35. Сурат ФАТIИР

Кхоллархо
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 45 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Хастам бу Далла  стигалийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ берг ма ву. الْحَمْدُ لِلَّهِ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ جَاعِلِ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا أُولِي أَجْنِحَةٍ مَّثْنَى وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ يَزِيدُ فِي الْخَلْقِ مَا يَشَاء إِنَّ اللَّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
2 Аят
Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна  вац цунна дIакъовлархо. Цул т1аьхьа Цо дIакъевлинчунна  вац цунна дIахоьцург . Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. مَا يَفْتَحِ اللَّهُ لِلنَّاسِ مِن رَّحْمَةٍ فَلَا مُمْسِكَ لَهَا وَمَا يُمْسِكْ فَلَا مُرْسِلَ لَهُ مِن بَعْدِهِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
3 Аят
ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий те шуна стигалара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадеш ду-кх шу! يَا أَيُّهَا النَّاسُ اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ هَلْ مِنْ خَالِقٍ غَيْرُ اللَّهِ يَرْزُقُكُم مِّنَ السَّمَاء وَالْأَرْضِ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ فَأَنَّى تُؤْفَكُونَ
4 Аят
Хьо цара харцвахь /х1ай Мухьаммад/,  хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш. وَإِن يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِّن قَبْلِكَ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ
5 Аят
ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда  хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо (шайтIано). يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَلَا يَغُرَّنَّكُم بِاللَّهِ الْغَرُورُ
6 Аят
Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей, схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе. إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ
7 Аят
Цатешнарш  царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а  царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю! الَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ
8 Аят
Ткъа ву те шен Iамалх вониг шена хазйинарг‚ тIаккха иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь, гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг. أَفَمَن زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ فَرَآهُ حَسَنًا فَإِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَن يَشَاء وَيَهْدِي مَن يَشَاء فَلَا تَذْهَبْ نَفْسُكَ عَلَيْهِمْ حَسَرَاتٍ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَصْنَعُونَ
9 Аят
Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш. Оха уьш дIалаьхкира беллачу махка  цуьнца (догIица) латта дендира иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а. وَاللَّهُ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَسُقْنَاهُ إِلَى بَلَدٍ مَّيِّتٍ فَأَحْيَيْنَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا كَذَلِكَ النُّشُورُ
10 Аят
Милла а хиллехь сий дезаш,  Делан ду сий дерриге а. Цунна тIе хьалаайло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо ойъу иза. Вонашца мекарло еш берш  царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло  иза эрна ю. مَن كَانَ يُرِيدُ الْعِزَّةَ فَلِلَّهِ الْعِزَّةُ جَمِيعًا إِلَيْهِ يَصْعَدُ الْكَلِمُ الطَّيِّبُ وَالْعَمَلُ الصَّالِحُ يَرْفَعُهُ وَالَّذِينَ يَمْكُرُونَ السَّيِّئَاتِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَمَكْرُ أُوْلَئِكَ هُوَ يَبُورُ
11 Аят
Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарх оьшур а ма дац жайни[1] чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду. وَاللَّهُ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍ ثُمَّ جَعَلَكُمْ أَزْوَاجًا وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنثَى وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ وَمَا يُعَمَّرُ مِن مُّعَمَّرٍ وَلَا يُنقَصُ مِنْ عُمُرِهِ إِلَّا فِي كِتَابٍ إِنَّ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
12 Аят
