38. Сурат СĀД

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 88 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/: ص وَالْقُرْآنِ ذِي الذِّكْرِ
2 Аят
ХIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллина[1] чохь а бу-кх. بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي عِزَّةٍ وَشِقَاقٍ
3 Аят
Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/ яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан. كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّن قَرْنٍ فَنَادَوْا وَلَاتَ حِينَ مَنَاصٍ
4 Аят
Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча веъча. Цатешачара элира: "ХIара тIех харцволу бозбуунча ву. وَعَجِبُوا أَن جَاءهُم مُّنذِرٌ مِّنْهُمْ وَقَالَ الْكَافِرُونَ هَذَا سَاحِرٌ كَذَّابٌ
5 Аят
Цо /дуккха деланийн метта/ цхьа дела хилийтина? И тамаше хIума ду!" أَجَعَلَ الْآلِهَةَ إِلَهًا وَاحِدًا إِنَّ هَذَا لَشَيْءٌ عُجَابٌ
6 Аят
Царах хьалдолу тоба[2] дIаяхара /олуш/: "Д1аг1о‚ собар а де шайн деланашна тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума. وَانطَلَقَ الْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ امْشُوا وَاصْبِرُوا عَلَى آلِهَتِكُمْ إِنَّ هَذَا لَشَيْءٌ يُرَادُ
7 Аят
Тхуна ца хезна оцунах[3] тIаьхьарчу миллатехь[4]. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац”. مَا سَمِعْنَا بِهَذَا فِي الْمِلَّةِ الْآخِرَةِ إِنْ هَذَا إِلَّا اخْتِلَاقٌ
8 Аят
"Цуьнга боссийна хьехам вайна юккъера?"[5]. ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iаьвшина Сан Iазап. أَأُنزِلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ مِن بَيْنِنَا بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِّن ذِكْرِي بَلْ لَمَّا يَذُوقُوا عَذَابِ
9 Аят
Ткъа цаьргахь ю хьан веза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнаш? أَمْ عِندَهُمْ خَزَائِنُ رَحْمَةِ رَبِّكَ الْعَزِيزِ الْوَهَّابِ
10 Аят
Я церан ду стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигала/ гIирсашца[6]. أَمْ لَهُم مُّلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا فَلْيَرْتَقُوا فِي الْأَسْبَابِ
11 Аят
/Пайхамарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш – бохор бу хьуна иза. جُندٌ مَّا هُنَالِكَ مَهْزُومٌ مِّنَ الْأَحْزَابِ
12 Аят
Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Iадаша а‚ хьостамаш[7] долчу ФирIавна а. كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ ذُو الْأَوْتَادِ
13 Аят
Самудаша а‚ ЛутIан къомо а‚ Айкатан[8] дайша а  цу /ерриг/ тобанаша. وَثَمُودُ وَقَوْمُ لُوطٍ وَأَصْحَابُ الأَيْكَةِ أُوْلَئِكَ الْأَحْزَابُ
14 Аят
Массара а харцбира элчанаш  бакъхилира Сан бекхам. إِن كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ
15 Аят
Х1орш хьовсур ма бац цхьана мохье бен  цунна хан яхъяр хир дац. (И мохь тохар тIаьхьатоттур дац.) وَمَا يَنظُرُ هَؤُلَاء إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً مَّا لَهَا مِن فَوَاقٍ
16 Аят
Цара (Маккин ох1лано ца бешаш) элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ сихде тхуна тхан дāкъа[9] хьесапан де[10] дале". وَقَالُوا رَبَّنَا عَجِّل لَّنَا قِطَّنَا قَبْلَ يَوْمِ الْحِسَابِ
