4. Сурат АН-НИСАЪ

Зударий
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 176 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай нах! Шу кхера шаьш цхьана синах (Āдамах) кхоьллина волчу шу Кхиош-Кхобучух. Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ цаьршиннах Цо баржийра дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аш Шеца вовшашка дехарш деш волчу. Гергарлонашкахь[1] а /кхера Делах/. Баккъалла а, и Дела хилла[2] шуна тIехь тергамхо. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُواْ رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالاً كَثِيرًا وَنِسَاء وَاتَّقُواْ اللّهَ الَّذِي تَسَاءلُونَ بِهِ وَالأَرْحَامَ إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبًا
2 Аят
ДIало боберашна церан даьхни /уьш баккхий хилча/. Ма хийца боьханиг цIенчуьнца[3], ма даа церан даьхни‚ шайчух тохий. И хилла доккха къа (иза даккхийчу къинойх ду). وَآتُواْ الْيَتَامَى أَمْوَالَهُمْ وَلاَ تَتَبَدَّلُواْ الْخَبِيثَ بِالطَّيِّبِ وَلاَ تَأْكُلُواْ أَمْوَالَهُمْ إِلَى أَمْوَالِكُمْ إِنَّهُ كَانَ حُوبًا كَبِيرًا
3 Аят
Шу кхоьруш делахь боберашкахь нийсо цаярх[4]‚ аш балабе шайна дика хетта болу зударий: шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ[5]. Шаьш нийсо цаярх кхерахь – цхьаъ‚ я шайн аьтту куьйгаша доладийнарг[6] (ялае). И герга ду аш харцо цаярна (я шу пекъар цахиларна (дукха доьзалш хилла). وَإِنْ خِفْتُمْ أَلاَّ تُقْسِطُواْ فِي الْيَتَامَى فَانكِحُواْ مَا طَابَ لَكُم مِّنَ النِّسَاء مَثْنَى وَثُلاَثَ وَرُبَاعَ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلاَّ تَعْدِلُواْ فَوَاحِدَةً أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ذَلِكَ أَدْنَى أَلاَّ تَعُولُواْ
4 Аят
ДIало /шаьш балош болчу/ зударшна церан урдо совгIатана[7]. Цара шуна цунах хIума ц1енчу даггара юхалахь‚ гIоза доийла и аш. وَآتُواْ النَّسَاء صَدُقَاتِهِنَّ نِحْلَةً فَإِن طِبْنَ لَكُمْ عَن شَيْءٍ مِّنْهُ نَفْسًا فَكُلُوهُ هَنِيئًا مَّرِيئًا
5 Аят
ДIа ма ло тIалам[8] бан цахуучаьрга шайн даьхни‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ тIе духа а ло царна (боберашна)‚ цаьрга хаза дош а āла. وَلاَ تُؤْتُواْ السُّفَهَاء أَمْوَالَكُمُ الَّتِي جَعَلَ اللّهُ لَكُمْ قِيَاماً وَارْزُقُوهُمْ فِيهَا وَاكْسُوهُمْ وَقُولُواْ لَهُمْ قَوْلاً مَّعْرُوفًا
6 Аят
Зиэ (1алашде) бобераш зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиъна буйла шайна хааделча‚ дIало цаьрга церан даьхни. Аш ма даа и кхоам ца беш а‚ тIалам боцуш а, уьш баккхий хилале. Хьал долуш верг озалойла /оцу боберийн даьхни даарх/‚ мисканиг – цо жимма доийла. Шаьш цаьрга церан даьхни дIалуш‚ цу тIехь тешалла хIоттаде. Дала кхачо йина хьесапца. وَابْتَلُواْ الْيَتَامَى حَتَّىَ إِذَا بَلَغُواْ النِّكَاحَ فَإِنْ آنَسْتُم مِّنْهُمْ رُشْدًا فَادْفَعُواْ إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ وَلاَ تَأْكُلُوهَا إِسْرَافًا وَبِدَارًا أَن يَكْبَرُواْ وَمَن كَانَ غَنِيًّا فَلْيَسْتَعْفِفْ وَمَن كَانَ فَقِيرًا فَلْيَأْكُلْ بِالْمَعْرُوفِ فَإِذَا دَفَعْتُمْ إِلَيْهِمْ أَمْوَالَهُمْ فَأَشْهِدُواْ عَلَيْهِمْ وَكَفَى بِاللّهِ حَسِيبًا
7 Аят
Божаршна дāкъа ду дас-нанас а‚ гергарчара а /шаьш дIакхелхина/ бухадитинчух‚ зударшна а ду дāкъа дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а – дāкъа ду парз хилла[9]. لِّلرِّجَالِ نَصيِبٌ مِّمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالأَقْرَبُونَ وَلِلنِّسَاء نَصِيبٌ مِّمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالأَقْرَبُونَ مِمَّا قَلَّ مِنْهُ أَوْ كَثُرَ نَصِيبًا مَّفْرُوضًا
8 Аят
Ирс[10] доькъучохь хилахь пекъарш а, /шайна цунах ирс ца кхочу/ гергарнаш а‚ бобераш а‚ мисканаш а хилахь – рицкъ ло царна цунах‚ хаза дош āла цаьрга. وَإِذَا حَضَرَ الْقِسْمَةَ أُوْلُواْ الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينُ فَارْزُقُوهُم مِّنْهُ وَقُولُواْ لَهُمْ قَوْلاً مَّعْرُوفًا
9 Аят
Кхоьрийла[11] уьш шайл тIаьхьа шайн заь1апе доьзал бисча, уьш г1елонехь хиларна кхоьруш. Уьш кхоьрийла Делах /шен доьзална я боберашна эшам хиларх/‚ цара олийла нийса дош /вала герга ваханчуьнга весет нийса де, олий/. وَلْيَخْشَ الَّذِينَ لَوْ تَرَكُواْ مِنْ خَلْفِهِمْ ذُرِّيَّةً ضِعَافًا خَافُواْ عَلَيْهِمْ فَلْيَتَّقُوا اللّهَ وَلْيَقُولُواْ قَوْلاً سَدِيدًا
10 Аят
Баккъалла а, зуламца боберийн даьхни дууш берш – уьш ма бу шайн гайш чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу /жоьжахатин/ ц1ерга[12]. إِنَّ الَّذِينَ يَأْكُلُونَ أَمْوَالَ الْيَتَامَى ظُلْمًا إِنَّمَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ نَارًا وَسَيَصْلَوْنَ سَعِيرًا
11 Аят
Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударий[13] белахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – хIоранна царах – ялхалгIа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весет[14] кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера парз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а يُوصِيكُمُ اللّهُ فِي أَوْلاَدِكُمْ لِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الأُنثَيَيْنِ فَإِن كُنَّ نِسَاء فَوْقَ اثْنَتَيْنِ فَلَهُنَّ ثُلُثَا مَا تَرَكَ وَإِن كَانَتْ وَاحِدَةً فَلَهَا النِّصْفُ وَلأَبَوَيْهِ لِكُلِّ وَاحِدٍ مِّنْهُمَا السُّدُسُ مِمَّا تَرَكَ إِن كَانَ لَهُ وَلَدٌ فَإِن لَّمْ يَكُن لَّهُ وَلَدٌ وَوَرِثَهُ أَبَوَاهُ فَلأُمِّهِ الثُّلُثُ فَإِن كَانَ لَهُ إِخْوَةٌ فَلأُمِّهِ السُّدُسُ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِي بِهَا أَوْ دَيْنٍ آبَآؤُكُمْ وَأَبناؤُكُمْ لاَ تَدْرُونَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ لَكُمْ نَفْعاً فَرِيضَةً مِّنَ اللّهِ إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلِيما حَكِيمًا
12 Аят
Шуна а кхочу ах шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу церан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла бухабисина болу шун зударшна) – аш бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аш бухадитинчух, борхIалг1а дāкъа кхочу, шун весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – цуьнан ваша‚ я йиша[15] елахь – цу шиннах хIоранна а, йолхалг1а дāкъа лур ду. Нагахь уьш царал алсам белахь – уьш декъашхой хир бу кхоалг1ачу декъан‚ цуьнан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа‚ ша зен ца деш (цхьанна совдоккхуш‚ вукхунна эшош). Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ собаре а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна). وَلَكُمْ نِصْفُ مَا تَرَكَ أَزْوَاجُكُمْ إِن لَّمْ يَكُن لَّهُنَّ وَلَدٌ فَإِن كَانَ لَهُنَّ وَلَدٌ فَلَكُمُ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْنَ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِينَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ وَلَهُنَّ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْتُمْ إِن لَّمْ يَكُن لَّكُمْ وَلَدٌ فَإِن كَانَ لَكُمْ وَلَدٌ فَلَهُنَّ الثُّمُنُ مِمَّا تَرَكْتُم مِّن بَعْدِ وَصِيَّةٍ تُوصُونَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ وَإِن كَانَ رَجُلٌ يُورَثُ كَلاَلَةً أَو امْرَأَةٌ وَلَهُ أَخٌ أَوْ أُخْتٌ فَلِكُلِّ وَاحِدٍ مِّنْهُمَا السُّدُسُ فَإِن كَانُوَاْ أَكْثَرَ مِن ذَلِكَ فَهُمْ شُرَكَاء فِي الثُّلُثِ مِن بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصَى بِهَآ أَوْ دَيْنٍ غَيْرَ مُضَآرٍّ وَصِيَّةً مِّنَ اللّهِ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَلِيمٌ
13 Аят
Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх. تِلْكَ حُدُودُ اللّهِ وَمَن يُطِعِ اللّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
14 Аят
Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вохийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду. وَمَن يَعْصِ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُ يُدْخِلْهُ نَارًا خَالِدًا فِيهَا وَلَهُ عَذَابٌ مُّهِينٌ
15 Аят
Шун зударех боьханиг[16] динарг – шух веаммо тешалла дойла цунна тIехь. Цара тешалла дахь – цIахь сацабе уьш баллалц[17]‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц. وَاللاَّتِي يَأْتِينَ الْفَاحِشَةَ مِن نِّسَآئِكُمْ فَاسْتَشْهِدُواْ عَلَيْهِنَّ أَرْبَعةً مِّنكُمْ فَإِن شَهِدُواْ فَأَمْسِكُوهُنَّ فِي الْبُيُوتِ حَتَّىَ يَتَوَفَّاهُنَّ الْمَوْتُ أَوْ يَجْعَلَ اللّهُ لَهُنَّ سَبِيلاً
16 Аят
Шух шиммо дахь и (боьханиг – зина) – та1зар де царна (човхорца а, бехк баккхарца а, иэхь хетийтарца а, мача тохарца а). Цара шиммо а тōба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовла[18] царах. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а وَاللَّذَانَ يَأْتِيَانِهَا مِنكُمْ فَآذُوهُمَا فَإِن تَابَا وَأَصْلَحَا فَأَعْرِضُواْ عَنْهُمَا إِنَّ اللّهَ كَانَ تَوَّابًا رَّحِيمًا
17 Аят
Баккъалла а, тōба къобалдар ду Далла т1ехь, шаьш ца хууш вōнаш а деш, т1аккха сихонца тōба деш болчарна. Баккъалла а, церан тōба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а. إِنَّمَا التَّوْبَةُ عَلَى اللّهِ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السُّوَءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ يَتُوبُونَ مِن قَرِيبٍ فَأُوْلَئِكَ يَتُوبُ اللّهُ عَلَيْهِمْ وَكَانَ اللّهُ عَلِيماً حَكِيماً
18 Аят
Тōба къобалдийр дац шаьш вониг дечарна, шаьш бала герга бахча олуш болчу: "ХIинца ас тōба ди"‚ шаьш ца тешаш а болуш, беллачарна а. Царна Оха кечдина лазош долу Iазап. وَلَيْسَتِ التَّوْبَةُ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ حَتَّى إِذَا حَضَرَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ إِنِّي تُبْتُ الآنَ وَلاَ الَّذِينَ يَمُوتُونَ وَهُمْ كُفَّارٌ أُوْلَئِكَ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
19 Аят
ХIай ийман диллинарш! Хьанал дац шуна аш зударий ницкъаца ирсе битар[19]‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух (урдох) цхьадерг юхаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза дāха цаьрца. Шуна уьш безаш ца хилахь а /собаре хила цаьрца/. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш хилийта тарло. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ يَحِلُّ لَكُمْ أَن تَرِثُواْ النِّسَاء كَرْهًا وَلاَ تَعْضُلُوهُنَّ لِتَذْهَبُواْ بِبَعْضِ مَا آتَيْتُمُوهُنَّ إِلاَّ أَن يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍ وَعَاشِرُوهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ فَإِن كَرِهْتُمُوهُنَّ فَعَسَى أَن تَكْرَهُواْ شَيْئًا وَيَجْعَلَ اللّهُ فِيهِ خَيْرًا كَثِيرًا
20 Аят
Шу лууш делахь зудчун метта зуда хийца‚ аш царах цхьанна дуккха даьхни делла делахь‚ цунах хIумма а юха ма эцалаш[20]. – Аш схьаоьцур ду иза ткъа доккха зулам а‚ билгала къа а деш? وَإِنْ أَرَدتُّمُ اسْتِبْدَالَ زَوْجٍ مَّكَانَ زَوْجٍ وَآتَيْتُمْ إِحْدَاهُنَّ قِنطَارًا فَلاَ تَأْخُذُواْ مِنْهُ شَيْئًا أَتَأْخُذُونَهُ بُهْتَاناً وَإِثْماً مُّبِيناً
21 Аят
Аш и схьа муха оьцу‚ шу (майра а‚ зуда а хилла) вовшашна юкъадахана ма хиллий? Шуьгара чIогIа ваIда[21] эцна ма ярий цара. وَكَيْفَ تَأْخُذُونَهُ وَقَدْ أَفْضَى بَعْضُكُمْ إِلَى بَعْضٍ وَأَخَذْنَ مِنكُم مِّيثَاقًا غَلِيظًا
22 Аят
Аш ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург[22]. И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а. وَلاَ تَنكِحُواْ مَا نَكَحَ آبَاؤُكُم مِّنَ النِّسَاء إِلاَّ مَا قَدْ سَلَفَ إِنَّهُ كَانَ فَاحِشَةً وَمَقْتًا وَسَاء سَبِيلاً
23 Аят
Шуна (бāло) хьарам бина шун наной а‚ шун йо1арий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин йо1арий а‚ шун йишин йо1арий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной[23] а‚ шун шурин[24] йижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна /церан мехкарий бало/. Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха (цхьана яло) а /хьарам ду шуна/‚ хьалха д1адахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. حُرِّمَتْ عَلَيْكُمْ أُمَّهَاتُكُمْ وَبَنَاتُكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ وَعَمَّاتُكُمْ وَخَالاَتُكُمْ وَبَنَاتُ الأَخِ وَبَنَاتُ الأُخْتِ وَأُمَّهَاتُكُمُ اللاَّتِي أَرْضَعْنَكُمْ وَأَخَوَاتُكُم مِّنَ الرَّضَاعَةِ وَأُمَّهَاتُ نِسَآئِكُمْ وَرَبَائِبُكُمُ اللاَّتِي فِي حُجُورِكُم مِّن نِّسَآئِكُمُ اللاَّتِي دَخَلْتُم بِهِنَّ فَإِن لَّمْ تَكُونُواْ دَخَلْتُم بِهِنَّ فَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ وَحَلاَئِلُ أَبْنَائِكُمُ الَّذِينَ مِنْ أَصْلاَبِكُمْ وَأَن تَجْمَعُواْ بَيْنَ الأُخْتَيْنِ إَلاَّ مَا قَدْ سَلَفَ إِنَّ اللّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا
24 Аят
Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладийна боцурш[25]‚ и тIедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догIу урдо дIалуш‚ шарIаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича[26] – царна богIу мах дIало парз хилла болу. Парз кхочушдина (царна догIу урдо дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а. وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ النِّسَاء إِلاَّ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ كِتَابَ اللّهِ عَلَيْكُمْ وَأُحِلَّ لَكُم مَّا وَرَاء ذَلِكُمْ أَن تَبْتَغُواْ بِأَمْوَالِكُم مُّحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ فَمَا اسْتَمْتَعْتُم بِهِ مِنْهُنَّ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ فَرِيضَةً وَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا تَرَاضَيْتُم بِهِ مِن بَعْدِ الْفَرِيضَةِ إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
