5. Сурат АЛЬ-МАИДА

Маидат
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 120 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай ийман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш[2]. Хьанал дина шуна хьайбанаш[3], шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам[4] дихкина долуш, таллар дина экха доцург а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву Шена луъург. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ أَوْفُواْ بِالْعُقُودِ أُحِلَّتْ لَكُم بَهِيمَةُ الأَنْعَامِ إِلاَّ مَا يُتْلَى عَلَيْكُمْ غَيْرَ مُحِلِّي الصَّيْدِ وَأَنتُمْ حُرُمٌ إِنَّ اللّهَ يَحْكُمُ مَا يُرِيدُ
2 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш хьанал ма де Делан Iадаташ (Дала хьарам динарг хьанал ма де)‚ хьарам беттанаш[5] а‚ хьаьжцIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу хьайбанаш а[6]‚ Хьарме[7] баьхкина нах‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болчу /лара уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьжалла даьстича, таллар де шайна акхарошна. /Хьалха/ шу Деза Маьждиге[8] ца дуьтуш хилла болчаьрга шун хиллачу цабезамо шу ма дуьгийла /хIинца/ царна тIелата (Делан дозанех довларна тIе). Аш вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аш вовшийн гIо ма лаца къинна тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву бекхам барехь. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تُحِلُّواْ شَعَآئِرَ اللّهِ وَلاَ الشَّهْرَ الْحَرَامَ وَلاَ الْهَدْيَ وَلاَ الْقَلآئِدَ وَلا آمِّينَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ يَبْتَغُونَ فَضْلاً مِّن رَّبِّهِمْ وَرِضْوَانًا وَإِذَا حَلَلْتُمْ فَاصْطَادُواْ وَلاَ يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ أَن صَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ أَن تَعْتَدُواْ وَتَعَاوَنُواْ عَلَى الْبرِّ وَالتَّقْوَى وَلاَ تَعَاوَنُواْ عَلَى الإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَاتَّقُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
3 Аят
Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIе йоккхуш дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна дийнарг а[9]‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхано дийнарг а, аш цIандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аш хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ т1улгана (ц1ушна)[10]лерина урс хьаькхнарг а‚ аш пхерчашца пал тесна декъна хилларг а. И песакъ хIума ду (Далла муьт1ахь хиларх д1авалар). Тахана дог диллина керстанаша шун динах[11]. Шу царах ма кхера. Шу Сох кхера. Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со Ислам шуна дин хиларца. Нагахь санна цхьанна чIогIачу мацаллехь /царах хIума/ ца ваьлла яахь, ша къа дарна тIегIерташ воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву (цу хьарам йолчух кIеззиг хIума яа мегар ду цунна мацалла ца вала). حُرِّمَتْ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةُ وَالْدَّمُ وَلَحْمُ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللّهِ بِهِ وَالْمُنْخَنِقَةُ وَالْمَوْقُوذَةُ وَالْمُتَرَدِّيَةُ وَالنَّطِيحَةُ وَمَا أَكَلَ السَّبُعُ إِلاَّ مَا ذَكَّيْتُمْ وَمَا ذُبِحَ عَلَى النُّصُبِ وَأَن تَسْتَقْسِمُواْ بِالأَزْلاَمِ ذَلِكُمْ فِسْقٌ الْيَوْمَ يَئِسَ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن دِينِكُمْ فَلاَ تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِ الْيَوْمَ أَكْمَلْتُ لَكُمْ دِينَكُمْ وَأَتْمَمْتُ عَلَيْكُمْ نِعْمَتِي وَرَضِيتُ لَكُمُ الإِسْلاَمَ دِينًا فَمَنِ اضْطُرَّ فِي مَخْمَصَةٍ غَيْرَ مُتَجَانِفٍ لِّإِثْمٍ فَإِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
4 Аят
Хьоьга хоьтту цара: "ХIун хьанал йина ю шайна /яа/?" бохуш. Ахь āла: "Хьанал йина шуна цIена хIуманаш а‚ Дала шайна Iамийнчух – аш Iамийна хилла долчу дйинато лаьцнарг[12] а. Аш даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цIе яккха цунна тIехь‚ Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела сиха ву хьесап дарехь ". يَسْأَلُونَكَ مَاذَا أُحِلَّ لَهُمْ قُلْ أُحِلَّ لَكُمُ الطَّيِّبَاتُ وَمَا عَلَّمْتُم مِّنَ الْجَوَارِحِ مُكَلِّبِينَ تُعَلِّمُونَهُنَّ مِمَّا عَلَّمَكُمُ اللّهُ فَكُلُواْ مِمَّا أَمْسَكْنَ عَلَيْكُمْ وَاذْكُرُواْ اسْمَ اللّهِ عَلَيْهِ وَاتَّقُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
5 Аят
Тахана хьанал йина цIена хIуманаш‚ жайнин охIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна а. Муъма зударех[13] цIена гIиллакхе берш (нахаца ца лелаш берш)‚ шул хьалха шайга жайна доссийначарех[14] цIена гIиллакхе зударий (нахаца ца лелаш берш) хьанал бу шуна /маре бало/‚ аш церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца хилча‚ доттагI лаца[15] гIерташ дацахь. Ийман харцдеш милла велахь а – цуьнан Iамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарах. الْيَوْمَ أُحِلَّ لَكُمُ الطَّيِّبَاتُ وَطَعَامُ الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ حِلٌّ لَّكُمْ وَطَعَامُكُمْ حِلُّ لَّهُمْ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الْمُؤْمِنَاتِ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ مِن قَبْلِكُمْ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ وَلاَ مُتَّخِذِي أَخْدَانٍ وَمَن يَكْفُرْ بِالإِيمَانِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ وَهُوَ فِي الآخِرَةِ مِنَ الْخَاسِرِينَ
6 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна т1ехIуьттуш (ламазна кечлуш), шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила голашка кхаччалц‚ шайн коьртах /хьаж т1ера к1есарк1агчу кхаччалц хица т1адийна шина куьйган п1елгаш д1а-схьа/ хьакха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайна т1ехь хи[16] делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ ц1анонна ваханчуьра веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь[17]‚ шуна хи ца карадахь – тема[18] де цIенчу латтаца. Аш хьакха цунах (латтах) шайн яххьех а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И Шен ниIмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш.

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِذَا قُمْتُمْ إِلَى الصَّلاةِ فاغْسِلُواْ وُجُوهَكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ إِلَى الْمَرَافِقِ وَامْسَحُواْ بِرُؤُوسِكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ إِلَى الْكَعْبَينِ وَإِن كُنتُمْ جُنُبًا فَاطَّهَّرُواْ وَإِن كُنتُم مَّرْضَى أَوْ عَلَى سَفَرٍ أَوْ جَاء أَحَدٌ مَّنكُم مِّنَ الْغَائِطِ أَوْ لاَمَسْتُمُ النِّسَاء فَلَمْ تَجِدُواْ مَاء فَتَيَمَّمُواْ صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُواْ بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُم مِّنْهُ مَا يُرِيدُ اللّهُ لِيَجْعَلَ عَلَيْكُم مِّنْ حَرَجٍ وَلَكِن يُرِيدُ لِيُطَهَّرَكُمْ وَلِيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

7 Аят
Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт Ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш āлар /дагадаийта/: "Ладуг1уш а ду, муьтIахь а ду"‚ аьлла. Шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг. وَاذْكُرُواْ نِعْمَةَ اللّهِ عَلَيْكُمْ وَمِيثَاقَهُ الَّذِي وَاثَقَكُم بِهِ إِذْ قُلْتُمْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَاتَّقُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
8 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу диггане а ма дуьгийла нийсо цаярна тIе. Нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аш дийриг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ كُونُواْ قَوَّامِينَ لِلّهِ شُهَدَاء بِالْقِسْطِ وَلاَ يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ عَلَى أَلاَّ تَعْدِلُواْ اعْدِلُواْ هُوَ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَى وَاتَّقُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
9 Аят
Дала ваIда йина ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а – царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а. وَعَدَ اللّهُ الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ
10 Аят
/Дин/ керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш – уьш бу жоьжахатин дай. وَالَّذِينَ كَفَرُواْ وَكَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
11 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо[19] – Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъма нах. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اذْكُرُواْ نِعْمَتَ اللّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ هَمَّ قَوْمٌ أَن يَبْسُطُواْ إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ فَكَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنكُمْ وَاتَّقُواْ اللّهَ وَعَلَى اللّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
12 Аят
Дала барт бира Исраилан кIенташца‚ царах шийтта тешаме стаг вахийтира Оха. Дала элира: "Со шуьца ву.” Аш ламаз хIоттадахь‚ закат лахь‚ Сан элчанех тешахь‚ аш цаьргахьа гIо даккхахь, аш Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Ас‚ бошмашна чу (ялсамане) дохуьйтур ма ду шу‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – нийса некъ тилийнарг ма ву и.