Цхьанийсса бац /хIара/ ши хIорд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа  дуьра туьха ду. ХIораммах аш дуу керла жижиг‚ аш /царна чуьра/ схьайоху мехала маржанаш[2]‚ аш уьш тIеухку. Хьуна го кема царна чухула кхерсташ, аш лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аш /Дала деллачу ниIматашна / шукур дархьама а. وَمَا يَسْتَوِي الْبَحْرَانِ هَذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ سَائِغٌ شَرَابُهُ وَهَذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ وَمِن كُلٍّ تَأْكُلُونَ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُونَ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا وَتَرَى الْفُلْكَ فِيهِ مَوَاخِرَ لِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
13 Аят
Цо буьйса денна чу ялайо‚ де буьйсанна чу даладо‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина, шайга кхойкхучеран дōлахь ма дац цуьрриг а. يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُّسَمًّى ذَلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِهِ مَا يَمْلِكُونَ مِن قِطْمِيرٍ
14 Аят
Аш цаьрга кхайкхича а‚ царна ца хеза шун кхайкхар‚ хезча а,  цара шуна жоп ца ло‚ къематдийнахь цара керстадийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац, Ша сов хуучу (Цо) санна[3]. إِن تَدْعُوهُمْ لَا يَسْمَعُوا دُعَاءكُمْ وَلَوْ سَمِعُوا مَا اسْتَجَابُوا لَكُمْ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُونَ بِشِرْكِكُمْ وَلَا يُنَبِّئُكَ مِثْلُ خَبِيرٍ
15 Аят
ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле[4]. Дела  Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а. يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنتُمُ الْفُقَرَاء إِلَى اللَّهِ وَاللَّهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
16 Аят
Шена лаахь, шу дIадахийтина керла халкъ далор ду Цо. إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ
17 Аят
Иза Далла /хIумма/ хала дац. وَمَا ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ
18 Аят
Хьур бац д1ахьочо кхечун мохь[5]. /Къинах/ дуьзна сино дехча а шен /мохь/ д1абахьар‚ хIумма а цунах д1ахьур яц /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахь хьехам бе (кхерам таса) шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна, И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттийначарна. ЦIанвелларг  иза шена цIанло. Деле ду /шун массеран а/ дIадерзар. وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَى وَإِن تَدْعُ مُثْقَلَةٌ إِلَى حِمْلِهَا لَا يُحْمَلْ مِنْهُ شَيْءٌ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَى إِنَّمَا تُنذِرُ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِالغَيْبِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَمَن تَزَكَّى فَإِنَّمَا يَتَزَكَّى لِنَفْسِهِ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ
19 Аят
Цхьанийсса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚ وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَى وَالْبَصِيرُ
20 Аят
Боданаш а‚ нур а‚ وَلَا الظُّلُمَاتُ وَلَا النُّورُ
21 Аят
IиндагI а‚ йовхо а. وَلَا الظِّلُّ وَلَا الْحَرُورُ
22 Аят
Цхьанийсса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтур долуш кешнаш чохь волчуьнга. وَمَا يَسْتَوِي الْأَحْيَاء وَلَا الْأَمْوَاتُ إِنَّ اللَّهَ يُسْمِعُ مَن يَشَاء وَمَا أَنتَ بِمُسْمِعٍ مَّن فِي الْقُبُورِ
23 Аят
Хьо веккъа кхерамча ву. إِنْ أَنتَ إِلَّا نَذِيرٌ
24 Аят
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла, шена юккъехь кхерамча ваьхний бен. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا وَإِن مِّنْ أُمَّةٍ إِلَّا خلَا فِيهَا نَذِيرٌ
25 Аят
Цара хьо харцвахь‚ царал хьалха хиллачара а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ йозанашца (хьарчорашца) а‚ нуьре долчу жайница а. وَإِن يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ جَاءتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ وَبِالزُّبُرِ وَبِالْكِتَابِ الْمُنِيرِ
26 Аят
ТIаккха Ас схьалецира цатешнарш. Муха хилира Ас цаларар /церан 1амал, Сан оьг1азло царна/? ثُمَّ أَخَذْتُ الَّذِينَ كَفَرُوا فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
27 Аят
Хьуна хаьий Дала доссийна хилар стигалара хи. Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш: кIайн а‚ цIен а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржа дерш а[6]. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَخْرَجْنَا بِهِ ثَمَرَاتٍ مُّخْتَلِفًا أَلْوَانُهَا وَمِنَ الْجِبَالِ جُدَدٌ بِيضٌ وَحُمْرٌ مُّخْتَلِفٌ أَلْوَانُهَا وَغَرَابِيبُ سُودٌ
