48. Сурат АЛЬ-ФАТХЬ

Толам
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 29 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам 2 . إِنَّا فَتَحْنَا لَكَ فَتْحًا مُّبِينًا
2 Аят
Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхайахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚ لِيَغْفِرَ لَكَ اللَّهُ مَا تَقَدَّمَ مِن ذَنبِكَ وَمَا تَأَخَّرَ وَيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَيَهْدِيَكَ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا
3 Аят
Цо хьуна деза гIо дархьама а. وَيَنصُرَكَ اللَّهُ نَصْرًا عَزِيزًا
4 Аят
Иза ву муъма нехан дегнашка синпаргIато йоссийнарг уьш совбовлийтархьама шайн иймана тIе а ийманца. Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукам /нийса/ деш верг а. هُوَ الَّذِي أَنزَلَ السَّكِينَةَ فِي قُلُوبِ الْمُؤْمِنِينَ لِيَزْدَادُوا إِيمَانًا مَّعَ إِيمَانِهِمْ وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
5 Аят
/И хьукам до Дала/ Ша чубахийта муъма божарий а‚ муъма зударий а /церан Далла деш долу 1ибадат а, Делан новкъахь шайн синошца а, шайн бахамца а къахьегар бахьанехь/ шайн бухахула хиш а оьхуш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ д1аэца церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам. لِيُدْخِلَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَيُكَفِّرَ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَكَانَ ذَلِكَ عِندَ اللَّهِ فَوْزًا عَظِيمًا
6 Аят
Iазап дан шаьш Делах боьха ойланаш еш болчу (хьуна керстанашна тIехь толам хир бац‚ бохуш) мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъостий лоьцучу божаршна а‚ Делаца накъостий лоьцучу зударшна а. Царна боьхачун го бу. ОьгIазвахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла. وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ الظَّانِّينَ بِاللَّهِ ظَنَّ السَّوْءِ عَلَيْهِمْ دَائِرَةُ السَّوْءِ وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَلَعَنَهُمْ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَهَنَّمَ وَسَاءتْ مَصِيرًا
7 Аят
Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
8 Аят
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо /х1ай Мухьаммад/ теш хилла /къематдийнахь нахана т1ехь/‚ кхаанча хилла /муъма нахана ялсаманица/‚ кхерамча хилла /цатешачарна 1азапаца/. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
9 Аят
Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ аш цунна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза лара а‚ аш Цунна (Далла) тасбихь дан Iуьйренца а‚ суьйренца а. لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُعَزِّرُوهُ وَتُوَقِّرُوهُ وَتُسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
10 Аят
Баккъалла а, шаьш хьоьца, дуй боуш, чIагIо йинарш – Делаца, дуй боуш, чIагIо йинарш бу. Делан куьг церан куьйгаш тIехь ду 3 . И /ч1аг1о/ йохийнарг – Цо йохош ю шена‚ кхочушйинарг Делаца шен хилла ваIда – Цо цунна лур ю сийлахь-йоккха ял. إِنَّ الَّذِينَ يُبَايِعُونَكَ إِنَّمَا يُبَايِعُونَ اللَّهَ يَدُ اللَّهِ فَوْقَ أَيْدِيهِمْ فَمَن نَّكَثَ فَإِنَّمَا يَنكُثُ عَلَى نَفْسِهِ وَمَنْ أَوْفَى بِمَا عَاهَدَ عَلَيْهُ اللَّهَ فَسَيُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
11 Аят
Хьоьга эр ду кхелхаш лелачу Iарбех бухабисинчара 4 : "Тхо совцийна тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна". Цара олу маттаца дагахь доцург. Ахь āла: "Хьан доладийр дара шун Далла дуьхьал цхьанна а хIуманца‚ Цунна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш. سَيَقُولُ لَكَ الْمُخَلَّفُونَ مِنَ الْأَعْرَابِ شَغَلَتْنَا أَمْوَالُنَا وَأَهْلُونَا فَاسْتَغْفِرْ لَنَا يَقُولُونَ بِأَلْسِنَتِهِم مَّا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ قُلْ فَمَن يَمْلِكُ لَكُم مِّنَ اللَّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ بِكُمْ ضَرًّا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ نَفْعًا بَلْ كَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
12 Аят
