33. Сурат АЛЬ-АХЬЗАБ

Тобанаш
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 73 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ اتَّقِ اللَّهَ وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
2 Аят
Хьо тIаьхьахIотта хьайга ваьхьица[1] хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дог1учунна. Баккъалла а, Дела хили аш дийриг сов дика хууш. وَاتَّبِعْ مَا يُوحَى إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
3 Аят
Ахь Далла т1е таваккал[2] де  кхачо хили Делаца векал[3]. وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ وَكَفَى بِاللَّهِ وَكِيلًا
4 Аят
Ца дина Дала цхьанна а стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной[4]‚ аш долабаьхначу берийх шуна кIентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун баганашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа. مَّا جَعَلَ اللَّهُ لِرَجُلٍ مِّن قَلْبَيْنِ فِي جَوْفِهِ وَمَا جَعَلَ أَزْوَاجَكُمُ اللَّائِي تُظَاهِرُونَ مِنْهُنَّ أُمَّهَاتِكُمْ وَمَا جَعَلَ أَدْعِيَاءكُمْ أَبْنَاءكُمْ ذَلِكُمْ قَوْلُكُم بِأَفْوَاهِكُمْ وَاللَّهُ يَقُولُ الْحَقَّ وَهُوَ يَهْدِي السَّبِيلَ
5 Аят
Шайн дайшка (дайн ц1ерашца) кхайкха[5] цаьрга  иза ду мелхо а нийсадерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь,  шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалатдаьллачуьнгахь‚ аш дагалаьцначуьнгахь бен. Хили Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. ادْعُوهُمْ لِآبَائِهِمْ هُوَ أَقْسَطُ عِندَ اللَّهِ فَإِن لَّمْ تَعْلَمُوا آبَاءهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ وَمَوَالِيكُمْ وَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ فِيمَا أَخْطَأْتُم بِهِ وَلَكِن مَّا تَعَمَّدَتْ قُلُوبُكُمْ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
6 Аят
Пайхамар таме[6] ву муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вукхарал таме бу Делан жайнахь /кхечу/ муъма нахал а‚ хIижар дихкинчарал[7] а‚ аш шайн доттагIашна диканиг деш делахь бен[8]. Хили иза жайнахь дIаязделла. النَّبِيُّ أَوْلَى بِالْمُؤْمِنِينَ مِنْ أَنفُسِهِمْ وَأَزْوَاجُهُ أُمَّهَاتُهُمْ وَأُوْلُو الْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَى بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللَّهِ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ إِلَّا أَن تَفْعَلُوا إِلَى أَوْلِيَائِكُم مَّعْرُوفًا كَانَ ذَلِكَ فِي الْكِتَابِ مَسْطُورًا
7 Аят
Оха схьаийцира пайхамарашкара весет (дуйнаца ч1аг1о а еш)‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iийсагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа весет[9]. وَإِذْ أَخَذْنَا مِنَ النَّبِيِّينَ مِيثَاقَهُمْ وَمِنكَ وَمِن نُّوحٍ وَإِبْرَاهِيمَ وَمُوسَى وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ وَأَخَذْنَا مِنْهُم مِّيثَاقًا غَلِيظًا
8 Аят
Цо (Дала) бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап. لِيَسْأَلَ الصَّادِقِينَ عَن صِدْقِهِمْ وَأَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا أَلِيمًا
9 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадайта шайна хилла Делан ниIмат  шуна деара /маликийн/ эскар  Оха бахийтира царна тIе мох[10] а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гуш верг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَاءتْكُمْ جُنُودٌ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا وَجُنُودًا لَّمْ تَرَوْهَا وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا
10 Аят
Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а  /шун/ бIаьргаш хьен тIе бевлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна мотталора Делах лаьцна цхьацца /нийса доцу/ моттадаларш. إِذْ جَاؤُوكُم مِّن فَوْقِكُمْ وَمِنْ أَسْفَلَ مِنكُمْ وَإِذْ زَاغَتْ الْأَبْصَارُ وَبَلَغَتِ الْقُلُوبُ الْحَنَاجِرَ وَتَظُنُّونَ بِاللَّهِ الظُّنُونَا
11 Аят
Цигахь зийра муъма нах‚ /церан дегнаш кхераделла/ чIогIа тохаделира[11]. هُنَالِكَ ابْتُلِيَ الْمُؤْمِنُونَ وَزُلْزِلُوا زِلْزَالًا شَدِيدًا
12 Аят
/Ахь дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара[12] а элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац". وَإِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ مَّا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ إِلَّا غُرُورًا
13 Аят
/Ахь хьахаде/: царах цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибан[13] бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ юхадерза[14]". Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /ц1ахь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош даьсса ду". Даьсса ма дац уьш  царна луург бовдар ду-кх /тIам тIера/. وَإِذْ قَالَت طَّائِفَةٌ مِّنْهُمْ يَا أَهْلَ يَثْرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمْ فَارْجِعُوا وَيَسْتَأْذِنُ فَرِيقٌ مِّنْهُمُ النَّبِيَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوْرَةٌ وَمَا هِيَ بِعَوْرَةٍ إِن يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارًا
14 Аят
Царна чубахкийтича цуьнан (гIалин) йистошкахула‚ тIаккха цаьрга питана[15] дехча,  и лур ма дара хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна уьш. وَلَوْ دُخِلَتْ عَلَيْهِم مِّنْ أَقْطَارِهَا ثُمَّ سُئِلُوا الْفِتْنَةَ لَآتَوْهَا وَمَا تَلَبَّثُوا بِهَا إِلَّا يَسِيرًا
15 Аят
Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIам тIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш. وَلَقَدْ كَانُوا عَاهَدُوا اللَّهَ مِن قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ الْأَدْبَارَ وَكَانَ عَهْدُ اللَّهِ مَسْؤُولًا
16 Аят
Ахь āла: "Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кIеззиг бен бахам хир бац шуна т1аккха а". قُل لَّن يَنفَعَكُمُ الْفِرَارُ إِن فَرَرْتُم مِّنَ الْمَوْتِ أَوِ الْقَتْلِ وَإِذًا لَّا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًا
17 Аят
Ахь āла: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен (хила) лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам (хила) лиъча? Царна карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а". قُلْ مَن ذَا الَّذِي يَعْصِمُكُم مِّنَ اللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةً وَلَا يَجِدُونَ لَهُم مِّن دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
18 Аят
Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа кIеззиг бен ца бира цара (мунепакъаша шуьца цхьаьна) тIом (гIазот), قَدْ يَعْلَمُ اللَّهُ الْمُعَوِّقِينَ مِنكُمْ وَالْقَائِلِينَ لِإِخْوَانِهِمْ هَلُمَّ إِلَيْنَا وَلَا يَأْتُونَ الْبَأْسَ إِلَّا قَلِيلًا
19 Аят
/Иза а/ шуна /безамций, доглазарций/ бIаьрмециг хуьлуш а бен. Кхерам беъча, хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш, вала хорша еанарг санна. Кхерам дIабаьлча, шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш ийман диллина бац хьуна‚ Дала д1айойъу хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта. أَشِحَّةً عَلَيْكُمْ فَإِذَا جَاء الْخَوْفُ رَأَيْتَهُمْ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ تَدُورُ أَعْيُنُهُمْ كَالَّذِي يُغْشَى عَلَيْهِ مِنَ الْمَوْتِ فَإِذَا ذَهَبَ الْخَوْفُ سَلَقُوكُم بِأَلْسِنَةٍ حِدَادٍ أَشِحَّةً عَلَى الْخَيْرِ أُوْلَئِكَ لَمْ يُؤْمِنُوا فَأَحْبَطَ اللَّهُ أَعْمَالَهُمْ وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا
20 Аят
Царна моьтту и тобанаш[16] дIа ца яхна. И тобанаш еъча, царна лаьа кхелхаш лелачу Iарбашна юккъехь дIасалеларш[17] хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шуна юккъехь хилча а, кIеззиг бен тIом бира бацара цара. يَحْسَبُونَ الْأَحْزَابَ لَمْ يَذْهَبُوا وَإِن يَأْتِ الْأَحْزَابُ يَوَدُّوا لَوْ أَنَّهُم بَادُونَ فِي الْأَعْرَابِ يَسْأَلُونَ عَنْ أَنبَائِكُمْ وَلَوْ كَانُوا فِيكُم مَّا قَاتَلُوا إِلَّا قَلِيلًا
21 Аят
Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза масал - /шух/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а дог дохуш волчунна а‚ дуккха а Дела хьехош волчунна а[18]. لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِي رَسُولِ اللَّهِ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِّمَن كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ وَذَكَرَ اللَّهَ كَثِيرًا
22 Аят
Муъма наха, шайна и /т1ом бан йог1у керстанийн/ тобанаш гича‚ элира: "ХIара ю Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълийна Дела а‚ Цуьнан элча а". /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху ийманца а‚ муьтIахь хиларца а бен. وَلَمَّا رَأَى الْمُؤْمِنُونَ الْأَحْزَابَ قَالُوا هَذَا مَا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَصَدَقَ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَمَا زَادَهُمْ إِلَّا إِيمَانًا وَتَسْلِيمًا
23 Аят
Муъма нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царах шен Iожалла т1екхаьчнарг (велларг) а ву‚ царах /г1азотехь вала/ хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн Делаца хиллачу ваIдин/ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ رِجَالٌ صَدَقُوا مَا عَاهَدُوا اللَّهَ عَلَيْهِ فَمِنْهُم مَّن قَضَى نَحْبَهُ وَمِنْهُم مَّن يَنتَظِرُ وَمَا بَدَّلُوا تَبْدِيلًا
24 Аят
Дала ял ялархьама бакълийначарна шайн бакълерца‚ Iазап дархьама мунепакъашна, Шена лаахь‚ я гечдархьама царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. لِيَجْزِيَ اللَّهُ الصَّادِقِينَ بِصِدْقِهِمْ وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ إِن شَاء أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا
25 Аят
