24. Сурат АН-НУР

Нур
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 64 аят)


Ша сов къинхетаме а, къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха /шен хьукамаш кхочушдар/ парз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – аш ойла йийр яцара-те! سُورَةٌ أَنزَلْنَاهَا وَفَرَضْنَاهَا وَأَنزَلْنَا فِيهَا آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ لَّعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
2 Аят
Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь 1 ‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIур долчу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъма нахах цхьана тобанна 2 . الزَّانِيَةُ وَالزَّانِي فَاجْلِدُوا كُلَّ وَاحِدٍ مِّنْهُمَا مِئَةَ جَلْدَةٍ وَلَا تَأْخُذْكُم بِهِمَا رَأْفَةٌ فِي دِينِ اللَّهِ إِن كُنتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَلْيَشْهَدْ عَذَابَهُمَا طَائِفَةٌ مِّنَ الْمُؤْمِنِينَ
3 Аят
Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу 3 зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъма нахана. الزَّانِي لَا يَنكِحُ إلَّا زَانِيَةً أَوْ مُشْرِكَةً وَالزَّانِيَةُ لَا يَنكِحُهَا إِلَّا زَانٍ أَوْ مُشْرِكٌ وَحُرِّمَ ذَلِكَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ
4 Аят
Оьздачу зударшна тIе бехк кхуьссуш 4 берш /уьш нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж. Кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъаш 5 бу. وَالَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَأْتُوا بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاء فَاجْلِدُوهُمْ ثَمَانِينَ جَلْدَةً وَلَا تَقْبَلُوا لَهُمْ شَهَادَةً أَبَدًا وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
5 Аят
Шаьш цул тIаьхьа тōба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِن بَعْدِ ذَلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
6 Аят
Шайн зударшна 6 бехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьаммо тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла. وَالَّذِينَ يَرْمُونَ أَزْوَاجَهُمْ وَلَمْ يَكُن لَّهُمْ شُهَدَاء إِلَّا أَنفُسُهُمْ فَشَهَادَةُ أَحَدِهِمْ أَرْبَعُ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ إِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
7 Аят
ПхоьазлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла. وَالْخَامِسَةُ أَنَّ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَيْهِ إِن كَانَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
8 Аят
Цунах (зудчух) таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла. وَيَدْرَأُ عَنْهَا الْعَذَابَ أَنْ تَشْهَدَ أَرْبَعَ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ إِنَّهُ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ
9 Аят
ПхоьазлагIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла. وَالْخَامِسَةَ أَنَّ غَضَبَ اللَّهِ عَلَيْهَا إِن كَانَ مِنَ الصَّادِقِينَ
10 Аят
Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба т1ех/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукам /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/ 7 . وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ حَكِيمٌ
11 Аят
Баккъалла а, и эладита 8 деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царах хIор стагана къинах ша карадинарг ду. Царах шена тIе цуьнан (къинан) доккханиг лаьцнарг 9 – цунна доккха долу Iазап ду. إِنَّ الَّذِينَ جَاؤُوا بِالْإِفْكِ عُصْبَةٌ مِّنكُمْ لَا تَحْسَبُوهُ شَرًّا لَّكُم بَلْ هُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ لِكُلِّ امْرِئٍ مِّنْهُم مَّا اكْتَسَبَ مِنَ الْإِثْمِ وَالَّذِي تَوَلَّى كِبْرَهُ مِنْهُمْ لَهُ عَذَابٌ عَظِيمٌ
12 Аят
И шайна хезча, хIунда ца моьттура муъма божаршна а‚ муъма зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?" لَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ ظَنَّ الْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بِأَنفُسِهِمْ خَيْرًا وَقَالُوا هَذَا إِفْكٌ مُّبِينٌ
13 Аят
Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь, – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш. لَوْلَا جَاؤُوا عَلَيْهِ بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاء فَإِذْ لَمْ يَأْتُوا بِالشُّهَدَاء فَأُوْلَئِكَ عِندَ اللَّهِ هُمُ الْكَاذِبُونَ
14 Аят
Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аш тIех дийцинчохь 10 деза-доккхачу Iазапо. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ لَمَسَّكُمْ فِي مَا أَفَضْتُمْ فِيهِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
15 Аят
Аш тIе ма лоцу и шайн маттаца‚ ма дуьйцу шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьтту и атта ду‚ иза Далла гергахь деза- доккха ду. إِذْ تَلَقَّوْنَهُ بِأَلْسِنَتِكُمْ وَتَقُولُونَ بِأَفْوَاهِكُم مَّا لَيْسَ لَكُم بِهِ عِلْمٌ وَتَحْسَبُونَهُ هَيِّنًا وَهُوَ عِندَ اللَّهِ عَظِيمٌ
16 Аят
Шайна иза хезча, аш хIунда ца элира: "Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо 11 ‚ ма деза-доккха эладита ду-кх хIара". وَلَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ قُلْتُم مَّا يَكُونُ لَنَا أَن نَّتَكَلَّمَ بِهَذَا سُبْحَانَكَ هَذَا بُهْتَانٌ عَظِيمٌ
17 Аят
Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а цадерзар‚ шу муъма нах делахь. يَعِظُكُمُ اللَّهُ أَن تَعُودُوا لِمِثْلِهِ أَبَدًا إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
18 Аят
Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَيُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
19 Аят
Баккъалла а, ийман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац. إِنَّ الَّذِينَ يُحِبُّونَ أَن تَشِيعَ الْفَاحِشَةُ فِي الَّذِينَ آمَنُوا لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
20 Аят
Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела диканиг лууш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллакхир дара шу/. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّه رَؤُوفٌ رَحِيمٌ
21 Аят
ХIай ийман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIитталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цо 12 хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тIехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а, Дала цIанво Шена луург. Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ وَمَن يَتَّبِعْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ فَإِنَّهُ يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاء وَالْمُنكَرِ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ مَا زَكَا مِنكُم مِّنْ أَحَدٍ أَبَدًا وَلَكِنَّ اللَّهَ يُزَكِّي مَن يَشَاء وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
22 Аят
Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначарна а /сагIа/ лур дац, 13 алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

