44. Сурат АД-ДУХАН

КIур
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 59 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьа-мūм 1 . حم
2 Аят
/Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайнах (Къуръанах) дуй боу Ас. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ
3 Аят
Баккъалла а, Оха доссийна иза беркате йолчу буса 2 . Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/. إِنَّا أَنزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةٍ مُّبَارَكَةٍ إِنَّا كُنَّا مُنذِرِينَ
4 Аят
Цу (Къуръана) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх. فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ
5 Аят
Тхан агIорхьара /деза мел долу/ г1уллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш /Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/, أَمْرًا مِّنْ عِندِنَا إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ
6 Аят
Къинхетам а хилла хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. رَحْمَةً مِّن رَّبِّكَ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
7 Аят
Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /ч1ог1а/ тешаш хиллехь. رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا إِن كُنتُم مُّوقِنِينَ
8 Аят
Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-Кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-Кхобург ву Иза. لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ
9 Аят
ХIаъ‚ уьш (керстанаш) шекончохь ловзуш ма бу. بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ يَلْعَبُونَ
10 Аят
Ахь тергалде стигло билгала кIур 3 бахьар болу де. فَارْتَقِبْ يَوْمَ تَأْتِي السَّمَاء بِدُخَانٍ مُّبِينٍ
11 Аят
Нах д1ахьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду". يَغْشَى النَّاسَ هَذَا عَذَابٌ أَلِيمٌ
12 Аят
"Тхан Кхиош-Кхобург‚ айдехьа тхуна тIера хIара Iазап, /т1аккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/". رَبَّنَا اكْشِفْ عَنَّا الْعَذَابَ إِنَّا مُؤْمِنُونَ
13 Аят
Муха хир бу царна хьехам 4 ? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/. أَنَّى لَهُمُ الذِّكْرَى وَقَدْ جَاءهُمْ رَسُولٌ مُّبِينٌ
14 Аят
ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /". ثُمَّ تَوَلَّوْا عَنْهُ وَقَالُوا مُعَلَّمٌ مَّجْنُونٌ
15 Аят
Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна т1ера/ Iазап кIеззиг – /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/. إِنَّا كَاشِفُو الْعَذَابِ قَلِيلًا إِنَّكُمْ عَائِدُونَ
16 Аят
Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур долчу дийнахь 5 – баккъалла а, Оха чIир оьцур ю. يَوْمَ نَبْطِشُ الْبَطْشَةَ الْكُبْرَى إِنَّا مُنتَقِمُونَ
17 Аят
Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам – цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса). وَلَقَدْ فَتَنَّا قَبْلَهُمْ قَوْمَ فِرْعَوْنَ وَجَاءهُمْ رَسُولٌ كَرِيمٌ
18 Аят
"ДIало соьга Делан леш 6 /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву. أَنْ أَدُّوا إِلَيَّ عِبَادَ اللَّهِ إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ
19 Аят
Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил. وَأَنْ لَّا تَعْلُوا عَلَى اللَّهِ إِنِّي آتِيكُم بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
20 Аят
Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-Кхобучуьнца‚ шун Кхиош-Кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах). وَإِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ أَن تَرْجُمُونِ
21 Аят
Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/". وَإِنْ لَّمْ تُؤْمِنُوا لِي فَاعْتَزِلُونِ
22 Аят
/ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-Кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/. فَدَعَا رَبَّهُ أَنَّ هَؤُلَاء قَوْمٌ مُّجْرِمُونَ
23 Аят
/ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буса‚ баккъалла а, уьш 7 /шуна/ тIаьхьабевр бу хьуна. فَأَسْرِ بِعِبَادِي لَيْلًا إِنَّكُم مُّتَّبَعُونَ
24 Аят
ХIорд бекъабеллачохь 8 бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду". وَاتْرُكْ الْبَحْرَ رَهْوًا إِنَّهُمْ جُندٌ مُّغْرَقُونَ
25 Аят
Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚ كَمْ تَرَكُوا مِن جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
26 Аят
Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚ وَزُرُوعٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ
27 Аят
Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а. وَنَعْمَةٍ كَانُوا فِيهَا فَاكِهِينَ
28 Аят
Иштта /хилира церан чаккхе/. Оха уьш ирсана дIаделира кхечу къомана. كَذَلِكَ وَأَوْرَثْنَاهَا قَوْمًا آخَرِينَ