25 Аят
Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIена[27] болу муъма зударий бāло – шайн аьтту куьйгаша доладийначу шайн муъма мехкарех (лех) балабе. Далла дика хаьа шун ийман‚ шу вовшах /схьадевлла/ ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хилла[28] болу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагI лаьцна[29] боцуш болу – (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аш собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. وَمَن لَّمْ يَسْتَطِعْ مِنكُمْ طَوْلاً أَن يَنكِحَ الْمُحْصَنَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ فَمِن مِّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُم مِّن فَتَيَاتِكُمُ الْمُؤْمِنَاتِ وَاللّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِكُمْ بَعْضُكُم مِّن بَعْضٍ فَانكِحُوهُنَّ بِإِذْنِ أَهْلِهِنَّ وَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ مُحْصَنَاتٍ غَيْرَ مُسَافِحَاتٍ وَلاَ مُتَّخِذَاتِ أَخْدَانٍ فَإِذَا أُحْصِنَّ فَإِنْ أَتَيْنَ بِفَاحِشَةٍ فَعَلَيْهِنَّ نِصْفُ مَا عَلَى الْمُحْصَنَاتِ مِنَ الْعَذَابِ ذَلِكَ لِمَنْ خَشِيَ الْعَنَتَ مِنْكُمْ وَأَن تَصْبِرُواْ خَيْرٌ لَّكُمْ وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
26 Аят
Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нисдан‚ шун тōба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам /нийса/ деш а ву. يُرِيدُ اللّهُ لِيُبَيِّنَ لَكُمْ وَيَهْدِيَكُمْ سُنَنَ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ وَيَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
27 Аят
Цу Далла лаьа шун тōба къобалдан. /Шайн/ дезаршна тIаьхьахIуьттуш болчарна лаьа шу /цIенчух/ дуккха генадовла. وَاللّهُ يُرِيدُ أَن يَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَيُرِيدُ الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الشَّهَوَاتِ أَن تَمِيلُواْ مَيْلاً عَظِيمًا
28 Аят
Шуна тIера /халонаш/ яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап. يُرِيدُ اللّهُ أَن يُخَفِّفَ عَنكُمْ وَخُلِقَ الإِنسَانُ ضَعِيفًا
29 Аят
ХIай ийман диллинарш! Вовшийн даьхни ма даалаш харцонца[30]‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа[31]. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَأْكُلُواْ أَمْوَالَكُمْ بَيْنَكُمْ بِالْبَاطِلِ إِلاَّ أَن تَكُونَ تِجَارَةً عَن تَرَاضٍ مِّنكُمْ وَلاَ تَقْتُلُواْ أَنفُسَكُمْ إِنَّ اللّهَ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا
30 Аят
МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ т1аьхьа Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта (и Далла атта ду). وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ عُدْوَانًا وَظُلْمًا فَسَوْفَ نُصْلِيهِ نَارًا وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللّهِ يَسِيرًا
31 Аят
Шайна нехIа[32] дина долу даккхий къинош аш юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудохуьйтур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане). إِن تَجْتَنِبُواْ كَبَآئِرَ مَا تُنْهَوْنَ عَنْهُ نُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَنُدْخِلْكُم مُّدْخَلاً كَرِيمًا
32 Аят
Шуна ма дезийла Дала шух цхьаболчарна вукхарал базбина делларг. Божаршна дāкъа ду шаьш карадийначух‚ зударшна а дāкъа ду цара шаьш карадийначух. Аш Деле деха Цуьнан комаьршаллах. И Дела хилла (ву) массо а хIума Ша хууш. وَلاَ تَتَمَنَّوْاْ مَا فَضَّلَ اللّهُ بِهِ بَعْضَكُمْ عَلَى بَعْضٍ لِّلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِّمَّا اكْتَسَبُواْ وَلِلنِّسَاء نَصِيبٌ مِّمَّا اكْتَسَبْنَ وَاسْأَلُواْ اللّهَ مِن فَضْلِهِ إِنَّ اللّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
33 Аят
ХIоранна Оха хилийтина дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух ирсоьцург[33]. Шун дуйнаша чIагIбиначарна (хьалха аш шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), – дIало царна церан дāкъа[34]. Баккъалла а, и Дела хилла массо а хIуманна т1ехь теш. وَلِكُلٍّ جَعَلْنَا مَوَالِيَ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالأَقْرَبُونَ وَالَّذِينَ عَقَدَتْ أَيْمَانُكُمْ فَآتُوهُمْ نَصِيبَهُمْ إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا
34 Аят
Божарий тIехIиттина[35] бу зударшна, Дала цхьаберш вукхарал базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – / Далла а, шайн марошна а/ муьтIахь берш‚ шаьш лардеш[36] берш /марошна/ гучахь доцург Дала ларде аларна[37]. Шу – церан Iесаллех кхоьруш дерш – хьехам бе царна‚ /цунах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь[38]‚ /цунах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха верг а‚ воккха верг а الرِّجَالُ قَوَّامُونَ عَلَى النِّسَاء بِمَا فَضَّلَ اللّهُ بَعْضَهُمْ عَلَى بَعْضٍ وَبِمَا أَنفَقُواْ مِنْ أَمْوَالِهِمْ فَالصَّالِحَاتُ قَانِتَاتٌ حَافِظَاتٌ لِّلْغَيْبِ بِمَا حَفِظَ اللّهُ وَاللاَّتِي تَخَافُونَ نُشُوزَهُنَّ فَعِظُوهُنَّ وَاهْجُرُوهُنَّ فِي الْمَضَاجِعِ وَاضْرِبُوهُنَّ فَإِنْ أَطَعْنَكُمْ فَلاَ تَبْغُواْ عَلَيْهِنَّ سَبِيلاً إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلِيًّا كَبِيرًا
35 Аят
Шу кхерахь (маран (майрачун) а‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (маран) нахана юккъера а‚ зудчун нахана юккъера а. Маслахьат[39] лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу царна юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо а хIума) хууш верг а‚ /къайлаха дерг/ дика хууш верг а. وَإِنْ خِفْتُمْ شِقَاقَ بَيْنِهِمَا فَابْعَثُواْ حَكَمًا مِّنْ أَهْلِهِ وَحَكَمًا مِّنْ أَهْلِهَا إِن يُرِيدَا إِصْلاَحًا يُوَفِّقِ اللّهُ بَيْنَهُمَا إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلِيمًا خَبِيرًا
36 Аят
Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ гергара волчу лулахочунна а, гергара воцчу (хийрачу) лулахочунна а‚ аг1ор накъостана[40] а‚ некъан накъостана[41] а‚ шайн аьтту куьйгаша доладийначарна[42] а /дика хила/. Баккъалла а, Далла ца веза деккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а. وَاعْبُدُواْ اللّهَ وَلاَ تُشْرِكُواْ بِهِ شَيْئًا وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَبِذِي الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينِ وَالْجَارِ ذِي الْقُرْبَى وَالْجَارِ الْجُنُبِ وَالصَّاحِبِ بِالجَنبِ وَابْنِ السَّبِيلِ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ إِنَّ اللّهَ لاَ يُحِبُّ مَن كَانَ مُخْتَالاً فَخُورًا
37 Аят
Пис берш а, нахана пис[43] хила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллах[44] хьулдеш берш а /ца беза Далла/ – Оха кечдина цатешачарна сийсаза долу Iазап. الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ وَيَكْتُمُونَ مَا آتَاهُمُ اللّهُ مِن فَضْلِهِ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا
38 Аят
Шайн даьхни нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш боцуш /ца беза Далла/, шена шайтIа доттагI хилларг – вон доттагI хилла цунах. وَالَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ رِئَاء النَّاسِ وَلاَ يُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَلاَ بِالْيَوْمِ الآخِرِ وَمَن يَكُنِ الشَّيْطَانُ لَهُ قَرِينًا فَسَاء قِرِينًا
39 Аят
ХIун дара царна Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъанах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла. وَمَاذَا عَلَيْهِمْ لَوْ آمَنُواْ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَأَنفَقُواْ مِمَّا رَزَقَهُمُ اللّهُ وَكَانَ اللّهُ بِهِم عَلِيمًا
40 Аят
Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал[45], зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и т1етт1а алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло. إِنَّ اللّهَ لاَ يَظْلِمُ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ وَإِن تَكُ حَسَنَةً يُضَاعِفْهَا وَيُؤْتِ مِن لَّدُنْهُ أَجْرًا عَظِيمًا
41 Аят
Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча? فَكَيْفَ إِذَا جِئْنَا مِن كُلِّ أمَّةٍ بِشَهِيدٍ وَجِئْنَا بِكَ عَلَى هَؤُلاء شَهِيدًا
42 Аят
Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг. يَوْمَئِذٍ يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُواْ وَعَصَوُاْ الرَّسُولَ لَوْ تُسَوَّى بِهِمُ الأَرْضُ وَلاَ يَكْتُمُونَ اللّهَ حَدِيثًا
43 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь[46] а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштаг1анера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделла[47] делахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – тема[48] де цIенчу лаьттаца /я гIамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَقْرَبُواْ الصَّلاَةَ وَأَنتُمْ سُكَارَى حَتَّىَ تَعْلَمُواْ مَا تَقُولُونَ وَلاَ جُنُبًا إِلاَّ عَابِرِي سَبِيلٍ حَتَّىَ تَغْتَسِلُواْ وَإِن كُنتُم مَّرْضَى أَوْ عَلَى سَفَرٍ أَوْ جَاء أَحَدٌ مِّنكُم مِّن الْغَآئِطِ أَوْ لاَمَسْتُمُ النِّسَاء فَلَمْ تَجِدُواْ مَاء فَتَيَمَّمُواْ صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُواْ بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ إِنَّ اللّهَ كَانَ عَفُوًّا غَفُورًا
44 Аят
Хьуна ца го и шайна жайнах /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُواْ نَصِيبًا مِّنَ الْكِتَابِ يَشْتَرُونَ الضَّلاَلَةَ وَيُرِيدُونَ أَن تَضِلُّواْ السَّبِيلَ
45 Аят
Далла дика бевза шун мостагIий. Дала кхачо йина /шун/ вали[49] хиларца, Дала кхачо йина /шун/ гIоьнча хиларца. وَاللّهُ أَعْلَمُ بِأَعْدَائِكُمْ وَكَفَى بِاللّهِ وَلِيًّا وَكَفَى بِاللّهِ نَصِيرًا
46 Аят
Жуьгтийн динехь хиллачарех бу шаьш дош[50] шен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: "Хезна тхуна /хьан дош/‚ Iеса ду тхо /хьан омрана/", "ЛадогIа ахь – хозуьйтур дац хьуна /вониг/", "РаIина"[51] маттаца к1еда олуш, /ислам/ динна 1иттарш еш. Цара аьллехьара: "Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ хьажа тхоьга (тхан гIайгIа бе)"- царна дика хир дара‚ чIогIа а /хир дара/. Мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг[52] (берш) бен. مِّنَ الَّذِينَ هَادُواْ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَن مَّوَاضِعِهِ وَيَقُولُونَ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَاسْمَعْ غَيْرَ مُسْمَعٍ وَرَاعِنَا لَيًّا بِأَلْسِنَتِهِمْ وَطَعْنًا فِي الدِّينِ وَلَوْ أَنَّهُمْ قَالُواْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَاسْمَعْ وَانظُرْنَا لَكَانَ خَيْرًا لَّهُمْ وَأَقْوَمَ وَلَكِن لَّعَنَهُمُ اللّهُ بِكُفْرِهِمْ فَلاَ يُؤْمِنُونَ إِلاَّ قَلِيلاً
47 Аят
ХIай шайга жайна делларш[53]! Шу теша Оха доссош хиллачух (Къуръанах)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Таврат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нисйина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшна[54] ма-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ آمِنُواْ بِمَا نَزَّلْنَا مُصَدِّقًا لِّمَا مَعَكُم مِّن قَبْلِ أَن نَّطْمِسَ وُجُوهًا فَنَرُدَّهَا عَلَى أَدْبَارِهَا أَوْ نَلْعَنَهُمْ كَمَا لَعَنَّا أَصْحَابَ السَّبْتِ وَكَانَ أَمْرُ اللّهِ مَفْعُولاً
48 Аят
Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацарна[55]‚ Цо геч ма до и доцург Шена луъчунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – деза-доккха къа кхоьллина (дина) цо. إِنَّ اللّهَ لاَ يَغْفِرُ أَن يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَلِكَ لِمَن يَشَاء وَمَن يُشْرِكْ بِاللّهِ فَقَدِ افْتَرَى إِثْمًا عَظِيمًا
49 Аят
Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш[56]? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُزَكُّونَ أَنفُسَهُمْ بَلِ اللّهُ يُزَكِّي مَن يَشَاء وَلاَ يُظْلَمُونَ فَتِيلاً
50 Аят
Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца. انظُرْ كَيفَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللّهِ الكَذِبَ وَكَفَى بِهِ إِثْمًا مُّبِينًا
51 Аят
Хьуна ца го шайна жайнах дāкъа делларш – уьш тешаш бу джибтех[57] а‚ тIагIутах[58] а‚ цара олу цатешачаьрга: "Шу ду нийсачу новкъахь /Мухьаммадан Деле/ ийман диллинчарал"[59] أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُواْ نَصِيبًا مِّنَ الْكِتَابِ يُؤْمِنُونَ بِالْجِبْتِ وَالطَّاغُوتِ وَيَقُولُونَ لِلَّذِينَ كَفَرُواْ هَؤُلاء أَهْدَى مِنَ الَّذِينَ آمَنُواْ سَبِيلاً
52 Аят
Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна цкъа а карор ма вац гIоьнча. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللّهُ وَمَن يَلْعَنِ اللّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ نَصِيرًا
53 Аят
Я шайна мулках дāкъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана чамхалг а. أَمْ لَهُمْ نَصِيبٌ مِّنَ الْمُلْكِ فَإِذًا لاَّ يُؤْتُونَ النَّاسَ نَقِيرًا
54 Аят
Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллах деллачунна тIехь? Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьекъалалла а. Деза-доккха мулк (даьхни) деллера Оха царна. أَمْ يَحْسُدُونَ النَّاسَ عَلَى مَا آتَاهُمُ اللّهُ مِن فَضْلِهِ فَقَدْ آتَيْنَآ آلَ إِبْرَاهِيمَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَآتَيْنَاهُم مُّلْكًا عَظِيمًا
55 Аят
Царах (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – Къуръанах) тешнарг а ву. Царах цунна дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица /уьш бāго/ цIе хилар. فَمِنْهُم مَّنْ آمَنَ بِهِ وَمِنْهُم مَّن صَدَّ عَنْهُ وَكَفَى بِجَهَنَّمَ سَعِيرًا
58 Аят
Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шайн дайшка[60]‚ нахана юккъехь шаьш хьукам деш, и хьукам дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш верг а, гуш верг а. إِنَّ اللّهَ يَأْمُرُكُمْ أَن تُؤدُّواْ الأَمَانَاتِ إِلَى أَهْلِهَا وَإِذَا حَكَمْتُم بَيْنَ النَّاسِ أَن تَحْكُمُواْ بِالْعَدْلِ إِنَّ اللّهَ نِعِمَّا يَعِظُكُم بِهِ إِنَّ اللّهَ كَانَ سَمِيعًا بَصِيرًا
59 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шух гIуллакх карахь долчарна[61] а. Цхьана хIуманна тIехь шун къийсам хилахь‚ аш и д1адерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ أَطِيعُواْ اللّهَ وَأَطِيعُواْ الرَّسُولَ وَأُوْلِي الأَمْرِ مِنكُمْ فَإِن تَنَازَعْتُمْ فِي شَيْءٍ فَرُدُّوهُ إِلَى اللّهِ وَالرَّسُولِ إِن كُنتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ ذَلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلاً
60 Аят
Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُواْ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَن يَتَحَاكَمُواْ إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُواْ أَن يَكْفُرُواْ بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَن يُضِلَّهُمْ ضَلاَلاً بَعِيدًا
61 Аят
Цаьрга аьлча: "ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукам дойту вай Къуръане а‚ элчане а)"‚ хьуна ма го и мунепикъаш[62] дIабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْاْ إِلَى مَا أَنزَلَ اللّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ رَأَيْتَ الْمُنَافِقِينَ يَصُدُّونَ عَنكَ صُدُودًا
62 Аят
Муха хир ду царна тIе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ т1аккха уьш хьуна тIе баьхкича‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: "Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен"‚ – олуш? فَكَيْفَ إِذَا أَصَابَتْهُم مُّصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ثُمَّ جَآؤُوكَ يَحْلِفُونَ بِاللّهِ إِنْ أَرَدْنَا إِلاَّ إِحْسَانًا وَتَوْفِيقًا
63 Аят
Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ к1оргга кхетош долу дош. أُولَئِكَ الَّذِينَ يَعْلَمُ اللّهُ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَعِظْهُمْ وَقُل لَّهُمْ فِي أَنفُسِهِمْ قَوْلاً بَلِيغًا
64 Аят
Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича[63], хьуна тIе богIуш, т1аккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а. وَمَا أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلاَّ لِيُطَاعَ بِإِذْنِ اللّهِ وَلَوْ أَنَّهُمْ إِذ ظَّلَمُواْ أَنفُسَهُمْ جَآؤُوكَ فَاسْتَغْفَرُواْ اللّهَ وَاسْتَغْفَرَ لَهُمُ الرَّسُولُ لَوَجَدُواْ اللّهَ تَوَّابًا رَّحِيمًا
65 Аят
Хьан кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тIера хьукам хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь[64]. فَلاَ وَرَبِّكَ لاَ يُؤْمِنُونَ حَتَّىَ يُحَكِّمُوكَ فِيمَا شَجَرَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ لاَ يَجِدُواْ فِي أَنفُسِهِمْ حَرَجًا مِّمَّا قَضَيْتَ وَيُسَلِّمُواْ تَسْلِيمًا
66 Аят
Оха царна тIедиллина хиллехьара, шаьш дайа аьлла я арадовла шайн цIеношкара аьлла‚ царах кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара. وَلَوْ أَنَّا كَتَبْنَا عَلَيْهِمْ أَنِ اقْتُلُواْ أَنفُسَكُمْ أَوِ اخْرُجُواْ مِن دِيَارِكُم مَّا فَعَلُوهُ إِلاَّ قَلِيلٌ مِّنْهُمْ وَلَوْ أَنَّهُمْ فَعَلُواْ مَا يُوعَظُونَ بِهِ لَكَانَ خَيْرًا لَّهُمْ وَأَشَدَّ تَثْبِيتًا
67 Аят
ТIаккха Тхайна гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха. وَإِذاً لَّآتَيْنَاهُم مِّن لَّدُنَّا أَجْراً عَظِيمًا
68 Аят
Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш. وَلَهَدَيْنَاهُمْ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا
69 Аят
Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьана: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь беллачаьрца, дикачаьрца. Ма хаза хили уьш шайна накъост хиларца! وَمَن يُطِعِ اللّهَ وَالرَّسُولَ فَأُوْلَئِكَ مَعَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللّهُ عَلَيْهِم مِّنَ النَّبِيِّينَ وَالصِّدِّيقِينَ وَالشُّهَدَاء وَالصَّالِحِينَ وَحَسُنَ أُولَئِكَ رَفِيقًا
70 Аят
И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар. ذَلِكَ الْفَضْلُ مِنَ اللّهِ وَكَفَى بِاللّهِ عَلِيمًا
71 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ خُذُواْ حِذْرَكُمْ فَانفِرُواْ ثُبَاتٍ أَوِ انفِرُواْ جَمِيعًا
72 Аят
Баккъалла а, шух ма ву ша /гIазотана/ тIаьхьавуьсуш верг. Шуна цхьа бохам хилча, олу цо: "Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна" (хиллехьара, со лазийна я велла хир вара). وَإِنَّ مِنكُمْ لَمَن لَّيُبَطِّئَنَّ فَإِنْ أَصَابَتْكُم مُّصِيبَةٌ قَالَ قَدْ أَنْعَمَ اللّهُ عَلَيَّ إِذْ لَمْ أَكُن مَّعَهُمْ شَهِيدًا
73 Аят
Шуна Делера сийлалла хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: "Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – беза - боккха толам ас а боккхур ма барий тIаккха[65]". وَلَئِنْ أَصَابَكُمْ فَضْلٌ مِّنَ الله لَيَقُولَنَّ كَأَن لَّمْ تَكُن بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُ مَوَدَّةٌ يَا لَيتَنِي كُنتُ مَعَهُمْ فَأَفُوزَ فَوْزًا عَظِيمًا
74 Аят
Делан новкъахь тIом[66] бойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара[67]. Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял. فَلْيُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللّهِ الَّذِينَ يَشْرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالآخِرَةِ وَمَن يُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللّهِ فَيُقْتَلْ أَو يَغْلِبْ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
75 Аят
Аш хIунда ца бо т1ом Делан новкъахь а, божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а? Уьш ма буй олуш: "Тхан Кхиош-Кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна" وَمَا لَكُمْ لاَ تُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاء وَالْوِلْدَانِ الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْ هَذِهِ الْقَرْيَةِ الظَّالِمِ أَهْلُهَا وَاجْعَل لَّنَا مِن لَّدُنكَ وَلِيًّا وَاجْعَل لَّنَا مِن لَّدُنكَ نَصِيرًا
76 Аят
Ийман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла. الَّذِينَ آمَنُواْ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَالَّذِينَ كَفَرُواْ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ الطَّاغُوتِ فَقَاتِلُواْ أَوْلِيَاء الشَّيْطَانِ إِنَّ كَيْدَ الشَّيْطَانِ كَانَ ضَعِيفًا
77 Аят
Хьуна ца го и шайга аьлларш[68]: "Юхадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма деха хIинца а – цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло"‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царах цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерарх санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахь тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьатаьттина хиллехьара Ахь тхо". Ахь āла: "Дуьненан хIума – кIеззиг хIума ю. Эхарт ду дика ша /Делах/ кхоьручунна. Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна". أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ قِيلَ لَهُمْ كُفُّواْ أَيْدِيَكُمْ وَأَقِيمُواْ الصَّلاَةَ وَآتُواْ الزَّكَاةَ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ إِذَا فَرِيقٌ مِّنْهُمْ يَخْشَوْنَ النَّاسَ كَخَشْيَةِ اللّهِ أَوْ أَشَدَّ خَشْيَةً وَقَالُواْ رَبَّنَا لِمَ كَتَبْتَ عَلَيْنَا الْقِتَالَ لَوْلا أَخَّرْتَنَا إِلَى أَجَلٍ قَرِيبٍ قُلْ مَتَاعُ الدَّنْيَا قَلِيلٌ وَالآخِرَةُ خَيْرٌ لِّمَنِ اتَّقَى وَلاَ تُظْلَمُونَ فَتِيلاً
78 Аят
Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шух‚ чIогIа хIиттийна бIаьвнаш чохь шу хилча а. Шайга диканиг деъча, цара олу: "ХIара Делера ду"‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: "ХIара хьоьгара ду / х1ай пайхамар, ахьа дуьйцу х1уманаш бахьанехь/". Ахь āла: "Массо а ду Делера". ХIун ду-те цу къомана? – Кхета ца туьгу-кх иза хуьлучух[69]. أَيْنَمَا تَكُونُواْ يُدْرِككُّمُ الْمَوْتُ وَلَوْ كُنتُمْ فِي بُرُوجٍ مُّشَيَّدَةٍ وَإِن تُصِبْهُمْ حَسَنَةٌ يَقُولُواْ هَذِهِ مِنْ عِندِ اللّهِ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَقُولُواْ هَذِهِ مِنْ عِندِكَ قُلْ كُلًّ مِّنْ عِندِ اللّهِ فَمَا لِهَؤُلاء الْقَوْمِ لاَ يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ حَدِيثًا
79 Аят
Хьуна тIедеана долу диканиг – Делера ду хьуна /хIай адам/‚ хьуна тIедеана долу вониг – хьоьгара ду хьуна /ахь деш долу вониг бахьанехь/. Оха ваийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар. مَّا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللّهِ وَمَا أَصَابَكَ مِن سَيِّئَةٍ فَمِن نَّفْسِكَ وَأَرْسَلْنَاكَ لِلنَّاسِ رَسُولاً وَكَفَى بِاللّهِ شَهِيدًا
80 Аят
Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ юхаваьлларг[70] – хьо ца ваийтина Оха царна тIехь терго еш верг[71] хилла. مَّنْ يُطِعِ الرَّسُولَ فَقَدْ أَطَاعَ اللّهَ وَمَن تَوَلَّى فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا
81 Аят
Олу цара: "МуьтIахь хир ду". Хьо волчуьра дIайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела д1аяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царах)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна. وَيَقُولُونَ طَاعَةٌ فَإِذَا بَرَزُواْ مِنْ عِندِكَ بَيَّتَ طَآئِفَةٌ مِّنْهُمْ غَيْرَ الَّذِي تَقُولُ وَاللّهُ يَكْتُبُ مَا يُبَيِّتُونَ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللّهِ وَكَفَى بِاللّهِ وَكِيلاً
82 Аят
Къуръанах ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцчуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш[72] карор ма ярий царна. أَفَلاَ يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ وَلَوْ كَانَ مِنْ عِندِ غَيْرِ اللّهِ لَوَجَدُواْ فِيهِ اخْتِلاَفًا كَثِيرًا
83 Аят
Кхерамцахиларх а‚ я кхерамах а цхьа гIуллакх шайга деъча – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а – тIаккха царах цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара /бакъдерг/. Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуьттур ма дара шу. وَإِذَا جَاءهُمْ أَمْرٌ مِّنَ الأَمْنِ أَوِ الْخَوْفِ أَذَاعُواْ بِهِ وَلَوْ رَدُّوهُ إِلَى الرَّسُولِ وَإِلَى أُوْلِي الأَمْرِ مِنْهُمْ لَعَلِمَهُ الَّذِينَ يَسْتَنبِطُونَهُ مِنْهُمْ وَلَوْلاَ فَضْلُ اللّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لاَتَّبَعْتُمُ الشَّيْطَانَ إِلاَّ قَلِيلاً
84 Аят
ТIом бе /х1ай Мухьаммад/ Делан новкъахь. Ахь жоп лур дац деккъа хьайх[73] а бен. Муъма нехан дегнаш айде /тIамна/‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а. فَقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللّهِ لاَ تُكَلَّفُ إِلاَّ نَفْسَكَ وَحَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ عَسَى اللّهُ أَن يَكُفَّ بَأْسَ الَّذِينَ كَفَرُواْ وَاللّهُ أَشَدُّ بَأْسًا وَأَشَدُّ تَنكِيلاً
85 Аят
Хазчу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах дāкъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш. مَّن يَشْفَعْ شَفَاعَةً حَسَنَةً يَكُن لَّهُ نَصِيبٌ مِّنْهَا وَمَن يَشْفَعْ شَفَاعَةً سَيِّئَةً يَكُن لَّهُ كِفْلٌ مِّنْهَا وَكَانَ اللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ مُّقِيتًا
86 Аят
Шайга салам делча‚ цул хазчуьнца салам ло аш я юхадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо а хIуманна терго еш. وَإِذَا حُيِّيْتُم بِتَحِيَّةٍ فَحَيُّواْ بِأَحْسَنَ مِنْهَا أَوْ رُدُّوهَا إِنَّ اللّهَ كَانَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ حَسِيبًا
87 Аят
АллахI цIе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерриге а гулдийр ду шу къематдийнахь‚ цу чохь шеко яц. Мила ву ткъа Делал хабар бакъдуьйцуш? اللّهُ لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ لاَ رَيْبَ فِيهِ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللّهِ حَدِيثًا
88 Аят
ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба[74]? Дала /шу шена т1ехь долчу бакъдолчух/ дIаберзина уьш шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилавала витинарг? Дала тилавала витинарг – хьуна карор ма бац цунна некъ /и нисван/. فَمَا لَكُمْ فِي الْمُنَافِقِينَ فِئَتَيْنِ وَاللّهُ أَرْكَسَهُم بِمَا كَسَبُواْ أَتُرِيدُونَ أَن تَهْدُواْ مَنْ أَضَلَّ اللّهُ وَمَن يُضْلِلِ اللّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ سَبِيلاً
89 Аят
