50. Сурат КЪАФ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 45 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме волчу Делан цIарца


1 Аят
Къāф[1]. Сийлахь долчу Къуръанора /хьо Делан элча ма ву/. ق وَالْقُرْآنِ الْمَجِيدِ
2 Аят
ХIаъ‚ ма цецбевли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах‚ керстанаша элира: "ХIара тамаше хIума ду: بَلْ عَجِبُوا أَن جَاءهُمْ مُنذِرٌ مِّنْهُمْ فَقَالَ الْكَافِرُونَ هَذَا شَيْءٌ عَجِيبٌ
3 Аят
Вай делча‚ вайх поппар[2] хилча‚ /вай дендийр ду бохург/  иза дукха генара духадерзар ду". أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا ذَلِكَ رَجْعٌ بَعِيدٌ
4 Аят
Тхуна хиира мел лаьтто царах дIахьош бу[3]  Тхоьгахь Iалашдеш долу жайна[4] ма ду. قَدْ عَلِمْنَا مَا تَنقُصُ الْأَرْضُ مِنْهُمْ وَعِندَنَا كِتَابٌ حَفِيظٌ
5 Аят
Цара харцдира бакъдерг (Къуръан) иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх. بَلْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءهُمْ فَهُمْ فِي أَمْرٍ مَّرِيجٍ
6 Аят
Уьш ца хьовсу шайна тIехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хIоттийна Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац. أَفَلَمْ يَنظُرُوا إِلَى السَّمَاء فَوْقَهُمْ كَيْفَ بَنَيْنَاهَا وَزَيَّنَّاهَا وَمَا لَهَا مِن فُرُوجٍ
7 Аят
Латта а даржийна Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах[5] /ораматаш/. وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ
8 Аят
Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ т1евоьрзачу лена[6]. تَبْصِرَةً وَذِكْرَى لِكُلِّ عَبْدٍ مُّنِيبٍ
9 Аят
Оха доссийра стигалара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтин буьртиг а. وَنَزَّلْنَا مِنَ السَّمَاء مَاء مُّبَارَكًا فَأَنبَتْنَا بِهِ جَنَّاتٍ وَحَبَّ الْحَصِيدِ
10 Аят
Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тIеттIа (мог1аршца) стом а болуш. وَالنَّخْلَ بَاسِقَاتٍ لَّهَا طَلْعٌ نَّضِيدٌ
11 Аят
/Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догIанца) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешнаш чуьра/ арадовлар а. رِزْقًا لِّلْعِبَادِ وَأَحْيَيْنَا بِهِ بَلْدَةً مَّيْتًا كَذَلِكَ الْخُرُوجُ
12 Аят
Харцдира /бакъдолу дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Рассан[7] дайша а‚ Самудаша[8] а‚ كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَأَصْحَابُ الرَّسِّ وَثَمُودُ
13 Аят
Iадаша[9] а‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚ وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ وَإِخْوَانُ لُوطٍ
14 Аят
Айкатан[10] дайша а‚ ТуббаIан[11] къомо а /Цара/ массара а харцбира элчанаш  бакъ хилира Сан / царна кхерам тасарца / йина ва1да. وَأَصْحَابُ الْأَيْكَةِ وَقَوْمُ تُبَّعٍ كُلٌّ كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ وَعِيدِ
15 Аят
Ницкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигалш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларх (денбарх). أَفَعَيِينَا بِالْخَلْقِ الْأَوَّلِ بَلْ هُمْ فِي لَبْسٍ مِّنْ خَلْقٍ جَدِيدٍ
16 Аят
Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ логан пхенал а. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنسَانَ وَنَعْلَمُ مَا تُوَسْوِسُ بِهِ نَفْسُهُ وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْ حَبْلِ الْوَرِيدِ
17 Аят
ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/, аьтту агIор а, аьрру агIор а, /шаьш/ хевшина долуш[12]. إِذْ يَتَلَقَّى الْمُتَلَقِّيَانِ عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ قَعِيدٌ
18 Аят
Цхьа а дош олуш ма дац цо, шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIаяздеш малик). مَا يَلْفِظُ مِن قَوْلٍ إِلَّا لَدَيْهِ رَقِيبٌ عَتِيدٌ
