27. Сурат АН-НАМЛ

Зингатий

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 93 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
ТIа. Сūн 1 . ХIорш ду Къуръанан – билгалчу жайнин 2 аяташ, طس تِلْكَ آيَاتُ الْقُرْآنِ وَكِتَابٍ مُّبِينٍ
2 Аят
шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу. هُدًى وَبُشْرَى لِلْمُؤْمِنِينَ
3 Аят
Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш (шаьш дан ма-деззара ламаз деш)‚ закат а луш‚ эхартах а шаьш /ч1ог1а/ тешаш берш. الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُم بِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
4 Аят
Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш, т1аккха уьш /шайн тилар чохь/ б1аьрзе дIасауьдуш бу. إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ زَيَّنَّا لَهُمْ أَعْمَالَهُمْ فَهُمْ يَعْمَهُونَ
5 Аят
Уьш бу шайна /дуьненахь – байарца, йийсаре барца/ чIогIа та1зар хин дерш, эхартахь-м уьш хир бу вуно тIех эшаме хилларш. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ لَهُمْ سُوءُ الْعَذَابِ وَهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْأَخْسَرُونَ
6 Аят
Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьоьга луш ду Къуръан Ша хьекъале 3 а‚ хууш а волчуьнгара. وَإِنَّكَ لَتُلَقَّى الْقُرْآنَ مِن لَّدُنْ حَكِيمٍ عَلِيمٍ
7 Аят
Мусас ма элира шен доьзале 4 : "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIевогIур ву цунах цхьа хабар 5 я догуш долу хаьштиг дахьаш шу дохдалийта". إِذْ قَالَ مُوسَى لِأَهْلِهِ إِنِّي آنَسْتُ نَارًا سَآتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ آتِيكُم بِشِهَابٍ قَبَسٍ لَّعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ
8 Аят
Иза (Муса) цига веъча‚ цуьнга кхайкхам хилира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цунна гонахь верг а 6 ‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да. فَلَمَّا جَاءَهَا نُودِيَ أَن بُورِكَ مَن فِي النَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
9 Аят
ХIай Муса! Баккъалла а, Со сийлахь-веза а, хьекъале а волу Дела ву. يَا مُوسَى إِنَّهُ أَنَا اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
10 Аят
Охьакхосса хьайн Iаса". Шена иза (Iаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дIаведира‚ юха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш وَأَلْقِ عَصَاكَ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّى مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ يَا مُوسَى لَا تَخَفْ إِنِّي لَا يَخَافُ لَدَيَّ الْمُرْسَلُونَ
11 Аят
зулам динарш а бен. ТIаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тIаккха баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх. إِلَّا مَن ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًا بَعْدَ سُوءٍ فَإِنِّي غَفُورٌ رَّحِيمٌ
12 Аят
Че дилла хьайн куьг – ахь схьадоккхур ду иза кIайделла, цхьа а лазам а боцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къоме а лун долчу исс 7 /Iаламатех/ /цхьаъ ду и/. Баккъалла а, уьш хили песакъ къам 8 ". وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ فِي تِسْعِ آيَاتٍ إِلَى فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
13 Аят
Шайга къеггина гуш долу Тхан аяташ даьхкича‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду!" فَلَمَّا جَاءَتْهُمْ آيَاتُنَا مُبْصِرَةً قَالُوا هَذَا سِحْرٌ مُّبِينٌ
14 Аят
Зулам дарца а‚ кураллица а керстадира цара (песакъаша) царна (аяташна)‚ шаьш /дагца/ тешнехь а, /уьш Делера хиларах/. Хьажал‚ муха хилла телхина х1уманаш деш болчеран чакхе? وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
15 Аят
Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лех". وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ عِلْمًا وَقَالَا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي فَضَّلَنَا عَلَى كَثِيرٍ مِّنْ عِبَادِهِ الْمُؤْمِنِينَ
16 Аят
Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх". وَوَرِثَ سُلَيْمَانُ دَاوُودَ وَقَالَ يَا أَيُّهَا النَّاسُ عُلِّمْنَا مَنطِقَ الطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِن كُلِّ شَيْءٍ إِنَّ هَذَا لَهُوَ الْفَضْلُ الْمُبِينُ
