28. Сурат АЛЬ-КЪАСАС

Дийцар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 88 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ТIа-сūн-мūм 1 . طسم
2 Аят
ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнин аяташ. تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ
3 Аят
Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчуьнца тешачу къомана /пайда хилийтан/. نَتْلُوا عَلَيْكَ مِن نَّبَإِ مُوسَى وَفِرْعَوْنَ بِالْحَقِّ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
4 Аят
Баккъалла а, ФирIавн вазвелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тоба 2 гIелъеш. Цо бойура церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира пасад х1уманаш (телхина мел дерг) лелочарах. إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِي الْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًا يَسْتَضْعِفُ طَائِفَةً مِّنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَاءهُمْ وَيَسْتَحْيِي نِسَاءهُمْ إِنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ
5 Аят
Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарах (Исраилан к1ентех) къинхетам бан а‚ царах имамаш 3 бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а, وَنُرِيدُ أَن نَّمُنَّ عَلَى الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا فِي الْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةً وَنَجْعَلَهُمُ الْوَارِثِينَ
6 Аят
Уьш чIагIбан а лаьттахь, ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш шех кхоьруш дерг. وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَنُرِي فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُم مَّا كَانُوا يَحْذَرُونَ
7 Аят
Оха хаам бира 4 Мусан нене, вакхаве иза 5 аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларх)‚ ахь кхосса иза хIорда 6 чу – кхера ма кхера‚ са ма гатде – Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех. وَأَوْحَيْنَا إِلَى أُمِّ مُوسَى أَنْ أَرْضِعِيهِ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِي الْيَمِّ وَلَا تَخَافِي وَلَا تَحْزَنِي إِنَّا رَادُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ الْمُرْسَلِينَ
8 Аят
Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/ ФирIавнан доьзало, цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийта. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира г1алатбевларш. فَالْتَقَطَهُ آلُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّا وَحَزَنًا إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا خَاطِئِينَ
9 Аят
ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх 7 ! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах – царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/. وَقَالَتِ امْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍ لِّي وَلَكَ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَى أَن يَنفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
10 Аят
Мусан ненан дог даьсса 8 Iуьйренга делира. Иза гергаяра цуьнца гучуяла 9 Оха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара, иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваIдих/ тешачарах. وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَى فَارِغًا إِن كَادَتْ لَتُبْدِي بِهِ لَوْلَا أَن رَّبَطْنَا عَلَى قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
11 Аят
Цо элира цуьнан 10 йише: "Хьада‚ цунна 11 тIаьхьагIо". Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна хаа ца луш. وَقَالَتْ لِأُخْتِهِ قُصِّيهِ فَبَصُرَتْ بِهِ عَن جُنُبٍ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
12 Аят
Оха хьарам бира цунна и вакхо зударий хьалха. ТIаккха цо 12 элира: "Ас нисдой шу цIийнан охIлана тIе, шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цунна хьехамчаш а хуьлуш". وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ الْمَرَاضِعَ مِن قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَى أَهْلِ بَيْتٍ يَكْفُلُونَهُ لَكُمْ وَهُمْ لَهُ نَاصِحُونَ
13 Аят
ТIаккха Оха юхаверзийра иза шен нене‚ цуьнан бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цунна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. فَرَدَدْنَاهُ إِلَى أُمِّهِ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
14 Аят
Иза (Муса) г1еметтах1оьттича‚ нисвелча 13 ‚ Оха цунна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна. وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَاسْتَوَى آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَكَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