28 Аят
Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лех Iеламнах. Баккъалла а, Дела ву веза верг а‚ гечдеш верг а. وَمِنَ النَّاسِ وَالدَّوَابِّ وَالْأَنْعَامِ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ كَذَلِكَ إِنَّمَا يَخْشَى اللَّهَ مِنْ عِبَادِهِ الْعُلَمَاء إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ غَفُورٌ
29 Аят
Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттийнарш‚ Оха шайна деллачу рицкъех къайлаха а‚ гучохь а /Делан новкъахь/ харжаш еш берш  уьш дог дохуш бу цкъа а са йоцуш юьсур йоцчу йохк-эцаре (ялсамане)‚ إِنَّ الَّذِينَ يَتْلُونَ كِتَابَ اللَّهِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَنفَقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً يَرْجُونَ تِجَارَةً لَّن تَبُورَ
30 Аят
/Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена 1ибадат диначарна/. لِيُوَفِّيَهُمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدَهُم مِّن فَضْلِهِ إِنَّهُ غَفُورٌ شَكُورٌ
31 Аят
Оха ваьхьица жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву. وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ هُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ إِنَّ اللَّهَ بِعِبَادِهِ لَخَبِيرٌ بَصِيرٌ
32 Аят
ТIаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лех Оха хаьржиначарна[7]. Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Iамал ца еш/‚ царах барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла! ثُمَّ أَوْرَثْنَا الْكِتَابَ الَّذِينَ اصْطَفَيْنَا مِنْ عِبَادِنَا فَمِنْهُمْ ظَالِمٌ لِّنَفْسِهِ وَمِنْهُم مُّقْتَصِدٌ وَمِنْهُمْ سَابِقٌ بِالْخَيْرَاتِ بِإِذْنِ اللَّهِ ذَلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ
33 Аят
Iадн (ц1е йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш гІур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашо а‚ луълуъан а хIоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِن ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
34 Аят
Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву. وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَذْهَبَ عَنَّا الْحَزَنَ إِنَّ رَبَّنَا لَغَفُورٌ شَكُورٌ
35 Аят
Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа (ялсамани) Шен дозаллах‚ тхох ца хьакхало цу чохь хало‚ тхох ца хьакхало цу чохь кIаддалар." الَّذِي أَحَلَّنَا دَارَ الْمُقَامَةِ مِن فَضْلِهِ لَا يَمَسُّنَا فِيهَا نَصَبٌ وَلَا يَمَسُّنَا فِيهَا لُغُوبٌ
36 Аят
Цатешнарш  царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш[8]‚ айдийр дац царна тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIор цатешачунна[9]. وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقْضَى عَلَيْهِمْ فَيَمُوتُوا وَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُم مِّنْ عَذَابِهَا كَذَلِكَ نَجْزِي كُلَّ كَفُورٍ
37 Аят
Цара /Деле г1о доьхуш/ кхойкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ арадāхахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра, тхаьш йина хилларг а йоцуш!" Оха дāха ца дитира шу /дуьненахь/ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча. وَهُمْ يَصْطَرِخُونَ فِيهَا رَبَّنَا أَخْرِجْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ أَوَلَمْ نُعَمِّرْكُم مَّا يَتَذَكَّرُ فِيهِ مَن تَذَكَّرَ وَجَاءكُمُ النَّذِيرُ فَذُوقُوا فَمَا لِلظَّالِمِينَ مِن نَّصِيرٍ
38 Аят
Баккъалла а, Дела ву стигалийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а. إِنَّ اللَّهَ عَالِمُ غَيْبِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
39 Аят
Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина[10]. Милла а велахь керставаьлла,  цунна шена ду цуьнан керстаналла. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь оьгIазаллица бен. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен. هُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ فِي الْأَرْضِ فَمَن كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ إِلَّا مَقْتًا وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ إِلَّا خَسَارًا
40 Аят
