37. Сурат АС-САФФАТ

МогIаршкахь лаьттарш

Маккахь доьссина‚ дерриге а 182 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
/Ас дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарах 1 /нисбинчу/ могIаршца. وَالصَّافَّاتِ صَفًّا
2 Аят
/Ас дуй боу/ лохкучарах 2 /нуьцкъала/ лахкарца. فَالزَّاجِرَاتِ زَجْرًا
3 Аят
/Ас дуй боу/ хьехам боьшучарах 3 : فَالتَّالِيَاتِ ذِكْرًا
4 Аят
баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву. إِنَّ إِلَهَكُمْ لَوَاحِدٌ
5 Аят
Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобург ма ву Иза‚ малхбалийн а Кхиош-Кхобург ма ву Иза. رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَرَبُّ الْمَشَارِقِ
6 Аят
Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица а, إِنَّا زَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِزِينَةٍ الْكَوَاكِبِ
7 Аят
Iалашдарца а массо а карзахдаьллачу шайтIанех. وَحِفْظًا مِّن كُلِّ شَيْطَانٍ مَّارِدٍ
8 Аят
Цара ладугIур дац Лакхарчу Кхеташоне 4 ‚ духатухур ду массо а агIорхьара لَا يَسَّمَّعُونَ إِلَى الْمَلَإِ الْأَعْلَى وَيُقْذَفُونَ مِن كُلِّ جَانِبٍ
9 Аят
генадаккхарца‚ ткъа царна ду цкъа а хедар доцу Iазап. دُحُورًا وَلَهُمْ عَذَابٌ وَاصِبٌ
10 Аят
Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ т1аккха цунна а тIаьхьакхуьу /стигалара/ охьабужу цIе туху седа. إِلَّا مَنْ خَطِفَ الْخَطْفَةَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ ثَاقِبٌ
11 Аят
Ахь хаттал цаьрга 5 /х1ай Мухьаммад/: "Уьш бу вуно чIогIа кхолла 6 ‚ я Оха кхоьллинарг ду 7 ?" Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш (церан бух – Āдам) леташ болчу поппарах (топпарах). فَاسْتَفْتِهِمْ أَهُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَم مَّنْ خَلَقْنَا إِنَّا خَلَقْنَاهُم مِّن طِينٍ لَّازِبٍ
12 Аят
ХIаъ‚ цецваьлла хьо, уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/. بَلْ عَجِبْتَ وَيَسْخَرُونَ
13 Аят
Шайна дагадаийтича (бакъдерг шайга д1акхачийча) а, цара дага ца дойту (пайда ца оьцу хьехамах шайн дегнаш къиза хиларна). وَإِذَا ذُكِّرُوا لَا يَذْكُرُونَ
14 Аят
Шайна делил гича а, тIех ца бешаш хуьлу. وَإِذَا رَأَوْا آيَةً يَسْتَسْخِرُونَ
15 Аят
Цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла бен дац. وَقَالُوا إِنْ هَذَا إِلَّا سِحْرٌ مُّبِينٌ
16 Аят
Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча, вай юхадендийр ду? أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَئِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
17 Аят
Я вайн хьалхалера дай?" أَوَآبَاؤُنَا الْأَوَّلُونَ
18 Аят
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду". قُلْ نَعَمْ وَأَنتُمْ دَاخِرُونَ
19 Аят
Иза-м цхьа аз 8 бен дац – уьш хьоьжуш хир бу, فَإِنَّمَا هِيَ زَجْرَةٌ وَاحِدَةٌ فَإِذَا هُمْ يَنظُرُونَ
20 Аят
шаьш олуш: "Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де". وَقَالُوا يَا وَيْلَنَا هَذَا يَوْمُ الدِّينِ
21 Аят
"ХIара ду-кх и къастаран де‚ аш ша харцдеш хилла долу" 9 . هَذَا يَوْمُ الْفَصْلِ الَّذِي كُنتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ
22 Аят
"Схьагулбе и зулам динарш а‚ /уьш санна болу/ церан накъостий а‚ цара /шайна/ Iибадат деш хилларш а, احْشُرُوا الَّذِينَ ظَلَمُوا وَأَزْوَاجَهُمْ وَمَا كَانُوا يَعْبُدُونَ
23 Аят
Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа! مِن دُونِ اللَّهِ فَاهْدُوهُمْ إِلَى صِرَاطِ الْجَحِيمِ
24 Аят
Совцабе уьш – цаьрга барт хоттур бу!" 10 وَقِفُوهُمْ إِنَّهُم مَّسْئُولُونَ