وَلَقَدْ أَخَذَ اللّهُ مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَآئِيلَ وَبَعَثْنَا مِنهُمُ اثْنَيْ عَشَرَ نَقِيبًا وَقَالَ اللّهُ إِنِّي مَعَكُمْ لَئِنْ أَقَمْتُمُ الصَّلاَةَ وَآتَيْتُمُ الزَّكَاةَ وَآمَنتُم بِرُسُلِي وَعَزَّرْتُمُوهُمْ وَأَقْرَضْتُمُ اللّهَ قَرْضًا حَسَنًا لَّأُكَفِّرَنَّ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَلأُدْخِلَنَّكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ فَمَن كَفَرَ بَعْدَ ذَلِكَ مِنكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاء السَّبِيلِ

13 Аят
Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хуьйцуш бу уьш шен меттигера[20]. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссийна хиллачух цхьа дāкъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатуьлур ма вац цаьргара тешнабехкана тIенисвларх‚ царах цхьа кIеззиг боцчучарах[21] бен. КъинтIера вала царна‚ гечде царна[22]. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш. فَبِمَا نَقْضِهِم مِّيثَاقَهُمْ لَعنَّاهُمْ وَجَعَلْنَا قُلُوبَهُمْ قَاسِيَةً يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَن مَّوَاضِعِهِ وَنَسُواْ حَظًّا مِّمَّا ذُكِّرُواْ بِهِ وَلاَ تَزَالُ تَطَّلِعُ عَلَىَ خَآئِنَةٍ مِّنْهُمْ إِلاَّ قَلِيلاً مِّنْهُمُ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاصْفَحْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
14 Аят
Оха ваIда ийцира тхо насараш (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа дāкъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух. Царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚ оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ уьш хIун деш хилла, аьлла. وَمِنَ الَّذِينَ قَالُواْ إِنَّا نَصَارَى أَخَذْنَا مِيثَاقَهُمْ فَنَسُواْ حَظًّا مِّمَّا ذُكِّرُواْ بِهِ فَأَغْرَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاء إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ وَسَوْفَ يُنَبِّئُهُمُ اللّهُ بِمَا كَانُواْ يَصْنَعُونَ
15 Аят
ХIай жайнин охIла! Веана шуьга Тхан элча[23]‚ аш жайнах хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деана шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а[24]. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ كَثِيرًا مِّمَّا كُنتُمْ تُخْفُونَ مِنَ الْكِتَابِ وَيَعْفُو عَن كَثِيرٍ قَدْ جَاءكُم مِّنَ اللّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُّبِينٌ
16 Аят
Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тIаьхьахIоьттинарг машаран некъашка[25]‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа. يَهْدِي بِهِ اللّهُ مَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَهُ سُبُلَ السَّلاَمِ وَيُخْرِجُهُم مِّنِ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِهِ وَيَهْدِيهِمْ إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
17 Аят
Керстаналла дина шаьш аьллачара: "Баккъалла а, Дела  И ма ву Марьяман кIант Масūхь[26]". Ахь āла: "Делера цхьанна хIуманна доладалуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масūхь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел дерг а?" Делан ма ду стигалийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву. لَّقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَآلُواْ إِنَّ اللّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ قُلْ فَمَن يَمْلِكُ مِنَ اللّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ أَن يُهْلِكَ الْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ وَمَن فِي الأَرْضِ جَمِيعًا وَلِلّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا يَخْلُقُ مَا يَشَاء وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
18 Аят
Жуьгташа а‚ насараша[27] а элира: "Тхо ду Делан кIентий а‚ Цуьнан дукхадезарш а". Ахь āла: "Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьанехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарах. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран а тIаьххьара/ дIадерзар". وَقَالَتِ الْيَهُودُ وَالنَّصَارَى نَحْنُ أَبْنَاء اللّهِ وَأَحِبَّاؤُهُ قُلْ فَلِمَ يُعَذِّبُكُم بِذُنُوبِكُم بَلْ أَنتُم بَشَرٌ مِّمَّنْ خَلَقَ يَغْفِرُ لِمَن يَشَاء وَيُعَذِّبُ مَن يَشَاء وَلِلّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
19 Аят
ХIай жайнин охIла! Веана шуьга Тхан элча /Мухьаммад/, билгаладоккхуш шуна /хIуманаш/ элчанаш бахкар сацаделла хиллачу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: "Ца веана тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веана тхоьга кхерам тосург". Веана шуьга кхаъ боккхург а‚ веана шуьга кхерам тосург[28] а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ عَلَى فَتْرَةٍ مِّنَ الرُّسُلِ أَن تَقُولُواْ مَا جَاءنَا مِن بَشِيرٍ وَلاَ نَذِيرٍ فَقَدْ جَاءكُم بَشِيرٌ وَنَذِيرٌ وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
20 Аят
/Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира паччахьаш, шуна делира Iаламех цхьанна ца делларг[29].

وَإِذْ قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ اذْكُرُواْ نِعْمَةَ اللّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَعَلَ فِيكُمْ أَنبِيَاء وَجَعَلَكُم مُّلُوكًا وَآتَاكُم مَّا لَمْ يُؤْتِ أَحَدًا مِّن الْعَالَمِينَ

21 Аят
ХIай сан къам! Чу гIо Дала шайна /хила/ яздина долчу дезачу лаьтта (махка)[30]‚ юха ма довла - тIаккха шу эшначаьрга д1адоьрзур ду". يَا قَوْمِ ادْخُلُوا الأَرْضَ المُقَدَّسَةَ الَّتِي كَتَبَ اللّهُ لَكُمْ وَلاَ تَرْتَدُّوا عَلَى أَدْبَارِكُمْ فَتَنقَلِبُوا خَاسِرِينَ
22 Аят
Цара элира: "ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даханне а цу чу гIур ма дац уьш арабовлалц цу чуьра. Уьш арабевлча цу чуьра – тхо чу гIур ду". قَالُوا يَا مُوسَى إِنَّ فِيهَا قَوْمًا جَبَّارِينَ وَإِنَّا لَن نَّدْخُلَهَا حَتَّىَ يَخْرُجُواْ مِنْهَا فَإِن يَخْرُجُواْ مِنْهَا فَإِنَّا دَاخِلُونَ
23 Аят
/Делах/ Кхоьруш болчарах Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла волчу шина стага элира: "Чу гIо царна[31] неIарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлла ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш делахь". قَالَ رَجُلاَنِ مِنَ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْعَمَ اللّهُ عَلَيْهِمَا ادْخُلُواْ عَلَيْهِمُ الْبَابَ فَإِذَا دَخَلْتُمُوهُ فَإِنَّكُمْ غَالِبُونَ وَعَلَى اللّهِ فَتَوَكَّلُواْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
24 Аят
Цара элира: "ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел бу‚ хьада хьо а, хьан Кхиош-Кхобург а гIо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Iийр ду". قَالُواْ يَا مُوسَى إِنَّا لَن نَّدْخُلَهَا أَبَدًا مَّا دَامُواْ فِيهَا فَاذْهَبْ أَنتَ وَرَبُّكَ فَقَاتِلا إِنَّا هَاهُنَا قَاعِدُونَ
25 Аят
Цо (Мусас) элира /Деле до1а деш/: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ со доладеш ма вац сан син а‚ сан вешин а бен‚ дIакъастаде тхо хIокху песакъ къомах /Хьан нийсачу хьукамца/". قَالَ رَبِّ إِنِّي لا أَمْلِكُ إِلاَّ نَفْسِي وَأَخِي فَافْرُقْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
26 Аят
Элира /Дала/: "Царна хьарам ю иза[32]. Шовзткъа шарахь бевлла лелар бу уьш лаьттахула. Ахь гIайгIа ма е песакъ къомах". قَالَ فَإِنَّهَا مُحَرَّمَةٌ عَلَيْهِمْ أَرْبَعِينَ سَنَةً يَتِيهُونَ فِي الأَرْضِ فَلاَ تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
27 Аят
Дийца царна Āдаман шина кIантах (Къабилах а, ХIабилах а) лаьцна бакъдерг. Хьахаде: цара шиммо а гIурба дийнера‚ цхьаннан (ХIабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан (Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: "Ас вуьйр ву хьо". Цо (ХIабила) элира: "Дала къобалдо /Делах/ кхоьруш болчеран.

وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ ابْنَيْ آدَمَ بِالْحَقِّ إِذْ قَرَّبَا قُرْبَانًا فَتُقُبِّلَ مِن أَحَدِهِمَا وَلَمْ يُتَقَبَّلْ مِنَ الآخَرِ قَالَ لَأَقْتُلَنَّكَ قَالَ إِنَّمَا يَتَقَبَّلُ اللّهُ مِنَ الْمُتَّقِينَ

28 Аят
Ахь суна хьан куьг айдахь со вен‚ ас айдийр ма дац сан куьг хьо вен. Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Iаламийн Дех. لَئِن بَسَطتَ إِلَيَّ يَدَكَ لِتَقْتُلَنِي مَا أَنَاْ بِبَاسِطٍ يَدِيَ إِلَيْكَ لَأَقْتُلَكَ إِنِّي أَخَافُ اللّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ
29 Аят
Суна лаьа хьо верза /Далла тIе/ сан къица а‚ хьан къица а – тIаккха хьо хир ву (жоьжахатин) цIеран дайх (цхьаъ). И бу бекхам зуламхошна". إِنِّي أُرِيدُ أَن تَبُوءَ بِإِثْمِي وَإِثْمِكَ فَتَكُونَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ وَذَلِكَ جَزَاء الظَّالِمِينَ
30 Аят
Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХIабил) вийра‚ – и хилира эшначарах. فَطَوَّعَتْ لَهُ نَفْسُهُ قَتْلَ أَخِيهِ فَقَتَلَهُ فَأَصْبَحَ مِنَ الْخَاسِرِينَ
31 Аят
Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайта‚ муха хьулдо шен вешин дакъа. Цо элира: "ОхI‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан /ца хууш/ сайн вешин дакъа". И хилира дохкобевллачарах[33]. فَبَعَثَ اللّهُ غُرَابًا يَبْحَثُ فِي الأَرْضِ لِيُرِيَهُ كَيْفَ يُوَارِي سَوْءةَ أَخِيهِ قَالَ يَا وَيْلَتَا أَعَجَزْتُ أَنْ أَكُونَ مِثْلَ هَذَا الْغُرَابِ فَأُوَارِيَ سَوْءةَ أَخِي فَأَصْبَحَ مِنَ النَّادِمِينَ
32 Аят
Цуьнан дуьхьа яздира Оха Исраилан кIенташка: са дийнарг‚ сина дуьхьал а я лаьттахь лелочу вочу хIуманна дуьхьал а доцуш‚ массо а нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо а нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш билгалонашца (Делан аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, дукхаберш царах цул тIаьхьа а лаьттахь тIаламза (Делан дозанал т1ехбовлурш) ма бу. مِنْ أَجْلِ ذَلِكَ كَتَبْنَا عَلَى بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنَّهُ مَن قَتَلَ نَفْسًا بِغَيْرِ نَفْسٍ أَوْ فَسَادٍ فِي الأَرْضِ فَكَأَنَّمَا قَتَلَ النَّاسَ جَمِيعًا وَمَنْ أَحْيَاهَا فَكَأَنَّمَا أَحْيَا النَّاسَ جَمِيعًا وَلَقَدْ جَاء تْهُمْ رُسُلُنَا بِالبَيِّنَاتِ ثُمَّ إِنَّ كَثِيرًا مِّنْهُم بَعْدَ ذَلِكَ فِي الأَرْضِ لَمُسْرِفُونَ
33 Аят
Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо гIертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирхъохкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор дуьхь-дуьхьал дерш [34]‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза хилар ду‚ эхартахь царна деза-доккха долу Iазап ду. إِنَّمَا جَزَاء الَّذِينَ يُحَارِبُونَ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَيَسْعَوْنَ فِي الأَرْضِ فَسَادًا أَن يُقَتَّلُواْ أَوْ يُصَلَّبُواْ أَوْ تُقَطَّعَ أَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُم مِّنْ خِلافٍ أَوْ يُنفَوْاْ مِنَ الأَرْضِ ذَلِكَ لَهُمْ خِزْيٌ فِي الدُّنْيَا وَلَهُمْ فِي الآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
34 Аят
Шу[35] шайна тIедерзале (шаьш жоьпе озадале) тōба дина боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а вуйла. إِلاَّ الَّذِينَ تَابُواْ مِن قَبْلِ أَن تَقْدِرُواْ عَلَيْهِمْ فَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
35 Аят
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтIахь хиларца, Iибадат дарца/ гергадало некъаш лехалаш[36]‚ Цуьнан дуьхьа къийсам латтабелаш – шу даккхийде там бу.

