25. Сурат АЛЬ-ФУРКЪАН

Къастор
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 77 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Беркате хили Ша къастор[1] доссош хилларг Шен лега[2] и хилийтархьама Iаламашна кхерамча[3]. تَبَارَكَ الَّذِي نَزَّلَ الْفُرْقَانَ عَلَى عَبْدِهِ لِيَكُونَ لِلْعَالَمِينَ نَذِيرًا
2 Аят
Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь. Цо кхоьллина массо а хIума‚ барам бина цунна (массо а хIуманна) барамца. الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُن لَّهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ فَقَدَّرَهُ تَقْدِيرًا
3 Аят
Цара лецира‚ Иза а витина‚ деланаш‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а. وَاتَّخَذُوا مِن دُونِهِ آلِهَةً لَّا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًا وَلَا حَيَاةً وَلَا نُشُورًا
4 Аят
Элира цатешачара: "ХIара /Къуръан/ харцдерг ду‚ ша цо (пайхамара) кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а[4]‚ харцдерг а. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَذَا إِلَّا إِفْكٌ افْتَرَاهُ وَأَعَانَهُ عَلَيْهِ قَوْمٌ آخَرُونَ فَقَدْ جَاؤُوا ظُلْمًا وَزُورًا
5 Аят
Цара элира: "Хьалхалеранчеран[5] туьйранаш ду. Цо (Мухьаммада) яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а". وَقَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ اكْتَتَبَهَا فَهِيَ تُمْلَى عَلَيْهِ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
6 Аят
Ахь āла: "Иза /Къуръан/ доссийна Ша стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а". قُلْ أَنزَلَهُ الَّذِي يَعْلَمُ السِّرَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ إِنَّهُ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا
7 Аят
Цара элира: "ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьара цуьнга малик, т1аккха и хуьлуш цуьнца цхьаьна кхерамча. وَقَالُوا مَالِ هَذَا الرَّسُولِ يَأْكُلُ الطَّعَامَ وَيَمْشِي فِي الْأَسْوَاقِ لَوْلَا أُنزِلَ إِلَيْهِ مَلَكٌ فَيَكُونَ مَعَهُ نَذِيرًا
8 Аят
Я еллехьара цуьнга хазна‚ я хиллехьара цунна беш, цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуунчалла динчу стагана". أَوْ يُلْقَى إِلَيْهِ كَنزٌ أَوْ تَكُونُ لَهُ جَنَّةٌ يَأْكُلُ مِنْهَا وَقَالَ الظَّالِمُونَ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًا مَّسْحُورًا
9 Аят
Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ /бакъдолчунна тIе/ некъ /лаха/ ца мега царна. انظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا لَكَ الْأَمْثَالَ فَضَلُّوا فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًا
10 Аят
Беркате хили Иза‚ Шена лиъча, хуьлуьйтур яра хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула хиш оьхуш йолу‚ хуьлуьйтур яра хьуна гIаланаш. تَبَارَكَ الَّذِي إِن شَاء جَعَلَ لَكَ خَيْرًا مِّن ذَلِكَ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَيَجْعَل لَّكَ قُصُورًا
11 Аят
ХIаъ‚ цара харцдира сахьт[6]. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе. بَلْ كَذَّبُوا بِالسَّاعَةِ وَأَعْتَدْنَا لِمَن كَذَّبَ بِالسَّاعَةِ سَعِيرًا
12 Аят
Цунна (жоьжахатина) уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а. إِذَا رَأَتْهُم مِّن مَّكَانٍ بَعِيدٍ سَمِعُوا لَهَا تَغَيُّظًا وَزَفِيرًا
13 Аят
Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакхиларе[7]. وَإِذَا أُلْقُوا مِنْهَا مَكَانًا ضَيِّقًا مُقَرَّنِينَ دَعَوْا هُنَالِكَ ثُبُورًا
14 Аят
/Эр ду цаьрга/: "Аш ма кхайкха тахана цхьана хIаллакхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакхиларшка!" لَا تَدْعُوا الْيَوْمَ ثُبُورًا وَاحِدًا وَادْعُوا ثُبُورًا كَثِيرًا
15 Аят
Ахь āла: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренна а йолу /ялсаманин/ беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ т1етовжийла[8] а". قُلْ أَذَلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ الْخُلْدِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ كَانَتْ لَهُمْ جَزَاء وَمَصِيرًا
16 Аят
Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /шаьш цу чохь/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-Кхобучунна т1ехь жоьпаллин ваIда. لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاؤُونَ خَالِدِينَ كَانَ عَلَى رَبِّكَ وَعْدًا مَسْؤُولًا
17 Аят
Ша уьш а‚ цара, И витина, шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аш тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?" وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ فَيَقُولُ أَأَنتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِي هَؤُلَاء أَمْ هُمْ ضَلُّوا السَّبِيلَ
18 Аят
Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лийца‚ делахь а, Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакхилла къам". قَالُوا سُبْحَانَكَ مَا كَانَ يَنبَغِي لَنَا أَن نَّتَّخِذَ مِن دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَاء وَلَكِن مَّتَّعْتَهُمْ وَآبَاءهُمْ حَتَّى نَسُوا الذِّكْرَ وَكَانُوا قَوْمًا بُورًا
19 Аят
/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аш дуьйцучуьнца‚ шуна ца мега духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Шух милла велахь а зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап". فَقَدْ كَذَّبُوكُم بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًا وَلَا نَصْرًا وَمَن يَظْلِم مِّنكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًا كَبِيرًا
20 Аят
Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана[9]. Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-Кхобург гуш верг. وَما أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِي الْأَسْوَاقِ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًا
21 Аят
Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-Кхобург". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов. وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءنَا لَوْلَا أُنزِلَ عَلَيْنَا الْمَلَائِكَةُ أَوْ نَرَى رَبَّنَا لَقَدِ اسْتَكْبَرُوا فِي أَنفُسِهِمْ وَعَتَوْ عُتُوًّا كَبِيرًا
22 Аят
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: "Хьарам бина хьарам бу"[10].