25 Аят
"Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?" 11 مَا لَكُمْ لَا تَنَاصَرُونَ
26 Аят
ХIаъ‚ уьш тахана мукIархилла. بَلْ هُمُ الْيَوْمَ مُسْتَسْلِمُونَ
27 Аят
Царах цхьаберш т1ебирзи вукхарна, хоьттуш (вовшашна бехкаш бохуш). وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ
28 Аят
Эр ду /тилабеллачара шаьш т1аьхьабаьзначаьрга/: "Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара". قَالُوا إِنَّكُمْ كُنتُمْ تَأْتُونَنَا عَنِ الْيَمِينِ
29 Аят
/Вукхара/ эр ду: "ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/. قَالُوا بَل لَّمْ تَكُونُوا مُؤْمِنِينَ
30 Аят
Тхан шуна тIехь цхьа а ницкъ бацара. ХIаъ‚ шу шаьш хили тIехдаьлла 12 къам. وَمَا كَانَ لَنَا عَلَيْكُم مِّن سُلْطَانٍ بَلْ كُنتُمْ قَوْمًا طَاغِينَ
31 Аят
Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-Кхобучун дош. Баккъалла а, оха Iовшур ду-кх /Iазап/. فَحَقَّ عَلَيْنَا قَوْلُ رَبِّنَا إِنَّا لَذَائِقُونَ
32 Аят
Оха шу а тилий-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла". فَأَغْوَيْنَاكُمْ إِنَّا كُنَّا غَاوِينَ
33 Аят
Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу. فَإِنَّهُمْ يَوْمَئِذٍ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ
34 Аят
Баккъалла а, Оха иштта до /1азап/ къинош диначарна. إِنَّا كَذَلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ
35 Аят
Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: "Кхин дела вац АллахI бен", курабуьйлуш. إِنَّهُمْ كَانُوا إِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا إِلَهَ إِلَّا اللَّهُ يَسْتَكْبِرُونَ
36 Аят
Цара олура: "Оха буьтура ткъа тхан деланаш жинех волчу илланчин 13 дуьхьа". وَيَقُولُونَ أَئِنَّا لَتَارِكُوا آلِهَتِنَا لِشَاعِرٍ مَّجْنُونٍ
37 Аят
ХIаъ‚ иза-м (и Мухьаммад) веана бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина бахкийтинарш 14 . بَلْ جَاءَ بِالْحَقِّ وَصَدَّقَ الْمُرْسَلِينَ
38 Аят
Баккъалла а, аш Iовшур ма ду лазош долу Iазап. إِنَّكُمْ لَذَائِقُو الْعَذَابِ الْأَلِيمِ
39 Аят
Шуна бекхам хир ма бац аш деш хилларг бен. وَمَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
40 Аят
Делан сов цIена леш боцучара. (Царна хир дац 1азап). إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
41 Аят
Царна девзаш долу рицкъ хир ду – أُوْلَئِكَ لَهُمْ رِزْقٌ مَّعْلُومٌ
42 Аят
Стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду فَوَاكِهُ وَهُم مُّكْرَمُونَ
43 Аят
/гуттар хир долчу/ ниIматийн бошмашкахь. فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
44 Аят
Маьнганашна тIехь вовшашна духь-дуьхьал лаьтташ. عَلَى سُرُرٍ مُّتَقَابِلِينَ
45 Аят
Царна /тIехьийзаш/ го боккхур бу /бераша/ шовдана чуьра /ихачу/ чагIаран кедаца. يُطَافُ عَلَيْهِم بِكَأْسٍ مِن مَّعِينٍ
46 Аят
КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучарна. بَيْضَاءَ لَذَّةٍ لِّلشَّارِبِينَ
47 Аят
Цу чохь /хьекъал/ талхар а хир дац /корта лозуш/‚ уьш цунах бехар а бац. لَا فِيهَا غَوْلٌ وَلَا هُمْ عَنْهَا يُنزَفُونَ
48 Аят
БIаьрса лардеш болу (хийрачу божаршка ца хьоьжуш), бIаьргаш баккхий болу 15 /хаза зударий/ хир бу церан. وَعِنْدَهُمْ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ عِينٌ
49 Аят
Шаьш хьуламехь долчу хIоах 16 тера. كَأَنَّهُنَّ بَيْضٌ مَّكْنُونٌ
50 Аят
Царах цхьаберш вукхарна дуьхьал гIур бу, хоьттуш. فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ
51 Аят
