43. Сурат АЗ-ЗУХРУФ

Хазаллаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 89 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьа-мūм 1 . حم
2 Аят
Билгалчу жайнах /дуй боу Аса/. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ
3 Аят
Оха хилийтина цунах Iарбийн /маттахь/ Къуръан 2 шу /цуьнан хьукамех/ кхетийта. إِنَّا جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَّعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
4 Аят
Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнин нанна 3 чохь ду Тхуна гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/. وَإِنَّهُ فِي أُمِّ الْكِتَابِ لَدَيْنَا لَعَلِيٌّ حَكِيمٌ
5 Аят
Ткъа Оха шух ца кхоьтуьйтуш буьтур бу хьехам 4 , шу тIаламза къам хили аьлла? أَفَنَضْرِبُ عَنكُمُ الذِّكْرَ صَفْحًا أَن كُنتُمْ قَوْمًا مُّسْرِفِينَ
6 Аят
Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь 5 ! وَكَمْ أَرْسَلْنَا مِن نَّبِيٍّ فِي الْأَوَّلِينَ
7 Аят
Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга, цара иза сийсазвоккхуш бен. وَمَا يَأْتِيهِم مِّن نَّبِيٍّ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
8 Аят
Оха хIаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чIогIа берш – дIадахана хьалхалерачеран масал. فَأَهْلَكْنَا أَشَدَّ مِنْهُم بَطْشًا وَمَضَى مَثَلُ الْأَوَّلِينَ
9 Аят
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигалш а‚ латта а аьлла, цара эр ма ду хьоьга: "Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!" وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ خَلَقَهُنَّ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ
10 Аят
Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш – шу нийсачу новкъахь хир дацара те. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَجَعَلَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا لَّعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
11 Аят
Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доуьйтуш стигалара хи барамехь – Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/. وَالَّذِي نَزَّلَ مِنَ السَّمَاء مَاء بِقَدَرٍ فَأَنشَرْنَا بِهِ بَلْدَةً مَّيْتًا كَذَلِكَ تُخْرَجُونَ
12 Аят
Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хIума шиш-шишша 6 кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховша хIуманаш وَالَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا وَجَعَلَ لَكُم مِّنَ الْفُلْكِ وَالْأَنْعَامِ مَا تَرْكَبُونَ
13 Аят
Шу дIанисдалийтина церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аш хьехадан шайн Кхиош-Кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аш āла: "Вонах цIена ву И, Ша тхуна хIара муьтIахь йина‚ тхан цу тIехь ницкъ кхочур ма бацара. لِتَسْتَوُوا عَلَى ظُهُورِهِ ثُمَّ تَذْكُرُوا نِعْمَةَ رَبِّكُمْ إِذَا اسْتَوَيْتُمْ عَلَيْهِ وَتَقُولُوا سُبْحانَ الَّذِي سَخَّرَ لَنَا هَذَا وَمَا كُنَّا لَهُ مُقْرِنِينَ
14 Аят
Баккъалла а, тхо тхайн Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) ". وَإِنَّا إِلَى رَبِّنَا لَمُنقَلِبُونَ
15 Аят
Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа 7 . Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх. وَجَعَلُوا لَهُ مِنْ عِبَادِهِ جُزْءًا إِنَّ الْإِنسَانَ لَكَفُورٌ مُّبِينٌ
16 Аят
Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца? أَمِ اتَّخَذَ مِمَّا يَخْلُقُ بَنَاتٍ وَأَصْفَاكُم بِالْبَنِينَ
17 Аят
Царах цхьанна кхаъ баьккхича, шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца 8 – Iаржлой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/. وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُم بِمَا ضَرَبَ لِلرَّحْمَنِ مَثَلًا ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ
18 Аят
Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)? أَوَمَن يُنَشَّأُ فِي الْحِلْيَةِ وَهُوَ فِي الْخِصَامِ غَيْرُ مُبِينٍ
19 Аят
Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу. وَجَعَلُوا الْمَلَائِكَةَ الَّذِينَ هُمْ عِبَادُ الرَّحْمَنِ إِنَاثًا أَشَهِدُوا خَلْقَهُمْ سَتُكْتَبُ شَهَادَتُهُمْ وَيُسْأَلُونَ
20 Аят
