40. Сурат ГIАФИР

Гечдархо
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 85 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Хьа-мūм[1]. حم
2 Аят
Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хууш волчу Делера, تَنزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
3 Аят
Ша къинна гечдийриг волчу‚ ша тōба къобалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу, комаьршалла Шегахь йолчу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар. غَافِرِ الذَّنبِ وَقَابِلِ التَّوْبِ شَدِيدِ الْعِقَابِ ذِي الطَّوْلِ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ إِلَيْهِ الْمَصِيرُ
4 Аят
Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ цатешначара бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь /кура/ дIасаидаро. مَا يُجَادِلُ فِي آيَاتِ اللَّهِ إِلَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَا يَغْرُرْكَ تَقَلُّبُهُمْ فِي الْبِلَادِ
5 Аят
Харцдира /Делан цIена дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ царал тIаьхьа тобанаша а. Ойла еш дара хIор уммат шен элчанех иза /бохам барца/ схьалаца. Цара къийсира харцдолчуьнца, цуьнца бакъдерг дайа гIерташ,  Ас схьалецира уьш /хIаллакбарца/. Муха хили Сан таIзар! كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَالْأَحْزَابُ مِن بَعْدِهِمْ وَهَمَّتْ كُلُّ أُمَّةٍ بِرَسُولِهِمْ لِيَأْخُذُوهُ وَجَادَلُوا بِالْبَاطِلِ لِيُدْحِضُوا بِهِ الْحَقَّ فَأَخَذْتُهُمْ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
6 Аят
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош цатешначарна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу аьлла долу. وَكَذَلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
7 Аят
Шаьш Iарш лелош берш а, цунна гонах берш[2] а тасбихь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-Кхобучунна‚ тешаш бу Цунах‚ гечдар доьхуш бу ийман диллинчарна: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тōба диначарна а‚ Хьан некъана тIаьхьахIиттинчарна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах. الَّذِينَ يَحْمِلُونَ الْعَرْشَ وَمَنْ حَوْلَهُ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيُؤْمِنُونَ بِهِ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا وَسِعْتَ كُلَّ شَيْءٍ رَّحْمَةً وَعِلْمًا فَاغْفِرْ لِلَّذِينَ تَابُوا وَاتَّبَعُوا سَبِيلَكَ وَقِهِمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ
8 Аят
Тхан Кхиош-Кхобург‚ Iаднан/ялсаманин/ бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахь царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. رَبَّنَا وَأَدْخِلْهُمْ جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدتَّهُم وَمَن صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ إِنَّكَ أَنتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
9 Аят
Ахь ларбелахь уьш вочух (къинош бахьанехь дечу 1азапах). Оцу дийнахь Ахь ша вочух ларвинарг  Ахь къинхетам бина цунах. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам". وَقِهِمُ السَّيِّئَاتِ وَمَن تَقِ السَّيِّئَاتِ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمْتَهُ وَذَلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
10 Аят
Баккъалла а, цатешначаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура иймане  аш керстадора". إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يُنَادَوْنَ لَمَقْتُ اللَّهِ أَكْبَرُ مِن مَّقْتِكُمْ أَنفُسَكُمْ إِذْ تُدْعَوْنَ إِلَى الْإِيمَانِ فَتَكْفُرُونَ
11 Аят
Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь далийтира тхо шозза‚ Ахь ден а дира тхо шозза[3]‚ тхо къера хилла тхайн къиношна. Арадовла цхьа а некъ буй?" قَالُوا رَبَّنَا أَمَتَّنَا اثْنَتَيْنِ وَأَحْيَيْتَنَا اثْنَتَيْنِ فَاعْتَرَفْنَا بِذُنُوبِنَا فَهَلْ إِلَى خُرُوجٍ مِّن سَبِيلٍ
12 Аят
Иза (Iазап ду шуна) веккъа цхьана Деле кхайкхича, аш и керстадарна‚ Цуьнца накъост лоцуш хилча, шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Делан ду. ذَلِكُم بِأَنَّهُ إِذَا دُعِيَ اللَّهُ وَحْدَهُ كَفَرْتُمْ وَإِن يُشْرَكْ بِهِ تُؤْمِنُوا فَالْحُكْمُ لِلَّهِ الْعَلِيِّ الْكَبِيرِ