17 Аят
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу[11]. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара. اصْبِرْ عَلَى مَا يَقُولُونَ وَاذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُودَ ذَا الْأَيْدِ إِنَّهُ أَوَّابٌ
18 Аят
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш  цуьнца цхьаьна тасбихь деш суьйранна а‚ /малх/ кхеташ а. إِنَّا سَخَّرْنَا الْجِبَالَ مَعَهُ يُسَبِّحْنَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِشْرَاقِ
19 Аят
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/  массо а Цунна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбихь дарца/. وَالطَّيْرَ مَحْشُورَةً كُلٌّ لَّهُ أَوَّابٌ
20 Аят
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къасто хаар а. وَشَدَدْنَا مُلْكَهُ وَآتَيْنَاهُ الْحِكْمَةَ وَفَصْلَ الْخِطَابِ
21 Аят
Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе[12] хьала ма бевлира. وَهَلْ أَتَاكَ نَبَأُ الْخَصْمِ إِذْ تَسَوَّرُوا الْمِحْرَابَ
22 Аят
Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма ēлахь‚ нисде тхо нийсачу новкъа. إِذْ دَخَلُوا عَلَى دَاوُودَ فَفَزِعَ مِنْهُمْ قَالُوا لَا تَخَفْ خَصْمَانِ بَغَى بَعْضُنَا عَلَى بَعْضٍ فَاحْكُم بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَلَا تُشْطِطْ وَاهْدِنَا إِلَى سَوَاء الصِّرَاطِ
23 Аят
ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: "Суна кхачо е цуьнца[13]". Иза сол тоьлира девнехь". إِنَّ هَذَا أَخِي لَهُ تِسْعٌ وَتِسْعُونَ نَعْجَةً وَلِيَ نَعْجَةٌ وَاحِدَةٌ فَقَالَ أَكْفِلْنِيهَا وَعَزَّنِي فِي الْخِطَابِ
24 Аят
Цо (Давуда) элира: "Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIашна тIе. Баккъалла а, цхьаьна гIуллакх дечарах дукхахболчара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а боцучара  ма кIеззиг бу уьш!" Давудана хиира Оха ша питане лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавуьйжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза. قَالَ لَقَدْ ظَلَمَكَ بِسُؤَالِ نَعْجَتِكَ إِلَى نِعَاجِهِ وَإِنَّ كَثِيرًا مِّنْ الْخُلَطَاء لَيَبْغِي بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَقَلِيلٌ مَّا هُمْ وَظَنَّ دَاوُودُ أَنَّمَا فَتَنَّاهُ فَاسْتَغْفَرَ رَبَّهُ وَخَرَّ رَاكِعًا وَأَنَابَ ( سجدة مستحبة)
25 Аят
Оха цунна иза гечдира[14]. Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ду‚ хаза тIетовжийла а ю. فَغَفَرْنَا لَهُ ذَلِكَ وَإِنَّ لَهُ عِندَنَا لَزُلْفَى وَحُسْنَ مَآبٍ
26 Аят
ХIай Давуд! Оха хилийтина хьох лаьттахь халип[15]. Кхиэл е нахана юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна  цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш  царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна. يَا دَاوُودُ إِنَّا جَعَلْنَاكَ خَلِيفَةً فِي الْأَرْضِ فَاحْكُم بَيْنَ النَّاسِ بِالْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعِ الْهَوَى فَيُضِلَّكَ عَن سَبِيلِ اللَّهِ إِنَّ الَّذِينَ يَضِلُّونَ عَن سَبِيلِ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا نَسُوا يَوْمَ الْحِسَابِ