Цара элира: "Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен. وَقَالُوا لَوْ شَاء الرَّحْمَنُ مَا عَبَدْنَاهُم مَّا لَهُم بِذَلِكَ مِنْ عِلْمٍ إِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ
21 Аят
Я Оха жайна делла те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, т1аккха уьш цуьнца чIагIбелларш а хуьлуш? أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا مِّن قَبْلِهِ فَهُم بِهِ مُسْتَمْسِكُونَ
22 Аят
ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорах (тачанах) дIанислуш ду". بَلْ قَالُوا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءنَا عَلَى أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَى آثَارِهِم مُّهْتَدُونَ
23 Аят
Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорана (тачана) тIаьхьадозуш ду". وَكَذَلِكَ مَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ فِي قَرْيَةٍ مِّن نَّذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءنَا عَلَى أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَى آثَارِهِم مُّقْتَدُونَ
24 Аят
Цо (Мухьаммад-пайхамара) элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тIаккха а харцво аш со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх". قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكُم بِأَهْدَى مِمَّا وَجَدتُّمْ عَلَيْهِ آبَاءكُمْ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُم بِهِ كَافِرُونَ
25 Аят
Оха чIир ийцира цаьргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тIаьхье! فَانتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
26 Аят
Дагадаийта! ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "Баккъалла а, со цIена ву аш шена Iибадат дечух. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ إِنَّنِي بَرَاء مِّمَّا تَعْبُدُونَ
27 Аят
Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву". إِلَّا الَّذِي فَطَرَنِي فَإِنَّهُ سَيَهْدِينِ
28 Аят
Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош – уьш юхаберза там бара-кх 9 . وَجَعَلَهَا كَلِمَةً بَاقِيَةً فِي عَقِبِهِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
29 Аят
ХIаъ‚ Ас бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валлалц. بَلْ مَتَّعْتُ هَؤُلَاء وَآبَاءهُمْ حَتَّى جَاءهُمُ الْحَقُّ وَرَسُولٌ مُّبِينٌ
30 Аят
Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду". وَلَمَّا جَاءهُمُ الْحَقُّ قَالُوا هَذَا سِحْرٌ وَإِنَّا بِهِ كَافِرُونَ
31 Аят
Цара элира: "ХIара Къуръан доссийнехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге" 10 . وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ هَذَا الْقُرْآنُ عَلَى رَجُلٍ مِّنَ الْقَرْيَتَيْنِ عَظِيمٍ
32 Аят
Ткъа уьш бу хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам боькъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовшашна тIехь даржашца лакхабаьхна‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхаьрга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам дика бу цара гулдеш долчул. أَهُمْ يَقْسِمُونَ رَحْمَةَ رَبِّكَ نَحْنُ قَسَمْنَا بَيْنَهُم مَّعِيشَتَهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَرَفَعْنَا بَعْضَهُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَتَّخِذَ بَعْضُهُم بَعْضًا سُخْرِيًّا وَرَحْمَتُ رَبِّكَ خَيْرٌ مِّمَّا يَجْمَعُونَ
33 Аят
Нах /берриге а/ цхьа уммат 11 ца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цIеношна дато 12 тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу. وَلَوْلَا أَن يَكُونَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً لَجَعَلْنَا لِمَن يَكْفُرُ بِالرَّحْمَنِ لِبُيُوتِهِمْ سُقُفًا مِّن فَضَّةٍ وَمَعَارِجَ عَلَيْهَا يَظْهَرُونَ
34 Аят
Церан цIеношна неIарш а‚ уьш шайна тIетовжуш болу маьнганаш а /дато хуьлуьйтура бара Оха/, وَلِبُيُوتِهِمْ أَبْوَابًا وَسُرُرًا عَلَيْهَا يَتَّكِؤُونَ
35 Аят
/Кхин/ хазаллаш 13 а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а – дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду. وَزُخْرُفًا وَإِن كُلُّ ذَلِكَ لَمَّا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةُ عِندَ رَبِّكَ لِلْمُتَّقِينَ