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اتَّقُواْ اللّهَ وَابْتَغُواْ إِلَيهِ الْوَسِيلَةَ وَجَاهِدُواْ فِي سَبِيلِهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

36 Аят
Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а къематдийнан Iазапна дуьхьал дала /цунах кIелхьардовлархьама/ – къобалдийр дацара цаьргара. Царна лазош долу Iазап ду. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَوْ أَنَّ لَهُم مَّا فِي الأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لِيَفْتَدُواْ بِهِ مِنْ عَذَابِ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَا تُقُبِّلَ مِنْهُمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
37 Аят
Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна /гуттар/ лаьтташ долу Iазап хир ду. يُرِيدُونَ أَن يَخْرُجُواْ مِنَ النَّارِ وَمَا هُم بِخَارِجِينَ مِنْهَا وَلَهُمْ عَذَابٌ مُّقِيمٌ
38 Аят
Къу, боьрша стеган а‚ къу зудчун а, – дIахедаде церан шиннан а куьйгаш цара лачкъийначунна дуьхьал бекхамна, Делера таIзарна[37]. И Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَالسَّارِقُ وَالسَّارِقَةُ فَاقْطَعُواْ أَيْدِيَهُمَا جَزَاء بِمَا كَسَبَا نَكَالاً مِّنَ اللّهِ وَاللّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
39 Аят
Шен зуламал тIаьхьа тōба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, – баккъалла а, Дала тōба къобалдийр ду цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. فَمَن تَابَ مِن بَعْدِ ظُلْمِهِ وَأَصْلَحَ فَإِنَّ اللّهَ يَتُوبُ عَلَيْهِ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
40 Аят
Хьуна ца хаьа, и Дела хилар стигалийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш? Шена луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ يُعَذِّبُ مَن يَشَاء وَيَغْفِرُ لِمَن يَشَاء وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
41 Аят
ХIай элча! Хьо сингаттаме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ уьш хиллехь а шаьш багахь аьллачарах: "Тешна тхо" - тешна дац церан дегнаш[38]; уьш хиллехь а шаьш харцдолчуьнга ладоьг1уш хиллачу, шаьш хьо волчу /куралла еш, ца бешаш / ца баьхкинчу кхечу нахе[39] ладоьг1уш хиллачу жуьгтех[40]. Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош[41]. Цара олу: "И шайга деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло[42]". Дала шена питана[43] лууш волчунна – цунна Делера цхьанна хIуманна доладийр дац ахь. Уьш бу Далла шайн дегнаш цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна деза-доккха Iазап ду. يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ لاَ يَحْزُنكَ الَّذِينَ يُسَارِعُونَ فِي الْكُفْرِ مِنَ الَّذِينَ قَالُواْ آمَنَّا بِأَفْوَاهِهِمْ وَلَمْ تُؤْمِن قُلُوبُهُمْ وَمِنَ الَّذِينَ هِادُواْ سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ سَمَّاعُونَ لِقَوْمٍ آخَرِينَ لَمْ يَأْتُوكَ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ مِن بَعْدِ مَوَاضِعِهِ يَقُولُونَ إِنْ أُوتِيتُمْ هَذَا فَخُذُوهُ وَإِن لَّمْ تُؤْتَوْهُ فَاحْذَرُواْ وَمَن يُرِدِ اللّهُ فِتْنَتَهُ فَلَن تَمْلِكَ لَهُ مِنَ اللّهِ شَيْئًا أُوْلَئِكَ الَّذِينَ لَمْ يُرِدِ اللّهُ أَن يُطَهِّرَ قُلُوبَهُمْ لَهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ وَلَهُمْ فِي الآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
42 Аят
ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу бахкахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дIаверза царах. Хьо царах дIавирзича‚ хIумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш. سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ أَكَّالُونَ لِلسُّحْتِ فَإِن جَآؤُوكَ فَاحْكُم بَيْنَهُم أَوْ أَعْرِضْ عَنْهُمْ وَإِن تُعْرِضْ عَنْهُمْ فَلَن يَضُرُّوكَ شَيْئًا وَإِنْ حَكَمْتَ فَاحْكُم بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ
43 Аят
Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Таврат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам долуш! ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъма нах. وَكَيْفَ يُحَكِّمُونَكَ وَعِندَهُمُ التَّوْرَاةُ فِيهَا حُكْمُ اللّهِ ثُمَّ يَتَوَلَّوْنَ مِن بَعْدِ ذَلِكَ وَمَا أُوْلَئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ
44 Аят
Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна /Делан гIуллакхна/ муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукам до/ раббанаша[44] а‚ ахьбараша[45] а Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш[46]. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукам ца дезаш я нийса ца лоруш белахь).

إِنَّا أَنزَلْنَا التَّوْرَاةَ فِيهَا هُدًى وَنُورٌ يَحْكُمُ بِهَا النَّبِيُّونَ الَّذِينَ أَسْلَمُواْ لِلَّذِينَ هَادُواْ وَالرَّبَّانِيُّونَ وَالأَحْبَارُ بِمَا اسْتُحْفِظُواْ مِن كِتَابِ اللّهِ وَكَانُواْ عَلَيْهِ شُهَدَاء فَلاَ تَخْشَوُاْ النَّاسَ وَاخْشَوْنِ وَلاَ تَشْتَرُواْ بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلاً وَمَن لَّمْ يَحْكُم بِمَا أَنزَلَ اللّهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ

45 Аят
Оха тIедиллина царна цу (Таврата) чохь: са – сица‚ бIаьрг – бIаьргаца‚ мара – мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю (чIир оьцур ю), аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна капарат (къинойх цIанвалар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш берш – уьш зуламхой бу. وَكَتَبْنَا عَلَيْهِمْ فِيهَا أَنَّ النَّفْسَ بِالنَّفْسِ وَالْعَيْنَ بِالْعَيْنِ وَالأَنفَ بِالأَنفِ وَالأُذُنَ بِالأُذُنِ وَالسِّنَّ بِالسِّنِّ وَالْجُرُوحَ قِصَاصٌ فَمَن تَصَدَّقَ بِهِ فَهُوَ كَفَّارَةٌ لَّهُ وَمَن لَّمْ يَحْكُم بِمَا أنزَلَ اللّهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
46 Аят
Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iийса‚ бакъдеш шел хьалха хилла Таврат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шел хьалха хилла Таврат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу. وَقَفَّيْنَا عَلَى آثَارِهِم بِعَيسَى ابْنِ مَرْيَمَ مُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَآتَيْنَاهُ الإِنجِيلَ فِيهِ هُدًى وَنُورٌ وَمُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةً لِّلْمُتَّقِينَ
47 Аят
Инжилан охIлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш – уьш песакъаш бу (Далла муьт1ахь ца хилларш). وَلْيَحْكُمْ أَهْلُ الإِنجِيلِ بِمَا أَنزَلَ اللّهُ فِيهِ وَمَن لَّمْ يَحْكُم بِمَا أَنزَلَ اللّهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
48 Аят
Хьоьга /хIай Мухьаммад/ доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шел хьалха хилла жайна‚ ша иза 1алашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деана долчу бакъдолчух. Шух хIоранна Оха шарI дина‚ /динехь/ билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара, цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь хьалхе яккха къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран а дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга шун хилпалонаш[47] шегахь хилларг. وَأَنزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ الْكِتَابِ وَمُهَيْمِنًا عَلَيْهِ فَاحْكُم بَيْنَهُم بِمَا أَنزَلَ اللّهُ وَلاَ تَتَّبِعْ أَهْوَاءهُمْ عَمَّا جَاءكَ مِنَ الْحَقِّ لِكُلٍّ جَعَلْنَا مِنكُمْ شِرْعَةً وَمِنْهَاجًا وَلَوْ شَاء اللّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَكِن لِّيَبْلُوَكُمْ فِي مَآ آتَاكُم فَاسْتَبِقُوا الخَيْرَاتِ إِلَى الله مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
49 Аят
/И доссийна Оха хьоьга омра деш/: хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царах, хьо цара дIатилаварах цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь, Дела лууш хилар уьш балане лаца церан цхьадолчу къинош бахьанехь. Баккъалла а, нахах дукхаберш песакъаш ма бу. وَأَنِ احْكُم بَيْنَهُم بِمَآ أَنزَلَ اللّهُ وَلاَ تَتَّبِعْ أَهْوَاءهُمْ وَاحْذَرْهُمْ أَن يَفْتِنُوكَ عَن بَعْضِ مَا أَنزَلَ اللّهُ إِلَيْكَ فَإِن تَوَلَّوْاْ فَاعْلَمْ أَنَّمَا يُرِيدُ اللّهُ أَن يُصِيبَهُم بِبَعْضِ ذُنُوبِهِمْ وَإِنَّ كَثِيرًا مِّنَ النَّاسِ لَفَاسِقُونَ
50 Аят
ЖехIаллин хьукамна тIетийжа уьш ткъа? Мила ву ткъа Делал хьукам хаза деш тешаш долчу къомана? أَفَحُكْمَ الْجَاهِلِيَّةِ يَبْغُونَ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللّهِ حُكْمًا لِّقَوْمٍ يُوقِنُونَ
51 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца жуьгтий а‚ насараш а шайна доттагIий[48]. Царах цхьаберш доттагIий бу вукхарна. Шух царах шена доттагIий лецнарг, – баккъалла а, и царах ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.

