23. Сурат АЛЬ-МУЪМИНУН

Муъма нах
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 118 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Баккхийбийра 1 муъма нах. قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ
2 Аят
Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтIахь берш. الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ
3 Аят
Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш. وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ
4 Аят
Уьш бу закат доккхуш берш. وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ
5 Аят
Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ
6 Аят
Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша 2 доладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац. إِلَّا عَلَى أَزْوَاجِهِمْ أوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ
7 Аят
Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу. فَمَنِ ابْتَغَى وَرَاء ذَلِكَ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْعَادُونَ
8 Аят
Уьш бу 3 шайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш. وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ
9 Аят
Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш 4 . وَالَّذِينَ هُمْ عَلَى صَلَوَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ
10 Аят
Уьш бу верасаш 5 . أُوْلَئِكَ هُمُ الْوَارِثُونَ
11 Аят
Шайна ирсана Фирдавс 6 кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш. الَّذِينَ يَرِثُونَ الْفِرْدَوْسَ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
12 Аят
Оха кхоьллина адам (дуьххьара стаг Āдам) цIенчу поппарх (топпарх). وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنسَانَ مِن سُلَالَةٍ مِّن طِينٍ
13 Аят
ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадам 7 чIогIачу меттигехь 8 . ثُمَّ جَعَلْنَاهُ نُطْفَةً فِي قَرَارٍ مَّكِينٍ
14 Аят
ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг. ثُمَّ خَلَقْنَا النُّطْفَةَ عَلَقَةً فَخَلَقْنَا الْعَلَقَةَ مُضْغَةً فَخَلَقْنَا الْمُضْغَةَ عِظَامًا فَكَسَوْنَا الْعِظَامَ لَحْمًا ثُمَّ أَنشَأْنَاهُ خَلْقًا آخَرَ فَتَبَارَكَ اللَّهُ أَحْسَنُ الْخَالِقِينَ
15 Аят
ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду. ثُمَّ إِنَّكُمْ بَعْدَ ذَلِكَ لَمَيِّتُونَ
16 Аят
ТIаккха‚ баккъалла а, шу къематдийнахь дендийр ду. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ تُبْعَثُونَ
17 Аят
Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI г1атт 9 /стигал/ – Тхо ца хилира /массо а Тхаш кхоьллинчу/ халкъах гIопал (тидам боцуш). وَلَقَدْ خَلَقْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعَ طَرَائِقَ وَمَا كُنَّا عَنِ الْخَلْقِ غَافِلِينَ
18 Аят
Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду. وَأَنزَلْنَا مِنَ السَّمَاء مَاء بِقَدَرٍ فَأَسْكَنَّاهُ فِي الْأَرْضِ وَإِنَّا عَلَى ذَهَابٍ بِهِ لَقَادِرُونَ
19 Аят
Оха кхиийра шуна цуьнца (догIица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь 10 дуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу. فَأَنشَأْنَا لَكُم بِهِ جَنَّاتٍ مِّن نَّخِيلٍ وَأَعْنَابٍ لَّكُمْ فِيهَا فَوَاكِهُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
20 Аят
Сайнаъ 11 ламанах схьадолуш долу зайт-дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу зайтдаьтта а‚ чамбийриг а юучарна. وَشَجَرَةً تَخْرُجُ مِن طُورِ سَيْنَاء تَنبُتُ بِالدُّهْنِ وَصِبْغٍ لِّلْآكِلِينَ
21 Аят
Баккъалла а, шуна бежнашкахь /кхин са долчу хIумнашкахь а/ масал 12 ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух 13 ‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царах аш доу. وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً نُّسقِيكُم مِّمَّا فِي بُطُونِهَا وَلَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
22 Аят
Царна (бежнашна) тIехь а‚ кеманна тIехь а шу д1асалеладо. وَعَلَيْهَا وَعَلَى الْفُلْكِ تُحْمَلُونَ
23 Аят
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Аш Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?" وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَى قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ أَفَلَا تَتَّقُونَ
24 Аят
Цуьнан къомах ца тешаш хиллачеран элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара, Цо маликаш дохкуьйтур дара 14 . Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а. فَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِن قَوْمِهِ مَا هَذَا إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ يُرِيدُ أَن يَتَفَضَّلَ عَلَيْكُمْ وَلَوْ شَاء اللَّهُ لَأَنزَلَ مَلَائِكَةً مَّا سَمِعْنَا بِهَذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ
25 Аят
Иза (Нухь) жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц". إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ بِهِ جِنَّةٌ فَتَرَبَّصُوا بِهِ حَتَّى حِينٍ
26 Аят
Цо (Нухьас, Деле доьхуш) элира: "Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна". قَالَ رَبِّ انصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ
27 Аят
Оха хаам бира цуьнга ваьхьица: "Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь 15 , Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича 16 ‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а 17 ‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш 18 . Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу". فَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ أَنِ اصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا فَإِذَا جَاء أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ فَاسْلُكْ فِيهَا مِن كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَن سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ مِنْهُمْ وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا إِنَّهُم مُّغْرَقُونَ
