш/‚ хIоьттина лаьттачарна а‚ рукIе 23 баханчарна а‚ суждане 24 баханчарна а. وَإِذْ بَوَّأْنَا لِإِبْرَاهِيمَ مَكَانَ الْبَيْتِ أَن لَّا تُشْرِكْ بِي شَيْئًا وَطَهِّرْ بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْقَائِمِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ
27 Аят
Кхайкха нахалахь хьаьжалла 25 : уьш (муъма нах) богIур бу хьуна гIаш а‚ х1ор эзачунна 26 тIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу х1ор туьпара боьрара وَأَذِّن فِي النَّاسِ بِالْحَجِّ يَأْتُوكَ رِجَالًا وَعَلَى كُلِّ ضَامِرٍ يَأْتِينَ مِن كُلِّ فَجٍّ عَمِيقٍ
28 Аят
Тешалла дан шайна пайданашна 27 ‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъина деллачу бежанна тIехь. Даа цунах‚ дааде бāлахоьгучунна 28 а, пекъарна 29 а. لِيَشْهَدُوا مَنَافِعَ لَهُمْ وَيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ فِي أَيَّامٍ مَّعْلُومَاتٍ عَلَى مَا رَزَقَهُم مِّن بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْبَائِسَ الْفَقِيرَ
29 Аят
ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш 30 ‚ гобоккхийла Ширчу ЦIийнна 31 ". ثُمَّ لْيَقْضُوا تَفَثَهُمْ وَلْيُوفُوا نُذُورَهُمْ وَلْيَطَّوَّفُوا بِالْبَيْتِ الْعَتِيقِ
30 Аят
/ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен Кхиош-Кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшуш 32 доцурш. Генадовла цIуйн (жа1арийн) рижсах‚ генадовла харц дашах 33 ذَلِكَ وَمَن يُعَظِّمْ حُرُمَاتِ اللَّهِ فَهُوَ خَيْرٌ لَّهُ عِندَ رَبِّهِ وَأُحِلَّتْ لَكُمُ الْأَنْعَامُ إِلَّا مَا يُتْلَى عَلَيْكُمْ فَاجْتَنِبُوا الرِّجْسَ مِنَ الْأَوْثَانِ وَاجْتَنِبُوا قَوْلَ الزُّورِ
31 Аят
Далла тIедирзинарш 34 а хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург... и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух. حُنَفَاء لِلَّهِ غَيْرَ مُشْرِكِينَ بِهِ وَمَن يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَكَأَنَّمَا خَرَّ مِنَ السَّمَاء فَتَخْطَفُهُ الطَّيْرُ أَوْ تَهْوِي بِهِ الرِّيحُ فِي مَكَانٍ سَحِيقٍ
32 Аят
/ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалаш 35 даздеш верг‚ – баккъалла а, иза 36 дегнаш /Делах/ кхерарх ду. ذَلِكَ وَمَن يُعَظِّمْ شَعَائِرَ اللَّهِ فَإِنَّهَا مِن تَقْوَى الْقُلُوبِ
33 Аят
Шуна цу чохь пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ тIаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю 37 . لَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى ثُمَّ مَحِلُّهَا إِلَى الْبَيْتِ الْعَتِيقِ
34 Аят
ХIор умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе яккхийта Цо Шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Аллах1 - Дела ву‚ Цунна муьтIахь хила: ахь кхаъ баккха 38 муьтIахь болчарна. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنسَكًا لِيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَى مَا رَزَقَهُم مِّن بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ فَإِلَهُكُمْ إِلَهٌ وَاحِدٌ فَلَهُ أَسْلِمُوا وَبَشِّرِ الْمُخْبِتِينَ
35 Аят
Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш 39 берш‚ шайна тIедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш. الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَالصَّابِرِينَ عَلَى مَا أَصَابَهُمْ وَالْمُقِيمِي الصَّلَاةِ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
36 Аят
И ерстана эмкал 40 хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча 41 ‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а 42 ‚ ца доьхучунна а 43 . Иштта Оха муьтIахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш. وَالْبُدْنَ جَعَلْنَاهَا لَكُم مِّن شَعَائِرِ اللَّهِ لَكُمْ فِيهَا خَيْرٌ فَاذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا صَوَافَّ فَإِذَا وَجَبَتْ جُنُوبُهَا فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْقَانِعَ وَالْمُعْتَرَّ كَذَلِكَ سَخَّرْنَاهَا لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