17 Аят
Гулдира Сулейманна т1е жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар – уьш (эскарш) ч1ог1ачу низамца д1анисдира. وَحُشِرَ لِسُلَيْمَانَ جُنُودُهُ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ وَالطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
18 Аят
Уьш зингатийн тог1ене кхаьчча‚ нана-зингато элира: "ХIай зингаташ! Чудовлалаш шайн х1усамашка (баннашка)‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш". حَتَّى إِذَا أَتَوْا عَلَى وَادِي النَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌ يَا أَيُّهَا النَّمْلُ ادْخُلُوا مَسَاكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَانُ وَجُنُودُهُ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
19 Аят
Из (Сулайман) велакъежира цуьнан (зингатан) дашах, элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна таро лолахь Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу Хьайн ни1матна хам бан а‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а. Со дIатохалахь Хьайн къинхетамца Хьайн дикачу лех". فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًا مِّن قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَى وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَدْخِلْنِي بِرَحْمَتِكَ فِي عِبَادِكَ الصَّالِحِينَ
20 Аят
Иза волавелира олхазаршка хьēжа‚ тIаккха элира: "Суна х1ун хилла? ХIуттут ца го суна‚ я йоцучарах хили иза?" وَتَفَقَّدَ الطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِيَ لَا أَرَى الْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ الْغَائِبِينَ
21 Аят
"Ас Iазап данза дуьтур ма дац цунна, чIогIа Iазап‚ я ас урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил далор ма ду цо". لَأُعَذِّبَنَّهُ عَذَابًا شَدِيدًا أَوْ لَأَذْبَحَنَّهُ أَوْ لَيَأْتِيَنِّي بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
22 Аят
Жимма хан яьлча /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъара 9 бакъболу хаам. فَمَكَثَ غَيْرَ بَعِيدٍ فَقَالَ أَحَطتُ بِمَا لَمْ تُحِطْ بِهِ وَجِئْتُكَ مِن سَبَإٍ بِنَبَإٍ يَقِينٍ
23 Аят
Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна (цигарчу нахана) тIехь паччахьалла деш йолу‚ цунна делла массо а хIуманех (паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла…), цуьнан сийлахь-йоккха Iарш 10 а ю. إِنِّي وَجَدتُّ امْرَأَةً تَمْلِكُهُمْ وَأُوتِيَتْ مِن كُلِّ شَيْءٍ وَلَهَا عَرْشٌ عَظِيمٌ
24 Аят
Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а‚ Дела а витина, малхана сужуд деш. Хазйина царна шайтIано церан Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ некъах – уьш нис ца ло (уьш нийсачу новкъа ца бовлу). وَجَدتُّهَا وَقَوْمَهَا يَسْجُدُونَ لِلشَّمْسِ مِن دُونِ اللَّهِ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ فَهُمْ لَا يَهْتَدُونَ
25 Аят
(И до Иблисо) цаьрга сужуд ца дайта Ша стигланашкахь а 11 ‚ лаьттахь а 12 хьулделларг Iорадоккхуш волчу Далла‚ Шена хууш волчу аш къайладоккхург а‚ аш гучудоккхург а. أَلَّا يَسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي يُخْرِجُ الْخَبْءَ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُخْفُونَ وَمَا تُعْلِنُونَ
26 Аят
АллахI (ц1е йолу цхьа) Дела ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚– сийлахь-йоккхачу Iаршан 13 Да ву/Иза/". اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
27 Аят
Цо (Сулеймана) элира (х1уттуте): "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-техьа хьо‚ я харцлуьйчарах хилла – те хьо? قَالَ سَنَنظُرُ أَصَدَقْتَ أَمْ كُنتَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
28 Аят
Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо (сабиинашна т1е)‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахъяла (юьстах а ялий, д1ах1отта)‚ хьажа‚ цара хIун юхадерзадо(х1ун жоп ло цара)". اذْهَب بِّكِتَابِي هَذَا فَأَلْقِهْ إِلَيْهِمْ ثُمَّ تَوَلَّ عَنْهُمْ فَانظُرْ مَاذَا يَرْجِعُونَ
29 Аят