ХIаъ! Шу моьттуш дара, элча а‚ муъма нах а шайн доьзална тIе цкъа а боьрзур бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттура вон хIума. Вон къам хили-кх шу". بَلْ ظَنَنتُمْ أَن لَّن يَنقَلِبَ الرَّسُولُ وَالْمُؤْمِنُونَ إِلَى أَهْلِيهِمْ أَبَدًا وَزُيِّنَ ذَلِكَ فِي قُلُوبِكُمْ وَظَنَنتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنتُمْ قَوْمًا بُورًا
13 Аят
Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг – баккъалла а, Оха кечйина керстанашна жоьжахати. وَمَن لَّمْ يُؤْمِن بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ فَإِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَعِيرًا
14 Аят
Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а. وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يَغْفِرُ لِمَن يَشَاء وَيُعَذِّبُ مَن يَشَاء وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَّحِيمًا
15 Аят
Эр ду бухабуьсучара шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: "Тхо а диташ шайна тIаьхьах1итта". Уьш лууш бу шаьш хийца Делан дош. Ахь āла: "Цкъа а тхуна тIаьхьахIуьттур дац шу. Иштта аьлла Дала хьалха". ТIаккха цара эр ду: "ХIаъ‚ тхуна хьагI еш ду-кх шу". ХIаъ‚ уьш хилира ца кхеташ кIеззиг /х1уманах/ бен. سَيَقُولُ الْمُخَلَّفُونَ إِذَا انطَلَقْتُمْ إِلَى مَغَانِمَ لِتَأْخُذُوهَا ذَرُونَا نَتَّبِعْكُمْ يُرِيدُونَ أَن يُبَدِّلُوا كَلَامَ اللَّهِ قُل لَّن تَتَّبِعُونَا كَذَلِكُمْ قَالَ اللَّهُ مِن قَبْلُ فَسَيَقُولُونَ بَلْ تَحْسُدُونَنَا بَلْ كَانُوا لَا يَفْقَهُونَ إِلَّا قَلِيلًا
16 Аят
Цу кхелхаш лелачу Iарбех бухабуьсучаьрга ахь āла: "ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницкъ болчу къоме (цуьнца тIом бан)‚ цаьрца аш тIом бийр бу‚ я уьш /шайн лаамехь Далла/ муьт1ахь 5 хир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омрана/, Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма-дирззи‚ Цо лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду шуна". قُل لِّلْمُخَلَّفِينَ مِنَ الْأَعْرَابِ سَتُدْعَوْنَ إِلَى قَوْمٍ أُوْلِي بَأْسٍ شَدِيدٍ تُقَاتِلُونَهُمْ أَوْ يُسْلِمُونَ فَإِن تُطِيعُوا يُؤْتِكُمُ اللَّهُ أَجْرًا حَسَنًا وَإِن تَتَوَلَّوْا كَمَا تَوَلَّيْتُم مِّن قَبْلُ يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
17 Аят
БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгуш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – Цо вохуьйтур ву иза бошмашка 6 ‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ – Цо Iазап дийр ду цунна лазош долчу Iазапца. لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَى حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَمَن يَتَوَلَّ يُعَذِّبْهُ عَذَابًا أَلِيمًا
18 Аят
Резахили Дела муъма нахана, цара шаьш хьуна тешаме хир ду аьлла, дош луш дитта кIел 7 ‚ Цунна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссийра синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а, لَقَدْ رَضِيَ اللَّهُ عَنِ الْمُؤْمِنِينَ إِذْ يُبَايِعُونَكَ تَحْتَ الشَّجَرَةِ فَعَلِمَ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَنزَلَ السَّكِينَةَ عَلَيْهِمْ وَأَثَابَهُمْ فَتْحًا قَرِيبًا
19 Аят
Дуккха а хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. وَمَغَانِمَ كَثِيرَةً يَأْخُذُونَهَا وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
20 Аят
Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш – аш уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгаш 8 шуна тIера‚ муъма нахана билгало хилийтина /царна гIо хила/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа. وَعَدَكُمُ اللَّهُ مَغَانِمَ كَثِيرَةً تَأْخُذُونَهَا فَعَجَّلَ لَكُمْ هَذِهِ وَكَفَّ أَيْدِيَ النَّاسِ عَنكُمْ وَلِتَكُونَ آيَةً لِّلْمُؤْمِنِينَ وَيَهْدِيَكُمْ صِرَاطًا مُّسْتَقِيمًا
21 Аят
Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницкъ кхочур боцу 9 , Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш. وَأُخْرَى لَمْ تَقْدِرُوا عَلَيْهَا قَدْ أَحَاطَ اللَّهُ بِهَا وَكَانَ اللَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا
22 Аят
Шуьца тIом бича цатешначара – цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юхабевр бу 10 ) – тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а. وَلَوْ قَاتَلَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوَلَّوُا الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
23 Аят
