34. Сурат САБАЪ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 54 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хастам бу Далла‚ Шена стигалашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьикмате верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву. الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَلَهُ الْحَمْدُ فِي الْآخِرَةِ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ
2 Аят
Цунна хаьа латтана чудулуш дерг а‚ оцунах схьадолуш дерг а‚ стигалара охьадогIуш дерг а‚ цига ирхдолуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш 1 верг а ву. يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ السَّمَاء وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا وَهُوَ الرَّحِيمُ الْغَفُورُ
3 Аят
Цатешачара элира: "Сахьт (къематде) вайна догIур а дац". Ахь āла: "ХIаъ‚ сан Кхиош-Кхобучух дуй боу ас‚ къайлаха дерг хууш волчу: догIур долуш ма ду иза шуна". Цунах (Делах) къайладер дац мискъалан зарраттал хIума стигалшкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайни 2 чохь долуш бен. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَأْتِينَا السَّاعَةُ قُلْ بَلَى وَرَبِّي لَتَأْتِيَنَّكُمْ عَالِمِ الْغَيْبِ لَا يَعْزُبُ عَنْهُ مِثْقَالُ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَلَا أَصْغَرُ مِن ذَلِكَ وَلَا أَكْبَرُ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ
4 Аят
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а хир дерш. لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُوْلَئِكَ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
5 Аят
Тхан аяташ талхо къахьоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ – царна Iазап ду лазош долчу таIзарх. وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُوْلَئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مِّن رِّجْزٍ أَلِيمٌ
6 Аят
Шайна Iилма деллачарна 3 хаьа хьуна хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу веза волчун‚ хастаме волчун (Делан) новкъа. وَيَرَى الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ الَّذِي أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ هُوَ الْحَقَّ وَيَهْدِي إِلَى صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ
7 Аят
Цатешначара элира: "Оха нисдой шу цхьана стагана 4 тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу ерриг кийсак хилла /кешний чохь/ дахкаделча, шу керлачу кхоллар чохь хир ду /юха дендийр ду/‚ бохуш волчу? وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا هَلْ نَدُلُّكُمْ عَلَى رَجُلٍ يُنَبِّئُكُمْ إِذَا مُزِّقْتُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّكُمْ لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ
8 Аят
Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапа чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу. أَفْتَرَى عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَم بِهِ جِنَّةٌ بَلِ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ فِي الْعَذَابِ وَالضَّلَالِ الْبَعِيدِ
9 Аят
Царна ца го те стигалара а, лаьттара а шайна хьалха а, тIехьа а дерг? Тхуна лиънехьара, Оха лаьтте худуьйтур бара уьш‚ я стигалара кийсакаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду /тобадарца Далла / т1евоьрзуш волчу лена. أَفَلَمْ يَرَوْا إِلَى مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُم مِّنَ السَّمَاء وَالْأَرْضِ إِن نَّشَأْ نَخْسِفْ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ نُسْقِطْ عَلَيْهِمْ كِسَفًا مِّنَ السَّمَاء إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَةً لِّكُلِّ عَبْدٍ مُّنِيبٍ
10 Аят
Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат 5 ‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбихь де цуьнца цхьаьна‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддира цунна эчиг: وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ مِنَّا فَضْلًا يَا جِبَالُ أَوِّبِي مَعَهُ وَالطَّيْرَ وَأَلَنَّا لَهُ الْحَدِيدَ