Цо (зуда-паччахьа) 14 элира: "ХIай элийн тоба! Баккъалла а, соьга кхоьссинера (кхаьчна) сийлахь долу кехат. قَالَتْ يَا أَيُّهَا المَلَأُ إِنِّي أُلْقِيَ إِلَيَّ كِتَابٌ كَرِيمٌ
30 Аят
Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца 15 . إِنَّهُ مِن سُلَيْمَانَ وَإِنَّهُ بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
31 Аят
Шу сол лакхадовла ма гIерта‚ суна тIе дуьйла, муьт1ахь а хилий (Дела цхьаъ веш)". أَلَّا تَعْلُوا عَلَيَّ وَأْتُونِي مُسْلِمِينَ
32 Аят
Цо (Билкъис-паччахьа) элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх цхьанна а г1уллакха т1ехь (сайгара) сацам беш 16 ‚ шу тешаш долуш бен (шух дагайолуш бен)". قَالَتْ يَا أَيُّهَا المَلَأُ أَفْتُونِي فِي أَمْرِي مَا كُنتُ قَاطِعَةً أَمْرًا حَتَّى تَشْهَدُونِ
33 Аят
Цара (элийн тобано, цунна жоп а луш) элира: "Вай ницкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ ткъа гIуллакх хьоьгахь ду-кх. Хьажахь ткъа‚ хIун омра до ахь -/оха кхочушдийр ду иза/". قَالُوا نَحْنُ أُوْلُوا قُوَّةٍ وَأُولُوا بَأْسٍ شَدِيدٍ وَالْأَمْرُ إِلَيْكِ فَانظُرِي مَاذَا تَأْمُرِينَ
34 Аят
Цо (Билкъиса) элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана (махкана) чубаьхкича‚ йохайо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсазбоху цара. Иштта до цара. قَالَتْ إِنَّ الْمُلُوكَ إِذَا دَخَلُوا قَرْيَةً أَفْسَدُوهَا وَجَعَلُوا أَعِزَّةَ أَهْلِهَا أَذِلَّةً وَكَذَلِكَ يَفْعَلُونَ
35 Аят
Баккъалла а, ас дохьуьйту царна (СулеймангIарна) совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца юхабоьрзу бахийтинарш (х1у дахьаш юхабог1у уьш)". وَإِنِّي مُرْسِلَةٌ إِلَيْهِم بِهَدِيَّةٍ فَنَاظِرَةٌ بِمَ يَرْجِعُ الْمُرْسَلُونَ
36 Аят
Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулеймана) элира: "Со даьхница хьал долуш во аш? Дала суна делларг тоьлуш ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх! فَلَمَّا جَاءَ سُلَيْمَانَ قَالَ أَتُمِدُّونَنِ بِمَالٍ فَمَا آتَانِيَ اللَّهُ خَيْرٌ مِّمَّا آتَاكُم بَلْ أَنتُم بِهَدِيَّتِكُمْ تَفْرَحُونَ
37 Аят
Юхаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара), сийсаза а хилла‚ уьш кIелбуьсур бу". ارْجِعْ إِلَيْهِمْ فَلَنَأْتِيَنَّهُمْ بِجُنُودٍ لَّا قِبَلَ لَهُم بِهَا وَلَنُخْرِجَنَّهُم مِّنْهَا أَذِلَّةً وَهُمْ صَاغِرُونَ
38 Аят
Цо (Сулеймана) элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан (Билкъисан) Iарш яхьаш, уьш суна тIе бахкале, муьт1ахь а хилла?" قَالَ يَا أَيُّهَا المَلَأُ أَيُّكُمْ يَأْتِينِي بِعَرْشِهَا قَبْلَ أَن يَأْتُونِي مُسْلِمِينَ
39 Аят
Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Iифрито элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца (1арш дахьаш)‚ хьо хьайн меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду". قَالَ عِفْريتٌ مِّنَ الْجِنِّ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَن تَقُومَ مِن مَّقَامِكَ وَإِنِّي عَلَيْهِ لَقَوِيٌّ أَمِينٌ
40 Аят
Шегахь жайнин Iилма 17 долчо элира: "Со вогIур ву хьуна тIе цуьнца (1аршаца)‚ ахь бIаьрганегIар тохале". Шена иза (Билкъисан Iарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: "ХIара сан Кхиош-Кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо (Делан ни1матана). Баркалла олучо – цо шена (пайденна) олуш ду‚ инкарло ечо 18 - баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург хьал долуш а ву‚ коьмарша а ву (цхьангара а х1умма а оьшуш вац)". قَالَ الَّذِي عِندَهُ عِلْمٌ مِّنَ الْكِتَابِ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَن يَرْتَدَّ إِلَيْكَ طَرْفُكَ فَلَمَّا رَآهُ مُسْتَقِرًّا عِندَهُ قَالَ هَذَا مِن فَضْلِ رَبِّي لِيَبْلُوَنِي أَأَشْكُرُ أَمْ أَكْفُرُ وَمَن شَكَرَ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِ وَمَن كَفَرَ فَإِنَّ رَبِّي غَنِيٌّ كَرِيمٌ
41 Аят
Цо (Сулаймана) элира: "Хийцам бе цунна (Билкъисана) цуьнан 1аршехь (паччахьан г1анта т1ехь)‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза (1арш)‚ я хир ю-те иза и ца евзачарах". قَالَ نَكِّرُوا لَهَا عَرْشَهَا نَنظُرْ أَتَهْتَدِي أَمْ تَكُونُ مِنَ الَّذِينَ لَا يَهْتَدُونَ