Царна дийзира шу ийманах юхадовлар, шаьш юхадовларх терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма леца царах доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц[75]. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь[76], схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царах доттагI а‚ гIоьнча а ма лаца. وَدُّواْ لَوْ تَكْفُرُونَ كَمَا كَفَرُواْ فَتَكُونُونَ سَوَاء فَلاَ تَتَّخِذُواْ مِنْهُمْ أَوْلِيَاء حَتَّىَ يُهَاجِرُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ فَإِن تَوَلَّوْاْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ وَجَدتَّمُوهُمْ وَلاَ تَتَّخِذُواْ مِنْهُمْ وَلِيًّا وَلاَ نَصِيرًا
90 Аят
Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тIом бан г1ерташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (цаьрца т1ом бан бакъо яц шун). إِلاَّ الَّذِينَ يَصِلُونَ إِلَىَ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ أَوْ جَآؤُوكُمْ حَصِرَتْ صُدُورُهُمْ أَن يُقَاتِلُونَكُمْ أَوْ يُقَاتِلُواْ قَوْمَهُمْ وَلَوْ شَاء اللّهُ لَسَلَّطَهُمْ عَلَيْكُمْ فَلَقَاتَلُوكُمْ فَإِنِ اعْتَزَلُوكُمْ فَلَمْ يُقَاتِلُوكُمْ وَأَلْقَوْاْ إِلَيْكُمُ السَّلَمَ فَمَا جَعَلَ اللّهُ لَكُمْ عَلَيْهِمْ سَبِيلاً
91 Аят
Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питане[77] ма-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дIа ца берзахь (шуьца т1ом ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тIекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ[78] бина (цаьрца тIом бан мега шуна). سَتَجِدُونَ آخَرِينَ يُرِيدُونَ أَن يَأْمَنُوكُمْ وَيَأْمَنُواْ قَوْمَهُمْ كُلَّ مَا رُدُّوَاْ إِلَى الْفِتْنِةِ أُرْكِسُواْ فِيِهَا فَإِن لَّمْ يَعْتَزِلُوكُمْ وَيُلْقُواْ إِلَيْكُمُ السَّلَمَ وَيَكُفُّوَاْ أَيْدِيَهُمْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثِقِفْتُمُوهُمْ وَأُوْلَئِكُمْ جَعَلْنَا لَكُمْ عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا مُّبِينًا
92 Аят
Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъма стагана муъма стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вēхь, муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна д1алуш долу дият[79] лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма[80] а волуш – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах[81] – д1алуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай паргIатвоккхур ву. И ца карадахь, тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а хилла. وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَن يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلاَّ خَطَئًا وَمَن قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَئًا فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَى أَهْلِهِ إِلاَّ أَن يَصَّدَّقُواْ فَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ عَدُوٍّ لَّكُمْ وَهُوَ مْؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةٍ وَإِن كَانَ مِن قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِّيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُّسَلَّمَةٌ إِلَى أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُّؤْمِنَةً فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِّنَ اللّهِ وَكَانَ اللّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
93 Аят
Цхьаммо шена хуъушехь муъма стаг[82] вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ Цо кечдина цунна деза-доккха Iазап. وَمَن يَقْتُلْ مُؤْمِنًا مُّتَعَمِّدًا فَجَزَآؤُهُ جَهَنَّمُ خَالِدًا فِيهَا وَغَضِبَ اللّهُ عَلَيْهِ وَلَعَنَهُ وَأَعَدَّ لَهُ عَذَابًا عَظِيمًا
94 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аш билгалдаккха[83]: шайга салам деллачуьнга ма āла: "Хьо муъма вац"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь йоккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниIмат делла. Аш билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аш дийриг дика хууш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِذَا ضَرَبْتُمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ فَتَبَيَّنُواْ وَلاَ تَقُولُواْ لِمَنْ أَلْقَى إِلَيْكُمُ السَّلاَمَ لَسْتَ مُؤْمِنًا تَبْتَغُونَ عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَعِندَ اللّهِ مَغَانِمُ كَثِيرَةٌ كَذَلِكَ كُنتُم مِّن قَبْلُ فَمَنَّ اللّهُ عَلَيْكُمْ فَتَبَيَّنُواْ إِنَّ اللّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
95 Аят
Цхьатерра бац муъма нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабуьсурш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот деш берш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот деш берш даржаца базбина Дала бухабуьсучарал. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот деш берш базбина Дала бухабуьсучарал сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха мēла баларца). لاَّ يَسْتَوِي الْقَاعِدُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ غَيْرُ أُوْلِي الضَّرَرِ وَالْمُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ فَضَّلَ اللّهُ الْمُجَاهِدِينَ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ عَلَى الْقَاعِدِينَ دَرَجَةً وَكُلاًّ وَعَدَ اللّهُ الْحُسْنَى وَفَضَّلَ اللّهُ الْمُجَاهِدِينَ عَلَى الْقَاعِدِينَ أَجْرًا عَظِيمًا
96 Аят
Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца /базбина Цо уьш/. Дела хилла Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. دَرَجَاتٍ مِّنْهُ وَمَغْفِرَةً وَرَحْمَةً وَكَانَ اللّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
97 Аят
Баккъалла а, шайна зуламаш дина, маликаша дIаэцна болчаьрга[84] эр ма ду[85]: "Шу мичахь хиллера?" Цара эр ду: "Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш". Эр ду: "Ткъа Делан латта шортта дацара шу кхечухьа дIакхалха?" Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ кхоллам! إِنَّ الَّذِينَ تَوَفَّاهُمُ الْمَلآئِكَةُ ظَالِمِي أَنْفُسِهِمْ قَالُواْ فِيمَ كُنتُمْ قَالُواْ كُنَّا مُسْتَضْعَفِينَ فِي الأَرْضِ قَالْوَاْ أَلَمْ تَكُنْ أَرْضُ اللّهِ وَاسِعَةً فَتُهَاجِرُواْ فِيهَا فَأُوْلَئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَسَاءتْ مَصِيرًا
98 Аят
Божарех а‚ зударех а‚ берех а шайна ницкъ хилла /дIабаха/, таро ца хилларш а‚ кIелхьарбовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала). إِلاَّ الْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاء وَالْوِلْدَانِ لاَ يَسْتَطِيعُونَ حِيلَةً وَلاَ يَهْتَدُونَ سَبِيلاً
99 Аят
Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш верг а. فَأُوْلَئِكَ عَسَى اللّهُ أَن يَعْفُوَ عَنْهُمْ وَكَانَ اللّهُ عَفُوًّا غَفُورًا
100 Аят
Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетовжийлаш а‚ шорто а. Далла а‚ элчанна а дуьхьалвоьдуш шен цIера араваьлча, цунах валар хилча (и новкъахь велча) – цуьнан ял[86] Далла тIейоьжна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а хилла. وَمَن يُهَاجِرْ فِي سَبِيلِ اللّهِ يَجِدْ فِي الأَرْضِ مُرَاغَمًا كَثِيرًا وَسَعَةً وَمَن يَخْرُجْ مِن بَيْتِهِ مُهَاجِرًا إِلَى اللّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ يُدْرِكْهُ الْمَوْتُ فَقَدْ وَقَعَ أَجْرُهُ عَلى اللّهِ وَكَانَ اللّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
101 Аят
Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аш ламаз доцца дича[87]‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). Баккъалла а, цатешарш хилла шуна билггала мостагIий. وَإِذَا ضَرَبْتُمْ فِي الأَرْضِ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَقْصُرُواْ مِنَ الصَّلاَةِ إِنْ خِفْتُمْ أَن يَفْتِنَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُواْ إِنَّ الْكَافِرِينَ كَانُواْ لَكُمْ عَدُوًّا مُّبِينًا
102 Аят
Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царах цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш сужуде бахча (церан ракаIат чекхдаьлча), шуна тIехьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха ламаз даза тоба йогIийла (хьуна тIехьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIопал (терго ца еш) хуьлийла – тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIа бахьанехь, я шу цомгуш делахь, аш шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап. وَإِذَا كُنتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلاَةَ فَلْتَقُمْ طَآئِفَةٌ مِّنْهُم مَّعَكَ وَلْيَأْخُذُواْ أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُواْ فَلْيَكُونُواْ مِن وَرَآئِكُمْ وَلْتَأْتِ طَآئِفَةٌ أُخْرَى لَمْ يُصَلُّواْ فَلْيُصَلُّواْ مَعَكَ وَلْيَأْخُذُواْ حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُم مَّيْلَةً وَاحِدَةً وَلاَ جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن كَانَ بِكُمْ أَذًى مِّن مَّطَرٍ أَوْ كُنتُم مَّرْضَى أَن تَضَعُواْ أَسْلِحَتَكُمْ وَخُذُواْ حِذْرَكُمْ إِنَّ اللّهَ أَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا
103 Аят
Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъма нахана хан тоьхна тIедиллина[88]. فَإِذَا قَضَيْتُمُ الصَّلاَةَ فَاذْكُرُواْ اللّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَى جُنُوبِكُمْ فَإِذَا اطْمَأْنَنتُمْ فَأَقِيمُواْ الصَّلاَةَ إِنَّ الصَّلاَةَ كَانَتْ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ كِتَابًا مَّوْقُوتًا
104 Аят
Шу ледара ма хилалаш /шаьшца мостагIалла йолу/ нах лаха (гIазот дан). Шу лазош хиларх, уьш а лазош ма бу, шу лазош санна. Шу-м Делера цара дог ца дохучу хIумане[89] догдохуш а ду. И Дела хилла Ша хууш верг а, хьукам /нийса/ деш верг а. وَلاَ تَهِنُواْ فِي ابْتِغَاء الْقَوْمِ إِن تَكُونُواْ تَأْلَمُونَ فَإِنَّهُمْ يَأْلَمُونَ كَمَا تَأْلَمونَ وَتَرْجُونَ مِنَ اللّهِ مَا لاَ يَرْجُونَ وَكَانَ اللّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
105 Аят
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна, бакъонца ахь нахана юккъехь хьукам дархьама Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь ямартхойн дуьхьа къуьйсуш[90]. إِنَّا أَنزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِتَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ بِمَا أَرَاكَ اللّهُ وَلاَ تَكُن لِّلْخَآئِنِينَ خَصِيمًا
106 Аят
Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш верг а, къинхетаме верг а. وَاسْتَغْفِرِ اللّهِ إِنَّ اللّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا
107 Аят
Ахь ма къийсалахь шаьш ямартло еш болчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца ямартло еш верг. وَلاَ تُجَادِلْ عَنِ الَّذِينَ يَخْتَانُونَ أَنفُسَهُمْ إِنَّ اللّهَ لاَ يُحِبُّ مَن كَانَ خَوَّانًا أَثِيمًا
108 Аят
Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буса И реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара динчунна го лоцуш верг[91]. يَسْتَخْفُونَ مِنَ النَّاسِ وَلاَ يَسْتَخْفُونَ مِنَ اللّهِ وَهُوَ مَعَهُمْ إِذْ يُبَيِّتُونَ مَا لاَ يَرْضَى مِنَ الْقَوْلِ وَكَانَ اللّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطًا
109 Аят
ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал /церан г1аролхо/? هَاأَنتُمْ هَؤُلاء جَادَلْتُمْ عَنْهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَمَن يُجَادِلُ اللّهَ عَنْهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَم مَّن يَكُونُ عَلَيْهِمْ وَكِيلاً
110 Аят
Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а. وَمَن يَعْمَلْ سُوءًا أَوْ يَظْلِمْ نَفْسَهُ ثُمَّ يَسْتَغْفِرِ اللّهَ يَجِدِ اللّهَ غَفُورًا رَّحِيمًا
111 Аят
Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам/нийса/ деш верг а. وَمَن يَكْسِبْ إِثْمًا فَإِنَّمَا يَكْسِبُهُ عَلَى نَفْسِهِ وَكَانَ اللّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
112 Аят
Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цIена[92] волчунна тIетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIелоцуш. وَمَن يَكْسِبْ خَطِيئَةً أَوْ إِثْمًا ثُمَّ يَرْمِ بِهِ بَرِيئًا فَقَدِ احْتَمَلَ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُّبِينًا
113 Аят
Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царах цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Iамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна т1ехь Делан комаьршалла. وَلَوْلاَ فَضْلُ اللّهِ عَلَيْكَ وَرَحْمَتُهُ لَهَمَّت طَّآئِفَةٌ مُّنْهُمْ أَن يُضِلُّوكَ وَمَا يُضِلُّونَ إِلاُّ أَنفُسَهُمْ وَمَا يَضُرُّونَكَ مِن شَيْءٍ وَأَنزَلَ اللّهُ عَلَيْكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَكَ مَا لَمْ تَكُنْ تَعْلَمُ وَكَانَ فَضْلُ اللّهِ عَلَيْكَ عَظِيمًا
114 Аят
Дукхадолчу церан къайлахчу къамелех пайда бац, нагахь санна саг1ица, диканиг дарца, нахана юккъехь барт барца омра деш уьш бацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш, тIаккха Оха цунна лур ма ю сийлахь- йоккха ял. اَّ خَيْرَ فِي كَثِيرٍ مِّن نَّجْوَاهُمْ إِلاَّ مَنْ أَمَرَ بِصَدَقَةٍ أَوْ مَعْرُوفٍ أَوْ إِصْلاَحٍ بَيْنَ النَّاسِ وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ ابْتَغَاء مَرْضَاتِ اللّهِ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
115 Аят