13 Аят
Иза ву гойтуш шуна Шен аяташ[4]‚ Цо охьадоссадо шуна стигалара рицкъ. Ойла ца йо-кх ша /Далла/ т1евоьрзуш волчо бен. هُوَ الَّذِي يُرِيكُمْ آيَاتِهِ وَيُنَزِّلُ لَكُم مِّنَ السَّمَاء رِزْقًا وَمَا يَتَذَكَّرُ إِلَّا مَن يُنِيبُ
14 Аят
Кхайкха[5] Деле шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь, и керстанашна /мел/ ца дезахь а. فَادْعُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ
15 Аят
Даржаш хьаладохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Са[6] дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьаьнакхетар хин долчу денца[7]. رَفِيعُ الدَّرَجَاتِ ذُو الْعَرْشِ يُلْقِي الرُّوحَ مِنْ أَمْرِهِ عَلَى مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ لِيُنذِرَ يَوْمَ التَّلَاقِ
16 Аят
Оцу дийнахь уьш гучубевр бу /арабевр бу шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Делах царах дерг хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцкъала волчу Делан ду-кх! يَوْمَ هُم بَارِزُونَ لَا يَخْفَى عَلَى اللَّهِ مِنْهُمْ شَيْءٌ لِّمَنِ الْمُلْكُ الْيَوْمَ لِلَّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ
17 Аят
Тахана бекхам бийр бу хIор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь. الْيَوْمَ تُجْزَى كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ لَا ظُلْمَ الْيَوْمَ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
18 Аят
Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевлла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттаг1 а, цхьа а г1одоккхург а, шена /уьш/ муьтIахь а болуш. وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ
19 Аят
Хаьа Цунна бIаьргийн тешнабехк а /хьарам хIумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а. يَعْلَمُ خَائِنَةَ الْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِي الصُّدُورُ
20 Аят
Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна а хIуманца. Баккъалла а, Дела  Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а. وَاللَّهُ يَقْضِي بِالْحَقِّ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِ لَا يَقْضُونَ بِشَيْءٍ إِنَّ اللَّهَ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
21 Аят
Уьш ца лела лаьттахула‚ тIаккха уьш ца хьоьжу, муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш бара царал вуно чIогIа ницкъаца а‚ лаьттахь асар дитарца а. Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо. أَوَ لَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ كَانُوا مِن قَبْلِهِمْ كَانُوا هُمْ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ وَمَا كَانَ لَهُم مِّنَ اللَّهِ مِن وَاقٍ
22 Аят
Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца  цара уьш харцбора. Дала схьалецира уьш[8]. Баккъалла а, Иза нуьцкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву. ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانَت تَّأْتِيهِمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَكَفَرُوا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ إِنَّهُ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ
23 Аят
Оха вахийтира Муса Тхайн аяташца а‚ билгалчу бакъонца а وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَى بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
24 Аят
ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а. Цара элира: "/Иза/ тIех харцлуьйш волу бозбуунча ву". إِلَى فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَقَارُونَ فَقَالُوا سَاحِرٌ كَذَّابٌ
25 Аят
Иза цаьрга веъча Тхоьгара бакъдолчуьнца, цара элира: "Байа цуьнца цхьаьна ийман диллинчеран кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тиларна чохь бен ма яц. فَلَمَّا جَاءهُم بِالْحَقِّ مِنْ عِندِنَا قَالُوا اقْتُلُوا أَبْنَاء الَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ وَاسْتَحْيُوا نِسَاءهُمْ وَمَا كَيْدُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
