39. Сурат АЗ-ЗУМАР

Тобанаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 75 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Жайна доссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера. تَنزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
2 Аят
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/1ибадатехь[1]. إِنَّا أَنزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ فَاعْبُدِ اللَّهَ مُخْلِصًا لَّهُ الدِّينَ
3 Аят
Ткъа Делан дац цIена дин?[2] Иза воцург доладийраш[3] лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цара тхо Далла гергадахийта бен ма-торру гергахиларца  баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юккъехь церан хилпало[4] йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ т1ех сов керста хилларг а. أَلَا لِلَّهِ الدِّينُ الْخَالِصُ وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مِن دُونِهِ أَوْلِيَاء مَا نَعْبُدُهُمْ إِلَّا لِيُقَرِّبُونَا إِلَى اللَّهِ زُلْفَى إِنَّ اللَّهَ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ فِي مَا هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ كَاذِبٌ كَفَّارٌ
4 Аят
Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцкъала волу. لَوْ أَرَادَ اللَّهُ أَنْ يَتَّخِذَ وَلَدًا لَّاصْطَفَى مِمَّا يَخْلُقُ مَا يَشَاء سُبْحَانَهُ هُوَ اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
5 Аят
Цо кхоьллина стигалаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а[5]  массо а дIалелаш ду шен хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац веза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а? خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ يُكَوِّرُ اللَّيْلَ عَلَى النَّهَارِ وَيُكَوِّرُ النَّهَارَ عَلَى اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى أَلَا هُوَ الْعَزِيزُ الْغَفَّارُ
6 Аят
Цо шу кхоьллина цхьана синах (Āдамах)‚ тIаккха Цо йина цунах[6] цуьнан зуда (Хьава)‚ Цо доссийна шуна даьхнех бархI[7]  боьрша а‚ стен а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьаьна кхолларца /кхечу/ кхолларал тIаьхьа кхаа /хIуманан/ боданехь[8]. Иза ву АллахI  шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург  ма дIатилош ду шу /Цунах/. خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ ثُمَّ جَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَأَنزَلَ لَكُم مِّنْ الْأَنْعَامِ ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ يَخْلُقُكُمْ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ خَلْقًا مِن بَعْدِ خَلْقٍ فِي ظُلُمَاتٍ ثَلَاثٍ ذَلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ فَأَنَّى تُصْرَفُونَ
7 Аят
Аш керстадахь  баккъалла а, Дела шух цIена[9] ву. Иза реза вац Шен лешна /цара Шен дин/ керстадарна. Аш шукур[10] дахь  оцуьнца реза ву Иза шуна. Д1ахьур бац д1ахьочо кхечун мохь[11]. ТIаккха шун Кхиош-Кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг. إِن تَكْفُرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ عَنكُمْ وَلَا يَرْضَى لِعِبَادِهِ الْكُفْرَ وَإِن تَشْكُرُوا يَرْضَهُ لَكُمْ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَى ثُمَّ إِلَى رَبِّكُم مَّرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
8 Аят
Адам цхьана бохамо схьалаьцча,  шен Кхиош-Кхобучуьнга кхойкху цо, Цунна тIе воьрзий /тōба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIатваьккхича Шегара ниIматаца  дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: "Бахам бе хьан керстаналлица цхьа кIеззиг[12]. Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх[13]". وَإِذَا مَسَّ الْإِنسَانَ ضُرٌّ دَعَا رَبَّهُ مُنِيبًا إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا خَوَّلَهُ نِعْمَةً مِّنْهُ نَسِيَ مَا كَانَ يَدْعُو إِلَيْهِ مِن قَبْلُ وَجَعَلَ لِلَّهِ أَندَادًا لِّيُضِلَّ عَن سَبِيلِهِ قُلْ تَمَتَّعْ بِكُفْرِكَ قَلِيلًا إِنَّكَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ
9 Аят
Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужуд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-Кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла Iесалла ечух/? Ахь āла: "Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара. أَمَّنْ هُوَ قَانِتٌ آنَاء اللَّيْلِ سَاجِدًا وَقَائِمًا يَحْذَرُ الْآخِرَةَ وَيَرْجُو رَحْمَةَ رَبِّهِ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الَّذِينَ يَعْلَمُونَ وَالَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُوْلُوا الْأَلْبَابِ
10 Аят
Ахь āла: "ХIай сан ийман диллина болу леш! Шу кхера шайн Кхиош-Кхобучух. Диканиг диначунна хIокху дуьненахь  диканиг ду. Делан латта шортта ду[14]. Собар диначарна шайн ял лур ма ю, цхьа а хьесап доцуш". قُلْ يَا عِبَادِ الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا رَبَّكُمْ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ وَأَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةٌ إِنَّمَا يُوَفَّى الصَّابِرُونَ أَجْرَهُم بِغَيْرِ حِسَابٍ
11 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, суна омра дина, соьга Далла Iибадат де аьлла, Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь. قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللَّهَ مُخْلِصًا لَّهُ الدِّينَ
12 Аят
Суна омра дина со дуьххьаралера бусалба[15] хила", - аьлла. وَأُمِرْتُ لِأَنْ أَكُونَ أَوَّلَ الْمُسْلِمِينَ
13 Аят
Ахь āла: "Бакъалла а, со кхоьру, ас сан Кхиош-Кхобучунна Iесалла йича, деза-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах". قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
14 Аят
Ахь āла: "Далла Iибадат до ас, Цунна дог ц1ена хуьлуш сайн 1ибадатехь. قُلِ اللَّهَ أَعْبُدُ مُخْلِصًا لَّهُ دِينِي
15 Аят
Аш Iибадат де шайна ма-луъу Иза воцучунна". Ахь āла: "Баккъалла а, эшна бисинарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь". Иза бац ткъа билгал эшам? فَاعْبُدُوا مَا شِئْتُم مِّن دُونِهِ قُلْ إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَلَا ذَلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ
16 Аят
Царна шайна тIехула а цIеран гIатт хир ю‚ шайна бухахула а гIатт ю. Иштта цуьнца кхерабо Дала Шен леш: «ХIай Сан леш! Сох кхералаш». لَهُم مِّن فَوْقِهِمْ ظُلَلٌ مِّنَ النَّارِ وَمِن تَحْتِهِمْ ظُلَلٌ ذَلِكَ يُخَوِّفُ اللَّهُ بِهِ عِبَادَهُ يَا عِبَادِ فَاتَّقُونِ
17 Аят
ТIагIут[16] генадаьккхинарш шена Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш  царна кхаъ бу  ахь кхаъ баккха Сан лешна. وَالَّذِينَ اجْتَنَبُوا الطَّاغُوتَ أَن يَعْبُدُوهَا وَأَنَابُوا إِلَى اللَّهِ لَهُمُ الْبُشْرَى فَبَشِّرْ عِبَادِ
18 Аят
/Уьш/ даше ладуьйгIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIаьхьах1уьттуш  уьш бу Дала шаьш нисбинарш. И бохкурш  уьш бу хьекъалдерш! الَّذِينَ يَسْتَمِعُونَ الْقَوْلَ فَيَتَّبِعُونَ أَحْسَنَهُ أُوْلَئِكَ الَّذِينَ هَدَاهُمُ اللَّهُ وَأُوْلَئِكَ هُمْ أُوْلُوا الْأَلْبَابِ
19 Аят
Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг  /нисло дика Iамал ечуьнца/? Ахь кIелхьарвоккхур вуй цIергахь[17] верг? أَفَمَنْ حَقَّ عَلَيْهِ كَلِمَةُ الْعَذَابِ أَفَأَنتَ تُنقِذُ مَن فِي النَّارِ
20 Аят
Делахь а шайн Кхиош-Кхобучух кхийринарш  царна хIусамаш[18] хир ю‚ шайна тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайна бухахула хиш а лелаш  Делан ваIда ю /иза/. Дала ца йохайо /Шен/ ваIда. لَكِنِ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ لَهُمْ غُرَفٌ مِّن فَوْقِهَا غُرَفٌ مَّبْنِيَّةٌ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَعْدَ اللَّهِ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ الْمِيعَادَ
21 Аят