11 Аят
"ГIаьгIнаш де‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаш. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву". أَنِ اعْمَلْ سَابِغَاتٍ وَقَدِّرْ فِي السَّرْدِ وَاعْمَلُوا صَالِحًا إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
12 Аят
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт 6 болуш. Оха лалийра цунна цIеста (ез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалха болх беш дерш цуьнан Кхиош-Кхобучун пурбанца. Царах Тхан омранах дIатиллачаьрга Iавшуьйтур ду Оха жоьжахатин Iазапах /1азап/. وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ وَمِنَ الْجِنِّ مَن يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ وَمَن يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ
13 Аят
Цара еш цунна‚ цунна луу михьрабаш 7 ‚ суьрташ а‚ кедаш, Iаьмнаш санна‚ чIогIа чIагIбина яйнаш а. Баркалла аларца Iамал елаш /Тхуна/‚ хIай Давудан доьзал. Ма кIеззиг бу-кх Сан лейх баркалла олуш берш. يَعْمَلُونَ لَهُ مَا يَشَاء مِن مَّحَارِيبَ وَتَمَاثِيلَ وَجِفَانٍ كَالْجَوَابِ وَقُدُورٍ رَّاسِيَاتٍ اعْمَلُوا آلَ دَاوُودَ شُكْرًا وَقَلِيلٌ مِّنْ عِبَادِيَ الشَّكُورُ
14 Аят
Оха цунна (Сулейманна) Iожалла тIехIоттийча, и валарна тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттарг цахилар шаьш сийсазчу Iазапехь 8 . فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ الْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَى مَوْتِهِ إِلَّا دَابَّةُ الْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنسَأَتَهُ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ الْجِنُّ أَن لَّوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ الْغَيْبَ مَا لَبِثُوا فِي الْعَذَابِ الْمُهِينِ
15 Аят
Хилира сабаашна 9 шайн гIишлошкахь делил: ши беш: аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-Кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Далла)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-Кхобург /хилира царна/. لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍ فِي مَسْكَنِهِمْ آيَةٌ جَنَّتَانِ عَن يَمِينٍ وَشِمَالٍ كُلُوا مِن رِّزْقِ رَبِّكُمْ وَاشْكُرُوا لَهُ بَلْدَةٌ طَيِّبَةٌ وَرَبٌّ غَفُورٌ
16 Аят
Д1абевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха йоссийра царна тIе дуккха а Iовраш‚ церан шина бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих 10 а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех 11 а йолуш. فَأَعْرَضُوا فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ الْعَرِمِ وَبَدَّلْنَاهُم بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَى أُكُلٍ خَمْطٍ وَأَثْلٍ وَشَيْءٍ مِّن سِدْرٍ قَلِيلٍ
17 Аят
И бекхам бира Оха царна, уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна бен? ذَلِكَ جَزَيْنَاهُم بِمَا كَفَرُوا وَهَلْ نُجَازِي إِلَّا الْكَفُورَ
18 Аят
Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) ярташна юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ 12 ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!" وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ الْقُرَى الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا قُرًى ظَاهِرَةً وَقَدَّرْنَا فِيهَا السَّيْرَ سِيرُوا فِيهَا لَيَالِيَ وَأَيَّامًا آمِنِينَ
19 Аят
Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар 13 ". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царах /нахана/ дийцарш‚ массанхьа а дIасабаьржира уьш. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду массо а собаре волчунна а‚ хама бечунна а. فَقَالُوا رَبَّنَا بَاعِدْ بَيْنَ أَسْفَارِنَا وَظَلَمُوا أَنفُسَهُمْ فَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ وَمَزَّقْنَاهُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ
20 Аят
Иблисо бакъдайтира цаьрга шена моьттург‚ уьш цунна тIаьхьахIиттира, муъма нахах цхьа тоба йоцург. وَلَقَدْ صَدَّقَ عَلَيْهِمْ إِبْلِيسُ ظَنَّهُ فَاتَّبَعُوهُ إِلَّا فَرِيقًا مِّنَ الْمُؤْمِنِينَ
21 Аят
Ма яцара цунна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачарах. Хьан Кхиош-Кхобург массо а хIуманна лардархо ву. وَمَا كَانَ لَهُ عَلَيْهِم مِّن سُلْطَانٍ إِلَّا لِنَعْلَمَ مَن يُؤْمِنُ بِالْآخِرَةِ مِمَّنْ هُوَ مِنْهَا فِي شَكٍّ وَرَبُّكَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ
22 Аят
Ахь āла: "Кхайкха шаьш, АллахI витина, /деланаш бу/ моьттуш хиллачаьрга". Цара дола ма ца до мискъалан зарраттал /хIуманна/ стигалшкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна (цара шайн деланаш бу бохучарна) цу шинна чохь цхьа а /АллахIаца/ накъосталла‚ ма вац Цунна царах цхьа а гIоьнча /оьшуш/. قُلِ ادْعُوا الَّذِينَ زَعَمْتُم مِّن دُونِ اللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَمَا لَهُمْ فِيهِمَا مِن شِرْكٍ وَمَا لَهُ مِنْهُم مِّن ظَهِيرٍ
23 Аят
Пайда бийр бац гIодаккхаро 14 Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: "ХIун элира шун Кхиош-Кхобучо /шапа1ат даран хьокъехь/?" Цара элира: "Бакъдерг 15 . Иза лекха а‚ воккха а верг ву". وَلَا تَنفَعُ الشَّفَاعَةُ عِندَهُ إِلَّا لِمَنْ أَذِنَ لَهُ حَتَّى إِذَا فُزِّعَ عَن قُلُوبِهِمْ قَالُوا مَاذَا قَالَ رَبُّكُمْ قَالُوا الْحَقَّ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ
24 Аят
Ахь āла: "Мила ву шуна рицкъ луш верг стигалшкара а‚ лаьттара а?" Ахь āла: " Аллах1-Дела ву". Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тилар чохь ду!". قُلْ مَن يَرْزُقُكُم مِّنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ قُلِ اللَّهُ وَإِنَّا أَوْ إِيَّاكُمْ لَعَلَى هُدًى أَوْ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
25 Аят
Ахь āла: "Шуьга хоттур дац оха динчу къих‚ тхоьга хоттур дац аш деш долчух". قُل لَّا تُسْأَلُونَ عَمَّا أَجْرَمْنَا وَلَا نُسْأَلُ عَمَّا تَعْمَلُونَ
26 Аят
Ахь āла: "Цхьаьнатухур ду вай вайн Кхиош-Кхобучо /къематдийнахь/ тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву". قُلْ يَجْمَعُ بَيْنَنَا رَبُّنَا ثُمَّ يَفْتَحُ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَهُوَ الْفَتَّاحُ الْعَلِيمُ
27 Аят
Ахь āла: "Аш гайта суна шаьш Цунах д1атоьхна накъостий". ХIан-хIа! Иза – Дела ву‚ Ша веза волу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волу. قُلْ أَرُونِي الَّذِينَ أَلْحَقْتُم بِهِ شُرَكَاء كَلَّا بَلْ هُوَ اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
28 Аят
Оха вахийтина ма вац хьо массо а нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا كَافَّةً لِّلنَّاسِ بَشِيرًا وَنَذِيرًا وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
29 Аят
Цара олу: "Маца /кхочуш/ хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?" وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
30 Аят
Ахь āла: "Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалхадевр а дац". قُل لَّكُم مِّيعَادُ يَوْمٍ لَّا تَسْتَأْخِرُونَ عَنْهُ سَاعَةً وَلَا تَسْتَقْدِمُونَ
31 Аят
Цатешначара элира: "Тешане а тешар ма дац тхо хIоккху Къуръанах а‚ цул хьалха хиллачух а". Хьуна гуш белахьара и зуламхой шайн Кхиош-Кхобучунна хьалха хIиттийна‚ царах цхьаберш вукхаьрга дош юхадерзадеш‚ шаьш заьIап хиллачара куралла еш хиллачаьрга олуш: "Шу ца хиллехьара, тхох муъма нах хилла хир ма бара". وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَن نُّؤْمِنَ بِهَذَا الْقُرْآنِ وَلَا بِالَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَلَوْ تَرَى إِذِ الظَّالِمُونَ مَوْقُوفُونَ عِندَ رَبِّهِمْ يَرْجِعُ بَعْضُهُمْ إِلَى بَعْضٍ الْقَوْلَ يَقُولُ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لَوْلَا أَنتُمْ لَكُنَّا مُؤْمِنِينَ
32 Аят