28 Аят
Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ ахь алалахь: "Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах". فَإِذَا اسْتَوَيْتَ أَنتَ وَمَن مَّعَكَ عَلَى الْفُلْكِ فَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي نَجَّانَا مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
29 Аят
Ахь āлалахь: "Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх." وَقُل رَّبِّ أَنزِلْنِي مُنزَلًا مُّبَارَكًا وَأَنتَ خَيْرُ الْمُنزِلِينَ
30 Аят
Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш дерш. إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ وَإِن كُنَّا لَمُبْتَلِينَ
31 Аят
ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье. ثُمَّ أَنشَأْنَا مِن بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ
32 Аят
Оха вахийтира цаьрга царах элча‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру? فَأَرْسَلْنَا فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ أَفَلَا تَتَّقُونَ
33 Аят
Цуьнан къоман ца тешаш хиллачу‚ эхартаца цхьаьнакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аш юучух юу цо‚ аш молучух молу цо. وَقَالَ الْمَلَأُ مِن قَوْمِهِ الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِلِقَاء الْآخِرَةِ وَأَتْرَفْنَاهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا مَا هَذَا إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ يَأْكُلُ مِمَّا تَأْكُلُونَ مِنْهُ وَيَشْرَبُ مِمَّا تَشْرَبُونَ
34 Аят
Шу муьт1ахь хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу. وَلَئِنْ أَطَعْتُم بَشَرًا مِثْلَكُمْ إِنَّكُمْ إِذًا لَّخَاسِرُونَ
35 Аят
Цо ваIда до шуна‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду 19 ‚ аьлла? أَيَعِدُكُمْ أَنَّكُمْ إِذَا مِتُّمْ وَكُنتُمْ تُرَابًا وَعِظَامًا أَنَّكُم مُّخْرَجُونَ
36 Аят
Ма гена ду-кх‚ ма гена ду-кх шуна деш долу ваIда! هَيْهَاتَ هَيْهَاتَ لِمَا تُوعَدُونَ
37 Аят
ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай – вай юха дендийр дац. إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ
38 Аят
И ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац". إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ افْتَرَى عَلَى اللَّهِ كَذِبًا وَمَا نَحْنُ لَهُ بِمُؤْمِنِينَ
39 Аят
Цо (элчано) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна гIо делахь цара со харцварна". قَالَ رَبِّ انصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ
40 Аят
Цо (Дала) элира: "Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна". قَالَ عَمَّا قَلِيلٍ لَيُصْبِحُنَّ نَادِمِينَ
41 Аят
Уьш схьалецира цIогIа тохаро‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царах. Делла дала зуламе къам! فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ بِالْحَقِّ فَجَعَلْنَاهُمْ غُثَاء فَبُعْدًا لِّلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
42 Аят
ТIаккха‚ царал тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш. ثُمَّ أَنشَأْنَا مِن بَعْدِهِمْ قُرُونًا آخَرِينَ
43 Аят
Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьабуьсур а бац уьш. مَا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ
44 Аят
ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча – цара и харцвора‚ Оха царах цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира 20 . Оха царах хилийтира дийцарш. Делла дāла ца тешаш долу къам! ثُمَّ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا تَتْرَا كُلَّ مَا جَاء أُمَّةً رَّسُولُهَا كَذَّبُوهُ فَأَتْبَعْنَا بَعْضَهُم بَعْضًا وَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ فَبُعْدًا لِّقَوْمٍ لَّا يُؤْمِنُونَ
45 Аят
ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а ثُمَّ أَرْسَلْنَا مُوسَى وَأَخَاهُ هَارُونَ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
46 Аят
ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе – уьш курабевлира‚ царах хилира лакхадала гIерта къам. إِلَى فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا عَالِينَ
47 Аят
Цара элира: "Тхо тешар ду ткъа тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакх деш а болуш?" 21 فَقَالُوا أَنُؤْمِنُ لِبَشَرَيْنِ مِثْلِنَا وَقَوْمُهُمَا لَنَا عَابِدُونَ
48 Аят
Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хIаллакхиллачарах хилира. فَكَذَّبُوهُمَا فَكَانُوا مِنَ الْمُهْلَكِينَ
49 Аят
Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
50 Аят
Оха хилийтира Марьяман кIантах а‚ цуьнан ненах а делил 22 . Оха /цхьана ханна баха/ охьаховшийра и шиъ 23 лекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу. وَجَعَلْنَا ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ آيَةً وَآوَيْنَاهُمَا إِلَى رَبْوَةٍ ذَاتِ قَرَارٍ وَمَعِينٍ
51 Аят
ХIай элчанаш! Даа цIенчух‚ Iамал е диканиг! Баккъалла а, Со аш деш дерг хууш ву шуна. يَا أَيُّهَا الرُّسُلُ كُلُوا مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَاعْمَلُوا صَالِحًا إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
52 Аят
Баккъалла а, хIара шун уммат 24 цхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-Кхобург ву‚ Сох кхералаш.