42 Аят
Иза (Билкъис) еъча, элира /цуьнга/: "Иштта юй хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунчул (Билкъисначул) хьалха‚ тхо муьтIахь а хилира /Далла/". فَلَمَّا جَاءَتْ قِيلَ أَهَكَذَا عَرْشُكِ قَالَتْ كَأَنَّهُ هُوَ وَأُوتِينَا الْعِلْمَ مِن قَبْلِهَا وَكُنَّا مُسْلِمِينَ
43 Аят
Иза (Билкъис) сацийра /цхьана Далла Iибадат дечух/ цо, Иза а витина, кхечунна Iибадат даро 19 . Баккъалла а, иза ма яра цатешачу къомах. وَصَدَّهَا مَا كَانَت تَّعْبُدُ مِن دُونِ اللَّهِ إِنَّهَا كَانَتْ مِن قَوْمٍ كَافِرِينَ
44 Аят
Элира цуьнга: "Чоьхьаяла гIалина!" Шена иза (г1ала) гича‚ цунна моттаделира иза алссам хи ду‚ т1аккха цо шен настарш гучуехира. Цо (Сулеймана) элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо (Билкъиса) элира: "Со Кхиош-Кхобург‚ бакъалла а, ас зулам дина ма хилла сайна 20 . /Х1инца/ муьт1ахь хили со Сулейманца цхьаьна /цунна т1аьхьаязарца цхьаъ волчу/ Далла – Iаламийн Дена". قِيلَ لَهَا ادْخُلِي الصَّرْحَ فَلَمَّا رَأَتْهُ حَسِبَتْهُ لُجَّةً وَكَشَفَتْ عَن سَاقَيْهَا قَالَ إِنَّهُ صَرْحٌ مُّمَرَّدٌ مِّن قَوَارِيرَ قَالَتْ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي وَأَسْلَمْتُ مَعَ سُلَيْمَانَ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
45 Аят
Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла – уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийса буьйлабелира. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَى ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ فَإِذَا هُمْ فَرِيقَانِ يَخْتَصِمُونَ
46 Аят
Цо (Салихьа) элира: "Х1ай сан къам! Шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аш Деле‚ шух къинхетам бан там бара". قَالَ يَا قَوْمِ لِمَ تَسْتَعْجِلُونَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ لَوْلَا تَسْتَغْفِرُونَ اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
47 Аят
Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца цхьаьна (тешаш) берш а бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо (Салихьа) элира: "Шун дāкъа (диканиг я вониг) Делехь ду. 21 ХIаъ‚ шу ду-кх (Дала диканца а, вочуьнца а) зуьйш долу къам". قَالُوا اطَّيَّرْنَا بِكَ وَبِمَن مَّعَكَ قَالَ طَائِرُكُمْ عِندَ اللَّهِ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ تُفْتَنُونَ
48 Аят
Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш 22 . وَكَانَ فِي الْمَدِينَةِ تِسْعَةُ رَهْطٍ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ
49 Аят
Цара (цу иссаммо) элира: "Вовшашна Делах дуйнаш баа‚ вай буьйсана (ц1еххьана) т1елетар ду цунна (Салихьна) а‚ цуьнан доьзална а (бойъур бу уьш берриге а)‚ тIаккха эр ду вай цуьнан верасе 23 : "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллакхуьлучохь 24 ‚ тхо бакъдерг дуьйцуш ма ду". قَالُوا تَقَاسَمُوا بِاللَّهِ لَنُبَيِّتَنَّهُ وَأَهْلَهُ ثُمَّ لَنَقُولَنَّ لِوَلِيِّهِ مَا شَهِدْنَا مَهْلِكَ أَهْلِهِ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
50 Аят
Мекарло йира цара‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло‚ царна хаа а ца елира (иза). وَمَكَرُوا مَكْرًا وَمَكَرْنَا مَكْرًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
51 Аят
Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тIаьхье: Оха х1аллакбира уьш (иссе) а‚ церан къам а – берриге. فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ مَكْرِهِمْ أَنَّا دَمَّرْنَاهُمْ وَقَوْمَهُمْ أَجْمَعِينَ
52 Аят
ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана. فَتِلْكَ بُيُوتُهُمْ خَاوِيَةً بِمَا ظَلَمُوا إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَةً لِّقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
53 Аят
Оха кIелхьарбехира ийман диллина хилларш а‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш а. وَأَنجَيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
54 Аят
ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг лелор ду ткъа аш, шайна гуш долушшехь? (И боьха хилар). وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ وَأَنتُمْ تُبْصِرُونَ