36 Аят
Сов къинхетаме верг (Аллах1-Дела) хьехьорах гIопал хилларг – Оха тIекхуссу цунна шайтIа, и цунна ца къаьсташ накъост а хуьлуш. وَمَن يَعْشُ عَن ذِكْرِ الرَّحْمَنِ نُقَيِّضْ لَهُ شَيْطَانًا فَهُوَ لَهُ قَرِينٌ
37 Аят
Баккъалла а, цара (шайтIанаша) дIатилабо уьш (шайн накъостий – адамаш Делан нийсачу) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду. وَإِنَّهُمْ لَيَصُدُّونَهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُم مُّهْتَدُونَ
38 Аят
Ша 14 тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр ду: "Дакъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтIанах/". حَتَّى إِذَا جَاءنَا قَالَ يَا لَيْتَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ بُعْدَ الْمَشْرِقَيْنِ فَبِئْسَ الْقَرِينُ
39 Аят
Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьаьна /дакъалоцуш/ хир ду 15 . وَلَن يَنفَعَكُمُ الْيَوْمَ إِذ ظَّلَمْتُمْ أَنَّكُمْ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ
40 Аят
Ткъа ахь хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа воккху бIаьрсадоцург а‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг а? أَفَأَنتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ أَوْ تَهْدِي الْعُمْيَ وَمَن كَانَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
41 Аят
Оха хьо дIакхалхийчи а – баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю 16 . فَإِمَّا نَذْهَبَنَّ بِكَ فَإِنَّا مِنْهُم مُّنتَقِمُونَ
42 Аят
Я Оха хьуна гойтур ма ду Оха царна ваIда динарг – баккъала а Тхо царна тIехь ницкъ кхочуш ма ду. أَوْ نُرِيَنَّكَ الَّذِي وَعَدْنَاهُمْ فَإِنَّا عَلَيْهِم مُّقْتَدِرُونَ
43 Аят
Ахь схьалаца хьайга ваьхьица делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву. فَاسْتَمْسِكْ بِالَّذِي أُوحِيَ إِلَيْكَ إِنَّكَ عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
44 Аят
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуьга 17 . وَإِنَّهُ لَذِكْرٌ لَّكَ وَلِقَوْمِكَ وَسَوْفَ تُسْأَلُونَ
45 Аят
Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга 18 : "Оха хилийтиний те Къинхетаме верг воцург /кхин/ деланаш, цара шайна Iибадат а деш 19 ?" وَاسْأَلْ مَنْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ مِن رُّسُلِنَا أَجَعَلْنَا مِن دُونِ الرَّحْمَنِ آلِهَةً يُعْبَدُونَ
46 Аят
Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо элира: "Баккъалла а, со Iаламийн Ден элча ву". وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَى بِآيَاتِنَا إِلَى فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَقَالَ إِنِّي رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ
47 Аят
Иза (Муса) шайга веъча, Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу. فَلَمَّا جَاءهُم بِآيَاتِنَا إِذَا هُم مِّنْهَا يَضْحَكُونَ
48 Аят
Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхо долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапца – уьш юхабоьрзур бацарам те /шайн тиларх/. وَمَا نُرِيهِم مِّنْ آيَةٍ إِلَّا هِيَ أَكْبَرُ مِنْ أُخْتِهَا وَأَخَذْنَاهُم بِالْعَذَابِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
49 Аят
Цара элира: "ХIай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-Кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваIда 20 хилларг – баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха ийман дуьллур ма ду, и Iазап дIадаьккхича). وَقَالُوا يَا أَيُّهَا السَّاحِرُ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِندَكَ إِنَّنَا لَمُهْتَدُونَ
50 Аят
Оха айа ма-диннехь шайна тIера Iазап – цара барт 21 бохабо. فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِذَا هُمْ يَنكُثُونَ
51 Аят
Кхийкхира ФирIавна шен къомехь, элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна (сан гIалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/? وَنَادَى فِرْعَوْنُ فِي قَوْمِهِ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَيْسَ لِي مُلْكُ مِصْرَ وَهَذِهِ الْأَنْهَارُ تَجْرِي مِن تَحْتِي أَفَلَا تُبْصِرُونَ
52 Аят