Хьуна ца го: Дала доссийна стигалара хи‚ т1аккха дохуьйту и лаьттахь долчу хьосташ[19] чу‚ тIаккха цуьнца ялта схьадоккху Цо, тайп-тайпана беснаш[20] долуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо  хьуна и го мажделла‚ тIаккха Цо царах /аьтта, йохийна/ кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъалдолчарна. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَسَلَكَهُ يَنَابِيعَ فِي الْأَرْضِ ثُمَّ يُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا مُّخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَجْعَلُهُ حُطَامًا إِنَّ فِي ذَلِكَ لَذِكْرَى لِأُوْلِي الْأَلْبَابِ
22 Аят
Ткъа Дала шен дог исламана[21] д1аделлинарг‚ ша шен Кхиош-Кхобучун нур тIехь волуш /дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхначул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорах къиза долчарна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх! أَفَمَن شَرَحَ اللَّهُ صَدْرَهُ لِلْإِسْلَامِ فَهُوَ عَلَى نُورٍ مِّن رَّبِّهِ فَوَيْلٌ لِّلْقَاسِيَةِ قُلُوبُهُم مِّن ذِكْرِ اللَّهِ أُوْلَئِكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
23 Аят
Дала хабарх уггар хазниг доссадина  шен хьукам а, хьехамаш а керл – керла бохуш, вовшашка тера болуш долу жайна, цунах шен Кхиош-Кхобучух кхоьручеран чIор детталуш‚ тIаккха шен чIор а‚ дегнаш а Дела хьехорна кIадлуш. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург. Дала тилавала вуьтуш верг  цуьнан вац /ша/ нисвийриг. اللَّهُ نَزَّلَ أَحْسَنَ الْحَدِيثِ كِتَابًا مُّتَشَابِهًا مَّثَانِيَ تَقْشَعِرُّ مِنْهُ جُلُودُ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ ثُمَّ تَلِينُ جُلُودُهُمْ وَقُلُوبُهُمْ إِلَى ذِكْرِ اللَّهِ ذَلِكَ هُدَى اللَّهِ يَهْدِي بِهِ مَنْ يَشَاء وَمَن يُضْلِلْ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
24 Аят
Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапан вонах ларвала гIиртинарг[22] /ву цу жоьжахатих ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: "Iовша /хIинца/ шайна /дуьненахь/ карадеш хилларг!" أَفَمَن يَتَّقِي بِوَجْهِهِ سُوءَ الْعَذَابِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَقِيلَ لِلظَّالِمِينَ ذُوقُوا مَا كُنتُمْ تَكْسِبُونَ
25 Аят
Царал хьалха хиллачара а харцбира /элчанаш/  Iазап деара царна шайна хаа ца лучуьра. كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَأَتَاهُمْ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ
26 Аят
Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла, ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду‚ уьш хууш хиллехь. فَأَذَاقَهُمُ اللَّهُ الْخِزْيَ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
27 Аят
Оха далийна нахана хIоккху Къуръанчохь хIор /х1уманах/ масал, уьш ойла еш хир бацара те? وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِي هَذَا الْقُرْآنِ مِن كُلِّ مَثَلٍ لَّعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
28 Аят
Iарбийн /маттахь/ Къуръан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш  уьш кхоьрур бацара те? قُرآنًا عَرَبِيًّا غَيْرَ ذِي عِوَجٍ لَّعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
29 Аят
Валийна Дала масална цхьа стаг‚ барт ца хуьлучу накъосташа къуьйсуш волу (дукха нехан долахь волу)‚ /важа/ стаг а (веккъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра вуй масалца[23]? Хастам бу Далла. ХIаъ‚ царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَّجُلًا فِيهِ شُرَكَاء مُتَشَاكِسُونَ وَرَجُلًا سَلَمًا لِّرَجُلٍ هَلْ يَسْتَوِيَانِ مَثَلًا الْحَمْدُ لِلَّهِ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
30 Аят
Баккъалла а, хьо а лийр волуш ву /х1ай Мухьаммад/‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу. إِنَّكَ مَيِّتٌ وَإِنَّهُم مَّيِّتُونَ
31 Аят
Т1аккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду[24]. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عِندَ رَبِّكُمْ تَخْتَصِمُونَ ( الجزء الرابع والعشرون )
32 Аят