Эр ду царах олучо: "Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/. قَالَ قَائِلٌ مِّنْهُمْ إِنِّي كَانَ لِي قَرِينٌ
52 Аят
Цо олура: "Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарах ву? يَقُولُ أَئِنَّكَ لَمِنْ الْمُصَدِّقِينَ
53 Аят
Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча, вай бекхаме узур ду?" أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَئِنَّا لَمَدِينُونَ
54 Аят
Цо (Делах тешаш хиллачо) эр ду: "Шу хьовсий (муха ду техьа цуьнан хьал х1инца)?" قَالَ هَلْ أَنتُم مُّطَّلِعُونَ
55 Аят
Иза хьаьжира‚ тIаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира. فَاطَّلَعَ فَرَآهُ فِي سَوَاءِ الْجَحِيمِ
56 Аят
Цо (тешаш хиллачо цатешаш хиллачуьнга) эр ду: "ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллаквеш ма лаьттара ахь. قَالَ تَاللَّهِ إِنْ كِدتَّ لَتُرْدِينِ
57 Аят
Сан Кхиош-Кхобучун ниIмат ца хиллехьара, со хир ма вара /кхузахь/ лаьттачарах". وَلَوْلَا نِعْمَةُ رَبِّي لَكُنتُ مِنَ الْمُحْضَرِينَ
58 Аят
/Т1аккха ялсаманин охIланга а вирзина, цу тешаш хиллачо эр ду/: "Вай /кхузахь цкъа а/ лийр долуш дац? أَفَمَا نَحْنُ بِمَيِّتِينَ
59 Аят
Вайн цкъа /дуьненахь долуш хилла долу/ далар бен‚ вайна Iазап дийр долуш а дац?! إِلَّا مَوْتَتَنَا الْأُولَى وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
60 Аят
Баккъалла а, хIара бу-кх сийлахь-беза толам!" إِنَّ هَذَا لَهُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
61 Аят
Ишттачун дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучара! لِمِثْلِ هَذَا فَلْيَعْمَلْ الْعَامِلُونَ
62 Аят
Ткъа иза ду /хьошалгIа/ восса дика‚ я заккъум 17 дитт ду? أَذَلِكَ خَيْرٌ نُّزُلًا أَمْ شَجَرَةُ الزَّقُّومِ
63 Аят
Баккъалла а, Оха иза хилийтина питана хилла зуламхошна. إِنَّا جَعَلْنَاهَا فِتْنَةً لِّلظَّالِمِينَ
64 Аят
Баккъалла а, иза ду жоьжахатина бухахь арадолу дитт. إِنَّهَا شَجَرَةٌ تَخْرُجُ فِي أَصْلِ الْجَحِيمِ
65 Аят
Цуьнан стоьмаш бу, шайтIанийн кортош санна. طَلْعُهَا كَأَنَّهُ رُؤُوسُ الشَّيَاطِينِ
66 Аят
Баккъалла а, цара цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю цунах. فَإِنَّهُمْ لَآكِلُونَ مِنْهَا فَمَالِؤُونَ مِنْهَا الْبُطُونَ
67 Аят
ТIаккха баккъалла а, царна цунна тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду. ثُمَّ إِنَّ لَهُمْ عَلَيْهَا لَشَوْبًا مِّنْ حَمِيمٍ
68 Аят
ТIаккха, баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате хир ду. ثُمَّ إِنَّ مَرْجِعَهُمْ لَإِلَى الْجَحِيمِ
69 Аят
Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла /царна тIаьхьабаьзира уьш/. إِنَّهُمْ أَلْفَوْا آبَاءهُمْ ضَالِّينَ
70 Аят
Уьш церан лорах лаьхкира. (Дуьненахь болуш, шайн дайша летийна къинош летийра цара а). فَهُمْ عَلَى آثَارِهِمْ يُهْرَعُونَ
71 Аят
Тилабелира царал хьалха дуьххьар хиллачарах дукхахберш. وَلَقَدْ ضَلَّ قَبْلَهُمْ أَكْثَرُ الْأَوَّلِينَ
72 Аят
Оха бахийтира цаьрга кхерамчаш. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا فِيهِم مُّنذِرِينَ
73 Аят
Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье. فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنذَرِينَ
74 Аят
Делан сов цIена леш боцучеран. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
75 Аят
Тхоьга кхийкхира Нухьас – ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/. وَلَقَدْ نَادَانَا نُوحٌ فَلَنِعْمَ الْمُجِيبُونَ
76 Аят
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балех. وَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