Ахь āла: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аш шайга кхойкхуш болчу, Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна /Делаца/ накъосталла ду стигалшкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонашкахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша  цхьаболчара вукхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц. قُلْ أَرَأَيْتُمْ شُرَكَاءكُمُ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا فَهُمْ عَلَى بَيِّنَةٍ مِّنْهُ بَلْ إِن يَعِدُ الظَّالِمُونَ بَعْضُهُم بَعْضًا إِلَّا غُرُورًا
41 Аят
Баккъалла а, Дала сацош ю стигалш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча, соцуьйтур ярий уьш цхьаммо а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тIех собаре[11] верг а‚ гечдийриг[12] а. إِنَّ اللَّهَ يُمْسِكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ أَن تَزُولَا وَلَئِن زَالَتَا إِنْ أَمْسَكَهُمَا مِنْ أَحَدٍ مِّن بَعْدِهِ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا
42 Аят
Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делах, инзаре чIогIа дуй, шайга кхерамча[13] вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ аьлла. Цаьрга кхерамча[14] веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚ وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِن جَاءهُمْ نَذِيرٌ لَّيَكُونُنَّ أَهْدَى مِنْ إِحْدَى الْأُمَمِ فَلَمَّا جَاءهُمْ نَذِيرٌ مَّا زَادَهُمْ إِلَّا نُفُورًا
43 Аят
Лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлонца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIланах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Iадате бен[15]? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечунна тIе/. اسْتِكْبَارًا فِي الْأَرْضِ وَمَكْرَ السَّيِّئِ وَلَا يَحِيقُ الْمَكْرُ السَّيِّئُ إِلَّا بِأَهْلِهِ فَهَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا سُنَّتَ الْأَوَّلِينَ فَلَن تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَبْدِيلًا وَلَن تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَحْوِيلًا
44 Аят
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара хIокхарал вуно чIогIа нуьцкъала. Дела хили Ша духатухур воцуш стигалашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَكَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعْجِزَهُ مِن شَيْءٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ إِنَّهُ كَانَ عَلِيمًا قَدِيرًا
45.Дала нах луьйцуш[16] белхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а тIаьхьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча,  /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжжина/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг. وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِمَا كَسَبُوا مَا تَرَكَ عَلَى ظَهْرِهَا مِن دَابَّةٍ وَلَكِن يُؤَخِّرُهُمْ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى فَإِذَا جَاء أَجَلُهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِعِبَادِهِ بَصِيرًا
[1]Далла гергахь 1алашдина долу жайна – Лавхь махьфуз ( لوح محفوظ )
[2]Деза тIулгаш а, жовх1арш а.
[3]Хьоьга и хабарш дуьйцур ма дац, Дала санна, кхечаммо.
[4]Делехь ду шун хьашташ‚ Иза оьшу шуна, Цунна цхьа а ца оьшу.
[5]Дош лур дац цхьаммо а кхечун къинах.
[6]Лаьмнашкахь чIогIа а‚ кIеда а‚ дуккха а‚ кIеззиг а чхарнаш (тархаш) хилийтина Дала. Цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, уьш ду лаьмнех схьадолу бес-бесара долу мехала т1улгаш, алмаз, якъут, мрамор, кхидерш санна.
[7]Мухьаммад-пайхамаран умматна.
[8]Лийр бац уьш жоьжахати чохь, и паргIато шайна хуьлуш‚ ткъа гуттар лаьттар бу.
[9]Цатешарг – Къуръанчохь деъна كفور кафýр аьлла, мубалаг1а вазнехь (к1орггерачу маь1нехь). Т1аккха и хуьлу нуьцкъала Делан ни1маташна инкарло еш верг, нуьцкъала Делах ца тешаш верг.
[10]Шул хьалха хилла умматаш (1адаш а, самудаш а, кхиберш а) беллачул т1аьхьа лаьттахь бухадуьсуш.
[11]Собаре верг- حليم Делан сибат. Керстанаша мел даккхий къинош дарх, царна дуьненахь 1азап ца деш, собаре верг.
[12]Т1ех гечдийриг- غفور Делан сибат. Муъма нахана, цара къинош диначул т1аьхьа дохкобевлла тоба дича, Шегахь шортта гечдар а, къинхетам а болу Дела.
[13]Пайхамар.
[14]Мухьаммад-пайхамар‚ Делан салам хиларг.
[15]Хьалхахилларш Дала хIаллакбина цара элчанаш харцбарна‚ иза хир ду хIокхарна.
[16]Iазап деш делахьара церан къинош бахьанехь.