37 Аят
Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтIахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна. لَن يَنَالَ اللَّهَ لُحُومُهَا وَلَا دِمَاؤُهَا وَلَكِن يَنَالُهُ التَّقْوَى مِنكُمْ كَذَلِكَ سَخَّرَهَا لَكُمْ لِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَى مَا هَدَاكُمْ وَبَشِّرِ الْمُحْسِنِينَ
38 Аят
Баккъалла а, Дала ларбо ийман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо а тешнабехк беш верг, /Делан ни1матна/ ша т1ех инкарло еш волу. إِنَّ اللَّهَ يُدَافِعُ عَنِ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ خَوَّانٍ كَفُورٍ
39 Аят
Магийна шайца тIом беш болчарна 44 /тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚ أُذِنَ لِلَّذِينَ يُقَاتَلُونَ بِأَنَّهُمْ ظُلِمُوا وَإِنَّ اللَّهَ عَلَى نَصْرِهِمْ لَقَدِيرٌ
40 Аят
Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: "Тхан Кхиош-Кхобург Аллах1-Дела ву". Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозг1арийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. ГIо данза дуьтур ма дац Дала Шена /гIуллакхна/ гIо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву. الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِن دِيَارِهِمْ بِغَيْرِ حَقٍّ إِلَّا أَن يَقُولُوا رَبُّنَا اللَّهُ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُم بِبَعْضٍ لَّهُدِّمَتْ صَوَامِعُ وَبِيَعٌ وَصَلَوَاتٌ وَمَسَاجِدُ يُذْكَرُ فِيهَا اسْمُ اللَّهِ كَثِيرًا وَلَيَنصُرَنَّ اللَّهُ مَن يَنصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ
41 Аят
Уьш 45 бу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттош берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ духатухуш берш. Делан ю гIуллакхийн чакхе. الَّذِينَ إِن مَّكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنكَرِ وَلِلَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ
42 Аят
Хьо цара харцвахь, – харцбина 46 царал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша 47 وَإِن يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَثَمُودُ
43 Аят
ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а, وَقَوْمُ إِبْرَاهِيمَ وَقَوْمُ لُوطٍ
44 Аят
Мадъян дайша а 48 . Харцвира Муса а. Ас ханна тIаьхьатеттира 49 ца тешаш берш. ТIаккха Ас схьалецира уьш 50 . Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/! وَأَصْحَابُ مَدْيَنَ وَكُذِّبَ مُوسَى فَأَمْلَيْتُ لِلْكَافِرِينَ ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
45 Аят
Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь яьсса ю. Маса шовда даьсса дисина! Маса йоьгIна гIала /яьсса йисина/! فَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ فَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَى عُرُوشِهَا وَبِئْرٍ مُّعَطَّلَةٍ وَقَصْرٍ مَّشِيدٍ
46 Аят
Лаьттахула ца лела уьш 51 ? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе! أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَتَكُونَ لَهُمْ قُلُوبٌ يَعْقِلُونَ بِهَا أَوْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا فَإِنَّهَا لَا تَعْمَى الْأَبْصَارُ وَلَكِن تَعْمَى الْقُلُوبُ الَّتِي فِي الصُّدُورِ
47 Аят
Хьо сихво цара Iазапаца 52 . Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-Кхобучун гергахь эзар шо санна ду аш дагардечух. وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَلَن يُخْلِفَ اللَّهُ وَعْدَهُ وَإِنَّ يَوْمًا عِندَ رَبِّكَ كَأَلْفِ سَنَةٍ مِّمَّا تَعُدُّونَ
48 Аят
Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Ас‚ уьш зуламе а йолуш? ТIаккха схьалецира уьш Ас‚ Суна т1е ду тIекхачар 53 . وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ أَمْلَيْتُ لَهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ ثُمَّ أَخَذْتُهَا وَإِلَيَّ الْمَصِيرُ

49. Ахь āла: "ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх".