26 Аят
ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-Кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцарна я лаьттахь боьханиг гучудаккхарна". وَقَالَ فِرْعَوْنُ ذَرُونِي أَقْتُلْ مُوسَى وَلْيَدْعُ رَبَّهُ إِنِّي أَخَافُ أَن يُبَدِّلَ دِينَكُمْ أَوْ أَن يُظْهِرَ فِي الْأَرْضِ الْفَسَادَ
27 Аят
Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-Кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-Кхобучуьнца а массо а хьесапан /къемат/ дийнах ца тешаш кураваьллачух ". وَقَالَ مُوسَى إِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُم مِّن كُلِّ مُتَكَبِّرٍ لَّا يُؤْمِنُ بِيَوْمِ الْحِسَابِ
28 Аят
ФирIавнан доьзалах цхьана ийман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аш воь ткъа стаг цо аларна: "Сан Кхиош-Кхобург цхьа АллахI-Дела ву?" Ткъа иза шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонашца ма веана. Иза харцлуьйш велахь, цунна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь, цо шуна хир ду бохучух цхьадерг хьакхалур (кхетар) ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а. وَقَالَ رَجُلٌ مُّؤْمِنٌ مِّنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَكْتُمُ إِيمَانَهُ أَتَقْتُلُونَ رَجُلًا أَن يَقُولَ رَبِّيَ اللَّهُ وَقَدْ جَاءكُم بِالْبَيِّنَاتِ مِن رَّبِّكُمْ وَإِن يَكُ كَاذِبًا فَعَلَيْهِ كَذِبُهُ وَإِن يَكُ صَادِقًا يُصِبْكُم بَعْضُ الَّذِي يَعِدُكُمْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ كَذَّابٌ
29 Аят
ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу /Мисран/ лаьттахь /массарал/ тоьлуш долуш. Хьан гIо дийр ду вайна Делан ницкъах /кIелхьарадовла/, и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Ас шуна ца гойту сайна гушдерг бен‚ ас шу нис ца до нийсонан новкъа бен". يَا قَوْمِ لَكُمُ الْمُلْكُ الْيَوْمَ ظَاهِرِينَ فِي الْأَرْضِ فَمَن يَنصُرُنَا مِن بَأْسِ اللَّهِ إِنْ جَاءنَا قَالَ فِرْعَوْنُ مَا أُرِيكُمْ إِلَّا مَا أَرَى وَمَا أَهْدِيكُمْ إِلَّا سَبِيلَ الرَّشَادِ
30 Аят
Ийман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де[9] санначу дийнах /аш Муса вехь/. وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُم مِّثْلَ يَوْمِ الْأَحْزَابِ
31 Аят
Нухьан къоман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царал тIаьхьа хиллачеран Iадатах тера /ду-кх хIара аш лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна. مِثْلَ دَأْبِ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَالَّذِينَ مِن بَعْدِهِمْ وَمَا اللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًا لِّلْعِبَادِ
32 Аят
ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах[10]. وَيَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ يَوْمَ التَّنَادِ
33 Аят
Шу духадовду долчу дийнах  ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг  ма вац цунна цхьа а нисвийриг". يَوْمَ تُوَلُّونَ مُدْبِرِينَ مَا لَكُم مِّنَ اللَّهِ مِنْ عَاصِمٍ وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
34 Аят
Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца, шу лаьтташ ду шеконехь цо шуьга деъначух. Иза хIаллакхилча (велча), аш элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Иштта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а, وَلَقَدْ جَاءكُمْ يُوسُفُ مِن قَبْلُ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا زِلْتُمْ فِي شَكٍّ مِّمَّا جَاءكُم بِهِ حَتَّى إِذَا هَلَكَ قُلْتُمْ لَن يَبْعَثَ اللَّهُ مِن بَعْدِهِ رَسُولًا كَذَلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ مُّرْتَابٌ
35 Аят
Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еана бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ ийман диллинчарна гергахь а. Иштта мухIар туху Дала х1ор курадаьллачу‚ /нахана/ ницкъбечу дагна тIе. الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ كَبُرَ مَقْتًا عِندَ اللَّهِ وَعِندَ الَّذِينَ آمَنُوا كَذَلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَى كُلِّ قَلْبِ مُتَكَبِّرٍ جَبَّارٍ