19 Аят
Валаран вахор[13] деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг. وَجَاءتْ سَكْرَةُ الْمَوْتِ بِالْحَقِّ ذَلِكَ مَا كُنتَ مِنْهُ تَحِيدُ
20 Аят
Сур лекхира  иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дийр ду аьлла/ ваIда йина де. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ ذَلِكَ يَوْمُ الْوَعِيدِ
21 Аят
Деара массо а са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш (шеца маликаш а долуш). وَجَاءتْ كُلُّ نَفْسٍ مَّعَهَا سَائِقٌ وَشَهِيدٌ
22 Аят
Хьо хиллера хьокхунах гIопал волуш /тидаме ца оьцуш/  Оха айдира хьан /бIаьргаш/ тIера кирхьа  тахана хьан бIаьрса ира хилира[14]. لَقَدْ كُنتَ فِي غَفْلَةٍ مِّنْ هَذَا فَكَشَفْنَا عَنكَ غِطَاءكَ فَبَصَرُكَ الْيَوْمَ حَدِيدٌ
23 Аят
Элира цуьнан накъосто (цунна тIехIоьттинчу малико): "ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг"  /жоьжахатин Iазап/. وَقَالَ قَرِينُهُ هَذَا مَا لَدَيَّ عَتِيدٌ
24 Аят
/Омра хир ду/: "Аш шиммо (тIехIоьттинчу маликаша) кхосса жоьжахати чу массо а нуьцкъала /дуьхьал/ волу керста. أَلْقِيَا فِي جَهَنَّمَ كُلَّ كَفَّارٍ عَنِيدٍ
25 Аят
Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу. مَّنَّاعٍ لِّلْخَيْرِ مُعْتَدٍ مُّرِيبٍ
26 Аят
Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аша шиммо (омра шина малике ду) кхосса иза чIогIачу Iазапа чу". الَّذِي جَعَلَ مَعَ اللَّهِ إِلَهًا آخَرَ فَأَلْقِيَاهُ فِي الْعَذَابِ الشَّدِيدِ
27 Аят
Цуьнан накъосто[15] элира: "Тхан Кхиош-Кхобург! Ас ца тилийна иза‚ амма иза ша хили-кх генарчу тилар чохь". قَالَ قَرِينُهُ رَبَّنَا مَا أَطْغَيْتُهُ وَلَكِن كَانَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ
28 Аят
Элира /Дала/[16]: "Аш ма къийса Суна гергахь. Ас хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сайн кхерам. قَالَ لَا تَخْتَصِمُوا لَدَيَّ وَقَدْ قَدَّمْتُ إِلَيْكُم بِالْوَعِيدِ
29 Аят
Дош хуьйцур дац Суна гергахь. Со вац зуламаш дийр долуш Сайн лешна". مَا يُبَدَّلُ الْقَوْلُ لَدَيَّ وَمَا أَنَا بِظَلَّامٍ لِّلْعَبِيدِ
30 Аят
Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: "Хьо юьзний?" Цо эр: "Кхин сов буй[17]?" /чубахка/. يَوْمَ نَقُولُ لِجَهَنَّمَ هَلِ امْتَلَأْتِ وَتَقُولُ هَلْ مِن مَّزِيدٍ
31 Аят
Гергаялийра ялсамани, /Делах/ кхоьручарна гена йоцуш. وَأُزْلِفَتِ الْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ غَيْرَ بَعِيدٍ
32 Аят
ХIара ду шуна хир ду аьлларг – х1ор /тōба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна. هَذَا مَا تُوعَدُونَ لِكُلِّ أَوَّابٍ حَفِيظٍ
33 Аят
Къинхетаме волчух кхоьруш хиллачунна, Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веана волчу. مَنْ خَشِيَ الرَّحْمَن بِالْغَيْبِ وَجَاء بِقَلْبٍ مُّنِيبٍ
34 Аят
ЧугIо цунна машарца (маьрша)! ХIара ду гуттаренан де. ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ ذَلِكَ يَوْمُ الْخُلُودِ
35 Аят
Царна шайна мел дезарг ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду. لَهُم مَّا يَشَاؤُونَ فِيهَا وَلَدَيْنَا مَزِيدٌ
36 Аят
Мел /дукха/ хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царал ницкъаца вуно чIогIа а йолуш. Уьш дIасаидира махкахула‚ юй техьа /валарх/ кIелхьарбовла меттиг? وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هُمْ أَشَدُّ مِنْهُم بَطْشًا فَنَقَّبُوا فِي الْبِلَادِ هَلْ مِن مَّحِيصٍ
37 Аят
Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шен дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/, ша теш а волуш. إِنَّ فِي ذَلِكَ لَذِكْرَى لِمَن كَانَ لَهُ قَلْبٌ أَوْ أَلْقَى السَّمْعَ وَهُوَ شَهِيدٌ
38 Аят