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّمَا أَنَا لَكُمْ نَذِيرٌ مُّبِينٌ
50 Аят
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а ду. فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
51 Аят
Тхан аяташна дуьхьал, уьш дохо г1ерташ къахьегнарш – уьш жоьжахатин дай бу. وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
52 Аят
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен шайтIано кхоьссинарг. ТIаьхьа Дала хьукам дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ مِن رَّسُولٍ وَلَا نَبِيٍّ إِلَّا إِذَا تَمَنَّى أَلْقَى الشَّيْطَانُ فِي أُمْنِيَّتِهِ فَيَنسَخُ اللَّهُ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ ثُمَّ يُحْكِمُ اللَّهُ آيَاتِهِ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
53 Аят
/И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана хилархьама шайн дегнашкахь цамгар йолчарна‚ шайн дегнаш къиза долчарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу мостагIаллина чохь ма бу. لِيَجْعَلَ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ فِتْنَةً لِّلَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ وَالْقَاسِيَةِ قُلُوبُهُمْ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ
54 Аят
Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукIар хуьлийла Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг ийман диллинарш нийсачу новкъа. وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّكَ فَيُؤْمِنُوا بِهِ فَتُخْبِتَ لَهُ قُلُوبُهُمْ وَإِنَّ اللَّهَ لَهَادِ الَّذِينَ آمَنُوا إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
55 Аят
ДIатилар бац цатешнарш цунах шеконехь латтарх‚ шайна тIе цIеххьана сахьт 54 кхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнан 55 Iазап кхаччалц. وَلَا يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي مِرْيَةٍ مِّنْهُ حَتَّى تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً أَوْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَقِيمٍ
56 Аят
Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукам дийр ду царна юккъехь. Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – ниIматан бошмашкахь хир бу. الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ لِّلَّهِ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
57 Аят
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш. وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأُوْلَئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُّهِينٌ
58 Аят
Делан новкъахь дIакхелхинарш 56 ‚ тIаккха байинарш я белларш – даланза дуьтур ма дац царна Дала хаза рицкъ. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъ лучарах уггар диканиг. وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ قُتِلُوا أَوْ مَاتُوا لَيَرْزُقَنَّهُمُ اللَّهُ رِزْقًا حَسَنًا وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
59 Аят
Цо чубухкур ма бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина (ялсамани чу). Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре 57 верг а /царна Iазап ца деш/. لَيُدْخِلَنَّهُم مُّدْخَلًا يَرْضَوْنَهُ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَلِيمٌ حَلِيمٌ
60 Аят
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъма нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данза дуьтур ма дац цунна Дала г1о. Баккъалла а, Дела къинтIераволург а ву‚ гечдийриг а ву. ذَلِكَ وَمَنْ عَاقَبَ بِمِثْلِ مَا عُوقِبَ بِهِ ثُمَّ بُغِيَ عَلَيْهِ لَيَنصُرَنَّهُ اللَّهُ إِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ
61 Аят
И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де - буьйсанна чудалош 58 ‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а. ذَلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
62 Аят
И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а. ذَلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِن دُونِهِ هُوَ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ
63 Аят
Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву /Шен лешна рицкъ даларехь/ дика кхеташ верг а‚ /церан дегнашкахь долу х1уманах сиха догдиллар/ дика девзаш верг а. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَتُصْبِحُ الْأَرْضُ مُخْضَرَّةً إِنَّ اللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌ
64 Аят
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
65 Аят