يَوْمَ يَرَوْنَ الْمَلَائِكَةَ لَا بُشْرَى يَوْمَئِذٍ لِّلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًا مَّحْجُورًا
23 Аят
Тхо тIедирзира цара (керстанаша дуьненахь) йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим[11] (ца лерира Оха церан Iамалш).

وَقَدِمْنَا إِلَى مَا عَمِلُوا مِنْ عَمَلٍ فَجَعَلْنَاهُ هَبَاء مَّنثُورًا
24 Аят
Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.

أَصْحَابُ الْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌ مُّسْتَقَرًّا وَأَحْسَنُ مَقِيلًا
25 Аят
Цу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадоссор ду маликаш /могIаршца/ охьадоссорца.

وَيَوْمَ تَشَقَّقُ السَّمَاء بِالْغَمَامِ وَنُزِّلَ الْمَلَائِكَةُ تَنزِيلًا
26 Аят
Хьакъ-бакъ долу паччахьалла цу дийнахь Къинхетам болчунна (Далла) ду. И хилира[12] цатешачарна хала /де/.

الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ لِلرَّحْمَنِ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى الْكَافِرِينَ عَسِيرًا
27 Аят
Цу дийнахь зулам динчо[13] цергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма дакъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас.

وَيَوْمَ يَعَضُّ الظَّالِمُ عَلَى يَدَيْهِ يَقُولُ يَا لَيْتَنِي اتَّخَذْتُ مَعَ الرَّسُولِ سَبِيلًا
28 Аят
Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара-кх ас хьенех доттагI.

يَا وَيْلَتَى لَيْتَنِي لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًا
29 Аят
Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".

لَقَدْ أَضَلَّنِي عَنِ الذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَاءنِي وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِلْإِنسَانِ خَذُولًا
30 Аят
Элира элчано /Деле далхош шен г1уллакх/: "Сан Кхиош-Кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара Къуръан дIатесна ма дити!"

وَقَالَ الرَّسُولُ يَا رَبِّ إِنَّ قَوْمِي اتَّخَذُوا هَذَا الْقُرْآنَ مَهْجُورًا
31 Аят
Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарах. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-Кхобург хилар нисвеш верг а‚ гIоьнча а.

وَكَذَلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا مِّنَ الْمُجْرِمِينَ وَكَفَى بِرَبِّكَ هَادِيًا وَنَصِيرًا
32 Аят
Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ Къуръан цхьана тептарца". Иштта[14] /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".

وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ الْقُرْآنُ جُمْلَةً وَاحِدَةً كَذَلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِ فُؤَادَكَ وَرَتَّلْنَاهُ تَرْتِيلًا
33 Аят
Хьоьга дахьар дац цара цхьа а масал (хаттар), Оха хьуна луш /и духатухуш/ бакъдерг а, вунō хаза тидар а бен.

وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَاكَ بِالْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا
34 Аят
Шаьш гулбийр берш шайн яххьаш т1ехь /текхош/ жоьжахатина тIе – уьш бу вон берш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.

الَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَى وُجُوهِهِمْ إِلَى جَهَنَّمَ أُوْلَئِكَ شَرٌّ مَّكَانًا وَأَضَلُّ سَبِيلًا
35 Аят
Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир[15] хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.

وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَا مَعَهُ أَخَاهُ هَارُونَ وَزِيرًا
36 Аят
Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу /Фир1авнан/ къомана тIе". ТIаккха Оха уьш бохийра /ч1ог1ачу/ бохорца.

فَقُلْنَا اذْهَبَا إِلَى الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَدَمَّرْنَاهُمْ تَدْمِيرًا
37 Аят
Нухьан къам а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш. Оха хилийтира царах нахана делил. Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.

وَقَوْمَ نُوحٍ لَّمَّا كَذَّبُوا الرُّسُلَ أَغْرَقْنَاهُمْ وَجَعَلْنَاهُمْ لِلنَّاسِ آيَةً وَأَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًا
38 Аят
Iадаш а[16]‚ Самудаш а[17]‚ Рассан дай а[18], царна юккъехь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.

وَعَادًا وَثَمُودَ وَأَصْحَابَ الرَّسِّ وَقُرُونًا بَيْنَ ذَلِكَ كَثِيرًا
39 Аят
ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.

وَكُلًّا ضَرَبْنَا لَهُ الْأَمْثَالَ وَكُلًّا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًا
40 Аят
Уьш (Маккан керстанаш) ма бахарий юьрта[19] тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш.

وَلَقَدْ أَتَوْا عَلَى الْقَرْيَةِ الَّتِي أُمْطِرَتْ مَطَرَ السَّوْءِ أَفَلَمْ يَكُونُوا يَرَوْنَهَا بَلْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ نُشُورًا
41 Аят
Хьо шайна гича‚ хьох белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?

وَإِذَا رَأَوْكَ إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَذَا الَّذِي بَعَثَ اللَّهُ رَسُولًا
42 Аят
Вай вайн делех дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай царна тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.

إِن كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ آلِهَتِنَا لَوْلَا أَن صَبَرْنَا عَلَيْهَا وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ الْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا
43 Аят
Хьуна гини-й и шен чIогIа дезачу хIуманах шена дēла лаьцнарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал? (Хьан ницкъ кхочур ма бац и нисван).

أَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَهَهُ هَوَاهُ أَفَأَنتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا
44 Аят
Я хьуна моьтту царах дукхах берш хезаш я ойла еш бу? Уьш-м бежнаш санна а бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.

أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ إِنْ هُمْ إِلَّا كَالْأَنْعَامِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا
45 Аят
Хьо ца хьожу хьан Кхиош-Кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагI? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цунна тIехь делил[20].

أَلَمْ تَرَ إِلَى رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ الظِّلَّ وَلَوْ شَاء لَجَعَلَهُ سَاكِنًا ثُمَّ جَعَلْنَا الشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًا
46 Аят
ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и (IиндагI) дайн озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагI, тIаккха кIез-кIеззиг юхахуьлуьйту)[21].

ثُمَّ قَبَضْنَاهُ إِلَيْنَا قَبْضًا يَسِيرًا
47 Аят
Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйса духар[22] хилла‚ наб – синтем хилла. Цо хилийтина де юхадендалар[23] хилла.

وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِبَاسًا وَالنَّوْمَ سُبَاتًا وَجَعَلَ النَّهَارَ نُشُورًا
48 Аят
Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал[24] хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара т1ех цIена хи[25].

وَهُوَ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ وَأَنزَلْنَا مِنَ السَّمَاء مَاء طَهُورًا
49 Аят
Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.

لِنُحْيِيَ بِهِ بَلْدَةً مَّيْتًا وَنُسْقِيَهُ مِمَّا خَلَقْنَا أَنْعَامًا وَأَنَاسِيَّ كَثِيرًا
50 Аят
И (хи) даржийра Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Т1аккха а нахах дукхахберш дуьхьал хилира керстаналла доцучунна[26].