Делан Iадат 11 ду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Iадатна хийцам. سُنَّةَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلُ وَلَن تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
24 Аят
Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ царна тIера Маккин БатIнехь 12 Цо шуна царна тIехь толам беллачул тIаьхьа 13 . Хилира Дела аш дийриг гуш. وَهُوَ الَّذِي كَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ عَنْهُم بِبَطْنِ مَكَّةَ مِن بَعْدِ أَنْ أَظْفَرَكُمْ عَلَيْهِمْ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا
25 Аят
Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Дезачу маьждигах‚ гIурбанна дойу бежана кхебира, сацийна, шен меттиге 14 дIакхачарх. Муъма божарий а, муъма зударий а ца хиллехьара /Маккин охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца – аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчар дара шух, ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетам чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусалбанаш/ къаьсташ хиллехьара, Оха Iазап дина хир дара царах (Маккин охIлах) цатешначарна лазош долу Iазапца. هُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَالْهَدْيَ مَعْكُوفًا أَن يَبْلُغَ مَحِلَّهُ وَلَوْلَا رِجَالٌ مُّؤْمِنُونَ وَنِسَاء مُّؤْمِنَاتٌ لَّمْ تَعْلَمُوهُمْ أَن تَطَؤُوهُمْ فَتُصِيبَكُم مِّنْهُم مَّعَرَّةٌ بِغَيْرِ عِلْمٍ لِيُدْخِلَ اللَّهُ فِي رَحْمَتِهِ مَن يَشَاء لَوْ تَزَيَّلُوا لَعَذَّبْنَا الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
26 Аят
Цатешначара хилийтира шайн дегнашкахь нуьцкъала оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло – тIаккха Дала Шен синпаргІато йоссийра Шен элчанна тIе а‚ муъма нахана тIе а‚ /сийдарца/ хаьржира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цунна (Делан къинхетамна) вуно хьакъ цуьнан (Маккин) охIлал 15 . Дела хили массо а хIума хууш верг. إِذْ جَعَلَ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْحَمِيَّةَ حَمِيَّةَ الْجَاهِلِيَّةِ فَأَنزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَى رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَلْزَمَهُمْ كَلِمَةَ التَّقْوَى وَكَانُوا أَحَقَّ بِهَا وَأَهْلَهَا وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
27 Аят
Бакъдира Дала Шен элчанна гIан 16 бакъдолчуьнца: шу гIур ма ду Дезачу Маьждига чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош даьшна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ дацдина‚ шу кхоьрур дац. Цунна хиира шуна цахуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а. لَقَدْ صَدَقَ اللَّهُ رَسُولَهُ الرُّؤْيَا بِالْحَقِّ لَتَدْخُلُنَّ الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ إِن شَاء اللَّهُ آمِنِينَ مُحَلِّقِينَ رُؤُوسَكُمْ وَمُقَصِّرِينَ لَا تَخَافُونَ فَعَلِمَ مَا لَمْ تَعْلَمُوا فَجَعَلَ مِن دُونِ ذَلِكَ فَتْحًا قَرِيبًا
28 Аят
Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а иза толийта массо а динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَى وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَكَفَى بِاللَّهِ شَهِيدًا
29 Аят
Мухьаммад – Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовшашна юкъахь. Хьуна го уьш гораоьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю – сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта 17 . Дала ваIда йина, Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю аьлла. مُّحَمَّدٌ رَّسُولُ اللَّهِ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّاء عَلَى الْكُفَّارِ رُحَمَاء بَيْنَهُمْ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِّنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا سِيمَاهُمْ فِي وُجُوهِهِم مِّنْ أَثَرِ السُّجُودِ ذَلِكَ مَثَلُهُمْ فِي التَّوْرَاةِ وَمَثَلُهُمْ فِي الْإِنجِيلِ كَزَرْعٍ أَخْرَجَ شَطْأَهُ فَآزَرَهُ فَاسْتَغْلَظَ فَاسْتَوَى عَلَى سُوقِهِ يُعْجِبُ الزُّرَّاعَ لِيَغِيظَ بِهِمُ الْكُفَّارَ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْهُم مَّغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا
1 Суратах فتح (Толам) аьлла Дала, муъма нахана кеста хир болчу толамца кхаъ боккху дела.