Я со дика вац хIокхул 22 ‚ ша заьIап волчу‚ толкха (мотт тийсалуш) волчу? أَمْ أَنَا خَيْرٌ مِّنْ هَذَا الَّذِي هُوَ مَهِينٌ وَلَا يَكَادُ يُبِينُ
53 Аят
Йиллинехьара цунна тIе дашо чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьаьна маликаш /цунах/ хоттаделла". فَلَوْلَا أُلْقِيَ عَلَيْهِ أَسْوِرَةٌ مِّن ذَهَبٍ أَوْ جَاء مَعَهُ الْمَلَائِكَةُ مُقْتَرِنِينَ
54 Аят
/Дукха/ дайн карийра цунна (Фир1авна) шен къам – уьш цунна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах. فَاسْتَخَفَّ قَوْمَهُ فَأَطَاعُوهُ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
55 Аят
Цара Тхо оьгIаздаьхча, Оха цаьргара чIир ийцира – хина бухабахийтира уьш берриге а. فَلَمَّا آسَفُونَا انتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ
56 Аят
Уьш хилийтира Оха хьалхабаьхна‚ масал хилла тIаьхьабогIучарна. فَجَعَلْنَاهُمْ سَلَفًا وَمَثَلًا لِلْآخِرِينَ
57 Аят
Марьяман кIантах 23 масал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/. وَلَمَّا ضُرِبَ ابْنُ مَرْيَمَ مَثَلًا إِذَا قَوْمُكَ مِنْهُ يَصِدُّونَ
58 Аят
Цара элира: "Тхан деланаш дика бу я иза ву?" И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду. وَقَالُوا أَآلِهَتُنَا خَيْرٌ أَمْ هُوَ مَا ضَرَبُوهُ لَكَ إِلَّا جَدَلًا بَلْ هُمْ قَوْمٌ خَصِمُونَ
59 Аят
Иза-м (Марьяман кIант Iийса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масал 24 Исраилан кIенташна. إِنْ هُوَ إِلَّا عَبْدٌ أَنْعَمْنَا عَلَيْهِ وَجَعَلْنَاهُ مَثَلًا لِّبَنِي إِسْرَائِيلَ
60 Аят
Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтур дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдинчул тIаьхьа/ дуьсуш. وَلَوْ نَشَاء لَجَعَلْنَا مِنكُم مَّلَائِكَةً فِي الْأَرْضِ يَخْلُفُونَ
61 Аят
Баккъалла а, иза (Iийса- пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Iаламат 25 ду‚ аш янне а шеко ма елаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Суна тIаьхьадазалаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ." وَإِنَّهُ لَعِلْمٌ لِّلسَّاعَةِ فَلَا تَمْتَرُنَّ بِهَا وَاتَّبِعُونِ هَذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ
62 Аят
Данне а шайтIано д1а ма хьавзадойла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду. وَلَا يَصُدَّنَّكُمُ الشَّيْطَانُ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
63 Аят
Iийса веъча билгалонашца, цо элира: "Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш. وَلَمَّا جَاء عِيسَى بِالْبَيِّنَاتِ قَالَ قَدْ جِئْتُكُم بِالْحِكْمَةِ وَلِأُبَيِّنَ لَكُم بَعْضَ الَّذِي تَخْتَلِفُونَ فِيهِ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
64 Аят
Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ". إِنَّ اللَّهَ هُوَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ هَذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ
65 Аят
Хилпало хилира тобанашна шайна юккъехь 26 . Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнан 27 Iазапах. فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِن بَيْنِهِمْ فَوَيْلٌ لِّلَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ عَذَابِ يَوْمٍ أَلِيمٍ
66 Аят
Уьш хьовсий те шайга цIеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш? هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَن تَأْتِيَهُم بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
67 Аят
ДоттагIий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагIий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/: الْأَخِلَّاء يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ
68 Аят
ХIай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац: يَا عِبَادِ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ وَلَا أَنتُمْ تَحْزَنُونَ
69 Аят
Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукамна а, Тхан омранна а/ муьт1ахь 28 хилла берш. الَّذِينَ آمَنُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا مُسْلِمِينَ
70 Аят
ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий а – /цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду. ادْخُلُوا الْجَنَّةَ أَنتُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ تُحْبَرُونَ
71 Аят
Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашо хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду. يُطَافُ عَلَيْهِم بِصِحَافٍ مِّن ذَهَبٍ وَأَكْوَابٍ وَفِيهَا مَا تَشْتَهِيهِ الْأَنفُسُ وَتَلَذُّ الْأَعْيُنُ وَأَنتُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
72 Аят
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь. وَتِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
73 Аят
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу. لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِنْهَا تَأْكُلُونَ
74 Аят
Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу. إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي عَذَابِ جَهَنَّمَ خَالِدُونَ
75 Аят
И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу. لَا يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ
76 Аят
Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой. وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَكِن كَانُوا هُمُ الظَّالِمِينَ
77 Аят
Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь ерг 29 ! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-Кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /лийр доцуш /". وَنَادَوْا يَا مَالِكُ لِيَقْضِ عَلَيْنَا رَبُّكَ قَالَ إِنَّكُم مَّاكِثُونَ
78 Аят
Тхо даьхкинера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхахболчарна бакъдерг ца дийзира. لَقَدْ جِئْنَاكُم بِالْحَقِّ وَلَكِنَّ أَكْثَرَكُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ
79 Аят
Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хIаллакбийр бу уьш). أَمْ أَبْرَمُوا أَمْرًا فَإِنَّا مُبْرِمُونَ
80 Аят
Я царна моьтту те Тхуна ца хеза церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду. أَمْ يَحْسَبُونَ أَنَّا لَا نَسْمَعُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُم بَلَى وَرُسُلُنَا لَدَيْهِمْ يَكْتُبُونَ
81 Аят
Ахь āла:"Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Iибадат дечарах 30 ". قُلْ إِن كَانَ لِلرَّحْمَنِ وَلَدٌ فَأَنَا أَوَّلُ الْعَابِدِينَ
82 Аят
Вонах цIена ву стигалийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатах. سُبْحَانَ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ
83 Аят
Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц. فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّى يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ
84 Аят
Иза ву стигалахь а Дела‚ лаьттахь а Дела 31 ‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву. وَهُوَ الَّذِي فِي السَّمَاء إِلَهٌ وَفِي الْأَرْضِ إِلَهٌ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ
85 Аят
Декъала ву Шена стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а. وَتَبَارَكَ الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَعِندَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
86 Аят
Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь 32 бен, /и шаьш деш долу шапа1ат Делан пурбанца дуйла/ шайна хууш. وَلَا يَمْلِكُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَن شَهِدَ بِالْحَقِّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
87 Аят
Ахь цаьрга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/! وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَهُمْ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ فَأَنَّى يُؤْفَكُونَ
88 Аят
Цуьнга (Мухьаммад-пайхамара Деле) элира: "Х1ай со Кхиош-Кхобург (веза-воккха Дела)‚ хIара къам ийман дуьллуш ма дац". وَقِيلِهِ يَارَبِّ إِنَّ هَؤُلَاء قَوْمٌ لَّا يُؤْمِنُونَ
89 Аят
ДIаверза царах (уьш хьайца санна, вон ма хила цаьрца)‚ āла: "Маршалла (шуьга) 33 !" ТIаьхьа хуур ду царна. فَاصْفَحْ عَنْهُمْ وَقُلْ سَلَامٌ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
1 Далла хаьа цуьнца Шена луург.
2 Къуръан - 1арбийн маттахь: قرءان Дешар, иза схьадаьлла قرء Деша бохучух. Веза волчу Дала уггар хьалха Джабраил-маликехула пайхамаре доссийна дош ду: اقرء Икъраъ – деша. Цигара д1ааьлла массо жайнах Къуръан. Кхин цунах лаьцнарг т1аьхьа дог1ур ду, Дала мукъалахь.