55 Аят
Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх (Делан дозанаш ца девзаш) бодане (оьзда доцу) къам". أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِّن دُونِ النِّسَاءِ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ تَجْهَلُونَ ( الجزء العشرون )
56 Аят
Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш āлар бен: "Арабаха ЛутIин доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах". فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَن قَالُوا أَخْرِجُوا آلَ لُوطٍ مِّن قَرْيَتِكُمْ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
57 Аят
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург – цуьнан кхоллам /1азапехь/ бухабуьсучаьрца хилийтира Оха. فَأَنجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَاهَا مِنَ الْغَابِرِينَ
58 Аят
Оха делхира царна тIе (т1улгийн) 25 догIа – ма вон хилира шайна кхерам тесначарна и догIа. وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًا فَسَاءَ مَطَرُ الْمُنذَرِينَ
59 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачарна. И (Аллах1 ц1е йолу цхьа) Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу? قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ وَسَلَامٌ عَلَى عِبَادِهِ الَّذِينَ اصْطَفَى آللَّهُ خَيْرٌ أَمَّا يُشْرِكُونَ
60 Аят
Я мила ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг 26 ? Оха йовлийтина цуьнца (догIанца) бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аш ма долуьйтур дацара цуьнца (цу дог1анца) цу чохь (бошмашкахь) дитташ. Тъа кхин дела вуй /цу/ АллахIаца цхьаьна 27 ? ХIаъ‚ уьш бу нах‚ /Делаца шаьш кхоьллина болу деланаш/ нисбеш. أَمَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنزَلَ لَكُم مِّنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَنبَتْنَا بِهِ حَدَائِقَ ذَاتَ بَهْجَةٍ مَّا كَانَ لَكُمْ أَن تُنبِتُوا شَجَرَهَا أَإِلَهٌ مَّعَ اللَّهِ بَلْ هُمْ قَوْمٌ يَعْدِلُونَ
61 Аят
Я мила ву Ша латта хилийтинарг (адмашна а, кхийолчу х1уманашна а) 1ен меттиг хилла‚ юккъехула хин татолаш дахийтинарг‚ цу тIехь лаьмнаш х1иттийнарг‚ шина хIорда юккъехь дуьхьало йинарг? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? ХIаъ‚ царах дукхахберш ца хууш бу-кх. أَمَّن جَعَلَ الْأَرْضَ قَرَارًا وَجَعَلَ خِلَالَهَا أَنْهَارًا وَجَعَلَ لَهَا رَوَاسِيَ وَجَعَلَ بَيْنَ الْبَحْرَيْنِ حَاجِزًا أَإِلَهٌ مَّعَ اللَّهِ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
62 Аят
Я мила ву Ша жоп луш верг г1орасиз волчунна, цо Шега дехча‚ и зулам дIадоккхуш верг‚ шух хуьлуьйтуш верг лаьттан дай? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Ма кIеззиг ойла йо-кх аш! أَمَّن يُجِيبُ الْمُضْطَرَّ إِذَا دَعَاهُ وَيَكْشِفُ السُّوءَ وَيَجْعَلُكُمْ خُلَفَاءَ الْأَرْضِ أَإِلَهٌ مَّعَ اللَّهِ قَلِيلًا مَّا تَذَكَّرُونَ
63 Аят
Я мила ву Ша шу нисдеш верг аренан а‚ хIордан а боданашкахь‚ Ша мехаш оьхуьйтуш верг кхаъ бахьаш /догIа доуьйтур ду, аьлла/ Шен къинхетамал (дог1анал) хьалха? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Лакхавели Дела цара /Шеца/ накъост лацарх. أَمَّن يَهْدِيكُمْ فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَمَن يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ أَإِلَهٌ مَّعَ اللَّهِ تَعَالَى اللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ
64 Аят
Я мила ву Ша (юьхьанца) кхоллар долош верг 28 ‚ тIаккха иза карладоккхург 29 ‚ мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Ахь āла: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш". أَمَّن يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَمَن يَرْزُقُكُم مِّنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أَإِلَهٌ مَّعَ اللَّهِ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
65 Аят
Āла /цаьрга, х1ай элча/: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахь дерг, Ша Дела воцчунна". Царна хаалур дац, шаьш маца дендийр ду. قُل لَّا يَعْلَمُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الْغَيْبَ إِلَّا اللَّهُ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ
66 Аят
ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу. بَلِ ادَّارَكَ عِلْمُهُمْ فِي الْآخِرَةِ بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِّنْهَا بَلْ هُم مِّنْهَا عَمُونَ
67 Аят
Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара/? وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَئِذَا كُنَّا تُرَابًا وَآبَاؤُنَا أَئِنَّا لَمُخْرَجُونَ
68 Аят
Ва1да йинера кхуьнца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачеран туьйранаш бен дац". لَقَدْ وُعِدْنَا هَذَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا مِن قَبْلُ إِنْ هَذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
69 Аят
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Д1асалела лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье". قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
70 Аят
Ахь са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех (цара лелочу вонех). وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُن فِي ضَيْقٍ مِّمَّا يَمْكُرُونَ
71 Аят
Цара олу: "Маца хир ю и ваIда, 30 шу бакълуьйш хиллехь". وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
72 Аят
Ахь āла: "Шуна т1ехьахь хила тарло цхьацца аш сихдеш дерш". قُلْ عَسَى أَن يَكُونَ رَدِفَ لَكُم بَعْضُ الَّذِي تَسْتَعْجِلُونَ
73 Аят
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Шегахь комаьршалла йолуш ма ву нахана‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу-кх. وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ
74 Аят
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ цара гучудоккхуш дерг а. وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ
75 Аят
Дац цхьа а къайлаха дерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайни 31 чохь /яздина/ долуш бен. وَمَا مِنْ غَائِبَةٍ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ
76 Аят
Баккъалла а, хIокху Къуръано дуьйцу Исраилан кIенташна шайн шена чохь хилпало йолчух дукхахдерш. إِنَّ هَذَا الْقُرْآنَ يَقُصُّ عَلَى بَنِي إِسْرَائِيلَ أَكْثَرَ الَّذِي هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
77 Аят
Баккъалла а, иза нийса некъ а‚ къинхетам а бу муъма нахана. وَإِنَّهُ لَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِّلْمُؤْمِنِينَ
78 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Шен хьукамца. Иза веза верг а ву‚ хууш верг а ву. إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُم بِحُكْمِهِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ
79 Аят
Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билггалчу бакъдолчунна тIехь ма ву. فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ إِنَّكَ عَلَى الْحَقِّ الْمُبِينِ
80 Аят
Баккъалла а, ахь /хIумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевлича. إِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَى وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ
81 Аят
Хьо ма вац бIаьрзенаш шайн тиларх нисбеш верг. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу (Далла) муьт1ахь берш 32 . وَمَا أَنتَ بِهَادِي الْعُمْيِ عَن ضَلَالَتِهِمْ إِن تُسْمِعُ إِلَّا مَن يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُم مُّسْلِمُونَ
82 Аят
Царна дош 33 тIедоьжча (ийман ца диллича, шайна 1азап хир ду аьлла ва1да кхочушхилча)‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна цхьа дийнат‚ цо цаьрца къамел дийр ду, нах Тхан аятех тешаш ца хилла, аьлла. وَإِذَا وَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِمْ أَخْرَجْنَا لَهُمْ دَابَّةً مِّنَ الْأَرْضِ تُكَلِّمُهُمْ أَنَّ النَّاسَ كَانُوا بِآيَاتِنَا لَا يُوقِنُونَ
83 Аят
/Ахь хьахаде/: оцу (Къемат) дийнахь Оха гулйийр ю хIор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачарах цхьацца тоба–т1аккха уьш совцор бу(т1аьхьарнаш хьалхарчарна т1екхиъалц, т1аккха берриге а хьесап дан д1алохкур бу). وَيَوْمَ نَحْشُرُ مِن كُلِّ أُمَّةٍ فَوْجًا مِّمَّن يُكَذِّبُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ يُوزَعُونَ
84 Аят
ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ баьхкича‚ /Дала/ эр ду: "Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а. Я хIун Iамал еш хиллера шу?" حَتَّى إِذَا جَاؤُوا قَالَ أَكَذَّبْتُم بِآيَاتِي وَلَمْ تُحِيطُوا بِهَا عِلْمًا أَمَّاذَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
85 Аят
ТIедуьйжира царна /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна 34 ‚ уьш бист ца хуьлуш буьсур бу 35 . وَوَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِم بِمَا ظَلَمُوا فَهُمْ لَا يَنطِقُونَ
86 Аят
Царна ца гина-те Оха кхоьллина хилар буьйса‚ шена чохь цаьрга садаIийта‚ де а серлонна 36 ? Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш болчу нахана. أَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا اللَّيْلَ لِيَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
87 Аят
Оцу дийнахь зурмана чу х1уп эр ду (Исрафил-малико) – 1адор ву (кхеравелла) стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург 37 . Массо а Цунна тIе вогIур ву, муьт1ахь а хилла. وَيَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّورِ فَفَزِعَ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَمَن فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَن شَاءَ اللَّهُ وَكُلٌّ أَتَوْهُ دَاخِرِينَ
88 Аят
Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш меттахдовлуш дац аьлла хеташ долу, дIасалелаш, мархаш санна – Делан кхолларца ду иза‚ Ша массо а хIума кхачам боллуш кхоьллинчу. Баккъалла а, Иза аш дийриг дика хууш верг ву-кх. وَتَرَى الْجِبَالَ تَحْسَبُهَا جَامِدَةً وَهِيَ تَمُرُّ مَرَّ السَّحَابِ صُنْعَ اللَّهِ الَّذِي أَتْقَنَ كُلَّ شَيْءٍ إِنَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَفْعَلُونَ
89 Аят
Дикачуьнца веънарг 38 – цунна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу (къемат) дийнахь маьрша хир бу. مَن جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِّنْهَا وَهُم مِّن فَزَعٍ يَوْمَئِذٍ آمِنُونَ
90 Аят
Вонаш дахьаш баьхкинарш 39 – яьххьаш цIаре ерзийна хир ю церан. Шаьш еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир буй шуна? وَمَن جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَكُبَّتْ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
91 Аят
/Ахь ала, х1ай Мухьаммад/: «Соьга омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам 40 йина йолчу. Цуьнан ду массо а хIума а. Соьга омра дина со муьт1ахь хиллачарах 41 хила‚ аьлла. إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ رَبَّ هَذِهِ الْبَلْدَةِ الَّذِي حَرَّمَهَا وَلَهُ كُلُّ شَيْءٍ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ
92 Аят
Къуръан деша аьлла а». Нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. Тилавелларг - ахь цуьнга āла: "Со кхерам тосучарах ву 42 ". وَأَنْ أَتْلُوَ الْقُرْآنَ فَمَنِ اهْتَدَى فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ وَمَن ضَلَّ فَقُلْ إِنَّمَا أَنَا مِنَ الْمُنذِرِينَ
93 Аят
Ахь āла: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ – тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац аш дийриг тидаме ца оьцуш". وَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ سَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَتَعْرِفُونَهَا وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
1 Оцу элпашца долош ду Дала сурат Къуръанан исбаьхьаллина т1е тидам бахийтархьама а, иштта къамел элпех лаьтташ дуйла хаийтархьама а. Кхоччуш оцунах лаьцнарг хьалха деана.
2 Билгала жайна – ша массо а х1ума билгалдоккху жайна – Къуръан.
3 Хьекъале верг – кхузахь иштта далийна Делан сибат الحكيم Аль-хьаким. Цуьнан маь1на ду т1ех хьекъале верг, хьукма нийса деш верг а. Оцунах схьадаьлла масдар حكمة Хьикмат – хьекъалалла.
4 Ахь хьахаде хьайн къоме‚ хIай Мухьаммад. И дара Муса шен доьзалца Мадйанера Мисра вог1уш. Буьйса 1аьржа яра, уьш некъах тилабелла бара.
5 Некъах тилабелла хилла уьш.
6 ЦIергахь верг а‚ цунна гонахь верг а – кхузахь: Делан нуьрана гергахь волу Муса а‚ цунна гонахь долу маликаш а.