وَلَا يَأْتَلِ أُوْلُوا الْفَضْلِ مِنكُمْ وَالسَّعَةِ أَن يُؤْتُوا أُوْلِي الْقُرْبَى وَالْمَسَاكِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلْيَعْفُوا وَلْيَصْفَحُوا أَلَا تُحِبُّونَ أَن يَغْفِرَ اللَّهُ لَكُمْ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
23 Аят
Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъма зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Iазап а ду.

إِنَّ الَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ الْغَافِلَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ لُعِنُوا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
24 Аят
Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца.

يَوْمَ تَشْهَدُ عَلَيْهِمْ أَلْسِنَتُهُمْ وَأَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُم بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
25 Аят
Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг.

يَوْمَئِذٍ يُوَفِّيهِمُ اللَّهُ دِينَهُمُ الْحَقَّ وَيَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ الْمُبِينُ
26 Аят
Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIенчу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIенчу зударшна. Уьш /Iаишат и саннарш/ цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду.

الْخَبِيثَاتُ لِلْخَبِيثِينَ وَالْخَبِيثُونَ لِلْخَبِيثَاتِ وَالطَّيِّبَاتُ لِلطَّيِّبِينَ وَالطَّيِّبُونَ لِلطَّيِّبَاتِ أُوْلَئِكَ مُبَرَّؤُونَ مِمَّا يَقُولُونَ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
27 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу ц1еххьана царна чу г1очул/. Аш ойла йийр яцара-те?

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ بُيُوتِكُمْ حَتَّى تَسْتَأْنِسُوا وَتُسَلِّمُوا عَلَى أَهْلِهَا ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
28 Аят
Шуна ца каравахь цу чохь (цу нехан цIеношкахь) цхьа а – чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга "Юхадерза" алахь – юхадерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аш дийриг хууш ву.