وَلَقَدْ صَرَّفْنَاهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا فَأَبَى أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا
51 Аят
Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIор юртахь кхерамча[27].

وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ نَذِيرًا
52 Аят
Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачарна‚ къийсам латтабе цаьрца цуьнца (Къуръанца) боккха къийсам.

فَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَجَاهِدْهُم بِهِ جِهَادًا كَبِيرًا
53 Аят
Иза ву ши хIорд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара: теза – мерза‚ хIара: дуьра-чемаза. Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /доккха/ пардо а‚ чIогIа дуьхьало а уьш /вовшах ца эн /.

وَهُوَ الَّذِي مَرَجَ الْبَحْرَيْنِ هَذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ وَهَذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًا وَحِجْرًا مَّحْجُورًا
54 Аят
Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цунна хилийтина шен тайпан агIорхьара гергарло а, зударийн агIорхьара (захаллин) гергарло а. Хилира хьан Кхиош-Кхобург ницкъ кхочуш.

وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ مِنَ الْمَاء بَشَرًا فَجَعَلَهُ نَسَبًا وَصِهْرًا وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًا
55 Аят
Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна пайда а‚ зен а ца дечунна. Хили цатешарг шен Кхиош-Кхобучунна дуьхьал гIоьнча.

وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ وَكَانَ الْكَافِرُ عَلَى رَبِّهِ ظَهِيرًا
56 Аят
Хьо ца вахийтина Оха кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла а бен.

وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
57 Аят
Ахь āла: "Ас шуьга ца боьху цунах цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-Кхобучуьнга некъ лацар бен".

قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَن شَاء أَن يَتَّخِذَ إِلَى رَبِّهِ سَبِيلًا
58 Аят
Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна (Далла)‚ лийриг воцчу‚ тасбихь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лейн къинош дика довзарца.

وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِ وَكَفَى بِهِ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا
59 Аят
Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iарша[28] тIехь. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах дика хууш волчуьнга.

الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَى عَلَى الْعَرْشِ الرَّحْمَنُ فَاسْأَلْ بِهِ خَبِيرًا
60 Аят
Шайга аьлча: "Сужуд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "Х1ун ду и Къинхетаме верг бохург? Ткъа оха сужуд до ахь тхуна омра дечунна?" Цо совбехира уьш /Делан некъах/ дог даларца.

وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اسْجُدُوا لِلرَّحْمَنِ قَالُوا وَمَا الرَّحْمَنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًا ( سجدة مستحبة )
61 Аят
Беркате ву /Дела/, Ша стиглахь /седарчийн/ г1аланаш[29] йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а[30]‚ нуьре болу бутт а.

َبَارَكَ الَّذِي جَعَلَ فِي السَّمَاء بُرُوجًا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَاجًا وَقَمَرًا مُّنِيرًا
62 Аят
Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла āла.

وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ خِلْفَةً لِّمَنْ أَرَادَ أَن يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًا
63 Аят
Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехIал наха къамел деш‚ олуш берш: "Салам![31] "

وَعِبَادُ الرَّحْمَنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا
64 Аят
/Далла/ суждане баханчу хьолехь а, ирах1оьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/.

وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا
65 Аят
Олуш берш /а бу/: "Тхан Кхиош-Кхобург! ДIадаккхалахь тхох жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ).

وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا
66 Аят
Баккъалла а, ма вон хили-кх иза (жоьжахате) /чохь/ 1арна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".

إِنَّهَا سَاءتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا
67 Аят
ШIаьш /сагIа доккхуш, кхин йолу/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу (шина) юккъехь нисбелла берш[32] а /бу Цу Делан дика леш/.

وَالَّذِينَ إِذَا أَنفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَلِكَ قَوَامًا
68 Аят
Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца доь са (са мел долу х1ума), Дала ша /ден/ бехкаме дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къина дуьхьалкхетар ву (къематдийнахь, цуьнца шена бекхам а хир болуш).

وَالَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَهًا آخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ يَلْقَ أَثَامًا
69 Аят
Шозза алсам доккхур ду цунна (Делаца накъост лаьцначунна) Iазап къематдийнахь‚ гуттаренна а вуьсур ву иза цу чохь, сийсаза хилла.

يُضَاعَفْ لَهُ الْعَذَابُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِ مُهَانًا
70 Аят
Шаьш тōба динарш а‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а боцурш – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцуьр дерш. Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву .

إِلَّا مَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ عَمَلًا صَالِحًا فَأُوْلَئِكَ يُبَدِّلُ اللَّهُ سَيِّئَاتِهِمْ حَسَنَاتٍ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
71 Аят
Тōба динарг а‚ дика Iамал йинарг а – баккъалла а, цо тōба до Деле /къиношна/ дохко валарца (цунна Дала гечдийр ду).

وَمَن تَابَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَإِنَّهُ يَتُوبُ إِلَى اللَّهِ مَتَابًا
72 Аят
Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула т1ехбовлуш – (ца совцуш) оьзда чекхбовлуш берш а /бу царах/.

وَالَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ الزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا بِاللَّغْوِ مَرُّوا كِرَامًا
73 Аят
Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ шайна хьехийча, къора хуьлий а, б1аьрзе хуьлий а ца оьгу уьш[33].

وَالَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا عَلَيْهَا صُمًّا وَعُمْيَانًا
74 Аят
Уьш бу олуш берш а: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ лōлахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар (хазахетар а, синтем а)‚ тхох хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш тхуна тIаьхьабозуш)".

وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَاجِنَا وَذُرِّيَّاتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍ وَاجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا
75 Аят
Царна ял лур ю /ялсаманин/ хIусамца уьш /ийманехь/ собаре хиарна. Цигахь царна дуьхьалдогIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.

أُوْلَئِكَ يُجْزَوْنَ الْغُرْفَةَ بِمَا صَبَرُوا وَيُلَقَّوْنَ فِيهَا تَحِيَّةً وَسَلَامًا
76 Аят
Гуттаренна а буьсур бу уьш цу чохь. Ма хаза хили и сацавала меттиг хиларца а, /хьошалг1а/ восса меттиг хиларца а /ша Делах кхоьручунна/!

خَالِدِينَ فِيهَا حَسُنَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا
77 Аят
Ахь āла (х1ай Мухьаммад, цу мушрикашка): "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош – Кхобучун шун /халонашкахь а, баланашкахь а Шега/ кхайкхар ца хиллехьара. Аш харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна ша хилаза ца дōлуш дерг (бекхам).