29 Аят
Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца теттира уьш /Iазапах/. فَمَا بَكَتْ عَلَيْهِمُ السَّمَاء وَالْأَرْضُ وَمَا كَانُوا مُنظَرِينَ
30 Аят
Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазчу Iазапах‚ وَلَقَدْ نَجَّيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنَ الْعَذَابِ الْمُهِينِ
31 Аят
ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах. مِن فِرْعَوْنَ إِنَّهُ كَانَ عَالِيًا مِّنَ الْمُسْرِفِينَ
32 Аят
Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилманца 9 /массо а/ Iаламел. وَلَقَدِ اخْتَرْنَاهُمْ عَلَى عِلْمٍ عَلَى الْعَالَمِينَ
33 Аят
Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а. وَآتَيْنَاهُم مِّنَ الْآيَاتِ مَا فِيهِ بَلَاء مُّبِينٌ
34 Аят
Баккъалла а, хIорш (къурайшаш) олуш ма бу: إِنَّ هَؤُلَاء لَيَقُولُونَ
35 Аят
"Вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIиттор дац /деллачул тIаьхьа/. إِنْ هِيَ إِلَّا مَوْتَتُنَا الْأُولَى وَمَا نَحْنُ بِمُنشَرِينَ
36 Аят
Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь". فَأْتُوا بِآبَائِنَا إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
37 Аят
Уьш дика бу, я ТуббаIан 10 къам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира. أَهُمْ خَيْرٌ أَمْ قَوْمُ تُبَّعٍ وَالَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ أَهْلَكْنَاهُمْ إِنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ
38 Аят
Оха ловзуш 11 /долчу хьолехь/ ца кхоьллина стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ
39 Аят
Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. مَا خَلَقْنَاهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
40 Аят
Баккъалла а, къасторан 12 де – царна массарна а хан тоьхна ма ду. إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ مِيقَاتُهُمْ أَجْمَعِينَ
41 Аят
Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух /1азапах/ хIумма а‚ царна гIо дийр дац. يَوْمَ لَا يُغْنِي مَوْلًى عَن مَّوْلًى شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
42 Аят
Дала шех къинхетам биначунна бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. إِلَّا مَن رَّحِمَ اللَّهُ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
43 Аят
Баккъалла а, и Заккъум 13 олу дитт - إِنَّ شَجَرَةَ الزَّقُّومِ
44 Аят
Къинош дечун кхача бу. طَعَامُ الْأَثِيمِ
45 Аят
Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь 14 كَالْمُهْلِ يَغْلِي فِي الْبُطُونِ
46 Аят
Ц1ийдина хи кхехкарх терра. كَغَلْيِ الْحَمِيمِ
47 Аят
/Мохь хир бу/: "Схьалаца иза 15 ‚ дIакхосса иза жоьжахатина юккъе. خُذُوهُ فَاعْتِلُوهُ إِلَى سَوَاء الْجَحِيمِ
48 Аят
ДIадотта цуьнан коьртана тIехула ц1ийдинчу хин Iазап". ثُمَّ صُبُّوا فَوْقَ رَأْسِهِ مِنْ عَذَابِ الْحَمِيمِ
49 Аят
Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/. ذُقْ إِنَّكَ أَنتَ الْعَزِيزُ الْكَرِيمُ
50 Аят
Баккъалла а, хIара ду аш шегахь шеко еш хилларг" 16 . إِنَّ هَذَا مَا كُنتُم بِهِ تَمْتَرُونَ
51 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – тешамечу меттигехь хир бу. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي مَقَامٍ أَمِينٍ
52 Аят
Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а. فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
53 Аят
ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуьттуш. يَلْبَسُونَ مِن سُندُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُّتَقَابِلِينَ
54 Аят
Иштта Оха бāлор бу царна хаза бIаьргаш 17 берш. كَذَلِكَ وَزَوَّجْنَاهُم بِحُورٍ عِينٍ
55 Аят
Кхойкхур ду цара хIора стоьме 18 , /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш. يَدْعُونَ فِيهَا بِكُلِّ فَاكِهَةٍ آمِنِينَ
56 Аят
Цу чохь валар Iовшур дац цара дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург – Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах لَا يَذُوقُونَ فِيهَا الْمَوْتَ إِلَّا الْمَوْتَةَ الْأُولَى وَوَقَاهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ
57 Аят
Хьан Кхиош – Кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам. فَضْلًا مِّن رَّبِّكَ ذَلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
58 Аят
Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ – хьан маттахь 19 а долуш – уьш кхетар бацаре те. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
59 Аят
Хьо хьажа /хIай Мухьаммад, царах хIун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хIаллакхиларе - тIаьхьа хуур ду, хьан хир ду гIо дуьненахь а эхартахь а/. فَارْتَقِبْ إِنَّهُم مُّرْتَقِبُونَ
1 Далла хаьа цуьнца Шена луург.