فَإِن لَّمْ تَجِدُوا فِيهَا أَحَدًا فَلَا تَدْخُلُوهَا حَتَّى يُؤْذَنَ لَكُمْ وَإِن قِيلَ لَكُمُ ارْجِعُوا فَارْجِعُوا هُوَ أَزْكَى لَكُمْ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
29 Аят
Къа дац шуна нах бēхаш боцчу, шуна оьшу хIуманаш / я пайда болчу/ цIеношна 14 чу шу даха. И Дела хууш ву аш гучудоккхуриг а‚ аш д1ахьулдийриг а.

لَّيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ مَسْكُونَةٍ فِيهَا مَتَاعٌ لَّكُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ
30 Аят
Ахь āла муъма нахе охьатухийла цара шайн хьēжар 15 ‚ шайн эвхье меженаш ларйойла цара 16 . Иза вунō а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела дика девзаш ву цара дийриг.

قُل لِّلْمُؤْمِنِينَ يَغُضُّوا مِنْ أَبْصَارِهِمْ وَيَحْفَظُوا فُرُوجَهُمْ ذَلِكَ أَزْكَى لَهُمْ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا يَصْنَعُونَ
31 Аят
Ахь āла муъма зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш 17 цунах гучахь 18 ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга 19 ‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара 20 а‚ хIай муъма нах‚ шу даккхийден тарло.

وَقُل لِّلْمُؤْمِنَاتِ يَغْضُضْنَ مِنْ أَبْصَارِهِنَّ وَيَحْفَظْنَ فُرُوجَهُنَّ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَلْيَضْرِبْنَ بِخُمُرِهِنَّ عَلَى جُيُوبِهِنَّ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا لِبُعُولَتِهِنَّ أَوْ آبَائِهِنَّ أَوْ آبَاء بُعُولَتِهِنَّ أَوْ أَبْنَائِهِنَّ أَوْ أَبْنَاء بُعُولَتِهِنَّ أَوْ إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي أَخَوَاتِهِنَّ أَوْ نِسَائِهِنَّ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ أَوِ التَّابِعِينَ غَيْرِ أُوْلِي الْإِرْبَةِ مِنَ الرِّجَالِ أَوِ الطِّفْلِ الَّذِينَ لَمْ يَظْهَرُوا عَلَى عَوْرَاتِ النِّسَاء وَلَا يَضْرِبْنَ بِأَرْجُلِهِنَّ لِيُعْلَمَ مَا يُخْفِينَ مِن زِينَتِهِنَّ وَتُوبُوا إِلَى اللَّهِ جَمِيعًا أَيُّهَا الْمُؤْمِنُونَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
32 Аят
Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий 21 . Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тIех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву.

وَأَنكِحُوا الْأَيَامَى مِنكُمْ وَالصَّالِحِينَ مِنْ عِبَادِكُمْ وَإِمَائِكُمْ إِن يَكُونُوا فُقَرَاء يُغْنِهِمُ اللَّهُ مِن فَضْلِهِ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
33 Аят
Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тIетеIош верг /кхахьбаллина- цунна та1зар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тIетеIабиначул тIаьхьа 22 /цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.

وَلْيَسْتَعْفِفِ الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ نِكَاحًا حَتَّى يُغْنِيَهُمْ اللَّهُ مِن فَضْلِهِ وَالَّذِينَ يَبْتَغُونَ الْكِتَابَ مِمَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ فَكَاتِبُوهُمْ إِنْ عَلِمْتُمْ فِيهِمْ خَيْرًا وَآتُوهُم مِّن مَّالِ اللَّهِ الَّذِي آتَاكُمْ وَلَا تُكْرِهُوا فَتَيَاتِكُمْ عَلَى الْبِغَاء إِنْ أَرَدْنَ تَحَصُّنًا لِّتَبْتَغُوا عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَن يُكْرِههُّنَّ فَإِنَّ اللَّهَ مِن بَعْدِ إِكْرَاهِهِنَّ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
34 Аят
Ōха доссина шуьга /массо х1ума/ билгалдоху аяташ а‚ шул хьалха баханчеран /дāхаран/ масал а‚ /Делах/ кхоьручарна хьехам а.