7 Мусага Дала, Фир1авнна т1е вохуьйтуш, делла исс 1аламат: шурул к1айн куьг; 1аса; йокъане а, хиш т1едуьлу а шераш; ялта цакхиар; нехан аренаш а, бошмаш а талхош долу хи т1едалар; церан ялта а, ц1енойн тхевнаш а, не1арш а юуш хилла долу ц1оз; мезий; церан юучу х1уманна юкъахь а, пхьег1аш чохь а, д1абуьйшучу меттанашна юкъахь а нислуш хилла пхьидаш; церан молчу хих ц1ий хилар.
8 Песакъ нах – динехь дукха ледарлонаш йолуьйтурш. Кхузахь: песакъ нах – керста нах.
9 Сабаъ – х1инца Йемен йолчохь хилла хьалхалера пачхьалкх.
10 Iарш – кхузахь: паччахь тIехуу гIант (трон).
11 ДогIа.
12 Лаьттах схьайолург.
13 1арш – кхузахь: Делан 1арш. Оцуьнца Шена луург Далла дика хаа.
14 Сабаан паччахьо – зудчо Билкъиса‚ шега кехат ма кхеччинехь.
15 Сулейманан кехат долалуш хилла иштта: بسم الله الرحمن الرحيم бисмиллах1ир – рахьманир – рахьийм. Шеко йоццуш, бисмилла цу суратан аятан дакъа ду.
16 Сацам беш гIуллакхан.
17 Бурхиян кIант Асиф‚ Делан къайлах йолу цIе хууш волу. Цуьнан доIина жоп луш хилла.
18 Инкарло йинчо нисдан хIумма дац.
19 Ибн Джарира а, цхьа кхечара а иштта даьстина и аят: "Цо (Сулеймана) юхатуьйхира и (Билкъис) Дела воцучунна Iибадат деш хиллачух".
20 Хьуна Iибадат деш цахиларна.
21 Шуна диканиг дар я вониг дар Делехь ду: Шена лаахь, рицкъ лур ду шуна, Шена ца лаахь, лур а дац. Сох доьзна х1умма а дац.
22 Салихьан г1алахь - Ал - Хьижрахь- нехан коьртехь лоруш хиллачарах исс стаг хилла нахана зуламаш деш. Ибн-1аббаса аьлла, уьш бу эмкална урс хьаькхнарш.
23 ЧIир оьцучуьнга.
24 Тхуна ца хаьа‚ уьш муха хIаллакхилла‚ хьан байина.
25 Дала та1зар дира Лут1ин къомана стиглара т1улгийн дог1а делхийтарца. Цо (дог1ано) уьш берриге а х1аллакбира, Лут1ий, цуьнан доьзаллий боцурш.
26 Оцунан а, т1аьхьа дог1учу хеттарийн жоп ду: Аллах1 ц1е йолу цхьа Дела ву-кх и массо а х1ума кхоьллинарг а, лелориг а, кхин цхьа а накъост вац-кх Цуьнца.
27 Цу Аллах1аца цхьаьна – цхьацца тафсирий чохь Аллах1 воцург кхин дела ву /и г1уллакхаш динарг/ аьлла даьстина и аят. Кхузахь Аллах1 аьлла Делан коьрта ц1е ялош ю т1е 1аткъам байтархьама.
28 Ненан кийрахь кхуллу Дала бер – цунах адам хуьлу.
29 Веллачул тIаьхьа.
30 Аш хир ду бохург – шуьца йина чIагIо.
31 Лавхь махьфуз.
32 Муьт1ахь берш – 1аьрбашха: مسلمون муслимуна, бусалба берш‚ Далла муьтIахь берш.
33 Къематде догIур ду‚ Iазап дийр ду‚ аьлла долу Делан дош бакъ хилча‚ къематде хIотта гергадеъча.
34 Делаца накъост лацарна.
35 Бехказдовла бахьана цахиларна.
36 Шайна серлонгахь гIуллакхаш дан.
37 Джабраил‚ Микаил‚ Исрафил, кхин маликаш а, пайхамарш а, гIазотехь белларш а – царна кхерам хир бац.
38 Къематдийнахь ЛаилахIа иллаллахIу олуш.
39 Ширк динарг.
40 Цу чохь вониг дан а хьарам дина ду, зенаш дан а, дийнаташна таллар а.
41 Бусалбанех.
42 Хьехам бечарах.