Дала юхаберзийра цатешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикачух. Кхачо хилийтира Дала муъма нахана тIамах[19]. Хили Дела нуьцкъала верг а‚ веза верг а. وَرَدَّ اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِغَيْظِهِمْ لَمْ يَنَالُوا خَيْرًا وَكَفَى اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ الْقِتَالَ وَكَانَ اللَّهُ قَوِيًّا عَزِيزًا
26 Аят
/Дала/ охьабоссийра жайнин ох1лах царна гIо дина хилларш[20] шайн чIагIонашкара‚ Цо биллира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аш бойу‚ цхьаберш аш йийсаре луьйцу. وَأَنزَلَ الَّذِينَ ظَاهَرُوهُم مِّنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِن صَيَاصِيهِمْ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ فَرِيقًا تَقْتُلُونَ وَتَأْسِرُونَ فَرِيقًا
27 Аят
Цо ирсана шуна делира церан латта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ /кхин/ аш хьешна доцу латта а. Хили Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш[21]. وَأَوْرَثَكُمْ أَرْضَهُمْ وَدِيَارَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ وَأَرْضًا لَّمْ تَطَؤُوهَا وَكَانَ اللَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا
28 Аят
ХIай пайхамар! Ахь āла хьайн зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла  ас йитинчу зудчунна дог1ург лур ду шуна‚ хазачу кепара паргIатдохур ду шу[22]. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُل لِّأَزْوَاجِكَ إِن كُنتُنَّ تُرِدْنَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا فَتَعَالَيْنَ أُمَتِّعْكُنَّ وَأُسَرِّحْكُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا
29 Аят
Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а (ялсамане),  Дала кечйина шух диканиг дечарна сийлахь- йоккха ял. وَإِن كُنتُنَّ تُرِدْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَالدَّارَ الْآخِرَةَ فَإِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْمُحْسِنَاتِ مِنكُنَّ أَجْرًا عَظِيمًا
30 Аят
ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна  шозза алсам хир ду цунна Iазап. Хили иза Далла атта. يَا نِسَاء النَّبِيِّ مَن يَأْتِ مِنكُنَّ بِفَاحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍ يُضَاعَفْ لَهَا الْعَذَابُ ضِعْفَيْنِ وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا ( الجزء الثاني والعشرون )
31 Аят
Шух[23] Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг  цунна ял лур ю Оха шозза. Оха цунна кечдина сийлахь рицкъ. وَمَن يَقْنُتْ مِنكُنَّ لِلَّهِ وَرَسُولِهِ وَتَعْمَلْ صَالِحًا نُّؤْتِهَا أَجْرَهَا مَرَّتَيْنِ وَأَعْتَدْنَا لَهَا رِزْقًا كَرِيمًا
32 Аят
ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьаннах а тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь, ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/  тIаккха шен дагчохь цамгар ерг тIехьийзар ву‚ аш āла дика дош[24]. يَا نِسَاء النَّبِيِّ لَسْتُنَّ كَأَحَدٍ مِّنَ النِّسَاء إِنِ اتَّقَيْتُنَّ فَلَا تَخْضَعْنَ بِالْقَوْلِ فَيَطْمَعَ الَّذِي فِي قَلْبِهِ مَرَضٌ وَقُلْنَ قَوْلًا مَّعْرُوفًا
33 Аят
Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кечдаларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца. وَقَرْنَ فِي بُيُوتِكُنَّ وَلَا تَبَرَّجْنَ تَبَرُّجَ الْجَاهِلِيَّةِ الْأُولَى وَأَقِمْنَ الصَّلَاةَ وَآتِينَ الزَّكَاةَ وَأَطِعْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيُذْهِبَ عَنكُمُ الرِّجْسَ أَهْلَ الْبَيْتِ وَيُطَهِّرَكُمْ تَطْهِيرًا
34 Аят
Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат[25] а. Баккъалла а, Дела хили дика кхеташ верг а‚ сов дика хууш верг а. وَاذْكُرْنَ مَا يُتْلَى فِي بُيُوتِكُنَّ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ وَالْحِكْمَةِ إِنَّ اللَّهَ كَانَ لَطِيفًا خَبِيرًا
35 Аят
Баккъалла а, бусалба божарий а‚ бусалба зударий а‚ муъма божарий а‚ муъма зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха кхобу божарий а‚ марха кхобу зударий а‚ шайн эвхьаза йолу меттигаш[26] ларъеш болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха а Дела хьехош болу божарий а‚ зударий а  кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а. إِنَّ الْمُسْلِمِينَ وَالْمُسْلِمَاتِ وَالْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَالْقَانِتِينَ وَالْقَانِتَاتِ وَالصَّادِقِينَ وَالصَّادِقَاتِ وَالصَّابِرِينَ وَالصَّابِرَاتِ وَالْخَاشِعِينَ وَالْخَاشِعَاتِ وَالْمُتَصَدِّقِينَ وَالْمُتَصَدِّقَاتِ وَالصَّائِمِينَ وَالصَّائِمَاتِ وَالْحَافِظِينَ فُرُوجَهُمْ وَالْحَافِظَاتِ وَالذَّاكِرِينَ اللَّهَ كَثِيرًا وَالذَّاكِرَاتِ أَعَدَّ اللَّهُ لَهُم مَّغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا
36 Аят