Шаьш куралла еш хиллачара элира 16 заьIап хиллачаьрга: "Оха дIатилийра шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш". قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا أَنَحْنُ صَدَدْنَاكُمْ عَنِ الْهُدَى بَعْدَ إِذْ جَاءكُم بَلْ كُنتُم مُّجْرِمِينَ
33 Аят
Шаьш заьIап хиллачара элира куралла еш хиллачаьрга: "ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонца аш тхуна омра ма дора тхо Делах цатешар‚ Оха Цуьнца кхиберш нисбар". Цара хьулдира дохкобовлар, шайна Iазап гича. Оха буржалш-г1оматаш туьйхира ца тешаш хиллачеран логех. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир буй царна? وَقَالَ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا بَلْ مَكْرُ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ إِذْ تَأْمُرُونَنَا أَن نَّكْفُرَ بِاللَّهِ وَنَجْعَلَ لَهُ أَندَادًا وَأَسَرُّوا النَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ وَجَعَلْنَا الْأَغْلَالَ فِي أَعْنَاقِ الَّذِينَ كَفَرُوا هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
34 Аят
Оха ца вахийтира юьртахь цхьа а кхерамча, цуьнан (юьртан) хьалдолчара олуш бен: "Баккъалла а, тхо шу шайца даийтинчунна /ца тешаш/ керста ду-кх". وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِّن نَّذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُم بِهِ كَافِرُونَ
35 Аят
Цара олура: "Тхо, мелхо а, алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац". وَقَالُوا نَحْنُ أَكْثَرُ أَمْوَالًا وَأَوْلَادًا وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
36 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх." قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاء وَيَقْدِرُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
37 Аят
Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца – ша ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш. وَمَا أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُم بِالَّتِي تُقَرِّبُكُمْ عِندَنَا زُلْفَى إِلَّا مَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُوْلَئِكَ لَهُمْ جَزَاء الضِّعْفِ بِمَا عَمِلُوا وَهُمْ فِي الْغُرُفَاتِ آمِنُونَ
38 Аят
Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш, шаьш /уьш/ г1орасиза дийр ду моьттуш, – уьш Iазап чохь латтор ма бу. وَالَّذِينَ يَسْعَوْنَ فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُوْلَئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
39 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо даржадо /шортта/ рицкъ Шен лех Шен луучунна‚ Цо цунна барам а бо /кIеззиг луш/". Аш хIуманах сагIина елларг Цо меттахIоттор ю. Иза рицкъ лучарех уггар диканиг ву. قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ وَمَا أَنفَقْتُم مِّن شَيْءٍ فَهُوَ يُخْلِفُهُ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
40 Аят
Цу /къемат/дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге а‚ тIаккха эр ду маликашка: "ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?" وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ يَقُولُ لِلْمَلَائِكَةِ أَهَؤُلَاء إِيَّاكُمْ كَانُوا يَعْبُدُونَ
41 Аят
Цара элира 17 : "Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали, уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царах дукхахберш царна ийман диллина бу". قَالُوا سُبْحَانَكَ أَنتَ وَلِيُّنَا مِن دُونِهِم بَلْ كَانُوا يَعْبُدُونَ الْجِنَّ أَكْثَرُهُم بِهِم مُّؤْمِنُونَ
42 Аят
Тахана шух цхьаболчеран долахь бац вукхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна цIеран Iазап, аш ша харцдеш хилла долу". فَالْيَوْمَ لَا يَمْلِكُ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ نَّفْعًا وَلَا ضَرًّا وَنَقُولُ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّتِي كُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ
43 Аят