2 Макка хьоьга яккхийта сацам хилира Тхан. ХIара сурат доьссина ХIиджран 6-чу шарахь Хьудайбиятехь (Маккина къилбседехь йолу шерачу аренан меттиг) Маккин керстанашца машар бинчул тIаьхьа. Дуьххьара керстанаша бусалба дин ларар дара иза, Макка схьаяккхаран а, бусалба дин массанхьа даржаран а бух бара. Пайхамара элира, дуьненал а, цу чохь мел долчу хIуманал а дукха деза шена и сурат аьлла. صلح الحديبية "Сульхьуль Хьудайбият" – Хьудайбиятехь хилла машаран барт. ХIиджаран 6-чу шарахь хьаьж доьхкучу баттахь Делан элча цхьа эзар сов шен асхьабаца хьаьж дехка воьдуш хилла, шайгахь цхьа а герз доцуш. Хьудайбият олучу меттигехь царна дуьхьало йира керстанаша. Мухха делахь а, даккхий тасадаларш ца хуьлуш, гIуллакх машарехь дIадирзира. Пайхамара Маккин керстанашца 10 шарна машар бира. Цуьнца нийсадогIуш, пайхамар шен асхьабашца, хIокху шарахь хьаьж ца доьхкуш, юхаверза декхарийлахь хилира, тIедогIучу шарахь магийра цунна хьаьжцIа ван. Иштта цу бартаца бусалбанашна ведда тIевеана керста стаг дIавала везаш вара, ткъа бусалбанашкара ведда керстанашна тIевахана стаг керстанаша юхверзо ца везара. Иштта кхин гIелонаш хиллехь а, и барт дика лерина бусалбанашна. Цкъа-делахь, бусалбанаш керстанаша боккха ницкъ ларар дара иза. ШолгIа-делахь, бусалбанийн аьтто хилира машаран хьелашкахь дин даржо. Цундела Дала цу бартах "билгала толам" элира. Юьхьанца пайхамаран асхьабаш а ца кхийтира цунах. Х1оккхул некъ а бина, халонаш а лайна, хьаьж ца доьхкуш, юхаберза ца туьгура уьш. Хатт1абан к1ант 1умар веара Делан элчанна т1е, барт хоьттуш. «Хьо вац ткъа хьакъ-бакъ волу Делан пайхамар?» - элира цо. «Ву!» - жоп делира пайхамаро. «Вай дац ткъа бакъонна т1ехь? Вай мостаг1 вац ткъа харцонна т1ехь?» - юха а хаьттира цо. «Ду!» - элира элчано. «Т1аккха вай х1унда йолуьйту вайн динехь х1ара ледарло?» - ца соцура 1умар. Элчано д1атевира иза, олуш: «Со Делан элча ву, суна ца лаьа Цунна 1есалла ян, И суна г1о деш а волуш.»
3 Дала гIо дийр ду царна. Дуйнаца ч1аг1о яр – 1арбашха: بيعة,مبايعة Хьудайбиятехь мушрикаша дуьхьало йина шаьш совцийна болуш, пайхамаран асхьабаша цуьнан куьг лоцуш, дуй боуш, ч1аг1о йира шаьш Делан г1уллакхна т1ехь, дала реза а долуш , хьуна муьт1ахь хир ду аьлла. Дала, царна резахилла, хьоьца йина ч1аг1о Шеца йина ч1аг1о ю, боху. Цундела цунах аьлла بيعة الرضوان (Бай1ат ар - ридван) – « /Дела/ резахиларан ч1аг1о».
4 ГIазоте ца боьлхуш, цIахь бисинчара.
5 Ислам-дин т1еоьцур ду, бусалбанаш хир бу.
6 Ялсамане.
7 Хьудайбият олучу меттигехь Делан элча дитта кIел садаIа сацавелча, муъма наха байIат дира цуьнца (дуй биира, элчане куьг луш, шаьш Делан гIуллакхна дала а реза ду, аьлла), вай хьалха ма-хьаххи.
8 Муъма нах гIазоте бахча‚ Мадинатера жуьгтий хилла церан доьзалш байа лууш – Дала кхерам тесира церан дегнашка.
9 Парисашкара а‚ румошкара а хIонсаш хир ю хьуна тIаьхьа.
10 Бовдур бу уьш.
11 Гуттар лелаш Делан 1адат ду: дикачунна бекхам – диканиг, вочунна а, керстаналлина а бекхам – вониг.
12 Маккина уллохь йолу меттиг – Хьудайбият.
13 Керстанашца машар хилале хьалха бусалбанаш Хьудайбиятехь лаьтташ болуш, царна бохам бан веана хилла 80 мушрик. Бусалбанаша уьш, йийсаре лаьцна, пайхамарна тIебалийна хилла. Цо къинхетам бина, дIахецна. Иза хилира керстанашна бусалбанашца машар бан цхьа бахьана.
14 Хьажоша сагIина бежана доь меттиг – Мина.
15 Хьудайбиятехь хилла барт бусалбанашна пайдехь хили Маккин мушрикунашна хуьлучул.
16 Делан элчанна Хьудайбиятехь машар бале хьалха гIан гина хилла, ша а‚ шен асхьабаш а Маккина чу боьлхуш‚ шайн кортош а дошуш‚ месаш а яцъеш.
17 И ялта ч1аг1луш санна, ч1аг1луш бу пайхамаран асхьабаш а, бусалба дин а. Оцу г1уллакхо оьг1азбохуьйту керстанаш.