Ца хилла[27] муъма стагана‚ я муъма зудчунна, Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича, шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжа бакъо[28]. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iеса верг тилавелла билгалчу тиларца. وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ وَلَا مُؤْمِنَةٍ إِذَا قَضَى اللَّهُ وَرَسُولُهُ أَمْرًا أَن يَكُونَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ مِنْ أَمْرِهِمْ وَمَن يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا مُّبِينًا
37 Аят
/Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга[29]: "Хьайгахь кхаба хьайн зуда‚ Делах кхера!" Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъма нахана хало ца хилийтархьама, шаьш дай хIиттинчу кIентийн зударий бало, цара шайн цаьрца долу гIуллакх чекхдаькхича (шарIехь уьш битича). Хили Делан гIуллакх дина даьлла. وَإِذْ تَقُولُ لِلَّذِي أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَأَنْعَمْتَ عَلَيْهِ أَمْسِكْ عَلَيْكَ زَوْجَكَ وَاتَّقِ اللَّهَ وَتُخْفِي فِي نَفْسِكَ مَا اللَّهُ مُبْدِيهِ وَتَخْشَى النَّاسَ وَاللَّهُ أَحَقُّ أَن تَخْشَاهُ فَلَمَّا قَضَى زَيْدٌ مِّنْهَا وَطَرًا زَوَّجْنَاكَهَا لِكَيْ لَا يَكُونَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ حَرَجٌ فِي أَزْوَاجِ أَدْعِيَائِهِمْ إِذَا قَضَوْا مِنْهُنَّ وَطَرًا وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا
38 Аят
Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь  Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочушхилла. مَّا كَانَ عَلَى النَّبِيِّ مِنْ حَرَجٍ فِيمَا فَرَضَ اللَّهُ لَهُ سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِن قَبْلُ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ قَدَرًا مَّقْدُورًا
39 Аят
Ишттанаш бу уьш (хьалхабаханарш) шаьш Делан элчаналла кхочушдина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучарах цхьаннах ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг. الَّذِينَ يُبَلِّغُونَ رِسَالَاتِ اللَّهِ وَيَخْشَوْنَهُ وَلَا يَخْشَوْنَ أَحَدًا إِلَّا اللَّهَ وَكَفَى بِاللَّهِ حَسِيبًا
40 Аят
Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьаннан а да‚ делахь а Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза[30]. Хили Дела массо а хIума хууш верг. مَّا كَانَ مُحَمَّدٌ أَبَا أَحَدٍ مِّن رِّجَالِكُمْ وَلَكِن رَّسُولَ اللَّهِ وَخَاتَمَ النَّبِيِّينَ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
41 Аят
ХIай ийман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا اللَّهَ ذِكْرًا كَثِيرًا
42 Аят
Тасбихь де Цунна Iуьйранна а‚ суьйранна а. وَسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
43 Аят
Иза ву шух къинхетам беш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъма нахах къинхетам беш верг. هُوَ الَّذِي يُصَلِّي عَلَيْكُمْ وَمَلَائِكَتُهُ لِيُخْرِجَكُم مِّنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَكَانَ بِالْمُؤْمِنِينَ رَحِيمًا
44 Аят
Церан маршалла Цунна дуьхьалкхеттачу дийнахь  салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял. تَحِيَّتُهُمْ يَوْمَ يَلْقَوْنَهُ سَلَامٌ وَأَعَدَّ لَهُمْ أَجْرًا كَرِيمًا
45 Аят
ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаанча хилла‚ кхерамча хилла. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
46 Аят
Деле кхойкхуш верг а хилла, Цуьнан пурбанца‚ нуьре чиркх а хилла /вахийтина хьо/. وَدَاعِيًا إِلَى اللَّهِ بِإِذْنِهِ وَسِرَاجًا مُّنِيرًا
47 Аят
Ахь кхаъ баккха муъма нахе, царна Делера йоккха комаьршалла[31] ю аьлла. وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ بِأَنَّ لَهُم مِّنَ اللَّهِ فَضْلًا كَبِيرًا
48 Аят
МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачарна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш[32]. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал. وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ وَدَعْ أَذَاهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ وَكَفَى بِاللَّهِ وَكِيلًا
49 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш муъма зударий балийча‚ тIаккха уьш битича, шу царах хьакхадалале[33], шуна царна тIехь цхьа Iиддат[34] дац, аш терго ян дезаш. Ло царна шайн пайда эццал хIума[35]‚ хазачу кепара бита уьш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نَكَحْتُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِن قَبْلِ أَن تَمَسُّوهُنَّ فَمَا لَكُمْ عَلَيْهِنَّ مِنْ عِدَّةٍ تَعْتَدُّونَهَا فَمَتِّعُوهُنَّ وَسَرِّحُوهُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا
50 Аят
ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахь шайна мах[36] белла болу‚ хьан аьтту куьйга доладинарш[37] хьуна Дала хIонсана беллачарах‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъма зуда а‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза яло а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъма нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола- диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَحْلَلْنَا لَكَ أَزْوَاجَكَ اللَّاتِي آتَيْتَ أُجُورَهُنَّ وَمَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ مِمَّا أَفَاء اللَّهُ عَلَيْكَ وَبَنَاتِ عَمِّكَ وَبَنَاتِ عَمَّاتِكَ وَبَنَاتِ خَالِكَ وَبَنَاتِ خَالَاتِكَ اللَّاتِي هَاجَرْنَ مَعَكَ وَامْرَأَةً مُّؤْمِنَةً إِن وَهَبَتْ نَفْسَهَا لِلنَّبِيِّ إِنْ أَرَادَ النَّبِيُّ أَن يَسْتَنكِحَهَا خَالِصَةً لَّكَ مِن دُونِ الْمُؤْمِنِينَ قَدْ عَلِمْنَا مَا فَرَضْنَا عَلَيْهِمْ فِي أَزْوَاجِهِمْ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ لِكَيْلَا يَكُونَ عَلَيْكَ حَرَجٌ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
51 Аят
Ахь тIаьхьатоттур ю хьайна луург царах[38], хьайна тIелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах  къа дац хьуна /хьо цунна тIевахарх/. Иза мелхо а герга ду церан бIаьргаш бузарна[39]‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш резахиларна а ахьа шайна деллачух  уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хIума шен-шена меттиге дIанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таIзар дарехь/ сих ца луш верг а. تُرْجِي مَن تَشَاء مِنْهُنَّ وَتُؤْوِي إِلَيْكَ مَن تَشَاء وَمَنِ ابْتَغَيْتَ مِمَّنْ عَزَلْتَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكَ ذَلِكَ أَدْنَى أَن تَقَرَّ أَعْيُنُهُنَّ وَلَا يَحْزَنَّ وَيَرْضَيْنَ بِمَا آتَيْتَهُنَّ كُلُّهُنَّ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي قُلُوبِكُمْ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَلِيمًا
52 Аят
Хьанал бац хьуна зударий царал сов а‚ уьш хийцар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго доладинарш боцурш. Хили Дела массо а хIуманна тIехь терго еш верг. لَا يَحِلُّ لَكَ النِّسَاء مِن بَعْدُ وَلَا أَن تَبَدَّلَ بِهِنَّ مِنْ أَزْوَاجٍ وَلَوْ أَعْجَبَكَ حُسْنُهُنَّ إِلَّا مَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ وَكَانَ اللَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ رَّقِيبًا
53 Аят
ХIай ийман диллинарш! Пайхамаран цIеношна чу ма гIолаш, шайна пурба делча бен, кхача баа, /тIаккха а дукха хьалха ма гIолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iан. Мухха делахь а, шайга кхайкхича,  чу гIо. Шаьш хIума йиъча, дIасадаржа‚ хабарна юкъа а ца доьлхуш. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хIума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза мелхо а цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цкъана цкъа а. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза-доккханиг (къа). يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتَ النَّبِيِّ إِلَّا أَن يُؤْذَنَ لَكُمْ إِلَى طَعَامٍ غَيْرَ نَاظِرِينَ إِنَاهُ وَلَكِنْ إِذَا دُعِيتُمْ فَادْخُلُوا فَإِذَا طَعِمْتُمْ فَانتَشِرُوا وَلَا مُسْتَأْنِسِينَ لِحَدِيثٍ إِنَّ ذَلِكُمْ كَانَ يُؤْذِي النَّبِيَّ فَيَسْتَحْيِي مِنكُمْ وَاللَّهُ لَا يَسْتَحْيِي مِنَ الْحَقِّ وَإِذَا سَأَلْتُمُوهُنَّ مَتَاعًا فَاسْأَلُوهُنَّ مِن وَرَاء حِجَابٍ ذَلِكُمْ أَطْهَرُ لِقُلُوبِكُمْ وَقُلُوبِهِنَّ وَمَا كَانَ لَكُمْ أَن تُؤْذُوا رَسُولَ اللَّهِ وَلَا أَن تَنكِحُوا أَزْوَاجَهُ مِن بَعْدِهِ أَبَدًا إِنَّ ذَلِكُمْ كَانَ عِندَ اللَّهِ عَظِيمًا
54 Аят
Аш гучудаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и  баккъалла а, Дела хили массо а хIума хууш верг. إِن تُبْدُوا شَيْئًا أَوْ تُخْفُوهُ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
55 Аят
Къа дац царна (зударшна‚ кхоччуш хьул ца белча) шайн дайшна‚ шайн кIенташна‚ шайн вежаршна‚ шайн вежарийн кIенташна‚ шайн йижарийн кIенташна‚ шайн /хьалха болчу/ зударшна‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна хьалхахь. Делах кхералаш /шу зударий  хийрачу божаршна гучудовларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо а хIуманна тIехь теш. لَّا جُنَاحَ عَلَيْهِنَّ فِي آبَائِهِنَّ وَلَا أَبْنَائِهِنَّ وَلَا إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاء إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاء أَخَوَاتِهِنَّ وَلَا نِسَائِهِنَّ وَلَا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ وَاتَّقِينَ اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا
56 Аят
Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот[40] дуьллу пайхамарна. ХIай ийман диллинарш! Аша а дилла цунна салот‚ салам ло маршаллица. إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
57 Аят
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьйтуш берш  Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсаза Iазап. إِنَّ الَّذِينَ يُؤْذُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَعَنَهُمُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَأَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا مُّهِينًا
58 Аят