3 Лавхь махьфуз (لوح محفوظ) – Дала массо а хIума шена чохь дIаяздина долу Далла гергахь долу тептар.
4 Оха Къуръан ца доссош‚ диканиг де‚ вониг ма де ца олуш, дуьтур дара‚ шу ойла еш дацара аьлла‚ хIай Маккин охIла (боху Дала).
5 Хьалха д1адаханчу умматашкахь.
6 Боьрша а‚ стен а. 1арбийн дош زوج(ازواج) дуккха маь1наш долуш ду. Царах ду: шишша йолу х1ума (пара), мар, зуда; тайпа, кеп. Ибн-1аббаса аьлла, ازواج тайпанаш ду, мерза- къаьхьа, к1айн-1аьржа, боьрша-стен санна. Суна хетарехь, кхузахь Далла луург Ша массо а х1ума шишша (боьрша а, стен а) кхоллар ду: Шу шаьш а, лаьттахь схьа мел долург а, шуна цахуург а (Сурат Йа-Син).
7 Шаьш олуш: "Маликаш – Делан мехкарий бу".
8 Хьуна йо1 хилла аьлла (Делан мехкарий бу маликаш, ма боху цара).
9 Шаьш дечу къинойх‚ ширках. Тавхьидан (Дела цхьаъваран дош) бухадитира Ибрах1има шен т1аьхьенна. Къематде даллалц царах ишттаниг д1атилар вац.
10 Ши юрт – кхузахь: Макка а‚ ТIаиф а. Я Маккара Валид бин МугIире‚ я ТIаифера Iарва бин МасIуде‚ уьш хилла цу шина юьртара Iарбаша лоруш нах.
11 Бусалбанех керстанаш хиларх ца кхерахьара, дуьненахь керстанашна массо а диканаш хуьлуьйтур дара Ша‚ боху Дала‚ царна эхартан дакъа доцу дела.
12 Дато – детин.
13 Царна тхевнаш а, не1арш а, маьнганаш а дато а, дашо а хуьлуьйтур бара Оха.
14 Иза шайтIано Iехийна къематдийнахь.
15 Цхьатерра 1азап хир ду шуна.
16 Дала боху Мухьаммад-пайхамаре:Цаьргара ч1ир эцале хьо велча а, хьол т1аьхьа а цаьргара ч1ир оьцур йолуш ю Оха.
17 Аш муха Iамал йина цуьнца‚ аьлла.
18 Уьш васте дешнаш ду, ахь хаттал латте, хьан далийтина хьуна т1ехь дитташ бохучух тера.
19 Оха хьол хьалха массо а элчане омра дина, веккъа цхьана Далла Iибадат де аьлла‚ боху Дала.
20 Ийман диллинчарна дуьненан Iазап дIадоккхур ду Ша‚ аьлла йолу Делан ваIда. Кхузахь «бозбуунча» аьлла пайхамаре и вазвеш, лоруш. Церан заман чохь бозбуунчаш сийлахь а, лоруш а нах хилла.
21 Шаьш ийман дуьллур ду аьлла, делла долу дош дохийра.
22 Мусал (Фиравна тIе вахийтина волу Муса-пайхамар).
