42. Сурат АШ-ШУРА

Кхеташо
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 53 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьа-мūм 1 . حم
2 Аят
Iайн-сūн-къāф 2 . عسق
3 Аят
Иштта ваьхьий доуьйту хьоьга а‚ хьол хьалха хиллачаьрга а Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Дала. كَذَلِكَ يُوحِي إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِن قَبْلِكَ اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
4 Аят
Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ веза- воккха верг а. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ
5 Аят
Герга ду стигланаш атадала шайна тIехула 3 /Делан сийлаллица/. Маликаша тасбихь до шайн Кхиош-Кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь волчунна 4 . Сема довла / хIай нах/! Баккъалла а, Дела – Иза ма ву Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. تَكَادُ السَّمَاوَاتُ يَتَفَطَّرْنَ مِن فَوْقِهِنَّ وَالْمَلَائِكَةُ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِمَن فِي الْأَرْضِ أَلَا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
6 Аят
И воцург /шайна/ доладийраш 5 лаьцнарш – Дела ву царна тIехь лардархо 6 ‚ хьо вац царна т1ехь векал 7 . وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مِن دُونِهِ أَولِيَاء اللَّهُ حَفِيظٌ عَلَيْهِمْ وَمَا أَنتَ عَلَيْهِم بِوَكِيلٍ
7 Аят
Иштта ваьхьица даийтира Оха хьоьга Iарбийн Дешар 8 хьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а 9 ‚ цунна гонахь болчарна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца 10 ‚ шена чохь шеко йоцчу – цхьа тоба (бусалбанаш) ялсаманехь хир ю‚ важа тоба (керстанаш) жоьжахатахь хир ю. وَكَذَلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لِّتُنذِرَ أُمَّ الْقُرَى وَمَنْ حَوْلَهَا وَتُنذِرَ يَوْمَ الْجَمْعِ لَا رَيْبَ فِيهِ فَرِيقٌ فِي الْجَنَّةِ وَفَرِيقٌ فِي السَّعِيرِ
8 Аят
Далла лиънехьара, Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царах‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохуьйту Шена луург‚ ткъа зуламхой 11 – ма вац царна доладийриг‚ ма вац /царна/ гIоьнча 12 . وَلَوْ شَاء اللَّهُ لَجَعَلَهُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَكِن يُدْخِلُ مَن يَشَاء فِي رَحْمَتِهِ وَالظَّالِمُونَ مَا لَهُم مِّن وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
9 Аят
Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела – Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг. أَمِ اتَّخَذُوا مِن دُونِهِ أَوْلِيَاء فَاللَّهُ هُوَ الْوَلِيُّ وَهُوَ يُحْيِي المَوْتَى وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
10 Аят
Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь – цуьнан хьукам Далла тIе ду. /Аш āла:/ "Иза АллахI-Дела ву‚ сан Кхиош-Кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавоьрзу со /сан массо а гIуллакхашкахь/". وَمَا اخْتَلَفْتُمْ فِيهِ مِن شَيْءٍ فَحُكْمُهُ إِلَى اللَّهِ ذَلِكُمُ اللَّهُ رَبِّي عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ
11 Аят
Стигалш‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а – тайп-тайпа 13 . Цо шу алсамдоху цуьнца (зударий балабеш дебарца). Яц Цунах (Делах) тера хIума а. Иза хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву. فَاطِرُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ جَعَلَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَمِنَ الْأَنْعَامِ أَزْوَاجًا يَذْرَؤُكُمْ فِيهِ لَيْسَ كَمِثْلِهِ شَيْءٌ وَهُوَ السَّمِيعُ البَصِيرُ
12 Аят
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна – уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо а хIума хууш верг ву. لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاء وَيَقْدِرُ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
13 Аят