َا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَتَّخِذُواْ الْيَهُودَ وَالنَّصَارَى أَوْلِيَاء بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاء بَعْضٍ وَمَن يَتَوَلَّهُم مِّنكُمْ فَإِنَّهُ مِنْهُمْ إِنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

52 Аят
Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (песакъаш я мунепикъаш) сихлуш цаьргахь[49]‚ олуш: "Тхо кхоьруш ду тхуна /хIара/ гIуллакх цхьана балане д1ахьовза[50]". Дала тарло Шегара толам[51] бала‚ я цхьа гIуллакх дан[52] – тIаккха уьш ма буьсу шаьш хьулдинчух шайлахь дохкобевлла. فَتَرَى الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ يُسَارِعُونَ فِيهِمْ يَقُولُونَ نَخْشَى أَن تُصِيبَنَا دَآئِرَةٌ فَعَسَى اللّهُ أَن يَأْتِيَ بِالْفَتْحِ أَوْ أَمْرٍ مِّنْ عِندِهِ فَيُصْبِحُواْ عَلَى مَا أَسَرُّواْ فِي أَنْفُسِهِمْ نَادِمِينَ
53 Аят
Ийман диллинчара олу /жуьгташка, мунепикъийн хьолах цецбовлий/: хIорш бу и шайн чIогIа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш? Йоьхна церан Iамалш. Эшнарш хили уьш. وَيَقُولُ الَّذِينَ آمَنُواْ أَهَؤُلاء الَّذِينَ أَقْسَمُواْ بِاللّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ إِنَّهُمْ لَمَعَكُمْ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فَأَصْبَحُواْ خَاسِرِينَ
54 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дIаваьлча – тIаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъма нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тIехтохам бечун тIехтохамах ца кхоьруш. И Делан дозалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Iилма долуш а ву. يَا *أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ مَن يَرْتَدَّ مِنكُمْ عَن دِينِهِ فَسَوْفَ يَأْتِي اللّهُ بِقَوْمٍ يُحِبُّهُمْ وَيُحِبُّونَهُ أَذِلَّةٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ أَعِزَّةٍ عَلَى الْكَافِرِينَ يُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَلاَ يَخَافُونَ لَوْمَةَ لآئِمٍ ذَلِكَ فَضْلُ اللّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَاء وَاللّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
55 Аят
Баккъалла а, шун доттагI Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ ийман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хIоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш/Цунна/ гуорах1уьттуш[53] а болу. إِنَّمَا وَلِيُّكُمُ اللّهُ وَرَسُولُهُ وَالَّذِينَ آمَنُواْ الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلاَةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ رَاكِعُونَ
56 Аят
Дела а‚ Цуьнан элча а, ийман диллинарш а доттагIий лаьцнарг – баккъалла а, Делан тобанан /нах бу уьш/ - уьш бу толам боккхур берш. وَمَن يَتَوَلَّ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَالَّذِينَ آمَنُواْ فَإِنَّ حِزْبَ اللّهِ هُمُ الْغَالِبُونَ
57 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца, шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул хьалха шайга жайна даийтинчарах берш а‚ керстанаш а доттагIий. Шу Делах кхера, шаьш ийман диллина делахь.

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَتَّخِذُواْ الَّذِينَ اتَّخَذُواْ دِينَكُمْ هُزُوًا وَلَعِبًا مِّنَ الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ مِن قَبْلِكُمْ وَالْكُفَّارَ أَوْلِيَاء وَاتَّقُواْ اللّهَ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ

58 Аят
Аш ламазе кхайкхича, и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна, шаьш ойла ца еш долу къам. وَإِذَا نَادَيْتُمْ إِلَى الصَّلاَةِ اتَّخَذُوهَا هُزُوًا وَلَعِبًا ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لاَّ يَعْقِلُونَ
59 Аят
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла! Аш бекхам бо тхуна деккъа Оха ийман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дукхахберш песакъаш хиларна а". قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ هَلْ تَنقِمُونَ مِنَّا إِلاَّ أَنْ آمَنَّا بِاللّهِ وَمَا أُنزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنزِلَ مِن قَبْلُ وَأَنَّ أَكْثَرَكُمْ فَاسِقُونَ
60 Аят
Ахь āла: "Ас дIахоуьйтий шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилабелла берш нийсачу некъах". قُلْ هَلْ أُنَبِّئُكُم بِشَرٍّ مِّن ذَلِكَ مَثُوبَةً عِندَ اللّهِ مَن لَّعَنَهُ اللّهُ وَغَضِبَ عَلَيْهِ وَجَعَلَ مِنْهُمُ الْقِرَدَةَ وَالْخَنَازِيرَ وَعَبَدَ الطَّاغُوتَ أُوْلَئِكَ شَرٌّ مَّكَاناً وَأَضَلُّ عَن سَوَاء السَّبِيلِ
61 Аят
Шу долчу баьхкича /жуьгтийн мунепикъаш/, цара олу: "Тхо ийман диллина ду"‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг. وَإِذَا جَآؤُوكُمْ قَالُوَاْ آمَنَّا وَقَد دَّخَلُواْ بِالْكُفْرِ وَهُمْ قَدْ خَرَجُواْ بِهِ وَاللّهُ أَعْلَمُ بِمَا كَانُواْ يَكْتُمُونَ
62 Аят
Хьуна го царах дукхаберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг! وَتَرَى كَثِيرًا مِّنْهُمْ يُسَارِعُونَ فِي الإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
63 Аят
Уьш духа хIунда ца туху раббанаша а‚ ахьбараша[54] а къахиларан дашах а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг! لَوْلاَ يَنْهَاهُمُ الرَّبَّانِيُّونَ وَالأَحْبَارُ عَن قَوْلِهِمُ الإِثْمَ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَصْنَعُونَ
64 Аят
Жуьгташа элира: "Делан куьг дихкина ду[55]". Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла царна шаьш дуьйцург бахьанехь. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду[56]‚ Шена луучунна рицкъ луш ву И. Царах дукхаберш совбохур бу хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссийначо /Делан / дозанех бовларца а, керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь боьха[57] дерг даржадо цара. Далла безац боьханиг деш берш. وَقَالَتِ الْيَهُودُ يَدُ اللّهِ مَغْلُولَةٌ غُلَّتْ أَيْدِيهِمْ وَلُعِنُواْ بِمَا قَالُواْ بَلْ يَدَاهُ مَبْسُوطَتَانِ يُنفِقُ كَيْفَ يَشَاء وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِّنْهُم مَّا أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا وَأَلْقَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاء إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ كُلَّمَا أَوْقَدُواْ نَارًا لِّلْحَرْبِ أَطْفَأَهَا اللّهُ وَيَسْعَوْنَ فِي الأَرْضِ فَسَادًا وَاللّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ
65 Аят
Жайнин охIлано ийман диллина хиллехьара‚ /Делах/ кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш (къинош) дIадохур дара Оха царах‚ ниIматан ялсаманичу бохийтур бара уьш. وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْكِتَابِ آمَنُواْ وَاتَّقَوْاْ لَكَفَّرْنَا عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلأدْخَلْنَاهُمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ
66 Аят
Таврат а‚ Инжил а‚ /кхин/ шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг (х1ара сийлахь долу Къуръан) хIоттадеш уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара[58]. Царах нийса уммат[59] а ду. Царах дукхаберш вон хилла шаьш дечуьнца. وَلَوْ أَنَّهُمْ أَقَامُواْ التَّوْرَاةَ وَالإِنجِيلَ وَمَا أُنزِلَ إِلَيهِم مِّن رَّبِّهِمْ لأكَلُواْ مِن فَوْقِهِمْ وَمِن تَحْتِ أَرْجُلِهِم مِّنْهُمْ أُمَّةٌ مُّقْتَصِدَةٌ وَكَثِيرٌ مِّنْهُمْ سَاء مَا يَعْمَلُونَ
67 Аят
ХIай элча! ДIакхачаде хьайга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара охьадоссийнарг. Ахь и ца дахь – ахь кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларвийр ву хьо нахах. Баккъалла а, Дала ца нисдо керста къам.

يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ بَلِّغْ مَا أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ وَإِن لَّمْ تَفْعَلْ فَمَا بَلَّغْتَ رِسَالَتَهُ وَاللّهُ يَعْصِمُكَ مِنَ النَّاسِ إِنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ

68 Аят
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла! Шу цхьанна а хIуманна декъахь дац аш Таврат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга доссинарг а хIоттадалц". Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царах дукхаберш /Делан / дозанех бовларехь а, керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَسْتُمْ عَلَى شَيْءٍ حَتَّىَ تُقِيمُواْ التَّوْرَاةَ وَالإِنجِيلَ وَمَا أُنزِلَ إِلَيْكُم مِّن رَّبِّكُمْ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِّنْهُم مَّا أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا فَلاَ تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
69 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш (бусалбанаш) а‚ жуьгтий а‚ сабиунаш[60] а‚ насараш а – /царах/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а ийман а диллинарш‚ дика Iамал а йинарш /муьлш белахь а/ –/къематдийнан ирчаллин/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш /дуьненахь бухадиснарг бахьанехь/ сингаттаме а хир ма бац[61]. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَالَّذِينَ هَادُواْ وَالصَّابِؤُونَ وَالنَّصَارَى مَنْ آمَنَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وعَمِلَ صَالِحًا فَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
70 Аят
Исраилан кIенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а ийман дуьллур ду, аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мосазза веъча а‚ шайн синошна дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбора цара‚ цхьаберш бойу цара. لَقَدْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَأَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ رُسُلاً كُلَّمَا جَاءهُمْ رَسُولٌ بِمَا لاَ تَهْوَى أَنْفُسُهُمْ فَرِيقًا كَذَّبُواْ وَفَرِيقًا يَقْتُلُونَ
71 Аят
Царна моьтттура питана хир дац[62]‚ бIаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тIаккха Дала царна гечдира. ТIаккха царах дукхаберш /юха а/ бIаьрзе а‚ къора а хилира. Дела гуш ма ву цара дийриг. وَحَسِبُواْ أَلاَّ تَكُونَ فِتْنَةٌ فَعَمُواْ وَصَمُّواْ ثُمَّ تَابَ اللّهُ عَلَيْهِمْ ثُمَّ عَمُواْ وَصَمُّواْ كَثِيرٌ مِّنْهُمْ وَاللّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
72 Аят
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела – Марьяман кIант Масūхь ву" (Iийса). Масūхьа аьлла: "ХIай Исраилан кIентий! АллахIана Iибадат де – сан Далла а‚ шайн Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугIойла (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна гIоьнчий ма бац”. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُواْ إِنَّ اللّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ وَقَالَ الْمَسِيحُ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اعْبُدُواْ اللّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ إِنَّهُ مَن يُشْرِكْ بِاللّهِ فَقَدْ حَرَّمَ اللّهُ عَلَيهِ الْجَنَّةَ وَمَأْوَاهُ النَّارُ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنصَارٍ
73 Аят
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела ву кхааннах кхоалгIаниг[63]". Цхьа а кхин Дела вац И Ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь – царах шаьш керстанаш хиллачарах лазош долу Iазап хьакхалур ма ду. لَّقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُواْ إِنَّ اللّهَ ثَالِثُ ثَلاَثَةٍ وَمَا مِنْ إِلَهٍ إِلاَّ إِلَهٌ وَاحِدٌ وَإِن لَّمْ يَنتَهُواْ عَمَّا يَقُولُونَ لَيَمَسَّنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
74 Аят
Деле тōба хIунда ца до цара‚ Цуьнга гечдар а хIунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву. أَفَلاَ يَتُوبُونَ إِلَى اللّهِ وَيَسْتَغْفِرُونَهُ وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
75 Аят
Марьяман кIант Масūхь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дIабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш ший а хилла кхача[64] бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тIаккха а хьажал‚ муха Iехийна уьш (шайтIано). مَّا الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ إِلاَّ رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِ الرُّسُلُ وَأُمُّهُ صِدِّيقَةٌ كَانَا يَأْكُلاَنِ الطَّعَامَ انظُرْ كَيْفَ نُبَيِّنُ لَهُمُ الآيَاتِ ثُمَّ انظُرْ أَنَّى يُؤْفَكُونَ
76 Аят
Ахь āла: "Аш Iибадат до ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шайна зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву". قُلْ أَتَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللّهِ مَا لاَ يَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلاَ نَفْعًا وَاللّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
77 Аят
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла‚ шайн динехь дукха тIех ма довла бакъдерг доцучохь‚ шу тIаьхьа ма хIитта цхьана къоман дезаршна‚ ша хьалха тиладелла долчу къоманна‚ цо дукхаберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла". قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لاَ تَغْلُواْ فِي دِينِكُمْ غَيْرَ الْحَقِّ وَلاَ تَتَّبِعُواْ أَهْوَاء قَوْمٍ قَدْ ضَلُّواْ مِن قَبْلُ وَأَضَلُّواْ كَثِيرًا وَضَلُّواْ عَن سَوَاء السَّبِيلِ
78 Аят
Исраилан кIентех керстаналла диначарна неIалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кIентан Iийсан а багахула. И – цара йинчу Iесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду.

لُعِنَ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَى لِسَانِ دَاوُودَ وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ ذَلِكَ بِمَا عَصَوا وَّكَانُواْ يَعْتَدُونَ

79 Аят
Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехIи[65] ца деш. Ма вон ду-кх цара деш хилларг! كَانُواْ لاَ يَتَنَاهَوْنَ عَن مُّنكَرٍ فَعَلُوهُ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ
80 Аят
Хьуна го царах (жуьгтех) дукхаберш бу керстаналла диначарах доттагIий беш. Ма вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг – Дела шайна оьгIазвахийтар. Iазапехь уьш гуттар буьсур ма бу. تَرَى كَثِيرًا مِّنْهُمْ يَتَوَلَّوْنَ الَّذِينَ كَفَرُواْ لَبِئْسَ مَا قَدَّمَتْ لَهُمْ أَنفُسُهُمْ أَن سَخِطَ اللّهُ عَلَيْهِمْ وَفِي الْعَذَابِ هُمْ خَالِدُونَ
81 Аят
Делах а‚ пайхамарах а‚ цуьнга доссинчух а уьш тешаш хиллехьара‚ уьш доттагIий бина луьйцур бацара цара‚ мухха делахь а, царах дукхаберш песакъаш бу. وَلَوْ كَانُوا يُؤْمِنُونَ بِالله والنَّبِيِّ وَمَا أُنزِلَ إِلَيْهِ مَا اتَّخَذُوهُمْ أَوْلِيَاء وَلَكِنَّ كَثِيرًا مِّنْهُمْ فَاسِقُونَ ( الجزء السابع )
82 Аят
Хьуна карор ма бу ийман диллинчарна мостагIаллица нахах уггаре чIогIа берш жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна карор ма бу царах ийман диллинчарна безамца уггаре гергара берш шаьш аьлларш: "Баккъалла а, тхо насараш ду". Иза царах къиссисаш а‚ рухIбанаш[66] а хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду. لَتَجِدَنَّ أَشَدَّ النَّاسِ عَدَاوَةً لِّلَّذِينَ آمَنُواْ الْيَهُودَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُواْ وَلَتَجِدَنَّ أَقْرَبَهُمْ مَّوَدَّةً لِّلَّذِينَ آمَنُواْ الَّذِينَ قَالُوَاْ إِنَّا نَصَارَى ذَلِكَ بِأَنَّ مِنْهُمْ قِسِّيسِينَ وَرُهْبَانًا وَأَنَّهُمْ لاَ يَسْتَكْبِرُونَ
83 Аят
Шайна хезча элчане доссийнарг, хьуна го церан бIаьргаш бIаьрхийх буьзна шайна девзинчу бакъдолчух. Цара олу: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Оха ийман диллина. Ахь дIаязделахь тхо шахIадат далочаьрца[67]. وَإِذَا سَمِعُواْ مَا أُنزِلَ إِلَى الرَّسُولِ تَرَى أَعْيُنَهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ مِمَّا عَرَفُواْ مِنَ الْحَقِّ يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ
88 Аят
Аш даа Оха шайна деллачу рицкъанах хьанал а, цIена а дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех тешаш волчу. وَكُلُواْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللّهُ حَلاَلاً طَيِّبًا وَاتَّقُواْ اللّهَ الَّذِيَ أَنتُم بِهِ مُؤْمِنُونَ
89 Аят
Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо лоцу шу (бехке) дуйнашца аш чIагIдина хиллачуьнца. Цуьнан капарат[68] ду итт мискачунна кхача баор‚ юкъара аш шайн охIланна баош ма хуьлу, я царна духар далар а‚ я лай азатваккхар (парг1атваккхар) а. И ца карийначунна – кхаа дийнахь марха кхабар. И ду, аш биъча, шун дуйнийн капарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш. لاَ يُؤَاخِذُكُمُ اللّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَكِن يُؤَاخِذُكُم بِمَا عَقَّدتُّمُ الأَيْمَانَ فَكَفَّارَتُهُ إِطْعَامُ عَشَرَةِ مَسَاكِينَ مِنْ أَوْسَطِ مَا تُطْعِمُونَ أَهْلِيكُمْ أَوْ كِسْوَتُهُمْ أَوْ تَحْرِيرُ رَقَبَةٍ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلاَثَةِ أَيَّامٍ ذَلِكَ كَفَّارَةُ أَيْمَانِكُمْ إِذَا حَلَفْتُمْ وَاحْفَظُواْ أَيْمَانَكُمْ كَذَلِكَ يُبَيِّنُ اللّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
90 Аят
ХIай ийман диллинарш! ЧагIар а‚ майсир[69] а‚ цIуш[70] а‚ пхерчий[71] а – шайтIанан белхан рижс (боьха х1ума) ю‚ генадовла цунна – шу даккхийде тарло. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِنَّمَا الْخَمْرُ وَالْمَيْسِرُ وَالأَنصَابُ وَالأَزْلاَمُ رِجْسٌ مِّنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ فَاجْتَنِبُوهُ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
91 Аят
ШайтIанна лаьа чагIарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагIалла а‚ оьгIазло а йожо‚ Делан цIе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а. Аш ца соцуьйту[72]?! إِنَّمَا يُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَن يُوقِعَ بَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاء فِي الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ وَيَصُدَّكُمْ عَن ذِكْرِ اللّهِ وَعَنِ الصَّلاَةِ فَهَلْ أَنتُم مُّنتَهُونَ
92 Аят
Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу дIадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тIехь ду билгала дIакхачор[73]. وَأَطِيعُواْ اللّهَ وَأَطِيعُواْ الرَّسُولَ وَاحْذَرُواْ فَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُواْ أَنَّمَا عَلَى رَسُولِنَا الْبَلاَغُ الْمُبِينُ
93 Аят
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна къа дац цара /хьалха/ диъначунна[74] уьш кхоьруш хилча‚ ийман а диллича‚ дика Iамалш а йича‚ тIаккха а кхоьруш хилча‚ ийман диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш берш. لَيْسَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ جُنَاحٌ فِيمَا طَعِمُواْ إِذَا مَا اتَّقَواْ وَّآمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ ثُمَّ اتَّقَواْ وَّآمَنُواْ ثُمَّ اتَّقَواْ وَّأَحْسَنُواْ وَاللّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
94 Аят
ХIай ийман диллинарш! Зуьйр долуш ма ду шу Дала таллар дечу хIуманца (хьоза я кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тIекхиъна долчу[75], Далла вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тIаьхьа дозанах ваьлларг – цунна лазош долу Iазап ду.