وَإِنَّ هَذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاتَّقُونِ
53 Аят
Цара хадийра шайн гIуллакх вовший юккъехь тобанашца. Массо а тоба шегахь долчуьнца яккхийеш ю 25 .

فَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُم بَيْنَهُمْ زُبُرًا كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ
54 Аят
Бита уьш шайн кегари чохь /уьш лийр болу/ хан тIеккхаччалц 26 .

فَذَرْهُمْ فِي غَمْرَتِهِمْ حَتَّى حِينٍ
55 Аят
Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар 27

أَيَحْسَبُونَ أَنَّمَا نُمِدُّهُم بِهِ مِن مَّالٍ وَبَنِينَ
56 Аят
Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а, ца хаало-кх царна 28 .

نُسَارِعُ لَهُمْ فِي الْخَيْرَاتِ بَل لَّا يَشْعُرُونَ
57 Аят
Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш эгна берш‚

إِنَّ الَّذِينَ هُم مِّنْ خَشْيَةِ رَبِّهِم مُّشْفِقُونَ
58 Аят
Шаьш шайн Кхиош-Кхобучун аятех тешаш берш‚

وَالَّذِينَ هُم بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ
59 Аят
Шаьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚

وَالَّذِينَ هُم بِرَبِّهِمْ لَا يُشْرِكُونَ
60 Аят
Шаьш шайн Кхиош-Кхобучунна тIе д1адоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагIа/ луш берш -

وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوا وَّقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَى رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ
61 Аят
Уьш бу диканашна тIе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе т1екхуьур бу!

أُوْلَئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ
62 Аят
Оха тIе ца дуьллу синна цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац.

وَلَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا وَلَدَيْنَا كِتَابٌ يَنطِقُ بِالْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
63 Аят
Церан (керстанийн) дегнаш оцунах (бакъдолчух) дIатилар чохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю, шаьш еш йолу.

بَلْ قُلُوبُهُمْ فِي غَمْرَةٍ مِّنْ هَذَا وَلَهُمْ أَعْمَالٌ مِن دُونِ ذَلِكَ هُمْ لَهَا عَامِلُونَ
64 Аят
Царах ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча 29 ‚ уьш мохь хьоькхуш бисира.

حَتَّى إِذَا أَخَذْنَا مُتْرَفِيهِم بِالْعَذَابِ إِذَا هُمْ يَجْأَرُونَ
65 Аят
/Цаьрга элира/: "Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гIо хир дац!"

لَا تَجْأَرُوا الْيَوْمَ إِنَّكُم مِّنَّا لَا تُنصَرُونَ
66 Аят
Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш – хилла шу царах юхадовлуш.