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, цара элира: "ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен". Цара элира /юха а/: "Цо ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/". Цатешначара элира бакъдолчунна, и шайга деъча: "ХIара деккъа къеггина бозбуунчалла ду-кх". وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَذَا إِلَّا رَجُلٌ يُرِيدُ أَن يَصُدَّكُمْ عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُكُمْ وَقَالُوا مَا هَذَا إِلَّا إِفْكٌ مُّفْتَرًى وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءهُمْ إِنْ هَذَا إِلَّا سِحْرٌ مُّبِينٌ
44 Аят
Оха ца делла /хьалха/ цаьрга (Маккан ох1лане) цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца вахийтина цаьрга хьол хьалха цхьа а кхерамча. وَمَا آتَيْنَاهُم مِّن كُتُبٍ يَدْرُسُونَهَا وَمَا أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ قَبْلَكَ مِن نَّذِيرٍ
45 Аят
Харцдира царал хьалха хиллачара а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)? وَكَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَمَا بَلَغُوا مِعْشَارَ مَا آتَيْنَاهُمْ فَكَذَّبُوا رُسُلِي فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
46 Аят
Ахь āла: "Ас хьоьху шуна цхьа хIума: шу д1ахIитта Далла хьалха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аш ойла е: шун накъост 18 ма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен, чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/". قُلْ إِنَّمَا أَعِظُكُم بِوَاحِدَةٍ أَن تَقُومُوا لِلَّهِ مَثْنَى وَفُرَادَى ثُمَّ تَتَفَكَّرُوا مَا بِصَاحِبِكُم مِّن جِنَّةٍ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌ لَّكُم بَيْنَ يَدَيْ عَذَابٍ شَدِيدٍ
47 Аят
Ахь āла: "Ас ца бехна шуьга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Далла тIехь бен бац. Иза массо а хIуманна тIехь теш ма ву". قُلْ مَا سَأَلْتُكُم مِّنْ أَجْرٍ فَهُوَ لَكُمْ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
48 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо дуьллу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза". قُلْ إِنَّ رَبِّي يَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَّامُ الْغُيُوبِ
49 Аят
Ахь āла: "Деана бакъдерг. Д1адолалур дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац 19 ". قُلْ جَاء الْحَقُّ وَمَا يُبْدِئُ الْبَاطِلُ وَمَا يُعِيدُ
50 Аят
Ахь āла: "Со тилавеллехь, – со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь, – Сан Кхиош-Кхобучо сайга деллачу ваьхьица /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ гергахь верг а ву". قُلْ إِن ضَلَلْتُ فَإِنَّمَا أَضِلُّ عَلَى نَفْسِي وَإِنِ اهْتَدَيْتُ فَبِمَا يُوحِي إِلَيَّ رَبِّي إِنَّهُ سَمِيعٌ قَرِيبٌ
51 Аят
Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера 20 . وَلَوْ تَرَى إِذْ فَزِعُوا فَلَا فَوْتَ وَأُخِذُوا مِن مَّكَانٍ قَرِيبٍ
52 Аят
Цара элира: "Оха ийман диллина цунах 21 ". Мичара ду царна /ийманах/ кхиар генарчу меттигера 22 ? وَقَالُوا آمَنَّا بِهِ وَأَنَّى لَهُمُ التَّنَاوُشُ مِن مَكَانٍ بَعِيدٍ
53 Аят
Цара керстадина иза хьалха. Цара дIатосура къайлаха дерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорура шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарх а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш). وَقَدْ كَفَرُوا بِهِ مِن قَبْلُ وَيَقْذِفُونَ بِالْغَيْبِ مِن مَّكَانٍ بَعِيدٍ
54 Аят
Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарах хьалха дина ма-хилла. Баккъалла а, уьш хилира шеконан шеконехь. وَحِيلَ بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ مَا يَشْتَهُونَ كَمَا فُعِلَ بِأَشْيَاعِهِم مِّن قَبْلُ إِنَّهُمْ كَانُوا فِي شَكٍّ مُّرِيبٍ
1 Гечдеш верг – дукха хьолахь и деъна غفور г1афур аьлла فعول фа1ул вазнехь. К1орггара сибат гойту цо. Т1аккха цуьнан маь1на хуьлу "т1ех дукха къинхетаме Дела", мел дукха къинош дарх, т1аккха дохковаьлла, тоба дина, сецначунна гечдеш волу.