Мила ву ткъа зуламе ша Делан хьокъехь харцлуьйш волчул‚ ша бакъдерг, и шега деъначул тIаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг керстанашна? /Ма шортта ю!/ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَذَبَ عَلَى اللَّهِ وَكَذَّبَ بِالصِّدْقِ إِذْ جَاءهُ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِّلْكَافِرِينَ
33 Аят
Ша бакъдолчуьнца веънарг а /Мухьаммад-пайхамар/, иза бакъвеш берш а /муъма нах/  уьш бу /Делах/ кхоьруш берш. وَالَّذِي جَاء بِالصِّدْقِ وَصَدَّقَ بِهِ أُوْلَئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ
34 Аят
Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь. И бу дикачеран бекхам. لَهُم مَّا يَشَاءونَ عِندَ رَبِّهِمْ ذَلِكَ جَزَاء الْمُحْسِنِينَ
35 Аят
Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух (къинах)‚ царна шайн ял ялархьама, шаьш деш хиллачух уггар хазачуьнца. لِيُكَفِّرَ اللَّهُ عَنْهُمْ أَسْوَأَ الَّذِي عَمِلُوا وَيَجْزِيَهُمْ أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ
36 Аят
Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьйсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг  ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг. أَلَيْسَ اللَّهُ بِكَافٍ عَبْدَهُ وَيُخَوِّفُونَكَ بِالَّذِينَ مِن دُونِهِ وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
37 Аят
Милла велахь а Дала нисвеш верг  ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац веза верг а‚ шегахь бекхам берг а? /Ву!/ وَمَن يَهْدِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّضِلٍّ أَلَيْسَ اللَّهُ بِعَزِيزٍ ذِي انتِقَامٍ
38 Аят
Ахь цаьрга хаьттича: "Хьан кхоьллина стигалаш а‚ латта а" аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахь āла: "Гой шуна и аш, Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш дуй и Цуьнан зен‚ я Цунна лиъча, суна къинхетам‚ цара сацор болуш буй и Цуьнан къинхетам?" Ахь āла: "Тоам бу суна Дела‚ Цунна тIе товжийла шаьш т1етовжуш берш". وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ قُلْ أَفَرَأَيْتُم مَّا تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ إِنْ أَرَادَنِيَ اللَّهُ بِضُرٍّ هَلْ هُنَّ كَاشِفَاتُ ضُرِّهِ أَوْ أَرَادَنِي بِرَحْمَةٍ هَلْ هُنَّ مُمْسِكَاتُ رَحْمَتِهِ قُلْ حَسْبِيَ اللَّهُ عَلَيْهِ يَتَوَكَّلُ الْمُتَوَكِّلُونَ
39 Аят
Ахь āла: "Сан къам‚ Iамал е шайна мегачу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна, قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَى مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
40 Аят
Хьанна тIе догIур ду Iазап, цуьнан сий а дойъуш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап." مَن يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌ مُّقِيمٌ
41 Аят
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга нахана /деша, хьукам дан/ жайна бакъдолчуьнца. Нисвелларг  шена /нисвелла/‚ тилавелларг  иза а шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал[25]. إِنَّا أَنزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ لِلنَّاسِ بِالْحَقِّ فَمَنِ اهْتَدَى فَلِنَفْسِهِ وَمَن ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا وَمَا أَنتَ عَلَيْهِم بِوَكِيلٍ
42 Аят
Дала схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг  набарх[26]. Цо схьалоцу шена Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла ечу къомана. اللَّهُ يَتَوَفَّى الْأَنفُسَ حِينَ مَوْتِهَا وَالَّتِي لَمْ تَمُتْ فِي مَنَامِهَا فَيُمْسِكُ الَّتِي قَضَى عَلَيْهَا الْمَوْتَ وَيُرْسِلُ الْأُخْرَى إِلَى أَجَلٍ مُسَمًّى إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
43 Аят
Цара лаьцна, Дела а витина, шайна гIодоккхурш? Ахь āла: "Уьш цхьанна а хIуманна доладеш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а[27]?" أَمِ اتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ شُفَعَاء قُلْ أَوَلَوْ كَانُوا لَا يَمْلِكُونَ شَيْئًا وَلَا يَعْقِلُونَ