77 Аят
Оха хилийтира цуьнан зуьррет – иза бухадуьсург. وَجَعَلْنَا ذُرِّيَّتَهُ هُمْ الْبَاقِينَ
78 Аят
Оха цунна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь 18 . وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
79 Аят
Салам ду Нухьана Iаламашкахь. سَلَامٌ عَلَى نُوحٍ فِي الْعَالَمِينَ
80 Аят
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна. إِنَّا كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
81 Аят
Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лейх. إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
82 Аят
ТIаккха Оха хи бухабахийтира бисинарш. ثُمَّ أَغْرَقْنَا الْآخَرِينَ
83 Аят
Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а. وَإِنَّ مِن شِيعَتِهِ لَإِبْرَاهِيمَ
84 Аят
Дагадаийта! Иза веара шен Кхиош-Кхобучунна тIе цIеначу дагца. إِذْ جَاءَ رَبَّهُ بِقَلْبٍ سَلِيمٍ
85 Аят
Дагадаийта! Цо аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "ХIун ю аш Iибадат деш ерг? إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَاذَا تَعْبُدُونَ
86 Аят
Харцдерг деланаш /лаца/ лаьа шуна, АллахI- Дела а витина? أَئِفْكًا آلِهَةً دُونَ اللَّهِ تُرِيدُونَ
87 Аят
ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?" فَمَا ظَنُّكُم بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
88 Аят
Иза хьаьжира хьажарца седарчашка 19 . فَنَظَرَ نَظْرَةً فِي النُّجُومِ
89 Аят
ТIаккха цо элира: "Баккъалла а, со цомгуш ву". فَقَالَ إِنِّي سَقِيمٌ
90 Аят
Уьш дIабирзира цунах‚ букъ берзийна. فَتَوَلَّوْا عَنْهُ مُدْبِرِينَ
91 Аят
Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: "Аш ца юу? فَرَاغَ إِلَى آلِهَتِهِمْ فَقَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ
92 Аят
Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?" مَا لَكُمْ لَا تَنطِقُونَ
93 Аят
Иза тIевирзира царна, тухуш аьтту куьйгаца 20 . فَرَاغَ عَلَيْهِمْ ضَرْبًا بِالْيَمِينِ
94 Аят
Уьш дуьхьалкхийтира цунна, сиха боларца бевдда баьхкина 21 . فَأَقْبَلُوا إِلَيْهِ يَزِفُّونَ
95 Аят
Цо (Ибрах1има) элира: "Аш Iибадат до ткъа шаьш цоьстуш йиначарна 22 ? قَالَ أَتَعْبُدُونَ مَا تَنْحِتُونَ
96 Аят
Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аш деш дерг а /кхоьллинарг а/". وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ وَمَا تَعْمَلُونَ
97 Аят
Цара элира: "Ē цунна гIишло‚ чукхосса иза йогучу цIерга!" قَالُوا ابْنُوا لَهُ بُنْيَانًا فَأَلْقُوهُ فِي الْجَحِيمِ
98 Аят
Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарах. فَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَسْفَلِينَ
99 Аят
Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-Кхобучунна тIе. Цо нисвийр ву со. وَقَالَ إِنِّي ذَاهِبٌ إِلَى رَبِّي سَيَهْدِينِ
100 Аят
Сан Кхиош-Кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь". رَبِّ هَبْ لِي مِنَ الصَّالِحِينَ
101 Аят
Оха цунна кхаъ баьккхира тIех собаре кIантаца 23 . فَبَشَّرْنَاهُ بِغُلَامٍ حَلِيمٍ
102 Аят
Иза цуьнца (ИбрахIимца) сиха лелалучу хьоле кхаьчча 24 ‚ цо (ИбрахIима) элира: "ХIай сан кIаьтиг 25 ‚ баккъалла а, суна го гIенах ас хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета". Цо элира: "Дада‚ хьайга омра деш дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Дала мукъалахь‚ собар дечарах". فَلَمَّا بَلَغَ مَعَهُ السَّعْيَ قَالَ يَا بُنَيَّ إِنِّي أَرَى فِي الْمَنَامِ أَنِّي أَذْبَحُكَ فَانظُرْ مَاذَا تَرَى قَالَ يَا أَبَتِ افْعَلْ مَا تُؤْمَرُ سَتَجِدُنِي إِن شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّابِرِينَ
103 Аят
И шиъ /Далла/ муьт1ахь хилча‚ цо (ИбрахIима) иза хьаж тIе виллича‚ فَلَمَّا أَسْلَمَا وَتَلَّهُ لِلْجَبِينِ
104 Аят
Оха цуьнга кхийкхира: "ХIай ИбрахIим! وَنَادَيْنَاهُ أَنْ يَا إِبْرَاهِيمُ
105 Аят
Бакъхилийти ахь гIан". Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна. قَدْ صَدَّقْتَ الرُّؤْيَا إِنَّا كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
106 Аят
Баккъалла а, хIара – иза ду-кх билгала долу зер. إِنَّ هَذَا لَهُوَ الْبَلَاء الْمُبِينُ
107 Аят
Оха текхира цунах сийлахь-деза гIурба 26 . وَفَدَيْنَاهُ بِذِبْحٍ عَظِيمٍ
108 Аят
Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаставар а/ тIаьхьабогIучаьргахь. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
109 Аят
Салам-маршалла ду ИбрахIимна. سَلَامٌ عَلَى إِبْرَاهِيمَ
110 Аят
Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна. كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
111 Аят
Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех. إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
112 Аят
Оха кхаъ баьккхира цунна Исхьакъаца‚ дикачарах пайхамарца 27 . وَبَشَّرْنَاهُ بِإِسْحَقَ نَبِيًّا مِّنَ الصَّالِحِينَ
113 Аят
Оха декъалвира иза а‚ Исхьакъ а. Цу шиннан зуьрретах диканиг а ву‚ ша-шена билгала зуламхо а ву. وَبَارَكْنَا عَلَيْهِ وَعَلَى إِسْحَقَ وَمِن ذُرِّيَّتِهِمَا مُحْسِنٌ وَظَالِمٌ لِّنَفْسِهِ مُبِينٌ
114 Аят
Мусах а‚ ХIарунах а бинера Оха /боккха/ къинхетам. وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَى مُوسَى وَهَارُونَ
115 Аят
КIелхьарваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу бāланах. وَنَجَّيْنَاهُمَا وَقَوْمَهُمَا مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
116 Аят
Царна гIо дира Оха – уьш хилира тоьлларш. وَنَصَرْنَاهُمْ فَكَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ
117 Аят
Оха делира цу шинга билгала долу жайна. وَآتَيْنَاهُمَا الْكِتَابَ الْمُسْتَبِينَ
118 Аят
Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа. وَهَدَيْنَاهُمَا الصِّرَاطَ الْمُسْتَقِيمَ
119 Аят
Оха дитира цу шиннан /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِمَا فِي الْآخِرِينَ
120 Аят
Салам-маршалла ду Мусага а‚ ХIаруне а. سَلَامٌ عَلَى مُوسَى وَهَارُونَ
121 Аят
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна. إِنَّا كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
122 Аят
Баккъалла а, и шиъ Тхан муъма лех ву. إِنَّهُمَا مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
123 Аят
Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах. وَإِنَّ إِلْيَاسَ لَمِنْ الْمُرْسَلِينَ
124 Аят
Цо ма элира шен къоме: "Шу /Делах/ ца кхоьру? إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَلَا تَتَّقُونَ
125 Аят
Аш кхойкху ткъа БаIлага 28 ‚ уггар дика Кхоллархо а вуьтий? أَتَدْعُونَ بَعْلًا وَتَذَرُونَ أَحْسَنَ الْخَالِقِينَ
126 Аят
АллахI – шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?" اللَّهَ رَبَّكُمْ وَرَبَّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ
127 Аят
Т1аккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхах1иттор ма бу /жоьжахатина, 1азапана/. فَكَذَّبُوهُ فَإِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ
128 Аят
Делан сов цIена леш боцурш. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
129 Аят
Оха дитира цунна /хаза цIе яккхар, наха хаставар/ тIаьхьабогIучаьргахь. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
