41. Сурат ФУССИЛАТ

Къастийна
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 54 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Хьа-мūм[1]. حم
2 Аят
/Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара. تَنزِيلٌ مِّنَ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
3 Аят
Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iарбийн /маттахь/ дешар[2] а хилла хууш долчу къомана. كِتَابٌ فُصِّلَتْ آيَاتُهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لِّقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
4 Аят
Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и Къуръан/‚ царах дукхахберш дIабирзи  шайна ца хезаш (и къобал ца деш). بَشِيرًا وَنَذِيرًا فَأَعْرَضَ أَكْثَرُهُمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
5 Аят
Цара элира: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахь тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергашна чохь къоралла ю‚ тхуна юккъехь а‚ хьуна юккъехь а кирхьа ду‚ ахь Iамал е‚ оха а Iамал йийр ю". وَقَالُوا قُلُوبُنَا فِي أَكِنَّةٍ مِّمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ وَفِي آذَانِنَا وَقْرٌ وَمِن بَيْنِنَا وَبَيْنِكَ حِجَابٌ فَاعْمَلْ إِنَّنَا عَامِلُونَ
6 Аят
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга ваьхьица хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бāла бу-кх /Делаца/ накъост лоцучарна. قُلْ إِنَّمَا أَنَا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ يُوحَى إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَهُكُمْ إِلَهٌ وَاحِدٌ فَاسْتَقِيمُوا إِلَيْهِ وَاسْتَغْفِرُوهُ وَوَيْلٌ لِّلْمُشْرِكِينَ
7 Аят
Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу[3]. الَّذِينَ لَا يُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُم بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ
8 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а  царна хедар йоцу ял ю. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ
9 Аят
Ахь āла: "Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да". قُلْ أَئِنَّكُمْ لَتَكْفُرُونَ بِالَّذِي خَلَقَ الْأَرْضَ فِي يَوْمَيْنِ وَتَجْعَلُونَ لَهُ أَندَادًا ذَلِكَ رَبُّ الْعَالَمِينَ
10 Аят
Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чIогIа доьгIнарш (лаьмнаш) цунна тIехула‚ беркате дира Цо иза (латта)[4]‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деа дийнахь[5]  цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна. وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ مِن فَوْقِهَا وَبَارَكَ فِيهَا وَقَدَّرَ فِيهَا أَقْوَاتَهَا فِي أَرْبَعَةِ أَيَّامٍ سَوَاء لِّلسَّائِلِينَ
11 Аят
ТIаккха Иза тIевирзира стигална  и кIур бара (айъаелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо даьхкина тхайн лаамца". ثُمَّ اسْتَوَى إِلَى السَّمَاء وَهِيَ دُخَانٌ فَقَالَ لَهَا وَلِلْأَرْضِ اِئْتِيَا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا قَالَتَا أَتَيْنَا طَائِعِينَ
12 Аят
Цо уьш кхочушхилийтира, ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /ваьхьица/ хIор стигална шен гIуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца[6]‚ /ларйира иза шайтIанах/ Iалашъярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дIахIоттам. فَقَضَاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ فِي يَوْمَيْنِ وَأَوْحَى فِي كُلِّ سَمَاء أَمْرَهَا وَزَيَّنَّا السَّمَاء الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَحِفْظًا ذَلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
13 Аят
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера". فَإِنْ أَعْرَضُوا فَقُلْ أَنذَرْتُكُمْ صَاعِقَةً مِّثْلَ صَاعِقَةِ عَادٍ وَثَمُودَ
14 Аят
Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аш Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх". إِذْ جَاءتْهُمُ الرُّسُلُ مِن بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ قَالُوا لَوْ شَاء رَبُّنَا لَأَنزَلَ مَلَائِكَةً فَإِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
15 Аят
Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхол чIогIа верг ницкъаца?" Царна ца гина те уьш кхоьллина волу Дела царал чIогIа вуйла ницкъаца. Уьш хилира Тхан аяташна инкарло еш. فَأَمَّا عَادٌ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَقَالُوا مَنْ أَشَدُّ مِنَّا قُوَّةً أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَهُمْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
16 Аят
Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап вуно сийсаза ду. Царна гIо хир дац. فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي أَيَّامٍ نَّحِسَاتٍ لِّنُذِيقَهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَخْزَى وَهُمْ لَا يُنصَرُونَ
17 Аят
Ткъа Самудаш  Оха билгалбаьккхира царна /диканан а, вонан а/ некъ, ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо царна карадеш хилларг бахьанехь. وَأَمَّا ثَمُودُ فَهَدَيْنَاهُمْ فَاسْتَحَبُّوا الْعَمَى عَلَى الْهُدَى فَأَخَذَتْهُمْ صَاعِقَةُ الْعَذَابِ الْهُونِ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
18 Аят
Оха кIелхьарбехира ийман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш. وَنَجَّيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
19 Аят
Делан мостагIий цIерана хьалха гулбечу дийнахь  уьш могIаршкахь /вовшашна тIе/ лохкур бу. وَيَوْمَ يُحْشَرُ أَعْدَاء اللَّهِ إِلَى النَّارِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
20 Аят
Уьш цига (цIерга) баьхкича, тешалла дийр ду царна тIехь церан лерсано‚ бIаьрсано‚ чкъуро, уьш хIун деш хилла аьлла. حَتَّى إِذَا مَا جَاؤُوهَا شَهِدَ عَلَيْهِمْ سَمْعُهُمْ وَأَبْصَارُهُمْ وَجُلُودُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
21 Аят
Цара эр шайн чкъуре: "Ахь хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цо эр: "Дистхилийтина со Дала‚ Ша массо а хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина цкъа /шу доцучу хенахь/‚ Цунна тIе шу дIадерзош а ду". وَقَالُوا لِجُلُودِهِمْ لِمَ شَهِدتُّمْ عَلَيْنَا قَالُوا أَنطَقَنَا اللَّهُ الَّذِي أَنطَقَ كُلَّ شَيْءٍ وَهُوَ خَلَقَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
22 Аят
Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун лерсано а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а, шуна моьттура Далла ца хаьа аш дечух дукхадерг. وَمَا كُنتُمْ تَسْتَتِرُونَ أَنْ يَشْهَدَ عَلَيْكُمْ سَمْعُكُمْ وَلَا أَبْصَارُكُمْ وَلَا جُلُودُكُمْ وَلَكِن ظَنَنتُمْ أَنَّ اللَّهَ لَا يَعْلَمُ كَثِيرًا مِّمَّا تَعْمَلُونَ
23 Аят
Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-Кхобучух шуна моьттина долу‚ цо (шун моттаро) хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарах. وَذَلِكُمْ ظَنُّكُمُ الَّذِي ظَنَنتُم بِرَبِّكُمْ أَرْدَاكُمْ فَأَصْبَحْتُم مِّنْ الْخَاسِرِينَ
24 Аят
Цара нагахь сатохахь  цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ резахилар дехахь  уьш хир бац /Иза/ шайна резахиллачарах. فَإِن يَصْبِرُوا فَالنَّارُ مَثْوًى لَّهُمْ وَإِن يَسْتَعْتِبُوا فَمَا هُم مِّنَ الْمُعْتَبِينَ
25 Аят
Оха хилийтира царна доттагIий /шайтIанех а‚ жиннех а/‚ цара хаздира царна шайн хьалха дерг а‚ тIехьа дерг а‚ царах хьакхаделира царал хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош[7]. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш[8]. وَقَيَّضْنَا لَهُمْ قُرَنَاء فَزَيَّنُوا لَهُم مَّا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَحَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِم مِّنَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ
26 Аят