قَدْ كَانَتْ آيَاتِي تُتْلَى عَلَيْكُمْ فَكُنتُمْ عَلَى أَعْقَابِكُمْ تَنكِصُونَ
67 Аят
Курадевлла цуьнца (КаIбица) 30 ‚ буьйсанна /Къуръанах/ луьйш. مُسْتَكْبِرِينَ بِهِ سَامِرًا تَهْجُرُونَ
68 Аят
Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деана церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг? أَفَلَمْ يَدَّبَّرُوا الْقَوْلَ أَمْ جَاءهُم مَّا لَمْ يَأْتِ آبَاءهُمُ الْأَوَّلِينَ
69 Аят
Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш? أَمْ لَمْ يَعْرِفُوا رَسُولَهُمْ فَهُمْ لَهُ مُنكِرُونَ
70 Аят
Я цара олу: "Цуьнца жинаш ду?" И веана цаьрга бакъдолчуьнца‚ царах дукхахберш бакъдерг ца дезаш бу. أَمْ يَقُولُونَ بِهِ جِنَّةٌ بَلْ جَاءهُم بِالْحَقِّ وَأَكْثَرُهُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ
71 Аят
Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакхир дара. Оха цаьрга белира /шена чохь/ шайна сий а, дозалла а долуш хьехам (Къуръан). Уьш шайна /бечу/ хьехамах д1абоьрзура. وَلَوِ اتَّبَعَ الْحَقُّ أَهْوَاءهُمْ لَفَسَدَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ وَمَن فِيهِنَّ بَلْ أَتَيْنَاهُم بِذِكْرِهِمْ فَهُمْ عَن ذِكْرِهِم مُّعْرِضُونَ
72 Аят
Я ахь цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-Кхобучун харж тоьлуш ю. Иза рицкъ лучарах уггар диканиг ву. أَمْ تَسْأَلُهُمْ خَرْجًا فَخَرَاجُ رَبِّكَ خَيْرٌ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
73 Аят
Баккъалла а, ахь уьш кхойкху нийсачу новкъа. وَإِنَّكَ لَتَدْعُوهُمْ إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
74 Аят
Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ некъах дIатуьлуш ма бу. وَإِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ عَنِ الصِّرَاطِ لَنَاكِبُونَ
75 Аят
Оха къинхетам бинехьара царах‚ айдинехьара царах долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тиларна. وَلَوْ رَحِمْنَاهُمْ وَكَشَفْنَا مَا بِهِم مِّن ضُرٍّ لَّلَجُّوا فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
76 Аят
Оха Iазапаца схьалийцира уьш‚ амма уьш мукIар ца хилира шайн Кхиош-Кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира. وَلَقَدْ أَخَذْنَاهُم بِالْعَذَابِ فَمَا اسْتَكَانُوا لِرَبِّهِمْ وَمَا يَتَضَرَّعُونَ
77 Аят
Оха шайна тIе чIогIа Iазап долу неI схьаеллалц – уьш цигахь массо а хIуманах дог диллина бисира 31 . حَتَّى إِذَا فَتَحْنَا عَلَيْهِم بَابًا ذَا عَذَابٍ شَدِيدٍ إِذَا هُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ
78 Аят
Иза (Дела) ву кхоьллина шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а – ма кIезиг баркалла олу-кх аш! وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ قَلِيلًا مَّا تَشْكُرُونَ
79 Аят
Иза ву кхиийна шу лаьттахь – Цунна тIе шу д1агулдийр долуш а ду. وَهُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
80 Аят
Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу? وَهُوَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ وَلَهُ اخْتِلَافُ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
81 Аят
ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьллачух тераниг. بَلْ قَالُوا مِثْلَ مَا قَالَ الْأَوَّلُونَ
82 Аят
Цара элира: "Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду? قَالُوا أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَئِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
83 Аят
И ваIда динера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац". لَقَدْ وُعِدْنَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا هَذَا مِن قَبْلُ إِنْ هَذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
84 Аят
Ахь āла: "Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?" قُل لِّمَنِ الْأَرْضُ وَمَن فِيهَا إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
