45. Сурат АЛЬ-ДЖАСИЙА

Гораяхнарг
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 37 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Хьа-мūм[1]. حم
2 Аят
Жайна охьадоссор /ду хIара/ веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера. تَنزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
3 Аят
Баккъалла а, стигалшкахь а‚ лаьттахь а делилаш ма ду муъма нахана. إِنَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِّلْمُؤْمِنِينَ
4 Аят
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилаш ду ша /ч1ог1а/ тешаш долчу къомана. وَفِي خَلْقِكُمْ وَمَا يَبُثُّ مِن دَابَّةٍ آيَاتٌ لِّقَوْمٍ يُوقِنُونَ
5 Аят
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стигалара охьадоссийнчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилаш ма ду хьекъале болчу нахана. وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا أَنزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاء مِن رِّزْقٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ آيَاتٌ لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
6 Аят
ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш? تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَ اللَّهِ وَآيَاتِهِ يُؤْمِنُونَ
7 Аят
/Боккха/ бāла[2] бу массо а къа латош /чIогIа/, харцлуьйш волчунна. وَيْلٌ لِّكُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ
8 Аят
Ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка, тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хезачух /ца хезаш санна/  ахь кхаъ баккха цунна[3] лазош долчу Iазапца. يَسْمَعُ آيَاتِ اللَّهِ تُتْلَى عَلَيْهِ ثُمَّ يُصِرُّ مُسْتَكْبِرًا كَأَن لَّمْ يَسْمَعْهَا فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
9 Аят
Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча,  иза схьалоцу цо, белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна сийсаза долу Iазап хир дерш бу. وَإِذَا عَلِمَ مِنْ آيَاتِنَا شَيْئًا اتَّخَذَهَا هُزُوًا أُوْلَئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُّهِينٌ
10 Аят
Церан хьалхахь[4] жоьжахати ю. Царна карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап ду. مِن وَرَائِهِمْ جَهَنَّمُ وَلَا يُغْنِي عَنْهُم مَّا كَسَبُوا شَيْئًا وَلَا مَا اتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاء وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
11 Аят
ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-Кхобучун аяташ керстадинарш  /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш. هَذَا هُدًى وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَهُمْ عَذَابٌ مَّن رِّجْزٍ أَلِيمٌ
12 Аят
Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг: цу чухула кема лелийта а Шен омранца‚ шуьга лехийта а Цуьнан комаьршаллех /хIордан ниIматаш  чIара‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта а /Ша деллачу ниIматашна/. اللَّهُ الَّذِي سخَّرَ لَكُمُ الْبَحْرَ لِتَجْرِيَ الْفُلْكُ فِيهِ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
13 Аят
Шуна муьтIахь дина Цо стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а  дерриге а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла еш болчу нахана. وَسَخَّرَ لَكُم مَّا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مِّنْهُ إِنَّ فِي ذَلِكَ لَآيَاتٍ لَّقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
14 Аят
Ахь āла ийман диллинчаьрга: гечдойла цара Делан деношка дог дохуш боцучарна[5] Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца. قُل لِّلَّذِينَ آمَنُوا يَغْفِرُوا لِلَّذِينَ لا يَرْجُون أَيَّامَ اللَّهِ لِيَجْزِيَ قَوْمًا بِما كَانُوا يَكْسِبُونَ
15 Аят
Милла велахь дика дина, – цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, – цунна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе дIадерзор ду шу. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ وَمَنْ أَسَاء فَعَلَيْهَا ثُمَّ إِلَى رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ
16 Аят
Оха делира Исраилан кIенташка[6] жайна а[7]‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цIена долчух‚ Оха базбийра уьш Iаламел[8]. وَلَقَدْ آتَيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ وَرَزَقْنَاهُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
17 Аят
Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш[9]. Церан хилпало ма ца хилира, шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен, вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь. وَآتَيْنَاهُم بَيِّنَاتٍ مِّنَ الْأَمْرِ فَمَا اخْتَلَفُوا إِلَّا مِن بَعْدِ مَا جَاءهُمْ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
18 Аят
ТIаккха хьо /х1ай Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь[10]  цунна тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тIаьхьа ма хIотта. ثُمَّ جَعَلْنَاكَ عَلَى شَرِيعَةٍ مِّنَ الْأَمْرِ فَاتَّبِعْهَا وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاء الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
19 Аят
Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой церан цхьаберш вукхеран гIоьнчий бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гIоьнча. إِنَّهُمْ لَن يُغْنُوا عَنكَ مِنَ اللَّهِ شَيئًا وإِنَّ الظَّالِمِينَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاء بَعْضٍ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُتَّقِينَ
20 Аят
ХIара  билгалонаш ю /бIаьрг боьллуш/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /ч1ог1а/ тешаш долчу къомана. هَذَا بَصَائِرُ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِّقَوْمِ يُوقِنُونَ
21 Аят
Къинош летийначарна моьттина те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьатерра хуьлуьйтур бу  шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукам. أًمْ حَسِبَ الَّذِينَ اجْتَرَحُوا السَّيِّئَاتِ أّن نَّجْعَلَهُمْ كَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَوَاء مَّحْيَاهُم وَمَمَاتُهُمْ سَاء مَا يَحْكُمُونَ
22 Аят