36 Аят
ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка. وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا هَامَانُ ابْنِ لِي صَرْحًا لَّعَلِّي أَبْلُغُ الْأَسْبَابَ
37 Аят
Стигланийн некъашка. Мусан Далла тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и (Муса) харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ некъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллакхилар чохь бен. أَسْبَابَ السَّمَاوَاتِ فَأَطَّلِعَ إِلَى إِلَهِ مُوسَى وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ كَاذِبًا وَكَذَلِكَ زُيِّنَ لِفِرْعَوْنَ سُوءُ عَمَلِهِ وَصُدَّ عَنِ السَّبِيلِ وَمَا كَيْدُ فِرْعَوْنَ إِلَّا فِي تَبَابٍ
38 Аят
/ТIаккха/ элира /Фир1авнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа. وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ الرَّشَادِ
39 Аят
ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт  иза ду чIагIонан цIа. يَا قَوْمِ إِنَّمَا هَذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَإِنَّ الْآخِرَةَ هِيَ دَارُ الْقَرَارِ
40 Аят
Вониг динарг  цунна бекхам хир бац и санначуьнца (вочуьнца) бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма а волуш  уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш. مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةً فَلَا يُجْزَى إِلَّا مِثْلَهَا وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِّن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَى وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُوْلَئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍ
41 Аят
ХIай сан къам! Х1ун ду суна шу кхайкха /жоьжахатех/ кIелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цIерга? وَيَا قَوْمِ مَا لِي أَدْعُوكُمْ إِلَى النَّجَاةِ وَتَدْعُونَنِي إِلَى النَّارِ
42 Аят
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре, суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тIех гечдийриг а волчуьнга. تَدْعُونَنِي لِأَكْفُرَ بِاللَّهِ وَأُشْرِكَ بِهِ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ وَأَنَا أَدْعُوكُمْ إِلَى الْعَزِيزِ الْغَفَّارِ
43 Аят
Дера, аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ амма тIаламза берш  уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай. لَا جَرَمَ أَنَّمَا تَدْعُونَنِي إِلَيْهِ لَيْسَ لَهُ دَعْوَةٌ فِي الدُّنْيَا وَلَا فِي الْآخِرَةِ وَأَنَّ مَرَدَّنَا إِلَى اللَّهِ وَأَنَّ الْمُسْرِفِينَ هُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
44 Аят
Шуна тIаьхьа дагадогIур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сайн гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг." فَسَتَذْكُرُونَ مَا أَقُولُ لَكُمْ وَأُفَوِّضُ أَمْرِي إِلَى اللَّهِ إِنَّ اللَّهَ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
45 Аят
Дала ларвира иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг. فَوَقَاهُ اللَّهُ سَيِّئَاتِ مَا مَكَرُوا وَحَاقَ بِآلِ فِرْعَوْنَ سُوءُ الْعَذَابِ
46 Аят
ЦIе  цунна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйранна а‚ суьйранна а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чуболла ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапе". النَّارُ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا غُدُوًّا وَعَشِيًّا وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ أَدْخِلُوا آلَ فِرْعَوْنَ أَشَدَّ الْعَذَابِ
47 Аят
Дагадаийта! Вовшашца къийсаме бевр бу уьш цIергахь‚ гIийлачара[11] эр ду курабевлла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIаьхьахIиттина /дуьненахь аш бохург деш‚ хIинца/ аш дIадоккхий тхох цIеран /Iазапах/ цхьа дāкъа?" وَإِذْ يَتَحَاجُّونَ فِي النَّارِ فَيَقُولُ الضُّعَفَاء لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا نَصِيبًا مِّنَ النَّارِ
48 Аят
Шаьш курабевлла хиллачара элира: "Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цIергахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юккъехь". قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُلٌّ فِيهَا إِنَّ اللَّهَ قَدْ حَكَمَ بَيْنَ الْعِبَادِ