Милла велахь а, элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъма боцу нехан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Ма вон хилла и цуьнан кхоллам! وَمَن يُشَاقِقِ الرَّسُولَ مِن بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُ الْهُدَى وَيَتَّبِعْ غَيْرَ سَبِيلِ الْمُؤْمِنِينَ نُوَلِّهِ مَا تَوَلَّى وَنُصْلِهِ جَهَنَّمَ وَسَاءتْ مَصِيرًا
116 Аят
Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар[93], гечдийр ду и доцург /кхин къинош/ Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тилаваларца. إِنَّ اللّهَ لاَ يَغْفِرُ أَن يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَلِكَ لِمَن يَشَاء وَمَن يُشْرِكْ بِاللّهِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلاَلاً بَعِيدًا
117 Аят
Иза (Дела) а витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачу[94] шайтIане. إِن يَدْعُونَ مِن دُونِهِ إِلاَّ إِنَاثًا وَإِن يَدْعُونَ إِلاَّ شَيْطَانًا مَّرِيدًا
118 Аят
Дала неIалт аьлла цунна[95]. Цо (иблисо Деле) аьллера: "Хьан лех цхьа билггала дāкъа сайгахьа доккхур ду ас. لَّعَنَهُ اللّهُ وَقَالَ لَأَتَّخِذَنَّ مِنْ عِبَادِكَ نَصِيبًا مَّفْرُوضًا
119 Аят
Тилор ма бу ас уьш, ойбур ма бу ас церан /харц/ лаамаш, омра дийр ма ду ас царна – бежнийн лергаш[96] хедор ма ду цара, омра дийр ма ду ас царна – хуьйцур ма ду цара Делан дин[97]" (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагI лаьцнарг – эшна и къаьстинчу эшамца. وَلأُضِلَّنَّهُمْ وَلأُمَنِّيَنَّهُمْ وَلآمُرَنَّهُمْ فَلَيُبَتِّكُنَّ آذَانَ الأَنْعَامِ وَلآمُرَنَّهُمْ فَلَيُغَيِّرُنَّ خَلْقَ اللّهِ وَمَن يَتَّخِذِ الشَّيْطَانَ وَلِيًّا مِّن دُونِ اللّهِ فَقَدْ خَسِرَ خُسْرَانًا مُّبِينًا
120 Аят
ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда еш ма яц харцдерг бен. يَعِدُهُمْ وَيُمَنِّيهِمْ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلاَّ غُرُورًا
121 Аят
Уьш бу шайна чугIойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кIелхьардовлар. أُوْلَئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَلاَ يَجِدُونَ عَنْهَا مَحِيصًا
122 Аят
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваIда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/. وَالَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا وَعْدَ اللّهِ حَقًّا وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللّهِ قِيلاً
123 Аят
Шун лаамашца а‚ жайнин охIланан[98] лаамашца а дац иза[99]. Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас[100] а, гIоьнча а. لَّيْسَ بِأَمَانِيِّكُمْ وَلا أَمَانِيِّ أَهْلِ الْكِتَابِ مَن يَعْمَلْ سُوءًا يُجْزَ بِهِ وَلاَ يَجِدْ لَهُ مِن دُونِ اللّهِ وَلِيًّا وَلاَ نَصِيرًا
124 Аят
Милла велахь а, дика Iамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъма (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гIур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна. وَمَن يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتَ مِن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَى وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُوْلَئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلاَ يُظْلَمُونَ نَقِيرًا
125 Аят
Мила ву хаза динца, ша дика 1амал а еш, шен юьхь Далла муьт1ахь а йина, ша бакъдолчунна тIетевжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул сов? Дала доттагI лецира ИбрахIим. وَمَنْ أَحْسَنُ دِينًا مِّمَّنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لله وَهُوَ مُحْسِنٌ واتَّبَعَ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَاتَّخَذَ اللّهُ إِبْرَاهِيمَ خَلِيلاً
126 Аят
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хIума чулоцуш /Шен 1илманца/. وَللّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَكَانَ اللّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُّحِيطًا
127 Аят
Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударийн хьокъехь. Ахь āла: "Дала хьехам бийр бу шуна церан хьокъехь а‚ /довзийтур ду шуна/ зударий аш шайна ирсана[101] кхачорах лаьцна, Къуръана чохь доьшуш дерг а, /иштта довзийтур ду шуна/ байлахь дисинчу зудаберех а, шу шайна уьш бāло лууш, царна догIу урдо кхоччуш дала ца лууш болчу, заьIап хилла кIелбисинчийн берийн хьокъехь а /хьехам бийр бу Дала/: аш нийсо латтае боберашкахь. Аш диканиг дахь – и Дела и хууш ву". وَيَسْتَفْتُونَكَ فِي النِّسَاء قُلِ اللّهُ يُفْتِيكُمْ فِيهِنَّ وَمَا يُتْلَى عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ فِي يَتَامَى النِّسَاء الَّلاتِي لاَ تُؤْتُونَهُنَّ مَا كُتِبَ لَهُنَّ وَتَرْغَبُونَ أَن تَنكِحُوهُنَّ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الْوِلْدَانِ وَأَن تَقُومُواْ لِلْيَتَامَى بِالْقِسْطِ وَمَا تَفْعَلُواْ مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللّهَ كَانَ بِهِ عَلِيمًا
128 Аят
Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь, майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шинна (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовший юккъехь маслахьат дарх‚ маслахьат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца[102]. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш. وَإِنِ امْرَأَةٌ خَافَتْ مِن بَعْلِهَا نُشُوزًا أَوْ إِعْرَاضًا فَلاَ جُنَاْحَ عَلَيْهِمَا أَن يُصْلِحَا بَيْنَهُمَا صُلْحًا وَالصُّلْحُ خَيْرٌ وَأُحْضِرَتِ الأَنفُسُ الشُّحَّ وَإِن تُحْسِنُواْ وَتَتَّقُواْ فَإِنَّ اللّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
129 Аят
Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударшна юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а. ДIа ма дерза /шайна ца езачу зудчух/ кхоччуш, аш и юьтуш /хIаваэхь/ кхазаелларг санна[103]. Аш маслахьат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. وَلَن تَسْتَطِيعُواْ أَن تَعْدِلُواْ بَيْنَ النِّسَاء وَلَوْ حَرَصْتُمْ فَلاَ تَمِيلُواْ كُلَّ الْمَيْلِ فَتَذَرُوهَا كَالْمُعَلَّقَةِ وَإِن تُصْلِحُواْ وَتَتَّقُواْ فَإِنَّ اللّهَ كَانَ غَفُورًا رَّحِيمًا
130 Аят
И шиъ (майра (мар) а‚ зуда а) къастахь – Дала лур ду /царах/ хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукам /нийса/ деш а. وَإِن يَتَفَرَّقَا يُغْنِ اللّهُ كُلاًّ مِّن سَعَتِهِ وَكَانَ اللّهُ وَاسِعًا حَكِيمًا
131 Аят
Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аш керстадахь[104] – цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а. وَللّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَلَقَدْ وَصَّيْنَا الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ مِن قَبْلِكُمْ وَإِيَّاكُمْ أَنِ اتَّقُواْ اللّهَ وَإِن تَكْفُرُواْ فَإِنَّ لِلّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَكَانَ اللّهُ غَنِيًّا حَمِيدًا
132 Аят
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла /Шен лайн Iамалш/ Iалаш еш верг хилар. وَلِلّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَكَفَى بِاللّهِ وَكِيلاً
133 Аят
Шена лиъча‚ шу дIадōхур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш бāлор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш. إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ أَيُّهَا النَّاسُ وَيَأْتِ بِآخَرِينَ وَكَانَ اللّهُ عَلَى ذَلِكَ قَدِيرًا
134 Аят
Дуьненан мēла безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан мēла а‚ эхартан мēла а. Дела хилла хезаш верг а‚ гуш верг а. مَّن كَانَ يُرِيدُ ثَوَابَ الدُّنْيَا فَعِندَ اللّهِ ثَوَابُ الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ وَكَانَ اللّهُ سَمِيعًا بَصِيرًا
135 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца тешалла деш Далла - шена тIехь делахь а, я шайн дена-нанна тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а. И /шена т1ехь тешалла деш верг/ хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннал /лерам бан/ хьакъ верг (дика хууш ву царна шинна пайдане дерг; уьш шиъ а Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна – шу /бакъдолчух/ дIатовжа кхерамна. Аш /тешалла/ хийцадахь я /и тешалла дан шу/ дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш[105]. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ كُونُواْ قَوَّامِينَ بِالْقِسْطِ شُهَدَاء لِلّهِ وَلَوْ عَلَى أَنفُسِكُمْ أَوِ الْوَالِدَيْنِ وَالأَقْرَبِينَ إِن يَكُنْ غَنِيًّا أَوْ فَقَيرًا فَاللّهُ أَوْلَى بِهِمَا فَلاَ تَتَّبِعُواْ الْهَوَى أَن تَعْدِلُواْ وَإِن تَلْوُواْ أَوْ تُعْرِضُواْ فَإِنَّ اللّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
136 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а цатешнарг – и тила ма велла генарчу (к1орггерачу) тиларца. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ آمِنُواْ بِاللّهِ وَرَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي نَزَّلَ عَلَى رَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِيَ أَنزَلَ مِن قَبْلُ وَمَن يَكْفُرْ بِاللّهِ وَمَلاَئِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلاَلاً بَعِيدًا
137 Аят
Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керстадеш‚ юха а тешаш‚ юха а керстадеш‚ тIаккха керстадарца совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш а‚ уьш нисбийр болуш а нийсачу новкъа. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ ثُمَّ كَفَرُواْ ثُمَّ آمَنُواْ ثُمَّ كَفَرُواْ ثُمَّ ازْدَادُواْ كُفْرًا لَّمْ يَكُنِ اللّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلاَ لِيَهْدِيَهُمْ سَبِيلاً
138 Аят
Ахь кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца. َ بَشِّرِ الْمُنَافِقِينَ بِأَنَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
139 Аят
Ишттанаш бу уьш, муъма нах битина, ца тешаш берш шайна доттагIий лийцинарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге а Делан ма ю! الَّذِينَ يَتَّخِذُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاء مِن دُونِ الْمُؤْمِنِينَ أَيَبْتَغُونَ عِندَهُمُ الْعِزَّةَ فَإِنَّ العِزَّةَ لِلّهِ جَمِيعًا
140 Аят
Цо (Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, – уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта[106], – шу, баккъалла а, уьш санна ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь – берриге а. وَقَدْ نَزَّلَ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ أَنْ إِذَا سَمِعْتُمْ آيَاتِ اللّهِ يُكَفَرُ بِهَا وَيُسْتَهْزَأُ بِهَا فَلاَ تَقْعُدُواْ مَعَهُمْ حَتَّى يَخُوضُواْ فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ إِنَّكُمْ إِذًا مِّثْلُهُمْ إِنَّ اللّهَ جَامِعُ الْمُنَافِقِينَ وَالْكَافِرِينَ فِي جَهَنَّمَ جَمِيعًا
141 Аят
Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: "Ткъа тхо а дацара шуьца?" Нагахь санна цатешачарна дāкъа хилча‚ олу: "Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъма нахах[107]?" Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Цкъа а цатешачарна муъма нахана тIехь некъ лур бац Дала[108]. الَّذِينَ يَتَرَبَّصُونَ بِكُمْ فَإِن كَانَ لَكُمْ فَتْحٌ مِّنَ اللّهِ قَالُواْ أَلَمْ نَكُن مَّعَكُمْ وَإِن كَانَ لِلْكَافِرِينَ نَصِيبٌ قَالُواْ أَلَمْ نَسْتَحْوِذْ عَلَيْكُمْ وَنَمْنَعْكُم مِّنَ الْمُؤْمِنِينَ فَاللّهُ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلَن يَجْعَلَ اللّهُ لِلْكَافِرِينَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ سَبِيلاً
142 Аят
Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ يُخَادِعُونَ اللّهَ وَهُوَ خَادِعُهُمْ وَإِذَا قَامُواْ إِلَى الصَّلاَةِ قَامُواْ كُسَالَى يُرَآؤُونَ النَّاسَ وَلاَ يَذْكُرُونَ اللّهَ إِلاَّ قَلِيلاً
143 Аят
Уьш лесташ (д1асахьийзаш) бу оцунна (ийманна а, керстаналлина а) юккъехь: хIокхарах а (муъма нахах а) ца кхета‚ вукхарах а (керстанех а) ца кхета. Ша Дала тилвала витинчунна хьуна карор ма бац /и нисван/ некъ. مُّذَبْذَبِينَ بَيْنَ ذَلِكَ لاَ إِلَى هَؤُلاء وَلاَ إِلَى هَؤُلاء وَمَن يُضْلِلِ اللّهُ فَلَن تَجِدَ لَهُ سَبِيلاً
144 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца цатешарш, доттагIий бай, муъма нах битий. Шу лууш ду Дала шайна тIехь билггала делил[109] дан? يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَتَّخِذُواْ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاء مِن دُونِ الْمُؤْمِنِينَ أَتُرِيدُونَ أَن تَجْعَلُواْ لِلّهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا مُّبِينًا
145 Аят
Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цIеран уггар бухарчу т1ег1анна (г1ата) т1ехь‚ хьуна карор ма вац царна гIоьнча. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ فِي الدَّرْكِ الأَسْفَلِ مِنَ النَّارِ وَلَن تَجِدَ لَهُمْ نَصِيرًا
146 Аят
Шаьш тōба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIбелла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъма нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъма нахана сийлахь-йоккха ял. إِلاَّ الَّذِينَ تَابُواْ وَأَصْلَحُواْ وَاعْتَصَمُواْ بِاللّهِ وَأَخْلَصُواْ دِينَهُمْ لِلّهِ فَأُوْلَئِكَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ وَسَوْفَ يُؤْتِ اللّهُ الْمُؤْمِنِينَ أَجْرًا عَظِيمًا
147 Аят