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لَيَبْلُوَنَّكُمُ اللّهُ بِشَيْءٍ مِّنَ الصَّيْدِ تَنَالُهُ أَيْدِيكُمْ وَرِمَاحُكُمْ لِيَعْلَمَ اللّهُ مَن يَخَافُهُ بِالْغَيْبِ فَمَنِ اعْتَدَى بَعْدَ ذَلِكَ فَلَهُ عَذَابٌ أَلِيمٌ

95 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьждихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам[76] /сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я /цуьнан бекхам бу/ капарат дар – мискачу нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха кхабар[77]‚ шен гIуллакхан бāла Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Юха а цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза верг а ву‚ бекхам оьцуш а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَقْتُلُواْ الصَّيْدَ وَأَنتُمْ حُرُمٌ وَمَن قَتَلَهُ مِنكُم مُّتَعَمِّدًا فَجَزَاء مِّثْلُ مَا قَتَلَ مِنَ النَّعَمِ يَحْكُمُ بِهِ ذَوَا عَدْلٍ مِّنكُمْ هَدْيًا بَالِغَ الْكَعْبَةِ أَوْ كَفَّارَةٌ طَعَامُ مَسَاكِينَ أَو عَدْلُ ذَلِكَ صِيَامًا لِّيَذُوقَ وَبَالَ أَمْرِهِ عَفَا اللّهُ عَمَّا سَلَف وَمَنْ عَادَ فَيَنتَقِمُ اللّهُ مِنْهُ وَاللّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
96 Аят
Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ /новкъахь/ боьлхучу нахана а /хьанал бу/ пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаж (я 1умрат) дихкина мел ду. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе гулдийр долчу. أُحِلَّ لَكُمْ صَيْدُ الْبَحْرِ وَطَعَامُهُ مَتَاعًا لَّكُمْ وَلِلسَّيَّارَةِ وَحُرِّمَ عَلَيْكُمْ صَيْدُ الْبَرِّ مَا دُمْتُمْ حُرُمًا وَاتَّقُواْ اللّهَ الَّذِيَ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
97 Аят
Дала дина КаIба – хьурман цIа[78] – нахана гIоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман[79] бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хIума хууш верг вуйла. جَعَلَ اللّهُ الْكَعْبَةَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ قِيَامًا لِّلنَّاسِ وَالشَّهْرَ الْحَرَامَ وَالْهَدْيَ وَالْقَلاَئِدَ ذَلِكَ لِتَعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ وَأَنَّ اللّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
98 Аят
Хаалаш‚ Дела таIзарехь чIогIаниг вуйла а‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а вуйла а. اعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ وَأَنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
99 Аят
Элчанна тIехь дIакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аш гучудоккхург а‚ аш къайладоккхург а. َّ مَّا عَلَى الرَّسُولِ إِلاَّ الْبَلاَغُ وَاللّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ
100 Аят
Ахь āла: "Боьханиг а‚ цIенаниг а цхьатерра дац‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаш байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералаш‚ хIай хьекъал дерш‚ шу даккхийден мега!" قُل لاَّ يَسْتَوِي الْخَبِيثُ وَالطَّيِّبُ وَلَوْ أَعْجَبَكَ كَثْرَةُ الْخَبِيثِ فَاتَّقُواْ اللّهَ يَا أُوْلِي الأَلْبَابِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
101 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ма хетталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь – шуна цатам бийр бу цара. Аш царах Къуръан дуссучу хенахь хеттахь‚ уьш шуна гучуевр ю – Дала гечдина царах. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре[80] верг а ву (шун таIзар ца деш).

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَسْأَلُواْ عَنْ أَشْيَاء إِن تُبْدَ لَكُمْ تَسُؤْكُمْ وَإِن تَسْأَلُواْ عَنْهَا حِينَ يُنَزَّلُ الْقُرْآنُ تُبْدَ لَكُمْ عَفَا اللّهُ عَنْهَا وَاللّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ

102 Аят
Царах хаьттира шул хьалха цхьана къомо – тIаккха цара керстаналла дира цуьнца. قَدْ سَأَلَهَا قَوْمٌ مِّن قَبْلِكُمْ ثُمَّ أَصْبَحُواْ بِهَا كَافِرِينَ
103 Аят
Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а[81]‚ саибат а[82]‚ василат а[83]‚ хьам а[84]‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царах дукхахберш кхеташ ма бац. مَا جَعَلَ اللّهُ مِن بَحِيرَةٍ وَلاَ سَآئِبَةٍ وَلاَ وَصِيلَةٍ وَلاَ حَامٍ وَلَكِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ يَفْتَرُونَ عَلَى اللّهِ الْكَذِبَ وَأَكْثَرُهُمْ لاَ يَعْقِلُونَ
104 Аят
Цаьрга элча: "Схьадуьйла Дала доссийначунна тIе а‚ элчанна тIе а"‚ цара олу: "Тоам бу тхуна тхан дай шена тIехь карийнарг". Церан дай хIумма хууш ца хиллехь а‚ нийсачу новкъахь ца хиллехь а? /ТIаккха а тIаьхьахIутту уьш царна?/ وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْاْ إِلَى مَا أَنزَلَ اللّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ قَالُواْ حَسْبُنَا مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءنَا أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ شَيْئًا وَلاَ يَهْتَدُونَ
105 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шуна т1ехь ду аш шайн синош шаьш 1алашдар. Шуна зен дийр ма дац ша тилавеллачо, шу нийсачу новкъахь хиллехь. Шун массеран а дIадерзар Деле ду‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ عَلَيْكُمْ أَنفُسَكُمْ لاَ يَضُرُّكُم مَّن ضَلَّ إِذَا اهْتَدَيْتُمْ إِلَى اللّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
106 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шух цхьанна, валар тIе а деана, весет деш, шуна юккъехь тешалла дан деза шух[85] Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу[86] кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш, шу 1ожаллин балано схьалаьцнехь[87]. Уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз динчул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу, шу шеко еш делахь[88]: «Цуьнца мах ца оьцу оха, и /шена оха тешалла деш верг / гергара велахь а. Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь – тхо хир ма ду къинош дечарах"‚ аьлла. يِا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ شَهَادَةُ بَيْنِكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ حِينَ الْوَصِيَّةِ اثْنَانِ ذَوَا عَدْلٍ مِّنكُمْ أَوْ آخَرَانِ مِنْ غَيْرِكُمْ إِنْ أَنتُمْ ضَرَبْتُمْ فِي الأَرْضِ فَأَصَابَتْكُم مُّصِيبَةُ الْمَوْتِ تَحْبِسُونَهُمَا مِن بَعْدِ الصَّلاَةِ فَيُقْسِمَانِ بِاللّهِ إِنِ ارْتَبْتُمْ لاَ نَشْتَرِي بِهِ ثَمَنًا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَى وَلاَ نَكْتُمُ شَهَادَةَ اللّهِ إِنَّا إِذًا لَّمِنَ الآثِمِينَ
107 Аят
Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар[89] – кхин шиъ хIуттур ву церан меттана‚ хьалхалерачу шиннал /ирс эцарехь/ гергара волу. Цара шиммо дуй буур бу Делаца: "Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь – тхо зулам диначарах хир ма дара". فَإِنْ عُثِرَ عَلَى أَنَّهُمَا اسْتَحَقَّا إِثْمًا فَآخَرَانِ يِقُومَانُ مَقَامَهُمَا مِنَ الَّذِينَ اسْتَحَقَّ عَلَيْهِمُ الأَوْلَيَانِ فَيُقْسِمَانِ بِاللّهِ لَشَهَادَتُنَا أَحَقُّ مِن شَهَادَتِهِمَا وَمَا اعْتَدَيْنَا إِنَّا إِذًا لَّمِنَ الظَّالِمِينَ
108 Аят
И герга ду цара тешалла дарна /нийсачу/ куьцехь‚ я уьш кхоьруш хиларна /кхин/ дуйнаш баийтарх шайн дуйнел тIаьхьа /т1аккха шаьш сийсаза хиларна/. Шу Делах кхералаш‚ ладугIуш а хилалаш‚ Дала нис ца до песакъ къам. ذَلِكَ أَدْنَى أَن يَأْتُواْ بِالشَّهَادَةِ عَلَى وَجْهِهَا أَوْ يَخَافُواْ أَن تُرَدَّ أَيْمَانٌ بَعْدَ أَيْمَانِهِمْ وَاتَّقُوا اللّهَ وَاسْمَعُواْ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
109 Аят
Оцу (къемат)дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: "ХIун жоп[90] делла шуьга". Цара (элчанаш) эр: "Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш дика хуург".

يَوْمَ يَجْمَعُ اللّهُ الرُّسُلَ فَيَقُولُ مَاذَا أُجِبْتُمْ قَالُواْ لاَ عِلْمَ لَنَا إِنَّكَ أَنتَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ

110 Аят
Дала аьллера[91]: "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Ас чIагI ма вира хьо Дезачу Сица[92]‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера х1ума, Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бIаьрса доцург а‚ барс[93] цамгар ерг а Сан пурбанца[94]. Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царах керстанаша ма элира: "Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ", إِذْ قَالَ اللّهُ يَا عِيسى ابْنَ مَرْيَمَ اذْكُرْ نِعْمَتِي عَلَيْكَ وَعَلَى وَالِدَتِكَ إِذْ أَيَّدتُّكَ بِرُوحِ الْقُدُسِ تُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلاً وَإِذْ عَلَّمْتُكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالإِنجِيلَ وَإِذْ تَخْلُقُ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ بِإِذْنِي فَتَنفُخُ فِيهَا فَتَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِي وَتُبْرِىءُ الأَكْمَهَ وَالأَبْرَصَ بِإِذْنِي وَإِذْ تُخْرِجُ الْمَوتَى بِإِذْنِي وَإِذْ كَفَفْتُ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَنكَ إِذْ جِئْتَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِنْهُمْ إِنْ هَذَا إِلاَّ سِحْرٌ مُّبِينٌ
111 Аят
Ас дагчу ма диллира хьаварешна[95] Соьга а‚ Сан элчане а ийман дилла‚ аьлла. Цара элира: "Оха ийман диллина‚ ахь тешалла де тхо бусулбанаш[96] хилар ". وَإِذْ أَوْحَيْتُ إِلَى الْحَوَارِيِّينَ أَنْ آمِنُواْ بِي وَبِرَسُولِي قَالُوَاْ آمَنَّا وَاشْهَدْ بِأَنَّنَا مُسْلِمُونَ
112 Аят
Хьавареша ма элира: "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?" Цо элира: "Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь ". إِذْ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ هَلْ يَسْتَطِيعُ رَبُّكَ أَن يُنَزِّلَ عَلَيْنَا مَآئِدَةً مِّنَ السَّمَاء قَالَ اتَّقُواْ اللّهَ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
113 Аят
Цара элира: "Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а". قَالُواْ نُرِيدُ أَن نَّأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَن قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ
114 Аят
Марьяман кIанта Iийсас элира (Деле ло1а деш): "Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву". قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنزِلْ عَلَيْنَا مَآئِدَةً مِّنَ السَّمَاء تَكُونُ لَنَا عِيداً لِّأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِّنكَ وَارْزُقْنَا وَأَنتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
115 Аят
Дала элира: "Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара". قَالَ اللّهُ إِنِّي مُنَزِّلُهَا عَلَيْكُمْ فَمَن يَكْفُرْ بَعْدُ مِنكُمْ فَإِنِّي أُعَذِّبُهُ عَذَابًا لاَّ أُعَذِّبُهُ أَحَدًا مِّنَ الْعَالَمِينَ
116 Аят
Дала эр[97]: "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?" Цо эр: "Хьо цIанво ас‚ ма дац суна /томе/ ас āлар айса āла хьакъ доцург. Ас и аьлла хиллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьуна ма хаьа соьгахь дерг, суна ма ца хаьа Хьоьгахь дерг. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш т1ех дика хуург.