15 Аят
Г1алина чоьхьавелира иза цуьнан нах гIопал 14 болчу хенахь. Цунна карийра цу чохь ши стаг вовшахлеташ: хIара хIокхуьнан тобанах‚ важа – хIокхуьнан мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанах волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цунна буй туьйхира – цо иза чекхваьккхира 15 . Цо (Мусас) элира: "ХIара шайтIанан гIуллакхах ду. Баккъалла а, иза билггал тилавеш мостагI ду". وَدَخَلَ الْمَدِينَةَ عَلَى حِينِ غَفْلَةٍ مِّنْ أَهْلِهَا فَوَجَدَ فِيهَا رَجُلَيْنِ يَقْتَتِلَانِ هَذَا مِن شِيعَتِهِ وَهَذَا مِنْ عَدُوِّهِ فَاسْتَغَاثَهُ الَّذِي مِن شِيعَتِهِ عَلَى الَّذِي مِنْ عَدُوِّهِ فَوَكَزَهُ مُوسَى فَقَضَى عَلَيْهِ قَالَ هَذَا مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ إِنَّهُ عَدُوٌّ مُّضِلٌّ مُّبِينٌ
16 Аят
Цо (Мусас хьаставелла Деле) элира: "Сан Кхиош-Кхобуш верг‚ ас сайн дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цунна гечдира. Баккъалла а, Иза т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. قَالَ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي فَاغْفِرْ لِي فَغَفَرَ لَهُ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
17 Аят
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечарна гIоьнча". قَالَ رَبِّ بِمَا أَنْعَمْتَ عَلَيَّ فَلَنْ أَكُونَ ظَهِيرًا لِّلْمُجْرِمِينَ
18 Аят
Иза Iуьйренга велира г1алахь, кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цунна/. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!" فَأَصْبَحَ فِي الْمَدِينَةِ خَائِفًا يَتَرَقَّبُ فَإِذَا الَّذِي اسْتَنصَرَهُ بِالْأَمْسِ يَسْتَصْرِخُهُ قَالَ لَهُ مُوسَى إِنَّكَ لَغَوِيٌّ مُّبِينٌ
19 Аят
ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цунна (Мусана) лиъча‚ цо 16 элира: "ХIай Муса‚ со вēн лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг вēрах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницкъ беш верг хилла /1ан а/ бен‚ хьо лууш ма вац /нахана юккъехь/ маслаІат дечарах хила". فَلَمَّا أَنْ أَرَادَ أَن يَبْطِشَ بِالَّذِي هُوَ عَدُوٌّ لَّهُمَا قَالَ يَا مُوسَى أَتُرِيدُ أَن تَقْتُلَنِي كَمَا قَتَلْتَ نَفْسًا بِالْأَمْسِ إِن تُرِيدُ إِلَّا أَن تَكُونَ جَبَّارًا فِي الْأَرْضِ وَمَا تُرِيدُ أَن تَكُونَ مِنَ الْمُصْلِحِينَ
20 Аят
Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевлла хьо вēн‚ аравалалахь /хIокху махкара/. Со хьуна хьехамбечарех ву". وَجَاء رَجُلٌ مِّنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ يَسْعَى قَالَ يَا مُوسَى إِنَّ الْمَلَأَ يَأْتَمِرُونَ بِكَ لِيَقْتُلُوكَ فَاخْرُجْ إِنِّي لَكَ مِنَ النَّاصِحِينَ
21 Аят
Иза цигара (гIалара) аравелира, кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ кIелхьарваккхахь со зуламечу къомах". فَخَرَجَ مِنْهَا خَائِفًا يَتَرَقَّبُ قَالَ رَبِّ نَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
22 Аят
Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-Кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа". وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَاء مَدْيَنَ قَالَ عَسَى رَبِّي أَن يَهْدِيَنِي سَوَاء السَّبِيلِ
23 Аят
Мадйанан хинан коьрте д1акхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/. Цунна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун бала бу шуьшиннан?" Цушиммо элира: "Оха ца маладо и Iуй чекх ца бевлча‚ ткъа тхан да воккха стаг ву". وَلَمَّا وَرَدَ مَاء مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةً مِّنَ النَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِن دُونِهِمُ امْرَأتَيْنِ تَذُودَانِ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا قَالَتَا لَا نَسْقِي حَتَّى يُصْدِرَ الرِّعَاء وَأَبُونَا شَيْخٌ كَبِيرٌ
24 Аят
Цо хи малийра царна шинна (церан уьстаг1ашна)‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ со Ахь суна доссийна диканиг оьшуш ма ву (меца ву)". فَسَقَى لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّى إِلَى الظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ
25 Аят
Цунна тIе еара цушиннах цхьаъ‚ эхь хеташ, йолаелла‚ цо элира: "Сан дас хьо кхойкху хьуна мах бала ахь тхуна хи малорна 17 ". Иза (Муса) цунна 18 тIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьарваьлла зуламечу къомах". فَجَاءتْهُ إِحْدَاهُمَا تَمْشِي عَلَى اسْتِحْيَاء قَالَتْ إِنَّ أَبِي يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا فَلَمَّا جَاءهُ وَقَصَّ عَلَيْهِ الْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ نَجَوْتَ مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