ХIун дийр ду Дала шуна Iазап дина, баркалла олуш а, тешаш а шу хилча? И Дела хилла баркалле[110] верг а‚ хууш верг а. مَّا يَفْعَلُ اللّهُ بِعَذَابِكُمْ إِن شَكَرْتُمْ وَآمَنتُمْ وَكَانَ اللّهُ شَاكِرًا عَلِيمًا
148 Аят
Далла ца деза вон хабарш даржадар[111]‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш верг а‚ хууш верг а. لاَّ يُحِبُّ اللّهُ الْجَهْرَ بِالسُّوَءِ مِنَ الْقَوْلِ إِلاَّ مَن ظُلِمَ وَكَانَ اللّهُ سَمِيعًا عَلِيمًا
149 Аят
Аш гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь /шена вон динчунна/ вониг, – /мела бу шуна/. Баккъалла а, и Дела Ша ма хилла гечдеш верг а‚ ницкъ кхочуш верг а. إِن تُبْدُواْ خَيْرًا أَوْ تُخْفُوهُ أَوْ تَعْفُواْ عَن سُوَءٍ فَإِنَّ اللّهَ كَانَ عَفُوًّا قَدِيرًا
150 Аят
Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: "Теша тхо цхьаболчарах‚ ца теша тхо вукхарах"‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца (карабан) – إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِاللّهِ وَرُسُلِهِ وَيُرِيدُونَ أَن يُفَرِّقُواْ بَيْنَ اللّهِ وَرُسُلِهِ وَيقُولُونَ نُؤْمِنُ بِبَعْضٍ وَنَكْفُرُ بِبَعْضٍ وَيُرِيدُونَ أَن يَتَّخِذُواْ بَيْنَ ذَلِكَ سَبِيلاً
151 Аят
Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаза долу Iазап. أُوْلَئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ حَقًّا وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُّهِينًا
152 Аят
Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царах цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лур ерш. И Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. وَالَّذِينَ آمَنُواْ بِاللّهِ وَرُسُلِهِ وَلَمْ يُفَرِّقُواْ بَيْنَ أَحَدٍ مِّنْهُمْ أُوْلَئِكَ سَوْفَ يُؤْتِيهِمْ أُجُورَهُمْ وَكَانَ اللّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
153 Аят
Хьоьга доьху жайнин охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: "Дела гайта тхоьга гуччахь". ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эса[112] схьалецира цара (1ибадат дан) шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билггал делил. يَسْأَلُكَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَن تُنَزِّلَ عَلَيْهِمْ كِتَابًا مِّنَ السَّمَاء فَقَدْ سَأَلُواْ مُوسَى أَكْبَرَ مِن ذَلِكَ فَقَالُواْ أَرِنَا اللّهِ جَهْرَةً فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ بِظُلْمِهِمْ ثُمَّ اتَّخَذُواْ الْعِجْلَ مِن بَعْدِ مَا جَاءتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ فَعَفَوْنَا عَن ذَلِكَ وَآتَيْنَا مُوسَى سُلْطَانًا مُّبِينًا
154 Аят
Церан тIехула лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацийтархьама/‚ Оха элира цаьрга: "НеIарехула чоьхьадовла, сужуд деш". Элира Оха цаьрга: "/Делан/ дозанех ма довлалаш шоьтан дийнахь[113]". Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха. وَرَفَعْنَا فَوْقَهُمُ الطُّورَ بِمِيثَاقِهِمْ وَقُلْنَا لَهُمُ ادْخُلُواْ الْبَابَ سُجَّدًا وَقُلْنَا لَهُمْ لاَ تَعْدُواْ فِي السَّبْتِ وَأَخَذْنَا مِنْهُم مِّيثَاقًا غَلِيظًا
155 Аят
Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан "тхан дегнаш мужулт (хьарчийна)[114] ду", аьлла, дош бахьанехь /Дала неIалт аьлла царна/. Дала мухIар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Iеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац. فَبِمَا نَقْضِهِم مِّيثَاقَهُمْ وَكُفْرِهِم بَآيَاتِ اللّهِ وَقَتْلِهِمُ الأَنْبِيَاء بِغَيْرِ حَقًّ وَقَوْلِهِمْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ بَلْ طَبَعَ اللّهُ عَلَيْهَا بِكُفْرِهِمْ فَلاَ يُؤْمِنُونَ إِلاَّ قَلِيلاً
156 Аят
Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямах[115] лаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неIалт аьлла царна/. وَبِكُفْرِهِمْ وَقَوْلِهِمْ عَلَى مَرْيَمَ بُهْتَانًا عَظِيمًا
157 Аят
Церан: "Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кIант Iийса Делан элча", – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьахIоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а, وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَكِن شُبِّهَ لَهُمْ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُواْ فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِّنْهُ مَا لَهُم بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلاَّ اتِّبَاعَ الظَّنِّ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا
158 Аят
Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. بَل رَّفَعَهُ اللّهُ إِلَيْهِ وَكَانَ اللّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
159 Аят
Жайнин охIланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и[116] валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш. وَإِن مِّنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلاَّ لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا
160 Аят
Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а. فَبِظُلْمٍ مِّنَ الَّذِينَ هَادُواْ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَن سَبِيلِ اللّهِ كَثِيرًا
161 Аят
Цара риба[117] эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха. وَأَخْذِهِمُ الرِّبَا وَقَدْ نُهُواْ عَنْهُ وَأَكْلِهِمْ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
162 Аят
Мухха делахь а, царах кIорга Iилма хууш берш а‚ муъмааш[118] а ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хIоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял. لَّكِنِ الرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ مِنْهُمْ وَالْمُؤْمِنُونَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنزِلَ إِلَيكَ وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ وَالْمُقِيمِينَ الصَّلاَةَ وَالْمُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالْمُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ أُوْلَئِكَ سَنُؤْتِيهِمْ أَجْرًا عَظِيمًا
163 Аят
Баккъалла а, Оха ваьхьий[119] даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Ваьхьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур[120]. إِنَّا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ كَمَا أَوْحَيْنَا إِلَى نُوحٍ وَالنَّبِيِّينَ مِن بَعْدِهِ وَأَوْحَيْنَا إِلَى إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإْسْحَقَ وَيَعْقُوبَ وَالأَسْبَاطِ وَعِيسَى وَأَيُّوبَ وَيُونُسَ وَهَارُونَ وَسُلَيْمَانَ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا
164 Аят
Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу а /элчанашка ваьхьий даийтира Оха/. Мусага хабар дийцира Дала /схьадиллинчу/ дийцарца. وَرُسُلاً قَدْ قَصَصْنَاهُمْ عَلَيْكَ مِن قَبْلُ وَرُسُلاً لَّمْ نَقْصُصْهُمْ عَلَيْكَ وَكَلَّمَ اللّهُ مُوسَى تَكْلِيمًا
165 Аят
Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ кхерам туьйсуш хилла болчу а /даийтира Оха ваьхьий/ нахана Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанел тIаьхьа. Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. رُّسُلاً مُّبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ لِئَلاَّ يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَى اللّهِ حُجَّةٌ بَعْدَ الرُّسُلِ وَكَانَ اللّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
166 Аят
Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш хилар. لَّكِنِ اللّهُ يَشْهَدُ بِمَا أَنزَلَ إِلَيْكَ أَنزَلَهُ بِعِلْمِهِ وَالْمَلآئِكَةُ يَشْهَدُونَ وَكَفَى بِاللّهِ شَهِيدًا
167 Аят
Баккъалла а, и цатешашнарш‚ Делан новкъара /нах/ юьстахбохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ وَصَدُّواْ عَن سَبِيلِ اللّهِ قَدْ ضَلُّواْ ضَلاَلاً بَعِيدًا
168 Аят
Баккъалла а, и цатешнарш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан /воллуш нийсачу/ новкъа‚ إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ وَظَلَمُواْ لَمْ يَكُنِ اللّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلاَ لِيَهْدِيَهُمْ طَرِيقاً
169 Аят
Жоьжахатин новкъа бен‚ уьш цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта. إِلاَّ طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللّهِ يَسِيرًا
170 Аят
ХIай нах! Шуьга веана элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аш ийман дилла – иза дика ду шуна. Аш керстадахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш[121] верг а. يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءكُمُ الرَّسُولُ بِالْحَقِّ مِن رَّبِّكُمْ فَآمِنُواْ خَيْرًا لَّكُمْ وَإِن تَكْفُرُواْ فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَكَانَ اللّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
171 Аят
ХIай жайнин охIла! Дукха тIех ма довла шайн динехь. Ма āла Далла тIехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масūхь[122], Марьяман кIант Iийса – Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша делла хилла долу Марьяме‚ Цунах са а ду – ийман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аш ма āла: "Кхоъ[123]". Совца – шуна дика хир ду. АллахI – цхьа Дела ву‚ цIена ву и Шен доьзалхо хиларх. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делаца векал[124] хилар. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لاَ تَغْلُواْ فِي دِينِكُمْ وَلاَ تَقُولُواْ عَلَى اللّهِ إِلاَّ الْحَقِّ إِنَّمَا الْمَسِيحُ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ رَسُولُ اللّهِ وَكَلِمَتُهُ أَلْقَاهَا إِلَى مَرْيَمَ وَرُوحٌ مِّنْهُ فَآمِنُواْ بِاللّهِ وَرُسُلِهِ وَلاَ تَقُولُواْ ثَلاَثَةٌ انتَهُواْ خَيْرًا لَّكُمْ إِنَّمَا اللّهُ إِلَهٌ وَاحِدٌ سُبْحَانَهُ أَن يَكُونَ لَهُ وَلَدٌ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَات وَمَا فِي الأَرْضِ وَكَفَى بِاللّهِ وَكِيلاً
172 Аят
Куралла янне а йийр яцара Масūхьа Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Iибадатна куралла йинарг, дозалладинарг – тIаккха Шена тIе гулвийр волуш ву Цо массо а. لَّن يَسْتَنكِفَ الْمَسِيحُ أَن يَكُونَ عَبْداً لِّلّهِ وَلاَ الْمَلآئِكَةُ الْمُقَرَّبُونَ وَمَن يَسْتَنكِفْ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيَسْتَكْبِرْ فَسَيَحْشُرُهُمْ إِلَيهِ جَمِيعًا
173 Аят
Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ дозалладинарш а – Iазап дийр ду царна лазош долчу Iазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гIоьнча а. فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ وَيَزيدُهُم مِّن فَضْلِهِ وَأَمَّا الَّذِينَ اسْتَنكَفُواْ وَاسْتَكْبَرُواْ فَيُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا أَلُيمًا وَلاَ يَجِدُونَ لَهُم مِّن دُونِ اللّهِ وَلِيًّا وَلاَ نَصِيرًا
174 Аят
ХIай нах! Еана шуьга шун Кхиош-Кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга. يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءكُم بُرْهَانٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَأَنزَلْنَا إِلَيْكُمْ نُورًا مُّبِينًا
175 Аят
Деле ийман диллинарш‚ Цуьнца чIагIбелларш – тIаккха кхачор бу Цо уьш Шегара къинхетаме а‚ комаьршалле а‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тIе нийсачу новкъа. فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُواْ بِاللّهِ وَاعْتَصَمُواْ بِهِ فَسَيُدْخِلُهُمْ فِي رَحْمَةٍ مِّنْهُ وَفَضْلٍ وَيَهْدِيهِمْ إِلَيْهِ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا
176 Аят
Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца хаттаршна. Ахь āла: "Дала кхетор ду шу шен доьзалхо я да, буха а ца вуьсуш, веллачун хьокъехь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ бухавуьсуш шен доьзалхо а, /да а/ воцуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриг ирс‚ нагахь санна цуьнан (йишин) доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – цу шинна, кхо дāкъа дина, ши дāкъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дāкъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу тила цадалархьама. И Дела массо а хIума хууш ву. يَسْتَفْتُونَكَ قُلِ اللّهُ يُفْتِيكُمْ فِي الْكَلاَلَةِ إِنِ امْرُؤٌ هَلَكَ لَيْسَ لَهُ وَلَدٌ وَلَهُ أُخْتٌ فَلَهَا نِصْفُ مَا تَرَكَ وَهُوَ يَرِثُهَآ إِن لَّمْ يَكُن لَّهَا وَلَدٌ فَإِن كَانَتَا اثْنَتَيْنِ فَلَهُمَا الثُّلُثَانِ مِمَّا تَرَكَ وَإِن كَانُواْ إِخْوَةً رِّجَالاً وَنِسَاء فَلِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الأُنثَيَيْنِ يُبَيِّنُ اللّهُ لَكُمْ أَن تَضِلُّواْ وَاللّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
[1]Шу кхера уьш хедорах. Цаьрца а дуйнаш бууш хилла‚ масала‚ вайн гергарлонан дуьхьа де-хьа суна цхьа гIуллакх, бохуш. Вовшийн гергарлонаш ма хедае, мелхо а, уьш ч1аг1йе, боху кху аято.
[2]Хилла шуна т1ехь тергамхо – кхузахь а, цхьа кхечахь а Дала Шен цхьадолу сибаташ д1аяхначу хенахь дало уьш хьалха дуьйна гуттар долу сибаташ дуйла хаийта. Цуьнан маь1на ду: хилла, ву, хир волуш а ву.
[3]Хьарам хIума хьанал долчуьнца: вониг боберашна а дуьтуш‚ шайна диканиг оьцуш.
[4] Шаьш боберахь кхаьбба зудабераш, даккхий хилча, балош хилла уьш кхаьбначу божарша (и ца мегаш а дац), амма уьш санначу зударшана дог1у урдо ца луш хилла. Иштта цу нийсадоцчух лардалархьама кхин зударий балабе шайна, боху Дала, уьш ца балабеш.