44 Аят
Ахь āла: "Делан ду гIодаккхар[28] дерриге а. Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду". قُل لِّلَّهِ الشَّفَاعَةُ جَمِيعًا لَّهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
45 Аят
Веккъа цхьа АллахI-Дела хьехавича, дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчеран. Иза воцурш хьехабича,  уьш баккхийбе[29]. وَإِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَحْدَهُ اشْمَأَزَّتْ قُلُوبُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَإِذَا ذُكِرَ الَّذِينَ مِن دُونِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
46 Аят
Ахь āла: "/Веза/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигалш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлаха дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ Ахь хьукам дийр ду-кх Хьайн лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хиллачохь". قُلِ اللَّهُمَّ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ أَنتَ تَحْكُمُ بَيْنَ عِبَادِكَ فِي مَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
47 Аят
Зулам диначарна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин оццул хилча а,  и д1алур ма дара цара къематдийнахь Iазапан вочунна духьал (к1елхьарбовлархьама). Гучуделира царна Делера цара хьесап ца деш хилларг. وَلَوْ أَنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لَافْتَدَوْا بِهِ مِن سُوءِ الْعَذَابِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَبَدَا لَهُم مِّنَ اللَّهِ مَا لَمْ يَكُونُوا يَحْتَسِبُونَ
48 Аят
Гучуделира царна боьха хIуманаш шаьш карадинчух‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг. وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُون
49 Аят
Адамо цхьана зено ша схьалаьцча, Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгара ниIмате хьовзадича‚ цо олу: "Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна (со-суо бахьанехь)". ХIаъ‚ иза (Дала цунна делларг) питана (и зерхьама делла) ду‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. فَإِذَا مَسَّ الْإِنسَانَ ضُرٌّ دَعَانَا ثُمَّ إِذَا خَوَّلْنَاهُ نِعْمَةً مِّنَّا قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَى عِلْمٍ بَلْ هِيَ فِتْنَةٌ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
50 Аят
Иза элира царал хьалха хиллачара а‚ кIелхьар ца бехира уьш царна карадеш хиллачо. قَدْ قَالَهَا الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَمَا أَغْنَى عَنْهُم مَّا كَانُوا يَكْسِبُونَ
51 Аят
Царах кхиира боьха хIуманаш‚ царна карадина хилла долу. ХIокхарах зулам динарш  царах а кхуьур ду шайна карадина долу боьха хIуманаш‚ цара (и Делан Iазап) гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш). فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَالَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ هَؤُلَاء سَيُصِيبُهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَمَا هُم بِمُعْجِزِينَ
52 Аят
Царна ца хаьа те Дала рицкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/[30]. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх тешаш долчу къомана. أَوَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاء وَيَقْدِرُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
53 Аят
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/ шайна /дукха къинош дарца/ тIаламза хилла болчу Сан лешка: "Аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву". قُلْ يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ أَسْرَفُوا عَلَى أَنفُسِهِمْ لَا تَقْنَطُوا مِن رَّحْمَةِ اللَّهِ إِنَّ اللَّهَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ جَمِيعًا إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
54 Аят
Шайн Кхиош-Кхобучунна тIе хьовза (тōба дарца)‚ муьтIахь хила Цунна шайга Iазап дāле хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.