Хьуна ца хиъна Дала шуна болх бойтуш хилар лаьттахь мел долчуьнга а‚ кемане а – лела и хIорда чухула Цуьнан омраца. Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахана диканиг лууш верг а (и йоллу х1ума шуна муьт1ахь ярца)‚ къинхетаме верг а ву. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ سَخَّرَ لَكُم مَّا فِي الْأَرْضِ وَالْفُلْكَ تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ وَيُمْسِكُ السَّمَاء أَن تَقَعَ عَلَى الْأَرْضِ إِلَّا بِإِذْنِهِ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
66 Аят
И ву шуна дахар делларг‚ тIаккха долуьйту Цо шу‚ тIаккха /юха/ дендийр ду. Баккъалла а, адам 59 – ч1ог1а керста ду-кх 60 . وَهُوَ الَّذِي أَحْيَاكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ إِنَّ الْإِنسَانَ لَكَفُورٌ
67 Аят
ХIор умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш 61 . Хьоьца ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-Кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву. لِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنسَكًا هُمْ نَاسِكُوهُ فَلَا يُنَازِعُنَّكَ فِي الْأَمْرِ وَادْعُ إِلَى رَبِّكَ إِنَّكَ لَعَلَى هُدًى مُّسْتَقِيمٍ
68 Аят
Цара хьоьца къийсахь‚ ахь āла: "Далла дика хаьа аш деш дерг". وَإِن جَادَلُوكَ فَقُلِ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ
69 Аят
Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь. يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
70 Аят
Хьуна ца хаьа Дела хууш вуйла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайни чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاء وَالْأَرْضِ إِنَّ ذَلِكَ فِي كِتَابٍ إِنَّ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
71 Аят
Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча. وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَمَا لَيْسَ لَهُم بِهِ عِلْمٌ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِن نَّصِيرٍ
72 Аят
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачеран яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахь āла: "Ас дуьйций шуна цул вочух? – ЦIе ю, Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон тIекхачар ду-кх!" وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ تَعْرِفُ فِي وُجُوهِ الَّذِينَ كَفَرُوا الْمُنكَرَ يَكَادُونَ يَسْطُونَ بِالَّذِينَ يَتْلُونَ عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا قُلْ أَفَأُنَبِّئُكُم بِشَرٍّ مِّن ذَلِكُمُ النَّارُ وَعَدَهَا اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
73 Аят
ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а 62 ‚ шегара лоьхург а 63 . يَا أَيُّهَا النَّاسُ ضُرِبَ مَثَلٌ فَاسْتَمِعُوا لَهُ إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ لَن يَخْلُقُوا ذُبَابًا وَلَوِ اجْتَمَعُوا لَهُ وَإِن يَسْلُبْهُمُ الذُّبَابُ شَيْئًا لَّا يَسْتَنقِذُوهُ مِنْهُ ضَعُفَ الطَّالِبُ وَالْمَطْلُوبُ
74 Аят
Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву. مَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ
75 Аят
Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву. اللَّهُ يَصْطَفِي مِنَ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا وَمِنَ النَّاسِ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
76 Аят
Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а. Деле д1адоьрзу гIуллакхаш. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ
77 Аят
ХIай ийман диллинарш! РукуIе гIо‚ суждане гIо‚ Iибадат де шайн Кхиош-Кхобучунна‚ диканиг де - шу даккхийден там бу. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ارْكَعُوا وَاسْجُدُوا وَاعْبُدُوا رَبَّكُمْ وَافْعَلُوا الْخَيْرَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
78 Аят
Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанаш хьалха а‚ хIокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали 64 – дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву. وَجَاهِدُوا فِي اللَّهِ حَقَّ جِهَادِهِ هُوَ اجْتَبَاكُمْ وَمَا جَعَلَ عَلَيْكُمْ فِي الدِّينِ مِنْ حَرَجٍ مِّلَّةَ أَبِيكُمْ إِبْرَاهِيمَ هُوَ سَمَّاكُمُ الْمُسْلِمينَ مِن قَبْلُ وَفِي هَذَا لِيَكُونَ الرَّسُولُ شَهِيدًا عَلَيْكُمْ وَتَكُونُوا شُهَدَاء عَلَى النَّاسِ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَاعْتَصِمُوا بِاللَّهِ هُوَ مَوْلَاكُمْ فَنِعْمَ الْمَوْلَى وَنِعْمَ النَّصِيرُ
1 Сахьт дегар – кхузахь: къематде (мохк бегар – къематдийнахь).
