36. Сурат ЙА-СИН

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 83 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Йа сūн 1 . يس~
2 Аят
Ша хьикмате долчу Къуръанах дуй боу Ас: وَالْقُرْآنِ الْحَكِيمِ
3 Аят
Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтинчарах (цхьа элча) إِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
4 Аят
Нийсачу новкъахь. عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
5 Аят
Ша веза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссийна ду иза (Къуръан)‚ تَنزِيلَ الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ
6 Аят
Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла – уьш тидамбоцуш хилла (Делан дин ца девзаш). لِتُنذِرَ قَوْمًا مَّا أُنذِرَ آبَاؤُهُمْ فَهُمْ غَافِلُونَ
7 Аят
Царах дукхахболчарна тIехь дош 2 бакъхилла – цара /ахь деъначуьнга/ ийман дуьллур дац. لَقَدْ حَقَّ الْقَوْلُ عَلَى أَكْثَرِهِمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
8 Аят
Церан логех Оха буржалш -г1оматаш тоьхна‚ уьш чIенигех кхаьчна, – церан кортош ирх айабелла 3 . إِنَّا جَعَلْنَا فِي أَعْنَاقِهِمْ أَغْلاَلاً فَهِيَ إِلَى الأَذْقَانِ فَهُم مُّقْمَحُونَ
9 Аят
Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргашна хьалха кирхьа диллина Оха – уьш гуш ма бац. وَجَعَلْنَا مِن بَيْنِ أَيْدِيهِمْ سَدًّا وَمِنْ خَلْفِهِمْ سَدًّا فَأَغْشَيْنَاهُمْ فَهُمْ لاَ يُبْصِرُونَ
10 Аят
Царна цхьатерра ду: ахь хьехам бича а‚ ца бича а – уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/. وَسَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
11 Аят
Баккъалла а, ахь хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух (Делах) кхоьруш волчунна. Ахь цуьнга кхаъ баккха цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а. إِنَّمَا تُنذِرُ مَنِ اتَّبَعَ الذِّكْرَ وَخَشِيَ الرَّحْمَنَ بِالْغَيْبِ فَبَشِّرْهُ بِمَغْفِرَةٍ وَأَجْرٍ كَرِيمٍ
12 Аят
Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIаяз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо а хIума дIанис ма дина Оха билгалчу жайни 4 чохь. إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي الْمَوْتَى وَنَكْتُبُ مَا قَدَّمُوا وَآثَارَهُمْ وَكُلَّ شَيْءٍ أحْصَيْنَاهُ فِي إِمَامٍ مُبِينٍ
13 Аят
Балабе царна масална цхьана юьртан 5 дай: цига баьхкира элчанаш. وَاضْرِبْ لَهُم مَّثَلاً أَصْحَابَ الْقَرْيَةِ إِذْ جَاءَهَا الْمُرْسَلُونَ
14 Аят
Оха вахийтинера цаьрга шиъ 6 – цара и шиъ ший а харцвира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца 7 ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду". إِذْ أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمُ اثْنَيْنِ فَكَذَّبُوهُمَا فَعَزَّزْنَا بِثَالِثٍ فَقَالُوا إِنَّا إِلَيْكُم مُّرْسَلُونَ
15 Аят
Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу – шу харцлуьйш ма ду". قَالُوا مَا أَنتُمْ إِلاَّ بَشَرٌ مِّثْلُنَا وَمَا أَنزَلَ الرَّحْمَنُ مِن شَيْءٍ إِنْ أَنتُمْ إِلاَّ تَكْذِبُونَ
16 Аят
Цара (элчанаша) элира: "Вайн Кхиош-Кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга дахкийтина элчанаш дуйла. قَالُوا رَبُّنَا يَعْلَمُ إِنَّا إِلَيْكُمْ لَمُرْسَلُونَ
17 Аят
Тхуна тIехь-м дац билгалдерг дIакхачор бен". وَمَا عَلَيْنَا إِلاَّ الْبَلاَغُ الْمُبِينُ
18 Аят
Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма ду шу". قَالُوا إِنَّا تَطَيَّرْنَا بِكُمْ لَئِن لَّمْ تَنتَهُوا لَنَرْجُمَنَّكُمْ وَلَيَمَسَّنَّكُم مِّنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ
19 Аят
Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам (дуккха кIоргадахна шу къинош дарехь)". قَالُوا طَائِرُكُم مَّعَكُمْ أَئِن ذُكِّرْتُم بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ مُّسْرِفُونَ
20 Аят
ГIалина йистера ведда цхьа стаг 8 схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна. وَجَاءَ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ رَجُلٌ يَسْعَى قَالَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُوا الْمُرْسَلِينَ
21 Аят
ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна – уьш нийсачу новкъахь ма бу. اتَّبِعُوا مَن لاَّ يَسْأَلُكُمْ أَجْرًا وَهُم مُّهْتَدُونَ
22 Аят
Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна? وَمَا لِي لاَ أَعْبُدُ الَّذِي فَطَرَنِي وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
23 Аят
Иза а вуьтий‚ кхин деланаш тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/. أَأَتَّخِذُ مِن دُونِهِ آلِهَةً إِن يُرِدْنِ الرَّحْمَنُ بِضُرٍّ لاَّ تُغْنِ عَنِّي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا وَلاَ يُنقِذُونِ
24 Аят
Ган а гуш долчу тиларчохь хир ма вара со тIаккха. إِنِّي إِذًا لَّفِي ضَلاَلٍ مُّبِينٍ
25 Аят
Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-Кхобучуьнга, соьга ладогIа…" 9 إِنِّي آمَنتُ بِرَبِّكُمْ فَاسْمَعُونِ
26 Аят
/Маликаша/ элира: "Ялсамане гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх قِيلَ ادْخُلِ الْجَنَّةَ قَالَ يَا لَيْتَ قَوْمِي يَعْلَمُونَ
27 Аят
Суна сайн Кхиош-Кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а". بِمَا غَفَرَ لِي رَبِّي وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُكْرَمِينَ ( الجزء الثالث والعشرون )
28 Аят
Цул тIаьхьа цуьнан къомана тIе стигалара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо 10 . وَمَا أَنزَلْنَا عَلَى قَوْمِهِ مِن بَعْدِهِ مِنْ جُندٍ مِّنَ السَّمَاءِ وَمَا كُنَّا مُنزِلِينَ
29 Аят
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира – уьш /чим хилла/ дIатийна бисира. إِن كَانَتْ إِلاَّ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ خَامِدُونَ
30 Аят
Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен. يَا حَسْرَةً عَلَى الْعِبَادِ مَا يَأْتِيهِم مِّن رَّسُولٍ إِلاَّ كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
31 Аят
Царна ца го техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тIе юхабоьрзур ма бац. أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّنَ الْقُرُونِ أَنَّهُمْ إِلَيْهِمْ لاَ يَرْجِعُونَ
32 Аят
Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу. وَإِن كُلٌّ لَّمَّا جَمِيعٌ لَّدَيْنَا مُحْضَرُونَ
33 Аят
Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна – царах цара кхача боу. وَآيَةٌ لَّهُمُ الْأَرْضُ الْمَيْتَةُ أَحْيَيْنَاهَا وَأَخْرَجْنَا مِنْهَا حَبًّا فَمِنْهُ يَأْكُلُونَ
34 Аят
Цунна тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна – وَجَعَلْنَا فِيهَا جَنَّاتٍ مِن نَّخِيلٍ وَأَعْنَابٍ وَفَجَّرْنَا فِيهَا مِنَ الْعُيُونِ
35 Аят
Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта – церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хIунда ца олу цара? لِيَأْكُلُوا مِن ثَمَرِهِ وَمَا عَمِلَتْهُ أَيْدِيهِمْ أَفَلَا يَشْكُرُونَ
36 Аят
Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хIума боьрша а‚ стен 11 а кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а. سُبْحَانَ الَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا مِمَّا تُنبِتُ الْأَرْضُ وَمِنْ أَنفُسِهِمْ وَمِمَّا لَا يَعْلَمُونَ
37 Аят
Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ т1аккха уьш боданехь буьсуш. وَآيَةٌ لَّهُمُ اللَّيْلُ نَسْلَخُ مِنْهُ النَّهَارَ فَإِذَا هُم مُّظْلِمُونَ
38 Аят
Малх а дIалела шена хIоттийначу меттиге – Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза. وَالشَّمْسُ تَجْرِي لِمُسْتَقَرٍّ لَّهَا ذَلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
39 Аят
Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь 12 – дIабоьрзуш хурманан ширчу гаьннах тарлой. وَالْقَمَرَ قَدَّرْنَاهُ مَنَازِلَ حَتَّى عَادَ كَالْعُرْجُونِ الْقَدِيمِ
40 Аят
Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу – массо а шен-шен меттехь нека деш ю 13 . لَا الشَّمْسُ يَنبَغِي لَهَا أَن تُدْرِكَ الْقَمَرَ وَلَا اللَّيْلُ سَابِقُ النَّهَارِ وَكُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ
41 Аят
Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кеманна тIехь д1асалелийна хилар 14 . وَآيَةٌ لَّهُمْ أَنَّا حَمَلْنَا ذُرِّيَّتَهُمْ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ
42 Аят
Цунах тера кхоьллира Оха царна тIехаа хIуманаш а. وَخَلَقْنَا لَهُم مِّن مِّثْلِهِ مَا يَرْكَبُونَ
43 Аят
Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ – ма хир дацара царна орца‚ ма кIелхьарбохур бацара уьш وَإِن نَّشَأْ نُغْرِقْهُمْ فَلَا صَرِيخَ لَهُمْ وَلَا هُمْ يُنقَذُونَ
44 Аят
Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен. إِلَّا رَحْمَةً مِّنَّا وَمَتَاعًا إِلَى حِينٍ
45 Аят
Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шул хьалха хиллачух а‚ шул тIаьхьа хир долчух а – шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّقُوا مَا بَيْنَ أَيْدِيكُمْ وَمَا خَلْفَكُمْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
46 Аят
Делан аятех цхьа а аят ца догIу цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен. وَمَا تَأْتِيهِم مِّنْ آيَةٍ مِّنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ
47 Аят
Цаьрга аьлча: "Саг1а ло /мискачарна / Дала шайна деллачу рицкъанах," цатешачара олу ийман диллинчарах: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала, Шена лаахь, Ша кхобур бу‚ ган а гуш тиларчохь ду-кх шу" 15 . وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ أَنفِقُوا مِمَّا رَزَقَكُمْ اللَّهُ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنُطْعِمُ مَن لَّوْ يَشَاءَ اللَّهُ أَطْعَمَهُ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
48 Аят
/ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?" وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
49 Аят
Хьоьжуш лаьттар бац уьш – беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш, шаьш лаьтташехь къуьйсуш. مَا يَنظُرُونَ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً تَأْخُذُهُمْ وَهُمْ يَخِصِّمُونَ
50 Аят
Весет дан а ницкъ кхочур бац церан‚ шайн нахана тIе юхабоьрзур а бац уьш. فَلَا يَسْتَطِيعُونَ تَوْصِيَةً وَلَا إِلَى أَهْلِهِمْ يَرْجِعُونَ
51 Аят
Сур 16 локхур ю – уьш кешнашкара шайн Кхиош-Кхобучунна тIе сихлур бу. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَإِذَا هُم مِّنَ الْأَجْدَاثِ إِلَى رَبِّهِمْ يَنسِلُونَ
52 Аят