Цатешначара элира: "Ла ма догIа хIокху Къуръане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега[9]". وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَسْمَعُوا لِهَذَا الْقُرْآنِ وَالْغَوْا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَغْلِبُونَ
27 Аят
Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца. فَلَنُذِيقَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا عَذَابًا شَدِيدًا وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَسْوَأَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ
28 Аят
И бу Делан мостагIийн бекхам  цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю  бекхам а хилла царна шаьш Тхан аяташна инкарло еш хиларна. ذَلِكَ جَزَاء أَعْدَاء اللَّهِ النَّارُ لَهُمْ فِيهَا دَارُ الْخُلْدِ جَزَاء بِمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
29 Аят
Цатешначара элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-Кхобург‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилийна и шиъ[10]  тхайн когаш кIел буьтур бара оха – уьш /шиа/ хилийтаархьама уггар бухахь болчарах". وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا رَبَّنَا أَرِنَا الَّذَيْنِ أَضَلَّانَا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ نَجْعَلْهُمَا تَحْتَ أَقْدَامِنَا لِيَكُونَا مِنَ الْأَسْفَلِينَ
30 Аят
Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Кхиош-Кхобург /цхьа/ Дела- АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш  царна тIе дуссур ду /къинхетаман/ маликаш, /цара олуш/: "Шу ма кхералаш, сингаттаме ма хилалаш, кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу". إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا تَتَنَزَّلُ عَلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةُ أَلَّا تَخَافُوا وَلَا تَحْزَنُوا وَأَبْشِرُوا بِالْجَنَّةِ الَّتِي كُنتُمْ تُوعَدُونَ
31 Аят
"Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аш дехнарг а ду"‚ نَحْنُ أَوْلِيَاؤُكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَشْتَهِي أَنفُسُكُمْ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَدَّعُونَ
32 Аят
/Хьошаллина/ кечдина Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.” نُزُلًا مِّنْ غَفُورٍ رَّحِيمٍ
33 Аят
Мила ву къамелца ша Деле кхайкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарах[11] дика верг?". وَمَنْ أَحْسَنُ قَوْلًا مِّمَّن دَعَا إِلَى اللَّهِ وَعَمِلَ صَالِحًا وَقَالَ إِنَّنِي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
34 Аят
Цхьанийсса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахь духатоха[12] уггар хаза долчуьнца  тIаккха хьуна а‚ шена а юккъехь мостагIалла ерг хьоме доттагI санна хир ву хьуна. وَلَا تَسْتَوِي الْحَسَنَةُ وَلَا السَّيِّئَةُ ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ فَإِذَا الَّذِي بَيْنَكَ وَبَيْنَهُ عَدَاوَةٌ كَأَنَّهُ وَلِيٌّ حَمِيمٌ
35 Аят
И далур дац шаьш собар диначаьрга бен‚ и далур дац шегахь доккха /ирсан/ дāкъа долчуьнга бен. وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا ذُو حَظٍّ عَظِيمٍ
36 Аят
Хьуна /оцунна[13] тIехь/ шайтIано васвасалла даг чу кхоссахь, Делера ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. وَإِمَّا يَنزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
37 Аят
Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужуд ма де малхана а‚ баттана а‚ аш сужуд де Ша уьш кхоьллина волчу Далла‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь. وَمِنْ آيَاتِهِ اللَّيْلُ وَالنَّهَارُ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ لَا تَسْجُدُوا لِلشَّمْسِ وَلَا لِلْقَمَرِ وَاسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَهُنَّ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
38 Аят
Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цунна тасбихь деш бу буьйсанна а‚ дийнахь а‚ царна кIорда ца до. فَإِنِ اسْتَكْبَرُوا فَالَّذِينَ عِندَ رَبِّكَ يُسَبِّحُونَ لَهُ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَهُمْ لَا يَسْأَمُونَ ( سجدة واجبة )