49 Аят
Эр ду цIергахь болчара жоьжахатин гIаролашка: "Кхайкха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ дайде āла тхуна тIера Iазап цхьана денна мукъане а". وَقَالَ الَّذِينَ فِي النَّارِ لِخَزَنَةِ جَهَنَّمَ ادْعُوا رَبَّكُمْ يُخَفِّفْ عَنَّا يَوْمًا مِّنَ الْعَذَابِ
50 Аят
Цара (жоьжахатин гIаролаша) эр ду: "Шуьга бохкуьйтуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Кхайкха шаьш!" Керстанийн кхайкхар ма дац тиларна чохь бен. قَالُوا أَوَلَمْ تَكُ تَأْتِيكُمْ رُسُلُكُم بِالْبَيِّنَاتِ قَالُوا بَلَى قَالُوا فَادْعُوا وَمَا دُعَاء الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
51 Аят
Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхайн элчанашна а‚ ийман диллинчарна а дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а. إِنَّا لَنَنصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ
52 Аят
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду. يَوْمَ لَا يَنفَعُ الظَّالِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ وَلَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ
53 Аят
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْهُدَى وَأَوْرَثْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ
54 Аят
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъалдолчарна. هُدًى وَذِكْرَى لِأُولِي الْأَلْبَابِ
55 Аят
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьайн къинна[12]‚ тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а. فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَاسْتَغْفِرْ لِذَنبِكَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ
56 Аят
Баккъалла а, Делан аяташкахь, шайга еана цхьа а бакъо йоцуш, къуьйсуш берш  баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу (уьш шайн лааме кхочур боцу). Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а. إِنَّ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ إِن فِي صُدُورِهِمْ إِلَّا كِبْرٌ مَّا هُم بِبَالِغِيهِ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
57 Аят
Ткъа стигалш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх. لَخَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَكْبَرُ مِنْ خَلْقِ النَّاسِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
58 Аят
Цхьатерра бац бIаьрсадоцург а‚ гуш верг а; ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аш ойла йийриг. وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَى وَالْبَصِيرُ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَلَا الْمُسِيءُ قَلِيلًا مَّا تَتَذَكَّرُونَ
59 Аят
Баккъалла а, сахьт[13] догIур долуш ду, шеко яц цу чохь‚ делахь а дукхахболу нах тешаш бац-кх. إِنَّ السَّاعَةَ لَآتِيَةٌ لَّا رَيْبَ فِيهَا وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
60 Аят
Шу Кхетош-Кхиочо аьлла: "Соьга кхайкха  Ас жоп лур ду шуна". Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарах курабовлуш берш  чугIур ма бу жоьжахатина, кIелбисина.” وَقَالَ رَبُّكُمُ ادْعُونِي أَسْتَجِبْ لَكُمْ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِي سَيَدْخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِينَ
61 Аят
Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш /шайн г1уллакхаш дан/. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а дукхахболчу наха баркалла ца олу-кх. اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
62 Аят
И ву-кх АллахI-Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехош ду шу /генадохуш ду бакъдолчух/! ذَلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ لَّا إِلَهَ إِلَّا هُوَ فَأَنَّى تُؤْفَكُونَ
63 Аят
Иштта Iехабора /генабохура бакъдолчух/ Делан аяташна инкарло еш хилларш. كَذَلِكَ يُؤْفَكُ الَّذِينَ كَانُوا بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ
64 Аят
