52. Суран АТI-ТIУР

Лам
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 49 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Ламанах 1 /дуй боу Ас/. وَالطُّورِ
2 Аят
МогIанашца яздинчу жайнах 2 а /дуй боу Ас/, وَكِتَابٍ مَّسْطُورٍ
3 Аят
Ша даржийначу анний 3 тIехь /яздина/ хилла долчу, فِي رَقٍّ مَّنشُورٍ
4 Аят
Шена зиярат дечу цIийнах 4 а /дуй боу Ас/, وَالْبَيْتِ الْمَعْمُورِ
5 Аят
Айбина хилла болчу тхевнах (стигалах) а /дуй боу Ас/, وَالسَّقْفِ الْمَرْفُوعِ
6 Аят
/Къематдийнахь цIарах/ буьззина хир болчу хIордах а: وَالْبَحْرِ الْمَسْجُورِ
7 Аят
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобучун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду). إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ لَوَاقِعٌ
8 Аят
Ма дац цунна ша духатухург. مَا لَهُ مِن دَافِعٍ
9 Аят
/Оцу къемат/дийнахь стигал дIатохалур ю тохаяларца, يَوْمَ تَمُورُ السَّمَاء مَوْرًا
10 Аят
Лаьмнаш а дIадолалур ду дIадоладаларца, وَتَسِيرُ الْجِبَالُ سَيْرًا
11 Аят
Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харцдечарна, فَوَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
12 Аят
Шаьш харцонна чохь ловзуш болчу. الَّذِينَ هُمْ فِي خَوْضٍ يَلْعَبُونَ
13 Аят
Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIерга кхайкхарца. يَوْمَ يُدَعُّونَ إِلَى نَارِ جَهَنَّمَ دَعًّا
14 Аят
/Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харцъеш хилла йолу. هَذِهِ النَّارُ الَّتِي كُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ
15 Аят
Бозбуунчалла ду хIара я шу ца гуш ду? أَفَسِحْرٌ هَذَا أَمْ أَنتُمْ لَا تُبْصِرُونَ
16 Аят
Дāга цу чохь‚ собар де я ма де – цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш еш хиллачу Iамалшца". اصْلَوْهَا فَاصْبِرُوا أَوْ لَا تَصْبِرُوا سَوَاء عَلَيْكُمْ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
17 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – /ялсаманин/ бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а хир бу إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَعِيمٍ
18 Аят
Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-Кхобучо шайна деллачуьнца. Шаьш Кхиош-Кхобучо жоьжахатин Iазапах ларбина уьш. فَاكِهِينَ بِمَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ وَوَقَاهُمْ رَبُّهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ
19 Аят
/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ г1оза мала шайна шаьш еш хилла Iамалш бахьанехь". كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
20 Аят
Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганашна тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха бāлор бу царна хьурал Iинаш 5 . مُتَّكِئِينَ عَلَى سُرُرٍ مَّصْفُوفَةٍ وَزَوَّجْنَاهُم بِحُورٍ عِينٍ
21 Аят
Шаьш ийман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а ийманца шайна тIаьхьахIиттийна хилларш – царна тIекхиор ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо а стаг а ша /дуьненахь/ карадинчуьнца закъалт ву 6 . وَالَّذِينَ آمَنُوا وَاتَّبَعَتْهُمْ ذُرِّيَّتُهُم بِإِيمَانٍ أَلْحَقْنَا بِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَمَا أَلَتْنَاهُم مِّنْ عَمَلِهِم مِّن شَيْءٍ كُلُّ امْرِئٍ بِمَا كَسَبَ رَهِينٌ
22 Аят
Оха /хан мел ели/ латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а царна дезаш хиллачух. وَأَمْدَدْنَاهُم بِفَاكِهَةٍ وَلَحْمٍ مِّمَّا يَشْتَهُونَ
23 Аят
Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ даьсса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу. يَتَنَازَعُونَ فِيهَا كَأْسًا لَّا لَغْوٌ فِيهَا وَلَا تَأْثِيمٌ
24 Аят
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашдеш долу луълуъ санна болу. وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ غِلْمَانٌ لَّهُمْ كَأَنَّهُمْ لُؤْلُؤٌ مَّكْنُونٌ
25 Аят
Царах цхьаберш вукхарна тIебоьрзур бу, хоьттуш. وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ يَتَسَاءلُونَ
26 Аят
Цара эр ду: "Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалх кхоьруш (уьш хIаллакхиларна). قَالُوا إِنَّا كُنَّا قَبْلُ فِي أَهْلِنَا مُشْفِقِينَ
27 Аят
Дала къинхетам бина тхох. Цо кIелхьардаьхна тхо самýман 7 Iазапах. فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا وَوَقَانَا عَذَابَ السَّمُومِ
28 Аят
Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а". إِنَّا كُنَّا مِن قَبْلُ نَدْعُوهُ إِنَّهُ هُوَ الْبَرُّ الرَّحِيمُ