26 Аят
Цушиннах цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахь мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза – нуьцкъала а‚ тешаме а ву". قَالَتْ إِحْدَاهُمَا يَا أَبَتِ اسْتَأْجِرْهُ إِنَّ خَيْرَ مَنِ اسْتَأْجَرْتَ الْقَوِيُّ الْأَمِينُ
27 Аят
Цо (ШуIайбс) элира: "Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна болх барх бархI шарахь. Ахь итт шо кхочушдахь, – и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ дикачарах". قَالَ إِنِّي أُرِيدُ أَنْ أُنكِحَكَ إِحْدَى ابْنَتَيَّ هَاتَيْنِ عَلَى أَن تَأْجُرَنِي ثَمَانِيَ حِجَجٍ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًا فَمِنْ عِندِكَ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ سَتَجِدُنِي إِن شَاء اللَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
28 Аят
Цо (Мусас) элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама ас кхочушъяхь‚ дов дийр дац соьца. И Дела вай олучунна тIехь векал 19 ма ву". قَالَ ذَلِكَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ أَيَّمَا الْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَانَ عَلَيَّ وَاللَّهُ عَلَى مَا نَقُولُ وَكِيلٌ
29 Аят
Муса шен хан чекх а яьккхина, шен доьзалца дIавоьдуш 20 ‚ цунна хааелира Т1ýр ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Аш /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала 21 мегара". فَلَمَّا قَضَى مُوسَى الْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِ آنَسَ مِن جَانِبِ الطُّورِ نَارًا قَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَّعَلِّي آتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍ مِنَ النَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ
30 Аят
Иза цунна (цIерна) тIевеъча, кхайкхира тогIин аьтту агIорхьара, беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да. فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِي مِن شَاطِئِ الْوَادِي الْأَيْمَنِ فِي الْبُقْعَةِ الْمُبَارَكَةِ مِنَ الشَّجَرَةِ أَن يَا مُوسَى إِنِّي أَنَا اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
31 Аят
Охьакхосса хьайн Iаса!" Цунна иза гича, етталуш, текхарг санна‚ иза дIаведира, юха а ца воьрзуш. "Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарах ву. وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّى مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ يَا مُوسَى أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ إِنَّكَ مِنَ الْآمِنِينَ
32 Аят
Хьан куьг че долла‚ /т1аккха схьадаккха и/ - схьадер ду, кIайн хилла, цхьа а зен доцуш. ТIетаIаде /хьайн аьтту куьг/ хьайн /дагна/ т1е – д1адер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-Кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а. Баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам". اسْلُكْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاء مِنْ غَيْرِ سُوءٍ وَاضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ الرَّهْبِ فَذَانِكَ بُرْهَانَانِ مِن رَّبِّكَ إِلَى فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
33 Аят
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ ас царах стаг ма вийна‚ со кхоьру-кх цара со вēн. قَالَ رَبِّ إِنِّي قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًا فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ
34 Аят
И сан ваша ХIарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца, гIоьнча хилла‚ со бакъхилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна". وَأَخِي هَارُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّي لِسَانًا فَأَرْسِلْهُ مَعِيَ رِدْءًا يُصَدِّقُنِي إِنِّي أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ
35 Аят
Цо (Дала) элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву". قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَانًا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا بِآيَاتِنَا أَنتُمَا وَمَنِ اتَّبَعَكُمَا الْغَالِبُونَ
36 Аят
Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуунчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь". فَلَمَّا جَاءهُم مُّوسَى بِآيَاتِنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَذَا إِلَّا سِحْرٌ مُّفْتَرًى وَمَا سَمِعْنَا بِهَذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ
37 Аят
Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-Кхобург ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веана а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхийбийр ма бац". وَقَالَ مُوسَى رَبِّي أَعْلَمُ بِمَن جَاء بِالْهُدَى مِنْ عِندِهِ وَمَن تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