[5]Цхьаннал сов зуда ялорах лаьцна масъала (проблема). Дала магош ду бусалба стагана цхьаннал сов (еанга кхаччалц) зударий цхьана кхаба, нагахь санна цо кхочушдеш делахь шар1о тергал деш долу шарт1аш. Коьрта шарт1 ду царна юккъехь нийсо яр, аьлча а: массарна цхьанийсса юкъанаккъара кепара юург а, т1едухург а, чохь 1ен меттиг латтор а, х1оранца шен рог1ехь буьйса яккхар а. И кхочушдалур дацахь, хьарам ду цхьаннал сов зуда ялор. Зудчун сий 1алашдар а, иза динехь а, хазчу г1иллакхашкахь кхиар а – майрачун декхарех ду. Иштта хьелашкахь цхьаннал сов зуда ялон магор – Делан хьикмат ду. Хууш ма хиллара, массанхьа а санна, зударийн барам божарел алсам бу, ткъа зенаш хилар божаршна юккъехь дукха хуьлу. Т1аккха цхьаннал сов зуда ялон ца магийча, дуккха зударийн аьтто ца хуьлу хьаналчу кепара шайн дог1мийн а, бахаман а хьашташ кхочушдан. Кхузахь, цхьаболчарна ма моьтту, зударийн бакъонаш талхор дац, мелхо а, уьш 1алашъяр ду.
[6]Аьтту куьйгаша доладийнарг – шайн долахь хилла болу зударий – леш.
[7]Ша зуда ялош луш долу урдо хила деза цIенчу даггара (нахана гайтархьама а доцуш‚ шаьш гIиттоне а ца духкуш).
[8]ТIалам бан цахуурш – шаьш кхоччуш хьекъале доцу бобераш.
[9]Парз хилла – ирс шен - шен метте д1адалар шуна т1ехь декхар ду, Дала къематдийнахь барт хоттур болуш.
[10]Ирс- стаг велча, бухадуьсу даьхни.
[11]Ирс декъаран весет дечохь болу нах. Весет деш верг, цамгаро талхийна, массо а хIума ца хууш хила тарло‚ цунна гIо дан деза ирс нийса декъарехь.
[12]Къуръанчохь яздина سعير Са1ир аьлла ду. Ц1еран алу бохучун маь1нехь ду иза, "жоьжахати" бохург а ду и.
[13]Зударий – кхузахь: веллачун мехкарий.
[14]ХIоранна бакъо ю шен бухдуьсучух кхо дакъа дича, цхьа дакъа я цул к1еззигниг шена луучунна ло, аьлла весет дан: юкъара гIуллакхна, маьждигна, хьуьжарна, бусалба дин Iамочарна… Цул алсамниг весет дан ца мега, я дийча а, и оцу кепара кхочушдийр а дац, х1унда аьлча дисина ши дакъа ирс оьцучарна Дала билгалдаьхна дакъош ду. Къуръанчохь весет кхочушдар хьалха яздина делахь а, стаг веллачул тIаьхьа хьалха цунна тIехь хилла декхарш дIалур ду, тIаккха цуьнан весет кхочушдийр ду бухадуьсучух кхо дакъа дича цхьан декъан я цул кIеззигчу барамехь. Весет хьалха аьлла Дала цунна тIе тидам бахийтархьама.
[15]Кхузахь Дала буьйцурш нанас кхечунна бина вежарий а, йижарий а бу, аьлча а нана цхьаъ йолуш, дай башх – башха болуш.
[16]Боьханиг – зина (нахаца лелар).
[17]Иза хьукам д1адаьккхина т1аьхьа дог1учу "ан-Нур" сурато т1улгаш бетташ бе (марехь йолу зуда я зуда ялийна стаг) я б1азза шед (я г1аж) тоха (маре яханза йо1ана я зуда ялонза волчу к1антана) омра дарца.
[18]Мукъа бита уьш. Оцу аятан хьукам дIадаьккхина тIулгаш тоха аьллачу аятаца. Оцунах лаьцнарг т1аьхьа дог1ур ду, Дала мукъалахь.
[19]ЖехIал заманчохь гергарниг дIакхелхича, ирс кхочучо цуьнан бахам схьаоьцуш хилла‚ шен коч тухуш хилла дIакхелхинчун зудчунна тIе – и шен мулк ю бохург хилла и. Хаза елахь, шена я шена везачунна ялош хилла иза цо‚ мах а оьций. Я чохь кхобуш хилла и цо шена цуьнгара мах баккхархьама‚ я яллалц‚ я ирсана и дIалуш хилла цо‚ зудчунна и ца везахь а. И дерриг зулам зударий тIера дIадоккху кху аяташа.
[20]Зудчуьнца къесташ, и ялош делла хилла долу урдо а, кхин совг1аташ а юхаэца хьарам ду, цо цуьнца цхьа буьйса а бен ца яьккхинехь а. Цхьа а буьйса яьккхина яцахь, ах урдо схьаэца мега цунна. Къуръанчохь аьлла ду قنطار Къинт1ар – дуккха даьхни бохург ду иза. Кхузахь Дала боху, аш зуда ялош мел дукха х1ума урдона делла делахь а, и йитина д1айохуьйтуш цунах цхьа к1еззиг х1ума а юха ма эцалащ, аш цуьнца цхьа буьйса а бен ца яьккхинехь а.
[21]Аш шарIаца барт ма бина – мар а‚ зуда а хила.
[22]Бусалба дин тIедале хилларг лоруш дац.
[23]Нана лоруш ю Дала бер дакхийна муьлхха а хийра зуда. Шар1о тергал деш дерг ду бер декхачу хенахь дуззалц пхоьазза я алсам дакхор.
[24]Шуьца бакхийна хилла болу.
[25]Йийсаре баьхкина болу зударий‚ шун мулк бу уьш‚ юкъаметтиг хила мегар ду цаьрца.
[26]Зударшца гергара юкъаметтиг хилча.
[27]Марехь хилла шарIехь къаьстина болу‚ я мар велла болу зударий.
[28]Ялор шарIаца чIагIдина.
[29]Цхьанца а къайлаха Iеш боцу.
[30]Харцонца –Шари1ато хьарам динчу муьлххачу кепара: лач1къина, тешнабехк бина, ямартло йина, г1асб дина (нехан латта схьалаьцна), риба хилла, марзалуш долчу ловзаршца даьккхина…
[31]Вовший ц1ий ма 1енаде, шаьш ма дайа. Кхин цу аятан маь1на хила тарло: нехан х1ума даарца даккхий къинош деш шаьш х1аллак ма де.
[32]Нех1а дина - ца магийна, хьарам дина.
[33]Ирсоьцург: иштта гочдина кхузахь 1аьрбийн дош موالي Мавали (цхьаллин терахь – مولي Мавла). Цуьнца дог1уш нохчийн дош «верас» дара, ша 1аьрбийн وارث («варис» - «ирсоьцург») бохучух схьадаьлла долу. Делахь а, нохчийн йозанан маттахь «верас» бохург цхьа кхечу маь1нига д1адирзийна. «Доладийриг, г1уллакхе хьожург, опекун» маь1нашкахь лелаш ду иза. ЖехIал заманчохь стаго олуш хилла кхечуьнга: "Со хьан ирсоьцург ву‚ хьо сан ирсоьцург ву. Хьо лахь, хьан ирс ас оьцур ду‚ со лахь – сан ирс ахь оьцур ду". Иштта цхьана доьзалан нах хуьлуш хилла царах. И хьукам лелаш хилла юьхьанца Маккара бусалбанаш Мадинате д1акхелхича пайхамара ﷺ церан юккъехь вежаралла кхайкхинчул т1аьхьа, вовшвшкара ирс оьцуш хилла цара. И дIадоккху оцу аяташа: хIоранна ирсоьцург ву шен гергаллица чIагIвелла верг.
[34]Иза хьукам лелаш хилла юьхьанца. Т1аьхьа цуьнан хьукам д1адаьккхина.
[35]Церан гIуллакхаш кхочушдеш, кхачо латтош, сий 1алашдеш, диканиг дар омра деш, вочух духатухуш.
[36]Мар цIахь воцуш‚ шен дегI Iалашдеш‚ цуьнан бахам ларбеш берш
[37]Дала ларде аьлларг – маран а, зудчун а юккъехь дерг нахала цадаккхар. Хьадисехь ду: «Къематдийнахь шен меттигца нахах уггар боьханаш бу мар я зуда, вовшийн юккъехь хилла гергара юкъаметтиг нахалахь яржош болу».
[38]Дист ца хуьлуш‚ маран а‚ зудчун а юкъаметтиг ца лелош.
[39]Маслахьат – барт бар, юкъаметтиг тояр. Кхин оцунах лаьцнарг т1аьхьа дог1ур ду, Дала мукъалахь.
[40]Аг1ор накъост – 1арбашха: الصاحب بالجنب Муьлхха а хьоьца цхьана 1еш волу, я цхьана болх беш волу, я цхьана доьшуш волу, я цхьана новкъахь волу накъост – шен аг1о хьоьх тоьхна 1еш волу. Цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, цу чу йог1у хьоьца цхьана 1еш йолу хьан зуда а, оцунах лаьцнарг кхечахь къаьсттина дог1уш делахь а.
[41]Некъан накъост – иштта гочдеш ду 1аьрбийн ابن السبيل (Некъан к1ант) бохург. Шен махках а, доьзалх а хаьдда новкъахь волу стаг ву иза.
[42]Аьтту куьйго доладийнарш – хьалха заманахь нехан долахь хилла болу леш.
[43]СагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш‚ нахана иштта омра деш берш.
[44]Делан и аяташ нахе ца дуьйцуш берш.
[45]Цхьа к1еззиг х1ума.
[46]Шеца боьха хи дерг  ша зудчуьнца гергара юкъаметтиг хилла волу‚ шен дегI цIан ца динарг (личанза верг)..
[47]Хьакхаделла – Къуръана чохь яздина ду لامستم лямастум. И дош дастарехь 1еламнах бекъабелла. Цхьаболчара (царна юкъахь Шафи1ий) борша стаг хийрачу зудчух муьлххачу кепара чкъор чкъорах хьакхавалар ду и аьлла. Цхьа кхечара (царна юкъахь Абу-Хьанифат) кхузахь Далла луург божарийн зударшца хуьлу гергара юкъаметтиг ю аьлла. Цу т1е а доьг1на, Шафи1ин (иштта Ахьмад бин Хьанбалин) мазх1абехь шена яло мегаш йолчу зудчух кхетча, ламаз карара долу цуьнан а, цу зудчун а. Абу-Хьанифитан мазх1абехь ца долу царна юккъехь гергара юкъаметтиг хиллехь бен, Маликан мазх1абехь церан ламаз карара долу, нагахь санна хьакхадалар шовкъаца хиллехь.
[48]Тема – хи доцуш цIано яран я ламаз эцаран куц. ЦIен латта цкъа шен юьхьах тохар шина куьйгаца‚ тIаккха шен аьрру куьг аьтту куьйгана а, пхьарсана а тIехула хьакхар‚ тIаккха аьтту куьг аьрру куьйгана а, пхьарсана а тIехула хьакхар‚ нигат а дарца.
[49]1аьрбийн дош ولي Вали (дукхаллин терахь – أولياء Авлияъ) дуккха маь1наш долуш ду. Цуьнан маь1нех ду: юххера доттаг1, гергара верг, доладийриг, /х1уманна/ т1ех1оьттина верг, шена долахь х1ума дерг, сийлахь верг.
[50]Дош – 1арбашха كلم кхузахь: Дала доссийна жайна – и нийса ца толлуш.
[51]Пайхамарна сардам кхуллуш, цуьнах ца бешаш, Iиттарш еш олуш хилла и дешнаш жуьгташа. راعنا "РаIина" – Iалаш де тхо бохург хуьлу Iарбашха, ткъа жуьгтийн маттахь цуьнан маьIна ду "тхан Iовдал верг".
[52]Дукха ледара ийман ду церан я дукха к1еззиг бу царах ийман диллинарш, Саламан к1ант 1абдуллах1 саннарш.
[53]Жайна делларш – жуьгтий а, насараш а‚ шайга Делан жайнаш Таврат а‚ Инжил а делла хилла болу.
[54]Шоьтан дийнан дай – цуьнан хьурмат цадарна цхьа жуьгтийн тоба хIаллакйина Дала. Жуьгтийн динехь шоьтан де (т1ера де) дезде ду. Цу дийнахь дуьненан гIуллакхаш дан ца мегаш хилла царна.
[55]Шеца накъост лацар – Шена декъашхо хилийтар.
[56]Кхузахь: къинош дац шайн, бохуш‚ шаьш хестош берш.
[57]Джибт – Дала хьарам динарг хьанал деш волу стаг.
[58]ТIагIут – нахана шайгара шарI гойту стаг (Делан шарIана дуьхьал долу)‚ и кхочушдар нахана тIедуьллуш волу.
[59]Къурайшан куьйгалхоша хаьттина хилла жуьгташка: "Шаьш ду нийсачу новкъахь я и бусалба нах бу?" Цара аьлла: "Шу ду".
[60]Шайга тешаме елла х1уманаш д1аялар шайн дайшка – 1арбашха: أَن تُؤدُّواْ الأَمَانَاتِ إِلَى أَهْلِهَا . И аят доссоран бахьана дукха болчу тафсиран 1еламнаха лерина Макка яьккхича, пайхамара ﷺ Ка1бин дог1анаш схьаэцна хилла Абу-Т1алхьатан к1антера 1усманера, хьалха дуьйна церан дайшкахь хилла уьш.1усман х1инца а бен ислам дин т1ельцна ца хилла. 1ела а, 1аббас а уьш шайга доьхуш хилла. Дала шен дайшкахь дита уьш аьлла омра деш ду. Доссаран бахьана иштта хиллехь а, аятан маь1на юкъара ду. Цо чулоцу цхьаннах тешам а бина цунна т1едиллина муьлхха а г1уллакх, Делан аг1орхьара делахь а и, я нехан вовшийн юккъехь делахь а. Иштта шайх бина тешам кхочушбе боху Дала. Г1уллакх тешам болчуьнга, и шега дала хьакъ долчуьнга д1ало бохург а ду цуьнан маь1нехь.
[61]Шайх г1уллакх карахь дерш – шуна т1ех1оттина болу хьаькамаш, имамаш. Царна муьт1ахь хилар декхар ду бусалбанашна, нагахь санна цара бохург Дала бохучунна а, элчано бохучунна а дуьхьал дацахь.