39 Аят
Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта дакъаделла гар. Оха цунна тIе хи доссийча, иза деттало‚ кхуьу[14]. Баккъалла а, Иза дендинарг  денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنَّكَ تَرَى الْأَرْضَ خَاشِعَةً فَإِذَا أَنزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاء اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ إِنَّ الَّذِي أَحْيَاهَا لَمُحْيِي الْمَوْتَى إِنَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
40 Аят
Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайлабевр бац. ЦIерга кхуссур верг дика ву я къематдийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву. إِنَّ الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي آيَاتِنَا لَا يَخْفَوْنَ عَلَيْنَا أَفَمَن يُلْقَى فِي النَّارِ خَيْرٌ أَم مَّن يَأْتِي آمِنًا يَوْمَ الْقِيَامَةِ اعْمَلُوا مَا شِئْتُمْ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
41 Аят
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш, и шайга беъча - /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالذِّكْرِ لَمَّا جَاءهُمْ وَإِنَّهُ لَكِتَابٌ عَزِيزٌ
42 Аят
Харцдерг догIур дац цунна хьалхахула а‚ тIехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара. لَا يَأْتِيهِ الْبَاطِلُ مِن بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِ تَنزِيلٌ مِّنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍ
43 Аят
Хьоьга ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву. مَا يُقَالُ لَكَ إِلَّا مَا قَدْ قِيلَ لِلرُّسُلِ مِن قَبْلِكَ إِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ وَذُو عِقَابٍ أَلِيمٍ
44 Аят
Оха иза хилийтинехьара Iарбех доцу Къуръан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастийнехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Iарбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iарби а волуш? Ахь āла: "Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а  церан лергаш чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бIаьрсиза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера. وَلَوْ جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا أَعْجَمِيًّا لَّقَالُوا لَوْلَا فُصِّلَتْ آيَاتُهُ أَأَعْجَمِيٌّ وَعَرَبِيٌّ قُلْ هُوَ لِلَّذِينَ آمَنُوا هُدًى وَشِفَاء وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ فِي آذَانِهِمْ وَقْرٌ وَهُوَ عَلَيْهِمْ عَمًى أُوْلَئِكَ يُنَادَوْنَ مِن مَّكَانٍ بَعِيدٍ
45 Аят
Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош[15] хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара  хьукам дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِّنْهُ مُرِيبٍ
46 Аят
Дика Iамал йинарг  /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг  /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ وَمَنْ أَسَاء فَعَلَيْهَا وَمَا رَبُّكَ بِظَلَّامٍ لِّلْعَبِيدِ ( الجزء الخامس والعشرون )
47 Аят
Цунна тIе духадерзо сахьтан Iилма[16]. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стечун кийра бер а ца лета‚ цо бер ца до, Цунна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: "Мичахь бу Сан накъостий[17]?" Цара эр ду: "Хьоьга хаийтина оха: вац тхох цхьа а теш". إِلَيْهِ يُرَدُّ عِلْمُ السَّاعَةِ وَمَا تَخْرُجُ مِن ثَمَرَاتٍ مِّنْ أَكْمَامِهَا وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنثَى وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ أَيْنَ شُرَكَائِي قَالُوا آذَنَّاكَ مَا مِنَّا مِن شَهِيدٍ
48 Аят
ДIабирзира царах уьш хьалха шайга кхойкхуш[18] хилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла. وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَدْعُونَ مِن قَبْلُ وَظَنُّوا مَا لَهُم مِّن مَّحِيصٍ
49 Аят