Цо шуна шарI (бакъо) хилийтина динах Ша шеца весет дина хилларг Нухьана а, хьоьга ваьхьица даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iийсана а‚ "дин хIоттаде, – аьлла‚ – декъа ма ло цу чохь (динехь)". Доккха /хала/ хили мушрикашна ахь шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цунна (Дела цхьаъварна) тIе хоржу Шена луург‚ Цо цунна (Дела цхьаъварна) тIе нисво ша /цунна тIе/ воьрзург. شَرَعَ لَكُم مِّنَ الدِّينِ مَا وَصَّى بِهِ نُوحًا وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَمَا وَصَّيْنَا بِهِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَى وَعِيسَى أَنْ أَقِيمُوا الدِّينَ وَلَا تَتَفَرَّقُوا فِيهِ كَبُرَ عَلَى الْمُشْرِكِينَ مَا تَدْعُوهُمْ إِلَيْهِ اللَّهُ يَجْتَبِي إِلَيْهِ مَن يَشَاء وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَن يُنِيبُ
14 Аят
Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшийн юккъехь хьагI хилар бахьанехь. Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара "тоьхна хан тIе кхаччалц" 14 аьлла долу, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царал тIаьхьа шайга ирсана жайна делларш 15 цунах (Мухьаммад-элча хиларх) шеконан шеконехь ма бу. وَمَا تَفَرَّقُوا إِلَّا مِن بَعْدِ مَا جَاءهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى لَّقُضِيَ بَيْنَهُمْ وَإِنَّ الَّذِينَ أُورِثُوا الْكِتَابَ مِن بَعْدِهِمْ لَفِي شَكٍّ مِّنْهُ مُرِيبٍ
15 Аят
Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанисло 16 хьайга омра ма-дди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахь āла: "Ас ийман дилли Дала доссийначу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-Кхобург а‚ шун Кхиош-Кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна – шун Iамалш ю. Цхьа а къовсам 17 бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тIе ду дIадерзар". فَلِذَلِكَ فَادْعُ وَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءهُمْ وَقُلْ آمَنتُ بِمَا أَنزَلَ اللَّهُ مِن كِتَابٍ وَأُمِرْتُ لِأَعْدِلَ بَيْنَكُمُ اللَّهُ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ لَا حُجَّةَ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ اللَّهُ يَجْمَعُ بَيْنَنَا وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
16 Аят
И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цунна жоп деллачул 18 тIаьхьа церан делилаш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду. وَالَّذِينَ يُحَاجُّونَ فِي اللَّهِ مِن بَعْدِ مَا اسْتُجِيبَ لَهُ حُجَّتُهُمْ دَاحِضَةٌ عِندَ رَبِّهِمْ وَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ
17 Аят
Дела ву Ша доссийнарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту? Сахьт 19 герга хила тарло. اللَّهُ الَّذِي أَنزَلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ وَالْمِيزَانَ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ قَرِيبٌ
18 Аят
Цуьнца (къематденца) сихлуш бу шаьш цунах ца тешаш берш. Ийман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Самадовла! Баккъалла а, цу сахьтах (къематдийнах) шеко ерш генарчу тиларчохь ма бу. يَسْتَعْجِلُ بِهَا الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِهَا وَالَّذِينَ آمَنُوا مُشْفِقُونَ مِنْهَا وَيَعْلَمُونَ أَنَّهَا الْحَقُّ أَلَا إِنَّ الَّذِينَ يُمَارُونَ فِي السَّاعَةِ لَفِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ
19 Аят
Дела Шен лех дукха къинхетаме 20 ма ву, рицкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву. اللَّهُ لَطِيفٌ بِعِبَادِهِ يَرْزُقُ مَن يَشَاء وَهُوَ الْقَوِيُّ العَزِيزُ
20 Аят
Милла хиллехь эхартан ял езаш, – Оха соввоккхур ву иза шена ял яларехь. Милла хиллехь а дуьненан ял езаш, – лур ю Оха цунна оцунах‚ эхартахь цхьа а дāкъа дац цунна. مَن كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الْآخِرَةِ نَزِدْ لَهُ فِي حَرْثِهِ وَمَن كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الدُّنْيَا نُؤتِهِ مِنْهَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِن نَّصِيبٍ
21 Аят
Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийнарг динехь шарI деш? Къасторан дош 21 ца хиллехьара, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой – царна лазош долу Iазап ду. أَمْ لَهُمْ شُرَكَاء شَرَعُوا لَهُم مِّنَ الدِّينِ مَا لَمْ يَأْذَن بِهِ اللَّهُ وَلَوْلَا كَلِمَةُ الْفَصْلِ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
22 Аят
Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух, цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх! تَرَى الظَّالِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا كَسَبُوا وَهُوَ وَاقِعٌ بِهِمْ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي رَوْضَاتِ الْجَنَّاتِ لَهُم مَّا يَشَاؤُونَ عِندَ رَبِّهِمْ ذَلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الكَبِيرُ
23 Аят
Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла: "Ас ца боьху шуьга цунах цхьа а мах /вайн/ гергарлонашкахь 22 безам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна – Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ /диканиг диначунна/ баркалле а ву. ذَلِكَ الَّذِي يُبَشِّرُ اللَّهُ عِبَادَهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ قُل لَّا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِلَّا الْمَوَدَّةَ فِي الْقُرْبَى وَمَن يَقْتَرِفْ حَسَنَةً نَّزِدْ لَهُ فِيهَا حُسْنًا إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ شَكُورٌ
24 Аят
Я цара олу: "Цо (Мухьаммад- пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо 23 . Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَى عَلَى اللَّهِ كَذِبًا فَإِن يَشَأِ اللَّهُ يَخْتِمْ عَلَى قَلْبِكَ وَيَمْحُ اللَّهُ الْبَاطِلَ وَيُحِقُّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
25 Аят
Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг. وَهُوَ الَّذِي يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَعْفُو عَنِ السَّيِّئَاتِ وَيَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
26 Аят
Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Iамал йиначарна а (церан доIанна)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллехь. Ткъа керстанаш – царна чIогIа Iазап ду. وَيَسْتَجِيبُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَيَزِيدُهُم مِّن فَضْلِهِ وَالْكَافِرُونَ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ
27 Аят
Дала шортта даржийнехьара рицкъ Шен лешна‚ тIехбевр ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а Цо доссадо /рицкъ/ Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен леш сов дика бевзаш а‚ гуш а ма ву. وَلَوْ بَسَطَ اللَّهُ الرِّزْقَ لِعِبَادِهِ لَبَغَوْا فِي الْأَرْضِ وَلَكِن يُنَزِّلُ بِقَدَرٍ مَّا يَشَاء إِنَّهُ بِعِبَادِهِ خَبِيرٌ بَصِيرٌ
28 Аят
Иза ву цара дог диллинчул тIаьхьа догIа доуьйтуш верг‚ Цо баржабо Шен къинхетам 24 . Иза ву хастаме волу доладийриг. وَهُوَ الَّذِي يُنَزِّلُ الْغَيْثَ مِن بَعْدِ مَا قَنَطُوا وَيَنشُرُ رَحْمَتَهُ وَهُوَ الْوَلِيُّ الْحَمِيدُ
29 Аят
Цуьнан Iаламатех ду стигалш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржийна долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь, Шена ма-лиъинехь, ницкъ болуш а ву. وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَثَّ فِيهِمَا مِن دَابَّةٍ وَهُوَ عَلَى جَمْعِهِمْ إِذَا يَشَاء قَدِيرٌ
30 Аят
Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам – шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхахдодчунна гечдо Цо 25 . وَمَا أَصَابَكُم مِّن مُّصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَن كَثِيرٍ
31 Аят
Шу ма дац лаьттахь д1адовдалур долуш /Делан кхиэлах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а. وَمَا أَنتُم بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ اللَّهِ مِن وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
32 Аят
Цуьнан Iаламатех ю хIорда чохь лелаш ерш 26 ‚ лаьмнех тера. وَمِنْ آيَاتِهِ الْجَوَارِ فِي الْبَحْرِ كَالْأَعْلَامِ
33 Аят
Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш (кеманаш) дуьсу чIагIделла цуьнан букъа тIехь 27 . Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду массо а собардолчунна а‚ баркалла олучунна а. إِن يَشَأْ يُسْكِنِ الرِّيحَ فَيَظْلَلْنَ رَوَاكِدَ عَلَى ظَهْرِهِ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لِّكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ
34 Аят
Я хIаллакдийр дара Цо уьш 28 царна 29 карадинарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхахдолчунна. أَوْ يُوبِقْهُنَّ بِمَا كَسَبُوا وَيَعْفُ عَن كَثِيرٍ
35 Аят
Тхан аяташкахь къуьйсучарна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла. وَيَعْلَمَ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِنَا مَا لَهُم مِّن مَّحِيصٍ
36 Аят
Цхьацца хIуманах шуна елларг – дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тIетевжинчарна а. فَمَا أُوتِيتُم مِّن شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَى لِلَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَى رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
37 Аят
/И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хIуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгIазбахча, гечдеш болчарна а. وَالَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ وَإِذَا مَا غَضِبُوا هُمْ يَغْفِرُونَ
38 Аят
/Иза ду/ шайн Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хIотточарна а‚ шайн гIуллакх вовший юкъахь кхеташо 30 йолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш ечарна а. وَالَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَمْرُهُمْ شُورَى بَيْنَهُمْ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
39 Аят
Шайх цхьа хьагI 31 кхиъча, вовшашна гIо деш болчарна а. وَالَّذِينَ إِذَا أَصَابَهُمُ الْبَغْيُ هُمْ يَنتَصِرُونَ
40 Аят
Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат 32 динарг - цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой. وَجَزَاء سَيِّئَةٍ سَيِّئَةٌ مِّثْلُهَا فَمَنْ عَفَا وَأَصْلَحَ فَأَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ
41 Аят
ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа – цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна). وَلَمَنِ انتَصَرَ بَعْدَ ظُلْمِهِ فَأُوْلَئِكَ مَا عَلَيْهِم مِّن سَبِيلٍ
42 Аят
Некъ боьхкур бу (таIзар дийр ду) нахана зулам деш болчарна а‚ лаьттахь бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/ курабовлучарна а. Царна лазош долу Iазап ду. إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَظْلِمُونَ النَّاسَ وَيَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ أُوْلَئِكَ لَهُم عَذَابٌ أَلِيمٌ
43 Аят
Собар динарг а‚ гечдийнарг а – баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду. وَلَمَن صَبَرَ وَغَفَرَ إِنَّ ذَلِكَ لَمِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ
44 Аят
Дала тилавала витинарг ма вац цунна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур, зуламхой шайна Iазап гинчул тIаьхьа олуш: "Духадерзан цхьа а некъ буй те?" 33 وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن وَلِيٍّ مِّن بَعْدِهِ وَتَرَى الظَّالِمِينَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ يَقُولُونَ هَلْ إِلَى مَرَدٍّ مِّن سَبِيلٍ
45 Аят
Хьуна гур бу уьш цунна (жоьжахатина) хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабелла‚ къайлаха хоьжуш. Ийман диллинчара эр ду: "Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. Самадовла! Ткъа, баккъалла а, зуламхой /хир/ бац гуттаренан Iазапа чохь?" وَتَرَاهُمْ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا خَاشِعِينَ مِنَ الذُّلِّ يَنظُرُونَ مِن طَرْفٍ خَفِيٍّ وَقَالَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَلَا إِنَّ الظَّالِمِينَ فِي عَذَابٍ مُّقِيمٍ
46 Аят
Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш, Делан /1азапна/ дуьхьал. Дала тилавала вуьтург, милла велахь а, – ма бац цунна цхьа а некъ /кIелхьарвала/. وَمَا كَانَ لَهُم مِّنْ أَوْلِيَاء يَنصُرُونَهُم مِّن دُونِ اللَّهِ وَمَن يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن سَبِيلٍ
47 Аят
Жоп ло шайн Кхиош-Кхобучунна (Цунна Iибадат дарца), шайн Делера духтохалур доцу де 34 дāле. Яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр ерг. اسْتَجِيبُوا لِرَبِّكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ يَوْمٌ لَّا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ مَا لَكُم مِّن مَّلْجَأٍ يَوْمَئِذٍ وَمَا لَكُم مِّن نَّكِيرٍ
48 Аят
Уьш дIаберзахь, – Оха ца вахийтина хьо царна тIе хехо (лардархо) хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адаме Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ даккхийдоь иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг, цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу, тIаккха адам, керста хуьлий, дIахIутту. فَإِنْ أَعْرَضُوا فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا إِنْ عَلَيْكَ إِلَّا الْبَلَاغُ وَإِنَّا إِذَا أَذَقْنَا الْإِنسَانَ مِنَّا رَحْمَةً فَرِحَ بِهَا وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَإِنَّ الْإِنسَانَ كَفُورٌ
49 Аят
Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш. لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يَخْلُقُ مَا يَشَاء يَهَبُ لِمَنْ يَشَاء إِنَاثًا وَيَهَبُ لِمَن يَشَاء الذُّكُورَ
50 Аят
Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту 35 . Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву. أَوْ يُزَوِّجُهُمْ ذُكْرَانًا وَإِنَاثًا وَيَجْعَلُ مَن يَشَاء عَقِيمًا إِنَّهُ عَلِيمٌ قَدِيرٌ
51 Аят
Ца хили адамна Дела шега вистхилар ваьхьица бен‚ я кирхьанна дехьахула‚ я элча 36 ваийтарца бен – цо ваьхьица луш Шен пурбанца Шена луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَمَا كَانَ لِبَشَرٍ أَن يُكَلِّمَهُ اللَّهُ إِلَّا وَحْيًا أَوْ مِن وَرَاء حِجَابٍ أَوْ يُرْسِلَ رَسُولًا فَيُوحِيَ بِإِذْنِهِ مَا يَشَاء إِنَّهُ عَلِيٌّ حَكِيمٌ
52 Аят
Иштта хьоьга а ваьхьица даийтина Оха са 37 Тхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ ийман хIун ду а‚ делахь а Оха нур хилийта цунах (Къуръанах), шеца нисвеш Тхайна луург Тхайн лех‚ баккъалла а, ахь нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚ وَكَذَلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ رُوحًا مِّنْ أَمْرِنَا مَا كُنتَ تَدْرِي مَا الْكِتَابُ وَلَا الْإِيمَانُ وَلَكِن جَعَلْنَاهُ نُورًا نَّهْدِي بِهِ مَنْ نَّشَاء مِنْ عِبَادِنَا وَإِنَّكَ لَتَهْدِي إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
53 Аят
Делан новкъа‚ стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Ткъа Далла тIе ца доьлху гIуллакхаш? /ХIаъ! Доьлху!/ صِرَاطِ اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ أَلَا إِلَى اللَّهِ تَصِيرُ الْأُمُورُ
1 Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
2 Далла хаьа цуьнца Шена луург.
3 Стигалш вовший тIехула герга ду дада Делан сийлаллах а, мушрикийн ирчачу дашах а (Делан доьзалхо ву бохучу).
4 Муъма нахана.
5 Доладийраш – иштта гочдина кхузахь 1аьрбийн дош أولياء Авлияъ (цхьаъ – ولي вали ). Аято гойту Делаца накъостий луьйцурш, х1ума кхолларехь а, 1аламашна т1ехь урхалла дарехь а Далла г1оьнчий х1иттош берш, шайн моттарехь, церан Делан санна, ницкъ болуш, доккхачу тиларчахь хилар. И моттадалар аьттехьа а бакъ а дац, уггар даккхичарех, Дала гечдеш доцу къа а ду: Делаца нислуш дац са долу а, са доцу а цхьа а х1ума.
6 Церан 1амалш, церан г1уллакх тергал деш ву Дела, царна бан хьакъ болу бекхам бийр болуш ву.
7 Дала боху пайхамаре: хьуна т1едиллина дац оцу керстанашка нуьцкъах дика 1амал яйтар, цаьрга нуьцкъах ийман диллийтар – хьуна т1ехь ду х1ара Шен ваьхьий цаьрга д1акхачор а, царна кхерам тасар а.
8 Къуръан, Iарбийн маттахь доьшуш долу. قرءان Къуръан дешар бохург ду. Кхин оцунах лаьцнарг хьалха деана.