23 Iийса-пайхамар. Iийса дела ву боху насараш жоьжахате гIур бу аьлла, аят доьссича, Маккин керстанашна хазахийтира. Цара элира:"Уьш (АллахI ц1е йолу цхьа Дела воцчунна Iибадат мел деш берш) жоьжахате гIахь, тхо ду реза тхайн деланашца цхьаьна жоьжахате даха. Насараш а, жуьгтий а ма бу АллахI воцчунна Iибадат деш". И г1овг1а елира, церан пайхамара ﷺ х1ара аят дешча: أنكم وما تعبدون من دون الله حطب جهنم (Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду). Цара элира: "Насараша 1ийсана деш ду 1ибадат, жуьгташа 1узайрина а деш ду 1ибадат, цхьа кхечара маликашна а деш ду 1ибадат. И пайхамарш а, маликаш а, царна 1ибадат мел динарг а жоьжахати чу бахча, тхо а реза ду тхайн делашца цу чу даха". Пайхамар, ойла еш, жимма хьевелира, т1аккха керстанаш шаьш и г1орасиз вина моьттуш бийлира. Т1аккха доьссира и пайхамарш а, маликаш а ц1андеш аят. Керстанаша цигахь тидаме ца эцнарг дара аятехь деъна ما Ма (аш шайна 1ибадат деш йолу хьекъал доцу х1уманаш), من Ман (аш шайна 1ибадат деш берш) доцуш. 1арбийн маттахь ц1ерметдешнаш Ма (Х1ун?) шайн хьекъал доцчу х1уманах олу, Ман (Мила?) – хьекъал долчех.
24 1ийса дуьненчу ваьккхина Дала, да а воцуш. Цу чохь Дела массо а х1умнна т1ехь ницкъ кхочуш хиларан масал ду.
25 Къематде х1оттаран даккхийчу 1аламатех ду 1ийса юха дуьненчу воссар.
26 Насараш тобанашка бекъабелира 1ийсан г1уллакхехь: царах и Делан лай ву олурш бу (и бакъдерг ду), царах и Делан к1ант ву олурш а бу. Царах и ша Дела ву бохурш а бу. Ма лакхавели Дела церан цу харц дашах!!!
27 Лазаме долу де – къематде, керстанашна лазош долу 1азап дийр долу.
28 Делан хьукамна а, Делан омрана а муьт1ахь берш – иштта гочдеш ду 1арбийн дош مسلمون . Нохчийн «бусалба» (наггахь бусулба олий а яздо) боху дош цигара схьадаьлла ду.И лаьтташ ду اسلم Аслама орамах – «муьт1ахь хила», цигара مسلم (муслим) – «муьт1ахь верг». Муслим (бусалба стаг) ву массо а Делан хьукмана, Цуьнан омрана муьт1ахь волу Делах тешаш волу стаг. Оцу дешан масдар дуاسلام (Ислам) - /Далла/ муьт1ахь хилар. Оцунна т1етевжича, массо а заманчохь Делан дин, Цо шеца элчанаш бохкуьйтуш хилла долу, Ислам хилла, 1ибадат даран кепаш х1ор пайхамаран а, х1ор умматан а шен-шен хиллехь а, хьукамаш а, кхолладелчу хьелашка хьаьжжина, хийцалуш хиллехь а.
29 Жоьжахатина тIехIоьттина долу малик.
30 Ахь ала, х1ай Мухьаммад, цу мушрикашка: «Аш ма-бохху, Делан доьзалхо хилча, со цхьалг1а хир вара цунна 1ибадат дечарах. Дела ц1ена ву Шен зуда хиларх а, Шен доьзалхо хиларх а». Иза цара бохучунна ч1ог1а инкарло яр ду.
31 Оцу аятан маь1на ду: Аллах1 – Дела ву стигалахь мел волчо а (маликаш), лаьттахь мел волчо а (жинаш а, адамаш а) Шена 1ибадат деш волу Дела.
32 Бакъдолчуьнца тешалла динарш – теша, хьакъ ма-дду Делах а тешаш, деккъа Цунна 1ибадат динарш – царна лур ду Дала шапа1ат дан пурба. Цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, кхузахь буьйцурш 1ийса а, 1узайр а, маликаш а ду. Цара дог ц1ена 1ибадат деш хилла Далла, цхьаболчу наха царна 1ибадат деш хиллехь а. Церан шапа1ато пайда бийр бу муъма нахана.
33 Салам. Аль- Савийс боху: "Аятан маь1на ду мостаг1алла лелочу керстанех генавалар а, царах ц1анвалар а. Цаьрга салам дала деза бохург дац иза". Къатадата боху шуьца мостаг1алла леладеш болчу керстанашца машар бе боху аятан хьукам хийцина цаьрца къийсам латтабе бохучу хьукамца.