2 Кийрахь мохь берг – кхузахь: берах йолу зуда. Къематдийнахь кхераелла бер хеназа дийр ду цо.
3 Мохь – муьхь, кийрахь долу бер.
4 Аьрхадаьлла шайт1а - Далла дуьхьалла даьлла, Цуьнан омрана муьт1ахь ца хилла шайт1а.
5 Адам- Дала кхоьллина и поппарах.Кхузахь Дала дуьйцуш ду адам кхолладалар. Иштта, цхьа эзар а, ах а шо хьалла доссийначу Къуръано дуьйцу х1инца эмбриологи 1илмано гучудаьккхинарг.
6 Ораллах.
7 ЦIийнан улх – дакъаделла цIий. Ненан кийрахь бер кхолладалар ду кхузахь Дала дуьйцург.
8 Беран цIа – ненан кийра; матка.
9 Шу даккхий а, нуьцкъала а хилийтархьама.
10 Цхьа а хIума шена тIе ца йолуш.
11 Яраш йовлуш, этIа.
12 Къематде.
13 Шегахь ийман доцуш, шена цхьа пайда, хIонс хилча ийман чохь соцуш и ца хилчи, ийман дIатосуш; мунепикъ.
14 Делан элчанан мостагIий цунна хуьлучу кхиамашна оьгIазбовлахь – шайн тхов тIе муш бихкина ирхолллойла уьш – лойла уьш, Дала Шен элчанна гIо дийр ду
15 Маликашна‚ я седарчашна Iибадат деш берш.
16 Христианаш.
17 Муъма наха цхьана агIор‚ важа пхеа керстанийн тобано - кхечу агIор.
18 ХIораммо шен дин нийса ду‚ бохуш.
19 Царна цIеран духар тIедухур ду.
20 Ислам дине.
21 Маккахь долу коьрта маьждиг. Кхин цунах лаьцнарг хьалха деана. И аят доьссина Абу-Суфьянехь а, цуьнан накъосташкахь а, цара Хьудайбиятехь барт бечу шарахь (х1ижран 6-г1а шо) пайхамар шен накъосташца (цхьа эзар ах гергга стаг) 1умрат ца доьхкуьйтуш юхаберзича.
22 ХьаьжцIа.
23 РукIе вахар – горх1оттар Далла муьтIахь хиларца.
24 Сужуд – юьхь лаьттах кхетийтар Далла муьтIахь хиларца.