Муъма божаршна а‚ муъма зударшна а, цаьргара даьлла х1умма а доццушехь[41], халахоьтуьйтуш берш – цара (шайна т1ехь) д1ахьо доккха эладита а‚ билгала къа а. وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ بِغَيْرِ مَا اكْتَسَبُوا فَقَدِ احْتَمَلُوا بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا
59 Аят
ХIай пайхамар! Āла хьайн зударшка а‚ хьайн мехкаршка а‚ муъма нехан зударшка а, шайна тIе шайн оба (паранжа‚ парду) узийла цара. Иза мелхо а герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар цадарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُل لِّأَزْوَاجِكَ وَبَنَاتِكَ وَنِسَاء الْمُؤْمِنِينَ يُدْنِينَ عَلَيْهِنَّ مِن جَلَابِيبِهِنَّ ذَلِكَ أَدْنَى أَن يُعْرَفْنَ فَلَا يُؤْذَيْنَ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
60 Аят
Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь, Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе[42]. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен. لَئِن لَّمْ يَنتَهِ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ وَالْمُرْجِفُونَ فِي الْمَدِينَةِ لَنُغْرِيَنَّكَ بِهِمْ ثُمَّ لَا يُجَاوِرُونَكَ فِيهَا إِلَّا قَلِيلًا
61 Аят
Шайна неIалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь а, схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу (къиза) байарца. مَلْعُونِينَ أَيْنَمَا ثُقِفُوا أُخِذُوا وَقُتِّلُوا تَقْتِيلًا
62 Аят
Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам. سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِن قَبْلُ وَلَن تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
63 Аят
Хьоьга хоьтту наха сахьтах[43] лаьцна. Ахь āла: "Цуьнан Iилма Далла гергахь ду". Стен хоуьйту хьоьга?  и сахьт-м гергадеана хила а мега. يَسْأَلُكَ النَّاسُ عَنِ السَّاعَةِ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ اللَّهِ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ تَكُونُ قَرِيبًا
64 Аят
Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. إِنَّ اللَّهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا
65 Аят
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а вали а‚ гIоьнча а. خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا لَّا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
66 Аят
Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош, цара эр ма ду: "Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчанна муьтIахь!" يَوْمَ تُقَلَّبُ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ يَقُولُونَ يَا لَيْتَنَا أَطَعْنَا اللَّهَ وَأَطَعْنَا الرَّسُولَا
67 Аят
Цара элира: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тилий тхо /нийсачу/ некъах. وَقَالُوا رَبَّنَا إِنَّا أَطَعْنَا سَادَتَنَا وَكُبَرَاءنَا فَأَضَلُّونَا السَّبِيلَا
68 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург‚ лōлахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна". رَبَّنَا آتِهِمْ ضِعْفَيْنِ مِنَ الْعَذَابِ وَالْعَنْهُمْ لَعْنًا كَبِيرًا
69 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарах тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ آذَوْا مُوسَى فَبَرَّأَهُ اللَّهُ مِمَّا قَالُوا وَكَانَ عِندَ اللَّهِ وَجِيهًا
70 Аят
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا
71 Аят
Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг  цо баьккхина боккха толам. يُصْلِحْ لَكُمْ أَعْمَالَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَمَن يُطِعْ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا
72 Аят
Оха хьалхадиллира аманат[44] стигалшна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а  уьш дуьхьал хилира и д1адахьа‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадаьхьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а. إِنَّا عَرَضْنَا الْأَمَانَةَ عَلَى السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالْجِبَالِ فَأَبَيْنَ أَن يَحْمِلْنَهَا وَأَشْفَقْنَ مِنْهَا وَحَمَلَهَا الْإِنسَانُ إِنَّهُ كَانَ ظَلُومًا جَهُولًا
73 Аят
(И дира) Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчу[45] божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала тōба къобалдархьама муъма божарийн а‚ муъма зударийн а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. لِيُعَذِّبَ اللَّهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ وَيَتُوبَ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
[1]Ваьхьий – 1арбашха: وحى вахьйун – Делера хаамаш; Дала Джабраил маликехула пайхамаре доссош хилла долу Къуръанан аяташ.
[2]Хьо Далла тIе товжа айхьа дечу гIуллакхехь.
[3]Кхачо хили Делаца векал – и Дела ахь Шена т1едиллина муьлхха г1уллакх кхочушдалуш ву.
[4]Iарбаша, шаьш зуда юьтуш, цуьнга олуш хилла: "Хьан букъ сан ненан букъах тера хета суна". Иштта шен нана санна, хьарам еш хилла цо иза шена. Царах шун наной ца хуьлу‚ боху Къуръано.