85 Аят
Цара эр ду: "Делан ду". Ахь āла: "Аш ойла ца йо?" سَيَقُولُونَ لِلَّهِ قُلْ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
86 Аят
Ахь āла: "Мила ву ворхI стигалан Кхиош-Кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-Кхобург?" قُلْ مَن رَّبُّ السَّمَاوَاتِ السَّبْعِ وَرَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
87 Аят
Цара эр ду хьуна: "/Уьш/ Делан ю-кх". Ахь āла: "Шу ца кхоьру /Делах/?" سَيَقُولُونَ لِلَّهِ قُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ
88 Аят
Ахь āла: "Мила ву шен карахь массо а хIуманан паччахьалла дерг‚ ша /кхиберш/ ларош верг‚ шена дуьхьал /кхечара/ ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?" قُلْ مَن بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ يُجِيرُ وَلَا يُجَارُ عَلَيْهِ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
89 Аят
Цара эр ду: "Дела ву-кх". Ахь āла: "Ма бозбуунчалла деш ду-кх шуна!" سَيَقُولُونَ لِلَّهِ قُلْ فَأَنَّى تُسْحَرُونَ
90 Аят
ХIаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу. بَلْ أَتَيْنَاهُم بِالْحَقِّ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
91 Аят
Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царах цхьаберш (деланаш) 32 вукхарал лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух 33 . مَا اتَّخَذَ اللَّهُ مِن وَلَدٍ وَمَا كَانَ مَعَهُ مِنْ إِلَهٍ إِذًا لَّذَهَبَ كُلُّ إِلَهٍ بِمَا خَلَقَ وَلَعَلَا بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ
92 Аят
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух. عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَتَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
93 Аят
Ахь āла: "Со Кхиош-Кхобург‚ нагахь Ахь суна гайтаза ца дитахь царна хир ду аьлларг (Iазап), قُل رَّبِّ إِمَّا تُرِيَنِّي مَا يُوعَدُونَ
94 Аят
Со Кхиош-Кхобург‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь" 34 . رَبِّ فَلَا تَجْعَلْنِي فِي الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
95 Аят
Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚ وَإِنَّا عَلَى أَن نُّرِيَكَ مَا نَعِدُهُمْ لَقَادِرُونَ
96 Аят
Ахь духатохалахь вониг ша дикох долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург. ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ السَّيِّئَةَ نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَصِفُونَ
97 Аят
Ахь алалахь: "Со Кхиош-Кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн т1ех1усдечу /вочу/ х1уманех 35 . وَقُل رَّبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ
98 Аят
Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-Кхобург‚ уьш (шайтIанаш) суна гергадахкарх". وَأَعُوذُ بِكَ رَبِّ أَن يَحْضُرُونِ
99 Аят
Царах 36 цхьанна тIе валар деъча‚ эр ду: "Сан Кхиош-Кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/: حَتَّى إِذَا جَاء أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ رَبِّ ارْجِعُونِ
100 Аят
Дика Iамал ян мегара ас‚ айса ца еш йитинарг". ХIан-хIа! И дош ду цо (шайтIано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц. لَعَلِّي أَعْمَلُ صَالِحًا فِيمَا تَرَكْتُ كَلَّا إِنَّهَا كَلِمَةٌ هُوَ قَائِلُهَا وَمِن وَرَائِهِم بَرْزَخٌ إِلَى يَوْمِ يُبْعَثُونَ
101 Аят
Сур (Исрафил-малико зурма) лекхча, – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара. فَإِذَا نُفِخَ فِي الصُّورِ فَلَا أَنسَابَ بَيْنَهُمْ يَوْمَئِذٍ وَلَا يَتَسَاءلُونَ
102 Аят
Шайн мизан-терза дазделларш 37 – уьш хир бу баккхийбуьйраш. فَمَن ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
103 Аят