Цара аьр ду 17 : "Ма боккха бала беана вайна! Хьан гIовттийна те вай‚ дийшина Iохкучуьра?!" /Маликаша я муъма наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчо 18 хир ду аьлларг. Бакълийна элчанаш". قَالُوا يَا وَيْلَنَا مَن بَعَثَنَا مِن مَّرْقَدِنَا هَذَا مَا وَعَدَ الرَّحْمَنُ وَصَدَقَ الْمُرْسَلُونَ
53 Аят
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла – уьш берриге а Тхуна хьалха дIатарбелла. إِن كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ جَمِيعٌ لَّدَيْنَا مُحْضَرُونَ
54 Аят
Тахана синна цхьанна а хIуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац. فَالْيَوْمَ لَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَلَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
55 Аят
Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу. إِنَّ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ الْيَوْمَ فِي شُغُلٍ فَاكِهُونَ
56 Аят
Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна т1ехь д1атевжина хир ма бу. هُمْ وَأَزْوَاجُهُمْ فِي ظِلَالٍ عَلَى الْأَرَائِكِ مُتَّكِؤُونَ
57 Аят
Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю. لَهُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ وَلَهُم مَّا يَدَّعُونَ
58 Аят
"Салам!" – олуш, маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера. سَلَامٌ قَوْلًا مِن رَّبٍّ رَّحِيمٍ
59 Аят
Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш! وَامْتَازُوا الْيَوْمَ أَيُّهَا الْمُجْرِمُونَ
60 Аят
Ас шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш – иза шуна билгала мостагI ма дуй? أَلَمْ أَعْهَدْ إِلَيْكُمْ يَا بَنِي آدَمَ أَن لَّا تَعْبُدُوا الشَّيْطَانَ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
61 Аят
Суна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ!" وَأَنِ اعْبُدُونِي هَذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ
62 Аят
Шух йоккха тоба тилийна даьлла и! – Шу ца хили-кх хьекъале? وَلَقَدْ أَضَلَّ مِنكُمْ جِبِلًّا كَثِيرًا أَفَلَمْ تَكُونُوا تَعْقِلُونَ
63 Аят
ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна аьлла, хьехийнарг! هَذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي كُنتُمْ تُوعَدُونَ
64 Аят
Iовша цуьнан йовхо тахана 19 – шаьш ца тешаш хиларна! اصْلَوْهَا الْيَوْمَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
65 Аят
Тахана Оха церан баганашна мухIар тухур ма ду 20 ‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду. الْيَوْمَ نَخْتِمُ عَلَى أَفْوَاهِهِمْ وَتُكَلِّمُنَا أَيْدِيهِمْ وَتَشْهَدُ أَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
66 Аят
Тхуна лиънехьара, бIаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу, царна мичара гур дара? وَلَوْ نَشَاءُ لَطَمَسْنَا عَلَى أَعْيُنِهِمْ فَاسْتَبَقُوا الصِّرَاطَ فَأَنَّى يُبْصِرُونَ
67 Аят
Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан – дIабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш. وَلَوْ نَشَاءُ لَمَسَخْنَاهُمْ عَلَى مَكَانَتِهِمْ فَمَا اسْتَطَاعُوا مُضِيًّا وَلَا يَرْجِعُونَ
68 Аят
Оха вāха витинарг къаналле д1аверзаво, 21 уьш хьекъале ца хуьлу те? وَمَنْ نُعَمِّرْهُ نُنَكِّسْهُ فِي الْخَلْقِ أَفَلَا يَعْقِلُونَ
69 Аят
Ца Iамийна Оха цунна (Мухьаммад-пайхамарна) байташ 22 – и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хIуманаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚ وَمَا عَلَّمْنَاهُ الشِّعْرَ وَمَا يَنبَغِي لَهُ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ وَقُرْآنٌ مُّبِينٌ
70 Аят
Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта. لِيُنذِرَ مَن كَانَ حَيًّا وَيَحِقَّ الْقَوْلُ عَلَى الْكَافِرِينَ
71 Аят
Царна ца го техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина? أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا خَلَقْنَا لَهُمْ مِمَّا عَمِلَتْ أَيْدِينَا أَنْعَامًا فَهُمْ لَهَا مَالِكُونَ
72 Аят
Оха уьш царна муьтIахь дина 23 : царах уьш тIехуьйшурш а ду‚ царах цара даа а доу. وَذَلَّلْنَاهَا لَهُمْ فَمِنْهَا رَكُوبُهُمْ وَمِنْهَا يَأْكُلُونَ
73 Аят
Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду – баркалла хIунда ца олу цара? وَلَهُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَمَشَارِبُ أَفَلَا يَشْكُرُونَ
74 Аят
АллахI-Дела а витина, кхин деланаш лаьцна – шайна гIо хир ду моьттуш. وَاتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لَعَلَّهُمْ يُنصَرُونَ
75 Аят
Хир дац царна цаьргахула гIо – ма бу уьш царна дIахIоттийна бIо 24 . لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَهُمْ وَهُمْ لَهُمْ جُندٌ مُّحْضَرُونَ
76 Аят
Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а. فَلَا يَحْزُنكَ قَوْلُهُمْ إِنَّا نَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ
77 Аят
Адамна 25 ца го те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах 26 ? – билгала мостагI хили-кх цунах 27 ! أَوَلَمْ يَرَ الْإِنسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِن نُّطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُّبِينٌ
78 Аят
Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан денйийр ю даьIахкаш, уьш яхкаелча?" وَضَرَبَ لَنَا مَثَلًا وَنَسِيَ خَلْقَهُ قَالَ مَنْ يُحْيِي الْعِظَامَ وَهِيَ رَمِيمٌ
79 Аят
Ахь āла: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо – Иза массо а хIума кхолла Ша хууш ма ву. قُلْ يُحْيِيهَا الَّذِي أَنشَأَهَا أَوَّلَ مَرَّةٍ وَهُوَ بِكُلِّ خَلْقٍ عَلِيمٌ
80 Аят
Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ аш цунах лата а еш". الَّذِي جَعَلَ لَكُم مِّنَ الشَّجَرِ الْأَخْضَرِ نَارًا فَإِذَا أَنتُم مِّنْهُ تُوقِدُونَ
81 Аят
Ткъа стигалш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юхакхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш Кхоллархо ма ву! أَوَلَيْسَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِقَادِرٍ عَلَى أَنْ يَخْلُقَ مِثْلَهُم بَلَى وَهُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ
82 Аят
Цуьнан гIуллакх ду, Шена цхьа хIума лиъча, цуьнга "Хила!" āлар – т1аккха иза хуьлу. إِنَّمَا أَمْرُهُ إِذَا أَرَادَ شَيْئًا أَنْ يَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
83 Аят
Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тIе дIадерзор долу. فَسُبْحَانَ الَّذِي بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
1 Ибн 1аббаса аьлла, يا سين Йа-син бохучун маь1на Т1ий тайпанан лерехь يا أنسان Йа инсан (х1ай адам) бохург ду. Иза Мухьаммад-пайхамаран ﷺ ц1ерех цхьа ц1е ю, аьлла а ду. Дика хуург Ша Дела ву. Йа-син ч1ог1а деза сурат ду. Цуьнан дозаллах лаьцна Делан элчано ﷺ аьлла: "Х1ор х1уманан дог ду, ткъа Къуръанан дог Йа-син ду. Суна луур дара сайн умматах х1ор стеган даг чохь Йа-син хила". Цхьа кхечу хьадисехь цо ﷺ аьлла: "Аш дешалаш Йа-син шайн беллачарна т1ехь". Иштта валаволлучунна т1ехь и сурат дешар дика лерина. Цхьаболчу 1еламнаха, цу хьадисана т1е а доьг1на, дика лерина Йа-син деша массо а беллачарна т1ехь, кешнашкахь а т1ехь.