29 Аят
/Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь дāим латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а. فَذَكِّرْ فَمَا أَنتَ بِنِعْمَتِ رَبِّكَ بِكَاهِنٍ وَلَا مَجْنُونٍ
30 Аят
Я цара олу: "Илланча ву. Хьовсур вай – замано дIалуьстур ву иза". أَمْ يَقُولُونَ شَاعِرٌ نَّتَرَبَّصُ بِهِ رَيْبَ الْمَنُونِ
31 Аят
Ахь āла: "Хьовса шу. Со а шуьца цхьаьна хьовсачарах ву". قُلْ تَرَبَّصُوا فَإِنِّي مَعَكُم مِّنَ الْمُتَرَبِّصِينَ
32 Аят
Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду те? أَمْ تَأْمُرُهُمْ أَحْلَامُهُم بِهَذَا أَمْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ
33 Аят
Я цара олу: "Цо кхоьллина иза 8 ?" ХIаъ‚ уьш ца теша-кх. أَمْ يَقُولُونَ تَقَوَّلَهُ بَل لَّا يُؤْمِنُونَ
34 Аят
Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь! فَلْيَأْتُوا بِحَدِيثٍ مِّثْلِهِ إِن كَانُوا صَادِقِينَ
35 Аят
Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш? أَمْ خُلِقُوا مِنْ غَيْرِ شَيْءٍ أَمْ هُمُ الْخَالِقُونَ
36 Аят
Я цара кхоьллина стигалаш а‚ латта а? ХIаъ‚ баккъалла а, ч1ог1а тешаш бац уьш. أَمْ خَلَقُوا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بَل لَّا يُوقِنُونَ
37 Аят
Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш? أَمْ عِندَهُمْ خَزَائِنُ رَبِّكَ أَمْ هُمُ الْمُصَيْطِرُونَ
38 Аят
Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарша тIе бовлуш/, ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадаладойла церан ладугIучо билгала делил! أَمْ لَهُمْ سُلَّمٌ يَسْتَمِعُونَ فِيهِ فَلْيَأْتِ مُسْتَمِعُهُم بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ
39 Аят
Я Цуьнан мехкарий бу 9 ‚ шуна кIентий бу? أَمْ لَهُ الْبَنَاتُ وَلَكُمُ الْبَنُونَ
40 Аят
Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш? أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُم مِّن مَّغْرَمٍ مُّثْقَلُونَ
41 Аят
Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш? أَمْ عِندَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ
42 Аят
Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш – царна йина мекарло! أَمْ يُرِيدُونَ كَيْدًا فَالَّذِينَ كَفَرُوا هُمُ الْمَكِيدُونَ
43 Аят
Я церан АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх! أَمْ لَهُمْ إِلَهٌ غَيْرُ اللَّهِ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ
44 Аят
Царна стигалара охьайогIуш кийсакаш гича а‚ цара эр ма дара: "ТIеттIа йолу марха ю". وَإِن يَرَوْا كِسْفًا مِّنَ السَّمَاء سَاقِطًا يَقُولُوا سَحَابٌ مَّرْكُومٌ
45 Аят
Бита уьш‚ шегахь ткъес йолчу шайн денна дуьхьалкхетталц. فَذَرْهُمْ حَتَّى يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي فِيهِ يُصْعَقُونَ
46 Аят
Оцу дийнахь церан мекарлоно цхьанна а хIуманах кIелхьарбохур бац уьш‚ царна гIо хир дац! يَوْمَ لَا يُغْنِي عَنْهُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
47 Аят
Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. وَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا عَذَابًا دُونَ ذَلِكَ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
48 Аят
Хьайн Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бIаьргшна хьалха ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь хьан Далла хастам беш тасбихь де, хьуо хьалагIаьттича. وَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ فَإِنَّكَ بِأَعْيُنِنَا وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ حِينَ تَقُومُ
49 Аят
Буса а тасбахь де Цунна‚ седарчий дIатуьлуш а /де тасбихь/. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَإِدْبَارَ النُّجُومِ
1 طور т1ур сурйанийн маттахь "лам" бохург ду. Кхузахь Далла луург Мусас Делаца къамел дина болу лам Сийнаъ бу.
2 Тавратаца ша аннаш тIехь яздина хилла долчу я Къуръанца, ша тIаьххьара элчане Мухьаммаде доссийна долчу.
3 Хьалха кехатан метта лелош хилла йолу хIума, бежанан якъаеллачу цIоканан чкъурах тера.
4 Шена маликаша тIоп (т1аваф) деш КаIбин хьесапехь стигалахь долу цIа.
5 Ялсаманахь хир болу хаза баккхий к1айн бIаьргаш болу мехкарий.
6 Закъалт ву – ша дуьненахь динчунна тIера дош дала дезаш ву хIор стаг Далла хьалха, ша дуьненахь карадинарг карор ду цунна эхартахь.
7 Самум – цIийбина мох. Иштта аьлла, жоьжахатин 1азапах цуьнан ц1е нуьцкъала хуьлу дела.
8 Цара олу те: "Мухьаммада шегара дуьйцу хIума ду и Къуръан?"
9 Керстанаша олу: маликаш Делан мехкарий бу.