Дела ву шуна лаьттах чIагIо йинарг‚ стигалх гIишло йинарг‚ шуна куьцаш динарг‚ т1аккха хаздина Цо шун куьцаш, цIеначу хIуманех рицкъ а делла шуна. И ву АллахI-Дела  шун Кхиош-Кхобург. Беркате хили Дела  Iаламийн Да. اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ قَرَارًا وَالسَّمَاء بِنَاء وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ وَرَزَقَكُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ ذَلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ فَتَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
65 Аят
Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь. Хастам бу Далла  Iаламийн Дена. هُوَ الْحَيُّ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ فَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
66 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аш, Дела а витина, /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-Кхобучуьнгара соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар". قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللَّهِ لَمَّا جَاءنِيَ الْبَيِّنَاتُ مِن رَّبِّي وَأُمِرْتُ أَنْ أُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
67 Аят
Иза ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха деттачу цIийх‚ тIаккха, бераш хуьлий, арадоху шу‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъана[14]‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а, шу ойла еш хилийтирхьама а. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ يُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ ثُمَّ لِتَكُونُوا شُيُوخًا وَمِنكُم مَّن يُتَوَفَّى مِن قَبْلُ وَلِتَبْلُغُوا أَجَلًا مُّسَمًّى وَلَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
68 Аят
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!"  иза хуьлу. هُوَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ فَإِذَا قَضَى أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُن فَيَكُونُ
69 Аят
Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш? Ма д1ахьовзош бу уьш /бакъдолчух/! أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ أَنَّى يُصْرَفُونَ
70 Аят
/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхайн элчанаш бахийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна! الَّذِينَ كَذَّبُوا بِالْكِتَابِ وَبِمَا أَرْسَلْنَا بِهِ رُسُلَنَا فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
71 Аят
Шайна логех буржалш-г1оматаш а тоьхча‚ зIенаш а /ехкича/, такхор бу уьш إِذِ الْأَغْلَالُ فِي أَعْنَاقِهِمْ وَالسَّلَاسِلُ يُسْحَبُونَ
72 Аят
Кхехкачу хи чу‚ тIаккха цIергахь багор бу . فِي الْحَمِيمِ ثُمَّ فِي النَّارِ يُسْجَرُونَ
73 Аят
ТIаккха эр /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аш /Делаца/ накъост лоцуш хилларг ثُمَّ قِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تُشْرِكُونَ
74 Аят
АллахI воцург?" Цара элира: "ДIатили уьш тхох. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а". Иштта тилабала буьту Дала керстанаш. مِن دُونِ اللَّهِ قَالُوا ضَلُّوا عَنَّا بَل لَّمْ نَكُن نَّدْعُو مِن قَبْلُ شَيْئًا كَذَلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ الْكَافِرِينَ
75 Аят
И (Iазап ду шуна) лаьттахь, цхьа а бакъо а йоцуш, шу даккхийдедаш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а. ذَلِكُم بِمَا كُنتُمْ تَفْرَحُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنتُمْ تَمْرَحُونَ
76 Аят
ЧугIо жоьжахатин неIаршкахула, гуттаренна цу чохь дуьсуш. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевллачеран! ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ
77 Аят
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гойтур ма ду хьуна /хир ду/аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо  тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш. فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ
78 Аят