2 Царна жоьжахати хир ю‚ аьлла долу церан керстаналла бахьанехь.
3 Кхузахь Къуръанах ца тешаш болу керстанаш Дала тарбеш бу, шайн куьйгаш ч1енигех г1ортийна, кортош ирх айбинчарах, шайн б1аьргаш охьата1ийна, Къуръане хьажа ца луучарах.
4 Лавхь махьфуз – Дала хьалхха хирг мел долу х1ума дIаяздина долу жайна.
5 И хилла х1инца Турцина чуйог1уш йолу, Сирин дозанера юрт – Антакия. (Тафсир аль-Къурт1убий).
6 Уьш хилла 1ийса-пайхамара бахийтина элчанаш: Садикъ а, Масдукъ а.
7 Царна г1оьнна 1ийсас вахийтира цига Шам1ун а.
8 И вара Хьабиб аль-Наджар. Юьртахоша и элчанаш бойуш бу аьлла, царна г1о дан ведда веара иза.
9 ТIаккха цу керстанаша вийра Хьабиб.
10 Кхин пайхамарш царна тIе ца бахкийтира Оха, уьш бахкийта ца ийшира.
11 Къуръан чохь деана الازواج (дукхаллин терахь. Цхьаъ - الزوج ). Цуьнан коьрта маь1на оьрсийн "Пара" бохург ду. Дала бохучух тера ду Ша массо а х1ума шишша кхоьллина: борша а, стен а, бакъахьара-харцхьара (дацаре) а. Иштта ю лаьттах схьа мел йолу х1ума – орамат а, са мел долу х1ума – дийнат а, адамаш а, т1аьхьа 1илманца гучуйолу х1уманаш а: электричествон бакъахьара а, харцхьара (дацаре) зарядаш а, атоман протон а, электрон а, и. д1. кх.
12 Беттан фазаш.
13 Малх‚ бутт‚ седа‚ массо а хIума лелаш ю шен новкъахула.
14 Ийман цадиллар бахьанехь Дала хи далийтина хIаллакдина Нухьан къам. Нухь а, цуьнца цхьаьна ийман диллинарш а, хIора дийнатах шишша а /боьрша а, стен а/ кIелхьарбаьхна кеманна тIехь
15 Ийман диллинчара элира: "Шуна жоьжахати хир ю".
16 Къематде догIуш Исрафил-малико локхур йолу зурма.
17 Дала яханчу заманахь дуьйцу и хир долу х1уманаш, Шена уьш хирг хилар хьакъ-бакъ долу дела.
18 Дала Къуръан чохь.
19 ЧугIо цунна тахана.
20 ДIакъовлур ма ю.
21 Дала дуьненахь ехха оьмар елла витинарг, къанлой, тишлой, д1аг1о, дег1ера ницкъ д1аболу, берийн амалашка волу. Оцунах ойла ца йо те наха?
22 Делах цатешачара олуш хилла и Мухьаммад ша1ир, аьлча а, поэт ву, цо йоьшурш байташ ю.
23 Оха уьш царна муьтIахь дина.
24 Царна тIера Далла хьалха дош дала дезаш.2 Адам – кхузахь: боьрша стаг я зуда-стаг.
26 Т1адам – кхузахь: оралла, сперма.
27 Тафсиран 1еламнаха боху и аят доьссина Убай бин Халаф ц1е йолчу Маккан вахархочуьнгахь. И веана хилла цхьа яхкаелла даь1ахк яхьаш. И элира цо пайхамарна ﷺ хьалха, ца вешаш: "Ахь боху, х1ай Мухьаммад, Дала вай дендийр ду, вайх иштта яхкаелла даь1ахкаш хилча?" Пайхамаро ﷺ элира цуьнга: "Х1аъ! Цо денвийр а ву хьо, т1аккха жоьжахати чу а вохуьйтур ву!" Цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, и доьссина пайхамарца ﷺ къуьйсуш хиллачу Аль-1āс бин Вāил бохучу стагехь.