وَلَقَدْ أَنزَلْنَا إِلَيْكُمْ آيَاتٍ مُّبَيِّنَاتٍ وَمَثَلًا مِّنَ الَّذِينَ خَلَوْا مِن قَبْلِكُمْ وَمَوْعِظَةً لِّلْمُتَّقِينَ
35 Аят
Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цIе хьакхаелла яцахь а. Нур тIехь а нур ду 23 . Нисво Дала Шен нур тIе Шена луург 24 . Дāладо Дала масалш 25 нахана. И Дела массо а хIума хууш верг ву.

اللَّهُ نُورُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ مَثَلُ نُورِهِ كَمِشْكَاةٍ فِيهَا مِصْبَاحٌ الْمِصْبَاحُ فِي زُجَاجَةٍ الزُّجَاجَةُ كَأَنَّهَا كَوْكَبٌ دُرِّيٌّ يُوقَدُ مِن شَجَرَةٍ مُّبَارَكَةٍ زَيْتُونِةٍ لَّا شَرْقِيَّةٍ وَلَا غَرْبِيَّةٍ يَكَادُ زَيْتُهَا يُضِيءُ وَلَوْ لَمْ تَمْسَسْهُ نَارٌ نُّورٌ عَلَى نُورٍ يَهْدِي اللَّهُ لِنُورِهِ مَن يَشَاء وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
36 Аят
/И нур ду Делан/ цIеношкахь (маьждигашкахь), Дала шаьш /сийдеш/ айда а, шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а магийна долчу. Царна чохь Далла тасбихь (ламазаш) до Iуьйранна а‚ суьйранна а -

فِي بُيُوتٍ أَذِنَ اللَّهُ أَن تُرْفَعَ وَيُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ يُسَبِّحُ لَهُ فِيهَا بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ
37 Аят
/Муъма/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бIаьрса а детталур долчу.

رِجَالٌ لَّا تُلْهِيهِمْ تِجَارَةٌ وَلَا بَيْعٌ عَن ذِكْرِ اللَّهِ وَإِقَامِ الصَّلَاةِ وَإِيتَاء الزَّكَاةِ يَخَافُونَ يَوْمًا تَتَقَلَّبُ فِيهِ الْقُلُوبُ وَالْأَبْصَارُ
38 Аят
Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш.

لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَيَزِيدَهُم مِّن فَضْلِهِ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَن يَشَاء بِغَيْرِ حِسَابٍ
39 Аят
Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалах 26 тера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тIевахча, – и хIумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Iамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву.

وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَعْمَالُهُمْ كَسَرَابٍ بِقِيعَةٍ يَحْسَبُهُ الظَّمْآنُ مَاء حَتَّى إِذَا جَاءهُ لَمْ يَجِدْهُ شَيْئًا وَوَجَدَ اللَّهَ عِندَهُ فَوَفَّاهُ حِسَابَهُ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ
40 Аят
Я /Делах цатешачеран 1амалаш/ тера ю кIоргачу хIоьрда чохь болчу боданах‚ ша хьулбеш болчу толгIано. Цунна тIехула толгIа ю‚ цунна тIехула марха ю. Боданаш ду цхьадерш вукхарна тIехь‚ цо шен куьг арадеккхича, – цунна и ган ца туьгу. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац. 27

أَوْ كَظُلُمَاتٍ فِي بَحْرٍ لُّجِّيٍّ يَغْشَاهُ مَوْجٌ مِّن فَوْقِهِ مَوْجٌ مِّن فَوْقِهِ سَحَابٌ ظُلُمَاتٌ بَعْضُهَا فَوْقَ بَعْضٍ إِذَا أَخْرَجَ يَدَهُ لَمْ يَكَدْ يَرَاهَا وَمَن لَّمْ يَجْعَلِ اللَّهُ لَهُ نُورًا فَمَا لَهُ مِن نُّورٍ
41 Аят
Хьуна ца хиъна и Дела хилар Шена тасбихь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могIаршца /тIама деллачу/ олхазарша а? ХIоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбихь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг.

أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُسَبِّحُ لَهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالطَّيْرُ صَافَّاتٍ كُلٌّ قَدْ عَلِمَ صَلَاتَهُ وَتَسْبِيحَهُ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِمَا يَفْعَلُونَ
42 Аят
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дIадерзар а.

وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ
43 Аят
Хьуна ца го Дала д1алохку мархаш‚ тIаккха тIегулйо уьш‚ тIаккха Цо уьш хуьлуьйту тIеттIа /барз/‚ хьуна го догIа церан юккъехула схьадолуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тIкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух юха дIахьавзайо. ТIкъесан нуро /нехан/ бIаьрса дIахьош лаьтта.

أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُزْجِي سَحَابًا ثُمَّ يُؤَلِّفُ بَيْنَهُ ثُمَّ يَجْعَلُهُ رُكَامًا فَتَرَى الْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَالِهِ وَيُنَزِّلُ مِنَ السَّمَاء مِن جِبَالٍ فِيهَا مِن بَرَدٍ فَيُصِيبُ بِهِ مَن يَشَاء وَيَصْرِفُهُ عَن مَّن يَشَاء يَكَادُ سَنَا بَرْقِهِ يَذْهَبُ بِالْأَبْصَارِ
44 Аят
Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.

يُقَلِّبُ اللَّهُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَعِبْرَةً لِّأُوْلِي الْأَبْصَارِ
45 Аят
Дала кхоьллина массо а дийнат хих. Царах шен гай тIехь леларг ду‚ царах шина кога тIехь леларг а ду, царах деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочург ву.

وَاللَّهُ خَلَقَ كُلَّ دَابَّةٍ مِن مَّاء فَمِنْهُم مَّن يَمْشِي عَلَى بَطْنِهِ وَمِنْهُم مَّن يَمْشِي عَلَى رِجْلَيْنِ وَمِنْهُم مَّن يَمْشِي عَلَى أَرْبَعٍ يَخْلُقُ اللَّهُ مَا يَشَاء إِنَّ اللَّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
46 Аят
Ōха доссина май билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа.

لَقَدْ أَنزَلْنَا آيَاتٍ مُّبَيِّنَاتٍ وَاللَّهُ يَهْدِي مَن يَشَاء إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
47 Аят
Цара ōлу: "Тешна тхо Делах а‚ элчанах а‚ муьтIахь а хилла тхо". ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царах цхьа тоба цул тIаьхьа – уьш муъма нах бац!

وَيَقُولُونَ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالرَّسُولِ وَأَطَعْنَا ثُمَّ يَتَوَلَّى فَرِيقٌ مِّنْهُم مِّن بَعْدِ ذَلِكَ وَمَا أُوْلَئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ
48 Аят
Шаьш Далла а‚ элчанна а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан – царах цхьа тоба дуьхьалйолу.

وَإِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِّنْهُم مُّعْرِضُونَ
49 Аят
Шайна хилахь бакъо 28 – цунна тIе богIу уьш, муьтIахь хуьлий.

وَإِن يَكُن لَّهُمُ الْحَقُّ يَأْتُوا إِلَيْهِ مُذْعِنِينَ
50 Аят
Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIаъ! Уьш зуламхой бу!

أَفِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ أَمِ ارْتَابُوا أَمْ يَخَافُونَ أَن يَحِيفَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَرَسُولُهُ بَلْ أُوْلَئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
51 Аят
Баккъалла а, муъма нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукам дан, цара āлар: "ЛадоьгIна ōха‚ муьтIахь хилла тхо". Уьш бу баккхийбен берш.

إِنَّمَا كَانَ قَوْلَ الْمُؤْمِنِينَ إِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ أَن يَقُولُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
52 Аят
Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!

وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ
53 Аят
Делах биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду 29 шаьш‚ бохуш. Ахь āла: "Аш дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара 30 /. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг". وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ أَمَرْتَهُمْ لَيَخْرُجُنَّ قُل لَّا تُقْسِمُوا طَاعَةٌ مَّعْرُوفَةٌ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
54 Аят
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!" Уьш дIаберзахь, цунна 31 шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен. قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ فَإِن تَوَلَّوا فَإِنَّمَا عَلَيْهِ مَا حُمِّلَ وَعَلَيْكُم مَّا حُمِّلْتُمْ وَإِن تُطِيعُوهُ تَهْتَدُوا وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
55 Аят
Дала ваIда дина шух ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачарна яларх терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цунна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (маршо лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума хуьлуьйтур яц Суна накъосталла дан. Цул тIаьхьа керста хилларг – уьш бу песакъаш! وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُم فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَى لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُم مِّن بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لَا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا وَمَن كَفَرَ بَعْدَ ذَلِكَ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
56 Аят
Аш хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчанна – шух къинхетам бан мегара. وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
57 Аят
Хьуна ма мотталахь и цатешарш /Тхан шайна т1ехь/ ницкъ боцуш бу лаьттахь (дуьненан дахарехь). Церан чугIойла – цIе ю. Ма вон дIадерзар ду-кх и! لَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَمَأْوَاهُمُ النَّارُ وَلَبِئْسَ الْمَصِيرُ
58 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго доладиначара а‚ шух кхиъна 32 ца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуьйр-ламазал тIаьхьа а – шун кхо Iоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал (цу хенал) тIаьхьа /чу бан/. ТIехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш вуккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِيَسْتَأْذِنكُمُ الَّذِينَ مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ وَالَّذِينَ لَمْ يَبْلُغُوا الْحُلُمَ مِنكُمْ ثَلَاثَ مَرَّاتٍ مِن قَبْلِ صَلَاةِ الْفَجْرِ وَحِينَ تَضَعُونَ ثِيَابَكُم مِّنَ الظَّهِيرَةِ وَمِن بَعْدِ صَلَاةِ الْعِشَاء ثَلَاثُ عَوْرَاتٍ لَّكُمْ لَيْسَ عَلَيْكُمْ وَلَا عَلَيْهِمْ جُنَاحٌ بَعْدَهُنَّ طَوَّافُونَ عَلَيْكُم بَعْضُكُمْ عَلَى بَعْضٍ كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
59 Аят
Шун бераша кхиъна баьлча, 33 пурба доьхийла цара 34 шайл хьалхалерачара 35 дехарх терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَإِذَا بَلَغَ الْأَطْفَالُ مِنكُمُ الْحُلُمَ فَلْيَسْتَأْذِنُوا كَمَا اسْتَأْذَنَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
60 Аят
Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тIехула йолу/ бедарш д1аяхарх 36 ‚ хазалла гучудоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча, 37 – царна дика ду. Дела хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. وَالْقَوَاعِدُ مِنَ النِّسَاء اللَّاتِي لَا يَرْجُونَ نِكَاحًا فَلَيْسَ عَلَيْهِنَّ جُنَاحٌ أَن يَضَعْنَ ثِيَابَهُنَّ غَيْرَ مُتَبَرِّجَاتٍ بِزِينَةٍ وَأَن يَسْتَعْفِفْنَ خَيْرٌ لَّهُنَّ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
61 Аят