130 Аят
Салам-маршалла ду Ил-йāсūна 29 . سَلَامٌ عَلَى إِلْ يَاسِينَ
131 Аят
Баккъалла а, Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна. إِنَّا كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
132 Аят
Баккъалла а, и Тхан муъма лех ву. إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
133 Аят
Баккъалла а, ЛутI а ву бахкийтинчарах 30 . وَإِنَّ لُوطًا لَّمِنَ الْمُرْسَلِينَ
134 Аят
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан берриг доьзал а. إِذْ نَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ أَجْمَعِينَ
135 Аят
/1азапехь/ бисинчарна юккъехь хилла йолу /Лут1ан зударех/ цхьа йоккха стаг 31 йоцург. إِلَّا عَجُوزًا فِي الْغَابِرِينَ
136 Аят
ТIаккха Оха бохийра биснарш. ثُمَّ دَمَّرْنَا الْآخَرِينَ
137 Аят
Баккъалла а, шу лелаш ма дуй царна юххехула Iуьйранна а‚ وَإِنَّكُمْ لَتَمُرُّونَ عَلَيْهِم مُّصْبِحِينَ
138 Аят
буьйсанна а. Шу хьекъале ца хуьлу? وَبِاللَّيْلِ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
139 Аят
Баккъалла а, Юнус а ву бахкийтинчарах (элчанех). وَإِنَّ يُونُسَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
140 Аят
Ведира иза дуьззинчу кеманна тIе. إِذْ أَبَقَ إِلَى الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ
141 Аят
Цо кхаж тесира /цаьрца/ – иза эшначарах хилира. فَسَاهَمَ فَكَانَ مِنْ الْمُدْحَضِينَ
142 Аят
И кхаьллира чIеро, и бехке а волуш. فَالْتَقَمَهُ الْحُوتُ وَهُوَ مُلِيمٌ
143 Аят
Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбихь дечарах, فَلَوْلَا أَنَّهُ كَانَ مِنْ الْمُسَبِّحِينَ
144 Аят
вуьсур ма вара цуьнан кийрахь уьш (халкъаш) юхадендечу /къемат/дийне кхаччалц. لَلَبِثَ فِي بَطْنِهِ إِلَى يَوْمِ يُبْعَثُونَ
145 Аят
Кхоьссира Оха иза ара (яьссачу меттиге), цомгуш а волуш. فَنَبَذْنَاهُ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ سَقِيمٌ
146 Аят
Оха далийтира цунна гIабакхан дитт. وَأَنبَتْنَا عَلَيْهِ شَجَرَةً مِّن يَقْطِينٍ
147 Аят
Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха нахана тIе) я совболчаьрга. وَأَرْسَلْنَاهُ إِلَى مِئَةِ أَلْفٍ أَوْ يَزِيدُونَ
148 Аят
Цара ийман диллира – Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна 32 . فَآمَنُوا فَمَتَّعْنَاهُمْ إِلَى حِينٍ
149 Аят
Ахь хаттал цаьрга (хьан нахе, х1ай элча): "Ткъа хьан Кхиош-Кхобучунна мехкарий бу‚ ткъа царна кIентий бу. فَاسْتَفْتِهِمْ أَلِرَبِّكَ الْبَنَاتُ وَلَهُمُ الْبَنُونَ
150 Аят
Я Оха кхоьллина маликаш стен, царна а гуш?" أَمْ خَلَقْنَا الْمَلَائِكَةَ إِنَاثًا وَهُمْ شَاهِدُونَ
151 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара أَلَا إِنَّهُم مِّنْ إِفْكِهِمْ لَيَقُولُونَ
152 Аят
Дала бер дина /бохуш/ – баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу. وَلَدَ اللَّهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
153 Аят
Мехкарий хаьржина Цо кIентел‚ /бохуш/? أَصْطَفَى الْبَنَاتِ عَلَى الْبَنِينَ
154 Аят
ХIун ду шуна‚ муха хьукам до аш? مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ
155 Аят
Ойла ца йо аш? أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
156 Аят
Я шун билгала бакъо ю? أَمْ لَكُمْ سُلْطَانٌ مُّبِينٌ
157 Аят
Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь. فَأْتُوا بِكِتَابِكُمْ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
158 Аят