25 Хьаьжалла – хьаьждехкар. Хьаьждехкар бусалба динан пхеа б1ог1амех цхьаъ бу. Шен дахарехь цкъа хьаьжц1а вахар парз ду х1ор бусалба стеган а, зудчун а, нагахь санна церан таро а елахь, могашалла а елахь, некъ маьрша а белахь. Хьаьждехкарна лерина йолу хан ю: шаввал, зулькъа1да беттанаш, зульхьижжа беттан хьалхара итт де а. Хъаьждехкаран кхо кеп ю: 1) Ифрад; 2) Таматту1; 3) Къиран. Царах шолг1а а, кхоалг1а а кеп г1урбадийнахь хьаьждихкинчунна т1ехь Минахь г1урбадер т1ехь долуш ю. Хьаьждехкаран коьрта г1уллакхаш: 1) шен меттигехь (микъатехь) нигат а дина ихьрам дехкар (маха баьккхина х1ума д1а а яьккхина божарша шайн дег1ах к1айн ц1ен к1адин ши кийсак дег1ах хьарчор); 2) Макка ма кхеччинехь, Ка1бина ворх1 го баккхар (схьакхачаран т1аваф); 3) Сафа, Марва олучу лаьмний юккъехула ворх1азза д1а-схьа вахар ( д1а - цхьа го, схьа- цхьа го: берриге а – 7); 4) Зульхьижжа беттан 8-чу дийнахь Мине вахар, цигахь буьйса яккхар; 5) Зульхьижжа беттан 9-чу диийнахь (1арафат де) 1уьйр-ламаз динчул т1аьхьа 1арафате д1авахар, делкъал т1аьхьа малх чубуззалц цигахь латтар а; 6) малх чубуьзначул т1аьхьа Муздалифе охьавар, цигахь буьйса яккхар; 7) Зульхьижжан 10-чу дийнахь (Г1урбаде) малх цхьа жимма айбенчул т1аьхьа Джумрат аль-1укъба олучу боккхачу барзина т1е 7 т1улг кхоссар; 8) корта башар я ларгар (Ифрад кепара хаьждихкинчунна - цул т1аьхьа ихьраман духар д1адаккха мега, хьалха ихьрам дихкичахьана хьарам мел хилларг хьанал хуьлу, деккъа цхьа зударшца дерг доцург – ихьрамах кхоччуш доцуш ваставлар); 9) г1урбадер (Таматту1 я Къиран кепара хьаьждихкинчунна – цо т1аккха бошу я лоргу корта, цул т1аьхьа ихьрамах парг1атволу); 10) Ка1бина 7 го баккхар ( Т1аваф аль-ифада) (оцул т1аьхьа массо а х1ума хьанал хуьлу цунна – ихьрамах кхоччуш ваставалар); 11) Минахь шиъ я кхоъ (цигара шолг1ачу дийнахь малх чубузале д1а ца ваханчунна) буьйса яккхар, х1ор дийнахь малх жимма хьалабаьллачул т1аьхьа 3 барзина т1е ворх1-ворх1 т1улг а кхуссуш. Маккара араволуш т1аьххьара г1уллакх хила деза ка1бина ворх1 го баккхар (1одикаяран т1аваф). Ихьрам дихкинчунна хьарам долу х1уманаш: духар хьесапехь маха баьккхина х1ума т1еюхар (божаршна); коьрта х1ума тиллар (божаршна), бен яц и х1ума маха баьккхина я баккханза елахь – четар (зонтик) я кхин х1ума коьрта т1ехула лаца мегар ду; муьлхха а кепара дег1ах чо баккхар – баьшна, лергина я озийна; ма1арш тедар я озийна яккхар, цхьа зен деш ерг йоцург; хаза хьожа йог1у х1ума дег1ах, я бедарх, я охьахуучу меттиге я д1авуьжучу меттиге хьакхар я лийчаш, ц1анлуш цунах пайдаэцар; шен жижиг даа мега дийнат я олхазар талла я ден, еккъа х1оьрда чохь я хичахь 1еш ерг йоцург; зуда ялоран мах бан, шена я кхечунна; зудчуьнца гергара юкъаметтаг хилар; зудчуьнца, гергара юкъаметтиг яцахь а, муьлхха шах1ват (шовкъ) хилар. Иштта хьаьждихкинчунна ца мега къийса, дов дан, харц лен, харц дуйнаш баа, кхин харц х1уманаш леладан.
26 Эзаниг – эмкал‚ я вир‚ я говр – некъан бохаллехь азъелла.
27 Динан а, дуьненан а пайда лаха. Оцу аято вайна гойту хьаьждоьхкуш волчунна хьаналчу йохка-эцарца дуьненан пайда лаха мегаш хилар, коьрта 1алашо 1ибадат дар а долуш.
28 Балахоьгург – пекъар стаг, шен пекъаралла нахана гучуйолуш, бедарций я кхечу хIуманца.
29 Пекъар – кхузахь: шен пекъаралла гучу ца йоккхуш верг.