27 Аят
Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачарна моттар ду[16]. Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цIергара. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاء وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا بَاطِلًا ذَلِكَ ظَنُّ الَّذِينَ كَفَرُوا فَوَيْلٌ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا مِنَ النَّارِ
28 Аят
Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Х1ан-х1а, хуьлуьйтур бац/ أَمْ نَجْعَلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ كَالْمُفْسِدِينَ فِي الْأَرْضِ أَمْ نَجْعَلُ الْمُتَّقِينَ كَالْفُجَّارِ
29 Аят
Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойла яйта‚ хьекъал долчарна дагадаийта. كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ إِلَيْكَ مُبَارَكٌ لِّيَدَّبَّرُوا آيَاتِهِ وَلِيَتَذَكَّرَ أُوْلُوا الْأَلْبَابِ
30 Аят
Оха велира Давудна Сулейман  дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ т1евоьрзуш верг ву /1ибадат дарехь/. وَوَهَبْنَا لِدَاوُودَ سُلَيْمَانَ نِعْمَ الْعَبْدُ إِنَّهُ أَوَّابٌ
31 Аят
Цунна (Сулейманна) гайтира суьйранна берг туху /кха кога тIехь хIотталуш/ говраш. إِذْ عُرِضَ عَلَيْهِ بِالْعَشِيِّ الصَّافِنَاتُ الْجِيَادُ
32 Аят
Цо элира: "Баккъалла а, суна дукхадийзи ниIмат[17] сан Кхиош-Кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц. فَقَالَ إِنِّي أَحْبَبْتُ حُبَّ الْخَيْرِ عَن ذِكْرِ رَبِّي حَتَّى تَوَارَتْ بِالْحِجَابِ
33 Аят
Схьаялаел уьш суна тIе!" Волавелира иза /урс/ хьекха[18] настарех а‚ логех а. رُدُّوهَا عَلَيَّ فَطَفِقَ مَسْحًا بِالسُّوقِ وَالْأَعْنَاقِ
34 Аят
Оха питане лецира Сулейман - цуьнан гIанта тIе цхьа дегI[19] диллира Оха‚ тIаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тIе вирзира. وَلَقَدْ فَتَنَّا سُلَيْمَانَ وَأَلْقَيْنَا عَلَى كُرْسِيِّهِ جَسَدًا ثُمَّ أَنَابَ
35 Аят
Цо элира: "/Везан/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тIаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх т1етт1а луш верг". قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَهَبْ لِي مُلْكًا لَّا يَنبَغِي لِأَحَدٍ مِّنْ بَعْدِي إِنَّكَ أَنتَ الْوَهَّابُ
36 Аят
Оха муьтIахь бира цунна мох‚ байн лелаш цуьнан омранца цунна луучу‚ فَسَخَّرْنَا لَهُ الرِّيحَ تَجْرِي بِأَمْرِهِ رُخَاء حَيْثُ أَصَابَ
37 Аят
ШайтIанаш а – массо а гIишлоярхо а‚ хIорда буха воьдург а (маржанаш лоьхуш)‚ وَالشَّيَاطِينَ كُلَّ بَنَّاء وَغَوَّاصٍ
38 Аят
Вуьш а‚ дихкина долу буржалшкахь. وَآخَرِينَ مُقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ
39 Аят
/Оха элира цуьнга/: "ХIара  Тхан совгIат ду. Д1ало /хьан совг1атах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш." هَذَا عَطَاؤُنَا فَامْنُنْ أَوْ أَمْسِكْ بِغَيْرِ حِسَابٍ
40 Аят
Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ду‚ дика тIетовжийла а ю. وَإِنَّ لَهُ عِندَنَا لَزُلْفَى وَحُسْنَ مَآبٍ
41 Аят
Дагавайта Тхан лай Аюб‚ иза кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапца а". وَاذْكُرْ عَبْدَنَا أَيُّوبَ إِذْ نَادَى رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الشَّيْطَانُ بِنُصْبٍ وَعَذَابٍ