[5]Шайн цIарна тIе ма баха уьш‚ шаьш тIелаьцна болу кхечеран бераш, шайн дайн ц1ара т1ехь бита уьш. Нагахь санна да вевзаш вацахь, Делан лен ву ала (1арбашха: عبد الله 1абдуллах1, муьлхха 1абд хьалхахь долу ц1е).
[6]Мелхо а гергара.
[7]Маккара Мадинате дIакхелхинарш.
[8]Шун ирс оьцур берш шун гергарнаш бу (дай‚ кIентий и. дI. кх.)‚ динехь болу вежарий‚ я хьоьца хIижар динарш боцуш. Аш царна совгIатна луш елахь (ирс доцуш), иза мега. Хьалха Мадинате д1а ма кхелхинехь, мух1ажираш вовшашкара ирс оьцуш хилла, гергарлонашка ца хьоьжуш. Ткъа х1инца, бусалбанаш ч1аг1белча, и хьукам д1адоккху Дала: ирс гергарчара оьцур ду вовшийн, боху.
[9]Шайна тIедиллина хIума кхочушдийр ду шаьш‚ аьлла.
[10]Мадинатана тIе керстанийн тобанаш лата кечъелча, пайхамаро ﷺ, гІажарийн Салмана хьехарца, юьртана гонахьа доккха ор (1арбашха: خندق Хундукъ) даккха аьлла, омра дира. Керстанийн эскарш, цунна сехьабовла ца луш, четарш тоьхна, лаьттийра баттахь сов. Т1аккха Дала чIогIа мох балийтина, маликийн эскар дахийтина бохийра уьш. Хундукъ г1азот (غزوة الخندق ) я Тобанашца г1азот (غزوة الاحزاب ) аьлла, ч1аг1делла и исторехь. Иза хилира Х1ижран терахьан пхи шо даьлча, шавваль беттахь. Бусалбанаш 3 эзар стаг вара, мушрикаш – 10 эзар, х1етте а Делан г1оьнца туьйлира бусалбанаш, сурато ма-дуьйццу.
[11]Мохк бегош санна, деттаделира церан дегнаш ч1ог1а кхераделла Дала шайна т1е, уьш зерхьама, кхерам, т1ом, мацалла т1екхоьссича.
[12]Дегнашкахь цамгар ерш – шайн ийман ледара дерш.
[13]Ясриб  Мадинат-гIалин хьалха хилла йолу цIе.
[14]Уьш хилла Авас бин Къайза а, цунна т1аьхьах1иттинарш а, Убай бин Салул а, цуьнан накъостий а – Мадинатехь бехаш хилла коьрта мунепакъаш. Цара аьлла хилла г1азоте баьхкинчу нахе: «Ма латта кхузахь, Мухьаммад витий, ц1а г1о».
[15]Муъма нахана дуьхьалбовла аьлча, - и кхочушдийр ма дара цу мунепакъаша.
[16]Керстанийн эскарш.
[17]Кочевникаш.
[18]Ц1ена бусалба стагана, Делера меле дог дохуш волчу, цуьнан 1азапах кхоьруш волчу, Делан элчано хаза масал гойту шена т1аьхьах1отта.
[19]ТIом ца беш, хIаллакхилла юхабирзира цатешарш.
[20]Уьш бара жуьгтийн къаризат тайпанан нах. Бусалбанашца хилла болу барт бохош, царах лата баьхкинчу къурайшийн мушрикийн аг1ор бевлира уьш. Т1аккха мушрикаш, шайна даккхий зенаш хилла, Мадинатана гонахьара д1абевдича, Делан элча ﷺ шен эскарца т1евирзира оцу шайна тешнабехк биначарна. Эшийна, шаьш ч1аг1белла хиллачу б1аьвнашкара охьабиссийра уьш. Са1ад бин Му1азан хьукаманца ч1ог1а та1зар дира царна божарий бойуш, зударий йийсаре лоьцуш. И хилира х1ижран терахьца 5-чу шарахь.
[21]Иштта жуьгташа чIогIа чIагIйина хилла йолу Хайбар-гIала а яккхира бусалбанаша х1ижран 6-чу шарахь.
[22]Дуьтур ду шу. Делан г1оьнца пайхамара, мостаг1ийн тобанаш эшийна, жуьгтийн къаризат а, надир тайпанаш эшийна, церан бахам бусалбанийн долабаьккхича, цуьнан зударшна моттаделира жуьгтийн зударшкахь хилла йолу хазаллаш шайна хила еза аьлла. Цара, Делан элчанна гонах а хевшина, цуьнга элира: «Х1ай Делан элча! ГІажарийн паччахьан Кисран а, Румойн паччахьан а зударий хазаллашкахь бу, ткъа тхо, хьуна ма-гго, х1окху пекъараллехь ду.» Цара и паччахьийн зударийн бахам шега бехарх пайхамарна ч1ог1а цатам белира. Т1аккха Дала доссийра и аяташ.
[23]Х1ара къамел пайхамаран ﷺ зударшка ду.