قُلْ مَا يَعْبَأُ بِكُمْ رَبِّي لَوْلَا دُعَاؤُكُمْ فَقَدْ كَذَّبْتُمْ فَسَوْفَ يَكُونُ لِزَامًا
[1]Къастор – 1арбашха: ألفرقان (Аль-фуркъан): дика - вон а‚ хьанал - хьарам а къастош долу Къуръан.
[2]Мухьаммад-пайхамаре.
[3]Дала бохург ца дича, кхерам хир буйла хоуьйтург.
[4]Керстаналла.
[5]Хьалхалеранаш – хьалха хилла къаьмнаш. Церан туьйранаш ду Къуръан, олуш хилла цатешачара.
[6]Къематде
[7]Иза атта хир дара царна кхузахь латтарал.
[8]Т1етовжийла – кхузахь: хинйолу х1усам.
[9]Питана – кхузахь: зēр. Дала цхьаберш зуьйш бу вукхарца.
[10]Хьарам бу шуна тахана хаза кхаъ я ялсамани. Сабунис иштта даьстина и: эр ду цаьрга маликаша: хьарам йина а ю шуна ялсамани а, хаза кхаъ а, Делера къиношна гечдар а.
[11]Керстанаша дуьненахь йина хилла дика Iамалаш (мискачарех къахетар, царна хIума далар, нахана гIо дар…) лорур яц Дала эхартахь. Царна хаза бекхам бийр бу дуьненахь.
[12]Дала д1аяханчу заманахь дуьйцу и къематдийнахь хир долу х1уманаш уьш хирг хилар Шегахь ч1аг1делла долу дела.
[13]Кхузахь Дала вуьйцург ву Маккан вахархо мушрик 1акъба бин Убай Му1ит1. Дийцина: иза вара мушрикийн тхьамданех цхьаъ хиллачу Убай бин Халфан доттаг1. 1акъбас шун х1оттийна (той дина) хилла. Цо кхийкхира цига къурайшан тайпан цхьаболу нах а, Делан элча а, Делера салам хуьлда цунна. Даарийн шун хьалхадиллича, Делан элчано элира: « Ас хьан кхача буур бац, ахь со Делан элча ву аьлла тешалла ца дахь». Бусалба дин т1елацаран куц дар иза. 1акъбас тешалла дийра, т1аккха пайхамара кхачанах х1ума йиира. И хабар д1акхечира Убай бин Халфе. Цо элира шен доттаг1чуьнга: «Д1атеси ахь вайн дин?» 1акъбас элира: «Х1ан-х1а! Суна хьошалг1а веара сийлахь-веза стаг. И дуьхьал хилира сан кхача баа, ас иза Делан элча ву аьлла тешалла ца дича». Убаййас элира цуьнга: «Сан юьхь хьан юьхьана хьарам ю, хьайна и Мухьаммад гича, ахь цуьнан юьхьах туй ца тохахь, цуьнан лаг ца 1авдахь, ахь цуьнга иштта-иштта ца алахь». Делан мостаг1чо кхочушдира шен доттаг1а шега аьлларг. Т1аккха Дала и аяташ доссийра. Уьш цуьнгахь доссийна хиллехь а, церан маь1на юкъара ду: и санначарах массарах а доьзна.
[14]Цхьана дийнахь цхьана жайница досса ца деш‚ масийтта шарахь. 23 шарахь доьссина Къуръан – 13 шарахь Маккахь, 10 шарахь Мадинатехь.
[15]Вазир- кхузахь: г1оьнча. Мусана г1оьнча хилийтира цуьнан веших Х1арунах.
[16]ХIуд- пайхамаран къам.
[17]Салихь- пайхамаран къам.
[18]Рассан дай: Расс – Яманехь хиллачу шовданан цIе. Шайн къинош бахьанехь Дала шовдане хIаллакбайтина уьш. Самудийн тIаьхье ю уьш а‚ аьлла.
[19]Маккан коьрта бахархой – Къурайшаш – лелаш хилла шаьш йохка-эцар еш Шама боьдуш Дала стиглара т1улгашца х1аллакйина хиллачу Лут1ан къоман юрт Содом хиллачу меттигна уллохула. Цара ойла х1унда ца еш хилла-те, иштта 1азап Дала шайна доссорг хиларх? Билгалдаккхар: Библи чохь хьахийна Содом а, Гоморра а аьлла ши г1ала. Уьш хилла Иордан хина йистехь. Церан бахархойн (Лут1ан къоман нах) къинош бахьанехь Дала стиглара ц1еран т1улгашца аьтта уьш. Уьш а, Къуръано юьйцуг а цхьаъ хила герга ду.
[20]Малх кхетар хуьлу 1индаг1 кхолладаларан бахьана. Маьлхан серло х1уманашна т1е ца кхетахьара, 1индаг1 хир дацара. Х1уманаш евза шайн дуьхьал йолчу х1уманашца: бода ца хилча, нур девзар дацара; малх ца хилча, 1индаг1 девзар дацара.
[21]Иштта лерина низам хиларо гойту вайна и г1уллакх х1оттийна, д1ахьош верг Шен массо а х1уманна т1ехь ницкъ болу, Ша массо а х1ума дика хууш волу Дела вуйла.
[22]Дала хилийтина шуна буьйса духар санна: шен 1аржонца шу д1ахьулдеш, шун бедаро (духаро) дег1 хьулдеш санна.
[23]Буса наб йинчул т1аьхьа г1овтуш, шайна рицкъ лохуш.
[24]Къинхетам – кхузахь: дог1а. Дог1а дале хьалха хаза тийна мох болу.
[25]ДогIа.
[26]Керстаналла бен кхин дика х1ума ца до дукхах болчу наха.
[27]Элча.
[28]Хьажа "ТIахIа" суратан 5 аят.
[29]Г1аланаш – Къуръана чохь: بروج кхузахь: седарчий лела меттигаш, зодиакан билгалонаш.
[30]Малх.
[31]Цаьрга дайн, хаза дош олуш, уьш саннна, к1оршаме боцуш.
[32]Дикчу аг1ора юккъерчу барамехь харжаш еш берш: исрап ца деш, т1ех пис а ца хуьлуш. Мужах1ида аьлла: " Ахь Далла муьт1ахь хуьлуш, Абу Къубайс ламанан барамехь дешица харж йича а, исрап дац. Ахь Далла 1есалла еш, цхьа сахь барамехь /уггар ледара/ х1уманца харж йича а, и исрап (кхоам цабар) ду".
[33]Делан аяташка хаза ладуг1у цара, к1орга ойла йо.