Шен миза-терза дайделларш 38 – уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу уьш. وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنفُسَهُمْ فِي جَهَنَّمَ خَالِدُونَ
104 Аят
Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу (жоьжахати) чохь кхоьлина (юьхь хабийна) хир бу уьш. تَلْفَحُ وُجُوهَهُمُ النَّارُ وَهُمْ فِيهَا كَالِحُونَ
105 Аят
Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш! أَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَى عَلَيْكُمْ فَكُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ
106 Аят
Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан декъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла къам. قَالُوا رَبَّنَا غَلَبَتْ عَلَيْنَا شِقْوَتُنَا وَكُنَّا قَوْمًا ضَالِّينَ
107 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург‚ арадāхахь тхо цу (жоьжахати) чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ – тIаккха тхо хир хьуна зуламхой". رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْهَا فَإِنْ عُدْنَا فَإِنَّا ظَالِمُونَ
108 Аят
Цо (Дала) элира: "ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!" قَالَ اخْسَؤُوا فِيهَا وَلَا تُكَلِّمُونِ
109 Аят
Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ ийман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг". إِنَّهُ كَانَ فَرِيقٌ مِّنْ عِبَادِي يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا وَأَنتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ
110 Аят
Аш царах 39 белар дира оцо шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царах доьлуш. فَاتَّخَذْتُمُوهُمْ سِخْرِيًّا حَتَّى أَنسَوْكُمْ ذِكْرِي وَكُنتُم مِّنْهُمْ تَضْحَكُونَ
111 Аят
Баккъалла а, Ас ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш. إِنِّي جَزَيْتُهُمُ الْيَوْمَ بِمَا صَبَرُوا أَنَّهُمْ هُمُ الْفَائِزُونَ
112 Аят
Цо (Дала) элира: "Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?" قَالَ كَمْ لَبِثْتُمْ فِي الْأَرْضِ عَدَدَ سِنِينَ
113 Аят
Цара элира: "Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга". قَالُوا لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ فَاسْأَلْ الْعَادِّينَ
114 Аят
Цо элира: "Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш". قَالَ إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا لَّوْ أَنَّكُمْ كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
115 Аят
Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе д1адерзор а дац? أَفَحَسِبْتُمْ أَنَّمَا خَلَقْنَاكُمْ عَبَثًا وَأَنَّكُمْ إِلَيْنَا لَا تُرْجَعُونَ
116 Аят
Лакхавели Дела – бакъволу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Iаршан Да /ву Иза/. فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْكَرِيمِ
117 Аят
Милла велахь Делаца цхьана кхечу деле кхойкхуш‚ шена цуьнца цхьа а тешалла а доцуш – цуьнан хьесап шен Кхиош-Кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш. وَمَن يَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَهًا آخَرَ لَا بُرْهَانَ لَهُ بِهِ فَإِنَّمَا حِسَابُهُ عِندَ رَبِّهِ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ
118 Аят
Ахь āла: "Со Кхиош-Кхобург‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг". وَقُل رَّبِّ اغْفِرْ وَارْحَمْ وَأَنتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ
1 Баккхийбийди, ирсе бу муъма нах. Кхузахь яханчу заманахь боху Дала и хирг хилар Шена дика хаьа дела.
2 Аьтту куьйгаша доладина зударий – цхьа кхечу тафсирашкахь цуьнан маь1на Дуйша доладина зударий,аьлла дина. 1аьрбийн дешан يمين Йамин (дукхаллин терахь- أيمان Айман) маь1нех ду: дуй, аьтту(бакъхьара) куьг, аьтту (бакъхьара) аг1о. Хьалха заманчохь стеган долахь хилла болу зударий-леш, я т1амехь йийсаре лаьцна я баьхкина зударий. Уьш азатбаьхна (лоллах парг1атбаьхна), бало мегаш хилла.
