32. Сурат АС-САЖДА

Сужуд дар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 30 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Алиф-лāм-мūм 1 . الم
2 Аят
Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара 2 . تَنزِيلُ الْكِتَابِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
3 Аят
Я цара олу: "Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза"? ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-Кхобучуьнгара ахь къомана кхерам тасархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара те? أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ بَلْ هُوَ الْحَقُّ مِن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوْمًا مَّا أَتَاهُم مِّن نَّذِيرٍ مِّن قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
4 Аят
Дела ву Ша стигалш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь 3 ‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша 4 тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а (доттагI)‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ аш ойла ца йо те? اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَى عَلَى الْعَرْشِ مَا لَكُم مِّن دُونِهِ مِن وَلِيٍّ وَلَا شَفِيعٍ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ
5 Аят
Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьтта тIе‚ тIаккха иза (омра) Цунна тIе айало дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш дагардечу кепара. يُدَبِّرُ الْأَمْرَ مِنَ السَّمَاء إِلَى الْأَرْضِ ثُمَّ يَعْرُجُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ أَلْفَ سَنَةٍ مِّمَّا تَعُدُّونَ
6 Аят
Иза ву хьуламехь дерг а, гучахь дерг а хууш верг а. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/. ذَلِكَ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
7 Аят
Иза ву Ша мел кхоьллинарг хазачу куьцара дина. Адам кхолла волавелла Иза поппарах. الَّذِي أَحْسَنَ كُلَّ شَيْءٍ خَلَقَهُ وَبَدَأَ خَلْقَ الْإِنسَانِ مِن طِينٍ
8 Аят
ТIаккха цуьнан т1аьхье хилийтира Цо ладамбоцчу хинан тIадамах 5 . ثُمَّ جَعَلَ نَسْلَهُ مِن سُلَالَةٍ مِّن مَّاء مَّهِينٍ
9 Аят
ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих /са/‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аш шукур дийриг. ثُمَّ سَوَّاهُ وَنَفَخَ فِيهِ مِن رُّوحِهِ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ قَلِيلًا مَّا تَشْكُرُونَ
10 Аят
Цара элира: "Тхо лаьттахь 6 дайча, тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарна керстахили. وَقَالُوا أَئِذَا ضَلَلْنَا فِي الْأَرْضِ أَئِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ بَلْ هُم بِلِقَاء رَبِّهِمْ كَافِرُونَ
11 Аят
Ахь āла: "Долуьйтур ду шу даларан малико 7 ‚ ша шуна тIе хIоттийна долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе шу дIадерзор ду. قُلْ يَتَوَفَّاكُم مَّلَكُ الْمَوْتِ الَّذِي وُكِّلَ بِكُمْ ثُمَّ إِلَى رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ
12 Аят
Хьуна гуш белахьара и къинош динарш шайн кортош охьатаIийна шайн Кхиош-Кхобучунна хьалхахь /олуш/: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ юхадерзадехьа тхо /дуьнен чу/ – дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца шеко йоццуш/ тешна ду". وَلَوْ تَرَى إِذِ الْمُجْرِمُونَ نَاكِسُو رُؤُوسِهِمْ عِندَ رَبِّهِمْ رَبَّنَا أَبْصَرْنَا وَسَمِعْنَا فَارْجِعْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا إِنَّا مُوقِنُونَ
13 Аят
Тхуна лиънехьара, Оха лур бара хIор сине шен нийса некъ‚ делахь а бакъхили-кх Соьгара дош: "Ас юзур ма ю жоьжахати жинех а, нахах а – /царах Далла 1еса хиллачарах/ массарах а". وَلَوْ شِئْنَا لَآتَيْنَا كُلَّ نَفْسٍ هُدَاهَا وَلَكِنْ حَقَّ الْقَوْلُ مِنِّي لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
14 Аят
Iовша /Iазап/ хIокху шайн /къемат/ денна дуьхьалкхетар аш дицдарна – Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь. فَذُوقُوا بِمَا نَسِيتُمْ لِقَاء يَوْمِكُمْ هَذَا إِنَّا نَسِينَاكُمْ وَذُوقُوا عَذَابَ الْخُلْدِ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
15 Аят
Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш хьехийча, суждане оьгуш берш‚ шайн Кхиош-Кхобучунна хастам барца тасбихь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш. إِنَّمَا يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا الَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِهَا خَرُّوا سُجَّدًا وَسَبَّحُوا بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ( سجدة واجبة )
16 Аят
Церан агIонаш айало /буьйшучу/ меттигашкара 8 ‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /дикачу агIор/ харжаш йо цара. تَتَجَافَى جُنُوبُهُمْ عَنِ الْمَضَاجِعِ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ خَوْفًا وَطَمَعًا وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
17 Аят
Ца хаьа синна‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарах шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал. فَلَا تَعْلَمُ نَفْسٌ مَّا أُخْفِيَ لَهُم مِّن قُرَّةِ أَعْيُنٍ جَزَاء بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