9 Макка. Иштта яртийн нана (1арбащха: ام القري Умм аль-къура) - аьлла цунах цигахь долу Ка1ба лаьтта т1ехь нахана 1ибадат дан уггар хьалха дина ц1а ларалуш долу дела.
10 Гулдаран де – къематде‚ Дала халкъ Шена хьалха гулдийр долу.
11 Керстанаш.
12 Делан Iазап шайна тIера духатоха.
13 Боьрша а‚ стен а.
14 Буьтур бу уьш дуьненахь таIзар ца деш, аьлла долу.
15 Жуьгтий а‚ насараш а.
16 Иза Дела цхьаъваран новкъа тIехь.
17 Х1унда аьлча бакъдерг гучудаьлла, къегинчу дийнахь малх санна. Ишттачохь къийса ца оьшу.
18 Наха ислам дин тIелаьцначул тIаьхьа.
19 Къематде.
20 Дика къинхетаме – иштта гочдийна кхузахь 1арбийн дош لطيف . Цуьнан маь1наш ду: дикаверг, дог к1еда верг, къинхетаме верг, дика кхеташ верг…
21 Эхартана тIаьхьатоттур бу Ша нах‚ аьлла долу Делан дош.
22 Дала боху пайхамаре, оцу нахе āла, х1ара диканиг хьоьхуш, айхьа цаьргара мах ца боьху, деккъа шайна юккъехь йолчу гергарлонан дуьхьа цара хьо х1ара г1уллакх кхочушдан витар бен.
23 Цара ма-бохху, харцдерг дуьйцуш хьо велахьара, Дала хьан даг чу дуьллур ма дацара х1ара Къуръан, даг чохь дуьсуьйтур а ма дацара.
24 Дала ло Шен лешна диканаш а, беркат а.
25 Шуна синошкахь я бахамехь хуьлуш болу баланаш, х1ай нах, шун къинош бахьанехь ду. Аль- Джалала аьлла: «Куьйгаш хьахийна дукха долу х1уманаш цаьрца деш долу дела». Дукхахдолчу къиношна Дала гечдо, цаьрца та1зар ца до дуьненахь. Массо а аш деш долу къа бахьанехь шуна та1зар деш делахьара дуьненахь, шу х1аллакхир дара. Делан къинхетамах ду цо шуна гуттар къинах юхадовла а, тоба дан а меттиг юьтуш хилар. Хьадисехь ду: «Āдаман берана (аьлча а, муьлхха адамна) дечиган сархат г1ур дац, я цуьнан ког шершар бац, я пха тохалур бац ша дина къа бахьанехь бен. Дала гечдеш дерг вуно дукха ду.» ( Аль-Бахьр аль-Мухьит1,7/518). Ибн-Касира хьахийна и хьадис, Ибн Аби Хьатима Хьасангара дийцина аьлла.
26 Кеманаш.
27 Хина тIехь.
28 Кеманаш – хи бухадахийтина.
29 Керстанаша‚ къиношдечара‚ оцу кеманна тIехь хилла болу.
30 Вовшашца дагадовлар – цигара эцна оцу суратан цIе (شورى "Шура" бохург ду иза Iарбашха). Аято гойту вайна бусалбанаш шаьш дечу г1уллакхехь вовшашца дагабовлар Далла дезачух хилар.
31 Бала.2 Нохчийн грамматикехь Масла1ат аьлла яздеш делахь а, суна иштта яздар нийса хета, х1унда аьлча и 1арбийн дош مصلحة шен орамехь ح ХЬ озаца дог1уш ду اصلح Аслахьа, "тодар" бохучух схьадаьлла долу.Кхузахь Дала боху: шена зулам динчунна къинт1ера а ваьлла, цуьнца маслахьат дича, цунна мела Ша лур бу.
33 Дуьненчу юхадерзор дацара те, т1аккха дика Iамалш йийр яра вай.
34 Духатохалур доцу де – къематде‚ цхьанна а ша духатоха ницкъ боцу.
35 Бер ца хуьлуш.
36 Дукха хьолахь Джабраил-малик.
37 Са – иштта Къуръанах са аьлла Дала кхузахь‚ цо нехан дегнаш дендо дела.