وَأَنِيبُوا إِلَى رَبِّكُمْ وَأَسْلِمُوا لَهُ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِيَكُمُ الْعَذَابُ ثُمَّ لَا تُنصَرُونَ
55 Аят
ТIаьхьахIитта шайга шайн Кхиош-Кхобучуьнгара доссийначух уггар хазчунна, шайна цIеххьана Iазап дāле, шуна хаа ца луш.

وَاتَّبِعُوا أَحْسَنَ مَا أُنزِلَ إِلَيْكُم مِّن رَّبِّكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَكُمُ العَذَابُ بَغْتَةً وَأَنتُمْ لَا تَشْعُرُونَ
56 Аят
Сино аларх /ларло/: "Байлахь диси со, Делан агIорхьара ас ледарло ярна‚ со хилира-кх /Делан аятех/ цадешачарах".

أَن تَقُولَ نَفْسٌ يَا حَسْرَتَى علَى مَا فَرَّطتُ فِي جَنبِ اللَّهِ وَإِن كُنتُ لَمِنَ السَّاخِرِينَ
57 Аят
Я цо аларх: "Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарах".

أَوْ تَقُولَ لَوْ أَنَّ اللَّهَ هَدَانِي لَكُنتُ مِنَ الْمُتَّقِينَ
58 Аят
Я цо аларх, Iазап шена гича: "Суна юхаделахьара /дуьненан дахар/,  со хир ма дара диканиг дечарах".

أَوْ تَقُولَ حِينَ تَرَى الْعَذَابَ لَوْ أَنَّ لِي كَرَّةً فَأَكُونَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
59 Аят
ХIаъ‚ деана хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахь‚ хьо кураделира‚ хьо хилира цатешачарах[31].

بَلَى قَدْ جَاءتْكَ آيَاتِي فَكَذَّبْتَ بِهَا وَاسْتَكْبَرْتَ وَكُنتَ مِنَ الْكَافِرِينَ
60 Аят
Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг кураболчарна?/Ю, Делора!/

وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ تَرَى الَّذِينَ كَذَبُواْ عَلَى اللَّهِ وُجُوهُهُم مُّسْوَدَّةٌ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِّلْمُتَكَبِّرِينَ
61 Аят
Дала кIелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац. وَيُنَجِّي اللَّهُ الَّذِينَ اتَّقَوا بِمَفَازَتِهِمْ لَا يَمَسُّهُمُ السُّوءُ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
62 Аят
Дела ву массо а хIуманан кхоллархо. Иза массо а хIуманан векал а ву.

اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
63 Аят
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а дōгIанаш. Делан аятех цатешнарш  уьш бу эшнарш.

لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ أُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
64 Аят
Ахь āла: "Дела воцчунна омра до аш соьга Iибадат де олий‚ хIай‚ жехIал нах?!"

قُلْ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَأْمُرُونِّي أَعْبُدُ أَيُّهَا الْجَاهِلُونَ
65 Аят
Хьоьга ваьхьица хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: "Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йойъур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна".

وَلَقَدْ أُوحِيَ إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكَ لَئِنْ أَشْرَكْتَ لَيَحْبَطَنَّ عَمَلُكَ وَلَتَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ
66 Аят
ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах.

بَلِ اللَّهَ فَاعْبُدْ وَكُن مِّنْ الشَّاكِرِينَ
67 Аят
Мах ца хадийра цара Делан хадо ма-безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигалш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца[32]. /Массо а кхачамбацарех/ цIена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх.

وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ وَالْأَرْضُ جَمِيعًا قَبْضَتُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَالسَّماوَاتُ مَطْوِيَّاتٌ بِيَمِينِهِ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَى عَمَّا يُشْرِكُونَ
68 Аят
Сур лекхира  тентаквелира[33] стигалшкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха а лекхира /сур/ кхин цкъа  уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира, хьоьжуш[34].

وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَصَعِقَ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَمَن فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَن شَاء اللَّهُ ثُمَّ نُفِخَ فِيهِ أُخْرَى فَإِذَا هُم قِيَامٌ يَنظُرُونَ
69 Аят
Къегира латта шен Кхиош-Кхобучун нуьраца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац[35].

وَأَشْرَقَتِ الْأَرْضُ بِنُورِ رَبِّهَا وَوُضِعَ الْكِتَابُ وَجِيءَ بِالنَّبِيِّينَ وَالشُّهَدَاء وَقُضِيَ بَيْنَهُم بِالْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
70 Аят
ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.

وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَّا عَمِلَتْ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَا يَفْعَلُونَ
71 Аят
ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига баьхкича, дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юккъера‚ шаьш шуна шун Кхиош-Кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедеш шун хIокху денна дуьхьалкхетар?" Цара элира: "ХIаъ‚ делахь а бакъхили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош".

وَسِيقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَى جَهَنَّمَ زُمَرًا حَتَّى إِذَا جَاؤُوهَا فُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِّنكُمْ يَتْلُونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِ رَبِّكُمْ وَيُنذِرُونَكُمْ لِقَاء يَوْمِكُمْ هَذَا قَالُوا بَلَى وَلَكِنْ حَقَّتْ كَلِمَةُ الْعَذَابِ عَلَى الْكَافِرِينَ
72 Аят
Элира: "ЧугIо жоьжахатина неIаршкахула, буьсуш цу чохь гуттаренна а". Ма вон ю-кх курабевллачеран чохь Iен меттиг.

قِيلَ ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ
73 Аят
ДIабигира шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига баьхкича, дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цунна гуттарена а".

وَسِيقَ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ إِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا حَتَّى إِذَا جَاؤُوهَا وَفُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَامٌ عَلَيْكُمْ طِبْتُمْ فَادْخُلُوهَا خَالِدِينَ
74 Аят
Цара элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира тхуна /ялсаманин/ латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луъучохь". Iамал ечеран ма хаза ял ю-кх /иза/!

وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي صَدَقَنَا وَعْدَهُ وَأَوْرَثَنَا الْأَرْضَ نَتَبَوَّأُ مِنَ الْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَاء فَنِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ

75.Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршана гонах‚ тасбихь деш шайн Кхиош-Кхобучунна, И хасторца. Кхиэл йина царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ элира: "Хастам бу Далла  Iаламийн Дена".