Цара 33 хилийтира Цунна а‚ жинашна а юкъахь гергарло. Жинашна хиира уьш дIахIиттор 34 буйла. وَجَعَلُوا بَيْنَهُ وَبَيْنَ الْجِنَّةِ نَسَبًا وَلَقَدْ عَلِمَتِ الْجِنَّةُ إِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ
159 Аят
ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сибатех 35 . سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ
160 Аят
Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
161 Аят
Баккъалла а, аша а‚ аш /шена/ Iибадат дечо а – فَإِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ
162 Аят
аш питане лоцур ма вац مَا أَنتُمْ عَلَيْهِ بِفَاتِنِينَ
163 Аят
ша жоьжахатехь вогур верг бен. إِلَّا مَنْ هُوَ صَالِ الْجَحِيمِ
164 Аят
/Элира маликаш/: "Тхох ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен 36 . وَمَا مِنَّا إِلَّا لَهُ مَقَامٌ مَّعْلُومٌ
165 Аят
Баккъалла а, тхо могIарш бина ду (лаьтташ 1ибадатехь мог1аршца ). وَإِنَّا لَنَحْنُ الصَّافُّونَ
166 Аят
Баккъалла а, тхо тасбихь деш ду". وَإِنَّا لَنَحْنُ الْمُسَبِّحُونَ
167 Аят
Уьш(Маккара керстанаш) хиллехь а олуш: وَإِنْ كَانُوا لَيَقُولُونَ
168 Аят
"Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚ لَوْ أَنَّ عِندَنَا ذِكْرًا مِّنْ الْأَوَّلِينَ
169 Аят
тхо хир дара Делан сов цIена леш 37 ". لَكُنَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
170 Аят
Керстаналла дина цара цунна (Къуръанна)‚ тIаьхьа хуур ду царна. فَكَفَرُوا بِهِ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
171 Аят
Хьалхадаьлла Тхан дош 38 Тхан бахкийтинчу 39 лешка. وَلَقَدْ سَبَقَتْ كَلِمَتُنَا لِعِبَادِنَا الْمُرْسَلِينَ
172 Аят
Баккъалла а, уьш – уьш бу шайн гIо дийр дерш. إِنَّهُمْ لَهُمُ الْمَنصُورُونَ
173 Аят
Баккъалла а, Тхан эскар (муъма нах) – и ду толамхо 40 . وَإِنَّ جُندَنَا لَهُمُ الْغَالِبُونَ
174 Аят
Д1аверза царах 41 цхьа хан яллалц. فَتَوَلَّ عَنْهُمْ حَتَّى حِينٍ
175 Аят
Хьажа цаьрга /царна Iазап дуссуш/ – тIаьхьа гур ду царна /шайн керстаналлин бекхам/. وَأَبْصِرْهُمْ فَسَوْفَ يُبْصِرُونَ
176 Аят
Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш? أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ
177 Аят
Иза (Iазап) доьссича, церан керташка (аренга) – ма вон хилла-кх шайна кхерам тесначеран Iуьйре. فَإِذَا نَزَلَ بِسَاحَتِهِمْ فَسَاءَ صَبَاحُ الْمُنذَرِينَ
178 Аят
Д1аверза царах цхьа хан яллалц. وَتَوَلَّ عَنْهُمْ حَتَّى حِينٍ
179 Аят
Хьажа – тIаьхьа гур ду царна. وَأَبْصِرْ فَسَوْفَ يُبْصِرُونَ
180 Аят
ЦIена ву хьан Кхиош-Кхобург – сийлаллин Эла – цара /Шена т1ехь/ кхуллучу /харц/ сибатех. سُبْحَانَ رَبِّكَ رَبِّ الْعِزَّةِ عَمَّا يَصِفُونَ
181 Аят
Салам-маршалла ду элчанашна. وَسَلَامٌ عَلَى الْمُرْسَلِينَ
182 Аят
Хастам бу Далла – Iаламийн Дена. وَالْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
1 Маликех‚ могIаршкахь Далла 1ибадат деш лаьтташ долу.
2 Маликех‚ къинош динарш дIалохкуш долчу я мархаш дIалохкуш долчу.
3 Къуръан доьшучу‚ Далла тасбихь дечу маликех.
4 Стигалахь (Далла хьалха) хуьлуш долчуьнга.
5 Делах цатешачаьрга.
6 Денбан.
7 Маликаш а‚ стигалш а‚ латта а‚ царна юккъахь мел дерг а.
8 Исрафил-малико шозлаг1а Сур (зурма) лакхар.
9 Эр ду цаьрга маликаша, бехк боккхуш.
10 И эр ду цаьрга маликаша Делан пурбанца.
11 Бехк боккхуш, эр ду цаьрга маликаша.
12 Тиладелла.
13 Вайн пайхамарна (IалайхIи салам) олуш хилла и керстанаша.
14 Элчанаш‚ шена хьалха хилла болу.
15 Кхечу божаршка ца хьоьжуш‚ бIаьргаш хаза болу мехкарий (хьурул Iинаш).
16 Хийрачу божарех ларбина болу (церан хьажарх‚ кхетарх).