وَإِذْ قَالَ اللّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ أَأَنتَ قُلتَ لِلنَّاسِ اتَّخِذُونِي وَأُمِّيَ إِلَهَيْنِ مِن دُونِ اللّهِ قَالَ سُبْحَانَكَ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أَقُولَ مَا لَيْسَ لِي بِحَقٍّ إِن كُنتُ قُلْتُهُ فَقَدْ عَلِمْتَهُ تَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِي وَلاَ أَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِكَ إِنَّكَ أَنتَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ

117 Аят
Ца элира ас цаьрга Ахь соьга шеца омра динарг бен – "Iибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу". Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахь со Хьайга хьалаваьккхинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо а хIуманан теш ма ву. مَا قُلْتُ لَهُمْ إِلاَّ مَا أَمَرْتَنِي بِهِ أَنِ اعْبُدُواْ اللّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ وَكُنتُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا مَّا دُمْتُ فِيهِمْ فَلَمَّا تَوَفَّيْتَنِي كُنتَ أَنتَ الرَّقِيبَ عَلَيْهِمْ وَأَنتَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
118 Аят
Ахь царна Iазап дахь а – уьш Хьан леш бу-кх‚ Ахь царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукам нийса деш верг а ву-кх". إِن تُعَذِّبْهُمْ فَإِنَّهُمْ عِبَادُكَ وَإِن تَغْفِرْ لَهُمْ فَإِنَّكَ أَنتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
119 Аят
Дала эр: "ХIара де ду бакълийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) хир ю‚ шайн бухахула оьхуш хиш долуш‚ цу чохь буьсур бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза сийлахь-боккха толам бу-кх". قَالَ اللّهُ هَذَا يَوْمُ يَنفَعُ الصَّادِقِينَ صِدْقُهُمْ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا رَّضِيَ اللّهُ عَنْهُمْ وَرَضُواْ عَنْهُ ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
120 Аят
Делан ду-кх стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ берг. لِلّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا فِيهِنَّ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
[1]Маидат – مائدة Шун. Iийса пайхамаре цунна тIаьхьахIиттинчу нехан дехарца Дала стиглара доссийна хилла долу тайп-тайпанчу даарийн шун.
[2]Шаьш цхьанца бина хилла болу барт‚ договор.
[3]Хьайбанаш – кхузахь: эмкал‚ етт‚ уьстагIий – уьш шуна даа хьанал ду.
[4]Хьаьждехкар. Хьаьж дихкинчунна хьарам ду олхазарш‚ кхин акхарий лийца‚ уьш даа.
[5]Хьарам беттанаш – Дала базбина, шайна чохь тIом бан ца мега беттанаш: зуль къаIда‚ зуль хьиджа‚ мухьаррам‚ ражаб.
[6]Нахана довзийтархьама логах кхазийна хIуманаш.
[7]Хьарм – Ка1ба, хьаьжц1а.
[8]Деза Маьждиг – Маккахь КаIбина гонахь долу бусалба динан коьрта маьждиг. Цигахь тIом бан мегаш дац.
[9]Цуьнца нислуш ду ша электрически токаца дийна долу бежана а.
[10]Т1улг (ц1у) – 1аьрбийн маттахь: ألنصب (Аль-нусуб). Кхузахь: жех1ал заманчохь Хьажц1ин гонахь хилла болу боьг1на т1улг (идол). И базбеш хилла мушрикаша (дуккха деланаш бу бохучара), цунна лерина г1урбанан бежнаш а дойуш. И хьарам деш ду Дала.
[11]Шу ислам дин д1атесна, шайн хьалха хиллачунна т1е юхадерзарх х1инца дог диллина керстанаша.
[12]Аш Iамийна долчу‚ масала‚ жIаьло лаьцна шуна олхазар – и даа хьанал ду шуна урс хьаькхинчул т1аьхьа.
[13]Муъма зуда – бусалба зуда.
[14]Шул хьалха шайга жайна доссийнарш – жайнин охIла: жуьгтий а‚ насараш а (христианаш). Цара бина кхача хьанал бу бусалбанашна‚ церан цIена‚ гIиллакхе зударий бало мегар ду, шайна дог1у урдо луш, шарIаца чIагIбеш‚ боьха дерг лело ца гIерташ.
[15]ДоттагI лацар – шар1аца шен долахь йоцчу зудчуьнца къайлаха лелар (зина дар).
[16] Т1ехь хи хилар – кхузахь: зудчуьнца гергара юкъаметтиг хиллачул тIаьхьа лийчаза верг.
[17]Я шу зударех хьакхаделлехь - Къуръанчохь: أَوْ لاَمَسْتُمُ النِّسَاء И дош ( لامس Лямаса -хьакхавалар) тидарехь 1еламнахана юккъехь хилпалонаш ю. Шафи1ис ламаз карара долуьйту хийрачу, яло мегаш йолчу зудчух дуьхьал х1ума а йоцуш муьлххачу кепара хьакхавелча, Абу-Хьанифата ца долуьйту. Цо и гергарчу юкъаметтигна т1едихьна. Ткъа Малика шовкъ йолуш хьакхавелча а бен ца долуьйту.
[18]Тема – шена хи ца карийча, ламаз эца я шена хи тIера даккха магош ду шен куьйгаш цIенчу лаьттах тухуш, и юьхьах а‚ т1аккха юха а лаьттах тухуш, куьйгий бухахула пхьаьрсех а хьакхарца‚ ният деш‚ хьалха вай ма-аллара.
[19]Дала бусалба нахана дагадоуьйтуш ду: Хьудайбият дийнахь къурайшаша вахийтина хилла 50 стаг бусалба нахана цIеххьана тIе а латий, уьш байа‚ аьлла. Хьудайбият – Маккана генахь йоцу цхьа юрт. Цигахь машар бина бусалбанаша керстанашца 10 шарна.
[20]Таврат чохь дерг хуьйцуш‚ шайгара яздеш.
[21]Царах цхьа к1еззиг берш боцучара тешнабехк бийр бу хьуна.
[22]Оцу аятан хьукам дIадаьккхина "Бараат" ("Тавбат") суратан аяташа, джизьят (гIуда) тIедилларца.
[23]Мухьаммад пайхамар, Делера салам хуьлда цунна.
[24]Сийлахь долу Къуръан.
[25]Машаран некъ-кхузахь: жоьжахатих к1елхьарвоккху ялсамане вуьгу некъ.
[26]Масихь-1аьрбийн маттахь مسيح «Хьаьхнарг». Грекийн маттахь: Христос. Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
[27]Насараш – христианаш. Нохчийн маттахь "христиан" олу дош "керста" олуш гочдеш дара. Цигара схьадаьлла ду и дош. Делахь а, "керста" боху дош дIадирзина вайлахь "уггар Делах цатешарг ", "Далла инкарло еш верг" бохучу маьIне. Кхузахь а‚ кхечахьа а "керста" бохург цу маьIнехь далош ду‚ ткъа "христианаш" боху дош "насараш" я "масихьаш" аьлла хир ду.
[28]Кхаъ боккхург‚ кхерам тосург – иштта гочдеш ду 1аьрбийн дешнаш: بشير, نذير ( башир, назир): элча‚ тешначарна ялсаманица кхаъ боккхуш волу‚ цатешначарна Iазап хир ду‚ аьлла‚ кхерам тосуш волу.
[29]Фир1авнан йийсарах хьалхадехира шу, х1орд бийкъира шуна …
[30]Деза латта – кхузахь: Палестинехь йолу г1ала- Байт аль - Макъдис (цуьнан кхин ц1ерш: Къудс, аль-Байт аль- Мукъаддас,Иерусалим). Иштта аьлла цунах цигахь дукха пайхамарш баьхна дела.
[31]Къудсехь (Иерусалимехь) болчу керстанашна. Уьш хилла ЮшаI а, Калиба а – ши ийман диллина стаг.
[32]Иерусалим‚ Палестина.
[33]И шен ваша верна дохко ца ваьллера Къабил - цуьнан дакъа шена дIахьулдан цахаарх дохковаьллера.
[34]Аьтту куьг а‚ аьрру ког а.
[35]Шун хьаькам я къеда царна та1зар дан т1еверзале.
[36]И Дела резахиларна гергавохуьйту Iамал елаш.
[37]Бусалба динан критикашна х1ума лач1къинчун куьг хадор ч1ог1а къиза та1зар хета. Ткъа и иштта дац. Цкъа-делахь, и та1зар кхочушдан шар1ан кхиэло тидаме эца дезаш ду дуккха шарт1аш, царах ду: зуламхо тешаша тешалла дарца я ша къарваларца билгалаваьккхина хилар, зуламхо кхоччуш шен декхарш кхочушдалеш хилар, лач1къийна х1ума мехала хилар (динаран 4-г1а дакъа я цул алсам = 1.5 грамм я цул алссам дешин барам), д1алач1къийначуьра къайлаха схьаэцна хилар, лач1къийна х1ума ша и саннарг 1алашйечу кепара 1алашйина хилар. Шолг1а- делахь, оцу кепара та1зар даро и тайпа зуламаш дерриг д1а ца дахахь, шеко йоцуш, к1еззиг дийр ду. Вайна гуш ду х1уманаш лач1къийнарш набахти чохь хаза хан йоккхий, цигара арабевлача, шайн зуламашна т1е юхаберзар.