38 Аят
ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарх (кибарчигаш йотта), тIаккха /лекха/ гIала е суна, со мега Мусан Далла тIекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах". وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرِي فَأَوْقِدْ لِي يَا هَامَانُ عَلَى الطِّينِ فَاجْعَل لِّي صَرْحًا لَّعَلِّي أَطَّلِعُ إِلَى إِلَهِ مُوسَى وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ مِنَ الْكَاذِبِينَ
39 Аят
Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабовла хьакъ боцуш‚ царна моьттура шаьш Тхуна тIе юхадерзор а дац. وَاسْتَكْبَرَ هُوَ وَجُنُودُهُ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ إِلَيْنَا لَا يُرْجَعُونَ
40 Аят
Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхиссира уьш хIорда чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье! فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ
41 Аят
Оха хилийтира царах /нах/ цIерга 22 кхойкхуш имамаш. Къематдийнахь царна гIо дийр дац. وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَدْعُونَ إِلَى النَّارِ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ لَا يُنصَرُونَ
42 Аят
Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къематдийнахь уьш ма бу /Делан къинхетамах/лелхош генабаьхначарах. وَأَتْبَعْنَاهُمْ فِي هَذِهِ الدُّنْيَا لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ هُم مِّنَ الْمَقْبُوحِينَ
43 Аят
Хьалхалера тIаьхьенаш хIаллакйинчул тIаьхьа Оха делира Мусага жайна, ша нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу‚ цара дагадайта мегара-кх аьлла. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ مِن بَعْدِ مَا أَهْلَكْنَا الْقُرُونَ الْأُولَى بَصَائِرَ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَّعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
44 Аят
Хьо вацара /х1ай Мухьаммад/ малхбузе агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь 23 ‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарах. وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ الْغَرْبِيِّ إِذْ قَضَيْنَا إِلَى مُوسَى الْأَمْرَ وَمَا كُنتَ مِنَ الشَّاهِدِينَ
45 Аят
Делахь а, Оха кхиийра тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадйан охIла юккъехь, царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а Тхо дара бохкуьйтурш /элчанаш/. وَلَكِنَّا أَنشَأْنَا قُرُونًا فَتَطَاوَلَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ وَمَا كُنتَ ثَاوِيًا فِي أَهْلِ مَدْيَنَ تَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا وَلَكِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ
46 Аят
Хьо вацара Т1ýр-ламанан 24 агIонгахь Оха /Мусага/ кхайкхича‚ делахь а хьан Кхиош-Кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/ ахь кхерам таса къомана‚ шена тIе хьол хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веана долчу‚ цара ойла йийр яцара те? وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ الطُّورِ إِذْ نَادَيْنَا وَلَكِن رَّحْمَةً مِّن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوْمًا مَّا أَتَاهُم مِّن نَّذِيرٍ مِّن قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
47 Аят
/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/, шайна бохам хилча, шайн куьйгаша хьалха кечдинарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-Кхобург! Ахь ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешачарах". وَلَوْلَا أَن تُصِيبَهُم مُّصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَيَقُولُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
48 Аят
Шайга Тхоьгара бакъдерг деъча‚ цара элира: "Цуьнга (Мухьаммад- пайхамаре) делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши бозбуунчалла (Къуръан а‚ Таврат а) ду, вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "Царах цхьаннах а ца теша /тхо/". فَلَمَّا جَاءهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِندِنَا قَالُوا لَوْلَا أُوتِيَ مِثْلَ مَا أُوتِيَ مُوسَى أَوَلَمْ يَكْفُرُوا بِمَا أُوتِيَ مُوسَى مِن قَبْلُ قَالُوا سِحْرَانِ تَظَاهَرَا وَقَالُوا إِنَّا بِكُلٍّ كَافِرُونَ
49 Аят
Ахь āла: "Схьало Делера жайна, ша цу шиннал (Къуръанал а‚ Тавратал а) нийса а долуш‚ со цунна тIаьхьахIуттур ву, шу бакълуьйш хиллехь". قُلْ فَأْتُوا بِكِتَابٍ مِّنْ عِندِ اللَّهِ هُوَ أَهْدَى مِنْهُمَا أَتَّبِعْهُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
50 Аят
Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь, уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабевла буйла. Мила ву ткъа тиламе, Делера нийса некъ а боцуш, шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам. فَإِن لَّمْ يَسْتَجِيبُوا لَكَ فَاعْلَمْ أَنَّمَا يَتَّبِعُونَ أَهْوَاءهُمْ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنِ اتَّبَعَ هَوَاهُ بِغَيْرِ هُدًى مِّنَ اللَّهِ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
51 Аят
Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIа 25 , цара ойла йийр яцара те? وَلَقَدْ وَصَّلْنَا لَهُمُ الْقَوْلَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
52 Аят
Оха шайна цул (Къуръанал) хьалха жайна (Таврат, Инжил…) делларш – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу 26 . الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ مِن قَبْلِهِ هُم بِهِ يُؤْمِنُونَ
53 Аят
Иза шайна дешча, цара элира: "Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-Кхобучуьнгара‚ тхо хилира цул хьалха 27 бусалбанаш 28 ." وَإِذَا يُتْلَى عَلَيْهِمْ قَالُوا آمَنَّا بِهِ إِنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّنَا إِنَّا كُنَّا مِن قَبْلِهِ مُسْلِمِينَ
54 Аят
Уьш – царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех цара /диканна т1ехь/ харжаш ярна а. أُوْلَئِكَ يُؤْتَوْنَ أَجْرَهُم مَّرَّتَيْنِ بِمَا صَبَرُوا وَيَدْرَؤُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
55 Аят
Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал нахана тIе". وَإِذَا سَمِعُوا اللَّغْوَ أَعْرَضُوا عَنْهُ وَقَالُوا لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِي الْجَاهِلِينَ
56 Аят
Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а Дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш 29 . إِنَّكَ لَا تَهْدِي مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَن يَشَاء وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
57 Аят
Цара (къурайшин тайпан наха) элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIиттича хьоьца цхьаьна‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iарбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам 30 ‚ цига массо а хIуманан стоьмаш кхоьхьуш, Тхоьгара рицкъ хилла? Делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. وَقَالُوا إِن نَّتَّبِعِ الْهُدَى مَعَكَ نُتَخَطَّفْ مِنْ أَرْضِنَا أَوَلَمْ نُمَكِّن لَّهُمْ حَرَمًا آمِنًا يُجْبَى إِلَيْهِ ثَمَرَاتُ كُلِّ شَيْءٍ رِزْقًا مِن لَّدُنَّا وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
58 Аят
Мел хIаллакйира оха юрт‚ кураяьлла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царал тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш. وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ بَطِرَتْ مَعِيشَتَهَا فَتِلْكَ مَسَاكِنُهُمْ لَمْ تُسْكَن مِّن بَعْدِهِمْ إِلَّا قَلِيلًا وَكُنَّا نَحْنُ الْوَارِثِينَ
59 Аят
Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира ярташ хIаллакьеш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ а доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллакьеш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен. وَمَا كَانَ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَى حَتَّى يَبْعَثَ فِي أُمِّهَا رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا وَمَا كُنَّا مُهْلِكِي الْقُرَى إِلَّا وَأَهْلُهَا ظَالِمُونَ
60 Аят
Шуна делла хIума – иза дуьненан дахаран /к1еззиг/ х1ума ду‚ цуьнан хазалла а ю-/чекхдер долуш а ду и дерриге а/. Далла гергахь дерг – дика а‚ мелхо а бухадуьсуш а ду. Шу хьекъале ца хуьлу /и диканиг а, бухадуьсург а харжа/? وَمَا أُوتِيتُم مِّن شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَزِينَتُهَا وَمَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَى أَفَلَا تَعْقِلُونَ
61 Аят
Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг, иза цунах кхуьур а волуш, тера вуй ткъа, Оха шена дуьненан дахаран хьал делла, тIаьхьа ша къематдийнахь /жоьжахате/ бахийтинчарах хир волчух? أَفَمَن وَعَدْنَاهُ وَعْدًا حَسَنًا فَهُوَ لَاقِيهِ كَمَن مَّتَّعْنَاهُ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ثُمَّ هُوَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مِنَ الْمُحْضَرِينَ
62 Аят
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?" وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ
63 Аят
Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачара: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу оха тилийнарш‚ оха уьш тилийра тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандели /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш". قَالَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ رَبَّنَا هَؤُلَاء الَّذِينَ أَغْوَيْنَا أَغْوَيْنَاهُمْ كَمَا غَوَيْنَا تَبَرَّأْنَا إِلَيْكَ مَا كَانُوا إِيَّانَا يَعْبُدُونَ
64 Аят
Элира: "Схьакхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна, шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара аьлла! وَقِيلَ ادْعُوا شُرَكَاءكُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَرَأَوُا الْعَذَابَ لَوْ أَنَّهُمْ كَانُوا يَهْتَدُونَ
65 Аят
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "ХIун жоп делира аш элчанашка?" وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ مَاذَا أَجَبْتُمُ الْمُرْسَلِينَ
66 Аят
Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а хоьттур дац. فَعَمِيَتْ عَلَيْهِمُ الْأَنبَاء يَوْمَئِذٍ فَهُمْ لَا يَتَسَاءلُونَ
67 Аят
Амма тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – тарло иза хила баккхийбечарах. فَأَمَّا مَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَعَسَى أَن يَكُونَ مِنَ الْمُفْلِحِينَ
68 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. ЦIанвели Дела /массо а кхачамбацарех/‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх. وَرَبُّكَ يَخْلُقُ مَا يَشَاء وَيَخْتَارُ مَا كَانَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ سُبْحَانَ اللَّهِ وَتَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
69 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду. وَرَبُّكَ يَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ
70 Аят
Иза АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цунна хастам бу хьалхарчахь 31 а‚ тIаьхьарчахь 32 а. Цуьнан ду хьукам а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а. وَهُوَ اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ لَهُ الْحَمْدُ فِي الْأُولَى وَالْآخِرَةِ وَلَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
71 Аят
Ахь āла: "Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хеза те?" قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ اللَّيْلَ سَرْمَدًا إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُم بِضِيَاء أَفَلَا تَسْمَعُونَ
72 Аят
Ахь āла: "Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттаренна, къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аш шена чохь садоIуш? Шуна ца го те? قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ النَّهَارَ سَرْمَدًا إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُم بِلَيْلٍ تَسْكُنُونَ فِيهِ أَفَلَا تُبْصِرُونَ
73 Аят
Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аш шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а – шу хила мегара баркалла олуш". وَمِن رَّحْمَتِهِ جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
74 Аят
Оцу дийнахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?" وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ
75 Аят
Оха схьаваьккхира 33 хIор умматах теш‚ Оха элира: "Схьадаладе шайн делилаш". Царна хиира бакъдерг Делан дуйла. Царах дIатилира цара /Цунна тIехь харц/ кхоьллина хилларг. وَنَزَعْنَا مِن كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا فَقُلْنَا هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ فَعَلِمُوا أَنَّ الْحَقَّ لِلَّهِ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ
76 Аят
Баккъалла а, Къāрýн вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цунна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницкъ болчу тобанца халла д1асакхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къомо: "Хьо воккха ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийбеш берш. إِنَّ قَارُونَ كَانَ مِن قَوْمِ مُوسَى فَبَغَى عَلَيْهِمْ وَآتَيْنَاهُ مِنَ الْكُنُوزِ مَا إِنَّ مَفَاتِحَهُ لَتَنُوءُ بِالْعُصْبَةِ أُولِي الْقُوَّةِ إِذْ قَالَ لَهُ قَوْمُهُ لَا تَفْرَحْ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْفَرِحِينَ
77 Аят
Ахь лаха хьайна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненах хьайн дāкъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума деш берш". وَابْتَغِ فِيمَا آتَاكَ اللَّهُ الدَّارَ الْآخِرَةَ وَلَا تَنسَ نَصِيبَكَ مِنَ الدُّنْيَا وَأَحْسِن كَمَا أَحْسَنَ اللَّهُ إِلَيْكَ وَلَا تَبْغِ الْفَسَادَ فِي الْأَرْضِ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ
78 Аят