Дала кхоьллина стигалш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац. وَخَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَلِتُجْزَى كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
23 Аят
Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца[11]‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо? أَفَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَهَهُ هَوَاهُ وَأَضَلَّهُ اللَّهُ عَلَى عِلْمٍ وَخَتَمَ عَلَى سَمْعِهِ وَقَلْبِهِ وَجَعَلَ عَلَى بَصَرِهِ غِشَاوَةً فَمَن يَهْدِيهِ مِن بَعْدِ اللَّهِ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
24 Аят
Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллакдийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу. وَقَالُوا مَا هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا يُهْلِكُنَا إِلَّا الدَّهْرُ وَمَا لَهُم بِذَلِكَ مِنْ عِلْمٍ إِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ
25 Аят
Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира, цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь". وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ مَّا كَانَ حُجَّتَهُمْ إِلَّا أَن قَالُوا ائْتُوا بِآبَائِنَا إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
26 Аят
Ахь āла: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне[12]‚ шена чохь шеко йоцчу"‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх. قُلِ اللَّهُ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يَجْمَعُكُمْ إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيبَ فِيهِ وَلَكِنَّ أَكَثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
27 Аят
Делан ду-кх стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоттинчу дийнахь  оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш. وَلَلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرضِ وَيَومَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَخْسَرُ الْمُبْطِلُونَ
28 Аят
Хьуна гур ма ду массо а уммат горах1оьттина[13]. ХIор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе  тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца. وَتَرَى كُلَّ أُمَّةٍ جَاثِيَةً كُلُّ أُمَّةٍ تُدْعَى إِلَى كِتَابِهَا الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
29 Аят
ХIара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна т1ехь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аш деш хилларг. هَذَا كِتَابُنَا يَنطِقُ عَلَيْكُم بِالْحَقِّ إِنَّا كُنَّا نَسْتَنسِخُ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
30 Аят
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а  уьш бухкур бу шайн Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх! فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُدْخِلُهُمْ رَبُّهُمْ فِي رَحْمَتِهِ ذَلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ
31 Аят
Ткъа цатешнарш /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Т1аккха аш куралла ма йира  шух къинош деш долу къам хилира". وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا أَفَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَى عَلَيْكُمْ فَاسْتَكْبَرْتُمْ وَكُنتُمْ قَوْمًا مُّجْرِمِينَ
32 Аят
/Шуьга/ аьлча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аш элира: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/". وَإِذَا قِيلَ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَالسَّاعَةُ لَا رَيْبَ فِيهَا قُلْتُم مَّا نَدْرِي مَا السَّاعَةُ إِن نَّظُنُّ إِلَّا ظَنًّا وَمَا نَحْنُ بِمُسْتَيْقِنِينَ
33 Аят
Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг. وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِؤُون
34 Аят
Элира /цаьрга/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна г1оьнчех цхьа а ". وَقِيلَ الْيَوْمَ نَنسَاكُمْ كَمَا نَسِيتُمْ لِقَاء يَوْمِكُمْ هَذَا وَمَأْوَاكُمْ النَّارُ وَمَا لَكُم مِّن نَّاصِرِينَ
35 Аят
Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац. ذَلِكُم بِأَنَّكُمُ اتَّخَذْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ هُزُوًا وَغَرَّتْكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا فَالْيَوْمَ لَا يُخْرَجُونَ مِنْهَا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
36 Аят
Далла бу хастам‚ стигалийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу. فَلِلَّهِ الْحَمْدُ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَرَبِّ الْأَرْضِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
37 Аят
Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигалшкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. وَلَهُ الْكِبْرِيَاء فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
[1]Далла хаьа цуьнца Шена луург.
[2]Жоьжахати чохь болу буьйра‚ шена чохь доккха Iазап долу (Iарбашха: ويل "вайлун").
[3]Тафсиран 1еламнаха аьлла и аяташ Ан-Надар бин Аль-Хьарис бохучу стагах лаьцна доьссина. Иза хилла 1ажам нахера хабарш гулдеш (оьцуш), цаьрца нах Къуръане ладог1арх машг1ул беш. Аятан маь1на к1орга ду: и саннарш берриге а чулоцу цо.
[4]من ورائهم бохучун юьхьанца долу маь1на царна т1ехьа делахь а, кхузахь луург царна хьалха ду.
[5]Керстанашна. Цара деш долу халахетарш бахьанехь ч1ире ма хила, къинтерадовла царна – Дала бийр бу царна бекхам къематдийнахь. Мукъатило дийцира: Маккахь цхьана керста стага ирча бага лейина хилла 1умаре. Цунна нуьцкъала тоха воллуш хилла 1умар, Дала омра дина, къинт1ера вала аьлла, х1ара аят доссийна. Ибн-Касира яздо: бусалбанашка омра деш дара керстанаша хьоьгуьйтучу баланашкахь собаре хила, царна къинт1ера довла аьлла, т1аккха уьш к1адбала мегара. Т1аьхьа, керстанаш шаьш дечу зуламех юха ца бевлча, бусалбанийн ницкъ алсам а баьлча,Дала бусалбанашна т1едиллира царна та1зар дар а, г1азот а.
[6]Жуьгташка.
[7]Таврат.
[8]Массо а нахал (шайн заманчохь).
[9]ТIаьххьара пайхамар вогIург хиларан Iаламаташ.
[10]ШариIатехь.
[11]Дала шена дерриг х1ума довзийтина, ша дийриг къа дуй хууш.
[12]Къематдийнахь.
[13]Къематдийнахь массо а хир ву кхеравелла, Далла горавахна, шех х1ун хир ду ца хууш. 1арбийн маттахь уммат зударийн жинсехь ду, цундела деана и дош جاثية гораяхнарг аьлла. Цигара схьаэцна суратан ц1е а.