42 Аят
/Элира цуьнга/: "Тоха хьайн ког[20]! ХIара  шийла лийчар а ду‚ малар а ду"[21]. ارْكُضْ بِرِجْلِكَ هَذَا مُغْتَسَلٌ بَارِدٌ وَشَرَابٌ
43 Аят
Оха д1абелира цунна шен доьзал а‚ кхин цаьрца цхьаьна оццул Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчарна хьехам а хилла[22]. وَوَهَبْنَا لَهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُم مَّعَهُمْ رَحْمَةً مِّنَّا وَذِكْرَى لِأُوْلِي الْأَلْبَابِ
44 Аят
/Оха элира цуьнга/: "Схьаэца хьайн куьйга цIов[23]‚ иза тоха‚ хьайн дуй къера ма хилийта!" Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву. وَخُذْ بِيَدِكَ ضِغْثًا فَاضْرِب بِّهِ وَلَا تَحْنَثْ إِنَّا وَجَدْنَاهُ صَابِرًا نِعْمَ الْعَبْدُ إِنَّهُ أَوَّابٌ
45 Аят
Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/. وَاذْكُرْ عِبَادَنَا إبْرَاهِيمَ وَإِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ أُوْلِي الْأَيْدِي وَالْأَبْصَارِ
46 Аят
Оха цIанбира[24] уьш цIенчу Iалашонна  /эхартан/ цIа дагадайта. إِنَّا أَخْلَصْنَاهُم بِخَالِصَةٍ ذِكْرَى الدَّارِ
47 Аят
Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарах‚ дикачарах бу. وَإِنَّهُمْ عِندَنَا لَمِنَ الْمُصْطَفَيْنَ الْأَخْيَارِ
48 Аят
Дагабайта (хьахабе) ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а  берриге а дикачарах бу. وَاذْكُرْ إِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَذَا الْكِفْلِ وَكُلٌّ مِّنْ الْأَخْيَارِ
49 Аят
ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна дика тIевоьрзийла ю. هَذَا ذِكْرٌ وَإِنَّ لِلْمُتَّقِينَ لَحُسْنَ مَآبٍ
50 Аят
Iаднан[25] бошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш дIайиллина йолу. جَنَّاتِ عَدْنٍ مُّفَتَّحَةً لَّهُمُ الْأَبْوَابُ
51 Аят
Тевжина 1аш /хир бу уьш/ цигахь‚ цара схьабоьхуш (царна т1екхоьхьуш) цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а /хир ду/. مُتَّكِئِينَ فِيهَا يَدْعُونَ فِيهَا بِفَاكِهَةٍ كَثِيرَةٍ وَشَرَابٍ
52 Аят
Царна бу бIаьргаш готта[26] болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/. وَعِندَهُمْ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ أَتْرَابٌ
53 Аят
ХIара ду-кх шуна /дуьненахь долуш/ хир ду аьлларг хьесапан денна[27]. هَذَا مَا تُوعَدُونَ لِيَوْمِ الْحِسَابِ
54 Аят
Баккъалла а, хIара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац. إِنَّ هَذَا لَرِزْقُنَا مَا لَهُ مِن نَّفَادٍ
55 Аят
ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах бевллачарна вон тIевоьрзийла ю-кх! هَذَا وَإِنَّ لِلطَّاغِينَ لَشَرَّ مَآبٍ
56 Аят
Жоьжахати  цу чохь богур бу уьш  ма вон /дIавуьжу/ мотт бу-кх /иза/. جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا فَبِئْسَ الْمِهَادُ
57 Аят
ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду ц1ийдина хи а‚ ноткъа а. هَذَا فَلْيَذُوقُوهُ حَمِيمٌ وَغَسَّاقٌ
58 Аят
Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/. وَآخَرُ مِن شَكْلِهِ أَزْوَاجٌ
59 Аят