Оха бахийтинера элчанаш хьол хьалха а‚ царах Оха хьуна бийцинарш а бу‚ царах Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъахьара ца хилла цхьанна а элчанна цхьа а аят дан, Делан пурбанца бен. Делан омра деъча, сацам хилира бакъдолчуьнца  кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًا مِّن قَبْلِكَ مِنْهُم مَّن قَصَصْنَا عَلَيْكَ وَمِنْهُم مَّن لَّمْ نَقْصُصْ عَلَيْكَ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَنْ يَأْتِيَ بِآيَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ فَإِذَا جَاء أَمْرُ اللَّهِ قُضِيَ بِالْحَقِّ وَخَسِرَ هُنَالِكَ الْمُبْطِلُونَ
79 Аят
Дела ву шуна бежанаш хилийтинарг: царах /цхьадерш/ шуна тIеховша‚ царах /цхьадерш/  шуна даа. اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَنْعَامَ لِتَرْكَبُوا مِنْهَا وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
80 Аят
Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аш царна тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ царна тIехь а‚ кеманна тIехь а шу дIалеладо. وَلَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَلِتَبْلُغُوا عَلَيْهَا حَاجَةً فِي صُدُورِكُمْ وَعَلَيْهَا وَعَلَى الْفُلْكِ تُحْمَلُونَ
81 Аят
Цо гойту шуна Шен аяташ. Делан муьлхачу аятана аш инкарло йо? وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَأَيَّ آيَاتِ اللَّهِ تُنكِرُونَ
82 Аят
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара вуно царал дукха ницкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а вуно чIогIа а  кIелхьар ма ца бехира уьш царна /дуьненахь/ карадеш хиллачо. أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ كَانُوا أَكْثَرَ مِنْهُمْ وَأَشَدَّ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَمَا أَغْنَى عَنْهُم مَّا كَانُوا يَكْسِبُونَ
83 Аят
Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхийбира уьш шайгахь долчу /дуьненан/ Iилманца‚ царах хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг. فَلَمَّا جَاءتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَرِحُوا بِمَا عِندَهُم مِّنَ الْعِلْمِ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
84 Аят
Шайна Тхан ницкъ гича‚ цара элира: "Оха ийман дилли веккъа цхьана Далла‚ Оха керстадина[15] тхаьш Цуьнца накъост лоцуш хилларг". فَلَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا قَالُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَحْدَهُ وَكَفَرْنَا بِمَا كُنَّا بِهِ مُشْرِكِينَ
85 Аят
Ца хилира царна пайдехь церан ийман Тхан ницкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхдаьлла долу. Ийшира кхузахь керстанаш. فَلَمْ يَكُ يَنفَعُهُمْ إِيمَانُهُمْ لَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا سُنَّتَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ فِي عِبَادِهِ وَخَسِرَ هُنَالِكَ الْكَافِرُونَ
[1]Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
[2]"Зад аль-масир" тафсир чохь 1арш лелош дерш диъ малик ду аьлла ду, къематдийнахь барх1 хир ду. Вах1аб бин Мунаббих1о аьлла, 1аршан гонах 70 эзар маликийн мог1а бу, цунна т1аваф деш (лераме го боккхуш). Царна т1ехьа а 100 эзар маликийн мог1а бу тасбихь деш, царах цхьа а дац кхечо дечух тера тасбихь деш. Дика хуург Ша Дела ву.
[3]Тафсиран 1еламнаха аьлла: «Хьалхара балар ду уьш хьалха дуьненахь цахилар, шолг1а балар ду уьш дуьненахь болуш балар. Хьалхара дендалар ду дуьненчу довлар, шолг1а дендалар ду къематдийнахь юхадендалар».
[4]Аяташ – кхузахь: Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а 1аламаташ.
[5]Кхайкха Деле – кхузахь а, кхечу меттехь а: Далла Iибадат де
[6]Джабраил-малик пайхамаршка ваьхьица.
[7]Къематденца‚ берриге а вовшашца цхьаьнакхетар болчу.
[8]Дала 1азап дира царна.
[9]Пайхамарш харцбина‚ тIаккха Дала хIаллакйина тобанаш.
[10]Къематдийнах‚ наха вовшашка (ялсаманехь болчара жоьжахатехь болчаьрга) кхойкхур долчу.
[11]Шаьш кхечарна тIаьхьахIиттинчара.
[12]Къа – кхузахь: ледарло. Хууш ма-хиллара, къинойх Делан элча ларвина ву.
[13]Къематде.
[14]Шу даккхий а, нуьцкъала а хилийтархьама..
[15]Керстдан – духатоха, схьа ца эца.