30 Нузар – ша саг1а доккхур ду аьлла Делаца ва1да яр.
31 КаIбина.
32 Шуна Къуръан чохь‚ я суннатехь хьарам ца динарш.
33 Тешаллах – кхузахь: харц тешалла ма де.
34 Далла тIевирзинарг – Iарбашха: حنيف "хьаниф" – баккъалла а, Делах тешаш верг, Дела цхьаъвеш верг.
35 Цунах ду хьаьжаллин г1уллакхаш а, г1урбанна бежана урс хьакхар а…
36 И гIуллакх лелор Делах кхерарх ду.
37 И бежана Макка кхаччалц пайда оьцуш лелор ду‚ тIаккха Маккан 8-10 километр генахь йолчу Минахь урс хьокхур ду.
38 Царна ялсамани хиларца.
39 Доьлхуш.
40 Кхузахь Дала эмкал хьахийна иза 1аьрбий гергахь уггар деза а, сийлахь а бежана хилла дела. Цуьнца даьккхина саг1а мела хиларехь уггар дезаниг лоруш ду. Эмкалал совнаха г1урбанна мега етт а, уьстаг1 а.
41 Царна шаьш урс хьекхна девлича.
42 Мискачунна а.
43 Миска воцчунна а.
44 Дала магийна шайца т1ом болийначу керстанашна дуьхьал т1ом бан.
45 Оха шайна гIо дийр дерш. Х1окху аяташкахь Дала билгалбоху Ша шайна г1о дийр долу муъма нах. Муьлш бу уьш? Уьш бу Далла г1о деш берш, аьлча а, Далла дукхадезачу г1уллакхашкахь жигара дāкъа лоцуш берш, Дала шаьш лаьттахь бакъо елла ч1аг1бича, ламазаш деш берш, закат луш берш, нахана диканиг де, вониг ма де олуш хьехам беш берш. Ишттачарна г1о дийр ду ша аьлла дуй биъна Дала.
46 Элчанаш а‚ пайхамарш а.
47 Iадийн‚ Самудийн къаьмнаш - ХIуд пайхамаран а‚ Салихь пайхамаран а къаьмнаш‚ Дала Шена дуьхьал хиларна хIаллакбина хилла болу.
48 ШуIайб пайхамаран къам.
49 Iазап ца деш.
50 Ас тIаьхьа Iазап дира царна.
51 Царна ца го и хIуманаш?
52 Iазап доссаде шайна‚ бохуш.
53 Массо а хIума Суна тIекхочур долуш ду, т1аккха Ас нийса бекхам бийр бу.
54 Сахьт – кхузахь а, кхечахь а: къематде.
55 Iахар де – шена тIаьхьа кхин де доцу де‚ къематде.
56 Цхьана меттехь Далла Iибадат дан таро ца хилча‚ и таро йолчу дIабаханарш.
57 Иштта гочдеш ду 1аьрбийн дош حليم Оцунах лаьцнарг т1аьхьа дог1ур ду, Дала мукъалахь.
58 Буьйса яцъеш‚ де - дахдеш‚ де дацдеш‚ буьйса - яхъеш.
59 Адам – кхузахь: Делах цатешашверг я Цуьнан ни1маташна инкарло еш верг.
60 Делан ниIматашна‚ И цхьаъ цаварца. Х1оккхул ни1маташ шена делча, Далла шукур ца деш.
61 Сабунис Делан аят иштта даьстина: Пайхамарех х1ор пайхамарна, д1адаханчу умматех х1ор умматана Оха х1оттина цара шеца 1амал еш шар1 а, 1ибадат дан меттиг а, гайтина нийса некъ а. Ибн-1аббаса аьлла Мансак Шари1ат а, иийса некъ а бохург ду.
62 Ша Дела воцчунна Iибадат деш верг.
63 Кхечара шена Iибадат деш верг.
64 Вали – кхузахь: шу Iалашдийриг, шун гIуллакхаш дийриг, доладийриг.