ХIара тулгIе[28] ю шуьца цхьаьна /жоьжахатина/ чу йоьдуш. "Марша догIийла" дац царна. Баккъалла а, уьш цIергахь богур бу-кх (баьгга чекх ца бовлуш). هَذَا فَوْجٌ مُّقْتَحِمٌ مَّعَكُمْ لَا مَرْحَبًا بِهِمْ إِنَّهُمْ صَالُوا النَّارِ
60 Аят
Цара элира: "ХIаъ‚ шуна "марша догIийла" дац-кх. Аш хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!" قَالُوا بَلْ أَنتُمْ لَا مَرْحَبًا بِكُمْ أَنتُمْ قَدَّمْتُمُوهُ لَنَا فَبِئْسَ الْقَرَارُ
61 Аят
Цара элира: "Везан Дела‚ хIара тхуна хьалхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIергахь[29]". قَالُوا رَبَّنَا مَن قَدَّمَ لَنَا هَذَا فَزِدْهُ عَذَابًا ضِعْفًا فِي النَّارِ
62 Аят
Цара[30] элира: "Вайна хIун хилла ца ган божарий[31]‚ вай шаьш вочарах лоруш хилла болу /дуьненахь/? وَقَالُوا مَا لَنَا لَا نَرَى رِجَالًا كُنَّا نَعُدُّهُم مِّنَ الْأَشْرَارِ
63 Аят
Вай ца дешаш дара царах‚ я /вайн/ бIаьрг царах дIатили?" أَتَّخَذْنَاهُمْ سِخْرِيًّا أَمْ زَاغَتْ عَنْهُمُ الْأَبْصَارُ
64 Аят
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду  жоьжахатин дайша вовшашца къийсар. إِنَّ ذَلِكَ لَحَقٌّ تَخَاصُمُ أَهْلِ النَّارِ
65 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со кхерамча[32] ву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ т1ех нуьцкъала волу АллахI бен. قُلْ إِنَّمَا أَنَا مُنذِرٌ وَمَا مِنْ إِلَهٍ إِلَّا اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
66 Аят
Ша стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша веза волу‚ т1ех гечдеш волу". رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الْعَزِيزُ الْغَفَّارُ
67 Аят
Ахь āла: "Иза  сийлахь доккха хабар ду. قُلْ هُوَ نَبَأٌ عَظِيمٌ
68 Аят
Шу цунах дIадоьрзуш ду. أَنتُمْ عَنْهُ مُعْرِضُونَ
69 Аят
Суна ца хили лаккхарчу элех (Далла гергахь долу маликех) лаьцна хаар, уьш къуьйсуш болуш./Āдаман хьокъехь/. مَا كَانَ لِي مِنْ عِلْمٍ بِالْمَلَإِ الْأَعْلَى إِذْ يَخْتَصِمُونَ
70 Аят
Суна ваьхьийца хаийтина со билгала кхерамча вуйла". إِن يُوحَى إِلَيَّ إِلَّا أَنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُّبِينٌ
71 Аят
Дагадаийта! Хьан Кхиош-Кхобучо аьллера маликашка: "Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарх. إِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِن طِينٍ
72 Аят
Ас иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича, цунна /сий деш/ сужуде гIолаш". فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِن رُّوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ
73 Аят
Сужуд дира маликаша массара а فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
74 Аят
/Цхьа/Иблис юкъарадолуш  цо куралла йира‚ и хилира керстанех. إِلَّا إِبْلِيسَ اسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنْ الْكَافِرِينَ
75 Аят
Цо (Дала) элира: "ХIай иблис‚ стен дуьхьало йина хьуна сужуд дан Ас кхоьллинчунна Сан куьйгашца[33]? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьаладала гIертачарах". قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا مَنَعَكَ أَن تَسْجُدَ لِمَا خَلَقْتُ بِيَدَيَّ أَسْتَكْبَرْتَ أَمْ كُنتَ مِنَ الْعَالِينَ
76 Аят