Цо (Къāрýна) элира: "Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цунна ца хаьа те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца мелхо а чIогIа йолу‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) мелхо а алсам йолу. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела). قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَى عِلْمٍ عِندِي أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِن قَبْلِهِ مِنَ القُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةً وَأَكْثَرُ جَمْعًا وَلَا يُسْأَلُ عَن ذُنُوبِهِمُ الْمُجْرِمُونَ
79 Аят
Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тIе шен хазаллехь 34 . Дуьненан дахар дезачара элира: "ЭхI! Тхан а делахьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!" فَخَرَجَ عَلَى قَوْمِهِ فِي زِينَتِهِ قَالَ الَّذِينَ يُرِيدُونَ الْحَيَاةَ الدُّنيَا يَا لَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَا أُوتِيَ قَارُونُ إِنَّهُ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍ
80 Аят
Шайна Iилма деллачара элира: "Дакъаза ма довла! Делан ял дика ю ийман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна а. Иза дуьхьалкхетар ма яц собар диначарна бен" /и хаза бекхам/. وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ اللَّهِ خَيْرٌ لِّمَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا وَلَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الصَّابِرُونَ
81 Аят
Оха латта бухавахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цунна цхьа а гIо деш тоба Далла дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIо дечарах. فَخَسَفْنَا بِهِ وَبِدَارِهِ الْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُ مِن فِئَةٍ يَنصُرُونَهُ مِن دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ المُنتَصِرِينَ
82 Аят
Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира, олуш: "ОхI! Дала рицкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ латта бухадахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхий ца боь /Делах/ цатешарш". وَأَصْبَحَ الَّذِينَ تَمَنَّوْا مَكَانَهُ بِالْأَمْسِ يَقُولُونَ وَيْكَأَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَوْلَا أَن مَّنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا لَخَسَفَ بِنَا وَيْكَأَنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ
83 Аят
И эхартан хIусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад 35 ца дезачарна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю. تِلْكَ الدَّارُ الْآخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّا فِي الْأَرْضِ وَلَا فَسَادًا وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ
84 Аят
Дикачуьнца веъначунна – цунна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг – вонаш диначарна бекхам хир бац, цара деш хилларг а бен. مَن جَاء بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِّنْهَا وَمَن جَاء بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى الَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
85 Аят
Баккъалла а, хьуна Къуръан тIе диллинчо хьо юхаверзор ма ву юхавоьрзучу меттиге 36 . Ахь āла: "Сан Кхиош-Кхобучунна хаьа-кх нийсачу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а". إِنَّ الَّذِي فَرَضَ عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لَرَادُّكَ إِلَى مَعَادٍ قُل رَّبِّي أَعْلَمُ مَن جَاء بِالْهُدَى وَمَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
86 Аят
Хьо ма вацара дог дохуш хьайга жайна даларе хьан Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам хилла бен. Хьо хиллане а ма хилалахь /Делах/ цатешачарна гIоьнча. وَمَا كُنتَ تَرْجُو أَن يُلْقَى إِلَيْكَ الْكِتَابُ إِلَّا رَحْمَةً مِّن رَّبِّكَ فَلَا تَكُونَنَّ ظَهِيرًا لِّلْكَافِرِينَ
87 Аят
Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-Кхобучуьнга кхайкха! Хьо хиллане а ма хилалахь /Делаца/ накъост лоцучарах (мушрикех). وَلَا يَصُدُّنَّكَ عَنْ آيَاتِ اللَّهِ بَعْدَ إِذْ أُنزِلَتْ إِلَيْكَ وَادْعُ إِلَى رَبِّكَ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
88 Аят
Ахь ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна, Иза бен. Массо а хIума хIаллакхир ю хьуна, Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цунна тIе юхадерзор долуш ду шу а. وَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَهًا آخَرَ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ كُلُّ شَيْءٍ هَالِكٌ إِلَّا وَجْهَهُ لَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
1 Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
2 Исраилан к1ентий. Уьш хилла оцу заманчохь Мисран Фир1авнан лоллахь(йийсарехь).