КIор ца до адамна диканаш дехар. Нагахь санна шех вониг кхетахь, /Делан къинхетамах/ дог дуьллу цо. لَا يَسْأَمُ الْإِنسَانُ مِن دُعَاء الْخَيْرِ وَإِن مَّسَّهُ الشَّرُّ فَيَؤُوسٌ قَنُوطٌ
50 Аят
Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Iовшийтахь, цунах зен кхеттачул тIаьхьа‚ цо эр ма ду: "ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт д1ахIуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучунна тIе юхаверзавахь, суна Цуьнгахь вуно диканиг хир ду". Оха дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшуьйтур ма ду цаьрга луьрачу Iазапах /1азап/. وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ رَحْمَةً مِّنَّا مِن بَعْدِ ضَرَّاء مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ هَذَا لِي وَمَا أَظُنُّ السَّاعَةَ قَائِمَةً وَلَئِن رُّجِعْتُ إِلَى رَبِّي إِنَّ لِي عِندَهُ لَلْحُسْنَى فَلَنُنَبِّئَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِمَا عَمِلُوا وَلَنُذِيقَنَّهُم مِّنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ
51 Аят
Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьаьвзий. Вониг шех кхетахь,  дехха доIанаш деш хуьлу. وَإِذَا أَنْعَمْنَا عَلَى الْإِنسَانِ أَعْرَضَ وَنَأى بِجَانِبِهِ وَإِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ فَذُو دُعَاء عَرِيضٍ
52 Аят
Ахь āла: "Гой шуна‚ иза /Къуръан/ Делера хилча, /и хьакъ – бакъ ду/, тIаккха аш цунна керстаналла дича, мила ву ткъа ша /цуьнца/ генарчу мостаг1аллехь волчул вуно тилавелларг?" قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن كَانَ مِنْ عِندِ اللَّهِ ثُمَّ كَفَرْتُم بِهِ مَنْ أَضَلُّ مِمَّنْ هُوَ فِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ
53 Аят
ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигалийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-Кхобучуьнца Иза массо а хIуманна тIехь теш хилар? سَنُرِيهِمْ آيَاتِنَا فِي الْآفَاقِ وَفِي أَنفُسِهِمْ حَتَّى يَتَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُ الْحَقُّ أَوَلَمْ يَكْفِ بِرَبِّكَ أَنَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
54 Аят
Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьаьнакхетарх шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо а хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/? أَلَا إِنَّهُمْ فِي مِرْيَةٍ مِّن لِّقَاء رَبِّهِمْ أَلَا إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُّحِيطٌ
[1]Далла дика хаьа цунах Шена луург.
[2]Къуръан – Iарбийн маттахь: قرءان дешар. Цхьаболчу 1еламнахана хетарехь, кхузахь «1арбийн» бохург «1арбийн къоман маттахь дешар» бохург дац, ткъа «массарна а билгала, кхетаме дешар» бохучун маь1нехь ду. Цу орамах лаьттачу 1арбийн дешан (أعرب ) кхин маь1на ду: «билгала алар, кхетош алар». Къуръан деккъа 1арбашка доссийна доцуш, массо а къаьмнашка доссийна ду, цундела массарна а кхета атта долуш дешар дина Дала цунах, пайхамар 1арби волу дела 1арбийн маттахь хиллехь а.
[3]Ца тешаш бу.
[4]Стоьмаш а‚ ялта а схьадалийтарца.
[5]Нахана а‚ са мел долчу хIуманна а.
[6]Седарчашца а‚ малх-баттаца а.
[7]Цатешнарш Ша жоьжахате бухкур бу‚ аьлла долу Делан дош.
[8]Уьш хилира шайна зен динарш.
[9]Къурайшин керстанаша олуш хилла вовшашка: "Мухьаммада Къуръан доьшуш нуьцкъала г1овг1анаш е, ла ма дог1а цуьнга, цхьанна а ма хазийта, иштта шу толархьама Мухьаммадан дина т1ехь". Ибн-1аббаса дийцира, Абу- Джах1ала аьлла бохуш: "Мухьаммада Къуръан доьшуш, цуьнан юьхьа т1е маьхьарий детта цунна ца хаийта ша олург".
[10]Иблис а‚ Адаман кIант Къабил а‚ шаьш вочун масал гайтина болу.
[11]Бусалбанех.
[12]Хьайга дуьйцург а‚ къуьйсург а.
[13]Вониг дикачуьнца духатохарна тIехь оьгIазло даг чу кхуссуш.
[14]Лаьттах хIуманаш схьайовлу.
[15]Цатешарш жоьжахатина чу бухкур бу‚ аьлла долу Делан дош.
[16]Къематде даран хаам.
[17]Аш дуьненахь Сох тарбина‚ шайна лаьцна хилла болу?
[18]Дуьненахь цара шайна Iибадат динарш.