Цо элира: "Со цул (Āдамал) дика ду. Со кхоьллина Ахь цIерах‚ и кхоьллина Ахь поппарх". قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِّنْهُ خَلَقْتَنِي مِن نَّارٍ وَخَلَقْتَهُ مِن طِينٍ
77 Аят
Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо а диканах/ хадийнарг ду. قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
78 Аят
Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллалц". وَإِنَّ عَلَيْكَ لَعْنَتِي إِلَى يَوْمِ الدِّينِ
79 Аят
Цо (иблисо) элира: "Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш (адамаш) юхаденбен де т1екхаччалц". ("Къематде даллалц ца долуьйтуш дитахь со") قَالَ رَبِّ فَأَنظِرْنِي إِلَى يَوْمِ يُبْعَثُونَ
80 Аят
Цо элира: "Баккъалла а, хан яхъйиначарах ду-кх хьо! قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنظَرِينَ
81 Аят
Билгалчу хенан де т1екхаччалц". ("Къематде даллалц лийр дац хьо)." إِلَى يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ
82 Аят
Цо элира: "Хьан возаллах дуй боу ас: ас тилор ма бу уьш берриге а, قَالَ فَبِعِزَّتِكَ لَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
83 Аят
Царах Хьан сов цIена леш боцурш". إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ
84 Аят
Цо элира: "Баккъалла а, хьакъ-бакъ Ас олу: قَالَ فَالْحَقُّ وَالْحَقَّ أَقُولُ
85 Аят
Ас юзор ма ю жоьжахати хьох а‚ хьуна тIаьхьа мел хIоьттинчух а – царах массарах а". لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنكَ وَمِمَّن تَبِعَكَ مِنْهُمْ أَجْمَعِينَ
86 Аят
Ахь āла: "Ас цунах цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тIедиллинчарах а вац"[34]. قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُتَكَلِّفِينَ
87 Аят
Иза (Къуръан) беккъа Iаламашна хьехам бу. إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِّلْعَالَمِينَ
88 Аят
Шуна хуур ма ду оцунан хабар, цхьа хан яьлча. وَلَتَعْلَمُنَّ نَبَأَهُ بَعْدَ حِينٍ
[1]Къуръанах куралла еш‚ ийман диллинчаьрца мостагIалла лелош .
[2]Абу-ДжахIал‚ къурайшин кхин элий бахна хилла Абу-ТIалиб волчу, и хьан вешин кIант Мухьаммад сацаве шайн деланаш сийсазбахарх‚бохуш. Цо аьлла цаьрга: " لا أله ألا ألله ЛаилахIа иллалахIу алийша". Цара вовшашка: "ДIагIо‚ вайн дин тIехь собар де‚ хIара (Дела цхьаъвар) хилла хIокхунна дезарг"‚ аьлла.
[3]Кхузахь: бусалба динах‚ я Мухьаммад пайхамарах лаьцна‚ ца хезна шайна‚ аьлла керстанаша‚ тIаьхьарчу Iийсан динехь а.
[4]Миллатехь – хенахь я динехь.
[5]Аьлла Маккин керстанаша.
[6]Муьшца‚ я кхечу хIуманца.
[7]Шена дуьхьалваьллачунна хьостамаш тухуш хилла ФирIавна‚ цундела аьлла Дала цунах "хьостамаш дерг".
[8]Айкат  ШуIайб -пайхамаран къоман юрт‚ хьуьнах юьззина хилла йолу.
[9]Хир долу Iазап.
[10]Къематде.
[11]Давуд-пайхамар нуьцкъала хилла динехь а, дег1ехь а. Дедда-юкъа марха кхобуш хилла цо, буьйсан юкъ хиллалц ламазаш деш хилла, Далла шукур деш, собаре хилла. Иштта кхобучу мархих хьадисашкахь Давудан марха аьлла. Цуьнан масал даладеш ду Дала вайн пайхамарна, дог оьцуш.
[12]Михьраб  маьждиг чохь имам ламазна хIутту меттиг.
[13]Суна ло и хьан цхьа уьстагI  сан тIаккха нийсса 100 хир бу.