БIаьрса доцчунна къа дац‚ астагI волчунна къа дац‚ цомгаш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкара, я шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн /цIенойн/ догIанашна аш доладечеран 38 /цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аш /хIума/ яарх цхьаьна‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш, салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара хьекъале. لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَى حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى أَنفُسِكُمْ أَن تَأْكُلُوا مِن بُيُوتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ آبَائِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أُمَّهَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ إِخْوَانِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخَوَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَعْمَامِكُمْ أَوْ بُيُوتِ عَمَّاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخْوَالِكُمْ أَوْ بُيُوتِ خَالَاتِكُمْ أَوْ مَا مَلَكْتُم مَّفَاتِحَهُ أَوْ صَدِيقِكُمْ لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَأْكُلُوا جَمِيعًا أَوْ أَشْتَاتًا فَإِذَا دَخَلْتُم بُيُوتًا فَسَلِّمُوا عَلَى أَنفُسِكُمْ تَحِيَّةً مِّنْ عِندِ اللَّهِ مُبَارَكَةً طَيِّبَةً كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُون
62 Аят
Баккъалла а, муъма нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга 39 пурба доьхурш 40 – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву. إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَإِذَا كَانُوا مَعَهُ عَلَى أَمْرٍ جَامِعٍ لَمْ يَذْهَبُوا حَتَّى يَسْتَأْذِنُوهُ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ أُوْلَئِكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ فَإِذَا اسْتَأْذَنُوكَ لِبَعْضِ شَأْنِهِمْ فَأْذَن لِّمَن شِئْتَ مِنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمُ اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
63 Аят
Аш ма де элчане кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчеран вукхарга кхайкхарх тера 41 . Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйлурш 42 . Ларлойла и цуьнан (элчанан) омрана хилпало еш берш питана (дуьненан бала) шайх хьарчарх‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарх. لَا تَجْعَلُوا دُعَاء الرَّسُولِ بَيْنَكُمْ كَدُعَاء بَعْضِكُم بَعْضًا قَدْ يَعْلَمُ اللَّهُ الَّذِينَ يَتَسَلَّلُونَ مِنكُمْ لِوَاذًا فَلْيَحْذَرِ الَّذِينَ يُخَالِفُونَ عَنْ أَمْرِهِ أَن تُصِيبَهُمْ فِتْنَةٌ أَوْ يُصِيبَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
64 Аят
Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Цунна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу /къемат/ дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо а хIума хууш верг ву. أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ قَدْ يَعْلَمُ مَا أَنتُمْ عَلَيْهِ وَيَوْمَ يُرْجَعُونَ إِلَيْهِ فَيُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُوا وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
1 Делан дин кхочушдарехь.
2 И царна масал хилийтархьама.
3 Делаца накъост лоцу зуда – мушрик зуда (Дела цхьаъ ца ве керста).
4 Бехк кхуьссуш берш – бехк кхуллуш берш.
5 Песакъаш – цхьаллин терахь: песакъ. Далла муьт1ахь хиларх арабевларш. Къинош деш болу, вон лела нах.
6 Уьш нахаца лелаш бу аьлла.
7 Кхузахь Дала дуьйцург «Ла11ан» (Не1алт олуш) мар а, зуда а къасторан кеп ю. И хуьлу: маро шен зуда бехке йо и нахаца лелаш ю олий, ткъа цуьнан виъ теш вац. Церан метта цо къедана хьалхахь дикчу нахах цхьана тобанна гуччахь доьазза тешалла дийр ду, пхоьазлаг1а шена не1алт а кхайкхош, нагахь санна ша харцлуьйш велахь. Зудчух дуьненан 1азап д1адоккхур ду, цо сурата т1ехь ма бохху, дуй биъча. Таккха къедано уьш вовшах къастор бу гуттарена. Царах бехкеволчунна доккха 1азап хир ду къематдийнахь.