[62]Мунепикъаш – шалхолелораш. Баттаца шаьш бусалба бу бохуш‚ дагца Дела харцвеш берш. Жоьжахатина бухахь хир бу уьш‚ аьлла Дала.
[63]Шаьш шайна зулам дича – шаьш къинош дича.
[64]Оцу аято къеггина гойту вайна бусалбанаша шайна юккъе доьжна х1ума шар1аца къасто дезаш хилар.
[65]Г1азоте ца воьдуш бухависна хиллачу мунепикъо олу и дешнаш шена бусалбанаш тоьлла царна сий а, х1онс а хилар гучудаьлча.
[66]Иза бусалба нахе долу омра ду. И т1ом баран шен бахьанаш ду, Шар1о билгадаьхна долу. Царах ду: керстанаш бусалба пачхьалкхана т1елетта, уьш хьийзош махках, ц1еношкара арабахар а, бусалбанаш шайн махкахь дин лело цабитар а, бусалба пачхьалкхана зенаш дар а…
[67]Кхузахь Далла лууш берш ц1ена болу, хьакъ-бакъ болу бусалбанаш бу, шайна дуьненал эхарт дукхадезаш болу.
[68]Уьш хилла Маккара бусалбанаш, шаьш к1еззиг боллушехь, шаьш хьийзош хиллачу керстанашца т1ом бан лууш.
[69]Массо а х1ума Делан лаамца хуьлуш хиларх ца кхета и мунепикъаш.
[70]Элчанна муьт1ахь хиларх.
[71]Терго еш верг – хьо ца ваийтина церан Iамалш тергалъян‚ хьо ваийтина кхерам таса, боху Дала пайхамаре.
[72]Хилпалонаш – цхьаьнацадар.
[73]Кхузахь Дала омра деш ду пайхамаре, т1ом бе аьлла, хьуо цхьаъ виснехь а, мунепикъаш юхабовларна хьо сингаттаме ма хила – Дала толам лур бу хьуна, аьлла.
[74]ХIунда декъало шу шина тобане мунепикъаш бахьанехь? Ухьудехь тIом болуш мунепикъаш тIам тIера бевдда хилла‚ тIаккха муъма нахах цхьана тобано аьлла: "Бойур бу вай уьш." Вукхара аьлла: "Ма байа".
[75]Пайхамарца а‚ бусалба нахаца а Мадинате д1акхалххалц (хIижар); кхузахь: муьлххачу Делан гIуллакхна муьтIахь хилар‚ гIазоте арабовлар.
[76]Цига ца боьлхуш‚ Делан омра кхочуш ца деш.
[77]Уьш бу шаьш шуьца ду, бохуш, шу Iехош‚ цатешачара шуьца тIаме кхайкхича, царна сихха жоп луш берш.
[78]Оцу аяташа гойту вайна Дала т1ом бе аьлла омра деш ду беккъа ямартло еш болчу, тешнабехк беш болчу, зуламаш деш бусалбанашна т1елеташ болчу керстанашца. Вайца машаран барт болчу а, вайца бацахь а, вайна дуьхьал болчарна г1о деш бацахь ("вайца а бац, вайна дуьхьал а бац") – царца т1ом бан ца маго Дала.
[79]Д1алуш долу дият – вийначу стеган дуьхьал цуьнан ирс кхочучу гергарчу нахана луш долу хIума‚ Пайхамаран ﷺ суннато и билгалдаьккхина: 100 эмкал‚ шайн тайп-тайпана хенаш йолу, хьелий долчохь – 200 етт, уьстаг1ий долчохь - 2000 уьстаг1, деши долчарна – 1000 динар (1динар-4,4 г деши), дети долчарна – 12000 дирх1ам (1 дирх1ам – 3,12 г дети), уьш дацахь - церан барам ахчанца. Царах муьлххачу кепара делчи – къобалдийр ду. И дият лур ду и стаг ца хууш шен карахула веллачун ден аг1орхьара болчу гергара наха кха шарахь. Хуъушехь стаг винчо ша токхур ду цхьана шарахь, нагахь санна цуьнгара ч1ир ца оьцуш дият даларца маслахьат динехь. Муьлххачу кепара шен карахула стаг веллачо шина баттахь т1етт1а марха а кхобур ду.
[80]Муъма – кхузахь: ийман диллинарг, бусалба стаг (муъма стаг) я бусалба зуда (муъма зуда).
[81]Шуьца машаре болу керстанаш.
[82]Кхузахь а‚ хьалахь а: стаг - боьрша стаг а‚ зуда а.
[83]Шаьш гIазотехь долуш билгалдаккха и шаьш тIом беш берш бусалба нах бу я бац. Цхьамма шайга салам делча (и иза бусалба хиларан билгало ю), аш ма ала: "Хьо бусалба вац"‚ цуьнгара хIонс яккхархьама.
[84]Маликаша д1аэцнарш – белларш.
[85]Дуьненахь къинош дина‚ Делан а‚ пайхамаран а омра кхочуш ца деш, беллачаьрга маликаша хоттур ду, шу мичахь дара? ХIунда кхочуш ца дира аш Дала а‚ пайхамара а бохург‚ аьлла. Цара эр ду, ницкъ бара шайна тIехь‚ ца дуьтура шаьш Делах цатешачара. ТIаккха маликаша эр ду: "И Делан латта шуьйра (шортта) ма дарий‚ хIунда д1а ца кхелхира шу кхечухьа шайна и дан таро а йолчу‚ шайна хьанал а долчу?" Уьш жоьжахате гIур ма бу. И аят доьссина Хьабаше я Мадинате хIижре ца боьлхуш, Маккахь, шайга кхоччуш дин ца лелийтича а, реза хилла Iийначарах. Аятан маь1на юкъара ду: и доьзна ду массо а Далла 1ибадат дар хьарам долчохь я кхоччуш Далла 1ибадат дан ца тарлочохь, реза а хилла, шайна хьанал а болчу, маьрша а болчу махка ца боьлхуш, бухабисинчарах.
[86]Ял – мēла. Цунна мēла балар Далла тIехь ду.
[87]Ламаз дацдар юхьанца кхерам хиларца доьзна хиллехь а, и магийна кхерам ца хилча а, нагахь санна некъ белахь юкъанаьккъара стага цхьана дийнахь а, цхьана буса а беш (85 километр сов), хьаналчу г1уллакхана новкъа ваьлла а велахь. Дацдо 4 рака1ат ламазаш 2 рака1ате, нигат а деш. Иштта цунна магийна дацдарца цхьана делкъан – малхбузен, маьрк1ажа – пхьуьйренан ламазаш вовшашна т1еозийна дан хьалхарчу я шолг1ачу ламазан хенахь. И бусалбанашна Делера совг1ат ду я атто ю.
[88]Шен хенахь кхочушдан дезаш долу декхар.
[89]Шу дог дохуш ду шайна мела хиларе, ткъа керстанашна цуьнга дог дохийла а ма дац.
[90]Х1ара 105-г1а – 109- г1а аяташ доссийна ансарех хилла волчу бану- Зафр тайпанан Убайракъан к1ант Т1у1мат бахьанехь. Цо лач1къина хилла шен лулахочун Ну1манан к1антан Къатадатан т1емалочун коч деман (ахьаран) галичохь. Галин 1уьргахула дама даьржина новкъахула. Т1у1мата и д1алач1къина буса жуьгтечун Саминан к1антан Зайдан к1ет1хь бехк цунна т1ебахийтархьама. Коч лийхира Т1у1мат волчохь. Ца карийра, ткъа цо дуй биира, ша и ца эцна, цунах дерг шена ца хаьа аьлла. И 1адвитина, лоьхурш деман лорах бахана жуьгтечун к1ет1а нисбелира. Цигахь царна и карийра. Жуьгтечо элира и шена Т1у1мата йиллина, жуьгтийн наха цунна тешалла а дира. Т1у1матан тайпан (бану-Зафр) хьалхара нах бахара Делан элча волчу шайн стеган Т1у1матан аг1ор доьхуш и ц1анвеш, жуьгтичо лач1къина, бохуш, тешалла а деш. Делан элча ﷺ кхиэл ян волалуш доьссина и аяташ. Дала боху тешнабхк бечунга а, боьха лелачуьнга а г1о ма даккхалахь, и т1ехула бусалба ву, бохуш лелаш велахь а. Кхиэл бакъдолчуьнца елахь, и бакъдерг керстанан аг1ор делахь а. Дала нуьцкъала бехк боккху ямартло ечунна а, цуьнан аг1ор ваьллачунна а.
[91]Го лоцуш верг – кхузахь: дика хууш верг. Далла дика хаьа цара деш дерг.
[92]И къа дина доцург бехке ван гIерташ.
[93]Накъост лацар – 1арбашха: شرك (ширк) - Делах кхин стаг я кхин хIума тардар, Делаца и нисвар. Дела санна цхьа х1ума язъяр. Делан бен доцчу сибаташца (даим дийна верг, массо а х1ума хууш верг, массо а х1ума гуш верг, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш верг …) кхечунна сибат дар.
[94]Дуьхьалдаьлла – дикачу хIуманна дуьхьалдаьлла.
[95]ШайтIанна – шен къинхетамах генадаккхарца.
[96]Уьш тешийта и бежнаш даа‚ тIехаа а магац аьлла.
[97]Хьанал дерг хьарам дойтитур ду‚ хьарам дерг хьанал дойтитур ду; Дала кхоьллина куц хуьйцур ду цара.
[98]Жайнин охIла – шайн пайхамаршка Мусага а‚ Iийсага а Дала жайнаш (Таврат‚ Инжил) доссийна хилла болу жуьгтий а‚ насараш (христианаш) а.
[99]Бусалба хиларх‚ кхечу динах хиларх пайда бац, Делан омра кхочуш деш вацахь.
[100]Верас – доладийриг, г1одийриг.
[101]Ибн-Iаббасо аьлла: "ЖехIал заманчохь шен долахь байлахь дисна зудабер хиллачу стаго цунна тIе шен коч кхуссуш хилла. Т1аккха и цкъа а яло мегаш ца хилла. И шена езахь, цо шена ялош хилла, цуьнан даьхни дууш хилла. Шена и безаме ца хетахь, ша а ялош ца хилла, я цхьанга ялайойташ ца хилла. И хьарам дина Дала оцу аяташкахь. ЖехIал заманчохь боберашна, зударшна ирс ца луш хилла – иза а хьарам дина Далла.
[102]БIаьрмецигалла дукха ю нахана юккъехь.
[103]Мар санна цуьнца Iан а ца Iеш, я къаьстина йита а ца юьтуш. Цхьаболу нах хилла зударий буьтуш‚ Iиддат чекхдалале юхабалош, кхечаьрга ца бахийтархьама‚ тIаккха юха а буьтуш. И хIума ма леладе боху Дала – я хаза даха цаьрца‚ я хаза бита уьш.
[104]Кхузахь: шу дIадерзахь.
[105]Шуна цуьнца бекхам бийр болуш.
[106]Шу цаьрца хевшина ладугIуш Iахь.
[107]Керстанаш тоьлча‚ цу мунепикъаша цаьрга олу: "Оха дитина хиллехьара, шу эшор дара оцу бусалбанаша‚ царна юккъехь уьш эшо гIуллакх деш дара тхо."
[108]"Цкъа а цатешачарна муъма нахана тIехь некъ лур бац Дала" - Ибн-Касира, и аят достуш, аьлла: "Берриг бусалбанаш х1аллакбан, царна т1ехь кхоччуш урхалла дан аьтто лур бац Дала керстанашна, цхьацца хенахь цхьаболчарна т1ехь царна аьтто хилахь а. Чакхе дуьнанахь а, эхартахь а Делах кхоьручарна хир ю!"
[109]Къематдийнахь Деле шайна бехк баккха меттиг юьту аш?
[110]Аятан маь1на ду Дала муъма нахана 1азап дийр дац дуьненахь а, эхартахь а, уьш Делах кхоьруш дика лелаш белахь. Дела Шен дуьхьа йинчу к1еззиг 1амална дуккха мела луш ву.
[111]Далла ца деза аш вовшашна луьйш долу‚ вовшах ца дешаш долу‚ нахана буьйха луьйш долу хабарш шайна юккъехь даржор. Шена зулам динчу стага мегар ду шена динчу зуламах а, и динчу стагах а лаьцна кхечаьрга дийцар.
[112]Мусан умматан цхьана тобано эсанна Iибадат дира.
[113]Мусага даийтина Таврат тIе ца лоцуш хилла болу Исраилан к1ентий (жуьгтий)‚ Дала царна тIоьхула Синаъ (Синай) лам айбина, кхерийра уьш. ТIаккха и тIеийцира цара. Дала царна даздира шоьтан де. Цуьнан хьурматна цхьа а вон хIума лело ца мегара царна. Дала цигахь цаьрца барт бира (ваIда йира)‚ цара шаьш дан дезарг дуьйцуш‚ Дала Ша царна ден дерг дуьйцуш.
[114]Ийман чугIур долуш дац дегнашка.
[115]Iийса пайхамаран нана Марьям нахаца лелаш ю, аьлла, хилла цара, и берах юьйла хиъча, Дала цуьнан кийрахь Iийса кхоьллина (и маре яхна а йоцуш).
[116]И жайнин охIлан стаг валале‚ тIаккха цуьнан иймано пайда бийр бац цунна; я и Iийса юха дуьненчу ваьлла валале.
[117]Риба – декхарна тIе хIума даккхар (процент яккхар).
[118]Муъма (дуккха – муъмааш) – 1арбашха: مؤمن Делах тешаш верг, иймāн дерг.
[119]Ваьхьий – Дала пайхамаршка Джабраил маликехула кхоьхьуьйтуш хилла болу хаамаш.
[120]Забур- Дала Давуд пайхамаре доссийна жайна (Псалтырь‚ Псалмы).
[121]Делан сибат حكيم (Хьаким) кхузахь Хьукам /нийса/ деш верг, олий гочдеш ду, цхьа кхечахь- Хьукам /нийса/ деш верг, хьикмате верг олий – цхьана маь1нехь ду уьш.
[122]Масūхь – الْمَسِيحُ Хьаьхнарг – грекийн маттахь: Христос. Хьалха деъна оцунах лаьцнарг.
[123]Кхоъ – кхузахь: троица – Дела-да‚ Дела-кIант‚ Дела-са бохуш долу насарийн динехь дерг.
[124]Дела диканиг ву Шена т1етовжа, таваккал дан.