[24]Кхузахь Дала боху пайхамаран зударшка а, цаьргахула массо а муъма нехан зударшка а: хийрачу божаршца эвхьаза ма хила, оьзда 1е. Нагахь хийра божарий цаьрца забарш ян г1ертахь, шайна и забарш ца оьший хаийтий, д1абахийта, шаьш ала дезарг а алий. Хьадисехь ду боьрша стаг а, хийра зуда а шаьш цхьаьна чохь ма лаьттийла аьлла, латтахь, цаьрца кхоалг1аниг шайт1а ду аьлла.
[25]Хьикмат – хьекъалалла.
[26]Эвхьаза йолу меттигаш – 1оврат. Хийрачу нахана дег1а т1ехь гучу ца яха еза меженаш. Боьршачу стеган 1оврат ц1онганан а, гоьлийн а юкъ ю, ц1онга чу а лоцуш. Зудчун 1оврат хийрачу божарашна хьалхахь а, ламаз т1ехь а дерриге а дег1 ду, куьйгаш а, юьхь а йоцург.
[27]Ца хилла – цкъа а хила йиш яц, хуьлийла а дац, уьш бусалба белахь.
[28]Къуръано а‚ суннато а динчунна муьтIахь хила беза уьш‚ шаьш бусалбанаш белахь.
[29]Делан элчано ша да хIоьттинчу кIантана Зайдана (Хьарисатан кIант) зуда ялийна хилла - Асадийн Зайнаб. Зайд цуьнца тарлуш ца хилла. Иза пайхамаре ша цуьнца къаставайта веана. Ткъа Дала пайхамаре хьалха хаийтина хилла, и Зайнаб хьан зуда хир ю аьлла‚ иза ахь ялае аьлла, Зайда йитича. Доьдуш долчу Iадатехь и яло ца мегаш хилла. Ткъа Дала и Iадат, нийса цахилар гойтуш, дохош ду кху аятаца. Цхьадолчу жайнашкахь оцунах лаьцна дукха харц х1уманаш дуьйцу. Ишттачарах ду: Делан элчанна гинера, боху, Зайда ялинчул т1аьхьа Зайнаб. И хазъелла, цо элира, тов : « سبحان ألله مقلب ألقلوب Субхьаналлах1! Мукъаллибал къулуб» (Хастамберг, дегнаш хьийзориг ву-кх Хьо, Дела!). И хезира, боху, Зайнабна – цо дийцира Зайде. Т1аккха Зайд веара элчанна т1е, Зайнабца къаста лууш ву ша, аьлла. Т1аккха цо и шена ялийра, боху. И хабар доккха эладита ду, Ислам динан мостаг1аша я и ца девзачара даржош долу, сийлахь волчу пайхамарна 1оттар а ю иза. И дийца-м муххале а, дагадайта а мегар дац. И мог1арерачу сгагана а оьзда доцу х1ума ду, ткъа муха долуьйтур ду иза шегара Дала уггар вазвинчу стага?!! Цкъа а долуьйтур дац! Бакъдерг вай хьалха далийнарг ду.
[30]ТIаьххьара пайхамар ву иза. Х1окху аято боху Зайд пайхамаран к1ант хуьлуьйла дац.
[31]Комаьршалла- кхузахь: даккхий совг1аташ ялсаманехь.
[32]Терго ма е церан.
[33]Шу царна гергадахале майрачун а, зудчун а юкъаметтигца.
[34]Iиддат  зуда кхузза цIанлун хан (3 бутт гергга). Зуда ялош (марехь хилларг)‚ юьтуш терго ян еза цу хенан.
[35]Нагахь санна аш урду хьахийна ца хиллехь‚ хьахийна хиллехь  ах урду ло царна.
[36] Урдо.
[37]Аьтту куьйга доладина зударий  дин бахьанехь тIом беш карабеана болу мостагIийн зударий. Кхин оцунах лаьцнарг хьалха деана.
[38]Хьан зударех  и йолчу вахарехь. Сабунис иштта даьстина и аят: «Хьан бакъо ю, хIай Мухьаммад, хьайн зударех хьайна луург йита а, хьайна луург кхаба а.»
[39]Хазахетарна.
[40]Дала пайхамарна салот диллар  Дала Мухьаммад-пайхамар ﷺ хеставар ду Шен дезачу маликийн гергахь‚ цунах къинхетам бар ду. Маликаша салот диллар цара Деле пайхамарна къинхетам а, дозалла а дехар ду. Маликаша пайхамарна салот диллар  цара цунна массо а дика мел дерг а, къинхетам а боьхуш, Деле до1а дар ду.
[41]Бехке боцчу муъма нахана халахоьтуьйтучарна доккха къа ду.
[42]Хьоьга 1азап дойтур ду царна.
[43]Къематде.
[44]Аманат – 1арбашха: ألأمانة –Аманат - тешам. Кхузахь: парзаш, декхарш; закъалт. Далла дуьхьал ца хилира уьш. Уьш кхийрира шайна и Делан тешам д1абахьалур бац аьлла. Адам ца кхийрира и декхарш шена т1елаца.
[45]Делаца накъост лаьцначу.