8 Элчан зудчух Iаишатах цхьа эладита кхоьллина хилла. Цуьнан коьртехь хилла Iабдуллах1и бин Убай бин Салул. Ша бусалба ву бохуш лелаш хилла иза. Оцу эладитанах лаьцна доцца хабар. 1аишата, Дела реза хуьлийла цунна, дийцира: «Со яра пайхамарца, Делера салам хуьлда цунна, цхьана г1азотехь зударшна шайн дег1 хьулде хийрачу божарех, аьлла аят доьссинчул т1аьхьа. Иза шен эскарца, г1азотах парг1ат а ваьлла, юхавоьрзуш, Мадинатана герга кхечира. Цигахь уьш сада1а охьахевшира. Д1адоладала омра деара буьйсана. Со сан г1уллакх кхочуш а дина, суо т1ехаа езачу меттиге еара – суна гира сайн логах хилла з1е хаьдда. Со юхайирзира и лаха. Со сан четар чохь ю моьттуш (юу х1ума ледар хилар бахьанехь зударий байн бара), сан четар эмкална т1е а йиллина, уьш д1аболабелира. Со ца карийча, уьш юхабоьрзур буй хууш, со сан меттигехь охьахиъна 1еш яра. Суна наб озаелира. Сафван хиллера эскарна т1аьхьависна вог1уш. Со йолчу меттиге кхаьчча, цунна хааделира адаман 1индаг1. Со евзина, цецваьлла, цо элира: «Инна лиллах1и ва инна илейх1и раджи1ун».( Шена т1е хало я цхьа бала беъча, олуш дерг. Цуьнан маь1на: «Вай Делан а ду, Цуьнга д1адоьрзуш а ду.»). Цунах со семаелира. Ас сайн юьхь т1е х1ума озийра. Валлах1и, цхьа дош аьлла и соьга вист ма ца хилира, суна цуьнгара и хьалха аьлла дешнаш доцург х1умма а ма ца хезира. Цо шен эмкал охьхаира, со цунна т1е хиира. И эмкална хьалха ваьлла, тхо эскарна т1е кхечира, уьш сада1а цхьана хина йистехь лаьтташ". Цунах шайн дегнашкахь цамгар йолчара, шайн коьртехь 1абдуллах1и бин Убай бин Салул волуш даржийра и эладита.
9 Оцу тобанан корта – Iабдуллах1и бин Убай бин Салул..
10 Iаишатах лаьцна аш даьккхина эладита бахьанехь.
11 ХIай тхан Дела‚ Хьуна бу хастам.
12 ШайтIано а‚ цунна тIаьхьахIоьттинчо а.
13 Абу-Бакара сагIа луш хилла цхьана мискачу асхьабана МустIахьна бин Асасат. Иза хилла Абу-Бакаран йоIах, пайхамаран зудчух Iаишатах, эладита даржинчарах цхьаъ. Абу-Бакара дуй биъна кхин сагIа лур дац ша цунна‚ аьлла. Дала и ма де боху.
14 Уьш ду юкъара цIенош: маьждигаш, хьешан цIенош и. дI. кх.
15 Хьажа ца оьшучу метте ца хьоьжуш‚ кхечу зударшка ца хьоьжуш.
16 Шайн зударшна бен герга ца доьдуш.
17 Шайн дегI.
18 Шайн дегI ма гойтийла зударша хирачу божаршка юьхь а‚ куьйгаш а бен.
19 Хьалхахь йолу гIарош – лай.
20 Шайгара хьалха даьллачу къиношна.
21 Ялхой.
22 Шаьш ца хууш и динехь, дохкодовлий гечдар деха Деле.
23 Вовшахкхета чиркхан нур а, шишан къагар а, даьттан ц1еналла а – т1аккха кхоччуш нур хуьлу.
24 Шен нурана – Къуръанна- т1аьхьаваза кхиам ло Дала Шена луучунна.
25 Тафсиран 1еламнаха аьлла: цу масалца Далла луург ц1енчу бусалба стеган даг чохь долу Къуръан ду.
26 ЙилбазгIала – мираж. Шерачу арахь дукха йохйеллачу хенахь хIутту хинан‚ я кхечу хIуманан сурт.
27 Цу масалца Дала гойту Делах цатешачун 1амал эрна юйла, цуьнан диканна т1е и кхочург цахилар. Къатада аьлла: Делах ца тешаш волу стаг хьийза пхеа боданехь: цуьнан къамел бодане ду, 1амал бодане ю, чуг1ойла бодане ю, араволийла бодане ю, къематдийнахь боданашка - жоьжахате д1авоьрзур а ву.
28 И Делан хьукам шайн агIора хилахь, тIебогIу уьш, муьтIахь а хуьлий.
29 Делан гIуллакхана‚ гIазотана.
30 МуьтIахь хилар оьшуш ду шуьгара‚ шун дуйнаш ца оьшу.
31 Элчано ша динчун тIера жоп лур ду‚ аш цо бохург ца дахь. Аш шайна тIера жоп лур ду.
32 Кхиъна ваьлларг – пхийтара ваьлларг.
33 Шун бераш пхийтара баьлча.
34 Оцу хьехийначу хенахь шу долчу чоьхьа бовла.
35 Баккхийчара.
36 Доллу дегI хьул ца дарах.
37 ДегI хьулдахь.
38 Уьш бу шайн цIенойн догIанаш шуьга делла шайн гIуллакхе бахана болу нах, чохь долу хIума шун даа магийна.
39 Хабар Делан элчане ду.
40 Шайн гIуллакхашка дIабаха Iийдера‚ я гIазотера и. дI. кх.
41 Дела элчане шаьш кхойкхуш сий деш, лоруш кхайкха цуьнга: хIай Делан пайхамар, я хIай Делан элча, олуш.
42 ЛечIкъаш дIабоьдуш берш‚ элчане пурба ца доьхуш.