[14]Давудах даьлла къа хилира цо шолгIачу довхочуьнга лацадогIар, цхьанга ла а доьгIна, сихха хьукам дар. Дала цунна доккха мулк а хьикмат (нийса кхиэл ян хаар) а делла хилла. И шиа малик нах цабогIучухула шена тIе деъча, цо кхеравелла, сихха хьукам дира, вукхуьнга ла а ца дугIуш, кIорггера кхиэл ца еш. Цу тIехь Дала цунна бехк боккху, хоуьйту кхиэл еш шина а агIоне ладогIа дезаш хилар, дов кIоргга талла дезаш хилар. И хаа делча, Давуд Деле хьаствелира, гечдар доьхуш, воьлхуш висира. Кхечу жайнашкахь а, цхьацца тафсирашкахь а дуьйцуш дерг, Давудан 99 зуда хилла, бохуш, т1аккха цунна хазъелира шен тIемалочун зуда, цо иза юхавоьрзур воцчу тIаме вахийтина тIаккха и цигахь вийча, и шена ялийра, шен зударийн барам 100 бузуьйтуш, и харц ду. Цунах теша мегар дац. И пайхамаршна тIе харцдерг кхоллар ду. Вай тешна ду: пайхамарш даккхийчу къинойх ларбина хиларх. И хьахийна г1уллакх-даккхийчарах къа ду, муьлххачу стагана а хьарам ду, муха долуьйтур ду и пайхамара?!
[15]ТIаьхье‚ паччахь.
[16]Хетар ду.
[17]Говрашца самукъадаьлла малхбуз- ламаз тилийра Сулеймана.
[18]Ша Дела хьехорах машгIул вина хилла йолчу говрашна арсаш хьакхийтира цо‚ сагIа а даьккхира‚ аьлла дийцира.
[19]Сулейманан паччахьаллин мухIар шена кара а кхаьчна, жин хиира цуьнан гIанта тIе‚ ша Сулейман ву моьттуьйтуш.
[20]Лаьттах ког тоха! ТIаккха хи делира  иза лийча а ду‚ мала а ду.
[21]Иштта цунна тIера цамгар дIаяьккхира Оха.
[22]Дала зерхьама Аюбна цамгар елла хилла‚ цуьнан доьзал а хIаллакбина. Цхьа Рахьмат йоцург кхин зударий дIабахара цуьнгара‚ юьртан наха шайна юккъера араваьккхира иза. ТIаккха а цо Далла Iесалла ца йира‚ Далла деш долу Iибадат ца сацийра. ТIаккха Дала цуьнан могашалла юхаелира‚ доьзал денбира‚ кхин ишттал доьзал белира  иштта бекхам бо Дала Шена шукур дечу лешна.
[23]Аюба шен зудчунах Рахьматах дегабаам бина (цо шена сов чIепалг деъча) дуй биънера‚ ша тавелча, цунна бIе гIаж тухур ю‚ аьлла. ХIинца Дала цуьнан дуй къера ца хилийта бIе кенах цIов бе байн и тоха, боху, цкъа.
[24]Хаьржира.
[25]Ялсамани.
[26]Б1аьргаш готта – шайн марошка бен, кхечу божаршка ца хьоьжуш бохучун маь1нехь ду.
[27]Х1ара ду-кх шу дуьненахь долуш пайхамарша эхартахь шуна хир ду аьлла дийцинарг.
[28]Тоба.
[29]Жоьжахатехь.
[30]Керстанаша жоьжахатехь эр ду оцу дуьненахь пекъарш хилла болу бусалбанех лаьцна. И х1уманаш Дала яханчу заманахь дуьйцу Шена уьш хирг хилар дика хаарна.
[31]Кхузахь божарий нах бохучу маь1нехь ду.
[32]Хьехамча.
[33]Шен куьйгашца бохург кхузахь Дала цхьа а х1ума юкъа ца узуш, да а воцуш, нана а йоцуш Шегара кхоьллира Адам, бохург хила мегаш ду.
[34]И Къуръан айса яздина дац‚ и соьга Дала дуьйцуш ду.