18 Аят
Ткъа муъма стаг хилла песакх 9 стагах тера? Нис ца ло уьш 10 . أَفَمَن كَانَ مُؤْمِنًا كَمَن كَانَ فَاسِقًا لَّا يَسْتَوُونَ
19 Аят
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь. أَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَلَهُمْ جَنَّاتُ الْمَأْوَى نُزُلًا بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
20 Аят
Ткъа песакх хилларш а – церан чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю. Царна цу чуьра арабовла мел лии, – цу чу юхаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу". وَأَمَّا الَّذِينَ فَسَقُوا فَمَأْوَاهُمُ النَّارُ كُلَّمَا أَرَادُوا أَن يَخْرُجُوا مِنْهَا أُعِيدُوا فِيهَا وَقِيلَ لَهُمْ ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّذِي كُنتُم بِهِ تُكَذِّبُونَ
21 Аят
Оха Iовшуьйтур ма ду цаьрга дайн Iазап 11 /эхартан/ доккха Iазапал хьалха, юхабоьрзур бацара те уьш /къиношдарх/. وَلَنُذِيقَنَّهُمْ مِنَ الْعَذَابِ الْأَدْنَى دُونَ الْعَذَابِ الْأَكْبَرِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
22 Аят
Ткъа мила ву зуламе, шен Кхиош-Кхобучун аяташ шена хьехадеш, тIаккха царах дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначаьргара бекхам оьцур берш ма ду. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ ثُمَّ أَعْرَضَ عَنْهَا إِنَّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ مُنتَقِمُونَ
23 Аят
Оха деллера Мусага жайна – хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца вовшахкхетарна 12 . Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кIенташна. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَلَا تَكُن فِي مِرْيَةٍ مِّن لِّقَائِهِ وَجَعَلْنَاهُ هُدًى لِّبَنِي إِسْرَائِيلَ
24 Аят
Оха хилийтира царах имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омранца, шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех ч1ог1а тешаш. وَجَعَلْنَا مِنْهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا لَمَّا صَبَرُوا وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يُوقِنُونَ
25 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
26 Аят
Ткъа Оха царал хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша а нис ца бо те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш д1асалелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Царна ца хеза те? أَوَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ أَفَلَا يَسْمَعُونَ
27 Аят
Царна ца хаьа те Оха д1алоллу хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту – цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го те? أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَسُوقُ الْمَاء إِلَى الْأَرْضِ الْجُرُزِ فَنُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا تَأْكُلُ مِنْهُ أَنْعَامُهُمْ وَأَنفُسُهُمْ أَفَلَا يُبْصِرُونَ
28 Аят
Цара (дин харцдечара) олу: "Маца хир бу /шун/ толам 13 /тхуна тIехь/, шу бакълуьйш хиллехь?" وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْفَتْحُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
29 Аят
Ахь āла: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац" /тōба дан/. قُلْ يَوْمَ الْفَتْحِ لَا يَنفَعُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِيمَانُهُمْ وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ
30 Аят
ДIаверза царах‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iаш. فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَانتَظِرْ إِنَّهُم مُّنتَظِرُونَ
1 Оцунах лаьцнарг хьалха деана. Делаца Шеца там болчу кепара нисвалар.
2 Делера.
3 К1ирандийнахь долийна, п1ерасканан дийнахь чекхдаьккхина.
4 Хьажа "ТIахIа" суратан 5-г1а аят.
5 Т1адам – кхузахь а, кхечу меттехь а: сперма, оралла.
6 Тхо дайча лаьттахь – тхо кешнаш чохь дахкаделла, дайна, д1адахча.
7 Даларан малико: Мовкалмавто - са оьцучу малика, 1израила.
8 Уьш кIеззиг буьйшу, Далла гIуллакх дар бахьанехь.
9 Песакъ – цхьаццанхьа 1арбаша ма олу فاسق фасикъ – Далла муьт1ахь хиларх д1авирзинарг.
10 Цхьатерра ца хуьлу уьш – муъма а‚ песакх а.
11 Дуьненахь баланаш тIекхуьссуш.
12 Лайлат аль-Исраъ буьйсанна Мухьаммад ﷺ вовшахкхийтира цуьнца – Мусаца. Сабунийна хетарехь, цуьнца – Делан жайница. "Хьо шеконехь ма хилалахь, хIай Мухьаммад, и Делан жайна Къуръан хьайга кхачарах, Мусага Таврат кхачарах терра". Иштта тайп-тайпана маьIна дина "цуьнца" бохучун. Дуккха а болчара хIара тIаьхьарниг толийна.
13 Толам – 1арбашха: الفتح Аль-фатхь. Оцу дешан дуккха маь1наш ду. Оцуьнца Далла луург, аль-Муджах1идана а, кхечу 1еламнахана а хетарехь, къематде ду. «Вайна юккъехь дерг къестар ду къематдийнахь, тхуна ялсамани, шуна жоьжахати хуьлуш», – олуш хилла бусалбанаша, керстанаша шаьш хьийзош. «Маца хир ду и къематде?» - олуш хилла керстанаша, ца бешаш. Оцу къематдийнахь дохкобевр бу керстанаш, цунах т1аккха пайда хир бац. Къематде деъначул т1аьхьа диллина ийман а, дина тоба а къобалдийр дац.