17 Заккъум – жоьжахатина бухахь арадолу дитт‚ шайтIанан кортош санна, стоьмаш болуш.
18 Пайхамарша а‚ наха а хаставора Нухь.
19 Церан ж1араш кегъян бухависа бахьана лоьхуш вара Ибрах1им. Оцу къоман 1адатехь хилла седарчашца х1ума тидар. Седарчаша гойту ша кхана цомгуш хирг хилар, ала лууш вара Ибрах1им, т1аккха шена мегар дац шуьца 1ийде ван. Сабунис яздо, Къурт1убин тафсирна т1е а товжий: и харцлер дац Делан шар1ан маслахьтана долу дела, цкъа-делахь, шолг1а-делахь, Ибрах1имна луург церан ж1араш къобал ца еш йолу деган цамгар яра.
20 ИбрахIима этира церан ж1араш (ц1уш) дагарца‚ тIаккха и диг царах йоккхачу ж1аран логах оьллира.
21 Шайн ж1арашна тIе юхабирзийра нах‚ ИбрахIим дуьхьалкхийтира царна.
22 Тарх цоьстуш‚ деланаш бу бохуш цара йина хIуманаш – ж1араш (цIуш).
23 Исма1ил велира Дала Ибрах1имна совг1атана.
24 ИсмаIил шен деца ИбрахIимца лелаш‚ цунна гIо дан ницкъ болуш воккха хилча (цуьнан ворхI‚ я кхойта шо дуьзча).
25 К1аьтиг – жима к1ант.
26 Дала стигалара ка баийтира ИсмаIилан метта гIурбанна урс хьаккха.
27 Оха кхаъ баьккхира ИбрахIимна‚ Исхьакъ цIе йолуш, кIант хир ву хьан‚ шех пайхамар а хуьлуш‚ аьлла.
28 БаIал – Ильясан умматан ж1аран (цIун) цIе (дела ву боху хIума).
29 Иль-йасин – 1арбашха: الياسين оцу аятехь иштта язйина ю Ильяс боху ц1е.
30 Дала, элча вина, ваийтинарг.
31 Иза хилла Лут1-пайхамаран зуда, амма керста хилла и. Иштта пайхамаран зуда хиларх а к1елхьара ца яьлла и Делан 1азапах. Цо гойту вайна, хьо Деле ц1енна ийман диллина вацахь, Далла гергахь хьуна цхьммо а г1о дийр доцийла.
32 Юнусан хабар доцца: "Шен къомо ийман ца диллина‚ Дала царна Iазап дийр ду аьлла, билгало шега кхаьчча‚ Юнус царах ведда, хIордан кеманна тIе хиъна, кIелхьаравала лууш хилла. Кема дола ца делла. Кеманна тIехь болчу наха аьлла: "Кху тIехь цхьа къа долуш стаг ву‚ я элах ведда лай ву. И вай хи чу ца кхоссахь‚ кема долалур дац". Цара кхаж тесира, иза Юнусна белира – и цара хи чу кхоьссира. Боккхачу чIеро иза дIакхаьллира. ТIаккха цо, шех даьллачух дохко ваьлла‚ Деле гIо дар дийхира. Дала и чIере аракхоссийтира. Цуьнан къомо тоба дича‚ Дала царна тIера айдина хилла Iазап.
33 Керстанаша – маликаш Делан мехкарий бу бохуш.
34 Царна хьалха – жоьжахати чу.
35 Маликаш Делан мехкарий бу бохуш.
36 Иза маликаша вайн пайхамаре боху: тхох х1оранна а т1едихкина Делан г1уллакхаш ду; тхох цхьадерш рицкъ доькъуш ду, цхьадерш 1ожалла кхочушъеш ду, цхьадерш пайхамаршка ваьхьий кхоьхьуш ду …
37 Шайга Къуръан доссале Маккара керстанаша олуш хилла: кхечаьрга санна шайга Делера жайна доьссина хиллехьара, шаьш цунах тешар дара. Цул т1аьхьа шайга Къуръан досса доладелча, цунах ца тийшира уьш. Цо гойту уьш харц хилар.
38 Со а‚ Сан элчанаш а тоьлур ду керстанашна тIехь‚ аьлла долу.
39 Пайхамарша аьлла долу дош.
40 Муъма нах тоьлур бу дуьненахь а, эхартахь а: бакъхиларан билгалонашца, эхартахь ялсамане бахарца.
41 Дала боху пайхамаре: бита и Маккара керстанаш дуьхьало ца еш цхьа хан яллалц.