2 Беркате буьйса – Рамазан беттан Лайлат аль-къадр олу буьйса (23, я 25, я 27-гIа буьйса) я ШаIбан беттан 16-гIа буьйса‚ шена чохь Къуръанан бух ворхIалгIачу стиглара дуьненан стигала боссийна болу.
3 ДогIа доцуш дукха йохъелла‚ стигална а‚ лаьттана а юккъехь бода хир бу, кIур санна (догIа доцуш – нах мацбелла). Къурайшаша дукха 1есалла йина, Делан элчано ﷺ до1а дина хилла царна, Юсуфан заман чохь санна йокъа хилийта аьлла. И до1а къобал а хилла, царна мацалла еънера, цара къеелла х1ума а юуш. Т1аккха Деле хьастбелира уьш. Дала оцу балех к1елхьарбаьхча, юха а шайн ширкана т1е д1абирзира уьш, адамийн 1адатехь ма хилла. Ибн-1аббаса аьлла, кхузахь буьйцуш болу к1ур къематдийнан 1аламатех цхьа 1аламат ду, ша къематде гергадеъча, гучудер долуш.
4 Пайда бийр бац церан иймано, Iазап деъча.
5 Бадрахь тIом хир болу де (керстанаш нуьцкъала эшийна)‚ я къематдийнахь.
6 Исраилан кIентий – жуьгтий. Уьш хилла Фир1авнан йийсарехь. Уьш цигара парг1атбахе Палестине д1абига аьлла, омра дина хилла Дала Мусага. Кхин маь1на: "ДIало суна‚ хIай Делан лай‚ ас доьхачунна дуьхьал жоп (иймане дуьйла).
7 Фир1авн а, цуьнан эскар а.
8 Дала боху Мусага: х1орд бекъабелла, шаьш дехьадевлча, и цу кепара болуш шу д1аг1о, шуна т1аьхьавог1у Фир1авн шен эскарца цу чу вер ву, т1аккха, и т1ебахна, хина бухахь вуьсур ву.
9 Тхайна церан хьал хаарца я шайн заманчохь хиллачу уммател. Цу аятан маь1на хила тарло: Дала массо а халкъел а 1илма даларца хаьржина Исраилан к1ентий (жуьгтий), церан т1аьхьенаша цуьнца эхартана пайда ца эцахь а, бохург. Дика хуург Ша Дела ву.
10 ТуббаI – иза пайхамар хилла‚ аьлла ду‚ я Далла дика гIуллакх деш стаг хилла‚ аьлла а ду. Ибн Касиран тафсира чохь иза Йеменехь хиллачу Сабаъ пачхьалкхан паччахьан цIе ю аьлла ду.
11 Оха ловзуш ца кхоьллина …- Оха эрна ца кхоьллина уьш, доккха маь1на долуш ду уьш кхоллар.
12 Къематде‚ нийса хьукам дарца массо а хIума къастор долу.
13 ЧIогIа боьха хьожа йолу жоьжахатехь хир долу дитт‚ шен дукха муьста стоьмаш а болуш.
14 Церан кийрахь.
15 Къинош динарг (маликаша эр ду иза).
16 И эр ду маликаша керстанашка‚ уьш жоьжахате кхуьссуш.
17 Хьурул Iийн حور ألعين (хаза баккхий к1айн б1аьргаш берш) – ялсаманин мехкарий.
18 Шайна г1уллакх дан т1ех1иттийна болчу кегийчу нахе боьхур бу.
19 Iарбийн маттахь.