3 Имамаш (цхьаъ-أمام имам) – кхузахь: диканехь хьалхабевларш. Къатада аьлла: «Исраилан к1ентех хьаькамаш а, паччахьаш а хилийта сацам хилира Делан».
4 Ваьхьица гIенах.
5 Муса дуьненчу ма-веллинехь.
6 Кхузахь Дала дуьйцург Мисрахула чекхдолу хи Нил ду. Цунах "хІорд" аьлла иза дукха доккха долу дела. И ду дуьненахь уггар деха хи – 6671 км.
7 Жима кIант Муса. Иза вен бохкуш бара уьш. И веран бахьана дара Фир1авнан гонахара х1ума хуучу наха аьлла хилла, х1окху заманчохь Исраилан к1енташна юккъера божабер дуьненчу дер ду, т1аьхьа и бахьанехь Фир1авнан х1аллакьхилар хуьлуш. Цундела Фир1авна омра дина хилла, оцу хенахь дуьненчу даьлла Исраилан к1ентех божабераш дайа аьлла. Амма Дала кхочушдо Шен г1уллакх.
8 Дукха деттаделла.
9 И Муса шен кIант вуйла хаийта.
10 Мусан йише – шен йоIе‚ Марьям хилла цуьнан цIе.
11 Мусан – хIордан йистехула.
12 Мусан йишас – жима Муса цхьанна а зудчух вакха ца туьгура. Далла лиъна дара иза шен нене дIаверзаван.
13 Кхиъна ваьлла, онда стаг хилла ч1аг1велча. Мужах1идо аьлла иза хуьлу, 40 шаре ваьлча.
14 Тидам ца беш‚ хIумма ца хууш‚ я бийшана болуш.
15 Вийра, ца хууш.
16 Мусан тобанех волчу – хIинца Муса шена тоха воллуш ву моьттуш. Сабунийс боху и аьлларг къибтIи (Мисран вахархо) ву, Мусан тобанех волчо иштта эр дацара. Дела ву дика хууш верг.
17 Тхан уьстагIашна.
18 Цу шина йоIан дена – ШуIайб-пайхамарна.
19 Векал – кхузахь: теш.
20 Мисар агIора.
21 Шелбелла, некъах тилабелла бара уьш.
22 Жоьжахате.
23 Оха Мусага ваьхьий дохьуьйтуш, Фир1авна т1е г1о аьлла, омра деш, делахь а Оха дуьйцу хьоьга и хабарш.
24 Дала Мусаца къамел дина хилла болу лам – Синаъ.
25 Къуръан доссийра, цхьа аяташ вукхарал тIаьхьа доссош, 23 шарахь.
26 Жайнин ох1лах Мухьаммад-пайхамаре ийман диллинарш.
27 Къуръан доссале.
28 Нохчийн «Бусалба» (цхьадолчохь «Бусулба» олий язделла нисло) схьадаьлла 1арбийн مسلم Муслим бохучух, цуьнан орам اسلم Аслама ю. Муьт1ахь хилар бохург ду иза. Муслим муьт1ахь верг ву. Цунна т1едоьг1ча, массо а Делера дин Ислам ду, массо а Далла муьт1ахь верг, Делах кхоьруш верг бусалба ву.
29 Шеца дика хилла шен деваша Абу-ТIалиб иймане ван дукха лууш хилла элча‚ амма Делан хьикмат хилла и керста хьолехь висар.
30 Тешаме хьарам – Макка‚ шена чохь тIом бар дихкина йолу.
31 Хьалхарниг – дуьне.
32 ТIаьхьарниг – эхарт.
33 Схьавоккхур ву Дала къематдийнахь – кхузахь а‚ кхечахь а Дала дIаяханчу заманчохь дуьйцуш ду и хин долу хIуманаш.
34 Хаза духар дуьйхина.
35 Пасад – 1арбашха: فساد Фасад – боьха дерг, х1ума талхор.
36 Макка. Толам а боккхуш юха Макка верзор ма ву хьо Дала. Иза кхочушхилира х1ижран 8-чу шарахь.