2 Далла гергахь 1алашдина долу, шена чохь массо а х1ума д1аяздина долу жайна – Лавхь махьфуз.
3 Жайнин охIлах ийман диллинарш, Саламан кIант IабдуллахIих тера.
4 Цара вуьйцург Мухьаммад-пайхамар ву.
5 Пайхамаралла а‚ жайна а.
6 Цхьана баттахь Iуьйренан некъ беш‚ вукху баттахь - суьйренан а‚ баттахь дIахьокхуш‚ баттахь схьахьокхуш.
7 Iибадат ден меттигаш я гIаланаш.
8 Сулеманна болх беш хилла жинаш. Иза хилла уьш тергалдеш, шен 1асана т1е а тевжина. Цу хьолехь иза велира, Дикка Іийра (шарахь гергга) аьлла ду, охьа ца вужуш, цхьана нІаьно цуьнан 1аса яъалц. Цу йоллучу хенахь, шайна къайле хууш ю, боху жинаш, и велла вуй ца хууш, болх беш дара.
9 Сабаъ – Йеменехь хиллачу Iарбийн цхьа тайпа.
10 Асл – тамариск олу дитт.
11 Сидр – лотос олу дитт.
12 Уьш ю, аьлла ду, Мадинатана а, Шамана а юккъехь йолу вовшеххоттаелла йолу 1арбийн ярташ.
13 Шайн ковраш (къепал) лела меттиг Шам хилийталахь бохуш, дийхира цара Деле‚ пекъар нахана и новкъахь йолу хан яхъялийтархьама‚ уьш шайна ца гуш хилийта.
14 ШапаIато.
15 Бакъдерг – кхузахь: Дала пайхамаршна а, маликашна а, цхьаболчу уггар ц1ена болчу муъма нахана а, къинош дина хилла болчу муъма нахана шапа1ат дан бакъо елла хилар. Аль-Къурт1убийс аьлла: "Дала пурба лур ду пайхамаршна а, маликашна а шапа1ат дан. Уьш хир бу ч1ог1а Делах кхоьруш шайх ледарло яларх. Т1аккха и кхерам шайх д1абелча, цара эр ду шайл лакхахь долчу маликашка: "Х1ун элира Дала шапа1атан хьокъехь?" Цара жоп лур ду: "Бакъдерг, аьлча а, пурба делла Дала муъма нахана шапа1ат дан".
16 Эр ду, царна жоп луш. И хир ду къематдийнахь. Дала д1аяханчу хенахь дуьйцу и хирг хилар, Шегахь ч1аг1делла долу дела.
17 Эр ду къематдийнахь.
18 Мухьаммад-пайхамар.
19 Харцдолчун цхьа а асар дуьсур дац.
20 Гергара меттиг – кхузахь: махьшар. Къематдийнахь Делан къиэлана 1алам х1оттийна кхобур долу меттиг.
21 Къематдийнах а‚ цIенчу динах а. И эр ду керстанаша а, къинош диначара а къематдийнахь, шайна 1азап гича
22 Генара меттиг – кхузахь: дуьне; цигахь дилла дезара ийман, генахь дисна и х1инца.ТIаьхьабисна уьш ийман дилла. Дуьненахь болуш дилла дезаш дара ийман, къематде т1едог1уш, Делан 1азап гича, дуьллучу ийманах пайда бац.