[38]Уьш бу мунепикъаш.
[39]Уьш хилла Хайбарехь бехаш хилла болу жуьгтий.
[40]Уьш хилла бану-къаризат тайпанан жуьгтий. Цара лелош долчу вочу х1уманаша а пошме ма войла хьо, боху Дала Мухьаммад элчане ﷺ .
[41]Таврата чохь дерг хуьйцуш.
[42]Шайн цхьана хьал долчу стага гIалат (къа) дича‚ цуьнан бекхам Таврата чохь чIогIа хилча‚ цара олуш хилла: "Хьада, Мухьаммаде дайта хьукам. И к1еда делахь  къобалде‚ чIогIа делахь – ларло‚ генавала цунах".
[43]Питана – кхузахь: керстаналла, тилавалар.
[44]Раббанаш – жуьгтех Далла дуккха Iибадат деш берш.
[45]Ахьбараш – жуьгтийн динан 1еламнах.
[46]Уьш бара Делан жайна Таврат 1алашдарна, цахийцийтарна т1ехьоьттина лаьтташ.
[47]Хилпалонаш – галморзахдаларш, цхьаьнацадараш.
[48]Доттаг1ий - иштта гочдеш ду кхузахь а, кхечахь а 1аьрбийн اولياء Авлияъ (цхьаъ - ولي Вали) боху дош. Цуьнан кхин маь1наш хила тарло: ч1ог1а дукхавезарг, г1одийриг, х1уманна доладийриг. цхьана г1уллакхна т1ех1оьттинарг …
[49]Цаьрца доттагIалла лаца сихлуш.
[50]Мухьаммадан г1уллакх к1елдисна и жуьгтий тола мега, т1аккха цара шайна зуламаш дийр ду , олуш хилла оцу мунепикъаша шаьш жуьгтех а, кхечарех а бусалбанашна дуьхьал доттаг1ий лецарна бехказлонаш еш.
[51]Макка схьайоккхуьйтур ю Дала бусалбанашка Шегара г1оьнца.
[52]Масала, кхерам таса керстанийн дегнашка, жуьгтийн бани-Надир тайпанан дегнашка тасарх терра.
[53]Гуорах1уьттуш бу – Далла чIогIа муьтIахь хилла‚ Цунна сужуд деш бу.
[54]Раббанаш – жуьгтийн Далла Iибадат деш хилла болу нах‚ я церан фикъ Iилманан нах; ахьбараш – жуьгтийн Iеламнах.
[55]Дела б1аьрмециг ву‚ Цо шайна рицкъ ца ло‚ элира жуьгташа, шайна гIело хилча.
[56]Делан ши куьг даржийна ду – Дела ч1ог1а комаьрша ву, Шен лешна шортта рицкъ луш.
[57]1арбашха: فسد фасада вон х1ума дар, х1ума я цхьа г1уллакх талхор, боьха лелар. مفسد (مفسدون) муфсид (муфсидун) боьха лелаш верг (берш).
[58]Шортта рицкъ, алссам ни1маташ лур дара Дала царна.
[59]Уьш бу жайнин ох1лах Мухьаммад пайхамар бакъвинарш, жуьгтийн 1абдуллах1 бин Салам а, насарийн (хьабшийн) Нажаши а, парисойн Салман а саннарш.
[60]Сабиунаш – жуьгтех цхьа тоба, я насарех седарчий даздеш хилла йолу цхьа тоба.
[61]Оцу аятан маь1на ду, Ибн-Касира ма баххара: муьлхха а хьалха хьахийначу динийн тоба, ша Деле а, т1аьххьарчу дийне а ийман диллина хилла йолу, дика 1амал йина хилла йолу (цунах дика 1амал ца хуьлу Дала Шен т1аьххьара элча Мухьаммад ваийтинчул т1аьхьа цуьнан шари1атаца нийса йог1уш яцахь) кхераме хир яц къематдийнахь шена дуьхьалкхетар долчух, сингаттаме хир яц ша дуьненахь бухадуьтучух.
[62]Шаьш элчанаш харцбарна а, уьш байарна а шайн Делера Iазап хир дац моьттура царна (жуьгташна).
[63]Насараша Дела кхаа юьхьаца ву олу (троица): Дела-да‚ Дела-кIант (Iийса)‚ Дела-са (Джабраил малик).
[64]Адамаш хилла уьш (Дела хила таро яцара царах‚ керстанаш ма бохху).
[65]НехIи – вониг ма де олу омра.
[66]Къиссисаш а, рух1банаш а – Насарийн динан 1еламнах а, Далла нуьцкъала 1ибадат деш берш а. Х1ара насараш хестош долу аят доьссина Хьабашан (Эфиопин) паччахь Нажаши а, цуьнан накъостий а бахьанехь: цара хаза т1елецира шайна т1ебаьхкина бусалбанаш.
[67]ШахIадат далораш – муъма нах‚ шаьш къематдийнахь кхечарна тIехь тешалла дийр долу.
[68]Капарат – кхузахь: бохийначу дуйна дуьхьал бекхам.
[69]Майсир – атта даьккхина хIума‚ къа ца хьоьгуш‚ кехатийх ловзуш санна. Цо юкъадало массо а ахча юкъадиллина лавзош долу марзлуш долу ловзарш.
[70]ЦIу (цIуш) – жа1ар, цатешачара деланаш бу, бохуш, лелош хилла йолу хIуманаш‚ шайна Iибадат деш.
[71]Пхерчий (цхьаъ: пха) – хьалха Iаьрбаша лелош хилла пхерчий шайх цхьанна тIехь: "ГIуллакхе де..."‚ вукхунна тIехь: "Ма де" яздина а долуш. Шаьш цхьа гIуллакх деш‚ я кхиэл еш‚ царца кхаж тосуш хилла цара. «Г1уллакх де» т1е яздинарг схьабалахь – и деш хилла цара, «Ма де» яздинарг схьабалахь – ца деш хилла. И г1уллакх Делан кхелах цатешар ду.
[72]Аш ца соцуьйту? – Шу ца совцу вахош долу маларш мийларх? Оцу аяташа гойту вайна адам дахош долу х1уманаш ч1ог1а хьарам хилар, бен яц и х1уманаш т1еда елахь а, екъа елахь а я кхечу куьцехь елахь а. Уьш хьарам хиларан бахьана цара адам дахор, и хьекъалах талхор ду. И аят доьссича, 1умара мохь туьйхира: "Севцина! Севцина тхо, тхан Кхиош-Кхобург!" Далла жоп а луш, бусалбанаша шайн шерашкахь кхобуш хилла чаг1арш охьа1енира.
[73]Элчанна тIехь ду нахе дин д1акхайкхор – цо цунна тIера дош лур ду‚ наха – шаьш динчунна тIера.
[74]Царна къа хир дац малар хьарам дале меллачух‚ хьарам дале диъначух‚ нагахь санна, хIинца, иза а дитина‚ дика Iамалш еш белахь.
[75]Кхузахь Дала боху шу хьаьжаллин я 1умратан ихьрам дихкина долуш (цу хьолехь таллар дан хьарам ду) шу шайна т1екхача атта долуш акхарой нисйолуьйтур ю Ша шуна шу зерхьама, шу Делан омрана т1ехь собаре дуй хьажа.
[76]Ша дайинчу экхан мехах бежана сагIина дуьйр ду цо.
[77]Мискачу нахана дийнахь цхьацца кана ялта лур ду‚ и дала ца хилахь – хIор канан дуьхьа марха кхобур ду.
[78]Цигахь (КаIба долчахь‚ цунна гонаха) цхьанна бохам бан магош ца хилла. ТIеман заманчохь а, мостагI веъча, – и тIе лоцуш хилла, бохам ца беш.
[79]Хьурман цIа‚ хьурман бутт – кхузахь: деза цIа‚ беза бутт. Деза цIа – КаIба; беза бутт – мухьаррам.
[80]Дукха собаре верг – иштта гочдина кхузахь Iаьрбийн حليم "Хьалим" боху дош. Цуьнан коьрта маьIнаш "эсала", "дог кIеда" бохург ду. Дукха собаре ву и Дела нахана шайн зуламаш бахьанехь дуьненахь таIзар ца деш, царна дохкобовла, дика Iамалш ян аьтто беш.
[81]Бахьират (بحيرة ) – пхоьазза ехкина‚ тIаьхьарниг боьрша кIорни йина йолу эмкал. Цуьнан лерг дат1ош хилла Iаьрбаша, цуьнан шура ца магош хилла цара шайн тIагIуташна а‚ нахах цхьанна а.
[82]Саибат ( سائبة) – цIузашна (жа1аршна) кечйина эмкал‚ цуьнан тIе мохь билла ца магош хилла цара.
[83]Василат (وصيلة ) – жима йолуш дуьйна цIузашна (жа1аршна) йитина йолу эмкал.
[84]Хьам (حام ) – борша эмкал цхьа билггала болх бинчул тIаьхьа шайн тIагIуташна юьтуш хилла цара‚ шена тIе мохь ца буьллуш.
[85]Аьлча а, бусалбанех.
[86]Аьлча а, кхечарех, бусалбанаш бацахь.
[87]Шуна 1ожалла герга еанехь.
[88]Тешалла нийса диний-те цу шиммо‚ аьлла.
[89]Цара шиммо харц дуй биъна хилар.
[90]Аш хьехнарг диний-те наха шул тIаьхьа?
[91]Ахь дийца‚ я Мухьаммад‚ хьайн къоме Дала и алар.
[92]Деза Са – Джабраил малик. Цуьнга гIо дайтира Дала Iийсана.
[93]Барс – цамгаран ц1е, оьрсашха: проказа.
[94]Кху аятехь Дала масийттазза юх-юха а олуш ду Сан пурбанца, нахана хаийтархьама и дерриге тамашийна х1уманаш (му1жизаташ) 1ийсагара шегара ца хилла, деккъа Делан пурбанца а бен, ткъа 1ийса, Делера салам хуьлда цунна, веккъа Делан лай а, Цуьнан элча а хилла.
[95]Хьавареш – 1ийса пайхамараи г1оьнчий, мута1елимаш; апостолаш.
[96]Бусалба – 1арбашха: مسلم «Муслим» -/ Далла/ муьт1ахь верг. Хьалха деана оцунах лаьцнарг.
[97]Ахь хьехаде царна‚ я Мухьаммад, Дала и эриг хилар Къематдийнахь.