3 И зовкх хьоьгур берш‚ ирсе берш.
4 Хенал тIех ца долуьйтуш.
5 Верасаш – (цхьаъ: верас) кхузахь: ирсоьцурш. Иза ду 1аьрбийн дешан وارث варис бохучун нийса долу маь1на. Делахь а, х1инцалерчу нохчийн маттахь и хьаьвзина доладийриг бохучу маь1не, вай хьалха ма дийци.
6 Ялсамани. Хьадисехь ду: "Шаьш Деле доьхуш, Фирдавс ехалаш: иза ю ясаманех уггар юкъарниг а, уггар хьаларниг а, цунах схьадолу ялсаманин хиш".
7 Т1адам – кхузахь а, кхечахь а: оралла; сперма.
8 ЧIогIа меттиг – кхузахь: беран цIа (матка). Кхузахь Дала дуйцу адам кхолладаларан куц, аьлча а эмбриологи 1илмано чулоцург.
9 Иштта гочдар нийса хити суна Делан дош طرائق т1арāикъ (цхьаллин терахь- طريقة т1арūкъа) – цу дешан коьрта маь1на некъ ду. Делахь а, кхузахь Далла луург г1атташ санна, вовшийна т1ехь кхоьллина ворх1 стигал ю. Дика хуург Дела Ша ву.
10 Бошмашкахь.
11 Сайнāъ (Сūнаъ) лам – Дала шена т1ехь Муса пайхамарца къамел дина хилла болу лам - Синай. Иза бу Мисрахь (Египтехь) и ц1е йолчу ахг1айрена т1ехь.
12 Масал – кхузахь: ч1ог1а ойла ян еза х1ума; шегахь шуна хьехам болу х1ума.
13 Шура‚ моз…
14 Элчанаш хилла.
15 Тхан бIаьргий хьалхахь – Тхан тидамца, Оха 1алашдарца. К1орггера оцунах лаьцнарг деана «Т1ах1а» суратан 5-чу аятан т1етовжарехь.
16 Дала Нухьан халкъана тIе Iазап доссоран Iаламат хилийтина хилла пеша тIе диллина хи кхахкар. Кхин цунах лаьцнарг хьалха деана.
17 Боьрша а‚ сте а.
18 Цатешарш‚ жоьжахатина чубаха язбелла болу.
19 Кешний чуьра‚ юха ден а дина.
20 Iазап дарца.
21 Исраилан к1ентий хилла ФирIавнан йийсарехь оцу заманчохь.
22 Марьямах а, цуьнан к1антах 1ийсах а лаьцна хабар хилийтира Оха Тхан инзаре боккха ницкъ хиларна т1е нисвеш 1аламат, доккха му1жизат.
23 Iийса дуьнена ваьлча‚ цуьнан нана Марьям‚ цуьнций цхьаьна‚ дIанисйира оьхуш хи а долчу, стоьмаш а болчу охьаховша аьтто а болчу меттиге - аль-Байт аль- Мукъаддаса гонахь.
24 Мухьаммад-пайхамаран уммат; я массо а пайхамарийн дин цхьаъ ду – Ислам (Дела цхьаъвар, Цунна муьтIахь хилар).
25 Жуьгташа а‚ насараша а шайн дин тобанашка дийкъира. Делан г1уллакхехь халкъаш декъаделира дуккха тобанашка, тайп-тйпана динашка: х1ара мажуси (ц1арна 1ибадат деш верг) ву, х1ара жуьгти, х1ара насари…Массо а шечух тамаша беш, и бен бакъ ца лоруш, кхин дерш харц лоруш ву. Амма Делера дин, Цо омра динарг цхьа дин дара – Дела цхьаъвар, Делера мел деънарг бакъдар, Цунна муьт1ахь хилар ("ислам"). И дерриг чулоцу Ислам дино.
26 Цхьадолчу тафсирашкахь шайна т1е Делан 1азап кхаччалц, аьлла ду.
27 Дуьненахь.
28 Дала буьтуш бу уьш дуьненахь, зовкх хьоьгуш, эхартан 1азап сов даккхархьама.
29 Бадрахь тIамца эшийна. Я и хиндерг ду къематдийнахь. Дала дукха хьолехь къематдийнахь хиндерг яханчу заманехь дуьйцу и хирг хилар Шегахь сацаделла долу дела.
30 Маккахь болчу мушрикаша куралла еш хилла шаьш Делан ц1ийнан (Ка1бин) гонахь 1еш ду, массарел а маьрша ду, шаьш цхьаннах а ца кхоьру, бохуш. Ибн-Касира аьлла уьш курабевла хилла Къуръанах, аьлча а, цунах ца бешаш, и назманаш ю, бозбуанчалла ду бохуш. Ибн-1аббаса хьалхарниг толийна.
31 Къематде деъча, Делан 1азап гур ду керстанашна.
32 Уьш дуккха хилла.
33 Наха Шена т1ехь кхуллучу харц сибатех ц1ена ву Дела.
34 ТIаккха суна хир ду и Iазап.
35 Со Делаца ларло шайт1ано дагчу кхуьссучу вочу х1уманех.
36 ШайтIанех‚ ца тешачу нахах.
37 Дикчу Iамалшца.
38 Дика Iамалш кIеззиг хилла, вонаш дуккха хилла.
39 Шаьш исламе‚ Деле кхойкхучу нахах, Сух1айб, Билал, 1аммар, Салман саннарш. Царах цабашаро, царна 1азап даро, цуьнца шу машг1ул хиларо шуна Сан хьехам бицбалийтира, боху Дала Маккан керстанашка.