Оха кхоьллира стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхох ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар. وَلَقَدْ خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَمَا مَسَّنَا مِن لُّغُوبٍ
39 Аят
Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбихь де хьуо Кхиош-Кхобург хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а. فَاصْبِرْ عَلَى مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ الْغُرُوبِ
40 Аят
Буьйсанах а  тасбихь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тIаьхьа а[18]. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَأَدْبَارَ السُّجُودِ
41 Аят
ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил-маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байт аль- Макъдисера)[19]. وَاسْتَمِعْ يَوْمَ يُنَادِ الْمُنَادِ مِن مَّكَانٍ قَرِيبٍ
42 Аят
Оцу дийнахь царна хезар бу мохь (Исрафил-малико шолгIа зурма локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/. يَوْمَ يَسْمَعُونَ الصَّيْحَةَ بِالْحَقِّ ذَلِكَ يَوْمُ الْخُرُوجِ
43 Аят
Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а. إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَإِلَيْنَا الْمَصِيرُ
44 Аят
Оцу дийнахь латта додур ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду. يَوْمَ تَشَقَّقُ الْأَرْضُ عَنْهُمْ سِرَاعًا ذَلِكَ حَشْرٌ عَلَيْنَا يَسِيرٌ
45. Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна. نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ وَمَا أَنتَ عَلَيْهِم بِجَبَّارٍ فَذَكِّرْ بِالْقُرْآنِ مَن يَخَافُ وَعِيدِ
[1]Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
[2]Поппар – топпар.
[3]Уьш беллачул тIаьхьа лаьтто дуу церан догIмаш.
[4]Лавхь махьфуз (لوح محفوظ )‚ шена чохь доллу хIума дIаяздина долу, Далла гергахь долу тептар..
[5]Хаза шиъ – кхузахь: боьрша а, стен а орамат. Царах схьайолу хаза ораматаш.
[6]Делан г1уллакхашкахь ойла ечу стагана, Делан нуьцкъалалла гойтуш, доккха маь1на долуш ю лаьттах схьайолу ораматаш.
[7]Шовданан цIе  цунна гонахь бехаш хилла ж1арашна (ц1ушна) Iибадат деш хилла нах.
[8]Самудаш  Салихь-пайхамаран къам.
[9]ХIуд-пайхамаран къам.
[10]Меттиган цIе (ШуIайб-пайхамар хилла цигахь).
[11]Ширачу заманахь хилла Йеменан паччахь.
[12]Адамо дийриг дIаяздеш долу ши малик.
[13]Валаран вахор – валаран къаьхьо, 1ожалла гергаена саийзар.
[14]Иштта эр ду адаме къематдийнахь.
[15]ШайтIано‚ я и тилийначу дуьненахь цунна къинош дар хаздина хилла волчу накъосто.
[16]Яханчу заманахь дуьйцу Дала и къематдийнахь хиндерг, и Шена гергахь ч1аг1делла долу дела.
[17]Жоьжахати чу бахка нах а‚ жинаш а.
[18]Буьйсанна г1аттий, де тах1ажжуд ламаз, парз ламазийн т1аьхьа а. Ибн-Касира элира: «Мухьаммад- пайхамар ﷺ стигала ваккхале парз ламазех хилла малх схьакхетале шина рака1атан цхьа ламаз, малх д1абузале шина рака1атан цхьа ламаз. Буьйсанна г1аьттина, де ламаз (тах1ажжуд) важиб хилла элчанна а, умматана а шарахь ма-дарра. Т1аьхьа и важиб хилар д1адаьккхира умматана т1ера, т1аккха уьш дерриге а д1адехира пайхамар стигал ваьккхинчу буьйсанна пхи ламаз т1едилларца, царна юкъахь дисира 1уьйренан-ламаз а, малбузу-ламаз а, малх схьакхетале а, д1абузале а деш долу.»
[19]Сабунис иштта даьстина и аят: «Ладог1а, х1ай Мухьаммад, Исрафил-малико нах махьшаре кхойкхуш, шен мохь массарна а цхьатерра хезар болчу меттигера». Абу- Са1уда шен тафсира чохь иштта яздо: «Кхойкхург Исрафил-малик ду. Цо эр ду: Х1ай дахкаделла т1ехкаш (даь1ахкаш), хедаелла уьйраш, тийдана жижигаш, даьржина чоьш! Дала омра до шуьга, кхиэл къасторна д1агулло аьлла.