وَتَرَى الْمَلَائِكَةَ حَافِّينَ مِنْ حَوْلِ الْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَقُضِيَ بَيْنَهُم بِالْحَقِّ وَقِيلَ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
[1] 1ибадат де деккъа цхьана Далла, айхьа ечу 1амалехь а, нигатехь а Дела воцчу кхечу х1умане 1алашо ма хилийта.
[2]Дала къобал ца йо еккъа Шен дуьхьа йина, массо а ширках а, нахана гайтарх а ц1ена йолу 1амал бен.
[3]Доладийраш  Къуръана чохь: أولياء Авлияъ-кхузахь: керстанаша Делах таръеш йолу х1уманаш - ц1уш (ж1араш).
[4]Хилпало – цхьаьнацадар, барт цахилар.
[5]Малх а, бутт а муьтIахьбина Цо Шен низамна‚ Шен хьукамна. Адамаш пайда оьцу царах Делан пурбанца.
[6]Адамах схьаяьккхинчу кийсаках (п1ендех) Дала кхоьллира цуьнан зуда Хьава.
[7]Эмкалш‚ уьстагIий‚ хьелий‚ гезарий  боьрша а‚ стен а  барх1 тайпа хуьлу уьш.
[8]Гайн бода а‚ беран цIийнан бода а‚ узан бода а (бер ненах хутту меже).Кхузахь Дала буьйцу адам кхолладаларан муьраш: т1адамах хуьлу ц1ийн улх, ц1ийн улхах – даь1ахк, цунна т1елета жижиг …
[9]Шун Iибадат а‚ шу а ца хилча а Iалуш ву.
[10]Баркалла алахь‚ Далла шукур дахь.
[11]Кхечун къа схьаоьцур дац цхьаммо а. Кхечун къинна т1ера дош лур дац цхьаммо а, ша и динчо бен.
[12]Хьуо керста воллушехь зовкх хьега дуьненан дахарехь цхьа к1еззиг, аьлча а, Дала керстанаш, дуьненахь ни1маташ а луш, баха буьтуш бу, церан керстаналле а ца хьоьжуш, Далла гергахь дуьне, эхартаца дуьстича, х1умма йоцу дела. Ткъа эхарт, Шех кхоьруш, дуьненахь дика 1амалш еш хиллачарна лур ду Ша, боху Дала.
[13]Жоьжахате гIур верг.
[14]Шайн кхузахь кхоччуш Далла Iибадат дан тар ца лахь (керстано ца дуьтуш)  кхечанхьа дIакхалха. Я шун Iибадат кхузахь ца хилахь (шуна хьарам долчу меттехь)  кхечанхьа дIакхалха. Делан латта шортта ду-шайна дин лело маршо йолчу я деш долу 1ибадат къобалхуьлуш долчу д1акхалха.
[15]Бусалба – Делан хьукамна, Делан омранна муьт1ахь верг. Кхин дукха оцунах лаьцнарг хьалха деана.
[16]ТIагIут  жинех я адамех долу шайтIа‚ АллахI воцу шен Iибадат деш долу хIума‚ оцу шена дечу Iибадатна ша реза а волуш.
[17]Ахь к1елхьарвоккхур вуй жоьжахате ваха язвелларг? Ибн-1аббаса аьлла и аят доьссина Делан элчанан ден ваша хиллачу Абу-Лах1абехь а, цуьнан доьзалехь а, пайхамаран кхечу гергарчаьргахь а. Иза дукха дог дохуш вара цара ийман дилларе, амма Далла гергахь уьш язбелла бара жоьжахате баха.
[18]1елера дийцинчу хьадисехь ду: пайхамара ﷺ элира: "Ялсаманехь ц1енош хир ду (деших а, детих а) дина, шайна чоь арахь а къегина гуш, шайна арахьдерг а чухула къегина гуш – уьш т1ех хаза хиларан, исбаьхьа хиларан сибат". "Хьанна хир ю уьш?" - хаьттира цуьнга. Цо элира: "Уьш хир ю къамел хаза долчунна,( мискачарна) х1ума даош волчунна, буьйсанна нах набарш еш болуш ,Далла ламазаш деш болчарна".
[19]Цо гойту вайна лаьтта бухахь долу хиш дог1их хилла хилар.
[20]Тайп-тайпана беснаш – лаьттах схьайолу тайп-тайпана х1уманаш: к1а, мукх… (Ас-Сабуни).
[21]Ислам –إسلام : Делан хьукамна, Делан омрана муьт1ахь хилар. Делан ц1ена дин.
[22]Кхузахь Дала боху, къематдийнахь, шен куьйгаш логех дихкина, жоьжахате кхоьссина, цуьнан ц1ерах шен юьхь дуьхьал етташ, ларвала г1ертарг тера ву, дуьненахь дика 1амал а йина, ялсамане г1ур волчух? Вац!!!
[23]Цхьан стеган лай а‚ дуккха а нехан лай  цхьатерра вуй? Вац!!!
[24]Шайна юккъехь хилла зуламаш, динан г1уллакхан а, дуьненан г1уллакхан а хьокъехь къуьйсуш хир ду шу къематдийнахь Далла хьалха. Цо нийсонца къастам бийр бу шуна юккъехь.
[25]Хьо ма вац векал вина цаьрга ийман диллийта, хьуна и могур ма дац – и Тхан карахь ма ду: Оха нисвийр ву Тхайна луург нийсачу новкъа, Хьан г1уллакх Делан омра нахе д1акхачор ду, боху Дала элчане, цуьнан дог оьцуш.
[26]Набкхетар валарх тера ду: ца хозу, ца го, цхьа а эс дац; жима валар ду иза.
[27]Т1аккха а луьйцу аш шайна Аллах1-Дела а вуьтий г1оьнчий?
[28]ШапаIат.
[29]Делаца накъост лоцучарна (мушрикашна) хьалхахь لا اله الا الله Лā илāх1а иллаЛлāх1у - кхин дела вац Ша Аллах1-цхьа Дела воцург аьлча, ч1ог1а ца деза и царна, ткъа церан ц1уш (жа1арш) хьахийча, ч1ог1а хазахета царна. Оцу дезчу дешнийн маь1на: шена 1ибадат дан хьакъ долуш цхьа а вац Ша Аллах1- цхьа Дела воцург.
[30]Дала цхьаболчарна шортта ло рицкъ, цхьаболчарна к1еззиг ло – уьш зерхьама: шайна дуккха а деллачара Делан новкъахь харжаш йой те, Далла шукур дой те, к1еззиг деллачара собар дой те, Далла 1есалла йой те?
[31]Иштта эр ду Дала оцу сине къематдийнахь.
[32]Дерриг латта Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигалш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца – Делан ницкъана к1ел хир ду и дерриг.
[33]Велла висира‚ ткъес тоьхна вийнарг санна.
[34]Къематдийнахь хир ду иза.
[35]Къематде деъча, хиндерг ду Дала дуьйцуш.